Iадат

Сан да Акаев Наурдин а
(Заурбекан васт),
ночхчийн шина  т1амехь
бехк боцуш эгна адамаш
 а дагалоцуш…

 I

Са хуьлуш дара…Меллаша набарха йолура юрт. Амма Заурбекан х1усамехь дукха хан яра массо а г1еттина. Кхузахь Тасуевг1еран тайпанера массо а къонаха вовшахкхеттера. Цара бийцаре беш бара тховса кхочуш хила беза шайн дахарера уггаре а маь1не хилам. Уггаре а ч1ог1а кху дийне сатийсина волу Наурдин-м вацара къамелехь дакъа лоцуш. Иза массарна а генна ваьлла кхоьлина 1аш вара. Еха къоьжа месаш а, яьлла маж а – замано г1елдиначу цуьнан юьхь-сибат т1е хьаьжча гуш дара мел  беза хилла дахаран мохь.
Г1айг1ане ойланаша к1елвитинера Заурбек. Цуьнан б1аьргашна хьалха лаьттара яханчу заманера и ирча суьрташ. Цунна гуш яра генарчу паналле шаьш эцна йоьдучу цу шийлачу ц1ерпоштан вагонаш, луьрабоьллачу саьлтийн оьг1азе яьххьаш, лай т1е охьакхиссина сенделла декъий. Цунна тховса юха а х1етахь санна уллохь хеталора чилланах кхуьнан и эг1азе жима дег1 дохда г1ерташ хилла ненан ховха ши куьйг.
Ткъа юха дагалецамаша дуьхьал тессира х1орш махкаха баьхна масех шо далале генарчу Казахстанехь кхунна т1е1оттаелла дахаран и чолхе киртиг. Даго х1инца а бохура х1етахь кхин некъ ца хиллий, кхин юхавала меттиг ца хиллий. Алихан ц1е йолчу цхьаьна са к1езиг х1умано бехк боцуш кхуьнан ненан ц1е сийсазйира. Ткъа и санна дерг нохчийн 1адатан терзанан барам т1е диллича ц1ийца бен декхалуш дац. Х1ара шиъ тассавелира. Алиханан г1о лаца цуьнан накъостий кхечира. Ницкъаш цхьатерра бацара, цундела Наурдин урса т1е кхевдира. Чов ч1ог1а ца хиллехь а, Алихан дукха ц1ий д1аэхар бахьана долуш д1авелира.

Заурбекана  ша цу девнехь ч1ог1а лазийна воллушшехь 1едалан кхелах ца велира - цунна итт шо хан туьйхира. Ала деза, Заурбекана хилла чевнаш к1езиг яцара. Алиханан гергарчу наха цу девнехь диг диттина а ца 1аш, тоьпан д1аьндарг а дег1ах чекхяьккхинера . Рицкъ хиларна Заурбек виссира.
1едалан кхеле х1ара г1уллакх диллинчу хенахь, кхин цхьа кхел яра йоьдуш – цигахь сацам беш Алиханан гергара нах бара. Цара ч1аг1о йира шайн аьтто ма белли Алиханан ч1ирана Заурбек вен. Заурбекана хаьара 1едалан кхел чекхьялча, 1адатан кхел хир юй, ткъа иза кхуьнан ц1ий 1анорца бен кхочуш хир йоций а.
Кху заманахь ч1ир лехар иза дицдан хьашт долу къиза 1адат хета. Амма чаккхе йоцучу т1емашкахь шайн маршо къуьссу нохчийн ч1ир лехаран 1адато ур-арталла совцабаро адамна т1екховдарах.
Сталин веллачул т1аьхьа, 1953-чу шарахь Заурбекана амнисти йира. Кхо шо набахтехь а даьккхина, иза  маьрша велира, доьзал а кхоьллира. Дуьненчу велира цуьнан дуьххьара к1ант Саь1ид. Денош а шераш а луьстуш д1ауьдура зама, хеталора дахар шен хорше доьрзуш ду.
Амма дукха хан ялале нана д1аелира. 1941-чу шарахь Брестан г1ап ларъеш доьналлица кхелхиначу шен ц1ийндена а, геналлехь биссинчу Даймахкана а сагатдаро г1елдинчу цуьнан деган кхин д1а деттадала ницкъ бацара. Ша дуьненчуьра д1аяллалц ларйира цо фронтера деанчу кехатан мажъелла юьхк.
Инзаре дукха нохчаша гайтира шайн доьналла Даймехкан Сийлахь боккхачу т1амехь. Цхьаьна Брестан г1опехь т1еман хьалхарчу деношкахь шайн синош д1аделира ши б1е сов нохчийн б1аьхочо. Амма майраллица шаьш Даймехкан сий къуьссучу хенахь царна ца хаьара ямартхойн йоцу ц1е а кхоьллина массо а нохчий а, г1алг1ай а сийначу Сибрех а, Казахстане а, Г1ирг1азойн махка а д1абохор буй. Кху дуьненна шех тераниг кхин гина доцу, шен къизаллица дуста барам боцу и зулам хилира 1944-чу шеран чилланан беттан 23-чохь Ц1ечу эскаран дезчу дийнахь.   
          Ре1адат кхелхинчу шолг1ачу дийнахь д1айоьллира. Назманан г1ийлачу узамца т1аьххаьрчу новкъаеккхира к1еда-мерза, комаьрша хилла нана…Цкъа а ца хилча санна д1аелира иза Заурбекан дахарера, к1ентан дагчохь цкъа а йоьрзур йоцу чов а юьтуш. Гергарчу наха г1о дина доллушшехь, дайн 1адаташ лардеш, йолла ма еззара шен нана д1айолла аьтто ца белира Заурбекан. Тезет а г1ийла яра. Чуртан метта Ре1адатана кошан г1овланга цхьа жима т1улг биллира. Иза х1инца а 1уьллу цигахь…нехан лаьттахь. Ткъа ц1а а еана д1айолла езаш ма яра, амма цкъачунна я таро а, я ницкъ а бац. Амма Заурбек тешна ву заманан йохалла кхуьнан лаам к1енташа кхочуш бийриг хиларах.
1957-чу шарахь нохчий а, г1алг1ай а буьрсачу 1ай б1аьстенах хьаьгна човканаш санна, кестта Даймохк гур хиларо ойла т1омаяьккхина, хазахетарца схьаоьхура Кавказе. Ма боккхачу сингаттамца новкъйохура Заурбека Даймахка ц1а оьхучу шен махкахойн и ирсе тобанаш.  Ч1ир хьаьрчина хилар бахьана долуш, ц1ехьа боьду некъ цунна бихкина бара, цундела иза виссира цигахь, нехан махкахь кхи д1а а чолхечу дахарах доьналлица тийссавала. Дахар дан а дацара атта, амма набахто зийна волу Заурбек ца къехкара халонех. Заурбекан доьзал нахал тоьлла 1аш бацара, я эшна а бацара. Саь1ида школехь кхиамаш бохура, иштта дуьненчу делира кхин а ши бер йо1 Зарган а, к1ант Ибрах1им а.
Хаза кхаъ беара Кавказера а. Цигахь цуьнан гергара нах шайн ма-хуьлла Алиханан гергарчу нахаца барт бан г1ертара кхи д1а хин долчунах лаьцна, х1унда аьлча Заурбек къаьсттина цу доьзалца г1иллакх лаьцна ма вара Даймахка ц1а верза йиш йоцуш.

Зама-м шен шераш хуьйцуш, ша цхьаммо сацорна  кхоьруш санна д1ауьдура. Заурбек массарна а къайлахь Нохчийчу ц1а веара, шен тайпанера къаношкара бакъо а яьккхина.  Амма ца веара ша вина а, кхиъна хиллачу, нохчийн лаьмнийн к1ажехь 1уьллучу шен юьртам-м. Иза ваха хиира цунна дукха гена, Теркйистера цхьаьна к1отарехь. Кхузахь иза цхьаьнна а новкъа воцуш, шен хьанал рицкъ доккхуш, къахьоьгуш     1аш вара.
Доьзал кхиира. Школа а ткъа цул т1аьхьа университетан юридически факультет а чекхяьккхира воккхахволчу к1анта Саь1ида. Лоьран корматалла кара а ерзийна, нехан ц1ент1е д1аяхара Зарган а.
Жимох волу Ибрах1им школехь доьшуш вара. Леккхачу дег1ахь, зоьртала, ц1ена нохчийн амат а, иштта дахаре сирла хьежам а болуш, шен дена дика накъост кхиира цунах. Заурбека массо а берашна юкъахь Ибрах1им вара уггаре а комаьрша а,  схьаийна а.
Заурбека цхьаьнна а ца хоуьйтура ша Ибрах1им доьзалехь къастош вуй. Амма х1ете а цхьацца х1уманна т1ехь гучуболура цуьнан жимхага болу безам. Иза ларамза а ца хиллера. Заманан йохалла Ибрах1има шен оьздачу г1иллакхашца, йист йоцучу доьналлица гойтур ду массарна а эрна ца хиллий дас шеца лелош хилла и шатайпа юкъаметтиг…
Нохчийн массо а 1адаташна юкъахь ч1ир йитар уггаре а к1орг1ера а, чулацаме а лара мегар ду. Вайн дайша шираллера схьакховдийначу цу ламасто бен доцуш вуьтур вац цхьа  а. И кхочуш деш йоккхуш йолу х1ора а г1улч ю к1оргера маь1на долуш. Цкъа хьалха билгалйиначу меттиге т1екхочу нехан карах веллачун гергара нах. Цхьаьнакхетаран меттиг дукха хьолахь юьртана геннахь, шерачу аренгахь билгалйоккху. Вийначу стеган гергара нах схьакхаьчначул т1аьхьа, юкъахьлелаш волчо ларамца хаам бо цаьрга ч1ирхой кхеран кхеле ладог1а кийча хиларах лаьцна. Ткъа цул т1аьхьа ц1ий 1анийначун аг1онерчара д1аболабо шайн и башха некъ. И меттиг мел гена елахь а, цига г1аш ваха веза. Тобанна хьалха ваьлла шен уллерчу гергара нахаца (да, ваша, к1ант) воьдуш хуьлу ч1ирхо. Еха палаш, башлакхца д1акъевлина корта а, юьхь а. Цунна т1аьхьах1иттина бог1уш хуьлу цуьнан гергара нах, ткъа царна т1аьхьа тайпанан векалш.
Шайн стеган карах веллачун гергара нахана т1екхача масех метр йиссинчу хенахь, тоба соцу. Цигахь шина тайпанан къаной дуьхь дуьхьал х1уьтту шайн деха къамел д1адоло. Шина а аг1оно билгал ван везаш волу къано юкъараллехь дика ц1е йоккхуш, динан 1илма долуш хила веза. Нагахь санна и санна верг вацахь, тайпанера я, юьртара кхайкха веза. Церан къамелах доьзна хуьлу кху г1уллакхан муха т1аьхьало хир ю. Ткъа бина сацам шина аг1оне бовзуьйту. Ч1ирхо вуьту, амма цу т1ехь дерриге а чекх ца долу. Шега дош доьхий вистхуьлу стаг стаг вийначеран аг1онера векал лаьтта къано. Иза гулбеллачаьрга вистхуьлу. Цуьнан къамел дукха хьолахь кегийчарна лерина ду. Цо сийлахьчу Къор1анан сураташна т1етевжаш дуьйцу мел беза бу адаман мах, мел деза ду Аллах1 Дала стагана чудиллина са, ткъа иза дег1ах къасто цу Аллах1ан бен бакъо а яц. Цо дуьйцу мел беза бу адамийн вовшашца хила беза ларам, нохчийн юкъараллас кху дийне схьадеанчу 1адатийн мехаллех лаьцна дуьйцу цо. Къаночун къамел деха хуьлу, амма цуьнан маь1на массарна а кхеташ ду – оза терза карор доцуш еза ю нохчийн къоман син-оьздангаллин лард, ткъа иза ларъян къонахалла, доьналла хила деза х1орангахь а.
Къаночун къамелана новкъарло ярна кхоьруш санна, меллаша диттийн гаьннаш хьоьстура б1аьстенан мелачу мохо. Лаьттахула доьдучу сагалматан болар а хезар долуш тийналла х1оьттира гулбеллачарна юкъахь. Ткъа къано-м ойланаша масачу дойша санна вадийна генарчу геналле вигира. Тахана иза шина тайпанна юкъахь машар бан лаьтта. Тасуевг1ар бу тховса ч1ирхой – Заурбекан карах велла Алихан, амма къаночунна хаьа шен цхьа а шеко йоцуш царех дош дала бакъо юй, х1унда аьлча дагалецамаша иза сихвина кху тийначу Шина-Суьйра юкъара майданера буьрсачу Органан ч1оже вигира. Цигахь…дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь 1уьллучу Ч1иннахахь ц1ий 1анар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина к1отарна – Боки-Дукъархошна а, Уьшкхалошна а юкъахь заманан йохалла д1адоьдуш дов дара. И шайна юкъара ч1ир кар-кара а оьцуш д1акхоьхьуш дара цара и мостаг1алла. Т1екхечира т1еман и къиза шераш. Паччахьан 1едало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса г1евттина мур бара и. Цу т1амехь майраллица летара Боки-Дукъара Заурбекан кхоалг1а да Т1ас  а, цуьнан ваша Арсгири а. Х1етахь церан ч1ир йитаза яра, х1унда аьлча кхара Уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворх1 стаге даьллера, ткъа Буки-Дукъархойн дуьхьал винарг ялх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъян, Уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн ч1ир эца. Амма т1еман к1урлахь-м церан мостаг1а цхьаъ хилира, х1унда аьлча къуьйссуш ерг Даймехкан маршо яра. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша Т1ас цхьаьна а волуш т1екхечира мостаг1чун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна. Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа д1адахьа аьтто ца болуш д1абахнера. Юьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан ч1ирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи д1а х1ун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена т1ера верта схьа а даьккхина, Делан ц1е а йоккхуш, дакъа цу юкъа а хьарчийна, иза веллачун говра т1е а диллина, шен ваша Т1ас т1аьхьа а х1оттийна новкъавелира Арсгири. Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, д1ахийцира говр. 1уьйранна и говр шайн керта еъча, цу т1ера шен к1ентан цхьаммо леррина г1айг1а беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира – суна хаьа х1ара тайпа х1ума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира – шуьца долу мостаг1алла тховса чекхдаьлла, Уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган аьлла. Оцу кепара Боки-Дукъархоша гайтина яьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостаг1алла хадош, т1аьххьара шайн вийна стаг витира царна Уьшкхалахоша. Шайн мостаг1аша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, г1иллакх а гойтуш.  Къано сецира, вехха лаьтта б1аьра хьоьжуш. Маржа-я1 нохчалла…Башломал леккха хилла-кх хьо, амма хьан ирхенаш яха дац-кх атта…
Бехк боцуш вийначун ч1ир атта йитина яц нохчаша. Хийла ц1ий хьуьйдина ду нохчийн латта, эцна ч1ир бахьана долуш, хийла хьех ю мостаг1ех ведда ч1ирхо шена чохь лечкъийна. Амма делла дош нохчочуьнга юха оьцуьйтуш, цуьнга шен оьг1азло къинхетамна хийцийта ницкъ кхочург г1иллакх ду! Заманан йохаллера дуьйцуш схьакхаьчна вайга нохчийн лаьмнашкахь некъ тилина, ларамза шен керта веана ч1ирхо и хьаша хиларна витина масалш. И ч1ир оьцуш а ларйина нохчаша шайн оьздангалла. Масала, ч1ирхо вен а вийна, цуьнан дакъа цкъа а тесна дитина дац нохчочо, иза экханах лардеш, юьстах а доккхий, цунна т1ехь Йеса а доьший, иза волчарга хоуьйтуш хилла – оха тхайн стагах ч1ир эцна, ткъа шайн дакъа билггал эццера д1ахьо. Иза ю и заманан дарцашка ца йожъелла нохчалла…кху дуьненан букъа т1ехь цуьнца юста мехала карор яц цхьаьнна а я, карийна а яц…
Шен къамел дерзош, цо ч1ирхошка хаам бо уьш бита а, т1елаца а дуьхьал йолу аг1о реза хиларах лаьцна, ткъа цул т1аьхьа шайн стаг вийначу мостаг1ашна ц1ий хьанал деш, гечдан собар а, кхетам а Аллах1а баларна хастам беш до1а до воккхачу стага. Бехк боцуш даьккхина са ц1ийца бен декхалур дац, амма нагахь санна ахь и кхел Делан каралахь, хьуна цуьнгара ял хир ю.
Цул т1аьхьа ч1ирхойн аг1онера къано вистхуьлу. Цуьнан къамел доца а, оьзда а ду. Цо баркалла олу Дела шен доьхьа шаьш т1еэца собар карорна, Делан шен доьхьа шайн стеган ц1ий хьанал дарна. Т1аккха шина а аг1онера нах куьйге боьлху.
Амма цу т1ехь а чекх ца долу и. Т1екхочу уггаре а чулацаме а, уггаре а ч1ог1а дагах кхеташ, и дог карзахдоккху м1аьрго. Селхана-стомара мостаг1ий хилла лаьттинарш, тховса цхьа гуо бой д1ах1уьтту. Цу гуонна юккъехь лаьттачу г1анта охьахуу ч1ирхо, ткъа цунна т1евог1у ч1ирхочун карах веллачун к1ант. Цо шен куьйга схьайоьллу заманан йохалла кху дуьненахь ч1ирхочо лечкъийна хилла юьхь. К1ентан карахь шаьлта санна ира урс ду. Селхана ша шен ден сина дуьхьал са даккха ч1аг1о йиначу стеган тахана цуо х1уммаъ собарах ца вухуш, маж а, корта а бошу. Дала хийцина цо шен дахарехь х1оттийна хилла уггаре а коьрта 1алашо. Къаьхьачу цабезаман метта, Кхоьллинчо цуьнан кийра ца духу собар а, кхетам а боссийна. Ч1ир леха араваьлла хилларг кху м1аьргонехь урс карахь лаьтта, амма и урс ц1ий 1ано айдина дац, шина тайпанна юкъара мостаг1аллин пардо д1айоккхуш айдина ду. Шен ч1ирхочун юхьт1е оьзна башлаккх д1а а йоккхуш, цуьнан шерашца яхъелла къоьжа маж д1а а йошуш, цо тоьшалла до мел боккха ницкъ хилла шегахь, кийра буьзна хилла оьг1азло, тховса шайт1а эшош, къинхетамана хийца. Цо шена а, нахана а хьалха тоьшалла до ша Делан лай хиларан, ша делла дош, х1ара дуьне мел деха, дехар хиларан, ша а, шен дийнна тайпано а тховса Делан лаам хьалха а тоттуш, дерриге а дуьне а, 1алам а теш а лоцуш, шайн стаг вийначу ч1ирхочунна ц1ий хьанал деш хиларан. Амма ширачу заманера схьадог1уш алар а ду – делла дош дохош, маж йошуш долу куьйг «дегийна» -  1аьржачу  лаьтта ц1ий 1енина меттиг нисъелла бохуш. Ткъа х1етахь-м ши тайпа т1амца дуьхь-дуьхьал доьдуш хилла. Нагахь и санна дерг халкълахь дуьйцуш диссинехь и тайпа са к1езиг нах а хилла хила тарло нохчийн юкъараллехь. Цундела ларамза хир дац ч1ир йитарехь зударий хилийта магош ца хилар. Цул совнаха, цигахь нохчийн 1адатаца, ч1ирхочун уггаре а жимох волу к1ант а, я, цхьаъ бен воцу к1ант а хилийта бакъо яц ч1ир юьтучохь. Амма т1аьхьарчу б1ешерехь  ч1ирхошна делла дош дохийна меттиг нисъелла яц нохчийн юкъараллехь, цуьнан теш лаьтта халкъан иэс лардеш болу, замано къежбина къаной.

Теркан тог1ехь 1уьллу и жима к1отар самаяьккхира сийначу 1уьйрено. Цуьнан массо а маь11ера схьахезара летачу ж1аьлийн а, дажа д1адаха сихделлачу даьхнийн а г1овг1а. Г1айг1ане ойланаша ц1еххьана самаваьккхира Заурбек а. Б1ешеран доьалг1а дакъа-м х1ете а д1адаьллера цо кху 1уьйрене сатуьйсуш. Иза меллаша корах тессина к1ади д1а а теттина ара хьаьжира. Стигал а ша ма-ярра сийна яра, х1уммаъ ца хилча санна лаьтта шен з1аьнарш эгайора дашочу малхо, амма Заурбекана хеталора дахаран синтеме кхуьнан некъ бихкина хилла дийнна лам шен кийрахь охьахаьрцина….
Т1аьххьара кечамаш а чекхбевлира. Къаноша кхин цкъаъ дага а бевлла, сацам бира кхо шо кхаьчна старг1а а, ши гали дама а, оццул шекар а, иштта пхи эзар сом ахча а Алиханан доьзална д1акхачо.  И г1о дар 1адато магийна ду. Цуьнан барам шина аг1оно билггал ма барра бу, амма иза шовзткъа бежанан мехал сов балийта мегаш а дац. Амма и мостаг1алла ширалле дирзина хилар бахьана долуш, Алиханан гергара нах и т1еэца ца тигира, амма х1ете а Заурбекаг1арна лиира юха а и г1иллакх цаьрга кховдо.
1адато ма-бохху а, шен дас дина дехара бахьана долуш а, Заурбекан жимох волу к1ант Ибрах1им цу дийнахь ц1ахь сецира. Нагахь санна ч1ир йитарехь дагахь доцург дуьхьал далахь, Тасуевг1еран х1у ца хадийтарна жоьпалла Ибрах1имана т1ехь юьссура. Доьзалехь оцу кепара мехала дакъа лаца шена бакъо елла йоллушшехь, Ибрах1има дукха х1ума лур дара тховса шен дена а, шен дерриге а тайпанна а уллохь хила. Цуьнан жималлин ц1ергахь догучу дагна ца лаьара оццул ч1ог1а шен дас сатийсина йолу м1аьрго тховса шена ца гуш т1ехъялийта…
Машенийн а, автобусийн а еха мог1а новкъа елира. Б1е шовзткъе итт километр йохалла некъ бара цара арабаьккхинарг. Довхачу дешнашца, ловцашца новкъабохура уьш лулахоша, шайн даго ма-бохху цу г1уллакхан чаккхе хилла ц1а дерзар нислойла шун бохуш…
Билгалйиначу меттиге уьш схьакхаьчна масех минот ялале, кхуза кхечира 1аьржачу басахь «Волга» машен. Цу чуьра охьавоьссира нохчийн къомаха а волуш, тайначу аматехь цхьа стаг. Схьахетарехь, иза лериначу урхаллийн белхало вара. Цо дийхира гулбеллачарна юкъара милла а цхьаъ шега вистхила юьстахвала аьлла. Къаноша дукха ойла ца еш Заурбекан воккхах волу к1ант Саь1ид д1ахьажийра КГБ белхалочуьнга вистхила. Могуш-парг1ат а хаьттина, и шиъ машенна чухиира. Цаьрга хьоьжуш лаьттачарна и къамел чаккхе йоцуш дахделла хеталора, амма ма-дарра аьлча яьлларг ткъа минот бен хан яцара. Саь1ид машенчуьра охьавоьссира, цунна т1аьхье КГБ шиъ белхало а. Лаккхара дарж долу шолг1аниг оьрси вара. Советан 1едалан муьрехь республикин массо а нуьцкъаллин структурашкара лаккхара даржашкахь оьрсий а бара, лериначу урхаллашкара муьлха а декхара кхочуш деш волчу нохчочун терго еш даима а цхьацца оьрси а хилла.
Кхайкхаза баьхкина хьеший Саь1идан 1одика а йина д1абахара. Саь1ида дийцира гулбеллачаьрга уьш х1ун дахьаш баьхкинера. Цхьанна а башха цецвала х1ума дацара уьш кхуза кхачар. Дукха хьолахь церан «хьошалла» къамелаца д1адоьрзура, амма х1ете а шайгара дукха ца оьшу, 1адатаца ца бог1у хийцамаш бора цара х1ара тайпа г1уллакхехь. Ч1ираца партица кхайкхина болчу къиссаме хьаьжжина, КГБ-на хууш дара мила хьенан ч1ирхо ву. Цу организацис шен ницкъ кхочург дара деш нохчийн юкъараллера ч1ир йитаран 1адат д1адаккха.
Тховса а уьш кхуза баьхкинера дукха хьолахь гулбеллачарна диц ца далийта шайна ца хууш кху махкахь х1умма а чекхдер доций. Иза бакъду. Советан 1едалан заманахь КГБ вуно ч1ог1а ницкъ болу организаци яра. Цуьнан лергаш а, б1аьргаш а ца кхочуш ца юьссура Нохч-Г1алг1айчохь цхьа а генара а к1отар. Бахархой-м боьллера цу г1уллакхах. Цхьа кхузткъа-кхузткъе итт шо хьалха 1едалца къайлах уьйр латтош, айкх эцна вахар нохчийн юкъараллехь ц1анлур доцу эхь хеттера. Мотт бетташ волу стаг а, цуьнан берриге а доьзал а махкахоша йемал деш, юьртаха боккхуш хилла. Цуьнан къеггина масала ду Хорчара Борщиговг1еран доьзал. Уьш юьртаха баьхнера Харачойн Зелмхаца ямарт хиларна. Таханлерачу дийнахь а, цу доьзалан т1аьхьенан аьтто бац шайн дай баьхначу лаьтта ког баккха. Цул совнаха, цу доьзалца цхьаьна а кепара юкъаметтиг латтор эхь лерина нохчаша.
Нагахь санна антиколониальни т1емаш долчу хенахь къайлах мотт беш волчо дийнна юьртана а зен деш хиллехь, тахана совхозан ча лачкъийна, я 1едална луьйш гучуваьллачунна мотт бар ши-кхо шо хан тохарца чекхдолу.


Мотт тохар иза шуьйра дийцаре долу г1уллакх хилла. Нагахь санна цхьаммо мотт тохар бахьана долуш зен хиллачун доьзал и айкх эцна ваханчунна д1адекха г1ерташ хилла. Х1оранна а лаьара законе хьаьжжина ваха. Шерашца баланаш лайна адамаш кхетара Советан 1едалах тийссабала шайн ницкъ тоьар боций, цундела цуьнца бертахь 1аш хилча аттох ду, цу 1едалан харцо хьайн гуш ялахь а. Миска нахана-м башха ишта вуо а дацара и 1едал ма-дарра аьлча.

Саь1ид ч1ирхочун к1ант хиларал совнаха, иза эпсаран ц1е лелош, чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон белхало а, коммунист а вуй хиъча, КГБ белхалоша йемалдарца т1елецира и тайпа цхьаьнакхетаршкахь цо дакъа лацар. Эпсарана дагадийтира цу хьокъехь партис х1у боху а, пачхьалкхан ойланна дуьхьал долчу цхьаьнакхетарехь дакъа лацар республикин партийни куьйгаллина хуур хилар а. Иштта кхерам тессира гулбелларш нуьцкъала д1асалохкур бу аьлла.
Саь1ида уьш кхетийра шина тайпанна юкъахь ткъе пхиъ шо сов хенахь дуьйна хилла х1ара мостаг1алла  тховса кхин цкъа а ца хьахо д1адоккххуш ду аьлла. Цул совнаха, х1ара тайпа цхьаьнакхетар мелхо а машарна т1ехьажийна ду, т1екхууьчу чкъурана а кхетийта, геч дина стаг вита, цуьнан ц1ий 1аночул совнаха доьналла оьший. Саь1ида к1оргера къамел дира лериначу урхаллийн белхалошца. Партина дуьхьал вала а ца г1ерташ, нохчийн 1адатийн к1орге йовзийта шен дерриге а хьекъал а, кхетам а т1ехьажийра цо. Саь1ида билгалдаьккхира 1едалан та1зар кхочушдаран система буьззинчу барамехь тоьлла яц аьлла, х1унда аьлча набахтичуьра араваьллачо ша дина зулам кхин цкъаъ до, амма заманан йохалла гина дац витиначу ч1ирхочо юха а адамна т1екхевдина а, ур-аттала цхьа жима зулам дина аьлла а гучудаьлла. Оцу кепара вайна го мел еза ю 1адатан мехала. Амма х1ете а социалистически юкъараллехь 1адат хьалхататта а оьшуш дац. Цу т1ехь церан къамел чекхделира.
Баккхий нах дукха ч1ог1а реза хилира Саь1ида диначу къамелана, цуьнан дешаран пайда билгал а боккхуш. Цул т1аьхьа гулбеллачара кхи д1а шайн г1уллакх д1адехьира.
Ч1ир йитар нохчийн 1адатан лехамашца дог1уш, кхин цхьаьна а х1умано нокъарло ца еш д1а чекхделира. Алиханан гергарчу наха шаьш хьалха д1ахьедина ма-хиллара, сурсаташца а, ахчанца а деш долу г1о т1е ца лецира, ткъа шайн рог1ехь Заурбекаг1ара цаьрга тешо йира и кхачанан сурсаташ а, ахча а шаьш Алиханна т1ера саг1ийна мискачу доьзалшна д1асадоькъур ду аьлла.
Чубуза кечбеллачу малхо шен з1аьнарш яржийна, ц1ийелла йогура стигла. Ма шатайпа йоьссира х1ара суьйре тийначу Теркан тог1ехь. Яханчу заманехь йиссира шерашца кийрахь къийлина массо а г1айг1анаш а, сингаттам а. Доьзалах болчу кхерамо кхин дагах м1араш туьссур яц. Хилларг, б1аьргаш дуьхьал х1иттош, набарха вохуш, дагалецамаша а кхин хьийзор вац. Ма маьрша еара х1ара суьйре. Ма шатайпа детталора дог. Заурбек юха а лаьттара корах ара а хьоьжуш. Ц1ег1а босс беттачу стиглахь, меллаша шен шекъа 1енош, баьржара маьрк1ажен бода. Са б1арзделла, даш санна базбелла сингаттам кийрахь а къуьйлуш, хийлозза б1аьрг биттинера Заурбека кху к1отаран шерачу аренашка, ткъа тховса-м г1енахь лаьмнаш гур ду…Х1инца цуьнан бакъо ю лаьмнийн к1ажехь 1уьллучу, шен дай баьхна йолчу цу исбаьхьа юьрта доьзалца ц1а верза. Муха ю теша и х1инца? Хьалха санна зевнечу олхазарийн аьзнаша йохий теша и сама? Тишъеллий те кешнийн керташ? Бераллехь идда некъаш къухь яьлла-м дац те? Юьрта йистера гу т1ехь х1инца а довлий теша шелонца къийссало и ховха лайснаш? Х1инца а дуй-те варшашкахь лечкъаш мекара иччархочух кхераделла лу? Нускал санна к1айчу зазанца кечбелла, лаьттий т1е х1инца а дадас д1абийна хилла кхор? Ткъа х1аваъ…х1инца а дуй теша иза ишта ц1ена? Хеталора иза кху юьртан гуо бина лаьттачу лаьмнийн кортош т1ера мархаша гулдой х1ора а 1уьйранна кху юьртана совг1атна дохьу…
Иза ша дерриге а гур ду те? Аьтто хир бу те шерашца яйна хилла кхерчара ц1е юха а лато?! Хастам хиларг ма ницкъ бу хьоьгахь! Заурбекана х1инца х1ара дерриге а дуьне кхечу аг1ор гуш дара. Дуьне хаза дара! Иза хьакъ дара къийсса а, ваха а. Заурбек тешна вара шен берашка а, берийн берашка а хьоьжуш сирла кхане хиларна. Иза тешара тахана дуьйна ша нехан стеган ц1ий 1анор бахьана долуш хьарчинчу къинах цу стеган доьзална хьалха маьрша вуй…Х1ора а ламазехь ма доьхура цо Деле шена гечдаре, х1унда аьлча кхана дог1ур долчу Къемата дийнахь а ша жоп дала дезаш вуй хууш.
Цу сарахь саг1а а даьккхира, гергара нах а, лулахой а кхайкхина, Дела а, цуьнан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлид йийшира. Ах буьйса яьлча д1асабахара хьеший. Амма Заурбекан корехь стогар х1инца а д1абанза бара. Хазахетар лан а оьшуш хилла-кх бала лан санна онда ницкъ. Наб озийна х1усам буьйсанан тийналлица ийра. Амма цу чохь вижанза шиъ вара – Заурбек а, цуьнан жимох волу к1ант Ибрах1им а….

II

Дуьненан йеаъ маь11е Советски Союза шен аьчка м1аранаш д1атуьссуш, дуьненахь машар къуьссу шатайпа зама яра и. И къовсам хийцалучу кхиамца боьдуш бара: новкъарло еш НАТО пачхьалкхаш яра, къаьсттина 1амаьркан Вовшахтоьхна штаташ. Амма эшамша къовсаман шовкъ д1а ца йоккхура, иза мелхо а алсам йолура. Африкан а, Азиян а, Латинин 1амаьркан а мехкашка вежараллин г1о сацанза д1акхачош дара, дукха хьолахь иза СССР-а 1аламат боккхачу барамехь арахоьцу герз дара. Иштта Советан 1едало царна ахчанца а, т1еман хьехамчийн девнашкахь дакъа лацарца а г1о дора. Бартхоша баркаллица и г1о т1еоьцуш, шайн ницкъ ма кхоччу чоьхьарчу мостаг1ийн кепехь йолчу «не1алт хиллачу» империализмаца къиссам латтабора. И «вежараллин» г1о саццалц, цуьнца уьйр латтийначу аг1онаша « дуьненна машар» Советан 1едалан  кхайкхамца шайн жигара къиссам д1ахьора. Амма и г1о сецначу м1аьргонехь Советски Союзан селханлера «вежарий» цуьнан мостаг1ий хилий, сихонца шайн меттамот хуьйцуш капитализмехьа бовлура.



СССР-н арахьарчу политикехь кхин а ч1ог1а дагахьбалламе г1алаташ а хуьлура, масала Венгрехь, Чехославакехь а, кхин йолчу социалистически пачхьалкхашкахь хилла революциш.

Кхузахь галбаьллачу пачхьалкхан д1ах1оттамна шен «вежараллин г1о» Советски Союза ша цхьаммо хилла ца 1аш, Варшавски Ч1аг1аман декъашхой йолчу пачхьалкхашца цхьаьна дора. Г1аттам я, революци социализман мехкашкахь къизаллица йохайора.


1978-чу шарахь Советски Союза «машар» бан г1ортар бахьана долуш х1аллакьхила бисте кхечира Афганистан. Дерриге а дуьненна д1ахьединера Афганистанера хьал Советски Союзан къилбера дозанна кхераме ду аьлла а, иштта СССР «декъазчу» афганцашна халкъана ницкъ беш болчу пачхьалкхан д1ах1оттамах к1елхьарадовла г1о дан декхарийлахь ю аьлла а.

Партийн гуламашкахь а, кхеташонашкахь а партис а, правительствос а дина д1ахьедар хазахетарца т1елецира къинхьегамхоша. Интеллигенци ша интеллигенци хиларе терра йист ца хуьлуш, оьзда 1аш яра, ткъа наггахь цхьалха диссидента туху мохь дерриге а халкъан хазахетаран ц1ог1анехь хезийла а дацара.

Оцу кепара дийнна халкъо къобал а деш 1979-чу шарахь СССР шен берриге  а т1еман ницкъаца Афганистанна т1елетира, 1едало хьийзош долу цуьнан къам к1елхьарадаккха 1алашо юьхьар а лаьцна. Къиза а, ирча а т1еман зама кхайкхаза хьаша хилла йоьссира Афганистане. Б1е эзар маьрша адам х1аллакьхилира, иштта эзарнаш, эзарнаш интернационалисташ-т1емалой а эгнера цу муьрехь. Амма Афганистанна дуьхьал ша долийнарг сий долуш чекх ца делира я советски политикина а, я цуьнан герзана а. Феодализман муьрехь хиллачу Афганистанаца биначу т1амехь СССР эшаран бахьанаш иза дукха ойла ян хьакъ долу чолхе х1ума ду.

Кхузахь билгалдаккха хьашт ду цу толамехь куьйг бехкениг уггаре а хьалха ша Афганистанан къам а ду, иштта итта шеран йохаллехь цу къиссамехь царна г1о дина йолу пачхьакхаш а ю. Ткъа кху сохьта т1ом болалуш бен бацара…




Дуьненан ялхолг1а дакъа д1алоцучу Советски Союзан хьаьрмахь хаамийн пропаганда д1айолаелира. Шен бахархойн кхетамна т1е1аткъам бан 1алашонца, пропагандин ницкъ болу машен чухийцира СССР-а. Бакъдерг ала деза, цо шен болх цхьа а шеко йоцуш дика кхочуш а бира. Дош ала башха бакъо йоцу  к1езигаха дакъа диссалц, советски адамо 1аьржаниг к1айн а лоруш, цхьаьнаэшшара къобалдира шайн пачхьалкха Афганистанна т1елатар. Цул совнаха, цу т1амехь эгначийн наношна-м хетара шайн к1ентий бакъо къуьссуш кхелхина.

Тамаша бацара башха дахаро зийна воцу Ибрах1им а Советан 1едало шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь дуьйцучух тешар. Коммунистически ойланашца кхиийна волу жима стаг доггах тешара шен пачхьалкха адамана зенехь хир йоций, иза нийсонан бухт1ехь кхоьллина хиларах. Цунна коьртачу а дог1ур дацара цкъа а, СССР-а оццул мекара т1елатар дина Афганистанан машар бохор буй. Воккхах волу ваша Саь1ид ша кхето г1оьртича иза цунах ца тийшира. Ибрах1имана моьттура цо иза ша ларвархьама дуьйцуш ду. Дагчохь цо дуьйцучух ша реза воццушшехь, Ибрах1има моттарг1а йира вешина нийса хетарг дийр ду ша аьлла. Амма к1анта бина сацам цхьаьнга а хийцалур болуш бацара – Ибрах1им хьаьгна вара Даймехкан декхара д1адала. Иза тешара ша дахар ларда воьдуш хиларах, цунна ца хаьара ша ц1ий 1ано цига воьдуш вуй.


Кху гурахь Ибрах1им эскаре ваха везаш вара. Ишкол чекхяьккхинчул т1аьхьа институте деша ваха цунна ца лиира, х1унда аьлча гуманитрани лаккхарчу дешаран хьукматаш чекхяьхнарш эскаре иштта а кхойкхуш бу. Цуьнан х1етале 22-23 шо хир ду.Ткъа Ибрах1имана хетара х1инца шен йолчу хенахь эскарехь т1е1иттало халонаш  лан шена дуккха а аттох хир ду. Цул совнаха, эскарехь ма хуьллу сиха шен дика амалш а гайтина, КПСС мог1аре х1отта а аьтто хир бу. Ибрах1има биначу сацамна дуьхьал ала х1ума долушшехь, дас а вашас новкъарло ца йира цо хаьржинчу некъана.

Ишкол Ибрах1има лаккхарчу кхиамашца чекхяьккхира. Т1аьхьарчу пхеа шарахь цуьнан къаьстина ч1ог1а спортаца гергарло тасаделира. Дзюдо лелар бахьана долуш, иза х1инцале цу спортан кепехь мастер хила хьакъ волуш вара. Амма цхьа спорт хилла ца 1ара Ибрах1иман тидам т1еберзийнарг. Къаьсттина боккхачу лаамца оьхура иза литературни кружоке. Цунна ишта ч1ог1а оьрсийн мотт а, литература а езаяларехь, шеко йоцуш, «бехке» яра Мария Владимировна.

Цхьаьна дийнахь Ибрах1им доьшуш волчу пхоьалг1ачу классе чоьхьавелира ишколин директор, ткъа цуьнан букъа т1ехьа а лечкъаш оьрсийн йо1 а. Директора берашна йовзийтира Мария Владимировна – церан керла классан куьйгалхо а, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо а. Ищерски станице Мария Владимировна Астраханера еанера, х1етахь дуьйна цуьнан дахар доьзна хилира Теркана гена йоцуш 1уьллучу нохчийн жимачу юьртаца. Ибрах1им а кхузахь доьшуш вара, х1унда аьлча церан к1отарехь юьхьанцара бен школа яцара, цундела иза дас-нанас кху интернате деша х1оттийра. Мокъа деношкахь бен ц1а вар а ца хуьлура Ибрах1иман.
Шо шаре мел долу Мария Владимировнина Нохчийчоьнах доггах безабелла шолг1а Даймохк хилира. Толстойн а, Лермонтовн а, Пушкинан а, говзаршца нохчийн амал а, 1ер-дахаран кеп а мелла а шена йовзуш йоллушшехь, юьхьанцара йоь1ана хала дара нохчийн дахарах кхета.

Невран к1оштан Ищерски станица Теркана аьрру ийстехь 1уьллура, Соьлжа-Г1алина б1е километр генахь. Йист йоцу пох1ма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош кечйича санна яра юьртан б1аьстенца сенъелла йог1у и шера аренаш. Цкъа мукъне а кхуза кхаьчнарг тийналло, синтемо йийсаре лоцура. Моьттура, даима а ламанца мостаг1ех тийссаелла и буьрса Нохчийчоь кхузахь тийначу Теркийстехь садо1уш ю. Адам а дара кхузахь меттигера 1алам санна син-парг1атонах дуьзна. Вовшашца к1еда-мерза болуш, цхьаьна дика а вуо доькъуш,  бертахь бехара нохчий а, оьрсий а. Каникулаш йолчу хенахь ишколан администрацис дешарт1ехь кхиамаш баьхнарш совг1атна Соьлжа-Г1ала буьгура. Ибрах1им а хуьлура даима царна юкъахь. Дешархойн ч1ог1а самукъадолура цу г1уллакхах. Г1алина гена 1аш долу бераш хьаьгна хуьлура Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран и леккха г1ишлош а, суьйренца лета чиркхаш а, шуьйра урамаш а, зезагех юьзна некъаийстош а, т1ай бухахь сих-сиха болар хуьйцуш, маьлхан з1аьнарш тулг1ешца лепош доьду Соьлжа а ган. 


Мария Владимировна чоьнах мах луш Таибат ц1е йолу цхьа нохчийн зуда йолчохь 1аш яра цуьнца цхьаьна цу кхерчан йовхонах марзо а оьцуш. Таибатан х1усамда а, иштта цу школехь доьшуш долу ши бер а дара 1аш. К1ант шолг1ачу классехь вара, йо1 ворх1алг1ачу классехь. Къоначу хьехархочун дахар шен хорше дирзинера. Нохчийн амалах а йоьллера йо1. Берийн а, белхан накъостийн а боккха ларам бара цуьнца. Иза ларамза а дацара. Мел к1оргера безамца довзуьйтура цо дешархошна литературин и чулацаме дуьне. Цуьнан корматалла а, шен балхе йолу шовкъ а бахьана долуш, генарчу Нохчийчуьра берашна мел шайна гергара хетара Вальтеран а, Дюман а, Достоевскин а, Толстойн а турпалхойн васташ. Хеталора цуьнан чаккхе йоцуш ду царех лаьцна дийца. Де дийне мел долу марзлора берашна литература. Царна билла бехк а бацара, х1унда аьлча книга йоьшуш а ца кхетара ишта дагах турпалхойн кхоллам, хьехархочо дуьйцуш санна. Вежарийн Карамазовг1еран боьхна барт, Чацкийн шатайпа амал, Безухов Пьеран васта романехь д1алоцу меттиг. Литературин турпалхойн дахарехь т1е1иттаела киртигаш шайга хьехархочо юьйцуш цецдевлла ладуг1учу берийн ойла цигахь яра…генарчу геналлехь. Царех х1ораммо а ойла йора цу турпалхочун метта хилча ша-ша х1ун дийра дара те. Х1оранна а лаьара иза хьехархочунна довзийта. Цундела классачуьра тийналла наггахь юхура бераша деттачу маьхьаршна:
-Хьажахь, ма к1ант хилла и! Ма нийса дина цо и! Ас дийр дара ишта! Х1ан-х1ан и харц ву!
И г1овг1анаш къоначу хьехархочунна ша бечу балхана уггаре а доккха совг1ат хетара.

Кхин долчу берашна санна къаьсттина и Мария Владимировна бахьана долуш езаелира Ибрах1имана а литература. Дуккха а книгаш ешар бахьана долуш к1ентан оьрсийн мотт а шарбелира. Ала деза, нохчийн мотт а, литература а 1амор ишколехь т1едожийна хиллехь а, Теркал дехьа, дешаран программи юкъара нохчийн мотт д1абаьккхинера. Ламанца а, лаьмнийн к1ажера а ярташкахь, цигахь дукха хьолахь бехаш нохчий хиларна факультативни занятиш д1ахьора.
Ибрах1иман ерриге а ойла д1алецира литературас. Уьссолг1ачу классе волуш цуьнан шен библиотека яра кхо б1е сов книга а йолуш. Ибрах1иман нанас Хедас башхачу дегайовхонца сих-сиха дуьйцура ша пхи шо кхаьчна волу Ибрах1им а эцна г1алит1а базар яхча, мороженое эца шега делла долу ахча а эцна Ибрах1има ведда вахана киоскехь шена берийн киншкнаш эцарах лаьцна.
.
«Дядя Степа» а, Чуковский Корнейн «Мойдодыр» а…уьш х1инца а ю кхеран киншкийн тарха т1ехь, Ибрах1иман нанас безамца дола а деш.
Школехь хьехархоша Ибрах1им даима нийсархошна масалийна валавора. Уьш тешна бара к1анта лаккхарчу дешаран ирхенаш йохур хиларан. Ткъа уьш массо а цецвоккхуш, Ибрахи1ма кхочуш до ша ният дина т1елаьцнарг – институтан метта цо эскар хоржу.
Ибрах1има ишкол чекх а яьккхина аттестат схьаэцначул т1аьхьа, цуьнан доьзал шайн дай баьхначу лаьмнийн к1ажехь 1уьллучу юьрта д1абахара. К1ант берх1иттара велира. Масех бутт биссинера иза эскаре ваха. Дас-м цуьнан ойла кхечу хорше ерзо сатуьйсуш, машен а ийцира. Амма Ибрах1им ша аьллачунна т1ера вер волуш ца хиллера. Цо т1етаь11ина кечам бо эскарехь т1еман декхара д1акхехьа. Иза эрна а ца хиллера. Цигахь ма зийра и дахаро, шен ерриге а аг1онаш цунна йовзуьйтуш….



Рецензии