Кейла

Киносценарина

Салахьаддин Яхья






КЕЙЛА


(Еврейка и нахчо)






1) Жима Ази. Цхьа шахьар. Урамера дахаран суьрташ. Кешнашкахь. Кейла ю шен ненан коша т1е х1оьттина лаьтташ. Юха д1айоьдуш а го. Дехьо лаьтташ, шайн гергарчун чуртан т1е куьг хьоькхуш цхьа  стаг а – Хизар(иза нахчо ву). Юха цхьа зуда ю, цуьнан буйнахь ц1ен зударин шляпа ю, шен т1ехь к1айн зезаг а доьг1на. Цо шен буйнахь, лаха охьахецна а йолуш, лестайо иза. Зуда ша юьхьт1ера  гуш яц, цо лестон шляпий бен. Оццу хенахь титраш ю. Къамел хеза кадрана т1ехьара.

1абдаллах1
Массо а бусулба наха суннат хилла леладеш ду, шаьш д1адолош долу муьлхха а керла г1уллаккх, я цхьа болх а, "Бисмал" даккхарца доладар. Хьадисехь хьахийна ду, «Бисмал» а цадоккхуш долийна муьлхха а г1уллаккх, цхьа х1ума а, - Дела дуьхьа ца хуьлу, - аьлла. Цундела даккха деза «Бисмал" цхьа г1уллакх а, болх а бале хьалхара. Кейла а го хьехамехь (Кейла жуьгтех йо1 ю). Урамехь цхьа стаг ву газет доьшуш. Цунна т1е вог1у кхин цхьа стаг а. Иза букът1ехьара бен гуш вац. Газета юккъехь цхьа х1ума кховдайо цуо. (3 минотехь г1ура ю х1ара юьххьера.)

Омер
Хьоьга д1аала бохура: "Хьо ч1ог1а партал ваьлла, шаьш хьан г1уллакхашка хьоьжуш ду, амма х1умма а хуьлуш-м дац."
Кемаль
Сихалло са даьккхина, собаро – лам баьккхина, - олуш кица ду нахчийн. Шен хеначохь, хила дезарг ца хуьлуш дуьсур дац.
Омер
Схьахетарехь, ахь хьайна т1елецнарг нахчийн халкъ фольклор гул яр дацара, хьо вицвеллехь?
Кемаль
Со санна даржехь волчунна аьрна хир дац цу нехан 1адаташ довзар. Уьш х1инца а карти т1ера д1абайъина бац.
Омер
Дина долу г1уллакхаш ду ган дезарш, г1уллакхаш, хьоме Кемаль.
Кемаль
Сох тешийнарг ас данза дуьтур дац, Омер, цхьа а х1ума.
Омер
Кемаль, хьоьга нуьцкъала т1елацийтина х1умма а дац. Хьуна хаьа деза г1уллакх мел бегшийна доцийла. 1абдаллах1 ахь сацаво,  ян и г1уллакх кхечунна т1едуьллу. Бутт хан ло хьуна. Цу хенчохь хьо лара ца вахь, хьайн дег1е ладуг1ур ду-кх ахь? Иштта ду х1оьттина хьал. Хьайн сацам бе.
Омер д1авоьду, Кемаль цунна т1аьхьа хьежна лаьтта. – Шуна ца хаьа Кемаль мел хьуьнар долуш ву. Цхьа де дог1ур ду аш ас аьлларг деш а. Шуьга ас дойтуш. - Газета юккъехь нахарш хуьлу.

2) Маьждигахь

1абдаллах1
Ислам дин - хьуьжареххьий, маьждигаххьий я долалуш а, я чекхдолуш а дац. Иза - вайн 1ер-дахаран х1оттам-кеп ю. Кху тхов боцчу лакхенехь, бух боцчу к1оргаллехь, пен боцчу шораллехь бусулбачуьнан дерриге дахар а ду – Дин-Ислам. Цуо чу цалоцуш цхьа а меттиг а яц адаман 1ер-дахарехь.
Кхузахь Кейла ю гуш, цуьнга д1ахьоьжуш мут1а1еламаш а. Цхьаъ-м 1абдаллах1ана лере вахана Кейла йолчу аг1ора ишар еш, куьйг-эшара гойтуш ву. Кейлина тосало иза, т1аккха цунна иза бег1ийла а ца хета.

- Вайн Аьлчано, Мухьаммад Пайхамарс(Саллаллах1у 1алайх1и ва саллам) гайтира шен Умматна кху дуьненчохь вай мел долош долу г1уллакх Динах доьзна хилар а, и Дела лаамца бен беркате хирг цахилар а. Иштта, муьлхха а, жима а, я доккха а х1ума-г1уллаккх вай д1адолош, къаьсттина « Бисмал...» даккхаро и 1ибадат а лору.   Цу тайпана, иштта, «Бисмал» а доккхуш муьлхха х1ума-г1уллакх долош верг, Делера санехь хир ву. И кхоччуш лелош верг Далла герга а воьду, шайт1анна гена а волу. Иштта и вехаш вацахь, цуо цхьанна а зе ца до, ша шен бен.

3) КЕЙЛЕРА Ц1АХЬ

Кейла ю шен меттахь 1уьллуш, жима набарна тар а тесна. Юххехь 1уьллу, 1арбийн маттахь йолуш киншка а. Буйнара д1ахецна цо иза, наб озийча. Не1арехь цхьаммо яйн х1ума туху, хазарна кхоьруш санна. Не1 ч1аг1ъяза карайо чуйог1учунна. Иза ког байбина йолу   чоьхьа. Цуьнан когаш бу гойтуш, иза ша яц. Кейлина т1ех1утту. Киншкех б1аьрг кхета. Схьаоьцу. Буйнахь ласта а йой, меллаша шен метте охьаюьллу. Т1аккха чухула д1асахьожу: цхьацца газет, киншкаш а хуьлу, маь11-маь11ехь 1охкуш. – Кейла, Кейла, хьалаг1атта, иштта хьо 1иллахь-м, делкъалца, х1ара дуьне д1а а дахана юьсур хьо, байттмал хилла. Кейла сама йолу. Елало, юха: - Хана, хьо ц1акхечна. Ас ч1ог1а сагатдира хьуна. Хьо ма хийцаелла, хазъелла. Ханас шен т1ехлура т1екхоьссина х1ума д1айоккху. Цунна т1ехь европера духар ду, шляпа т1етуьллу. Масех го боккху ша лаьттачохь.
Хана
Селхана. Х1инца, йогг1ушехь хьо йолчу. Некъ беха бара. Хьо х1ун деш ю? Керла х1ун ду? Суна, цхьа х1ума юкъа ца дуьтуш схьадуьйцур ду ахь. Хаьа суна, кху акха махкахь х1ун хир ду керла? - дозаллийца олу.

Кейла
(Ц1еххьана цхьа х1ума дага а дог1ий тохало: киншка къайла йоккху, газеташ а иштта). Схьахетарехь, хьан шортта дийца х1умнаш ду-кх. Вайшимма чай молуш, - олуш дехьачу тотту Хана.

4) Рузбанехь

Зударшца рузбанехь го Кейла а. Иштта Кемалан б1аьрг кхета йо1ах.    Рузба дерзорца 1абдаллах1ана т1евог1у Кемаль. Маьждигера нах арабовлуш бу, цаьрца, жимма юьстаха ара йолуш ю Кейла а, циггахь нахчо Хизар а ву шен к1антаца.

Кемаль
И йо1 сайна евзу бохуш ву-кх со, жуьгтех ю иза, - цхьа бен а ца хеташ санна, амма тидам т1е а бохуьйтуш цунна.

1абдаллах1
Рузбане вар дихкина дац цхьанна а. Мила ву х1инца  ламазана доза тоха луург?

Кемаль
Европехь маь1-маь1нехь ц1еран суйнаш ду кхерсташ (буйнахь газет а ду). Цхьана дийнахь царах йоккха ц1еран алу хилла д1ах1уттур ю кху дуьнен т1ехь а. Цу ц1еран нуьро, т1аккха, ширделларг хуьйцуш керлачунна некъ хьоьхур бу.

1абдаллах1
Х1ун ду цу наха керла юкъадаккха? Цара дуьйцург шайн дин ма ду. Амма Делера «Вахье» йоцуш, шайгара дагадеана долу. Делера долу «Вахьи» эшна а дина, и «Вахьи» евзарш шай-шайн лаамаш т1е г1ерта боьлча, - нехан тешар лахделла. Цунах говза пайда эца г1ерта и «керла дахар» кхолла хьаьхнарш а.

Кемаль
Ширчу заманахь, нехан кхетам лахара болчу т1ег1енехь, цхьа маь1ан хилла хир ду дин лехамашан. Х1инца баьрче даьлларг 20-г1а б1е шо ду, шен прогрессицани. Динан «гурахь» кхин д1а тар ца ло дахар.

1абдаллах1

Керла х1ума дахьачо а бахьарг, хьан маттара аьлча, изза «гур» бу, амма, т1ехула хаза кечбина. Делера доьссина низаман г1иллакхаш бух даьхча дуьсуш, адамна шен зеделла х1умма а дац.

Кемаль
Т1ейог1учу заманна некъан серло Европера го суна, цхьана ж1уг1уртах тера ю иза тахана.

1абдаллах1

Царна х1ун дан деза хаар дац иза, муха хила деза ца хааро кхоьллина кхерам бу цаьргахь леларг.

Кемаль
Нагахь санна вай цу боккхачу боламна юьххьехь ца хилахь а, амма жигара дакъа ца лацахь, т1аккха вай, ойлайистехь дисна, байттамал 1овша дезар ду.

1абдаллах1
Кхайкхош дерг х1ун ду? «Стеган маршонна тоьхна доза дастар, цунна марш бастар; адмалла тоян 1алашо». Дала х1урдан тоьхна доза д1адастахь х1ун хьал х1уттур дара цу х1урде шега а, кху лаьтте а?

Кемаль
Иза говза хьовзина къамел бен дац хьан. Стагехь ондда ницкъ боллу. Нагахь цуьнан лаам боккха белахь, цуьнга дуккха а пайденна дерг далур ду: шена а, дерриге дуьненна а.

 1абдаллах1

Шех х1ун хир ду ца хааро стаг холча х1оттаво, т1аккха и стаг кхерало оцу цахаарна хьалха. Цхьа а керла а, я т1аьхье йолуш а х1ума дац иза. Делах тешачарна цхьа а кхерам ца го суна кху дуьненахь. - 1абдаллах1 схьаволало, ткъа Кемаль латта вуьсу, аккъа ваьлла. Дагчохь реза вацаро т1ехътуьйсу. Камера схьайог1у, цунна гена а йолуш. Х1ара цуьнга кхин д1а а ца хьожу, амма цхьа дайн велар хьоду, толам шегахь биснийла хууш.

5) УРАМЕХЬ

Хизар а, цуьнан к1ант Маккхал а вог1у хьехамера.


Маккхал
Дада, нагахь санна, хьуна со гергарчу цхьана-шина сохьтехь хьашт хир вацахь, соцур вара со г1ала юккъехь?
Хизар
Сингаттаме х1умам дац хир ду хьоьца?

Маккхал
Дала мукъ лахь, дика ду шадерг а. Вистхила везаш вара со.
Хизар
Хьажал хьайн г1уллакхе, пурб ду хьуна. К1анте цхьа б1аьрг кхарстабой Хизар д1авоьду. Маккхал латта вуьсу да г1еххьа гена валлалца, цул т1аьхьа сихачу боларца д1аволало шен 1алашоне кхача. Иза сиха т1аьхьа кхуьу Кейлана.

Маккхал
Хьан пурбанца вист хир вара со хьоьга.
Кейла
Вайша девзаш ма дац, - соцунг1а хуьлий, - сайна хьо цхьанхьа гина аьлла со шекка-м елахь а.

Маккхал
Пурба дела-кх ахь т1аккха, суна? Сан ц1е Маккхал ю, со Хизарин к1ант ву. Хьан деца гергарло долуш ву-кх иза.

Кейла
Вевза суна Хизар. Сан дас ч1ог1а лоруш ву иза. Дагадеа: хьо а цуьнца гина-кх суна т1аккха. Иштта дуй иза?

Маккхал
Хила тарлуш ду иза а. Хьайн ц1е муха яьккхира ахь?

Кейла
Хьуна оьшург сан ц1е яра, ян цхьаъ хатта дагахь вара хьо? Кейла.
Маккхал
Вайшинна дай т1екаре йолуш хилча, цуьшинне бераш а вовшийн мила - мила ву хиъча, товш хир дацара аьлла, - дагадеанера суна-м.
Кейла
Хьажал цуьнга, хьайн цхьа хьесап а дина араваьлла ву хьо-м.
Маккхал
Соьгара хьайна цхьа а новкъарло-м ца го хьуна? Со вогаш вити-кх ахь, сайгара цхьа вуон болх белча санна? Къинт1ера яла суна, ас…
Кейла
Бехке дац. Ц1еххьана х1ара нисделла дела къехкара со хьох.
Маккхал
Суна-м кхин ц1еххьана а дац, ас хьан тидам бо-м дикка хан ю. Хьо хьехамашкахь гуора суна.
Кейла
Къаьсттина, тахана вистхила тохавалар х1ун бахьана долуш ду хьан, т1аккха?
Маккхал
Ас хье-м ца йо хьо? Хан юй хьан к1еззиг? - Кейла йист ца хуьлуш лаьтта, ойла еш. – Хьо сиха елахь, ян хьуна саца ца лаахь…
Кейла
Со лаьтташ ма ю хьоьца, урам юккъе х1оьттина?

Маккхал
Дика ду: хьо цхьаннин хан йиллина яцахь, захало хьахон дагахь вар-кх со. Х1ун олу ахь? - Юха а соцунг1а хуьлу Кейла. Жимма елар эккха.

Кейла
Ма хуур дара хьо нахчо вуй. Къийла а ца луш, гонд1а а ца хьийзаш, юьхь-дуьххьал хьайн луург деш воллу хьо. Вайна юккъехь гергарло ду бохуш ма вара хьо, жимма хьалха?

Маккхал
Тхан нанас хударна т1е даиман а даьтта дуьллур-кха, х1умма а новкъа а ца долур-кх иза цуьнца. Шийла 1аййий, кетарий - мел цхьаьна дог1у, дог1ий?
Кейла
Со кхаамо ехна, хан йоьг1уш захало долуш хилча, х1ун до вай?
Маккхал
Ма дош дара иза, иттамо хьо ехна хилча а шек вера волуш вац хьуна со-м. Ас цу нахана х1умма а бехк а-м ца буьллу, хьо шай-шайн керта хьийзийта лаарна. Стигала хьала даьлла куьйранна шен ижо гича, цуьнан тохалуш долу дог дан а доций хуур дара хьуна, х1инца сайчуьнга хьан ладог1а карах даьлча.
Кейла
Ванах, мичара вели а ца хууш, веана схьа а х1оьттина, хьо ма коча веа суна?
Маккхал
Со реза ву-кх: хьо къовсийтахь тхоьга, ас къевсина яьккхина Нана-Нахчичоьнан кира т1ехьа нускал дина х1оттор ю-кх хьо.

Кейла
Х1ун элира ахь? Нахчийчоь? Вайша мича махкахь ду, Нахчийчоь мел фана ю? Хьох лара яла еза со, гена валале. Шайн луъург ма до аш.
Маккхал
Иччархочух къаьхкина лу санна, х1инца хьо сох ма къахкалахь. Хьан лаам боцуш ас ког ловзур бац хьуна. Х1окху сан лерсина, аьлчи а, х1окху сан дагна дарбанна хаза цхьа-ши дош алахьа, Кейла.
Кейла
Хьо хьена мила ву ца хаьахьара ша дара, шу нахчийн амал а евзаш со яхьар ю хьоьга сайн са гаттадайта. Суна хаьа шу аг1ора со маьрша юйла а, тешам буйла а.
Маккхал
Реза ву со ахь сайга кхийдош болу шаддийн уьйриг схьабаста а, цунна юккъехь детталуш долу дог суна детталуш хир ду аьлла, ахь со тешавахь.
Кейла
Маккхал, сан дог цхьана Аллах1ан дуьхьа бен детталур долуш дац, ахь хьо кийча ву бахахь, цуьнан йовхонехь хьан кийрара ша башабайта реза-м хир ю со.
Маккхал
Кейла, Аллах1ан дуьхьа детталуш долчу хьан дагна, ас цкъа а вас ярна кхера-м бац-кх хьуна.
Кейла
Ин шаа Аллах1! - Маккхал д1авоьду, Кейла шен ойланашцани ц1ехьа йоьду. – Я Аллах1, сан Дела! Сан дог ма карзаха даьккхи оцу къонахчо. Х1ара г1ан дара-те, я самах ду х1ара? Сан дена д1ахиъча х1ун эр ду цуо? Со г1иллакх доцуш ю, - аьлла, сох бехк баккхахь? Сан х1ун бехк бу, и ван а веана са сина т1ех1оьттича? Товш к1ант-м вара иза. Ванах, ас х1ун леладо? Цкъа бусалба дин, юха бусалба стагца захало а хьехош ма ю со-м? Со жуьгти юй хуъушехь соьга вист ма хила и нахчи к1ант, х1унда? И Хизарниг вацахьара, цхьа тешнабехк болуш санна хетара дара суна, ткъа х1инца ма парг1ат ю со? Ва, сан дог…

6) КЕЙЛЕРА Ц1АХЬ

КЕЙЛА А, ХАНА А.
Х1ара шиъ кхеран х1умаюучохь 1аш ю.

Кейла
Дийца ахь, дийца ахь, хьуна хаза дийци хаьа.

Хана
Т1аккха, бага г1улгаш лаьцна 1ахь - хьаха ю хьо юьсур,  х1окху дуьненан х1ун чам бу а ца хууш. Сан ненан вашас, ша суна, зударин шляпанаш юхкуш йолу салон лур ю аьлла, совг1атна. Со т1аккха, уггаре а модни йо1 хир ю цу йоккхачу, къегинчу Парижехь. (Кейлина коьрта т1етуьллу шегара шляпа). Х1ара, кхузара маьлхан т1улгаш кордийна хьех-мерах чекхдевла-кх суна. Со д1аматаръеллехь, ас, хьо а, д1айуьгур сайца. Иштта 1ахь-м хьо къанлур ю, дуьне х1унда кхоьллина а ца хууш.

Кейла
Ас х1ун эр ду хьоьга. Со сайн ойла еш ма яц. -                Кейла пхьег1а схьаэца д1айоьрзу.

Хана
(Ханин газетан тидам хуьлу, х1ара цунна т1ехьожу. Кхуо, цу т1ера мог1анаш д1адоьшу): «Шайх теша, даха а даха, шайн шаболу ницкъ т1е а бахийтий цхьана х1уманна: шайлахь Дела хааваларна, т1аккха аш шадерг дийр ду, шайга далуш дерг, шайн хинболчу аьттонна а, дерриге дуьненна хир болчу пайданна а» -                Л.Н.Толстой. Кейла, хьох политик-м ца хилла? 1арбой книшкаш, Европан газеташ? Юха, кхуо и газет шегахь д1ахьулдо.

Кейла
Уьшша-м Дадс доьшуш охьадехкина дара, ахь х1ун дуьйцу…

Хана
Хьо ч1ог1а хийцъелла, Кейла. Даиман хьо цхьа дог 1аьржа хеталуш яра, я кура. Муьлха дош тов хьуна? Ткъа х1инца-м, хьоьга хьежча, хьол ирсе йо1 ю эр а дац. Хьайн х1ун хилла дийца тарлур дарий хьан, нагахь санна и къайле яцахь? Иза а - х1окху г1амаршлахь!

Кейла
Сан цхьа къайле хилча а, хьох иза хьулъяллура ма яцара соьга. Не1 туху. Х1ара шиъ вовшашка хьожу.
Хана
Со дуьхьала йолу хьуна, - олий не1арехьа д1ахьоду. Цигара мехкарийн г1овг1анаш схьахеза. Уьш чу боху, маршалла хоттуш чайн гондхьа хьевзу.
Саназ
Тхох къайлаха, шаьшшинна мерзаниг дууш, чомехь дерг молуш!
Масал
Кхуьнан духаре хьовсийша! - Ханас, цкъа муц1ар ирх йохуьйту, цул т1аьхьа масех го боккхуш, чухула хьевза.

7) Г1АЛАР САДО1ИЙЛЕХЬ

Х1ара шиъ х1инца цхьаьна скверехь йолалуш ю.

Хана
Суна даго хьоьху, со ц1ера а ялийтина, хьоьца цхьацца хийцам хилла аьлла. Сийсара Кемалан зуда яра вайга еана. Цуьнан мотт муха керча хьуна хьайна хаьа-кх. Мел шога хиларх тасацалуш. Хьо а хьехайора цуо.
Кейла
Суна сайна а-м ца хаьа х1ара х1ун ду. Со, цхьа, кху дуьненахь а йоцуш санна ю-кх со. Со мичахь ю а ца хууш. Массо а х1ума хазчу басаршца гуш. Цхьаъ хила хьаьхан долуш санна. Сайн Да а дагахь воллу, со бехке хеташ цунна хьалха, сайн иштта дика долуш.

Хана
Иза дера ду ахь кхузара сихха йорт я еза бохург. Бакъду иза, хьан Да, хьоьца ч1ог1а дика ву, хьан Нана елчхьана а, хьоьга хьожуш, кхин шен ойла а ца йина цо. Лаккхара даржехь волчу цуьнга маре дан луурш шортта болушехь.

Кейла
Ас, ч1ог1а сатуьйсуш дерг ду-кх иза. Чохь йиш-ваша хилар доккха ни1мат ду-кх. Цкъачунна-м тхан чохь деса а ду, тийна а ду. Дада, даиман, шен, оцу балха чу а воьлла, кхин гонд1хьа дерг гуш а вац.

Хана
Ткъа ахь хьахийна болу и хьехамаш? Со ца кхета хьох: бусалбчера къамелаш хьуна оьшарий-те? Хьо иштта а ма ю кху шахьарахь уггаре а ира хьекъал долуш. Церан и туьйранашка лацадийг1ича а.

Кейла
Со массарех а дика кхета, амма Дела цхьаъ ма ву вайн массарна а. Адам цкъа а хьалхдер дац шен кийрахь ша шеца беш болчу къийсамах, х1унда аьлча, иштта, билггала дина ду Дала адам, кхечу кхолларех къастош. Хьан деган къайленехь лаам бу хьу еш, хьуна гуш долчунна т1ера къайленехь долчунна хьо т1евуьгуш. Делаца доьзна долчунна (кхузахь, берийн ловзарна т1екхочу х1ара шиъ, цаьрга хьожуш жима сацало).                - Т1аккха массо а пайхамарш ма хилла бусалба а, массо а пайхамаршна даийтина жайнеш а ма ду цхьа шари1ат. Т1аккха, царех цхьаъ бакъдеш, важа харц дан мегар ма дац.

Хана
Боккъала а, и церан хьехам хьуна дагчу бижна, со кхоьру, хьуна т1аьххьара а и церан дин а марздаларна. Хьо, хьайн, цхьанний бен ойла еш-м яц хьуна. Вай тайпана наха а могийтур-м дац хьуна иза. Схьахетарехь, хьо кху дуьненара дехьа яьлла хьайн ойланашкахь - айхьа кхоьллина долчу дуьненахь яха хиъна моьтту суна. Х1инца хьан б1аьргаш чохь шен чаккхе йоцу цхьа къайле го. Цунах кхера а елла-кх со.

Кейла
Хьала хьажахь стигала, цхьа а кхачам бацар гой хьуна цуьнгахь?
Хана
Дика ду. Тоийта вайшимма х1ара къамел. Жимма хан ялийта, т1аккха кхетар ю хьо, хьо цара мел 1ехийна. Суна къахета хьох.

Кейла
Сох ма хета къа, сан йиша, хьайх х1ун хир ду а ца хууш. Шен верзар муха доьрзар ду хууш цхьа а вац хьуна. Аллах1ана т1е шен лаамехь бен цхьа воьрзур а ма вац. Цу Дала Ша верзийтахь бен.
Хана
«Дахар х1ун ду? Цуьнан юьхь мичахь ю, т1аккха чаккхе а»? – бохуш шайн ца лозу корта бихкина лелла дуккха а нах д1абевла. Цара лехнарг а х1у ду, цара эцна ирс а мичахь дитина? Со, сайн ма хуьллу хьо сама яьккха г1ерта. Сан дешнаш хьуна хийлаза дагадог1ур ду, т1аьхьа ма хилахьара. Хьан ойла хийцалахь, со кийчча ю хьуна: хьалха санна хьоьца гаргара хила.                Иза д1айоьду. Ч1ог1а дагна вас хилла кху шинна а. Жимма, сацалой, Кейла, хьехаме ладог1а йоьду.

8) ХЬЕХАМЕХЬ

1абдаллах1
Хьо соьга цхьаъ хатта лууш-м яцар?
Кейла
Кейла ю сан ц1е (ч1ог1а хьасене аз ду).
1абдаллах1
Кейла, хьо марша а йог1ийла. 1абдаллах1 олий, - йоккху хьуна сан ц1е.
Кейла
Х1аъ. Делан лай. Вай массо а ду 1абдаллахх1ар.

1абдаллах1
Кейла, хьо кху шахьарчохь 1аш ю, хьена, мила ю хьо?

Кейла
Со кхузара ю. Сан ден ц1е Леви Мизрахи ю, иза, паччахьан  канцеляри секретарь даржехь болх беш ву.

1абдаллах1
Суна къинт1ера яьллахь Кейла, аса, совнаха хаттарш дина, хьайна цатам хиллехь. Со леррина ладуг1уш ву хьуна х1инца хьоьга.

Кейла
Дуккху а хаттарш дара сан, суна царна жоьпаш ца карадеш. Хьан хьехамашкахь сайна и жоьпаш карийна аьлла, тешна ю со. Х1инца, кхи д1а суна лууш долчунна, дикка ойла йина ас, юха, даггара т1еэцна сацам а бу сан,.. х1ара… со.., ислам дин т1еэца лууш ю, аьлчи а.., суна со бусалба хета-кх х1инца. Кхин д1а ас дан дезарг ахь суна хьеха лаар дар-кх сан хаттар а, цуьнца цхьана – сан дехар а? (Т1аьххьара дешнаш сихха дагар до.)

1абдаллах1
Альхьамдулиллах1! Аллах1умма барик! Аллах1умма барик! Ля хьавля ва ля къуввата илля биллях1! Шах1адат дешнаш айхьа кхайкхинчул т1аьхьа: пхиъ фард ламаз д1ах1отто деза ахь. Цуьнан маь1на: царех цхьа ламаз шен хеначохь дар доцуш ахь леладахь, ламаз дийриг-м хир ю хьо, амма, фард 1амал юьззина хир яц хьан. Иза, баьрчехь дерг ду хьуна. Рамадан бутт кхабар т1ехь ду хьуна. Закт дала барамехь хьан даьхни 1аь1нехь – шарчохь цкъа и д1адалар а т1едужу хьуна. Ницкъ кхачахь хьаж дар а. Цхьанни а вониг а ма лаа. Айхьа олуш дика дош ала, айхьа хьукум деш нийсонца хила. Делах кхера. Делах кхера. Цул т1аьхьа а Делах кхера. Хьайна лууш дерг Аллах1е хьасталуш деха, т1аккха и Дела жоп луш а карор ву хьуна.

Кейла  Суна хьуна хаийта лаьара: сан дена ца хаьа хьуна ас бусалба дин т1еэцнийла… иза муха хир ду а?
1абдаллах1
Сан йиша, хьо ч1ог1а лерина хила еза. Хала зама ю вайн не1арсаг1ехь лаьттарг. Хьо декхарийлахь яц мохь бетта айхь динчунна. Хьайн 1амал-1ибадат къайла дахьа дезар ду хьан. Нагахь санна, хало яз а елла хьо динах пе бетта йолалахь, сахьт дац Аллах1а оьг1азло ян а. Аллах1 дезаш вац: Ша вевзинчул т1аьхьа - Ша вицвар. Дала 1алаш йойла хьо.                Кейла Маккхал лаха х1утту б1аьргашца, иза ца гича новкъа дог1у. Х1ара мелла а гена яьлча, Маккхал вог1ий дуьхьал х1утту.
Маккхал
Хьо кхин к1еззиг хьееллехь, махан ду аьлла вуьсур волуш вар-кха со.
Кейла
Хьажахь цуо дуьйцург. Х1ума дага а дог1ий хьуна-м. Хьо х1инца ца соцуш д1авахана хиллехь, со кхин хьан аг1ора д1ахьожур йолуш яцар-кх хьуна.
Маккхал
Вайшинна юккъехь дов ду тов х1инца? Маца кхиира вайшиъ т1ом кхайкхо? Со-м хьо бахьанехь лаьттара цигахь, леррина хьо гархьама веанера со кхуза. Ойла еш-м ву: ц1ахь 1ийнехь г1оле дарий-те аьлла?
Кейла – Хьастаг1а исс ломал дехьа йоккхур ю а баьхна, хьо ма сиха вуоха кхачавела? Со цец х1унда юьйла-м ца хаьа суна.

Маккхал
Хьайна хиъча: со мел ирсе ву х1инца хьо гуш - х1окху сайн шина б1аьргана. Хьо-м жимма девне хилча кхин а хаза хуьлуш хилла. Хьайна лаахь суна т1улгаш детта мегар ду хьуна, ахь со аьккха ца вичхьана хьайна хьалхара.
Кейла
Хьо иштта дагара хилча, ас хьоьга а эр ду сайна дагахь дерг. Тахан хала де а ду сан, цуьнца цхьаьна уггар ирсе де а ду. Сайн нана дийна хилча и йолчу д1ахьодур яра со, сайн кийра цунна балхо. Хьох цигахь б1аьрг кхетча сан дега йовхо хьох хьаьрчира, суна ч1ог1а юххера гергара хийтира хьо. Цигара сехьаяьлча хьо сайна ца вайча, ахь со луьрачу т1амт1ехь йитина хьо сайн ведда сурт х1оьттира суна. Иштта кхоьра ю-кх со.
Маккхал
Кейла, дукхаяхарг, вайшинний а наной бац, х1етте а, хьан ненан метта-м х1отталур вац со, амма ахь хьайн г1айг1а суна ялхаяхь, сох латта хир ду-кх хьуна и д1ахуда.
Кейла
Мичара хьуна, Маккхал, г1айг1а яц соьгахь… ч1ог1а хазахетар ду…
Маккхал
Т1аккха ас дегабаам бо. Суна ца лаьа сох т1ехтилла, со бахьана а доцуш хьан дагчохь зезагаш кхуьийла.
Кейла
Д1авала, ма бе дегабаам. Суна дика хилча халахетар дара хьуна? Цуьнан х1уъу бахьана хилча а?

Кемаль х1ара шиъ гуш лаьтташ ву – дехьо, къайлаха.

9) ЛЕВИ МИЗРАХИН БАЛХАН МЕТТИГ

Чувог1у кхерамаззаллин белхало. Буйнахь газет а ду.
Кемаль
Леви, оцу Европера хиламаша х1ара дерриге дуьнент1ехь баккхий хийцамаш ца бахь тамаша бу-кх хьуна. Х1ара – юьхь бен яц цу белхан. Газет охьадуьллу стоьлана т1е.
Леви
Пайда х1ун бу цу кегадаларийн, т1аккха?
Кемаль
Адмийн кхиар. Хьакъ долчу наха шайн меттиг д1алацар.

Леви
Уьш муха къастор бу? Къастош верг а мила хир ву?
Кемаль
Массо а х1уманна шен хан яц? Хьелаша шаьш г1о дийр ду хьакъ верг къастош кепаш билгала яха.

Леви
Кепаш х1ун башха ю, чулацам ма бу оьшург.

Кемаль
Оьрсийн Кавказца йолу юкъаметтиг: иза стенна т1етевжина д1ах1оттийна ю аьлла хета хьуна? Х1аъ, и цхьа кавказхо вац, кхузара, - хьо а ма вара цуьнца цхьа гергарло долуш, - иза шайн махка д1аваха воллу аьлла, - дийцира суна.

Леви
Хизар вуьйцу хир ву ахь. Хизар ч1ог1а оьзда стаг ву. И кавказхой цхьа ша тайпана къам ду-кх хьуна, кхин долчу къаьмнех схьакъаьсташ а хуьлуш шаьш. Даймохк бохуш долу х1ума церан санна экама лелош кхин цхьана а къоман ду моьттуш вац со.

Кемаль
Даймохк, дин, мотт, - уьш цхьа, дешнийн ловзар хеташ ву со. Коьрта дерг иза - паччхьалкх хилар ду. И кавказхойн тайпанаш цу кепана ч1ог1а генахь хетало суна.

Леви
Паччхьалкхаш кхолла а ло, йоха а юху. Масане империш йоьхна кху лаьттат1ехь. Коьрта дерг, хьо адам хилла вахар а ду, хьоьгахь адамалла хилар а ду. Дийн халкъ вон хуьлуш а дац, я дийн къам дика хуьлуш а дац. Массанхьа а хуьлу дика а, вон а адамаш.

Кемаль
Иза лерсина хаза къамел дара, хаза, амма чекхдер долуш г1уллакх дац. Коьрта дерг – иза ницкъ бу, - онда ницкъ берг ву кху лаьттахь низам латто хьехнарг.

Леви
Ницкъ луш верг а Дела ву, г1орасиз а Цо во. Ца дича ца долург а хуьлу, дийцарх хийцлур доцург а лела.

Кемаль
Ахь ч1ог1а цецвог1у со. Лаккхарчу даржехь, лераме меттиг йолуш ву хьо. Амма хьан дуьнене хьежар цхьа т1аьхьало йолуш ца хетало, дай аьлча. Цхьа х1ума ду дуьйцуш, шун тайпанах цхьа йо1 ю аьлла кхузахь хьехамашка лелаш.

Леви
Вай шахьар йоккха ю, тхан тайпана нах а бу кхузахь дуккха а. Цхьаммо мотт-эладита-м ца долийна-те? Тахана шадерг эларий-бахарий хилла д1амадаьлла, хьанах тешар ву а ца хууш.

Кемаль
Ц1е йоцуш к1ур хир бац хьуна. Хьуна иза г1олехь хуур ду да-м. Хьан дукха гергарлонаш ма деца кхузарчу нахаца. Я и хьан х1илла ду?

Леви
Хьуна х1ун ду цунах?

Кемаль
Хьастаг1а хьан йо1 гира суна, деша яхана йог1уш яра моьтту суна иза. (Кхузахь «мух1ар» охьадужар ду Мизрахии, цо йо1 хьахийча воьхна). Хан д1айоьду, дуккха хан яц иза жима бер долуш суна гина. Ахь и хаттар дийр ду аьлла, кийча вара со. Гой хьуна, оцу нохчийн кица ду олуш: «Хьайна сехьий езахь – дехьара къовса», - олуш. Ахь х1инцца хьахийра: импереш йохарх, лецна. Х1унда делахь а, иштта ду иза. Йокъанна х1оьттича токхе хилла долу латта а декъалой, эт1аэт1ий д1а ма х1уттий. Хьан хаьа, х1ара мохк а дакъошка д1асабалахь?

Леви
Тхан тайпано хьуна х1ун г1о дийр ду? Х1ара шун мохк а, шун паччхьалкхе а яц?
Кемаль
Дера, тахана-м иштта ду иза, амма хьал-де хийцалахь? Хьан хаьа …

Леви
Х1инца кхета со хьо стенна т1ег1ерта. Суна генара х1умнаш ду уьш. Со белхало бен вац, я кхин цул сов вала со г1иртина а вац. Х1инца, хьан пурбанца, со сиха ву. 1одика йолда. Кемаль латта вуьсу циггахь. Цецваьккхина иза д1адаьхьанчу къамело.


10) КЕЙЛИН Ц1АХЬ

Леви тоьпара ваьлчсанна вог1у чу. Чохь хезаш Кейла а яц. Не1 схьайиллича чохь х1ара цецвоккхуш сурт хуьлу. Чоь д1алаьцна серло хуьлу. Мизрахис, сихха кораш т1екховлу и серло ла а цалой. Кхунна т1аккха го-кх - Кейла ламаз д1адерзош. Кейла ч1ог1а йоьхна, ша ламазехь гина шен дена.

Леви
Кейла, Кейла, Кейла… х1ара х1ун ду суна гуш дерг, х1ара хила йиш йолуш х1ума ма дац? - Шен ма хуьллу меллаша олуш воллу Леви.

Кейла
Дада, со... суна…

Леви
Суна жоп ло, Кейла?

Кейла
Дада, ас дукха ойлайина, сайн некъ…

Леви
Х1ун некъ, хьайн 1ожаллий боьду неккъий? Муха, соьга а ца хоттуш? Дийца мила ву хьо 1ехийнарг, ас цуьнгара барт хоттур ма бу?

Кейла
(корта ластабо, дуьйцу ша аьлла) И ву-кх и: Аллах1 ву-кх, Аллах1 ву-кх суна некъ гайтинарг, Шен нур к1ел со эцнарг…


Леви
Дика ду. Ахь суна цкъа а эшпаш ца бутта. Со хьох ч1ог1а теша. Х1ун нур дуьйцу ахь? Хьуна г1ан-набарш гира, я цхьа аз деара?

Кейла
Сан дог… соьга … нана д1аяьлчхьана, дуьххьара - сан дог токхе хилла дин-исламах.

Леви
Кейла, ас доьхку хьуна, ас могуйтур дац хьуна… хьо кхетта-кх сох. Хьайн ворх1е а дайша лелийна дин т1ехь хир ю хьо. Со кхета, хьуна хала дара, нана дукха хьалхе д1аяьлла, хьо хьуо йисар. Хьуна хаа деза, вай цхьана тайпана нах ду, юкъара низам ду ларон дезаш. Х1инца шадерг хийцалур ду. Ас кхин хьуо ютур яц хьуо. Европе деша йог1уьйтур ю. Цигахь хаза г1аланаш ю, мехкаш… Сиха лур дац вай, сихалур дац. Ойла я хан еза… Мизрахи араволу, шен ойланашна.

Кейла
Я Робби, г1о де-хьа суна. Хьан г1ийла лай яр-кха со. Хьо д1а муха тосур ву ас, Хьо сайна вевзинчул т1аьхьа? Ахь Хьайна герга озийначул т1аьхьа, Хьуна букъ муха тухур бу ас, Хьох хер а луш? Ас х1ун дина кхетор ву сайн да, я сайн тайпана нах? Сан г1ора ма дац цу т1ехь.

12) АРАХЬ. УРАМЕХЬ.

Юха урамехь гуш Кейла, ша цхьанна гарна кхоьруш охьа а те1аш йоьдуш. Ц1еххьана кхунна дуьхьал 1оттало Хана. Кейла цуьнга йистхила йолча, иза д1айоьду кхунна букъ берзабой. Юха, жимма соций лаьттий, хецаелч санна схьат1ейог1у Кейлина. Мох а бу ч1ог1а хьоькхуш.

Хана
Хьуна оцу наха цхьа а дика болх бийр бац хьуна. Хьо дуьненах тилор ду цара дийриг. Адам даха кхоьллина ма ду, аш дукха хьехош волчу оцу Дала. Хьан хьекъал, кхетам стенга бахан? Хьо х1ун оьшуш 1аш яра: даа, мала, т1едоха? Вайша Европе д1аяха йоллуш ма яра. Цигахь ма ю хьан меттиг, кхузахь ма яц. Хьайха къахета цхьажимма, яха а кхиале яла. Кейла, ва Кейла! Хьуна хезий со луьйш? Хьоьца шадерриге а ду, хьуна оьшург, т1ех сов а долуш. Хьан меттиг цигахь ю, кхузахь яц. - Кейла, нийса цуьнан б1аьргаш чу а хьожий, иза къевлина мара юллу.

Кейла
Сан доттаг1, суна хаьа хьо даггара луьйш юй. Хьо суна диканиг лууш юй а. Хьо цхьаъ ю-кх сох дика кхеташ. Со, со а ю хьуна кхузара д1аяха лууш. Цхьа тамашийна ойланаш хьоьг1а суна. Со цхьанхьа-м д1айоьг1уш кхузара. Ненан каш ду-кх со сецориг, юха цхьалха вуьсу сайн да а. Бакъду, хьехаме ладоьг1ча дог ч1ог1а парг1ат долий синтем хуьлу суна. Кийрара бала 1аьткъина со йисча, Аллах1 хьахварца ойла серла а йолу сан. Цуьнан ойлайина ца йолу со. Хьо а ч1ог1а къехкина сох, со, суо цхьаъ юьтуш…

Хана
Кейла, хьайн ойла е, хьайн. Массо а динан дай цхьаъ бу хьуна. Сан ненан вашас царах дукха дийцина суна. Иза ву хьуна хьекъал шен меттехь долуш, дешна, 1ильма шегахь долуш а. Шуьшиъ мел цхьана дог1ур дара, шун къамелаш боху ас. И дин дуьйцурш, дукха хьолахь шаьш а ца хуьлу хьуна шаьш дуьйцучух тешаш, нах 1ехорхьама дуьйцу-кх цара и хаза хабарш. Царна дика хаьа хьуна х1окху дуьненан мах. Хьуна х1ара шахьар йоцуриг кхин дуьне ма ца гина. Хьайца нийсса вог1ур волуш Европехь жима стаг хьайна ма вевзина, т1аккха ахь суна баркаллаш бохур ду-кх хьуна, хьо йаллалца.

Кейла
Ас х1инца а боху хьуна баркалла, сан доттаг1. Хьайн хиъча, суна мила вевзина. Мел сийлахь ву, хастаме. Цуьнан дозаллаш дийца адамийн дешнаш тоьур а доцуш. Хьайна хиъча…

Хана
Собар, собар, ас х1ун юкъа дитан, суна ца хууш, иза а кху г1амаршлахь? Мила ву, мичара ву? Дийца сихха.      - Кхузахь берийн сур ду, ловзуш. Цхьа, уггаре а йиш йоцчу хенахь новкъа ма г1ертара новкъа а долуш.

Кейла
Хьайн боккъала а иза вовза лаахь, хьо соьца хьехаме йола. Дуьненан хилла ца 1аш, эхартан а ирс а карор ду хьуна. -Кейлас мохь бетташ дуьйцу. Хана хезаш яц моьттуш. Ч1огг1а баьлла мох, берийн маьхьарш.

Хана
(Ша-шега деш санна ду х1ара къамел. Кейла дуьхьала йолуш.) Хьо яйна ялла, со дукха т1аьхьа кхийта цунах. Ас эрна хан йойъу хьоьца. Ткъа хан х1инца - дешин мах болуш ю. - Д1айоьду. Соцу. Юха схьат1ейог1у.

Хана
(Лерехь) Кейла, сан собар кхачийна хьуна ахь. Кхоччуш караяхна хьо царна. Хьо 1ехаяйти ахь, хьайн дикчу доттаг1чух а йаккхийти ахь цаьрга. Вайн не1арсаг1ехь лаьтташ дерг ткъолг1а б1ешо ду, и акха хенаш, хьан хьекъал ма тиллара, д1атилла, юха йог1ур а йоцуш. - Камера лаьтташ хир ю, ткъа Хана цунна гена йолу.

Кейла, доккха са а доккхий, маьждигчу чоьхьа йолу, Къуръан доьшуш ву цхьаъ, цуьнга ладуг1уш ву 1абдаллах1. Цхьццанхьа тобанашка бекъабелла го кегийн мут1а1еламаш а.

1абдаллах1
Кейла, хьо ма г1ийла хета суна? Дуьхи кхиа г1ерташ вац хьуна со, ас дан х1умма а дуй, - аьлла, хоьтту хьуна.

Кейла
Ирсана юххехь г1айг1а йолуш бен хуьлуш ца хилла-кх.

1абдаллах1
Дала, иманца долу собар лолда-кх вайн. Далла доьнал дерш беза.
Кейла
Ткъа г1ийлнаш?

1абдаллах1
Цаьрца а ду, Делан беркат. Дала цхьа а вац д1атосуш. Ша вицвинарг виц во Дала.

Кейла
Доьналла муха карор ду?

1абд
Собарца а, хьайн вас йинчунна къинт1ера волуш а, иза Деле воьхуш а.

Кейла
Собар долуш муха хир ву?

1абд
Делан къодар довзврца. Хилла даьлларг т1ехтила йиш яцарий хууш, цунах тешаш а, ца хуьлуш диснарг хила йиш йоцуш дарий хууш, цунах тешна а. Куралла хьайна аьттехьа ца юьтуш хилар а, оьг1азло сацор а, иза чекх яьккха йиш хилча а, ца хилча а. Цхьаннах вониг хьалха дага ца доуьйтуш, цуьнан диканиг хьахош.

Кейла
Я Робби, ма къинхетаме ву-кх Хьо тхоьца, къинойн мохь эцна доьлхуш долчу. Сайн нана дагаоьху суна, кху т1аьххьарчу хенахь. Иза дийна ца хилар хала ду суна.
1абд
Нагахь санна, Аллах1а пардо д1аайдича, Шен лайн г1уллакхаш т1ехь Ша урхалла муха до цунна гайтархьама, юха, хиъча, Аллах1 мел ч1ог1а лууш ву а, Шен лайн г1уллакхаш дика хуьлийла, цу лайна шен чулла а, цуьнан дог дешан 1анаг1ур дара Аллах1е болчу безамна, эзар дакъа хилла дет1ар а дара иза, Аллах1ана долчу баркаллина. Цундела, Кейла, кху дуьненан лазамаша хьо к1адйинехь, холчу ма х1итта, хила мега хьуна, Аллах1 хаза лууш ву хьан аз - хьоьгара до1нашца. Дехахь т1аккха хьайн луурш сужданехь, д1адицдехь цул т1аьхьа. Юха хаахь, бакъонца - Аллах1 вицлуш вац хьуна. - Кейлин б1аьргара хиш хьоду. Дог к1адделла ч1ог1а. Йист хила г1ерташ къурдаш до.
Кейла
Сан нана дийна елахьара… Суна ч1ог1а хала ду иза ца гуш, цуьнан къамеле ладог1а йиш йоцуш, цунах дагайийла меттиг боцуш…

1абд
1ожалла, иза кад бу, массара а шаьш мера болуш. Вайна кху лаьттат1ехь нийса даха хаа деза, нагахь вайна, вешан ц1а дирзича, цигахь дика хьега лаахь. Дика дерг алсам ду кху дуьнент1ехь, вуонал а. Делахь а, диканиг партал ду, ткъа вуониг сема ду хаддаза.

Къуран дешар ч1аг1ло: «Алам Нашрохь лака содрак…» Кейла ц1а йоьдуш ю, новкъахь. Цунна т1евог1у Маккхал.
Маккхал
Ас эр дара хьо малик ду, сайна хьо неха ц1ент1ехь кхиъний ца хаьахьара. Ас эр дара хьо полла бу, базбелла хьан куогаш, латто шена т1еийзош гуш бацахьарий.
Кейла
Юха а хьо вац и, махо кхоьссина ваийтича санна. Хьо ма дика тидам болуш ву: со ч1ог1а г1елъеллий ги-кха хьуна?

Маккхал
Хьан багара ши дош даларцаний ас ц1а юьгуьту-кх хьо, ког лаьттах ца кхеташ?
Кейла
Со теша хьох, делахь а, сайн когаш бохуш яхара г1олехь ма хета суна-м.
Маккхал
Кейла, хьан цкъа а ойла хиллий: марханаш х1унда йоьлху-те аьлла?
Кейла
Ас ца хилла аьлча, х1ун ала воллура хьо?

Маккхал
Бакъдерг. Хьан б1аьргийн сурт гича ц1еххьана дагатеси-кх суна и ойла.
Кейла
Маккхал, хьо муьлхачу заманахь вехаш ву? Новкъа ма далахь. Суна нахчочун т1ом бай бен ца хаьа моьттура.

Маккхал
Нахчашна т1ом бан хиънехь-м, со кху туркойн махкахула мехаш леллина лелара вацара. Бакъду, т1ом и т1ом бац, иза ахь, хьайца беш бацахь. Иза латар ду, буй-т1арий яр. Айхь хьайца беш берг бу луьра т1ом, хьайна цуо схьатоьхча цунна юха д1атоха де а доцуш, ян г1ора а. И мохь шозза базло, нагахь хьуна дега юххе ов детташ делахь, цхьа неха кертахь кхианчу зезаго и 1ийжош а делахь. Т1аккха хьуна лор оьшу дарба хила. Цунна дарба каро ницкъ бац цхьаннийна а, дарба цу зезагца ду, неха кертахь доьг1на лаьттачу.
Кейла
Ма г1ерталахь х1инца со тешо, тхан кертахь ба1 бен ца кхиъна хьуна.
Маккхал
Иза цуьнан дуьненан къизаллех лар дала дуьйхина духар бен дац. Цу юккъехь етталуш: бух боцу, тхов боцу, пен боцу жима, к1еда, хьасене цхьа жима са долу х1ума ю. Тамашийна дерг аьлча: мархаш йилхича иза кхуьу, уьш д1аяхачи иза йоьлху.

Кейла йоьлхуш ю. Кхин дист хилар а доцуш лаьтта х1ара шиъ.

Кейла
Хьуна, схьагарехь, неха и зезаг дезаделла ч1ог1а. Сох дерг аьлчи: со хьан даггара яц, дагахь-м лаьтта суна хьо, хьан ойла а йо ас, хьоьца парг1ат а ду суна. Суна хаьа: ахь со юьхь1аьржа х1уттун йолу х1ума дийр доцийла а. Кхечуьнга ца аьн дерг, хьоьца парг1ат а дуьйцу ас. Амма хьо вогуш ву, со кхоьру цхьа дагахь доцург хиларна. Суна и хилийта-м ца лаьа х1инца. Кхин х1умма а ма хетта соьга, хан ло суна…
Маккхал
Кейла, цхьа х1ума а аьлла со къайла волу хьуна. Хьуна хаалахь, кху сохьта ахь сан деган кхин цхьа чов а схьайилли хьуна. Дарба хьоьгахь а дуьсуш со д1авоьду хьуна. Хьо сан лорах яг1ахь, ц1ийн тачанаш карор ду хьуна. Бакъду гена хервала сан г1ора дац хьуна, ян собар а тоьур дац сан. Наха беттанаш дагардечохь, ас м1аьргонаш юьйцура ю хьуна…

Маккхал кхин вист ца хуьлуш д1авоьду, ша ма аллара.

Кейла
Мичара вела ца хууш схьа гучу а ваьлла, со юйш лаьтта-кх ахь. Аллах1 вовза а кхиале… сан Дела, суна Хьан терго хаало х1инца… харц новкъа ма хьажаелахь со…

13) ЛЕВИН Ц1АХЬ

Леви
Кейла! - Къамел деза хир дуйла хаалуш ду цу кхайкхарехь.

Кейла
Хьо кхайкхари сан да? Со, хьоьга ладуг1уш ю-кх. Ас юуург яй хьуна, хьан безам болуш х1умма а ярий?

Леви
Яц. Соьга хьо ладуг1уш елахь, ас бохург дан а деза ахь. Ас, юх-юха а дуьйцу хьоьга х1ара. Кейла, хьо кхета еза, ахь вайшинна бина ца 1аш, деригге а вайн тайпана бо бохам. Цара вайна иза, иштта, атта могуйтур дац. Боккха болх бу стаг шен динах вуха кхетар, ткъа, ахьа, и бала шозза базбина - бусалба дин т1еэцарца. Хьо х1ун ойла еш хилла, со кхеташ вац?

Кейла
Со стен ойла еш яра хаьа лууш вуй хьо. Ас ен ойланаш Ц1енхинволчу Аллах1ах яр-кх. Цо доссийначу Сийлахьчу Каламах а. Хьуна хезний цара и Къоран доьшуш, цуьнан мукъам, цуьнан маь1ан…

Леви
Йо1, кхетахь, и 1арбийн дин ду. Вай дин ц1ена дин ду. Вайн ворх1е а дайша лелийна - нийса дин. Дала, Товрат чохь, вай,   къамнашна юккъехь къастийна, билгала дина, лакха даьккхина ду. Вешан дин д1атесча, Далла хьалха ямарт хуьлу вай.

Кейла
Дала шен китаб чохь аьлла: «Шен гергахь уггаре а лакхахь верг, иза, Шех уггаре а ч1ог1а кхоьруш верг ву», - аьлла. Кхин д1а дерш – нахера шайгара къамелаш ду. 1арбошна ваийтина ма вац Мохьаммад пайхамар (саллаллах1у 1алейх1и ва саллам). Массо а кьаьмнашна а, доллучу 1аламех къинхетам беш а ваийтина ма ву. Ибрах1иман, Давудан, Сулейманан, Мусан, 1ийсан – цу пайхамаршийн некъ, дин, шега чеккхадаккхийта ваийтина ма ву. Пайхамаршна а, аьлчарашна а т1ехь «Мух1ур» тухуш ваийтина ма ву. Бусалба наха уггаре а ч1ог1а ма лору массо а пайхамар, цхьа а къаста а ма ца во цара, цу пайхмарех. Массо а пайхамар Делера ву аьлла, шаьш тешаш а болуш. Товрат чохь а, Инжил чохь а хьахийна  ма ву Делан аьлча Мухьаммад (саллаллах1у 1алейх1и ва саллам), Ахьмад аьлла, ц1е а йоккхуш.

Леви
Хьуна мичара хаьа цунах?

Кейла
(Карзахе) Ас хьехамашка ладийг1ина-кх.

Леви
Бусалба нехан хьехамашка? Йо1 ца кхийтира, дас аьлларг диканна ду я дац а.

Кейла
Дала мел кхоьллина долу х1ума исламчохь кхоьллина ма ду. Цул т1аьхьа наха шаьшша боькъуш ма бу шайн доьзалш, цхьацца дина дакъошка, бусалба хилла Далла муьт1ахь ца совцуш…

Леви
Тоийтал, хьо ма ч1ог1а шаръелла. Кхин цхьанги а дийцина хир ма дац ахь и…  Муха бохура ахь: «мух1ар тухуш ваийтина ву». «Мух1ар»?

Да юхь т1ехь а хийцало, велакъажар а хьоду. Ша цхьанхьа ваха сиха ву олий, дехьачу а волий, шен духар хуьйцу. Кейла ша юьсу. Йо1ан йоккха дегайовхо ю, шен да шех кхетта моьттуш. Кейла до1анашка йолу.
Кейла                Я Аллах1! Массо а х1уманна ницкъкхочуш верг! Хьан г1ийла лай ю Хьоьга кхойкхуш, Хьоьгара г1о доьхуш. Ас хьоьга воьхург сайн да ву. Иза соьца дика волуш, соьца къинхетаме волуш кхиира цуо со хьала. Хьо воцург кхин деха а, т1етовжа а вац сан, йа Аллах1. Сан Дела! Гечдехь суна а, сан дена а. Хьой бен кхин мила ву Гечдешверг. Я Аллах1, бусалба дин даийтахь цуьнан дагчу а. Суна со а ма карийра ислам-динах д1ахьевзина, амма Ахь ма нисъйира со Хьай нийсачу новкъа. Сан да а вигахь Хьайна т1ебохучу новкъа. Аллах1умма солли 1ала Мухьаммадин ва 1ала али Мухьаммадин ва саллим. Амин!
14) КЪАЙЛАХ БАРТ

Цхьа стаг ву, ша ца вовзийта корта къайла боккхуш х1ума хьарчийна, урамехула вог1уш. Нах бу, шай-шайн оьмар ядийна хьийзаш. Эххар, ша лоьхуш йолу йо1 го кхунна.

Стаг
Со дага вог1ий хьуна?

Йо1
Х1инца хьо схьагича–м вевзи суна хьо. Хьо ма хийцавелла.  Х1умам ца хилла?

Стаг
Хьоьца г1уллакх долуш кхаьчна-кх со, кху метте.  - Стеган къамел омар долуш ду.
Йо1
Хьо санна хьал долуш, даржехь волу стаг, со санна йолу миска стаг лоьхуш ву аьлча, цхьаъа-м х1унда хьехавора, со, суо а тешар яцара.

Стаг
Суна хьашт хилларг хьо ю, хьан тешар - ца тешар дац. Со хьуна гуш а ву, сан хан к1езга а ю, хьоьца кхузахь х1оьттина латта.

Йо1
Со хьоьга лерана ладуг1уш ю-кх. Ца дог1ахь, хьо со йита ара ваьлла а вац-кха.

Стаг
Цхьа г1уллакх ду сихха кхочуш дан дезаш. Ахь дан дезаш.

Йо1
Хьо хьийзна, со х1аллак яйтта г1ерташ ву-кх.

Стаг
Буьйса ч1аг1ъелчу хенахь, хьо со волчу ян езар ю…

Йо1
Буьйсана со х1ун да йог1у (кхерало)?

Стаг
Хьуна дагадеънарг дац иза. Х1ара, вайшинни къамел, ахь кхин цхьаьнге а д1аса хьахадахь…

Йо1
Хьуна со тешаме карор ю-кх (кхераелла ю ч1ог1а).
Стаг
Ас, адамехь ч1ог1а лоруш дерг, иза: тешаме хилар, шен дешан да хилар а ду.

Йо1
Дика ду, ас кхочуш бийр бу хьан муьлхха а лаам.

Стаг лерехь вист хуьлу цуьнга.

Йо1
Кхин аг1о яц-те, цхьа а?

Стаг
Кхин цхьа а цунна дан х1ума хилча…

Йо1
Кхин х1умма а дуй?

Стаг
Хьо хьекъале а, тешаме а хир ю аьлла хета суна, хьайн да а, доьзал а ахь, х1аллакхуьлуьйтур бу ца моьтту суна. Х1ан, х1ара ахча ду хьуна, совг1атна.

Йо1
И совг1ат ас схьаоьцур дац, мел ч1ог1а тхайна ахча эшахь а. Цкъа делахь, и мичара даьлла аьлча, сан дийца х1ума хир дац, бакъдерг доцург. Шолг1а делахь, ас х1ара ирча г1уллакх т1елацар, иза, хьоьгара тхайна цхьа кхерам цахилийта лаар а ду. Кхечу аг1ора, адам муха доьйтур ду …

Стаг
Хьо болх бичахьана йолу, хаьттарш кхечара до…
15) «МУХ1АР»
Кейла чохь г1уллакх деш ю. Дас, т1е а йоьг1ий, «мух1ар» д1акховдадо.

Леви
Хьайгахь дитал х1ара «мух1ар» лардеш, ас хьайга юха схьадеххалца. И «мух1ар» дайъа йиш яц хьуна. Йо1а «бисмиллах1иррохьманиррохьим», олий, схьаоьцу кхуьнгара «мух1ар». Юха, кхин цкъа а «бисмиллах1иррохьманиррохьим» олий, шен куча кисана дуьллу. Йо1ана, ч1ог1а даган там хилла, шен да, иштта, хийцалуш. Да, юха а воьрзий, схьа вист хуьлу кхуьнга: -  Кейла, сан цхьацца г1уллакх ду ваха везаш, со хьелур ву. -  Мизрахи араволу чуьра. Кадрана т1ехьара къамел:
Тхан дайшкахь со воьалг1а да ву, Паччахьан канцелярин секретарь болх беш, и дарж оха леладо. Паччахьан канцеляри «мух1ар» а тхуна тешийна ду. Сан, боьршачарех доьзалхо а ца хили, со д1аваьлчи кхин д1а и болх д1абахьан. Х1ара а кхелхи дукха хьалхе. Х1инца, со, сайн цхьаъ бен воцчу доьзалхочух а воккхуш ву оцу… наха. Шадерриге а 1ана доьдуш ду, д1адолуш. Боккха болх бу-кх хьо дахар, мича аг1ора хьо лоцур ву ца хьаьа-кх хьуна, дагахь доцург хьуьлу-кх хьуна. Хьо кхийраниг. Х1аъ, хьо кхийраниг хуьлу. Хьо ч1ог1а ларвелларг.

16) КЪОЛА

Кейла шен метта хьалйолу д1айижа. Кейлина наб ч1аг1яллалца 1ай, ког байбеш чухула чекх волий, къуьно Кейлин куча киснара «мух1ар» схьаоьций, юха, Кейлин к1едачу меттах дай куьг хьокхуш х1ума до. Жимма цу т1ехь охьайижар кеп х1оттайой, д1а ара туьлу. Мизрахи ву лечкъина, дехьар чохь лаьтташ. Ша арайолуш, къуьно, кхунна ша д1ахьуш долу «мух1ар» схьагойту шен буйнара. Кхо, реза хуьлий корта та1абой, кьуг ластадо, - д1аг1о бохучу маь1анехь. «Мух1ар», къуьно, шена и дуьххьара а, т1аьххьара а гуш долуш, 1одика еш, хичу кхуссу.

1уьйранна Хизар вог1у. Цо не1 етта Кейлера.

Хизар
Во, Леви! Чохь вуй хьо? - Левис не1аре воьдий, иза чу вуьту. Цо кхунна совг1атна ч1ара беана.

Леви
Ва дера со-м чохь. Схьа чу вола. Хьо лаа лелий сан доттаг1, са а тасале. Ма дика веа хьо ва-м ткъа. Ас хьуна кху сохьта хьошалла дийр ду.

Хизар
Хьо сайна къинт1ера вера вуй хууш, эвхьаза хьан не1 туьйхи ас. Хьо цхьа болчу хьаькмашах тера воцуш, хьайга лерам хилийта хууш стаг ву хьо, ва Леви Мизрахи.
Леви
Суна хазахетийта г1ерташ воллу-кх хьо, Хизар, хьо дика стаг волун дела а, хьо оьздачу тайпнах волун дела а.

Хизар
Со новкъа валале хьан 1одика еш, хьоьга вистхила лууш вара со. Новкъахь х1ара ч1ара ийци ас, безамехь а хетта. Тахана 1уьранна лецна бу х1ара, хьажахь кхуьнга, ма ч1ара бу х1ара, ткъа, ба-м.

Леви
Хьо везийта хаьа-кх хьуна, сан доттаг1. Х1ара ч1ара хаза совг1ат ду хьан. Ч1ог1а хаза г1иллакх а ду ахь соьца х1оттийнарг. Ас, х1инцца, кху чуьрчу йо1е кеч а байтина, кхуьнан чоме а хьовсур ду вай. Схьа чоьхьа валал цкъа хьо. Кейла, х1ара ч1ара кечбел цкъа ахь, катоххий.

Хизар
Кейлас кечбина ч1ара баан 1ан а мегар дара. Делахь а, со новкъа вала кечам бина ву, хьевала ца лаьа суна.

Леви
Хезна суна, хьо, шайн Даймахка - Кавказе ваха воллу, - олуш, дуьйцуш. Делахь х1ета сацам хилла баьлла-кх хьан. Халам хета суна хьо кхин гур воцуш. Тешаме нах к1езга бисна вайн. Адам ч1ог1а охьатаь1на х1инца, дастам даьлла, к1езгделла шайн дахарца а, амалшца а.

Хизар
Кхузахь а, 1ен мегар дара, да-м, латта массанхьа дерг а, Аллах1ан ма дара. Адамаш а массо Дала кхоьллина а ма ду. Деган сатийсам хьалха баьлла-кх.

Леви
Хьан оьзда къам дуьйцу хезна суна. Шун мехкан хазалла а йуьйцу исбаьхьачу басаршца. Шун аьтто хуьлийла лаьара суна. Некъ маьрша хуьлда-кх хьан. Ас х1ун дика дийр дара хьуна?

Хизар
Динарг ву хьо. Ши весет ду-кх сан хьоьга: Кейла 1алаш е-кх, нахана беркате хир йолуш, оьзда йо1 ю иза. Цкъа мацца а, хьан, Кавказе ван дог-ойла хилахь, со волчу х1усаме хьо ца воссахь – ахь суна 1оьттина шаьлта чекхйоккхур ю-кх. Со дийна ца каравахь, т1аккха а, сан кхерч иза хьан кхерч бу-кх хьуна. Кху хийрачу махкахь ахь суна ч1ог1а вошалла дина массо а х1умант1ехь. Марша 1ойла.

Кейла, ч1ара схьаоьций сихха ц1ан бан х1утту. Схьабат1ошехь, кхунна цу ч1еран кийрахь шечух терра  «мух1ар» карадо. Цу балхах инзара йолий, Кейлас, шен кисана куьг хьокху, «мух1ар» ца карадо. Юха, бисмиллах1иррохьманиррохьим олий, кхуо и ч1ера  кийрара «мух1ар» кхин цкъа а шен кисана дуьллу, бехчалгаца ц1ан а дой.

Кечбина ч1ара ден схьабахьа йо1а. Йо1 цхьа тамашийна хийцаелла го ден.
Леви
Хьуна х1ун хилла, х1умма а лозуш-м яц хьо?

Кейла
Х1а-х1ан, х1умма а дац. - Леви воьхна ву. Хизарс динчу къамелана ду а ца хаьа.
Леви
Х1ара ас кхоллушшехь, хьайга д1аделла «мух1ар» схьада-хь, балха т1е вахале, диццадалийта сайн. - И аларцаний цхьаъ галдолий хедар 1анадо кхуо.
Кейла
Дада, ахь х1ун до, х1умам ца хилла хьуна?

Леви
Х1а-х1ан.
Кейла
«Бисмиллах1», - олий, шен киснара «мух1ар» схьадоккхий дега д1акховдадо. Да, ч1ог1а цецваьлла цу белхан, цо иза хичу ма кхоссийтинерара. Кадрана т1ехьара аз: - Ванах, и «Мух1ар» сийсара хи чу кхоьссина д1адаьлла ма ду, т1епаза. Кхо муха оьцур дара иза шен киснара схьа? Х1ара, боккъала а цхьа Делан болх бу кхузахь берг.

Кейла - Хьо стенна ойлаеш ву сан да?

Леви
Кейла, хьо бусалба динах юха ер йоцийла, со кхетча, сацам бира ас, хьоьга х1ара  «мух1ар» дайъитина, хьо паччахьан та1зарна к1ел яхийтина. Суна ахьа кхин некъ бацара битина. Цу 1алашонца, аса и «мух1ар», хьан киснара лачкъадайтинера, хичу кхосса аьлла. Со кхеташ вац хьоьгахь и муха нисделла юха а?
Кейла
Ас, массо а х1ума схьаоьцуш а, охьаюьллуш а «бисмал» доккхий бен куьг ца туху. Иштта, айса, х1ара «м1ух1ар» хьоьгара схьаоьцуш а даьккхира ас «бисмал», юха иза кисана дуьллуш а элира. Со д1аюьжуш иза сан киснахь дарий хаьа суна. 1уьйранна, ахь ч1ара кечъбе аьлла, со и ц1анбан х1оьттича, цу ч1еран кийрахь карийра суна, соьгахь хиллачух терра х1ара «мух1ар». Аса, кхераелла д1а кисана куьг кховдича, суна сайн киснахь «мух1ар» доцуш карийра. Т1аккха «бисмал» даьккхина, ч1ера кийрара х1ара «мух1ар» шозлаг1а а кисана диллира ас. Х1инца хьо тешна ву-кх Дада, оцу дешан дозаллин беркат, Дала шех тешначунна, шен муьт1ахь сецначунна делла жоп а. Хьайн доьзалхочуьнан къа хьарчарах Дала хьо хьалха муха ваьккхина а. Оцу цхьана «бисмиллах1иррохьманиррохьим», - аьлла долчу дешан беркат а, ни1мат а ма доккха ду-кх. Альхьамдулиллах1.

Леви
Аса тидам т1ебохуьйтуш к1езиг х1ума дара кху т1аьхьарчу хенахь. Кху гонд1а цхьацца х1умнаш хилла ас тидам ца беш, гергара, юххера адамаш, соьгара шайна 1уналла оьшуш хилла долу. Со ца кхетар...

Кейла
Суна хаьа дада, оцу долчунна а хьан т1ехьа лаьтташ цхьа х1ума дуйла. Дуьххьал д1а, хьо кхоьру иза бакъдан. Х1инца хьо къехкаш верг, иза, хьо, х1инца мила ву хилар дац. Хьо изалуш дерг, хьох кхин д1а мила хир ву, - бохург ду. Ца хууш дерг, иза, дазлой дуьхьалах1уьтту вайна.
Леви
Ма къила вахан со Далла хьалха а, цул т1аьхьа, хьуна хьалха а, сан йо1. Къинт1ера ялалур юй хьо суна, х1окхул т1аьхьа?
Кейла
Со къинт1ера яьлла-кх хьуна, со санна Аллах1 Дела а къинт1ера волийла-кх хьуна, Дада!

Леви
Хьан нана д1аяьлчхьана, сайн дарж лардан г1ерташ, дика болх беш верг хила г1ерташ, ша йолу ойла цу балха т1е а яхийтина, суна диц а деллера да муха хила веза а, доьзал муха  1алаш бан беза а.

Кейла
Ахь ч1огг1а сагатдеш ду-кх т1аккха сан нанна.

Леви
Х1ора дийнахь. Амма х1инца хии суна, иза суна гуш хиллий а, ган йиш юй а, хьо гуш хилчхьана, хьоьга хьаьжчхьана - сайн йо1е.

Кейла
Хьо, хьуо висан, хьо цхьаъ лараве аьлла ма дац цу хьайн г1айг1анцани... Суна, сайн ненан метта хир ма ю, иман долуш кху чу ц1еннана хила еана стаг.

Леви
Мел ч1ог1а тера ю-кх хьо х1инца, хьайн ненах. И санна, доьналлех юьзна, къинхетаме, собаре, дог эца хууш. Иман дерг ялаян, со, суо а хила ца веза иман диллина и сайгахь долуш а?
Кейла
Х1инца хьуна х1ун ду новкъа, хьайн Далла хьаствала, Цунна т1етовжа, Цуьнца хьайн иман а диллина?

Леви
Бисмиллах1иррохьманиррохьим! – олу, элир-кх ахь. Ашх1аду аля илях1а иллаллях1, ва ашх1аду анна Мухьаммадан 1абдух1у ва расулуллах1. Со Аллах1ан а ву, Аллах1 Дела сан а ву!

17) ЛЕВИН Ц1АХЬ

Кемаль, д1асахьажар а долуш новкъа вог1у. Леви ву цхьана х1уманна леррина ойлаеш лаьтташ, шен ц1ахь.

Кейла
Дада, хьох дагаяла лууш яра со. 1абдуллах1 а вара сагатдеш. Вайша г1арадалахь, вайна цхьа бохам барна кхоьру ша бохура цо. Сох дерг-м, х1ета-вета а хууш дара. Ахь бусалба дин т1еэцар ч1ог1а хьул де бохуш вара иза. Цкъачунна хьоьга, хьайн духар ца хуьйцуш х1ума ден ала бохура цо. Цхьа ницкъаш болчух тера ду, паччахь хийцина, х1окху мехкан г1ора дайъа лууш. Цара х1уъу а дийр ду аьлла хета цунна, шайн 1алашоне кхача. Оцу Кемалех а ца теша иза?

Леви
Хаьа суна, цхьадерш. Хьан са ца гатдан хьаха ца дора ас-м. Арахь не1 туху кхеран. Леви дуьхьала ара волу. Юха, Кемаль валош чоьхьа волу.

Леви
Хьо лаа лелий, Кемаль?

Кемаль
Цхьа г1уллакх хьахон веана со. Хьан йо1 чохь юй, кхин хийра стаг-м вац кху чохь?

Леви
Тхойша тхаьшшиъ ду.

Кемаль
Хьан йо1а бусалба дин т1еэцар къайла ца дахна, Леви Мизрахи. Шун тайпана нах резахир боций хьуна дика хаьа цо динчунна, кхин ч1ог1а ца аьлча. Хьо, хьайн йо1 эцна кху махкара д1аваха везаш ду кху чохь х1оьттина хьал, кху сохьта.

Леви
Х1ара де тхайна т1ех1уттур дуйла-м, шек вара со. Ма боккха болх бу-кх цхьана неха лаамаш бахьанехь, хьо д1акхалха веза бохург, хьайн кхерч а битина.

Кемаль – Мел хала делахь а, кхин некъ бац хьуна. Ма хуьллу сихха   новкъа вала а веза хьо.

Леви
Иштта ца торруш ду-кх хьал-де?

Кемаль
Туркойн а, Гуьржийн дозанахь и Кавказхо Хизар а вийна. (Мизрахи ша волчехь охьалахло.)

Левии
Ткъа, цуьнан доьзалха х1ун хилла хаьий?

Кемаль
Цуьнан доьзална гуьржаша дола дина куц ду, цуьнан цхьа к1ант воцчунах. И к1анат юханехьа веана, тхо иза лохуш ду. Кхин цхьаъ ду: кхузара шайх 1абдаллах1 вийна тахана. Мизрахи гуттара холча х1утту. Дехьара чохь Кейла а ю шадерг хезаш.
Кейла

«Инна лилЛах1и ва инна илайх1и рожи1ун».

Кемаль
Х1инца, кхетий хьо, сихо х1унда я еза ашшиммо?

Леви
Муха вийна иза? Хьан вийна? Х1унда вийна?

Кемаль
Маьрк1ажа ламазна т1ехь лаьтташ а волуш, маьждигехь. И вийнарг наха вийна, гена вала ца кхиъна. Сан белхалой и г1уллакх толлуш бу. Коьртниг иза хьан вейтана ду. Цунна тхо т1аьхьа а кхуьур ду, хьен ца луш.

Леви
Иштта а хууш ду шадерг а. Бердах даьлла дистина дог1у хи сацалур дац, иза д1асдаьржина а даьлла, цо шен болар лаг1далца.

Кейла
Х1ун ца тоьу, кху доккхкачу дуьненахь? Х1унда оьшу ц1ий 1енор? Делан шен рицкъан белхашца даха деана долу адам, нуьцкъала хьийзор стенна оьшу? Ша реза воцу х1ума ша санна долчу адамера даьлча, цуьнгара жоп деха лууш волчунна х1унда ца хаьа, шегара жоп дехаза Дела а 1ийр воций? Латта шорта ма дара, къахьегчхьана, рицкъа а Дала латтош ма дара массарна а. Х1унда ца мега массо а адамаш бертахь даха?

Кемаль реза ву кху хьолана, цунна хетарг хуьлуш ду кхунах.

Леви
Дика ду, Кемаль. Айса а, ян сан йо1а а дина цхьа азулам ца го суна, тхойша ц1ера дала дезаш. Эшахь ас жоп лур ду.   Хьуна баркалла ду тхоьгара, ахь тхуна сагатдарна.

Кемаль
Нийса ву хьо. Вуьштта, и «Мух1ар» - цунна х1ун до ахь? Иза ларамаза дахь, ян цхьанни кара додахь?

Леви
«Мух1ар» балхт1ехь ду, цу чуьрчу сайн белхалочунах тешийна низамехь ма догг1у.

Кемаль
Х1аъ… Дика ду т1аккха-м… Сан са парг1ат хир ду х1инца. Белха г1уллакхаш дукха ду сан. 1одика йойла. (Кемаль д1авоьду.)

Леви
Марша г1ойла.

Леви
Кейла, вайшиъ кхузара д1а ца кхалхахь дер дац. Сихха новкъа баккха мохь кечъбе-хь вайшинна.
Кейла
Х1инццеххьий? Вайшиъ стенга г1ур ду д1а? Буьйсана?
Леви
Аллах1 воцуш меттиг яц кху дуьнен т1ехь цхьанхьа а. Дала вайна рицкъ делларг лелор ду-кх вайшимма а. Сихо ян еза. - Г1ийла ойла а еш боху цо иза, цхьанхьа а сиха а воцуш санна.

Кейла
Кейла леррина хьожу шен дега: Дада, ма ч1ог1а ду-кх хьан Аллах1ах тешар. (Дех ч1ог1а къахетий) - Я Робби, х1унда ца 1еба х1ара адам, шайн хьолах? Дада, ахь «Мух1ар» балхат1ехь дитина ма элира, иза суна хьоьгахь ма гира?

Леви
«Мух1ар» соьгахь дуй хиънехь, Кемальс вайшиъ тховсехь дуьйр дара. Ткъа, Паччахье цо: ас «Мух1ар» дайъина аьлла мотт бийр бара. Х1инца, иза балхат1ехь хилча, вайшиъ ден бахьана ца дуьсу цунна. Амма, вай сихо ца яхь цунна кхин бахьана-м карор ду. «Мух1ар» ас вахана, сайн г1оьнче д1алур ду, цо иза шен метте д1акхачор ду. Хьо суна собар деш г1алара пен уллохь соцур ю. Некъ беха бу хьуна вайшинна, хан к1езга а ю хьуна вайн. Вайх х1уъу а хилахь а, Дала вайна деллачунна реза ду-кх вайшиъ. Цо динарг цхьа а вон а дац-кха.

Кейла
Даламукълахь! Иза вайна резахилчхьана.

Леви
Вайшиъ, т1ехьара не1арехула арадер ду. Чиркхаш летта буьтур бу вай. Лардалар т1ехь ду вайна.

Кейла
Я Аллах1 сан Дела, лахь а дисахь а Хьо воцчохь хир дац тхо, хьуна т1етевжина ду хьуна тхойшиъ: «Хьасбуналлох1у ва ни1маль вакила».                Х1ара шиъ, шайн беза боцу мохь а оьций д1а новкъа долу. Кхарна т1аьххье, цхьа д1акъовлавелла стаг вог1у кху чу, шегахь урс а долуш, кийчча. Амма чохь цхьа а кара а ца вой, сихха д1а арахьоду, хаам бан кхаршиннах лецна.

18) Г1АЛА ЙИСТЕХЬ

Х1ара шиъ х1инца г1еххьа гена даьлла шахьарна. Шаьшшинна цхьана ханна йолу пхьоьг1а а йоьхна д1атардала г1ерташ ду.

Леви
Кейла, дечкех х1ума а йохьуш, кхин г1алахь керла хабар дуй а хьожуш, ваг1ана х1ума до хьуна ас. Хьуна д1ахаалахь: хьоьца цхьа вуон болх хилахь соьга ч1ог1а лалур дац хьуна. Ас пурба цало хьуна буха саца цхьа кхерам хилахь. Кхин цхьа х1ума а ду: Хизара соьга Нахчийчохь нислахь шайга вар т1едожийнера. Ас олу хьоьга: и цуьнан к1ант дозанера вухавирзинчух тера ду, Кемаль ву иза лохуш. Цунна а бу боккха кхерам. Хьайна иза гахь… хьуна тешаме накъост ву хьуна иза, цуо шен са д1алур ду хьуна хьан ц1аза п1елг лаза ца байта. Иштта бу хьуна бакъболу нахчий. Дала 1алаш де хьо сан жима к1орни.

Кейла
Дада, хьо хьелур ма вац, ваций? Со суо ютур ма яц ахь?  Вайна х1умма а хир ма дац. Ас, хьо схьвог1ушехь х1ара шад баьстина жимма кхалла х1ума кечйо. - Леви сихачу боларца гена волу.
Леви
Я Аллах1, Хьох тешна дуьут-кх ас сайн хьомсара бер, сайн жима Кейла. Х1инца бобер а. Уьш т1аьхьара бевр бац тхуна. Лараш сайца д1ахьур ю ас. Со гучувер ву, иштта иза к1елхьара йоккхур ю ас царех.

Г1амара арахь, мохо ловзина, зарзйина шляпа яхьа аййина. Цхьана кулах тасалой, цунна т1е г1амарш а хьокхий соцу иза. Кейлина б1аьрг кхета цунах. Т1е а йоьдий схьаоьцу. – Х1ара-м Ханинаг ма ю. Муха, мичара?  Дагалецамашка йоьду, б1аьргара хиш а ца совцу. Геннахь, г1алин юккъехь герзаш дуьйлуш хеза цхьа геннара. Кейла сингаттаме хьевзу.
Кейла
Даго диканиг ца хьоьху суна. Дада д1авахана ши сахьт а хир ду. Х1унда хьевелла-те иза? Со т1аьхьа яхан а меттиг бац. Суна иза стенга вахана хир ву а ца хаьа. Юха а иза веана схьакхачахь, со бухахь а ца хилахь, т1аккха а мегар ма вац иза. Х1ан, 1ад 1ийр ю со, Деле сайна собар а доьхуш. Нагахь, сахилча а иза схьацаваг1ахь, т1аккха иза лаха г1ур ма ю со. Маккхал а юха вирзина элира Кемальс. Стенгахь хир ву-те иза? Дозанах дехьа ца валавелла? Ян вала ца лиъна? Х1ун ц1е ю цуо соьгахь латториг?    Буо ду иза х1инца, да а вийна цуьнан, дог 1овжийна хир ду цара цуьнан. Х1ун ойланаш еш лела техьа иза? Х1ун дагахь ву техьа? Кхин цкъа а гур а вуй хьовх суна иза? Эзар хаттар ду сан, цхьа а жоп а доцуш. Со телхаш летта.

19) Г1АЛА ЮККЪЕХЬ

Леви г1алара урамашкахула вог1у, цхьаннах а лечкъаш а воцуш. Ц1еххьана гуо бу цунна. Лета уьш цунах. Урс даьттий охьавуьллу. Маккхал т1екхочу царна. Иза лета царех. Царна тоха ка йолу Маккхалан. Шеца Леви а оьций к1елхьараваккха г1урту. Гена валале Левис ша кхин д1а ма вига олий, совцу.

Леви
Маккхал, Кейла Бас-Аре олучохь, лечкъина ю хьуна. Со вита, иза к1елхьара яьккха. Шу лохуш ву хьуна Кемаль, цо дийна дуьтур дац шу. Хьалха Аллах1ах, цул т1аьхьа хьох тешийна ю-кх Кейла. Ма 1е д1аг1уо, хьайн ларш ма йита царна. Ля илах1а иллаллах1 Мухьаммадан расулуллах1… (Леви д1аволу Маккхалан карахь.)
Маккхал
Ас тесна вуьтур вац хьо Леви, сан де доттаг1, х1инца бусалба ваша а. Ас туркойн къонахошка д1аверзавойтур ву хьо бусалба динехь верзо ма веззара…

20) БАС-АРЕ

Кейла г1еххьа шелъелла 1аш ю, г1ала аг1ора ла а доьг1уш. Веана цунна т1ех1утту Маккхал. Кейла 1адийна.

Кейла
Маккхал? Муха? Мичара? Хьо кхузахь велахь, делахь х1ета сан да кхерамехь ву-кх?
Маккхал
Х1инца кхерам бац цунна. Хьан да воцуш ву. Со дукха т1аьхьа т1екхиъира царна. Цунна чов йинера цара. Инна лиллах1и ва инна илайх1и роджи1ун. Дала гечдойла цунна.

Кейла
Х1инца мичахь ву иза? Цуо дин т1еэцнийла хьуна маца хиъира?
Маккхал
Шах1адат далийра цуо, юха шуна т1аьхьа даьлла орца а хилча, биллгала кхийтира со. Ас туркойн къонахошка д1аверзаве аьлла иза, вайн динехь. Тховсехь каш даьккхина д1авуллур ву цара иза. Хьо к1елхьара ялийта ваг1ана иза царна хьалха. Хьо шен сил дукхаезаш хилла цунна. - Кейла 1адийначохь йисна. Когаш т1е охьалахло иза. Кхин б1аьргех дала хи а ца дисна. Юьхь т1ехь кхиръйоьлла.
Маккхал
Кестта, хьецалуш туркой к1ентий схьакхочур бу. Царца д1аг1ур ду вайшиъ. Х1инца хьо хьуо цхьаъ йисна кху доккхачу дуьненахь, цхьалха. Вайшиъ ши буо ду х1инца. Бераш-м дац вай, делахь а, - буо дукха.
Газетех ц1е латайо, цу т1е цхьацца йогун йолу х1ума а кхуссу, шляпа а.
Кейла
Къодароллох1и ва ма шаа фа1аля! Дела кхел ю-кх лелаш ерг. Альхьамдулиллах1и 1аля кулли хьалин. Дала динчунна реза ю-кх со. Дадина хаьара хьо… ян ч1ог1а лууш хилла…
Маккхал
Кейла! Ва Кейла!

Кейла
Х1ун элира ахь?

Маккхал
Кхечу хьолехь, х1ара къамел хьоьга ца дан аса сайн са долуьйтур дара. Вайшиъ, вайн боцчу т1амехь ду. Т1ом къиза бу, нах бу къиза. Нагахь санна, иллаъ-биллаъ, - аьлла, хьо суна дуьхьала яцахь, вайшимма цхьа х1ума до.

Кейла
Х1ун до? Стенна дуьхьала? Хьо стенга ваг1а воллу со а йитина?
Маккхал
Кейла!

Кейла
Ма ала соьга цаьрца д1аг1о, ма йита со суо!

Маккхал
Соьга олуьйтуьй ахь, Кейла?

Кейла
Х1ун ала воллу хьо?

Маккхал
Со, сайн да витина, йиш-ваша а дитина схьавеана, уьш 1едалан кара а бахна, беллий-бисний. Цигара г1ала1ожа йожийтина со… Вайшиъ х1инца лечкъаш лела дезара ду. Цхьана лела бакъо яц вайшинни вайн динехь...

Кейла
Ма йита со суо! Соьга лалур дац: да а кхалхар, хьо а д1аводахь…

Маккхал
Кейла! Вайшиъ цхьаьний туркош болчу г1ура ду. Цигахь къеда а хир ву. Ас аьлла цаьрга иза караве аьлла. Ас х1инца хьоьга хоьтту: хьо реза юй сан сте хилла, сан ц1арт1е яла? Хьо реза яцахь…

Кейла
Ю, ю со, реза ю со хьан сте хила… Ахь бохург дан реза ю со…                Соцунг1а а хуьлий лаьтта х1ара шиъ, вовшийн б1аьргашчу а хьоьжуш. Эххар а йо1 цициг санна к1антана т1ехьаьрча, елха а ийзош, ян ирсана делахь а, ян йохар делахь а… Маккхалс ца ваьлла т1оьхула куьг туху цунна, дукха къахетий.

Маккхал
Я Аллах1, тхан Дела! Хьо гуш ву-кх х1ара тхоьгара хьал-де. Юьхь1аьржонах ларде Ахь тхо, кхин дерг Хьайна луъург а деш тхох.


ХЬАЛХАРА ДЕКЪАН ЧАККХЕ

 


Рецензии