Кхоллараллин кхерчахь

Петимат Абубакарова
Раиса Ахматовн  дахарах доцца

Нохчийн къоман  поэтесса  Ахматова Раиса  йина Ша1ми-юьртахь,яьхна,1ийна Соьлжа-г1алахь. Хала а,чолхе  а хилла  цуьнан дахаран некъ. Берийн ц1ийнехь д1аяхна Раисин бералла.
    Цуо 1943 шарахь  чекхъяьккхина  хьехархойн училище (х1инца йолу колледж).Ткъех шарахь яздархойн Союзан куьйгалхо а лаьттина иза.
    Тхо студенташ долуш,тхан хьехархочо Байбулатов Надирбека Каримовича  дийцина цхьа х1ума дагара ца долу суна. Раиса Ахматова Советски Союзехь массарна а езаш а,евзаш а карийча ,Анна Ахматовас мелла а эмгаралла лаьцна хиллера  цуьнца,и цецъяьлла хиллера шен фамилии а йолуш г1аръяьлла нохчий поэтесса хиларх,бохуш,дийцира тхуна тхан хьехархочо.И бакъ хила тарлуш дара,т1еч1аг1дар  ледара делахь а,Раиса Ахматовн ц1е шуьйра евзаш хилл а Даймахкахь а ,цул арахь а х1ета а.
 Шатайпа исбаьхьалла йолуш,чулацам  к1орггера болуш а ю Раисин дукхаха йолу стихаш.Уьш ю зударийн чолхечу дахарех,1аламан хазаллех,дахаран галморзаллех,дикаллех а,иштта д1а кхин а.Царех цхьаерш вайн газетан дешархойн кхеле яхка луур ду тхуна.

 
Раиса Ахматова

Нене
Цхьа сингаттам баьлча,  хилча хазахетар,
Йог1ур ю хьо  йолчу- ахь д1акхайкха со,
Со йоьлуш-хьо ела,  елхахь -сан дог эца,
Ларъе  къаьхьчу балех, хьехар суна деш.

Дахаран цу  ц1ергахь тоъал со а яьгна,
Х1етте а ю  дуьне хаза хеташ со,
Нислора т1ам  бойна олхазар а санна,
Со южуш а,  амма г1оттура хьала.

Ахь до сунна  хьехарш,  ларлуш хилахь бохуш,
Даима  сагатдеш,  ларйо  хийла  со,
Йина мохк,  хьо, нана, шу ю-кх сан г1ортораш.
Шуьшиннах а  яьлла, лела лур юй со?





Ас сайн халчу хенахь лайнарш диц ца дела,
Гина буьйса къагош,кхетта шовзткъа малх.
Дахар-и ду дахар,-нисло дагахь доцург,
Текъамаш яц безаш,кхаьрда дозаллех.

Лор яц хьо, делахь а дарба деш, ахь хийла,
Когаш т1е  х1оттий со, дагна г1ора луш,
Ахь ницкъ а  лой майрра, йолий генна ара,
Буьрса дарц а эшош,  бора ас сайн некъ.

Б1аьрса хьан артделла, эшна дег1ан г1ора,
Къежъелла  месаш го  кортали к1елахь.,
Къинт1ера а  ялий, доьху хьоьга, нана,
Дарбане хьай  куьйгех баккхийта цхьа барт.

Раиса Ахматова
Б1аьргийн сийналла
Хоьтту  аш:сан б1аьргаш х1унда бу сийна?
Тхан ц1ийнна уллохь д1адоьдура хи,
Даима соьца и ловзура тийна,
Сийначу тулг1ешца доьлура и.
Иштта  тхан гергарло х1етахь ч1аг1делла,
Х1етахь шеен сийналла цуо сунна елла.


Раиса Ахматова
Весет
Доттаг1ий ,я седа,я малх гур боцуш,
Дуьнен чохь со шайца йоцучу хенахь-
Декийта сан иллеш,со карлайохуш,
Кхерстийта даима вайн лаьтта т1ехь.

 Безаман  шабарш  сан иллешка  дайта ,
Лепийта,хилла  шайх  1уьйренан тхи.
Адмашка даим хаза ойла яйта
Лууш ю цаьрца цахиларах кхин.

Дахарехь дерриг дан ницкъ чан ца кхаьчна,
Хийла ас,г1о эшна,1ений б1аьрхиш…
Иллешка дайта сан дан ницкъ ца кхаьчнарг,
Халкъана г1уллакх деш,декийта уьш!
                Рубрика  кечйинарг  Пет1мат Абубакарова .