Дай баьхна юрт

Динбере Лакха-Неврский
Аьтту аг1ора рег1ан басе
Аьрру аг1ора сийна терк
Теркан бердех т1емаш тесна
1уьллуш ю сан жима юрт

Дайша дуйцуш хезна суна
Х1етахь кхузахь ваьхна-наьрт
Цунах ц1е а тиллира хьуна
"Лакха-невре" хьо сан кхерч

Хийла мостаг1 хьуна вайна
Х1ай сан хьоме жима юрт
Бахархоша хало лайна
Сий хьан лардеш дай баьхна юрт