Даймехкан косташ...

Асламбек Гайтукаев
В 76-летнем возрасте ушел из жизни чеченский илланча Валид Дагаев, один из самых уважаемых людей на Северном Кавказе. Его любили и уважали в каждой чеченской семье, знали во многих странах мира.

Творческое наследие Дагаева - классические музыкальные произведения на чеченском, ингушском, арабском, казахском, кумыкском, грузинском и других языках о Родине, дружбе и братстве народов мира, гостеприимстве... Хотя не в каждом случае понимаешь смысла слов – угадываешь настроение. Вслушиваешься в мелодию – постигаешь душу народа. Илланча своим творчеством роднил людей и возвышал их нравственно.

Хьан воьвза-веза стаг эхарта воьрзуш,
Дуьненан цхьа аг1о хьан а д1аболу.
Кхалхарца цу стага даимна къовлу
Шушиннан дахаран тептаран аг1о:
Шу цкъа а 1ийр дац кхин луьйш-олуш мерза,
Эшначохь лохур яц кхин вовшийн ч1аг1о.

Кхин цхьаъ а воьвза стаг лахьти чу вижна,
Мелла а суо эшна, кхелхина хиеташ,
Тезета вог1у со, тезет а дитна.
Абдулаев Леча


Хетарехь, Дагаев Валида шен оьмарехь – вайна юкъара д1авахарца – дуьххьара цхьа халахетар ди вайна массарна а.  Къоман сий а, дозалла а, дика верас а вара иза.

Дагаев Валид санна къонах, и тайпа илланча шех схьаваьлла вайн къам къен а, пекъар дац. Ерриг Кавказехь, Юккъерчу Азехь, Казахстанехь, царел генна арахь а сий-ларам болуш ваьхна иза.  Ша баккъал а ох1ла волу х1ума д1алелий цо кхузткъе ялхитта шарахь. Нохчийн классически поэзин т1ум ларалуш долу иллеш говза д1акховдий цо халкъе. Оцу байтийн авторш бара Мамакаевг1ар Мохьмаддий, 1аьрбий, Гадаев Мохьмад-Селахь, Сулейманов Ахьмад, Айдамиров Абузар, Арсанукаев Шайхи, Сулаев Мохьмад, Дикаев Мохьмад, Сатуев Хьусайн, Рашидов Шах1ид, Мамакаев Эдуард, Кагерманов Докка и. д1. кх.

Со хаъал хилчахьана хезаш ду суна  Дагаев Валидан аз. Сан 5-6 шо долчу хенахь хезна суна «Даймехкан косташ». Мамакаев Мохьмадан  дешнийн маь1нех со кхетийла дацара,  амма илланчас уьш д1ааларан хот1о говза хьоьхура суна, кхечарах тера а, я мог1арера а доцчу оцу иллино цхьа деза х1ума кхайкхадой. И цхьа илли бен цо д1ааьлла дацахьара а, тоьар дара илланчин лаккхара мах хадо. Оцу иллин дешнаш Мамакаев Мохьмада 1940-чу шарахь яздина, оццу шарахь дуьненчу ваьлла Дагаев Валид а.

Юха а ч1аг1деш ала лаьа суна:
 «Даймехкан косташа» а, ткъа иштта Дагаевн  кхечу башхачу иллеша а беркате  х1у тосуш, шатайпа эхира 20-чу б1ешеран 60-чу а, 70-чу а шерийн къоначийн чкъор кхуьу латта. Эхира диканна дог ира-кара х1итторца, г1иллакх-оьздангаллехь лакха а, сов а бахарца. Иштта дарба дара оцу иллешца х1етахь а, кхин дайна а, лаг1делла а доцуш ду х1инца а.

Дагаев Валидна вай гуш ца хиллехь а, деган б1аьрса дара цуьнгахь лаккхарчу барамехь. Цунна хаьара мехалниг х1ун ду а, хьалхарчу мог1арехь х1ун ду а. Шен мах боцчу дешин меха ю цо йитина йолу хазна, иза цкъа а евзар йоцург а, ца гург а ву-кх къен а, пекъар а, шатайпа «б1аьрзе» а.

Карладаха лаьа, «Дагаевн кхолларалло нохчийн къоман культурехь д1алоцучу меттигах лаьцна х1ун эр дара ахь доцца?» – аьлла, ас масех шо хьалха  динчу хаттаршна вайн махкахоша (Валид дийна волуш) делла хилла жоьпаш.

Абубакаров Мохьмад: «Хетарехь, дуьххьара Валид суна гина (вай махках даьхначу муьрехь) Карагандахь, х1етахь д1ахьош хиллачу корматаллин йоцчу тобанийн къовсамехь. Хазахетар, цецвалар, дозалла дар цхьаьнаийра соьгахь. Оццул боккха барам болчу хиламехь нохчичо дакъалоцуш дуьххьара гуш дара суна.

Цул т1аьхьа аса мосазза а ладийг1ина цуьнан иллешка. Дала шена делла башха пох1ма долу Валид шен халкъаца цхьаьна цуьнан дика а, вуон а ловш схьавог1уш ву. Къоман культура, цуьнан синъоьздангалла, сий-ларам хьалаайбарехь уггар жигарчех цхьаъ хила веха иза. Иза а, и санна болу нах а вайн бацахьара, г1ийла хир дара вайн хьал.

Ас дозалла до, сайн цуьнца мосазза а цхьаьнакхетар, къамелаш а хилла аьлла. Цунна со-м дага ца ван а тарло. Иза дац коьртаниг. Коьртаниг ду – Дагаев дийна а волуш, вайца хилар, цуьнан шатайпа нуьцкъала аз тахана а декаш хилар.

Иза Дала декъал а войла, шен йисина хан могуш а, маьрша а волуш йоккхийла цо, Валидан дийначу озе ладог1а вайн дукхазза а аьтто хуьлуш!»

Атамаева Залина: «Ша Дала дуьнен чу кхуллуш елла оьздангалла ю Дагаев Валидан сица ерг. Б1аьрса доцуш висинехь а, тайп-тайпанчу басаршца го цунна дуьненан дахар. Йистйоцчу мукъамийн аьзнашца х1ораннан дог-ойла хьостуш, йовзаза мерза къайле гойтуш, деган дика ойла Даймехкан лаьмнашкахь, аренашкахь, даккъашкахь, шовданийн ц1еналлехь, стигларчу седарчийн лепарехь гойтуш, турпалалле, дикалле, собаре… – дерриге дикачуьнга кхойкхуш ю цуьнан кхолларалла. Иза иштта вайна веза а веза».

Хамерзаев Заурбек: «Со студент волчу хенахь дуьйна йовза йолаелла суна Дагаевн кхолларалла. Нохчийн къоман бакъйолу синмехаллаш гучуяхар 1едало дика ца лоручу хенахь а Валида а, дуккха кхечу кхоллараллин наха  а вайнехан дог-ойла айбина, синкхача белла, мотт кхиийна. Вайн культурехь (иллин жанр кхиорехь, мукъамийн хазна д1аелларехь…) Дагаев Валида динарг доккха г1уллакх ду, цундела оцу декъехь  цо д1алоцург хьокъала йоллу меттиг ю».

Бициев Султан: «Со хаъал хилчахьана, Дагаев Валид вовза а вевза, веза а веза суна. Суна а, сан чкъурах болчу нахана а иза ган ма-гиннехь (телевизора чохь хуьлда иза я дахарехь) хила ма-везза волу нохчи дага а вог1у, иштта хила веза вайн къомах волу стаг, олий а хета. Нохчичун сурт-сибат хьалхах1уттуш ду Валид гинчу стагана. Цо, дечиг-пондар кара а эцна, илли ала долийча-м, суо нохчи хиларх воккхавер совдолу соьгахь. Дозалла до ас цунах.
Сайна гонах болчу наха а изза олуш хезна суна цунах лаьцна. Цуьнан иллешна юкъара цхьаъ къасто хала долуш, дерриге маь1не а, мехала а ду».

…Леррина тидам бора ас Валидан тезета оьхучу адамийн а, цигахь дечу тоьшаллийн а. Ма-дарра аьлча, иза дерриг халкъан барамехь тезет дара. Гергарчийн верасо, баьхкинчаьрга ша тезетахь диллина доьшуьйтуш къулх1анаш делахь а, луучунна дош ала пурба лора. Цара мосазза а билгалдохура, Дагаев Валид – Дела а, Делан Элча а (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) везаш, ша эвлаяаш лоруш, Делан дика лай хилла ваьхна хилар а, динан маршо йоцчу хенахь а нах собаре, стогалле, мохк безаре, да-нана, йиша-ваша, т1евеана хьаша лараре, машаре, дика г1уллакхаш даре кхойкхуш ваьхна хилар. Цхьана 1еламстага къаьсттина хьахийра кхелхинчуьнгахь хилла хаза г1иллакх.

Оцу тезета даьхкина адамаш – дукхахдерш – ц1енна Делан дуьхьа даьхкинера аьлла ч1аг1дан мегар дара. Кхечанхьа санна, шу муьлхачу юьртара ду, шуна мила ган лаьара, цаьрга цхьаммо а ца хоьттура. Кхелхинарг массеран вара, муьлххачо а муьлххачуьнга а кадам бан мегар долуш хьал дара, дан а ду тахана а.

Дагаев Валидна Аллах1-Дала гечдойла, къинхетам бойла цунах, ялсаманин ох1ланех войла иза. Цо шен цамгарца хьегна бала а Дала йоле-меле буьллийла цуьнан! Дала ийман а, собар а лойла халахетаран бала мел кхаьчначунна!
27.09.2016

   ЛАХАХЬ дацдинчу кепара даладо ас Дагаев Валидах лаьцна итт шо сов хьалха ас яздина хилларг.

Халкъан илланчин Дагаев Валидан винчу денна лерина
(Авторан архивера, дацдина)

   Хала ду тахана вайн халкъан мукъамийн хазна дагалаца, шена юккъехь Дагаев Валидан иллеш а доцуш. «Халкъан» ву я «халкъан илланча» олучу дарже Валид тоххарехь кхаьчна.
 
   Хьахор вай Дагаевн лирически иллеш. Уьш ду гIиллакхах, оьздангаллах, ларамах, цIеначу синхаамех. Масала, «Календаран тIаьххьара кехат», «Батто сагатдо», «Лойша суна» (дешнаш А. Сулеймановн), «Хьан бIаьргийн нур», «Ас лоьхург мила ю», «Ленинградехь кхиъна йоI» (дешнаш М. Дикаевн), «Шовда», «Безам» (дешнаш М. Мамакаевн), «Илланча сох винарг», «Чов», «Сатийсар», (дешнаш Ш. Рашидовн), «ГIан» (дешнаш М. Сулаевн) и. дI. кх.

«Календаран тIаьххьара кехата» тIехь ду хIара могIанаш:

Бертаза хьо дагчохь
Кхаба дац атта,
Хийрачу хьоь хьежа
Ницкъ а бац сан.
Маржа яI! Велар-кх со
ТIулг хилла лаьтташ,
Шуьйрачу цу новкъахь
Хьо наггахь ган!

Нагахь хьо гIелъелла
Шена тIетовжахь,
Хьан ненал эсала
Хир бара и.
Хьагъелла, йохъелла,
Ницкъ боцуш дегIехь,
Ахь дехча, лур дара
IиндагIа, хи.

   Литература (поэзи) йовзар, гуттаренна даха хьакъ долу могIанаш карор, цаьрца бен кхин богIур боцу мукъам баккхар я халкъачаралахь лахар, говза а, башхачу озаца а илли дIаалар, цуьнан дешнаш а, мукъам а адамийн дагчу дийшор – иза делла Дала Валидана. Иза бIаьрла гучудолу «Календаран тIаьххьара кехат» цIе йолчу илли тIехь а.

   Дагаевс мукъамца дIа а олуш, кхин а шуьйра йовзийти, вайн адамашна гергаялий нохчийн литературин классикийн байташ. Ду халкъан дог-ойланах, Даймехкан Iаламан садеIарх, иэсах. Иллиалархочо кхин а хьала ойуш, мехала яьккхина нохчийн поэзи, карийна мукъамаш – ойланан кIоргаллица а, дIааларан хазаллица а, башхаллица а байтийн меххехь болу. Суна хетарехь, дечиг-пондарца ша цхьамма илли аларан говзалла а лакхарчу тIегIане яьккхина цо.

   Шен илли ладогIархойн кхиэле дилла иза сихлуш цахилар а гуш ду. Дуккха а вайна гуш боцу болх бу масех минотехь дIаолучу иллина тIехьа лаьтташ. Иштта кхоллало шатайпа, хьан дагах кхеташ, иза меттахдоккхуш долу мукъамаш. Цара, Рашидов ШахIида ма-аллара, «дог хьалаойбу»:

Пондар тIехь кхоъ бен бац мерз а,
Заманна кIезиг уьш хета.
Хьан иллеш муьлххачу герзал
Нуьцкъал ду, дагчу шаьш кхета.

КIад ца луш, алалахь илли,
Муьлххачун дог хьалаойбуш.
Дуьненчохь вехаш верг милла,
Диканна гIулч яккха кхойкхуш.

   Валидан - Даймахках, мехкан кIентан декхарех а долчу  иллех лаьцна шакъаьстина а, дуккха  а дийца йиш яра. Ткъа доцца аьлча, цуьнан «Зама», «ТIулгаша а дуьйцу» (дешнаш М.Мамакаевн), «Вина мохк» (дешнаш А.Айдамировн), «Нохчо ву со» (дешнаш М.Дикаевн), «Сан Кавказ» (дешнаш Д.Кагермановн), «Даймахке сатийсар» (дешнаш  М-С.Гадаевн) и.дI.кх. заманаш, адамаш хийцадаларх, тIаьхьарчу тIаьхьенашна а мехала долуш, цаьргахь а дика синхаамаш кхуллуш хир ду, хIунда аьлча уьш дуьзна ду нохчийн халкъе, нохчийн Iаламе болчу безамех, кхоччуш хилла девлла а, исбаьхьа а ду уьш.

   Шайн чулацамца доттагIаллех лаьцна долу а, ткъа иштта доттагIаллин къаьмнийн иллеш а дIаолу Дагаевс йоккхачу говзаллица. И иллеш хеза вайна нохчийн, гIалгIайн, казахийн, гуьржийн, и.дI. кх. меттанашкахь.

   Валид – дийнна цхьа мур бу вайн оьздангаллехь, къоман культурехь. Цуьнан иллешка ладоьгIча, хIоразза а дуьхьалхIутту исбаьхьа сурт – Нана-Нохчийчоь - ломан лекхачу баххьийн мохк, ламанан шира некъаш, тIулгийн терхийн йозанаш, маьрша дахар, аренаш, хьаннаш, шовданан зов, дIаделлало кху махкахь эзарнаш шерашкахь дехачу халкъан дог.

   Дагаев Валид – ерриге Кавказехь а, цул арахь а уггаре сий-ларамечу адамех цхьаъ ву. Iедалша техкина дуккха а цIераш ю цуьнан кхоллараллин хьуьнарш билгалдохуш, амма царел уггар а езаниг иза наха везаш тIеэцар, иза массарна вовзар, цуьнга ладугIуш яьккхина хан беркате тIеIаткъам беш хилар. Шега дерриге халкъан ларам болуш вахарал деза хIун хир ду.

   Илланча бIаьрса дайна висна а дикка хан ю, амма кху тIаьхьарчу шераша вахаран-Iеран хьелаш дохий цуьнан. «Вон адамаш суна ган а ца го, диканаш маршалла ца хоттуш, хIун оьшу ца хьожуш тIех а ца бовлу», – боху цо оьзда, леткъамаш ца беш.
Оцу хьолехь воллушехь, иза тIахъаьлла а, вайн гIуллакхашна саготта а, дикане-воне ваха ларош ву. Айдамиров Абузар дIакхелхинчу иза кхечира дуккха а бIаьрса долуш а, къона а болчийл хьалха, ша Соьлжа-ГIалахь вехаш воллушехь. Яздархо дIаойучохь вистхилира, шина-кхаа дийнахь тезетахь Iийра.

   Вайн махкахь шена мел хало хиларх, кхечу махка ваха дIавахалур волчийх вац илланча. Иза дIавоьхуш меттигаш хилла. Казахстанехь болчара ша дIавехча а, цо аьлла, бах: «Сайн мохк дIа а тесна, со вахалур вац, амма сан цхьа дехар ду шуьга, казахашка: шаьш лаьтта буьллу ког байн биллар – тхан дайн даьIахкаш ю шун лаьттахь, шаьш къамел дукха чIогIа, мохьбетташ ца дар – тхан дайн, мисканийн синош ду шуна тIехулахь, Iаьршашкахула лелаш…»

   Ишттачу къамелаца догIуш ду Сатуев Хьусайнан дешнаш тIехь Валида дIаолуш долу илли:

Хьо марша гIойла, гIургIезийн ковра,
Хьайца со ма виэха генарчу рицкъане,
Даймахкахь доцург рицкъа дац
Тхан дайша тхоьга кхийлина…

   Ткъа «Даймехкан косташ» иллица го нохчийн гIиллакх-оьздангалла, цуьнан баххаш, коьрта мехаллаш, халкъан хьекъалан а, кхетаман а, Даймехке болчу лераман а хьостанаш. И илли иллешлахь а илли ду, яздина шекъа дакъа а далале, классикана юкъадахна лара мегар долуш, ша дуьххьара дIаолучу хенахь Валида пондарах тIаьххьара пIелг ма-тоьххинехь, нохчийн мукъамийн дашочу хазнина юкъа а дахана…