Сийлалла къинхьегамца бен ца хуьлу

Петимат Абубакарова
     Шен  дерриге  а дахар къинхьегамна  д1аделла  а  ца 1аш, къинхьегамхойн  дахаран хьелаш  тодарна ,бакъонаш ларъярна  т1е ницкъаш бахийтина ,шераш д1адовларх,къар ца луш, схьавог1уш ву вайн махкахь  массара  а,къаьсттина  хьехархоша, лоруш   волу Герзелиев Мохьмадан Хизир.
  Ша-шах нисделла дац  и тайпа ларам хилар: Хизир Магомедович жимчохь дуьйна  ша къахьега  1емина ву,дукхаха долу шераш д1аделла   цуо юкъараллийн хьашташ кхочушдарна.Боккха   аьтто  бу  хьехархойн декъехь йолчу Къинхьегамхойн Союзан   и тайпа жигаралле, халкъанна а ,махканна а пайде, къинхетаме  адам куьйгаллехь  хилар.
    Дийцина ца валлал  ду Хизир Магомедовичан  куьйгаллийца  хьехархойн  декъехь йолчу Профсоюзо  д1акхехна  дуккха а беркате  г1уллакхаш .  Тахана а кхачийна  дац  хьехархошна   г1одаран  хьокъехь лелош дерг : таро йоцучунна  жимма  бина  а аьтто бан  бахьанаш лехар, лазийначунна  г1о кхачор, могуш воцучунна   больнице я санаторий ваха жимма бина а  аьтто бар, массо  а хьехархойх дог лазаш,церан алапан  хьокъехь  сагатдеш  хийллаза  орца  лехар,иштта  д1а  кхин а. 
  Ткъа    уггаре  а мехалчу г1уллакхех хета ,Хизир Магомедовича  х1окху т1аьхьарчу 6-7 шарахь кхоллараллийн  адамашца,аьлча а хьехархошца,  лаьцна  долу 1аламат  доккха   г1о –накъосталла…
  Хууш ма-хиллара,  хьехархойн декъан  Профсоюзан куьйгаллийца   Нохчийн республикехь  т1аьхьарчу  шерашкахь  д1аяьхьира  шатайпа конкурс  «Сий хуьлда,  Хьехархо!». Хьехархойн мог1аршкахь пох1малле  адамаш  къастор а,церан кхоллараллийн з1ийдигаш кхиор а ,уьш шуьйрачу дешархойн мог1аршна бовзийтар а яра проектан 1алашо.
     Дуьххьара  литературни конкурс  д1аяьлча , «Сий хуьлда,Хьехархо» ц1е йолу  юкъара   гулар арахийцира, уггаре  а тоьллачех произведенеш шена  юкъа а йохуьйтуш.
     Шоллаг1чу  «Дахаран марг1алш» ц1е йолчу   гуларна (2013шо) юкъа яхара  шовзткъе  пхийтта  декъашхойн-хьехархойн  дикаха  йолу  произведенеш.         
     Д1адаханчу  2016-чу  шеран май баттера  ноябре кхаччалц  хиллачу  конкурсан жам1аш  билгалдевлира,  «Со-Хьехархо»  ц1е  а туьллуш, арахецначу  кхозлаг1чу  гуларехь.Хьехархойн произведенийн гуларш араяхарал сов ,царна совг1аташ дира ахчанца массарна а,дакъа мел лаьцначарна.
    Хьехархойн ойланех,1ер-дахарех дика кхеташ а ца хилча, иштта  ша  а  кхоллараллийн адам ца хилча дага а дог1ур дацара  и тайпа  башха къовсадалар  вовшахтохийта а, и комаьрша  д1адахьийта а. Кхечу дешаран хьукматашна  а эца масала  а долуш  беркате  д1адоладар  хилира  оцу башхачу проектах. Х1унда аьлча,цуьнца  доьзна  дара  дукха хан йоцуш  Соьлжа-г1алин  хьехархойн  колледжо д1адаьхьна «Нохчийн мотт-тхан къоман хазна» ц1е йолу къовсадалар а.Профсоюзан куьйгалло  юха  а тергамза ца дитира нохчийн меттан сийдеш д1адаьхьна  цхьаьнакхетар:  дипломаш а,ахчанан совг1аташ а делира къоначу  студенташна,школан дешархошна. Иштта г1о дуккхачарна  а кхочу Профсоюзера…
       Хизир Магомедовичан   атта ца хиллачу кхолламехь  дуккха а халонаш нисьелла,Дуьненан юкъара т1еман юьххьехь , 1941 шарахь,  дуьненчу ваьлла иза ,юха  шен кхо шо кхаьчча, махках вала дезна, цигахь  йолийна  къинхьегаман юьхь а.Жимчохь дуьйна  юкъараллин болх дика бевзаш а,безаш а хилла  Хизир. Нийсо,низам  дезаш а,и лардеш а хилла даим .Цундела шаверг висина  иза Заманан йохалла, дахаран галморзаханаллашка эша ца велла.1ер-дахаран  система мел   хийцаяларх ,  яхь д1а ца луш, юха ца волуш,  шен  ц1е,шеко йоцуш, Къинхьегамхойн   Сийлаллин  уьна  т1е язъяйтина  Профсоюзан баьччано…
  Хьехархочун  дахар тодалийтар ,цуьнан 1ер-дахаран хьашташ нисдалийтар- коьртачу 1алашонех ю  Профсоюзан  куьйгалхочун  тахана а. Цхьа а де ца доьду керла  ойла  ца кхоллалуш, юха иза  г1уллакхашка ца ерзош...
    Де-дийне  мел долу толуш дог1у вайн Республикехь дахар. Челакхчу дахарна  т1аьхьа ца биса г1ерташ г1улчаш йоху  къинхьегамхоша а.
Къинхьегамхойн барт хиларо   ницкъ ло дахаран хьелаш тодан а,къаьсттина  къинхьегаман хьелаш. Нийсо,низам,барт хилар ду уггаре  а хьалха цу хьелашна  оьшуш дерг. Х1окху  хьокъехь дукха   зорбане  дийлина  белхаш ду Хизир Магомедовичан.  «Хронология борьбы и труда» книга юкъа дахана   Профсоюзан чолхечу некъан  жам1аш а ,  иштта  юкъараллин дуьхьа  Хизира хьегна  къа а.Шина книгина  юкъа яхана  материалаш йоьшуш,сан   б1аьрг сецира    цхьана мог1анна т1ехь : «Сийлалла къинхьегамца бен хуьлуш яц»
( «По труду и честь»).И дешнаш ч1ог1а  дог1уш   хета  Герзелиев Мохьмадан Хизиран дахарца. Къинхьегамах къаьхкаш  воцчунний бен дика хуур дац  ша санна волчун хьал. Къинхьегамехула биллина цуо  шеца болу сий-ларам а.
  Дуккха а диканиг  ду  Хизир Магомедовичах дийца ,амма къаьсттина  билгалдаккха  луур ду :хьекъале,къинхетаме,муьлххачунна а эшначохь г1о дан дика накъост ву иза.Ишттачу  адамех беркатениг бен ца долу махкана,  халкъанна. Дикачу адамаша  кхиадо,хаздо вайн Дахар!
  Кхузахь ала дог1у,Дала оьмар яхйойла хьан,Мохьмадан Хизир!Дуккха а беркате,сирла  шераш  хуьлда хьан дахарехь  кхин  д1а а хьайн къоман дуьхьа къахьега!