Дуссу шо -
Виначу нанна а, хеташ, хьо кхиъна.
Захало дина,
Дог дела, хьо ваха хиъна.
Хьо лелаш, 1илмано хье биъна,
Тидам бар дитна -
Б1аьргех нур мийла.
Дуссу де -
Адамийн дахаран дуьхье хьо кхиъна.
1илма а девзина.
Мехкаршна ц1арца вевзина.
Хьежало йо1 хьайга ма-гинна -
Бегаш бан лиъна,
Б1аьца ахь йина.
Х1утту дурс -
Когаш к1ел мохк бегош санна, ластийна,
Дог тохадина.
Хих шийла къурд бан лаийна.
Седанна шениг Седа гина.
Нуьреш сийгина -
Хьан Безам бина!..
@