Iаьзим Юсупов. Лаьа жайна яздина, ойла хазъян шун

Асламбек Гайтукаев
Поэтан Юсупов 1аьзиман кхоллараллехь Даймахках а, дахарх а ойланаш
 

   Вевзаш волу нохчийн поэт, прозаик, публицист-мохкбовзархо Юсупов 1усманан 1аьзим шен кхоллараллехь дахаран маь1на лоьхуш, цуьнца йоьзна йолу шен ойланаш вайна йовзийта лаам болуш гуш ву. Ткъа дика ойла кхуллуш долу дош, мерза стом санна, шеца беркат долуш, пайде, масла1ате, шатайпа аьхна хуьлу.

Бисмиллица доладо
Керла жайна сайн.
Силсиле дош дерзадо,
Узам барца байн.

Лаьа жайна яздина,
Ойла хазъян шун,
Деган жовх1арш дитина,
Верза лахьти чу.

Со д1авахча, яздинарг
Карладаккхалаш!
Синхаамца литтинарг
Довза хьовсалаш!

Ас йитина ойланаш,
Сайн сатийсамаш,
Мерза уьйраш, безамаш,
Деган лазамаш.

Шу дезарца хьистинарг
Хир вац дуьненчохь.
Аса дезаш листинарг
Ларде дегнаш чохь! –

ишта олу автора шен цхьана байтехь.
Поэтан кхоллараллехь хьокъала йоллу меттиг д1алоцу Даймахках, собарх, машарх йолчу байташа. Авторан лирически турпалхочунна гергара х1уманаш ду: халкъан истори, цо лайна 1азап, харцонаш. Иза дикачунна, шен бух болчунна т1етевжаш ву, собаре волуш.

1ехалуш харцонан некъ даго хьехнехь,
Хьомсарчу халкъана вон болх ас лехнехь,
Махкахойн кхел хилла, дакъаза ваьлла,
Со хуьлда царна вицвелла.

Ширачу заманахь вайн халкъо лайна,
Т1аьхьене ца кхочуш дисна дерг дайна,
И меттах1отто со г1иртина вацахь,
Каш доцуш войла со арахь.

Нохчийн халкъ 1азапе доьжначу хенахь,
Цунах дог ца лезнехь самах я г1енах,
Сайн Даймохк хестабеш, дош аьлла дацахь,
И боцуш лойла со байлахь.

Юсуповс деза лерина шен дас, нанас, вежарша баьхна маь1не дешнаш, доттаг1ашна ша, цара шена а йовзуьйту ойланаш.
Шен дахар иллешна д1алуш схьавог1учу Юсуповна довзийта лаьа, иллеш муха кхоллало, мичара схьадолалуш ду церан хьоста:

Со кхоллархо ву ма ала,
Цхьаъ бен вац кхоллархо – Дела.
Яздархо Цуьнан лай лара,
Цо делларг д1акхоьхьуш лела…

Шегахь куралла яцар, вайн дахар хаздар бен 1алашо йоцуш ша вехаш а, Дала деллачунна сов реза а хилла, хьанала къахьоьгуш стаг поэтан лирически турпалхо хилар гойту оцу дешнаша.
Юсупов 1аьзиман коьртачех говзар, лакхенех цхьаъ ларалуш хета цуьнан «Даймохк, хьо ду сан илли» ц1е йолу байт. Ша безар деза леринчу Даймахках лаьцна цо олу:

        Лаьмнийн зевне мукъам, мерза,
Дагца лелабо.
Дарйина чов сиха ерза,
Дарба луш, цо до вай реза,
Даймохк, хьо ю сан йовхо,
Сан йовхо!

Арахь шийла дог1а доьлху,
Оьгуш г1аш а го.
Г1араг1улеш къилбе йоьлху,
Сан сагатлуш, б1аьргаш боьлху,
Даймохк, хьо ю сан марзо,
Сан марзо!

Мехкан дика а, вон а поэтана хийра дац:

Мокхазан тархаш т1ехь доьшуш
                хьан йоза,
Хьан кхоллам бовзарна
                вина со токх…

…Нохчийчоь, хьо басах тилла,
Ма доккха вон деъна хьоьга.
Хьан бала ас мича билла?
Хьан йохар ца лало соьга…

…Г1елъелла Дег1аста,
Стаг воцуш хьаста.
Ас хьаьнга г1айг1а яста!
…Даймохк боцчух хир вац эла!

Даймахках йолчу Юсупов 1аьзиман байташкахь хаало йоккха дегайовхо, шен махках долу дозалла, иза даима маьрша бахаре сатийсам, вешан ойланца вай, «Далла т1е а тевжаш», даха дезарх долу хьесап. Хьалхо шен цхьана байтехь цо яздина:

…Тхан кийра шийла ша буьллуш,
Доккха вон кхачийна хьоь.
Хьоме халкъ вайн Деле доьхуш,
Яхалахь, х1ай Нохчийчоь!

Яхалахь, т1етевжаш Далла,
Ирсан кхаъ кхачабеш тхоь.
Т1аьхьенийн кхолламаш кхала
Яхалахь, тхан Нохчийчоь!

Дела сих-сиха хьахор, Цуьнга г1о дехар, кхайкхар, Цунна т1е болх биллар – 1аьзиман цхьамог1а байтийн билгало ю. Бисмиллица йолийна автора шен хьалхара байт («Деган жовх1арш»), Деле кхайкхам беш язйина автора «Вовшашна къинт1ера довла», «Машаре дахкийша некъаш», «Бакъонан новкъахь», «Вай ду дуьненан хьеший», «Г1елъелла Дег1аста», «Дела, Хьан ц1арца», «До1а» и. д1. кх. дуккха стихаш. 1аламаш Шен карахь Долчуьнга юьйцу автора шен г1айг1анаш, Цуьнга до шен до1а-дехарш а:

Легашкахь къурдашца сецабеш бала,
Хиллачо ца дуьту самалха дала.
Х1ай, Дела, Хьох тешна, кхойкхуш ду Хьоьга,
Комаьрша къинхетам боссабехьа тхоьга…

Махкахь г1айг1а-бала совбаьллачу муьрехь, Юсуповс яздина:

Бисмилла! Х1ай Дела, Хьан езчу ц1арца,
Сайн деган лазамех яздо ас жайна.
Лаьтта т1ехь бакъ даржо со ох1ла варца,
Ницкъ лолахь айдала сан ц1енчу дашна.

Еанчу къаналло жималла хьаьшна,
Б1аьхаллин яздархо хилла со лаьтта,
Къийсамехь вогу со, диканах тешна,
Х1ай, Дела, г1о делахь хьуьнарца латта!

Г1иллакх-оьздангалла шайца хаалуш, ц1енчу дешнашца вистхуьлу поэт вочух а, дикачух а олучохь, мостаг1 вуьйцучохь а. Юсуповс деза лору муьлххачу а 1оттабаккхамехь халкъан аг1о лацар, дайн г1иллакхийн тай ца хадор, собаре хилар, цкъа а шен нана йиц ца яр.
Генарчу махкахь беха нохчийн ойла йо поэто:

Дестена бер санна, бехкала дахна,
Аш дендар къахьоьгуш хийрачийн мехкаш,
Хаалаш, сий хир дац шун шайн ц1ахь санна,
Ц1а дерза, х1ай нохчий, шаьш динчу махка!

Т1ом бахьанехь вайн махкахь яьржинчу харцонца, ямартлонца майра къийса арадаьлла ду поэтан дош. Цо кхоа ца во бехкениг, иза милла хиларх а. Амма, дерзош, цо олу:

Адамаш, хилийша мерза,
Вайн Делан диканиг довза.
Хилийта И ваьшна реза,
Ийманца нисдала хьовса…

Марзонца комаьрша ойланаш кхиош, адамаш вовшашна къинт1ера довлуш хиларе кхойкху Юсуповс:

Дерриш  а цхьаъ ду вай цу Далла хьалха,
Оьшуш дац цхьанне а ша лакхара хета,
Оьг1азло д1ахеръяй, довлийша малха,
Цхьатерра йовхо луш и вайна кхета…

Юсуповн гуларшкахь алссамчу барамехь ду шайх классически ала мегар долу иллеш. Церан теманаш а ю Даймохк, нана, машар, доттаг1ий, доьналла, безам. Царна юккъехь ю: «Ч1ирхочун илли», «Эрна ца техкийна ага», «Сан коше х1отталахь» и. д1. кх. ц1ераш йолу байташ. Поэтан дуккха стихаш фольклоран буха т1ехь кхоьллина ю. Цара шатайпа къагайо цуьнан кхолларалла.
Ахб1е шо гергга мур схьалоцу цуьнан гуларшна юкъара стихаш язйинчу терахьаша – уьш, вайна ма-гарра, 1957-чу шарера таханлерчу дийне кхаччалц йолчу хенахь язйина ю. Оцу шен говзаршца поэта Юсуповс ца кхоьллина цхьа а чолхе васт. Стихаш еша атта ю, дика, ц1ена а ойланаш кхуллуш, даггара язйина а ю. Дайшна, наношна, кегийрхошна – доттаг1аллин мах хуучарна, Даймахках доглозучарна – хаза, ойлане воху я ойла т1омайоху дешнаш дукха яздина автора.
Юсупов 1аьзиман поэзин т1ум ларалуш (суна хетарехь) ду «Хьан г1иллакхаш – ирсан х1у» (дена лерина), «Весет», «1уьйренан ламаз», «П1ераскан буьйса», «Турпал – Нохчо» и. д1. кх. ц1ераш йолу иллеш. Къаьсттина дагах кхеташ ду «Весета» юкъара х1ара мог1анаш:

Еса, Табарак, Духан, 1амма
Кошан еа маь11ехь дешча аш,
Доккха совг1ат хетар дара, амма,
Нах д1абахча, цхьаъ-шиъ сацалаш!

Шен халкъ, Даймохк безнарг дагалаца,
Царах ю сан ц1ена ойланаш.
Церан дуьхьа ч1аг1о йина ваца,
Ас дитина жовх1арш – назманаш.

Махкахошна со къинт1ера ваьлла,
Ч1ог1а лууш дара ала цхьаъ:
Со велча, гахь Даймохк маршабаьлла,
Сан барза т1е дуьйлий, баккха кхаъ.

Юсупов 1аьзиман поэзин дош мехала ду. Исбаьхьаллин кепара говза аьлла долчу цо, лакхахь билгал ма-даккхара, дика ойланаш кхуллу, Веза-Сийлахьчу Дала бохург кхочушдаре, хьомсарчу Даймехкан сий-пусар даре кхойкху. Нохчийн аьхначу дашца дуьйцу цо г1иллакх-оьздангаллах а.
Бусалба динах, Даймахках а йолчу поэтан Юсупов 1аьзиман ойланех лаьцна кхин а, кхин а дийца йиш яра. Поэтан аьхначу дашах марзо эцар беркате хир ду аьлла хета вайна массарна. Х1ара дош яздаран 1алашо яра, Юсупов 1аьзиман кхоллараллина т1е мелла а алссам тидам бахийтар а, гуттаренна долчу дахаран ни1маташка вайн ойла кхийдийта г1о деш долу цуьнан поэзин мог1анаш мехала дахар а.