Сайдмохьмад Касумов. ДоттагIчуьнга

Саид-Хасан Кацаев
Яздархочуьнга Кацаев Сайд-Хьасане

Суна хьо вевзинчу хIокху шерашкахь хьан къамелийн, ойланийн, лаамийн, хьежамийн, леларийн, гIиллакхийн а тидамаш бина ас.
Дешархо Iехо гIерташ воцуш, литературехь верг ву хьо дахарехь а. Со тешна хьоьх.
Хьан дийцарш, статьяш а маьрша хиларан бахьана хьо сица маьрша хиларехь карийна суна.
Со воккхавоь сайн сина хьал девзаш, сих кхеташ а доттагI караварна.
Дала хьуьнар лойла хьуна нохчийн халкъан дуьхьа кхидIа а къахьега.

Валарна кIелвисча
Къоьжаллин сарахь,
Со хьанна оьшур те
Къаналлин марахь?
Сан ала мел диснарг
Эсаллин дагахь,
Зерхьамма вогIург а
Хир ву, со ца лахь.

«Шен ондда дош эшна
Цу шерийн борзахь», -
Бохуш тIехбуьйлур те
Нах, гуо а тесна?
Я боккъал дог лезна,
Ларвелла кхардарх,
Цхьа къонах вогIур те
Ган лиъна шена?

Ас цунна-м доьллур ду
Дог некхан уьнтIехь,
Чевнаша деринарг
ДIадалхо кхиахь.
Къонахчо-м хIоттор ю
Адмаллин уьйтIе...
Цо муха оьцур дац
Дог, ца леш дисахь.