Мотт беххачул деха къам а

Банжаев Аьрзу
                "Зама" газет. 15-16 лоьмар 10 февраль 2024 шо

Дуьнен т1ехь ворх1 эзар
мотт бу. Амма и меттанаш дено-дено йукъара д1адовлуш ду.
1илманчаша бахарехь, шина
к1иранчохь цхьа мотт д1аболуш бу дуьнен т1ера. 1амеркан
лингвисташа билгалдоккху
х1ара 21-г1а б1е шо чекхдалале
оцу ворх1 эзар маттах нийсса
ах меттанаш дуьнен т1ера
д1адевриг хилар. И меттанаш
д1адевлла 1ийр дац т1аккха.
Т1аккха дуьнен т1ера ши-кхо
эзар культура д1айер йу. Хьовзийна аьлча, и ду оццул къаьмнаш дуьнен т1ера д1адевр ду, йа
нийсса аьлча, кхечу къаьмнех
д1ауьйр ду бохург.
Шен мотт ца хилча, цхьана
кхечуьнан мотт бийца беза. Ахь
кхечуьнан мотт буьйцуш хилча,
маттаца къоман амал, г1иллакхг1уллакх хуьлуш хиларе терра, оцу
къоман культура схьаэца ма йезий
ахь… Иза иштта дац аьлла хетарг
хилахь а аьлла, цунна масала далон
лаьа суна…. Вай олу-кх, цхьаъ
дуьхьал вог1уш хилча, «вог1уш
вуй хьо» олий. И «вог1уш вуй
хьо» бохург ахь оьрсийн матте
даьккхича, «Ты идешь» хуьлу.
Ткъа оьрсийчунна ахь «Ты идешь»
аьлча, нийсса дуьххьалд1а долчу
маь1нехь а бен ахь х1ун боху хуур
дац, ткъа муьлхха а нохчо хьох
кхетар ву. Цунна хуур ду хьо шеца
г1иллакх лелош вуй. «Х1аъ, вог1уш вуй хьо» аьлла, иза дуьхьал
вист хир ву хьоьга.
Иштта долу масалш дукха ду
вайн далон… Иза дара вай лакхахь
мотт д1абаларца оцу къоман культура а д1айолу бохург. Цундела,
вайн мотт д1абаьлча, беккъа мотт
д1абаьлла ца 1аш, оцу маттаца
г1иллакх, г1уллакх, амал, 1адаташ,
ламасташ д1адовлий хууш, вайн
мотт 1алашбан беза вай. И 1алашбан вай кхочушдан дезарг ши х1ума ду аьлла хета суна: Хьалхарниг
–школашкахь а, иштта кхийолчу
лакхарчу дешаран хьукматашкахь
а йолу йерриге а 1аматаш нохчийн
маттахь хилар, оьрсийн мотт, литература, кхечу къаьмнийн меттанаш
хьехар а доцург (1илманчаша
билгалдаьккхина боху беро шен
маттахь д1ахьехнарг дика схьалоцуш хилар. Т1аккха, нагахь санна,
вайн бераша дика деша лууш вай
делахь, вешан къоман х1ума лардина ца 1аш, вайн бераш дешарехь
сов дахало вайга. Шолг1аниг ду
документаци (делопроизводство)
нохчийн маттахь хила йезаш хилар.
Цуо уггаре хьалхьа вайн меттан
статус хьалайоккхур йара. Нохчийн маттахь йоккхуш справка а
ца хилча, х1оттош акт а ца хилча,
тухуш г1уда (штраф) а ца хилча,
йаздеш заявлени а ца хилча, нахана
и мотт оьшуш бац аьлла хета. Нийса аьлча, нохчийн меттан статус
лакхара ца хета.
Мотт аларх, иза беккъа цхьа
1ер-дахаран (бытовой) мотт хилла
1аш бац. Оцу йукъа экономически
мотт, политически мотт, географически мотт, медицински мотт,
кхин дуккха а меттан дакъош
дог1у. Масала, вай т1аьххьара
хьахийначу медицински маттахь,
охьа а хиъна, нохчийн маттахь шен
лоьрийн говзаллехь къамел дан
хуур долуш наггахь а говзанча ву
аьлча, со цунах ца теша, йа иштта
ас х1инцца цул хьалхьа дагардинчу
меттан дакъошкахь къамел дан
хуур долуш стаг карор ву аьлча а.
Цо гойту вайн къоман маттехь долуш долу тиша хьал. «Сан меттан
дозано билгалдоху сан дуьненан
дозанаш» («Границы моего языка
означает границы моего мира»)
аьлла австрийски философа Витгенштейн Людвига. Х1инцца вайн
дийцинчунна ч1ог1а шен меттехь
дог1уш ду и дешнаш. Цо гойту вайна нохчийн меттан дозанаш мелла
а шордан дезаш хилар. Х1инца
вай лакхахь дийцина долу и ши
х1ума (йеррие предметаш нохчийн
маттахь хилар а, документаци (делопроизводство) нохчийн маттахь
хилар а) вай нисдахь, вайн меттан
дозанаш мелла а шорлург хилар
йуха а цкъа билгалдаккха лаьа.
Лакхахь ас дуьнен чуьра меттанаш д1адовларх лаьцна хьахор
ларамаза дацара. Х1унда аьлча,
ЮНЕСКО ц1е йолчу ООН-ан
дуьненайукъарчу организацис
йукъара д1адовла гергадаханчу
меттанашна йукъа бахийтина бу
нохчийн мотт. Иза иштта хилар
кхин вай цецдийла оьшуш х1ума
а дац, кегийчу къаьмнашна йаккхийчу пачхьалкхаша т1е1аткъам
беш, кегий къаьмнаш шайн культурех херадовлуш а ду, херадохуш
хилла а ду. Амма, хуьлуш дерг
х1ун ду хаа а, цуьнан мах хадон а
корта хилча, оцу хиламах ларвала
везахь, ларвала хьаьа… И дерриге
вай дийцинарг тидаме эцча, мотт
беххачул деха къам а.

БАНЖИН (БАНЖАЕВ) Аьрзу