Паганинина, на чеченском языке
Ахь, нана, кийранах -
Пондаран левсинах,
Аьзнаша хьистина,
Къинойха ц1андина,
Дуьнен т1е листина -
Лестанчу адмашна,
Цхьалхалла са дина –
Па-га-ни-ни вина.
Пондарх лам тарбина,
Ловзадан 1ад-аьрзу.
Стиглах мохь балийна,
1ададан адаман х1у.
Пондарах - хинкема:
Х1ордкхокхийн маьхьре чкъуг,
Х1орд бекъон ирх тулг1е -
Ма1арийн йилбазкуьг!
Вац стелахаьштиг-да,
И - суьйнаш кхетарг ву.
Ялсаманин мостаг1 ву,
Жоьжаг1атин ох1ла ву.
Ялсаманих хьаьгнарг гуш -
Жоьжахати цунна луш,
Ша эла вийриг ву
Лайх, вахна кийрах чу!
Мозг1арша кхайкхорг х1уй:
Йилбаз ду, йилбаз ду!..
@
© Copyright:
Хасаин Идрисов, 2012
Свидетельство о публикации №212040700384