Хьо мичахь йеха-те, хьо муха йеха-те,
Кхин йуха гур йоцу бералла генара-
Сан церган хенара...
Хьо хьаьнца ловзу-те, хьанна хьо йоьлу-те,
Кхин йуха гур йоцу бералла генара-
Сан церган хенара...
Хьо мичахь леха ас, хьо муха леха ас,
Кхин йуха гур йоцу бералла генара-
Сан церган хенара...
Со хьаьнца ловза-те, хьанна со вела-те,
Кхин йуха гур йоцу бералла генара-
Сан церган хенара...
Автор Алимхажи Италагов