Дикий, Дукий

Петимат Абубакарова
ДИКИЙ,ДУКИЙ.                Дакъалоцурш:



  Дука – ялх-ворх1 шо хенара к1ант, раз тиллина фуращка, нуьйдарчий нийса ца йоьх кина коч.
    Дика – пхи-ялх шо хенара йо1, коьртахь хьалха дихкина йовлакъ, буйнахь-чохь чуданаш йолу тускар.


1- дакъа
Новкъахула  схьавог1уш ву Дука, Гацаев Са1идан байташ а йоьшуш.

Дука.

Цхьаъ, шиъ, кхоъ-
Баккхи боккха ког.

Кхоъ, диъ, пхиъ!-
Едда йоьду пхьид.

Ялх,ворх1, барх1!-
Буьйжа цуьнан к1арх.

Барх1, исс, итт!-
Х1оьтти новкъа нитт.

Цунна дуьхьал йог1уш ю Дика  шен тускарца.
          Дика. Ой , Дука, хьо вац и? И мА хаза байташ ю ахь йоьшурш.
         Дука. Уьш-м ас «Стела1ад» журнал т1ера 1амийнера. Цул а хьуо стенга йоьдуш ю алахьа,  хьайл доккха тускар а эцна.
       Дика. А-а-а, сой, со дера ю сайн Баба йолчу йоьдуш, цунна чу павидал йоьллина чуданаш а эцна.
       Дука. (Бетах мотт а хьокхуш) И х1ун павидал ю цу чу йоьллинарг?
       Дика  1ежийн павидал ю-кх.
       Дука. Д1аяьллахь, Дика, цу аг1ор, хьайн ког баккхий, д1а ма г1отталахь, Эдисолтера доккха ж1аьла хецна ду хьуна, цо катухур ду хьуна. (Бетах мотт хьоькху).
      Дика. Ладог1ал х1ета. (Куьйга эшарехь). Иштта, нисса д1аг1ур ву хьо. Воьду-уш, цхьана жимчу ора т1е кхочур ву хьо. Цхьа  доккха ц1а хир ду хьуна. Уьйт1а а  ваьлла, корах байн п1елг тухур бу ахь, Баба араер ю хьуна, чуданаш д1а а елла, юхавог1ур ву хьо. Кхийтирий  хьо?
       Дука. Кхийтира. (Тускарх катуху)
       Дика. Собардел, собардел. Схьадийцал хьо муха кхийтира.
      Дука. А-а-а, (лаьхьанан кепахь куьг а саттош) иштта пурх д1аг1ур ву со, новкъахь доккха ор хир ду, корах беза т1улг а тухур бу, Баба араэккъар ю. чуданаш д1а а елла, со схьавог1ур ву-кх…
      Дика. Вай, д1авала, хьо нийса ца кхийти. Нийса новкъа ваха везе, пурх ваха ца веза, жима ор хир ду цигахь, доккха хир дац, ц1а хир ду  доккха, жима хир дац, ткъа корах беза т1улг тоха ца беза, байн п1елг тоха беза. Т1аккха Баба араэккхар яц, араер ю. чуданаш д1алур ю ахь. Кхийтирий хьо?
       Дука. Х1инца кхийти, схьало тускар.(Тускар хьа а  оьций, Дука къайлаволу, Дика ша йолччохь цуьнга хьоьжуш ю ).



               

              I I  дакъа.

        (Дукас, къайла а волий, чуданаш шена юу, цхьа хан яьлча, юхавог1у, хьалха сана байташ а йоьшуш).

Дука.

                Барх1, исс, итт,
Х1оьтти новкъа нитт.

                Исс, итт, ткъа,
                Латий нитто къа
               
                Цо пхьид къовзий,
                Юхаерзий…

Ой! (Дукех б1аьрг кхета).
       Дика. Хьо ма хьевели, д1аелирий ахь чуданаш?
       Дука. Елира, дера-кх. Ца го хьуна деса тускар.
      Дика. (Дика Дукин юьхь-дуьхьал а хьожуш)
       Т1аккха хьан бат ма ц1ийелла ю.
       Дука. А-а-а, жима волуш нанас дукха ц1азамаш даийна суна.
      Дика. Х1ан-х1а, ахь чуданаш йиъна! (Аьтту ког лаьттах а тухуш).
      Дука. (Дуьхьал цо сана ког а тухуш) Ца йиъна!
      Дика. Йиъна! Х1инца кхийти со ахь ешначу байтех, «латий нитто къа, йоьлхуш йоьду пхьид» Хьо ян а ю хьуна къорза пхьид!
      Дука. Хьо ю хьуна иза…

(Вовшашна т1амарш лестайо. Дука хьалхара воду, Дика т1аьхьайоду).



Беламе  сценкаш берашна

Хьехархочо  классан  уьн  т1ехь  д1аяздо  терахь.
Класера  болх.
Цхьана  дешархочо  тидаме  оьцу:
-Совбика Човкаевна,тхоьга  хьалха  хиллачу  хьехархочо-м  классера  бохучу  дашехь  ши  элп  ма  яз дойтура?
-Х1инцачул  т1аьхьа-м   яздийр  дац вай   цхьаъ бен,ас  яздиннарг  д1аязде  аш,х1ун  бен  ду  и  цхьаъ-шиъ,хилчахьана,-шек  а  ца  йолу  ша  диначу  г1алатна  хьехархо.
-Хумпаров  ,валол хьо   доски  т1е .
 -Д1аяздел  дош  топ .
«Топп.
-Дика  яздина ,нийса  яздина  ,ши  п  х1унда  диллина  ахь  чаккхенехь,дийцал   берашна а.
Яханчу  урокехь  ахь  тхуна  ма-хьеххара  «Нагахь  санна  топ  ц1а  йолуш  елахь цхьа  п  яздийр  ду,топ  шозза  йолуш  елахь  ши  п  дуьллу.Х1ара  топ  шозза йолуш  ю.
Х1инца хьан  эр  дара   коьрта а ,коьртаза  а   меженаш  муьлхарш  ю  .
-Коьрта  меженаш-лерг а, б1аьрг  а  ,мара  а  , батт  а  ю,кхин  д1аерш  коьртаза  меженаш  ю.
-Нийса  лоь  охьа  хаа,пхиъ ду хьуна.

Шоллаг1а  сценка  .Комисси

-Бераш,вайна  йог1уш  комиссии  ю  шуна.
Хезаш  дуй  шу?Ас  аьлларг  дийр  ду  аш  ,кхийтирий  шу.
- Кхана  ас  шайга  хаттар  дича  массара  а  куьйгаш  айделаш  ,кхийтири  шу,
Хуучара  а,ца  хуучара  а . Хуучара  аьтто  куьг  айдийр  ду  аш,ца  хуучара  аьрро  куьг  айделаш.
Кхийтири  шу?
-Х1аъ  кхийтира.
Шоллаг1чу  дийнахь  комиссии  схьакхочу  уроке  йог1у.
Массара  а  хьехархочо  ма-аллара  куьйгаш  айдо .
-Хумпаров  ,алал  ахь  -олу  ,вон  доьшуш  волучу  дешархочо  аьтто  куьг  айдича  ,цунна  хаа  моттаделлачу хьехархочо.-
-Совбика  Хумпаровна  ,со  левша  ма  ву,шеек  а  воцуш  ,шадерг  а  дохадо  догц1еначу  дешархочо.
Комиссех  цхьаъ  хьала  а  г1оттий доски  т1е  воьду  .
-Цуо  цициган  сурт  дуьлу.
Хотту:
-Дети, у  кошки  есть  хвост ?
Бист  а  ца  хуьлу .
Кхин  цкъа  а хоту.
Тийналла.
Д1ахилла ,ахь  нийса  ца  хоьтту,ас  хоттур  ду  ,т1ехуьлу  класссан  хьехархо:
-Деткам   у  кошкам  хвостам  естам?
-Естам,естам  ! –жоп  ло  бераша.

-