Дахаран дарсаш

Петимат Абубакарова
               
Горгали  бийкира. Дешархой т1аьхьий-хьалхий чуидабевлира шайн-шайн  классашка.
7 «а»  классан  дуьххьара  йара  тахана  физика. Царна ца хаьара  физика х1ун  1илма ду,  ч1ог1а  сема  йара  дешархойн йаххьаш.  Керла  х1ума  даим  а  ма  дуй  тидамбоьхуш…
Класса  чу йелира цхьа  горга 1аьржачу  аматехь зуда-хьехархо, хьаьжа юкъахь гулбелла  буй санна буьрса шад болуш. Цунна т1ера духар а дацара хьехархочунах тера дог1уш. Йоцо йу  йубка, цунна т1ехь мелла  а  модаш  хаалора, кофта а т1елатийна. Доцца  дийцича, дог хьостур долчех дацара берашна  хьалха х1оьттина хьехархочун сурт.
-Де дика  хуьлда!  -стоммачу  озаца  долийра  шен  къамел.
Кхин д1а-схьа къамел а доцуш, шен ц1е а мегарг ца йовзуьйтуш, дарс д1адолийра цуо тамашийначу адамо.
-Тахана  шуна  девзар  ду физикан 1илма. Хьанна  хаьа  шух  «физика»  бохург  х1ун  ду?
   Тапъаьлла  тийна  дара  класса  чохь. Йуха  дийца, хьеха  йолаелира. Хаттарна жоп девзича а ,вистхила ваьхьарвоцу хьал дара д1ах1оттошдерг.
-Физика иза  "1алам"  бохург  ду, цуо  вай  кхетадо, стенах  кхолладелла
1алам  , дуьненаш  а . Цхьа  болчу наха  дуьне  а , 1алам  а  Кхоьллина  ду   боху,  иза  бакъ  ма  хета. Бух  боцуш  ду  и.  Вай  1алам, дуьне  ша-шах  кхолладела. Зарратах,  серлонан эккхарх, дахар  а  ша  кхолладелла.
Шен дагахь дерг дийца х1оьттира, иманах     хьаса боцу Нона Жехиловна.
 -1алам хилла а ду, хир  долуш ду,-бохуш  сонта  къамелаш  дора Нона Жехиловнас.  Цуьнан  нана нохчий  йацара, нохчийн  мотт  цуо  бийца а ца  буьйцура...
Дешархоша  дош  а  ца  олуш,д икка  ладоьг1ура .
  Царна  ца  хаьара  х1ун  аьлча  нийса  ду,  церан  дай-наной  а  бара  йилбазан  оьмарехь  кхиъна. Уьш  ишколе  ихчахьана  а  тоьура  царна.
Цхьаммо а барта  шайна  хетарг ца  олура, ца х1уттура  цуьнан  жьаьжан  юккъерчу  шадах  кхерахь  а.
  Бакъду Элимас  ойлайора. «Дадас-м  жайни  т1ера  ма  дийцина  суна  Дуьне-1аламаш  кхолладаларх лаьцна, муха  ду и  ша-шах  бохург ,  ткъа  заррат  а,  серло а  уьш  Делан  лаамца  бен  хир  дуй? Х1ун  ду  кху  хьехархочо  дуьйцург,  Дада  ма  реза  хир  вацара  кхуо  дьйцучунна...
-Хизриева,  проснись,-мохь  беара х1ара  йолчу  аг1ор, х1ара  кхосса  а  йолуьйтуш.
Кхуьнан къинна горгали  бийкира. Бераш  арадевлира …
Х1инца  кхин  урок  йара  д1айолаяла йезаш , «Атеизман дарсаш»  йара  цуьнан ц1е…
Историн  кабинета  чу  гулбелира  дешархой. Классан  уьна  т1ехь  даккхийрачу  элпашца  йаздина  дара «Религия –опиум  для  народа».
И «опиум»  бохург  х1ун  ду  цхьаьанна  а  хаьа  а  ца  хаьара.  Йа хиъча  а  дукхах  болчеран  дегнаша,  нохчийн  дегнаша  т1е  а  ца  оьцура.
Берашна  ца  хаьара  "атеизм"  бохучу  дешан  маь1на  а.  Чоьхьавелира  кхарна  дукхавезаш волу  вуткъа  лекха , математика  хьоьхуш  волу  Сайд-Ахьмад Ахмедович. Берийн  йаххьаш  серлайевлира, цхьа ч1ог1а кхаъ а хилира.
Тийналла х1оьттира классан чохь  йуха  а. Керлачу дарсан ц1аран маь1на ца девзира цхьанна а…
-Хьоменаш,  марша  дог1ийла шу, ма  хаза  хета  суна  вай кхин цкъа а вовшех  кхетта, йуха  меллаша  не1арехьа  а ваьлла, ладуьйг1ира, учахь  цхьа  а  вуйла.
-Шуна хезний «атеизм» бохург х1ун ду –иза Дела реза воцу 1илма  ду,  амма  вай  кху  чохь  и  дуьйцур дац.  Сан  дехар  ду  шуьга  вай дуьйцург  вайна  йукъахь  дитар, класса чуьра арацадаккахар. Вай  къам Делах  тешаш къам ду, цундела  Дала ца магийнарг дуьйцур дац. Цулле  а  ас  шуна  йовзийтур  йу  вайн  д1абаханчу нохчийн бакъболчу турпалхойн  истори.. Ушурма  вуьйцу  хезний  шуна?...
 Оцу дешхьалхенца д1айолайира цуо шен дуьххьаралера «теизман» урок.
Иштта  д1айуьйлайелира  "теизман"  урокаш. Уггаре  а  мехала  урокаш  хилла  д1а  а х1иттира уьш  берийн дегнашкахь. Царна Сайд-Ахьмада  х1ора урокехь  цхьацца  хьулдина  долу  бакъдерг  дахьара…Александр  Пушкинан «Тазит» а  цуо  йовзийтира дуьххьара, иштта  гуьржийн йаздархочун Александр Казбегин кхолларалла а, Лермонтовн «Валарг-хи» байташ а. Эла Багратионах  лаьцна а, Ермоловс вигначу  беречух а, паччахьан  къизаллех а,  т1еман харцонех а, кхин а  масане дара уьш  х1етахь ша а къона хиллачу пох1мечу хьехархочо бераллийн иесе дехкинарш, т1улга т1ехь йоза санна.
 Ткъа къаьсттина Элимина дагахь  дисинарг цуо  йийцина  Марк  Шехтеран  байташ йара. Михаил Лермонтовс  йазйинчу «Къиза  нохчо ломахь текха, шаьлта иръйеш ву»-дешнашна  дуьхьал  цуо  далийна  ира, нийса дешнаш.
«Со-м  хьох, Лермонтов, ца  теша, бакъ вац  цу т1ехь  хьо, Нохчо герзаца вац   къесташ- Дашо  амалца!»…Муха  везар  вацара  т1аккха  оццул  луьрачу  хенахь  нохчочунна  вошаллин  куьг  кховдийна Марк  Шехтер  а…цуьнан кхолларалла  а йовзийтина  къона говза хьехархо а.
Ши дарс бен ца хилира горгали беканчу дийнахь дешархойн. Элимина ойланехь  шатайпа битамаш бисира цу шина дарсех. Дахаран дарсаш хилла д1ах1иттира уьш. Муха хила веза бакъволу хьехархо, адамалла шегахь ца хиларо х1ун т1аьхьало йуьту?
Оцу хеттаршна жоьпаш лоьхуш кхийтира йо1: зама  ша  йерг  хилар  гуттар а,  адамаш ду  тайп-тайпана , муьлххачу а хала-атта  йеанчу заманахь  ша  адам  дерг  адамаллийца дуьсура.  Мел  г1алаташ  эгарах,  цуо  шех  диканиг  а  дуьтура…
Зама  йаьлча хиира Элимина, и оьзда  хьехархо  юридически факультете деша  вахар, йуха  шен  доьзалца  Германе  д1авахар а, Марк  Шехтере  болчу  лерамна  а хир дара иза. Цуо немцойх ву олура и…
Ткъа  Нона Джехиловна дуьххьара  т1еман дарц  нохчийчу  даьржаш, шена  везачу  шина  к1антах  къаьстира, ц1еххьана кхеран ц1ийнан тхевнах кхетачу бомбанех кхелхира и шиъ, хьекъалх  гальйаьлла  а  олура  цунна. Сих-сиха  кхойкхуш хиллера иза  ша  вац  баьхначу Деле. Бохамо  йиснарг  а  эрчайаьккхинера  цуьнан йуьхь…
                1996- 29.08.2003