1ай. б1аьстей къаьсташ...

Петимат Абубакарова
Бераш, ларло минанех!


                1ай, б1аьсте къаьсташ…


2006 шарахь мини т1ехь иккхинчу
                5-чу классан дешархочунна
                Никаев Тарханан безамна



Б1асьте яра яла кечлуш, 1алам а дара, к1айн духар д1а а хьарчийна, баьццара духар духуш. Йохийна г1ишлош яцахьара,  цкъа а г1али чохь т1ом хилла эр доцуш, елаелла, екхаелла еънера 1уьйре…
Кора к1еларчу  кхуран дитта т1ехь зевне декачу олхазарийн эшарша а, к1айчу, ховхачу юьхь т1е йийшинчу маьлхан нуьре з1аьнарша а эсала хьоьстуш,самаваьккхира, мерзачу г1ан-набарша йийсаре вигна к1ант. Ша 1уьллучохь оза а вела, куьйгаш д1аса а дохуьйтуш, аьтто аг1орхьа пенах кхозучу сахьте хьажира Тархан. Иссалг1а сахьт доладеллера цу т1ехь, ишколе ваха х1инца а хьалхе дара.
Сийсара хан яллалц ша ешначу «Осторожно, мины!» ц1е йолчу киншкин ойла ян вуьйлира иза, ша 1уьллучохь. И киншка кхарна цхьаьна гуманитарни организацис еллера ишколехь. Цу т1ехь минашна т1ехь лазийначу берийн суьрташ а, царех лаьцна дийцарш а дара. Тархана-м, дукха дешна, цу т1ера и дийцарш шадерш а дагахь 1еминера. Цхьа а де ца  доьдура, цо нене: «Хьажахь, нана, х1окхунна х1ун хилла хаьий хьуна?» - олий, уьш ца доьшуш. Х1инца-м и киншка тишъеллера, мкжалт а зарзъеллера цуьнан.
Тархан ден-ненан цхьаъ бен вацара. Амма массо а х1уманна т1ехь дений, нанний г1о деш, аьллачунна т1ехь волуш схьавог1ура. Ишколехь а дика доьшуш вара.
Нанас кечйинчу чомехьчу юурган хьожано,  кхин меттахь керча ца витира к1ант. Кхунна дукхабеза кхача: котам-берам а, галнаш а лаьттара стоьла т1ехь, шайна т1ера мерза 1аь а г1уьттуш. Хьалаг1аьттина, гонах хьийзачу цицигца жима левзира Тархан. Дукха хан яра и х1ара меттахьваларе догдохуш, кхоссалой, когашка долуш, юха а лаьтта-ц1енкъа дуьссуш, лела. Хьаьара Писуна, ша дуккхадезачу доттаг1чо шена кхачанех г1олехь долу дакъа тосур дуйла. Х1ума яа хиъча, некхах схьадаьккхина к1айн жижиг тесира Писуна.
Нана а йоккхаера к1ант къинхетаме хиларх-массо а садолчу х1уманна чу са а диллана а: ц1ахь а, ишколехь а.
Цхьайтта схьат долуш дара и. шена т1е куртка а, кога резинкин эткаш а юьйхина, не1арехьа волавелира Тархан. Юха леррина ненан б1аьра хьажира.
«Маша Аллах1»- дагахь элира нанас, б1арг ца хилийта. Ч1ог1а куьце хийтира цунна к1ентансибат: ло сана к1айчу, горга юьзначу юьхь т1ехь ц1ен йогура беснеш, ткъа 1аьржа,тидаме б1аьргаш, седарчий сана, лепара.
-Хьо стенга воьду, Тархан? – хаьттира, х1оа сана ларвеш, цунна дола дан 1еминчу нанас. Ишколе д1аса а йоьдура иза, цунна юххе а йолий, т1ом лахбелла шаьш г1ала юхадирзинчу муьрехь, новкъахь блокпосташ хиларна.
Бакъду, х1инца-м, цкъа а т1ом а ца хилча сана, хийцаделла дог1ура дахар, денделла, юхаметтах1уттучу 1аламцацхьаьна.
- Эх1, нана, хьажахь мел хаза де ду вайна, со цхьажимма араволу,- хьаста а луш, велавелира к1ант, к1айн нуьдарчий сана, цхьабосса Шера мог1а бина цергаш гучу а йохуш.
-Урокашна х1ун до ахь? – юха а хаьттира Таисас.
-Нана, со дукха ца хьело,  тхо кхана х1етевете а б1аьстенна ц1а хоьцуш ду, к1иранна, киншка ешча волу со, чувеъча йоьшур ю ас,-аьлла, Тархан уьйт1а велира.
Стоьла т1ера пхьег1аш д1а а яьхна, чуьра кега-мерса г1улакхаш д1а а дерзийна, х1умнаш йитта х1оттира Таиса а.
Кхарна д1анехьарчу уьйт1ахь, т1амо дохийна лаьтташ, т1ек1елдина, ши г1ап йолу доккха ц1а дара. Цу  уьйт1е лелачуьра, массийтаза дов а дина, совцийнера  Таисас Тархан а, цуьнан накъостий а,  делахь а ца магийнарг цкъацкъа марзло-кх кегийрчарна. Цхьа ши де хьалха баьхкинчу салташа теллина дара и ц1а, цунна парг1ат хилира Таиса а…
Тархан араваьлла ахсахьт а ца делира, дуьне эккхаш сана, г1овг1а а йолуш, цхьа шийла мохь беара ненан Лере: «На-а-на!».
И мохь мА-белли юьйхира Таиса.
«Тархан!»-дагатесира цунна.
Арахьадира, Кир сана, к1айн а луш.
-На-на, нана!- кхин цкъа а ч1ог1а аз деара йохийна г1ишло йолчу уьйт1ара…
Лулара орца кхечира. Да-м, юьрта хьалавахана, ц1ахь а ма вацарий. Нанна  ца гира, шоллаг1ачу г1ап т1ера лазийна к1ант чуоьцуш а, юха  больнице вуьгуш а. Иза т1аьхьуо бен ца еара кхетамчу.
Ша араваьллачу юкъана, х1уьу а делахь, цхьа х1ума схьаэца дагахь, ц1ийнан шолг1ачу г1ап т1е ваьллера Тархан. Цхьанхьа мини т1е нисвеллачу тера дара и. Иккхинчу Минин гериг яхнера аьрру пехах, дагна улло а нислуш. Лоьрашка  к1елхьара ца ваккхавелира к1ант…
Баьсте… Къежаш еъана б1аьсте, тап-аьлла яйра. Шен т1аьххьара йорт эцна, д1адаха новкъа даьлла 1а хьарчира 1аламах, к1айн марчо хилла. Цхьа ши де даьлча, юха а ешна д1аяхара.
23-г1ачу мартехь мартехь дара иза, 1ай, б1аьстей къастачу хенахь, 20006 шарахь.
Бераш, хьоменаш, мел дагахь а доцург хилира Тарханца. Мел дика дешархо вара иза. Иза воккха хилча, цунах хила тарлора воккха 1илманча я лор, я хьехархо. Мел хьалхе хеди цуьнан дахаран тай.
Доьху шуьга, варелаш, ларлолаш, бераш, мел боккхачу когаца, кховдачу куьйгаца, и т1еман т1аьхьало х1инца а д1аялаза ю шуна. Дала 1алашдойла-кх шу!