Нохчийн мотт-вайн къоман хазна

Петимат Абубакарова
 Соьлжа-г1алин апрель –баттахь хьехархойн колледжехь д1аяьхьира "Нохчийн мотт-вайн къоман хазна" ц1е йолу конкурс.
         Хьехархойн колледжан куьйгалхочун Эжаева Маликин г1оьнца д1айолайина и башха проект т1ейог1учу ханна 1адат дина д1ах1отто ойла ю тхан.
 Къовсадаларехь дакъалоцуш бара Соьлжа-г1алин хьехархойн колледжера "Даймохк" литературни клубан декъашхой а,иштта Нохчийн Республикера тайп-тайпанчу хьукматашкара а пох1манчаш. Мероприяти д1ахьош г1о-накъосталла дира Яздархойн Союзо, иштта Къинхьегамхойн Союзо а . Хьалхара меттигаш баьхначу пох1манчашна грамоташ а, книгийн совг1аташ а д1адийкъира яздархойн Союзо векал вина ваийтинчу нохчийн къоман яздархочо Ирисханов 1имрана.
       Х1окху мехалчу г1уллакхах кхаъ хилла, Яздархойн Союзан председатель волчу Ибрагимов Кантас шен книга яийтира колледжан куьйгалхочунна Эжаева Малика Абуевнина.
     Ткъа ахчанан совг1аташ а , дипломаш а делира Профсоюзан ц1арах толамхошна .
   Церан ц1ераш йовзийта луур ду:хьалхара меттиг бийкъира хьехархойн университетера Халикова Мадинас а ,хьехархойн колледжера Тохтарова Зулихана, 2-г1а меттиг д1аелира хьехархойн университетера Эскиева Асетана ,хьехархойн колледжера Хасанова Мадинина, 3-г1а меттиг кхечира гуманитарно-технически техникумера Мунаев Ильясана,Тевзанарчу ишколера дешархочунна Дажаев Эскирханна а.
       Х1ара т1е1аткъаме цхьаьнакхетар атта диц долуьйтур доцуш дара Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Абу Исмаиловс ,Яздархойн союзан правленин декъашхочо Адама Ахматукаевс , иштта къоначу поэташа Халикова Асета ,Даудов Гиланис барта шайн стихаш ешар а , иштта конкурсанташ шайн байташ йовзийтар а.
        Цхьаьнакхетар д1адерзош, хьехархойн куьйгалхочо Эжаева Малика Абуевнас даггара баркалла элира х1ара конкурс д1ахьуш г1одарна яздархойн а къинхьегамхойн а шина Союзана.
     Иштта цуо д1ахьедира Соьлжа-г1алин хьехархойн колледж кхоллараллийн кхерч хилла д1ах1уттург хиларх а. Мероприяти д1аерзийра яздархошца а , конкурсанташца а цхьаьна безамна суьрташ дахарца.