Дж. Байрон. Къонах! Хьан дахар чекхдели...

   Стихотворение Байрона "Ты кончил жизни путь, герой!.." в переводе на чеченский

Къонах! Хьан дахар чекхдели,
Хьо ларар кхин а совдели.
Вайн мехкан исбаьхьа иллеш
Дека, хьо воггIучу вуьллуш.

Доьналла хьоьхь алсам хилла,
Цундела тхо паргIатдевлла,
Тхан иэсехь деха хьан амат,
Вицвина йогIур йац зама.

Хьайн халкъан дуьхьа хьо воьжна,
Ткъа цIе хьан тхан даг чу йижна.
МостагIчун бос бахьош даима
Лепа ахь баьккхина толам.

Хало тIехIуттур йу хийла,
Амма тхаьш гойтур дац гIийла.
БIаьрхиш тхайн ца гойтуш цхьанне,
Къуьйсур ду, хьо волуш санна.

Гочйинарг – Э.ГАЙТУКАЕВА


Рецензии