Шайхиев 1алвадин юбилейхь

Петимат Абубакарова
Соьлжа-г1аларчу Абузар Айдамировн ц1арах йолчу
кьоман библиотекехь д1аяьхьира нохчийн вевзаш волчу поэтана 1алвади Шайхиевн юбилейна лерина кхоллараллийн суьйре.
 Х1окху башхачу, хазачу ц1ийно вовшахтоьхнера исбаьхьаллин литературин накъостий, кьаьсттина 1алвадин поэзи езархой...
Царна юкъахь бара дуккха а яздархой, хьехархой, дешархой.
   Литературни суьйре д1айолош,  Канта Ибрагимовс даггара баркалла элира Къоман библиотекан белхалошна,х1окху тайпа хаза мероприятешна даим а декъа хиларна. Яздархойн Союзан куьйгалхочо шен къамелехь дийцира,1алвади Шайхиев , амалца, леларца бакъволу нохчо хилар, шен дуьхьа доцуш , и къоман литературин дуьхьа къахьегна хилар .И некъ Сийлаллин грамотица билгал а боккхуш, дерзийра Кантас шен къамел.
  Поэтан дахарх а, кхоллараллех а чулацаме а, дагах кхеташ а дийцира дуккхамо а...
Нохчийн халкъан яздархочо , поэто Исмаилов Абус доцца а , амма чулацаме довзийтира 1алвадис  нохчийн мотт кхиорехь лаьцна доккха  дакъа.
"Заманан боккха , чолхе мур шина мог1анца гайта хаар ю поэзи.Дагара ца долу ткъе пхиь шо хьалха цу язбина ши мог1а "ж1аьлех лета маьлхан доца  денош, барзах уг1у еха буьйсанаш", -дуьйцура Абус.
Иштта хила еза поэзи, доцца а, иесехь дуьсуш а..."
  1алвади оьшучохь доьналле накъост хиларх дийцира нохчийн къоман яздархочо Машар Айдамировас а.Уггаре а халачу муьрехь т1етовжа цуьнан белш карийра   Абузар Айдамировн. "Еха буьйсанашна" бихкина дахаран некъ бастарехь доккха г1о динера Шайхиевс...
Уггаре а т1е1аткьамечух миноташ яра школан дешархоша 1алвадин байташ барта йийцар.
Уьш яра цуьнан дахаран коьрта маь1на достуш: Делах даггара тешар,адамалла хилар, шен кьам  дезар.
Суьйре ехха лаьттира,поэтана совг1аташ дира бовхачу дагалецамашца, грамоташца .
Оьздангаллин ц1ийнан ц1арах Сийлаллин мидал а елира Шайхиевн, амма уггаре а доккха совг1ат -1алвади Шайхиев къомо вицвийриг цахилар а, цуьнан кхолларалло  т1аьхьенашкахь цуьнан ц1е йоврриг  цахилийтар  а ду!
Дала декъала войла хьо, 1алвади..Могуш-маьрша , кхин д1а а хьанала къахьега Дала беркате шераш а лойла хьуна.