Юха а Нохчийн меттан Де

Петимат Абубакарова
Шийтта шо хьалха ,11 апрелехь 2007 шарахь,хаза кхаъ хилира нохчийн маттах,къомах,махках дог мел лазачарна.Оцу дийнахь вайн Республикехь т1еч1аг1дира Нохчийн меттан Де кхайкхор а,24 апрелехь х1ора шарахь и Де даздеш д1адахьар т1едиллира.
Дуккха а б1аьрла хийцамаш хилла юкъараллехь:дуккха а мероприятеш ю мотт кхиорна,деборна т1ейоьг1на.Дуккха а дика хьехархой бу вайн и мотт д1акхоьхьуш,яздархой а,культуран белхалой а.
Мало ца яр цу г1уллакх т1ехь декхар ду  х1ора нохчо ву ша бохуш волчуьнан.
 Х1ун г1о дан йиш ю сан мотт кхиорехь?Стенна т1ера д1аволавелча бакъахьа хир дара те? Уггаре а хьалха нохчийн маттахь еша волавала веза,бовза хьажа веза шен къоман  1еламнах,1илманчаш,яздархой,художникаш.
Бийца беза уггаре а хьалха доьзалехь "дастам а ца хеташ",юкъараллехь кураллаш а ца еш(дукха бу вайна юкъахь тахана а шен ненан мотт цахарах дозалла деш берш).
  2003-2005  шерашкахь дара иза,со гал ца яьллехь.
Цхьа хаттар х1оьттира юкъараллехь :оьшу я ца оьшу нохчийн мотт хьеха школашкахь,х1ун мехала ю нохчийн меттан дахарехь. Шаьш  нохчий  хиларх дозалла деш  дуккха а бара,амма церан дозалла дар шайн ненан маттахь а ца нислора.
Уггаре а дуьхьалонаш еш берш ,халхеташ делахь,хьехархойн мог1аршкара бара,иштта оцу берийн дай-наной а. Т1аккха вай х1ун дуьйцур ду берех лаьцна,вай х1ун бакъо ю цаьрга мотт хаьа беза баха...Оцу хьекъал долуш белахь а, "кхетамо" ца хьийзабечу
наха ойла ца йо цхьана х1уманан:"Мотт къоман хилар ду,мотт -оцу къоман лерса а,б1аьрса а ,ирс а ду.!" Хьо мичча а кхачарх х1окху вайн боккхачу  Даймахкахь,Россин пачхьалкхехь,иштта дозанал арахь а, хьо нохчо велахь,хьоьга хаттаза 1ийр бац,хьан къомах дерг,хьан маттах дерг,культурех дерг. Тайп-тайпаналлех,башхачу къаьмнех вовшахтоьхна ма ю вайн пачхьалкхе.Эццахь хьо гучувер ву хьайн къоман ямарт велахь а ,вацахь а. Шен мотт цахуучух,шен къомах дозалла ца дечу  кхечу къомах а х1етте а къинхетам бийр бац. 1амо хьажа веза уггаре а хьалха шен къоман мотт.Вай-м оцу сохьта ингалсан,1аьрбийн а,муьлхачу а къоман мотт 1амабо.Х1инца интернет -г1ирсашца и хала а дац.ткъа муха 1ийр ву шен мотт д1а  а тесна.
Вайн дуккха а  дика а яздеш кхоллараллийн нах бу,церан жайнеш деша деза,шайн чохь дешар марздан деза.
Дера юкъара проблема ма ю вайн тахана нохчийн маттаца ерг.Цунна вай массо а сема хила веза.
Вайн д1аихна Дай,яздархой (Дудаев 1абди,Ножаев Ахьмад,Сельмурзаев Мохьмад,Гадаев Мохьмад-Салахь,Мамакаевг1ар Мохьмад,1арби,Кибиев Мусбек,Борхаджиев Зайнди,Абузар Айдамиров,кхин дуккха а), 1илманчаш(Дешериев Юнус,Айдаев Юшаъ,Джамалханов Зайнди,Мальсагов Мохьмад...) ма-хуьллу вайн къам дахийта г1ерташ,цуьнан меттан,культурни х1онс ца яйта г1ерташ, т1аьхьенашка схьавкховдош д1аихна.Эхь дара вайна церан ларам ца бича. Гадаев Мохьмад_Салахьан "Даймахке воьрзу со,я Дзаль-Жалала" байтийн оцу цхьана мог1ан ойлайича а хуур ду,церан дагчохь х1ун хилла,уьш муха адамаш хилла. Дала декъала бойла уьш массо а.Дала дебадойла нохчийн Дош.
Исмаилов Абу...И цхьа ц1е а тоьур ю нохчийн меттан дош д1а ца дайта...Нохчийн къоман бакъволу поэт,гочдархо,1илманча тахана а  къахьоьгуш ву шен мехалчу балха т1ехь."ДОШ" жайна х1ора нохчочун стоьла жайна хила дезара,соьга хаьттича. Нохчийн мотт 1амо луучунна 1аламат пайдехь г1ирс бу иза.Нохчийн мотт 1аморан 1илма, хьан а х1уъу а дийцарх,оьрсийн маттаца х1оттаделла хилла т1аьхьарчу 80 шарахь,цундела оцу "Дош" словарехь Абу Исмаиловс  оьрсийн меттан дошам а ялайо, г1ьоналлин коьчал санна. Лексика шатайпа д1анисйина ялийна авторо. Синонимаш цхьаьна мог1ара,антонимаш,шира дешнаш,оьрсийн а нохчийн а маттахь дешнаш.1ама луучунна некъаш шортта ду.
Нохчий ду тхо бахарх ца тоьу.Нохчолла т1еч1аг1дан деза мотт а,г1иллакхаш а 1аморца,лелорца...
                Денойн хьесап


© Copyright: Петимат Абубакарова, 2019