Муру

Петимат Абубакарова
     Муру
     Са ца де1алуш тевне, йовха  ю арахь.Аьхкенан юкъара бутт бу.Хаза мур бу х1ара берашна:уьш дешарх мукъа а бевлла ц1ахь бу, массанхьа а  церан зевне г1овг1а. Бераш    маьхьаршца  ловзу- г1амарех,  буьрканех, цхьадерш  хехкалуш ду  эчигах    йиначу  апарехула-бенжолагехула … Берийн  яххьаш  екхаелла ,токхе  ю,самукъне а…
    Г1ийла  берашка   б1аьрг  бетташ, нехаш  д1акхуьссучу  яьшканашна  йисте  хиъна  1аш жима  писулиг  ду.Шен 1уналла деш хилла йолу и цхьа зуда а ,цуьнан к1ант а мича дахана ца хууш саготта ду цициган к1орни.
-Мяв, мяв,- халла  хеза  цуьнан  г1ийла,  дуткъа  аз нехаш туьйсучу яьшки йисттехь.
   Цхьа  г1ийла  миска  ду  иза, цхьанна  а оьшуш  а  дац, х1окху  д1асалелачу  берашна юкъара цхьаццамо   мир  тухий, буьрка санна  д1а-схьа а кхуссу, шайна новкъара  д1адаккха. Шайна  мерза  юуш, х1ара  дага  а ца дог1у  цхьанне  а. Даарш бамба баьтт1а шортта доллушехь ,кху пекъаран терго ца йо.
    К1айн-1аьржачу  ц1ок1ана  к1елара  схьакъаьста, п1елгашца  багар  а  балур  болуш, цуьнан  масех  п1енда. Иза  х1инца  а  жима  ду, цунна  мегарг  х1ума  яа  а ца  хаьа. Декъа, гайх  летта  цуьнан  жима чож, цхьацанхьа  месаш  а  тилла, боьха ду, хаттал  керчийча  санна. Б1аьргаш  а  ду, муц1адоьлла, вовшех леттачуьра  хала  схьаделладелла. Букъ т1ехь хьаьтта хилла муо а бу хаалуш.Т1е ма -хьаьжжинехь гуш ду  иза  цонгуш   хилар. Цуьнца  цхьанне  а  бала  а  бац. Цуьнца  муха  хир  бу  иза, адамийн  вовшашца  йолу  къинхетаман  з1е  а  малъелча… Адам  дуьзна а  ду хьалхачул, амма  къинхетаме  дац хьалха санна.
     Нехаш  д1акхийса  баьхкинчара  яшки чу тосу цкъа-цкъа бепиг, жижиган даь1ахкаш,ч1еран махцалгаш а. Цициган  г1ора  а  дац  яьшки  т1е  хьаладала  а. Иза  меца  ду. Я хьаладаьлча а цуьнга баа  а лур бацара  и тайпа бекъа кхача.
Яьшки  т1е  вог1учуьнга  хьала  а  хьожий, халла «мяв»  олу  цуо, амма  х1ара  тергалдеш  нах к1еззиг  бу, кху  уьйт1ара  цхьа  жима  зуда Кулсуммий, цуьнан  к1ант Саид ца  лерича. Иза а т1аьхьарчу  хенахь, са а тасале  д1айоьдура  балха, шен  к1ант  а  вуьгура  цуо шеца  д1а.
  И зуда  орцаха  ца  яьллехьара-м  тохара  делла  хир  дара  х1ара .Уьш-кхоъ цициган к1орни яра дуьнечу яьлларш :  к1айн-1аьржаниг , сираниг,мокханиг. К1айн-1аьржаниг  ларми  чохь хи чу йоьжна  елира, Сираниг  цхьана  сийдоцчу  к1анта  логах  сара а тесна къиза йийра,ткъа  Мокханиг-Муру, оцу  зудчо Кулсама  схьа  а эцна,  шайн  уча  а  яьккхина ,цхьа  ящик  а  лехна  цу  чу  йиллира, нана  а  хаийра  цунна  юххе. Ткъа букъа т1е  аптеке а яхна эцна, хьаьтта д1айоккхуш долу цхьа молха хьаькхира.Чудига  а  г1оьртира  иза, амма  цуьнан  к1ант ву цхьаъ  бен воцуш, цунна цициган  чо  ца  мега, хьар гучудолу, цундела  дисира  Муру  цуьнан  дола  ца  долуш, учахь .Амма и бахьана букът1ера чов  йирзина, жимма меттадеара.Саид а волура буйнахь цунна яла х1ума а оьций уьйт1а.
  - Х1инца  и  зуда Кулсам цхьанхьа  яхана  дикка хан ю. Дикка хан ю  и  Муруна   ганза. Х1окху заманчохь  г1елделла, де эшнера цициган. Цуьнан ч1ог1а сагатделлера Кулсумна а, Саидна а.
- Муру, олий   кхойкхура   и  даим,  ша ц1ахь хилча… Саид  а  уьдура  цунна  т1аьхьа: «Муру,  схьадола», - бохуш. Хетарехь, цициго «мурр» дукха бахарна  тиллина  цара    и  ц1е…
       Ши к1ира  сов хан елира, Муру цхьалха ,яьшки йистте доьдуш,юха Кулсумг1еран не1аре доьдуш лелаш. Кулсумера лулара Зайнас ша ара моссаза йолу, нуй ластабой, эккхадора цициг учара, юха иза доьдий шен яьшки йистте охьахуура.
     Кулсумг1ара ц1абог1уш бара. Са1ид могуш воцуш а хилла,больнице кхаьчна хиллера уьш.
Уьйт1ара Марха яра кхарна дуьхьалйог1уш.
-Марша дог1ийла шу!
-Делера маршалла хуьлда.
-Г1оле хилира к1антана?
-Дика ву х1ара, Алхьамдулиллах1.
-Ахьа х1ун до? Ц1ахь х1ун ду вайн, гена йоьдий хьо?
-Со базара йоьду, кхана Мумадин вина де ду, цунна цициган к1орни эца.
  Цуо дуьйцучух  кхеташ  санна  г1ийла  т1аьхьа  хьоьжучу Мурух б1аьрг кхийтира Кулсуман. «Со  мегар  дацара  шу  к1ант1ана  аьлча  санна» г1ийла хьожура пису. Изза ойла кхоллаелира Кулсуман а.АммХьалдолчу   зудчо  и  тергал  а  ца дора…
 Кулсам ,Саид  т1едоладелира   шаьшшинна   мискачу  доттаг1чунна .Самукъадаьлла гонд1а хьийза Муру а, шен герагара ши адам ц1а деана.
Кулсумна къахийтира кхунах, цецъяьллера иза шаьш ц1ахь доцучу юкъана ,и иштта г1елдаларах а ,эшадаларах.«Ма доккха х1ума ду хьо, ойла йира ,цуо-,оццул къиза адамаш хилар. Боьлхий тоттий мах а лой, оьций дийнат даладо.Х1ара миска чу а дигина лело мегар дацара»
  Кхин ойланаш ца еш, сихха чуьра ша х1ета эцна латтош йолу мазь а хьаькхна ,кисин бехчалгаца юьхь ц1анйира.Сихха учахь меттиг кечбира, шурех дуьзна чуьра сира даьлла  бошхап х1оттийра…
  К1ира далале т1е бос а беъна ,серла а даьлла,д1ах1оьттира Муру.
     Х1инца Мурун шо сов хан ю. Цхьа хаза цициг хилла цунах. Иза Саидана ч1ог1а дукха деза. Саид школехь  доьшуш ву, иза чувогг1ушехь додий не1аре дог1у Муру. Ткъа Саида сихха чу а воьдий, леррина писуна эцна жижиган йоьхьех цхьаъ катуххий хада а дой, хьалха тосу. Х1ума йиинчул т1аьхьа къайладолу Муру. Амма ша мац ма-деллинехь додий схьадог1у.

                2015 шо