А. Барзанукаевн дикалла а, похIма а

Асламбек Гайтукаев
    Рассказ о талантливом журналисте, добром и справедливом человеке
                Барзанукаеве Ахмеде Сайд-Магомедовиче

   Барзанукаев Сайд-Мохьмадан Ахьмад вина 1949-чу шеран октябран хьалхарчу дийнахь ГIиргIазойн ССР-н Московски кIоштан Беловодское юьртахь. Хьалхарчу классе хийрачу махкахь ваханехь а, шен дай баьхначу Сиржа-Эвлахь 1966-чу шарахь юккъера ишкол чекхъяьккхина.
 
   Оццу шарахь деша а вахана (институте цу шарахь кхеран классера хIара цхьаъ бен ваха ца велира), 1971-чу шарахь А.Барзанукаевс (очни олучу кепара) чекхдоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман дакъа (отделени). 1985-чу шарахь Серноводскера юьртабахаман техникуман куьйгалло (кхуо заочни кепара 1980-чу шарахь дуьйна цигахь дешначул тIаьхьа) Ахьмадна ло агрономан диплом.

   Ткъа институтехь дешна ма-веллинехь, республикански «Ленинан некъ» (хIинца – «Даймохк») газетан литсотрудникан дарже дIаоьцу Барзанукаев. Шарахь гергга цигахь болх бинчул тIаьхьа, 1972-1973 шш. армехахь гIуллакхдан кхойкху къона говзанча. Челябинск гIалахь д1аделира кхуо шен декхар.

   Цигара вухавирзинчул т1аьхьа, 1973-чу шеран июнь баттахь Барзанукаев Ахьмадах тешадо Шелан к1оштан «Коммунизман байракх» газетан юьртабахаман дакъа. Деа шарчохь оцу даржехь къахьегначул т1аьхьа, 1977-чу шарахь оцу газетан коьртачу редакторан заместитель, ткъа 1981-чу шарахь - «Коммунизман байракх» газетан коьрта редактор х1оттаво иза.

   1995-2001-чу шерашкахь Барзанукаевс къахьоьгу республикан прокуроран лакхара г1оьнча волуш а, Аргун г1алин администрацин куьйгалхочун заместителан даржехь а.
 
   2001-чу шеран октябрехь дуьйна шена герга болчу журналистан балха х1утту иза юха а. Т1аьхьарчу шерашкахь «Орга» («Аргун») газетан коьртачу редакторан даржехь къахьоьгуш схьавеана Барзанукаев Ахьмад.
   
  Журналистийн Союзан 6-чуй (1986-г1а шо), 7-чуй (1989-г1а шо) съездийн делегат хилла Ахьмад. Хьалхарчохь (х1ара воцург) делегаташ бара журналистикехь шуьйра бевзаш болу нах: Д.Безуглый - республикин журналистийн Союзан председатель, «Грозненский рабочий» газетан коьрта редактор; Ю.Айдаев – «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор; В.Балясников – журналистийн Союзан секретарь, шолг1ачохь – уьзза Безуглый, Балясников, ткъа иштта Ю.Мареченков – пачхьалкхан телерадион председатель; А.Мартанукаев – Нажин-Юьртан к1оштан газетан коьрта редактор.
 
   Терахьаша, цифраша к1езиг гойту кхочушбинчу белхийн чулацам, дикалла. Пох1мечу журналистан къинхьегам билгалбаьккхина цхьамог1а совг1аташца. 1980-чу шарахь, СССР-н Лакхарчу Кхеташонан Президиуман Указаца нийса а дог1уш, А.Барзанукаевна ло «За трудовое отличие» ц1е йолу мидал. Оццу шарахь Венгре (Балатон 1оман берда т1ехь долчу журналистийн дуьненаюкъара сада1аран ц1ийне) вохуьйту х1ара путевкица. Кхеран тобанна юккъехь вара СССР-хь дехачу тайп-тайпанчу къаьмнийн 56 векал.

   «Нохч-Г1алг1айн АССР-н культуран хьакъволу белхахо» а, «Нохчийн Республикан хьакъволу журналист» а ц1ераш елла Барзанукаевна.

   Дика доьзал кхиийна Ахьмада, цуьнан х1усамнанас Айзас. Догг1учуьра аьлча, ша вовшахбеттачу кхоллараллин балха т1ехь Ахьмадна дика накъост-г1оьнча хилла республикехь шуьйра евзаш йолу хьехархо-филолог, публицист, бакъонца «Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист» ц1е лелош йолу Барзанукаева Айза.

   «Хиндолу хьоза бенахь дека», - олуш ду-кх вайн халкъан. Ша ишколан дешархо волуш кхоллаелла Ахьмадехь публицистикан даше ойла, безам. Ишколан пенан газете байташ, статьяш, сатиран жанрехь йолу говзарш язъеш, лакхарчу классашка ша валале дуьйна а йозанан дашехь ша зиэн волавелира к1ант.
 
   Оцу т1ехь иза ч1аг1велира говзалла нийса харжарца: беркате дарс ийцира цуо хьехархойн институтехь цу хенахь къахьоьгуш хиллачу 1илманчашкара, вовшашна беркате т1е1аткъам бора шаьш студенташа а. Шен студенчески шерашкахь к1анта зорбане луш йолу материалаш а зеделлачу журналистийн тидам шайна т1ебоьдуш, говза язйина хуьлура.
 
   Шен кара филологан диплом кхаьчначул т1аьхьа, кхин дукха ойланаш ца еш, Барзанукаевс дахаран некъ журналистикица буьйзира. Оцу т1ехь иза цуьрриг г1алат ца ваьлла аьлла ч1аг1о ян мегар ду.
 
   Шен къинхьегаман хьалхара шо, вай лакхахь билгал ма-даккхара, «Даймохк» газетана д1аделла Ахьмада. Цу хенахь редактор хиллачу Габисов Бисолтера, кхечу бевзаш болчу журналисташкара дуккха пайдениг эцна, Шелан к1оштан газетехь иза юкъа а далош, дуккха шерашкахь эвсаре къахьийгира цуо.
 
   Шен 32 шо долу жима стаг к1оштан газетан коьрта редактор х1оттор массо цецвоккхуш х1ума дара оцу хенахь, х1унда аьлча цхьана жоьпаллечу дарже х1оттоле советан 1едало еххачу хенахь, лах-лахарчу даржашкахула чекх а вохуш, леррина зуьйра стаг. Ахьмад редакцин белхохошна юккъехь уггар воккханиг волуш, хьуьнаре, халонашна б1окъажор боцуш коллектив яра оцу хенахь «Коммунизман байракхехь» ерг. Х1орш оза ца лора харцлуьйчу чиновниках, иза мел лакхарчу даржехь велахь а. Цундела газетан сий-ларам бора газетдешархоша. Ойлае вай кху терахьан: 3900 экземпляр йолчуьра 10600 экземпляре кхаьчнера к1оштан газетан тираж Барзанукаев редактор волчу шерашкахь.
 
   Оццу шерашкахь «Коммунизман байракхах» «Зама» хилира, «Массо мехкийн пролетариш, цхьаьнакхета!» боху лозунг газета т1ера хийцинарг Ахьмад вара. Цу хенахь дуьйна «Зама» газето шен коьртехь яздеш ду 1едалш хийцадарх шайн мехалла д1аер йоцу, цкъа ширлур доцу дешнаш: «Маршо, Нийсо, Барт».

  Шайн лазамаш оьций хийла адам дог1ура редакце. Журналисто чиновнике телефонехула доца къамел дича а къастам хуьлура г1уллакхах, дукхахьолахь.
 
   Ша еххачу хенахь (35 шарахь гергга) журналистикан хьаьрмахь къахьоьгуш, хийла стагана (шена т1едеана г1уллакх нийса къасторехь, харцо иэшорехь, кхачамбацар д1адаккхарехь) аьтто бина Барзанукаев Ахьмада. Оцу т1ехь шатайпа зама а яра цухенахьлерниг. Харцо, кхачамбацарш 1орадохуш газетехь зорбане яьлла ира материал к1оштан, республикан 1едало йийцаре йора, хьокъала боллу сацамаш т1еоьцура, цундела чиновникаша а, мог1арерчу бахархоша а лорий доьшура газет.
 
   Къаьсттина ала лаьа Барзанукаевн публицистикан дешан башхаллах лаьцна. Цуо яздо, долуш дерг ма-дарра говза сурт х1отторца гойтуш, дустарш, эпитеташ ялош, мотт хьоле болуш. Иштта дош дика д1акхочу, и шена т1ехьажийна дерг доллучунна къора вацахь. Ахьмада язйинчу материалан корта, ц1е (заголовок) хуьлу говза карийна, дешархо меттахвоккхуш, материал еша кхойкхуш.
 
   Говза карийна ц1е бахьанехь (цуьнца бог1уш чулацам боцуш) 1еха а ца во цуо дешархо. Кхачамбацар гайтар, яздинчун доцца маь1на дар, дешархо ойлаян кхайкхар – уьш ю Барзанукаев Ахьмада зорбане йохучу материалийн коьрта билгалонаш. Уьш, шаьш 1аткъаме хиларна, еххачу хенахь дагахь лаьтта. Цундела, журналисто язйинчу дуккха материалийн хьокъехь ца кхоьрруш ала йиш ю: «Уьш шатайпа хиламаш бу зорбанан хьаьрмахь».

   Нанна дика к1ант, доьзална дика да, йиша-вешина дика ваша, доттаг1ашна дика доттаг1, лулахошна дика лулахо, юьртахошна дика юьртахо Ахьмад ву аьлла тешна ву со. Оцу дерригенна дало дукха масалш хир дара сан.

   Суо лелачу меттигашкахула ас шайна ма-варра иза вийцича, цунах хьогий буьсурш к1езиг ца хуьлу. Ишттачу стеган лулахь ваха везаш вара, олург а велира.

   Цундела дуккха нехан сий-ларам бу Ахьмаде, хьеший дукха лаьтташ керт ю цуьнаниг, х1унда аьлча Ахьмад а, Айза а комаьршонца, догдикаллица, гонахболчарна шайна дало г1о дийр долуш билгалбевлла нах бу.

   Барзанукаев Ахьмадан дай - бусалба дин дезаш а, девзаш а, нахана оьшуш а нах хилла. Кхуьнан ден да – Сиржа-Эвлахь юьртан молла вара. Ахьмадан дас – юкъараллин г1уллакхаш дукха вовшахдиттина, иза масла1атан г1уллакхана араваьлла лелла.  Шена парз хилла т1едоьжча – аьтто баьлча - Ахьмад Хьаьжц1а вахана, цунах лаьцна воккхаверца цо яздина охьа а диллина! Дала цуьнан хьаьж къобалдойла!

   Ша болх бечу газетан аг1онаш т1ехь цо хаддаза арабоху бусалба динан хьехамаш. Уьш цо схьаоьцу дин дика девзаш а болуш, вайн махкахь бехаш-къахьоьгуш болчу 1еламнахера.

   Бусалба дино ца магадо стаг  ша-шех тамаш беш лелар. Ахьмад цкъа а ца хаало ас-со бохуш. Ткъех шо гергга хан д1аяьлла, суна цкъа а цуьнан вина де билгалдаккхар хьехош а ца хаалуш. Цунна дезаш х1уманаш дац уьш. Бакъду, х1окху деношкахь Ахьмадан 68 шо кхочий а хиъна, «Вайнах» радиохь къахьоьгуш йолчу Исраилова Яхас цунах лаьцна радиопередача кечъяр-м нисделла. Оцу передаче (ойла а еш) ладоьг1начу дешархочо, студенто, хьехархочо (филолог воцчо а) шена дуккха а пайдениг схьаоьцург хиларх теша мегар ду. Цу чохь берг хьехам бу, хаза масал ду вайна - деша а, ойлаеш хила а кхайкхам бу (дийнахь 20 минотехь ладуг1уш 1ан хан йолчунна - электронан почтехула д1атаса вайгахь йолуш ю и файл).

   Дахарехь шена бевзинчу нахаца гергарлонаш ца хедадо Ахьмада, церан лерам а бо. Гергарлонаш хуьттучу адамех ву иза. Цхьана хенахь Шелан к1оштан куьйгалхо лаьттинчу Исмаилов 1убайдах, цуьнан диканех Барзанукаевс «Вести Республики» газете яздина йозанаш дешча бен кхетар вац публикацин коьртачу турпалхочун башхаллех а, публицистан адамаллех а, пох1мех а.

   Суна хьалха ду Барзанукаевс «Даймохк» газетан 85 шо кхачарна лерина яздина «Дала сан бина аьтто бара, журналистан болх д1аболор «Ленинан некъ газетехь нисдалар» ц1е йолу йозанан дош («Даймохк», 2008-г1а шо, апрелан 15-г1а де). Автора яхана зама юьйцу. Цо ша ца вуьйцу, ткъа буьйцу, шайна бег1ийлаш ца лоьхуш, хьаькамаллин г1енташ ца хоьржуш къахьегна болу шен накъостий а, хьехамчаш а (верриге цо ц1е яьккхинарг – 30 гергга стаг ву). Къаьсттина хьахаво, хастаме дош аларца билгалвоккху пох1ме журналист, доьналла долу редактор, «х1ора белхахочунна ден метта волу» Габисов Бисолта.
 
   «Муьлххачу а балха т1ехь, къинхьегаман хьакъ боллу мах хадош хилча, мелла а эвсаралла йолуш, доггах къахьега дог дог1у», - яздо Барзанукаевс. Ахьмадна Бисолтехь тайна амалш, жимачу стага шен хьехамчехь тидамбина г1иллакхаш зиен ца дайна, уьш Барзанукаевс шега схьа а эцна, шецаьрца дикка т1е а дуьзна.
 
   Белхахошна болх бан хьелаш кхуллуш, корматаллин т1ег1анехь лакхабовла г1о деш, белхахоша а, газетан штатехь боцчу корреспонденташа а газете язйина йозанаш лерина доьшуш, ша а нохчийн а, оьрсийн а маттахь дика язъярца масал гойтуш схьавог1у Барзанукаев. Цкъа цо бина хьекъале хьехам ца бицло суна: «Шаьш цхьанна газетехула критика еш оцу стеган юьхь ларъе. Диц ма де, и стаг цхьаьннан да, ваша, нуц, марда хила тарлуш хилар. Адам юьхь1аржа ца х1оттош, ларамца, оьзда ян йиш ю муьлхха а критика…»

   Хетарехь, 2004-чу шарахь дара иза. Аргунера 16-17 шо хир долчу (шен ц1е Апти йолчу) цхьана к1анта газете шен дуьххьарлера корреспонденци язйинера, кхечу цхьана к1ентан хьуьнар дуьйцуш. Бутт чекхбаьлча, кхечарна санна Аптина гонорар язйинера Ахьмада. Т1ом бахьанехь почтанан з1енан г1уллакх телхина дара, к1анта, схьагарехь, шен адрес ца дийцинера, цундела ахча Аптига д1акхачор газетан белхахочунна Султанна т1едуьллуш вара Ахьмад.
 
- Суна муха карор ву иза? Аргун г1ала йоккха ма ю! - бохура Султана.
- Х1ара цуьнан хьакъ ду, цунна д1ало аьлла схьадаийтина долу. Лаха а веза, д1акхачо а деза, - вуха ца волура коьрта редактор.

   - Бакъду, герггарчу хьесапехь церан дукхаг1аттийн ц1а-м девза-кхий суна… - Султана олушшехь, Ахьмад кхин а ч1аг1велира ша бохучунна т1ехь:

   - Гой хьуна, лиъча карор ву! Аптига редакце вола а ала, кхин-кхин язде а ала!

   Шен белхан (шена дагахь а доцуш) хадийначу мехах цецваьлла а, газетан редакцин куьйгалхочо бохург х1ун ду хьажа а Апти редакце веача, Барзанукаевс цуьнца дукха лерина къамел дира, цхьаьнаг1уллакхдаран 1алашонаш х1иттийра.
 
   Цул т1аьхьа оцу жимачу стагах (цхьана ханна) редакцин дика г1оьнча хилира, вайн дахаран мехалчу теманашна дукха корреспонденцеш кечйира цо. Цул т1аьхьа, режиссеран корматалла кара а ерзийна, вайн махкахь лараме говзанча хилла д1ах1оьттина Аргунера ц1ера волу Исламгириев Апти.

   Гонорараш хьахийначуьра, кхин а т1етоха лаьа. Нагахь санна кхечу изданешкахь зорбане яьлла вайн махкарчу цхьана кхоллараллин стеган кореспонденци Ахьмадна тайнехь, дешархой совбахархьама - цо иза ша редактор волчу «Орга» газетан аг1онаш т1ехь а зорбане йоккху, авторна шен редакцин ц1арах а лаккхара гонорар язйо, иза д1акхачо массо а аг1ор некъ а лоху. З1ене вала аьтто хилча, «куьг бехкечуьнга» хоуьйту: «Швейцарин банкехь санна лерина лардеш вайгахь (х1оккхул) хьан хьакъ а ду хьуна, хьо схьаваг1ахь я вайшиъ новкъахь дуьхьалкхетахь д1алур долуш, леррина кехатца д1ахьарчийна, т1ехула яз а дина, ас сайн костюман кисанахь лелош а ду хьуна», - олий. Иза шен дега д1акхаьчча бен Ахьмад кхоччуш парг1ат а ца хуьлу.

   Цкъа «Орга» газетан белхахочо рог1ера белхан отпуск эцнера. Цул т1аьхьа дукха хан ялале оцу стеган нана кхелхинера. Шаьш кадам бан даханчу хенахь, колегашна т1аьхьа кет1а ваьллачу оцу стаге Ахьмада хаийтинера, цо тезеташ дохур долу денош отпускана юкъа дог1уш цахилар. Ма-дарра аьлча: «Хьо кху баттахь тезетахь ву, т1ебог1учу баттахь отпускехь хир ву хьо», - аьллера Ахьмада. Коьртачу редакторна дика хаьара, массо а белхахо цхьа лол бетташ вуйла а, г1ишлошъяран коьчалш оьций (охьайохкий) бен, нохчичо, дукхахьолахь, белхан отпуск ца оьций а.

   Барзанукаев Ахьмад - доьзалехь, лулахошца, коллегашца, юьртахошца тарлуш стаг ву. Дукха хьеший лаьтташ, керта веанчуьнга ларам болуш нах бу уьш. Шайна т1едеанчу г1уллакхе лорий хьовсу, накъосталла до Ахьмада а, Айзас а.

   Цкъа со ша волчу Мескита веанчу хенахь, яздархочо Айдамиров Абузара хоьттура соьга Ахьмадах а, Айзех а лаьцна. Воккхачу яздархочунна и шиъ девзаш дуй а, цо и шиъ лоруш дуй а хиира суна.

   Балха т1ехь ледарло ца йолуьйтуш, дикане-воне дика воьдуш, ницкъ кхочуш - 1уьйра а, пхьуьйра а ламазаш маьждигехь деш, гонах болчарна дика масал хилла схьавог1у Ахьмад.

  Т1екхуьучу чкъурах болчу журналисташна а, яздархошна а хаахь, царна шайна ирс-беркат эца, диканиг-пайдениг схьакаро а, дагабовла а меттиг ю Ахьмада а, Айзас а болх бен кхерч а, церан х1усам а.

   Ирсе волуш, има-беркат кертахь дуккха лаьтташ, могаш-маьрша Дала дуккха шерашкахь вахавойла Ахьмад!

   Дала диканехь кхин а соввоккхийла Ахьмад! Цо лелориг Сийлахьчо Шен дуьхьа лорийла!