Сийлахьчу Къуръанан айаташ, хьадисаш -вайн маттахь

Асламбек Гайтукаев
               
          Къуръанан айаташ, Мухьаммад-пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадисаш гочдина «Некъ» телерадиокомпанин зорбанан декъан Iеламнаха.

 Веза-Сийлахьчу Дала боху: «АллахIна Iибадат де аша, Цуьнца накъост ма лаца цхьана а хIуманна тIехь. Дена-нанна, гергарчарна, буоберашна, мискачарна, гергахь волчу лулахочунна, генарчу лулахочунна, нийсачу накъостана, некъахочунна, шайн аьтту куьйгаша доладинчарна (лешна) а дика хила шу. Баккъалла а, АллахIна ца веза куралла йеш верг, ша-шех тамаш бийриг а». «Ан-Нисаъ», 36.

 Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Делан Элчанца дика масал дара шуна – Делах а, къематдийнах а кхоьручарна, АллахI дукхахьехочарна а». «Аль-Ахьзаб», 21.
 
 Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ахь кхайкха хьайн Делан новкъа хьекъалца а‚ хазачу хьехамца а». «Ан-Нахьл», 125.

 Веза-Сийлахьчу Дала боху: «АллахIа даржехь хьалаойу шух ийман диллинарш а, шайна Iилма делларш а». «Аль-Мужадалат», 11.

 Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ахь ала: «Цхьатерра буй Iилма дерш а, Iилма доцурш а». «Аз-Зумар», 9.

 Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Дала гаттонех, баланех хьалхавоккхур ву кхоччуш АллахIах кхоьруш верг, ца моьттучу агIор рицкъа а лур ду Цо цунна». «Ат-ТIолакъ», 2-3.

 Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ахь ала: «ХIай сан Дела, Iилманехь совваккхахь со». «ТIохIа», 114.

   Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Шух хIора а Iу ву, хIораммо а жоп лур ду шен Iуналлех».
 
   Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Баккъалла а, хьоьгахь ши хIума ду, АллахIна дукхадезаш долу: кIеда-мерза а, собаре а хилар». Муслим.

   Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Баккъалла а, АллахI Къинхетаме Ву, къинхетам безаш а Ву. Цо ла а ло къинхетамечунна, шогачунна ца лурриг, йа кхечунна ца лурриг а». Муслим.

   Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Баккъалла а, къинхетам хир бац цхьана хIуманехь, цо иза хаздеш а бен; цхьана хIуманах и дIабоккхур бац цо, иза эрчадоккхуш а бен». Муслим.
 
   Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла:
«Къинхетаме воцчух – къинхетам бийр бац». Бухари.
 
   Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Онда хилар дац стаг охьатохарца, баккъалла а, онда хилар ду – ша оьгIазвахча шен дегIан доладар». Бухари, Муслим.

   Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Iилма лахар фарз ду хIора бусалба стагана а, зудчунна а тIехь». Ибн МажахI.

   Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Адаман бер Iуьйренга даьлча, цуьнан йерриге а меженаш матте дехар деш хуьлу, шаьш олуш: «Делах кхералахь тхан хьокъехь, тхо хьох тешна йу хьуна; хьо нисбелча, тхо а нисло, хьо гамбелча, тхо а гамло». Тирмизи.

   Къуръанан айаташ, Мухьаммад-пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадисаш гочдина «Некъ» телерадиокомпанин зорбанан декъан Iеламнаха.