Доьзалан тептарехула- къоман Дахаре

Петимат Абубакарова
 
Де -дийне мел дели  толуш доьду  вайн махкахь  1ер-дахар ,кхуьуш   ду 1илма,культура,спорт,могшалла…Низам ду денна  кога ирах1уттуш,ч1аг1луш. Ц1еналла -муьлхачу  а беркатечу  г1уллакхийн юьхь,-
-   ю яьржаш,цуьнца цхьаьна -Син-ц1еналла а…
  Иза гучудолу   1илма,   кхолларалла  кхиош вайн махкахь  эвссара  девллачу  цхьаьнакхетаршкахь а ...
   Дагахь а доцуш,нисделира сан Комплексн-1илманан институтан  белхало ,доктор ,академик волчу Батаев Денин  «Сан доьзалан дахар» ц1е йолу тептар  арахецаран хьокъехь д1аяьхьначу  презентаци кхачар. Бакъду,яхарх  боккха кхаъ  а хилира.Кхузахь , Ибрагимов Исма1илан Хьамзатан ц1арах йолчу  институтехь, д1адаьхьина х1ара башха цхьаьнакхетар  шен цхьа  доккха маь1на   долуш,къоман т1аьхьенна бала пайда болуш хирг хиларх ч1ог1а дог тийшира.
    Книга  шуьйрачу дешархойн мог1аршна  йовзийтар  хилира  2017 шеран  11 майхь,Коплексни 1илма талларан  институтехь гулделира дуккха а  1илманан а,кхоллараллийн а декъехь къахьоьгуш долу  адамаш.Царна юкъахь бара  Яздархойн союзан куьйгалхо ,академик-яздархо Канта Хамзатович,халкъан  яздархой  Эдуард Мамакаевич,Абу Исмаилов,1илманчаш-докторш  Дадашев Райком  а,Туркаев Хьасан,Мунаев Исмаь1ил,Наурузова Хьава иштта кхин а дуккха а.
  Цхьаьнакхетар д1адаьхьира  х1ораммо  а  шайн хетарг авторах а,цуьнан тептарх а олуш.
  Презентаци  д1ахьош волчу  Канта Ибрагимовс доццачу,чулацамечу къамелехь довзийтира Батаев Дени оьздачу  ц1ийнах схьаваьлла хилар ,иза  говза 1илманча,пох1малле  адам хилар,цуо язйина книга къоман историн аг1онаш йовзарехь,синмехаллаш  кхиорехь мехала г1улч хилар.
 Шен дашехь Абу Исмаиловс  билгалдаькххира кхин цкъа а иштта тептарш вайн 1еламчу нехан хьалха  заманахь хилар ,уьш  Советан 1едалан муьрехь, юха  вай ц1ера арадаьхча дукхаха дерш х1аллакхдарах лаьцна.
Цундела 1илма девзаш болчу  наха  и тайпа тептарш шайн доьзалан силсилах дитар доккха беркат ду къоманна.Къам,халкъ  доьзалех лаьтташ ду. «Х1орд т1адамех лаьтташ ма-хиллара,халкъ -адамех  лаьтта.Оцу адамийн хилларг,д1адахнарг мича дахана ца хууш д1адайча ,орам д1ахаьдча,къийло иза,дайло иза»,-ша поэт хиларе терра говзачу маттахь дуьйцура Абус.
 Батаев  Данис хьегна къа беркате  т1аьхье йолуш хирг хилар  т1еч1аг1дира   халкъан яздархочо Мамакаев Эдуарда. Цуо  дош делира  шо далале и тайпа тептар шайн доьзалех яздан а,иза довзийта а.Кхоллараллин суй баржар , ала дог1у иштачохь.
  Шатайпа мах хадийра Дани Батаевн ,цуьнан тептаран профессорша Дадашев Райкома ,Осмаев 1абаза,Ибрагимов Куьйрас ,Айсханов Шамсуддис, иштта  дукххаммо.
 Шена цкъа ца хезна вайн къоман г1иллакхийн хазна  карийна шена тептар юкъахь, адамийн комаьршаллех,вовшех къинхетаме хиларх,бохуш, цхьацца масалш далош ,йийцаре йира  книга 1илманчас Хачукаев 1елас а.
  Уггаре  а т1е1аткъаме  миноташ х1иттира зала чохь , трибуни  т1ехь  Батаева  Пет1мат  гучуяьлча.Къоначу  йо1а  йоккхаерца   дийцира  шен да къинхьегамах къаьхкаш цахилар. Пет1амата дозалла дора   тептар  х1отторан  1алашо дас  дуьххьара шена  йовзийтарах,ша и даггара къобалъяр  хаийтира цуо ладог1архошна.
 Презентацин лерина хан чекх ца яьллехьара,кхин а дуккха а дахдала мегара 
цхьаьнакхетар, бистхила луурш дуккха а бара.Коьртаниг,х1ораннан  а ала довха дош дара авторах а,цуо бинчу балхах а.
 Цхьаьнакхетар  дерзош баркаллин дош элира Данис массарна   а,шен тептар т1ехь цхьацца  кхачамбацарш  шена гар а ,цунна т1ехь  болх х1инца а чекхбаьлла цахилар а хаийтира.Иза  цуьнан синц1еналлийн билгалонех дара.
  Вошахкхетаран  коьрта жам1 иштта дан мегар ду аьлла хета : халкъах къам дийриг  цуьнан мотт  бу ,ткъа  мотт иза истори  йовзийтаран г1ирс а бу. Мотт,къам  вовшех ч1огг1а дозуш ду.Къоман истори оцу къоман доьзалех лаьтташ ю.1илманчашка,яздархошка санна говза  цхьанне  а язлур бац  и тайпа белхаш.Цундела  йовр йоцу  мехала  г1улч ю   технически 1илманан доктор волчу ,Нохчийн Республикан 1илманан Академин декъашхо а,академик  а волчу Батаев Данис  яьккхинарг.
Дала т1аьхье беркате йолда , могшалла  а лолда  кхин д1а  кхиамаш баха !