Дахаран туьха

Сан да Акаев Наурдин а
(Заурбекан васт),
нохчийн шина  т1амехь
бехк боцуш эгна адамаш
 а дагалоцуш…

Оьрсийн маттера роман гочйина Дикаева Янинас

Iадат
I

Са хуьлуш дара…Меллаша набарха йолура юрт. Амма Заурбекан х1усамехь дукха хан яра массо а г1еттина. Кхузахь Тасуевг1еран тайпанера массо а къонаха вовшахкхеттера. Цара бийцаре беш бара тховса кхочуш хила беза шайн дахарера уггаре а маь1не хилам. Уггаре а ч1ог1а кху дийне сатийсина волу Заурбек-м вацара къамелехь дакъа лоцуш. Иза массарна а генна ваьлла кхоьлина 1аш вара. Еха къоьжа месаш а, яьлла маж а – замано г1елдиначу цуьнан юьхь-сибат т1е хьаьжча гуш дара мел  беза хилла дахаран мохь.
Г1айг1ане ойланаша к1елвитинера Заурбек. Цуьнан б1аьргашна хьалха лаьттара яханчу заманера и ирча суьрташ. Цунна гуш яра генарчу паналле шаьш эцна йоьдучу цу шийлачу ц1ерпоштан вагонаш, луьрабоьллачу саьлтийн оьг1азе яьххьаш, лай т1е охьакхиссина сенделла декъий. Цунна тховса юха а х1етахь санна уллохь хеталора чилланах кхуьнан и эг1азе жима дег1 дохда г1ерташ хилла ненан ховха ши куьйг.
Ткъа юха дагалецамаша дуьхьал тессира х1орш махкаха баьхна масех шо далале генарчу Казахстанехь кхунна т1е1оттаелла дахаран и чолхе киртиг. Даго х1инца а бохура х1етахь кхин некъ ца хиллий, кхин юхавала меттиг ца хиллий. Алихан ц1е йолчу цхьаьна са к1езиг х1умано бехк боцуш кхуьнан ненан ц1е сийсазйира. Ткъа и санна дерг нохчийн 1адатан терзанан барам т1е диллича ц1ийца бен декхалуш дац. Х1ара шиъ тассавелира. Алиханан г1о лаца цуьнан накъостий кхечира. Ницкъаш цхьатерра бацара, цундела Наурдин урса т1е кхевдира. Чов ч1ог1а ца хиллехь а, Алихан дукха ц1ий д1аэхар бахьана долуш д1авелира.

Заурбек ша цу девнехь ч1ог1а лазийна воллушшехь 1едалан кхелах ца велира - цунна итт шо хан туьйхира. Ала деза, Заурбекана хилла чевнаш к1езиг яцара. Алиханан гергарчу наха цу девнехь диг диттина а ца 1аш, тоьпан д1аьндарг а дег1ах чекхяьккхинера . Рицкъ хиларна Заурбек виссира.
1едалан кхеле х1ара г1уллакх диллинчу хенахь, кхин цхьа кхел яра йоьдуш – цигахь сацам беш Алиханан гергара нах бара. Цара ч1аг1о йира шайн аьтто ма белли Алиханан ч1ирана Заурбек вен. Заурбекана хаьара 1едалан кхел чекхьялча, 1адатан кхел хир юй, ткъа иза кхуьнан ц1ий 1анорца бен кхочуш хир йоций а.
Кху заманахь ч1ир лехар иза дицдан хьашт долу къиза 1адат хета. Амма чаккхе йоцучу т1емашкахь шайн маршо къуьссу нохчийн ч1ир лехаран 1адато ур-арталла совцабаро адамна т1екховдарах.
Сталин веллачул т1аьхьа, 1953-чу шарахь Заурбекана амнисти йира. Кхо шо набахтехь а даьккхина, иза  маьрша велира, доьзал а кхоьллира. Дуьненчу велира цуьнан дуьххьара к1ант Саь1ид. Денош а шераш а луьстуш д1ауьдура зама, хеталора дахар шен хорше доьрзуш ду.
Амма дукха хан ялале нана д1аелира. 1941-чу шарахь Брестан г1ап ларъеш доьналлица кхелхиначу шен ц1ийндена а, геналлехь биссинчу Даймахкана а сагатдаро г1елдинчу цуьнан деган кхин д1а деттадала ницкъ бацара. Ша дуьненчуьра д1аяллалц ларйира цо фронтера деанчу кехатан мажъелла юьхк.
Инзаре дукха нохчаша гайтира шайн доьналла Даймехкан Сийлахь боккхачу т1амехь. Цхьаьна Брестан г1опехь т1еман хьалхарчу деношкахь шайн синош д1аделира ши б1е сов нохчийн б1аьхочо. Амма майраллица шаьш Даймехкан сий къуьссучу хенахь царна ца хаьара ямартхойн йоцу ц1е а кхоьллина массо а нохчий а, г1алг1ай а сийначу Сибрех а, Казахстане а, Г1ирг1азойн махка а д1абохор буй. Кху дуьненна шех тераниг кхин гина доцу, шен къизаллица дуста барам боцу и зулам хилира 1944-чу шеран чилланан беттан 23-чохь Ц1ечу эскаран дезчу дийнахь.   
          Ре1адат кхелхинчу шолг1ачу дийнахь д1айоьллира. Назманан г1ийлачу узамца т1аьххаьрчу новкъаеккхира к1еда-мерза, комаьрша хилла нана…Цкъа а ца хилча санна д1аелира иза Заурбекан дахарера, к1ентан дагчохь цкъа а йоьрзур йоцу чов а юьтуш. Гергарчу наха г1о дина доллушшехь, дайн 1адаташ лардеш, йолла ма еззара шен нана д1айолла аьтто ца белира Заурбекан. Тезет а г1ийла яра. Чуртан метта Ре1адатана кошан г1овланга цхьа жима т1улг биллира. Иза х1инца а 1уьллу цигахь…нехан лаьттахь. Ткъа ц1а а еана д1айолла езаш ма яра, амма цкъачунна я таро а, я ницкъ а бац. Амма Заурбек тешна ву заманан йохалла кхуьнан лаам к1енташа кхочуш бийриг хиларах.
1957-чу шарахь нохчий а, г1алг1ай а буьрсачу 1ай б1аьстенах хьаьгна човканаш санна, кестта Даймохк гур хиларо ойла т1омаяьккхина, хазахетарца схьаоьхура Кавказе. Ма боккхачу сингаттамца новкъйохура Заурбека Даймахка ц1а оьхучу шен махкахойн и ирсе тобанаш.  Ч1ир хьаьрчина хилар бахьана долуш, ц1ехьа боьду некъ цунна бихкина бара, цундела иза виссира цигахь, нехан махкахь кхи д1а а чолхечу дахарах доьналлица тийссавала. Дахар дан а дацара атта, амма набахто зийна волу Заурбек ца къехкара халонех. Заурбекан доьзал нахал тоьлла 1аш бацара, я эшна а бацара. Саь1ида школехь кхиамаш бохура, иштта дуьненчу делира кхин а ши бер йо1 Зарган а, к1ант Ибрах1им а.
Хаза кхаъ беара Кавказера а. Цигахь цуьнан гергара нах шайн ма-хуьлла Алиханан гергарчу нахаца барт бан г1ертара кхи д1а хин долчунах лаьцна, х1унда аьлча Заурбек къаьсттина цу доьзалца г1иллакх лаьцна ма вара Даймахка ц1а верза йиш йоцуш.

Зама-м шен шераш хуьйцуш, ша цхьаммо сацорна  кхоьруш санна д1ауьдура. Заурбек массарна а къайлахь Нохчийчу ц1а веара, шен тайпанера къаношкара бакъо а яьккхина.  Амма ца веара ша вина а, кхиъна хиллачу, нохчийн лаьмнийн к1ажехь 1уьллучу шен юьртам-м. Иза ваха хиира цунна дукха гена, Теркйистера цхьаьна к1отарехь. Кхузахь иза цхьаьнна а новкъа воцуш, шен хьанал рицкъ доккхуш, къахьоьгуш     1аш вара.
Доьзал кхиира. Школа а ткъа цул т1аьхьа университетан юридически факультет а чекхяьккхира воккхахволчу к1анта Саь1ида. Лоьран корматалла кара а ерзийна, нехан ц1ент1е д1аяхара Зарган а.
Жимох волу Ибрах1им школехь доьшуш вара. Леккхачу дег1ахь, зоьртала, ц1ена нохчийн амат а, иштта дахаре сирла хьежам а болуш, шен дена дика накъост кхиира цунах. Заурбека массо а берашна юкъахь Ибрах1им вара уггаре а комаьрша а,  схьаийна а.
Заурбека цхьаьнна а ца хоуьйтура ша Ибрах1им доьзалехь къастош вуй. Амма х1ете а цхьацца х1уманна т1ехь гучуболура цуьнан жимхага болу безам. Иза ларамза а ца хиллера. Заманан йохалла Ибрах1има шен оьздачу г1иллакхашца, йист йоцучу доьналлица гойтур ду массарна а эрна ца хиллий дас шеца лелош хилла и шатайпа юкъаметтиг…
Нохчийн массо а 1адаташна юкъахь ч1ир йитар уггаре а к1орг1ера а, чулацаме а лара мегар ду. Вайн дайша шираллера схьакховдийначу цу ламасто бен доцуш вуьтур вац цхьа  а. И кхочуш деш йоккхуш йолу х1ора а г1улч ю к1оргера маь1на долуш. Цкъа хьалха билгалйиначу меттиге т1екхочу нехан карах веллачун гергара нах. Цхьаьнакхетаран меттиг дукха хьолахь юьртана геннахь, шерачу аренгахь билгалйоккху. Вийначу стеган гергара нах схьакхаьчначул т1аьхьа, юкъахьлелаш волчо ларамца хаам бо цаьрга ч1ирхой кхеран кхеле ладог1а кийча хиларах лаьцна. Ткъа цул т1аьхьа ц1ий 1анийначун аг1онерчара д1аболабо шайн и башха некъ. И меттиг мел гена елахь а, цига г1аш ваха веза. Тобанна хьалха ваьлла шен уллерчу гергара нахаца (да, ваша, к1ант) воьдуш хуьлу ч1ирхо. Еха палаш, башлакхца д1акъевлина корта а, юьхь а. Цунна т1аьхьах1иттина бог1уш хуьлу цуьнан гергара нах, ткъа царна т1аьхьа тайпанан векалш.
Шайн стеган карах веллачун гергара нахана т1екхача масех метр йиссинчу хенахь, тоба соцу. Цигахь шина тайпанан къаной дуьхь дуьхьал х1уьтту шайн деха къамел д1адоло. Шина а аг1оно билгал ван везаш волу къано юкъараллехь дика ц1е йоккхуш, динан 1илма долуш хила веза. Нагахь санна и санна верг вацахь, тайпанера я, юьртара кхайкха веза. Церан къамелах доьзна хуьлу кху г1уллакхан муха т1аьхьало хир ю. Ткъа бина сацам шина аг1оне бовзуьйту. Ч1ирхо вуьту, амма цу т1ехь дерриге а чекх ца долу. Шега дош доьхий вистхуьлу стаг стаг вийначеран аг1онера векал лаьтта къано. Иза гулбеллачаьрга вистхуьлу. Цуьнан къамел дукха хьолахь кегийчарна лерина ду. Цо сийлахьчу Къор1анан сураташна т1етевжаш дуьйцу мел беза бу адаман мах, мел деза ду Аллах1 Дала стагана чудиллина са, ткъа иза дег1ах къасто цу Аллах1ан бен бакъо а яц. Цо дуьйцу мел беза бу адамийн вовшашца хила беза ларам, нохчийн юкъараллас кху дийне схьадеанчу 1адатийн мехаллех лаьцна дуьйцу цо. Къаночун къамел деха хуьлу, амма цуьнан маь1на массарна а кхеташ ду – оза терза карор доцуш еза ю нохчийн къоман син-оьздангаллин лард, ткъа иза ларъян къонахалла, доьналла хила деза х1орангахь а.
Къаночун къамелана новкъарло ярна кхоьруш санна, меллаша диттийн гаьннаш хьоьстура б1аьстенан мелачу мохо. Лаьттахула доьдучу сагалматан болар а хезар долуш тийналла х1оьттира гулбеллачарна юкъахь. Ткъа къано-м ойланаша масачу дойша санна вадийна генарчу геналле вигира. Тахана иза шина тайпанна юкъахь машар бан лаьтта. Тасуевг1ар бу тховса ч1ирхой – Заурбекан карах велла Алихан, амма къаночунна хаьа шен цхьа а шеко йоцуш царех дош дала бакъо юй, х1унда аьлча дагалецамаша иза сихвина кху тийначу Шина-Суьйра юкъара майданера буьрсачу Органан ч1оже вигира. Цигахь…дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь 1уьллучу Ч1иннахахь ц1ий 1анар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина к1отарна – Боки-Дукъархошна а, Уьшкхалошна а юкъахь заманан йохалла д1адоьдуш дов дара. И шайна юкъара ч1ир кар-кара а оьцуш д1акхоьхьуш дара цара и мостаг1алла. Т1екхечира т1еман и къиза шераш. Паччахьан 1едало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса г1евттина мур бара и. Цу т1амехь майраллица летара Боки-Дукъара Заурбекан кхоалг1а да Т1ас  а, цуьнан ваша Арсгири а. Х1етахь церан ч1ир йитаза яра, х1унда аьлча кхара Уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворх1 стаге даьллера, ткъа Буки-Дукъархойн дуьхьал винарг ялх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъян, Уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн ч1ир эца. Амма т1еман к1урлахь-м церан мостаг1а цхьаъ хилира, х1унда аьлча къуьйссуш ерг Даймехкан маршо яра. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша Т1ас цхьаьна а волуш т1екхечира мостаг1чун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна. Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа д1адахьа аьтто ца болуш д1абахнера. Юьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан ч1ирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи д1а х1ун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена т1ера верта схьа а даьккхина, Делан ц1е а йоккхуш, дакъа цу юкъа а хьарчийна, иза веллачун говра т1е а диллина, шен ваша Т1ас т1аьхьа а х1оттийна новкъавелира Арсгири. Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, д1ахийцира говр. 1уьйранна и говр шайн керта еъча, цу т1ера шен к1ентан цхьаммо леррина г1айг1а беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира – суна хаьа х1ара тайпа х1ума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Юха Боки-Дукъа аг1оне д1а а хьаьжна, цо и юрт екош мохь туьйхира:
-Арсгири! Хьо тоьлла хьуна!
Маржа-я1 мел деза лоруш хилла нохчийн лаьмнашкахь адаман дахар а, 1ожалла а. Уьшкхалахо кхетара Арсгирина х1уммаъ атта ца хиллий т1еман к1урлара шен мостаг1чун дакъа схьаэца. Нохчашна даима а мехалла хетта шайн стеган т1ех1отта коша барз хилар, цундела иза шена хууш, мостаг1ий уьш боллушшехь, вийна 1уьллучун доьзалан ойла йира Арсигирис.
Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира – шуьца долу мостаг1алла тховса чекхдаьлла, Уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган аьлла. Оцу кепара Боки-Дукъархоша гайтина яьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостаг1алла хадош, т1аьххьара шайн вийна стаг витира царна Уьшкхалахоша. Шайн мостаг1аша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, г1иллакх а гойтуш.  Къано сецира, вехха лаьтта б1аьра хьоьжуш. Маржа-я1 нохчалла…Башломал леккха хилла-кх хьо, амма хьан ирхенаш яха дац-кх атта…
Бехк боцуш вийначун ч1ир атта йитина яц нохчаша. Хийла ц1ий хьуьйдина ду нохчийн латта, эцна ч1ир бахьана долуш, хийла хьех ю мостаг1ех ведда ч1ирхо шена чохь лечкъийна. Амма делла дош нохчочуьнга юха оьцуьйтуш, цуьнга шен оьг1азло къинхетамна хийцийта ницкъ кхочург г1иллакх ду! Заманан йохаллера дуьйцуш схьакхаьчна вайга нохчийн лаьмнашкахь некъ тилина, ларамза шен керта веана ч1ирхо и хьаша хиларна витина масалш. И ч1ир оьцуш а ларйина нохчаша шайн оьздангалла. Масала, ч1ирхо вен а вийна, цуьнан дакъа цкъа а тесна дитина дац нохчочо, иза экханах лардеш, юьстах а доккхий, цунна т1ехь Йеса а доьший, иза волчарга хоуьйтуш хилла – оха тхайн стагах ч1ир эцна, ткъа шайн дакъа билггал эццера д1ахьо. Иза ю и заманан дарцашка ца йожъелла нохчалла…кху дуьненан букъа т1ехь цуьнца юста мехала карор яц цхьаьнна а я, карийна а яц…
Шен къамел дерзош, цо ч1ирхошка хаам бо уьш бита а, т1елаца а дуьхьал йолу аг1о реза хиларах лаьцна, ткъа цул т1аьхьа шайн стаг вийначу мостаг1ашна ц1ий хьанал деш, гечдан собар а, кхетам а Аллах1а баларна хастам беш до1а до воккхачу стага. Бехк боцуш даьккхина са ц1ийца бен декхалур дац, амма нагахь санна ахь и кхел Делан каралахь, хьуна цуьнгара ял хир ю.
Цул т1аьхьа ч1ирхойн аг1онера къано вистхуьлу. Цуьнан къамел доца а, оьзда а ду. Цо баркалла олу Дела шен доьхьа шаьш т1еэца собар карорна, Делан шен доьхьа шайн стеган ц1ий хьанал дарна. Т1аккха шина а аг1онера нах куьйге боьлху.
Амма цу т1ехь а чекх ца долу и. Т1екхочу уггаре а чулацаме а, уггаре а ч1ог1а дагах кхеташ, и дог карзахдоккху м1аьрго. Селхана-стомара мостаг1ий хилла лаьттинарш, тховса цхьа гуо бой д1ах1уьтту. Цу гуонна юккъехь лаьттачу г1анта охьахуу ч1ирхо, ткъа цунна т1евог1у ч1ирхочун карах веллачун к1ант. Цо шен куьйга схьайоьллу заманан йохалла кху дуьненахь ч1ирхочо лечкъийна хилла юьхь. К1ентан карахь шаьлта санна ира урс ду. Селхана ша шен ден сина дуьхьал са даккха ч1аг1о йиначу стеган тахана цуо х1уммаъ собарах ца вухуш, маж а, корта а бошу. Дала хийцина цо шен дахарехь х1оттийна хилла уггаре а коьрта 1алашо. Къаьхьачу цабезаман метта, Кхоьллинчо цуьнан кийра ца духу собар а, кхетам а боссийна. Ч1ир леха араваьлла хилларг кху м1аьргонехь урс карахь лаьтта, амма и урс ц1ий 1ано айдина дац, шина тайпанна юкъара мостаг1аллин пардо д1айоккхуш айдина ду. Шен ч1ирхочун юхьт1е оьзна башлаккх д1а а йоккхуш, цуьнан шерашца яхъелла къоьжа маж д1а а йошуш, цо тоьшалла до мел боккха ницкъ хилла шегахь, кийра буьзна хилла оьг1азло, тховса шайт1а эшош, къинхетамана хийца. Цо шена а, нахана а хьалха тоьшалла до ша Делан лай хиларан, ша делла дош, х1ара дуьне мел деха, дехар хиларан, ша а, шен дийнна тайпано а тховса Делан лаам хьалха а тоттуш, дерриге а дуьне а, 1алам а теш а лоцуш, шайн стаг вийначу ч1ирхочунна ц1ий хьанал деш хиларан. Амма ширачу заманера схьадог1уш алар а ду – делла дош дохош, маж йошуш долу куьйг «дегийна» -  1аьржачу  лаьтта ц1ий 1енина меттиг нисъелла бохуш. Ткъа х1етахь-м ши тайпа т1амца дуьхь-дуьхьал доьдуш хилла. Нагахь и санна дерг халкълахь дуьйцуш диссинехь и тайпа са к1езиг нах а хилла хила тарло нохчийн юкъараллехь. Цундела ларамза хир дац ч1ир йитарехь зударий хилийта магош ца хилар. Цул совнаха, цигахь нохчийн 1адатаца, ч1ирхочун уггаре а жимох волу к1ант а, я, цхьаъ бен воцу к1ант а хилийта бакъо яц ч1ир юьтучохь. Амма т1аьхьарчу б1ешерехь  ч1ирхошна делла дош дохийна меттиг нисъелла яц нохчийн юкъараллехь, цуьнан теш лаьтта халкъан иэс лардеш болу, замано къежбина къаной.

Теркан тог1ехь 1уьллу и жима к1отар самаяьккхира сийначу 1уьйрено. Цуьнан массо а маь11ера схьахезара летачу ж1аьлийн а, дажа д1адаха сихделлачу даьхнийн а г1овг1а. Г1айг1ане ойланаша ц1еххьана самаваьккхира Заурбек а. Б1ешеран доьалг1а дакъа-м х1ете а д1адаьллера цо кху 1уьйрене сатуьйсуш. Иза меллаша корах тессина к1ади д1а а теттина ара хьаьжира. Стигал а ша ма-ярра сийна яра, х1уммаъ ца хилча санна лаьтта шен з1аьнарш эгайора дашочу малхо, амма Заурбекана хеталора дахаран синтеме кхуьнан некъ бихкина хилла дийнна лам шен кийрахь охьахаьрцина….
Т1аьххьара кечамаш а чекхбевлира. Къаноша кхин цкъаъ дага а бевлла, сацам бира кхо шо кхаьчна старг1а а, ши гали дама а, оццул шекар а, иштта пхи эзар сом ахча а Алиханан доьзална д1акхачо.  И г1о дар 1адато магийна ду. Цуьнан барам шина аг1оно билггал ма барра бу, амма иза шовзткъа бежанан мехал сов балийта мегаш а дац. Амма и мостаг1алла ширалле дирзина хилар бахьана долуш, Алиханан гергара нах и т1еэца ца тигира, амма х1ете а Заурбекаг1арна лиира юха а и г1иллакх цаьрга кховдо.
1адато ма-бохху а, шен дас дина дехара бахьана долуш а, Заурбекан жимох волу к1ант Ибрах1им цу дийнахь ц1ахь сецира. Нагахь санна ч1ир йитарехь дагахь доцург дуьхьал далахь, Тасуевг1еран х1у ца хадийтарна жоьпалла Ибрах1имана т1ехь юьссура. Доьзалехь оцу кепара мехала дакъа лаца шена бакъо елла йоллушшехь, Ибрах1има дукха х1ума лур дара тховса шен дена а, шен дерриге а тайпанна а уллохь хила. Цуьнан жималлин ц1ергахь догучу дагна ца лаьара оццул ч1ог1а шен дас сатийсина йолу м1аьрго тховса шена ца гуш т1ехъялийта…
Машенийн а, автобусийн а еха мог1а новкъа елира. Б1е шовзткъе итт километр йохалла некъ бара цара арабаьккхинарг. Довхачу дешнашца, ловцашца новкъабохура уьш лулахоша, шайн даго ма-бохху цу г1уллакхан чаккхе хилла ц1а дерзар нислойла шун бохуш…
Билгалйиначу меттиге уьш схьакхаьчна масех минот ялале, кхуза кхечира 1аьржачу басахь «Волга» машен. Цу чуьра охьавоьссира нохчийн къомаха а волуш, тайначу аматехь цхьа стаг. Схьахетарехь, иза лериначу урхаллийн белхало вара. Цо дийхира гулбеллачарна юкъара милла а цхьаъ шега вистхила юьстахвала аьлла. Къаноша дукха ойла ца еш Заурбекан воккхах волу к1ант Саь1ид д1ахьажийра КГБ белхалочуьнга вистхила. Могуш-парг1ат а хаьттина, и шиъ машенна чухиира. Цаьрга хьоьжуш лаьттачарна и къамел чаккхе йоцуш дахделла хеталора, амма ма-дарра аьлча яьлларг ткъа минот бен хан яцара. Саь1ид машенчуьра охьавоьссира, цунна т1аьхье КГБ шиъ белхало а. Лаккхара дарж долу шолг1аниг оьрси вара. Советан 1едалан муьрехь республикин массо а нуьцкъаллин структурашкара лаккхара даржашкахь оьрсий а бара, лериначу урхаллашкара муьлха а декхара кхочуш деш волчу нохчочун терго еш даима а цхьацца оьрси а хилла.
Кхайкхаза баьхкина хьеший Саь1идан 1одика а йина д1абахара. Саь1ида дийцира гулбеллачаьрга уьш х1ун дахьаш баьхкинера. Цхьанна а башха цецвала х1ума дацара уьш кхуза кхачар. Дукха хьолахь церан «хьошалла» къамелаца д1адоьрзура, амма х1ете а шайгара дукха ца оьшу, 1адатаца ца бог1у хийцамаш бора цара х1ара тайпа г1уллакхехь. Ч1ираца партица кхайкхина болчу къиссаме хьаьжжина, КГБ-на хууш дара мила хьенан ч1ирхо ву. Цу организацис шен ницкъ кхочург дара деш нохчийн юкъараллера ч1ир йитаран 1адат д1адаккха.
Тховса а уьш кхуза баьхкинера дукха хьолахь гулбеллачарна диц ца далийта шайна ца хууш кху махкахь х1умма а чекхдер доций. Иза бакъду. Советан 1едалан заманахь КГБ вуно ч1ог1а ницкъ болу организаци яра. Цуьнан лергаш а, б1аьргаш а ца кхочуш ца юьссура Нохч-Г1алг1айчохь цхьа а генара а к1отар. Бахархой-м боьллера цу г1уллакхах. Цхьа кхузткъа-кхузткъе итт шо хьалха 1едалца къайлах уьйр латтош, айкх эцна вахар нохчийн юкъараллехь ц1анлур доцу эхь хеттера. Мотт бетташ волу стаг а, цуьнан берриге а доьзал а махкахоша йемал деш, юьртаха боккхуш хилла. Цуьнан къеггина масала ду Хорчара Борщиговг1еран доьзал. Уьш юьртаха баьхнера Харачойн Зелмхаца ямарт хиларна. Таханлерачу дийнахь а, цу доьзалан т1аьхьенан аьтто бац шайн дай баьхначу лаьтта ког баккха. Цул совнаха, цу доьзалца цхьаьна а кепара юкъаметтиг латтор эхь лерина нохчаша.
Нагахь санна антиколониальни т1емаш долчу хенахь къайлах мотт беш волчо дийнна юьртана а зен деш хиллехь, тахана совхозан ча лачкъийна, я 1едална луьйш гучуваьллачунна мотт бар ши-кхо шо хан тохарца чекхдолу.

Мотт тохар иза шуьйра дийцаре долу г1уллакх хилла. Нагахь санна цхьаммо мотт тохар бахьана долуш зен хиллачун доьзал и айкх эцна ваханчунна д1адекха г1ерташ хилла. Х1оранна а лаьара законе хьаьжжина ваха. Шерашца баланаш лайна адамаш кхетара Советан 1едалах тийссабала шайн ницкъ тоьар боций, цундела цуьнца бертахь 1аш хилча аттох ду, цу 1едалан харцо хьайн гуш ялахь а. Миска нахана-м башха ишта вуо а дацара и 1едал ма-дарра аьлча.

Саь1ид ч1ирхочун к1ант хиларал совнаха, иза эпсаран ц1е лелош, чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон белхало а, коммунист а вуй хиъча, КГБ белхалоша йемалдарца т1елецира и тайпа цхьаьнакхетаршкахь цо дакъа лацар. Эпсарана дагадийтира цу хьокъехь партис х1у боху а, пачхьалкхан ойланна дуьхьал долчу цхьаьнакхетарехь дакъа лацар республикин партийни куьйгаллина хуур хилар а. Иштта кхерам тессира гулбелларш нуьцкъала д1асалохкур бу аьлла.
Саь1ида уьш кхетийра шина тайпанна юкъахь ткъе пхиъ шо сов хенахь дуьйна хилла х1ара мостаг1алла  тховса кхин цкъа а ца хьахо д1адоккххуш ду аьлла. Цул совнаха, х1ара тайпа цхьаьнакхетар мелхо а машарна т1ехьажийна ду, т1екхууьчу чкъурана а кхетийта, геч дина стаг вита, цуьнан ц1ий 1аночул совнаха доьналла оьший. Саь1ида к1оргера къамел дира лериначу урхаллийн белхалошца. Партина дуьхьал вала а ца г1ерташ, нохчийн 1адатийн к1орге йовзийта шен дерриге а хьекъал а, кхетам а т1ехьажийра цо. Саь1ида билгалдаьккхира 1едалан та1зар кхочушдаран система буьззинчу барамехь тоьлла яц аьлла, х1унда аьлча набахтичуьра араваьллачо ша дина зулам кхин цкъаъ до, амма заманан йохалла гина дац витиначу ч1ирхочо юха а адамна т1екхевдина а, ур-аттала цхьа жима зулам дина аьлла а гучудаьлла. Оцу кепара вайна го мел еза ю 1адатан мехала. Амма х1ете а социалистически юкъараллехь 1адат хьалхататта а оьшуш дац. Цу т1ехь церан къамел чекхделира.
Баккхий нах дукха ч1ог1а реза хилира Саь1ида диначу къамелана, цуьнан дешаран пайда билгал а боккхуш. Цул т1аьхьа гулбеллачара кхи д1а шайн г1уллакх д1адехьира.
Ч1ир йитар нохчийн 1адатан лехамашца дог1уш, кхин цхьаьна а х1умано нокъарло ца еш д1а чекхделира. Алиханан гергарчу наха шаьш хьалха д1ахьедина ма-хиллара, сурсаташца а, ахчанца а деш долу г1о т1е ца лецира, ткъа шайн рог1ехь Заурбекаг1ара цаьрга тешо йира и кхачанан сурсаташ а, ахча а шаьш Алиханна т1ера саг1ийна мискачу доьзалшна д1асадоькъур ду аьлла.
Чубуза кечбеллачу малхо шен з1аьнарш яржийна, ц1ийелла йогура стигла. Ма шатайпа йоьссира х1ара суьйре тийначу Теркан тог1ехь. Яханчу заманехь йиссира шерашца кийрахь къийлина массо а г1айг1анаш а, сингаттам а. Доьзалах болчу кхерамо кхин дагах м1араш туьссур яц. Хилларг, б1аьргаш дуьхьал х1иттош, набарха вохуш, дагалецамаша а кхин хьийзор вац. Ма маьрша еара х1ара суьйре. Ма шатайпа детталора дог. Заурбек юха а лаьттара корах ара а хьоьжуш. Ц1ег1а босс беттачу стиглахь, меллаша шен шекъа 1енош, баьржара маьрк1ажен бода. Са б1арзделла, даш санна базбелла сингаттам кийрахь а къуьйлуш, хийлозза б1аьрг биттинера Заурбека кху к1отаран шерачу аренашка, ткъа тховса-м г1енахь лаьмнаш гур ду…Х1инца цуьнан бакъо ю лаьмнийн к1ажехь 1уьллучу, шен дай баьхна йолчу цу исбаьхьа юьрта доьзалца ц1а верза. Муха ю теша и х1инца? Хьалха санна зевнечу олхазарийн аьзнаша йохий теша и сама? Тишъеллий те кешнийн керташ? Бераллехь идда некъаш къухь яьлла-м дац те? Юьрта йистера гу т1ехь х1инца а довлий теша шелонца къийссало и ховха лайснаш? Х1инца а дуй-те варшашкахь лечкъаш мекара иччархочух кхераделла лу? Нускал санна к1айчу зазанца кечбелла, лаьттий т1е х1инца а дадас д1абийна хилла кхор? Ткъа х1аваъ…х1инца а дуй теша иза ишта ц1ена? Хеталора иза кху юьртан гуо бина лаьттачу лаьмнийн кортош т1ера мархаша гулдой х1ора а 1уьйранна кху юьртана совг1атна дохьу…
Иза ша дерриге а гур ду те? Аьтто хир бу те шерашца яйна хилла кхерчара ц1е юха а лато?! Хастам хиларг ма ницкъ бу хьоьгахь! Заурбекана х1инца х1ара дерриге а дуьне кхечу аг1ор гуш дара. Дуьне хаза дара! Иза хьакъ дара къийсса а, ваха а. Заурбек тешна вара шен берашка а, берийн берашка а хьоьжуш сирла кхане хиларна. Иза тешара тахана дуьйна ша нехан стеган ц1ий 1анор бахьана долуш хьарчинчу къинах цу стеган доьзална хьалха маьрша вуй…Х1ора а ламазехь ма доьхура цо Деле шена гечдаре, х1унда аьлча кхана дог1ур долчу Къемата дийнахь а ша жоп дала дезаш вуй хууш.
Цу сарахь саг1а а даьккхира, гергара нах а, лулахой а кхайкхина, Дела а, цуьнан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлид йийшира. Ах буьйса яьлча д1асабахара хьеший. Амма Заурбекан корехь стогар х1инца а д1абанза бара. Хазахетар лан а оьшуш хилла-кх бала лан санна онда ницкъ. Наб озийна х1усам буьйсанан тийналлица ийра. Амма цу чохь вижанза шиъ вара – Заурбек а, цуьнан жимох волу к1ант Ибрах1им а….


II

Дуьненан йеаъ маь11е Советски Союза шен аьчка м1аранаш д1атуьссуш, дуьненахь машар къуьссу шатайпа зама яра и. И къовсам хийцалучу кхиамца боьдуш бара: новкъарло еш НАТО пачхьалкхаш яра, къаьсттина 1амаьркан Вовшахтоьхна штаташ. Амма эшамша къовсаман шовкъ д1а ца йоккхура, иза мелхо а алсам йолура. Африкан а, Азиян а, Латинин 1амаьркан а мехкашка вежараллин г1о сацанза д1акхачош дара, дукха хьолахь иза СССР-а 1аламат боккхачу барамехь арахоьцу герз дара. Иштта Советан 1едало царна ахчанца а, т1еман хьехамчийн девнашкахь дакъа лацарца а г1о дора. Бартхоша баркаллица и г1о т1еоьцуш, шайн ницкъ ма кхоччу чоьхьарчу мостаг1ийн кепехь йолчу «не1алт хиллачу» империализмаца къиссам латтабора. И «вежараллин» г1о саццалц, цуьнца уьйр латтийначу аг1онаша « дуьненна машар» Советан 1едалан  кхайкхамца шайн жигара къиссам д1ахьора. Амма и г1о сецначу м1аьргонехь Советски Союзан селханлера «вежарий» цуьнан мостаг1ий хилий, сихонца шайн меттамот хуьйцуш капитализмехьа бовлура.


СССР-н арахьарчу политикехь кхин а ч1ог1а дагахьбалламе г1алаташ а хуьлура, масала Венгрехь, Чехославакехь а, кхин йолчу социалистически пачхьалкхашкахь хилла революциш.

Кхузахь галбаьллачу пачхьалкхан д1ах1оттамна шен «вежараллин г1о» Советски Союза ша цхьаммо хилла ца 1аш, Варшавски Ч1аг1аман декъашхой йолчу пачхьалкхашца цхьаьна дора. Г1аттам я, революци социализман мехкашкахь къизаллица йохайора.


1978-чу шарахь Советски Союза «машар» бан г1ортар бахьана долуш х1аллакьхила бисте кхечира Афганистан. Дерриге а дуьненна д1ахьединера Афганистанера хьал Советски Союзан къилбера дозанна кхераме ду аьлла а, иштта СССР «декъазчу» афганцашна халкъана ницкъ беш болчу пачхьалкхан д1ах1оттамах к1елхьарадовла г1о дан декхарийлахь ю аьлла а.

Партийн гуламашкахь а, кхеташонашкахь а партис а, правительствос а дина д1ахьедар хазахетарца т1елецира къинхьегамхоша. Интеллигенци ша интеллигенци хиларе терра йист ца хуьлуш, оьзда 1аш яра, ткъа наггахь цхьалха диссидента туху мохь дерриге а халкъан хазахетаран ц1ог1анехь хезийла а дацара.

Оцу кепара дийнна халкъо къобал а деш 1979-чу шарахь СССР шен берриге  а т1еман ницкъаца Афганистанна т1елетира, 1едало хьийзош долу цуьнан къам к1елхьарадаккха 1алашо юьхьар а лаьцна. Къиза а, ирча а т1еман зама кхайкхаза хьаша хилла йоьссира Афганистане. Б1е эзар маьрша адам х1аллакьхилира, иштта эзарнаш, эзарнаш интернационалисташ-т1емалой а эгнера цу муьрехь. Амма Афганистанна дуьхьал ша долийнарг сий долуш чекх ца делира я советски политикина а, я цуьнан герзана а. Феодализман муьрехь хиллачу Афганистанаца биначу т1амехь СССР эшаран бахьанаш иза дукха ойла ян хьакъ долу чолхе х1ума ду.

Кхузахь билгалдаккха хьашт ду цу толамехь куьйг бехкениг уггаре а хьалха ша Афганистанан къам а ду, иштта итта шеран йохаллехь цу къиссамехь царна г1о дина йолу пачхьакхаш а ю. Ткъа кху сохьта т1ом болалуш бен бацара…

Дуьненан ялхолг1а дакъа д1алоцучу Советски Союзан хьаьрмахь хаамийн пропаганда д1айолаелира. Шен бахархойн кхетамна т1е1аткъам бан 1алашонца, пропагандин ницкъ болу машен чухийцира СССР-а. Бакъдерг ала деза, цо шен болх цхьа а шеко йоцуш дика кхочуш а бира. Дош ала башха бакъо йоцу  к1езигаха дакъа диссалц, советски адамо 1аьржаниг к1айн а лоруш, цхьаьнаэшшара къобалдира шайн пачхьалкха Афганистанна т1елатар. Цул совнаха, цу т1амехь эгначийн наношна-м хетара шайн к1ентий бакъо къуьссуш кхелхина.

Тамаша бацара башха дахаро зийна воцу Ибрах1им а Советан 1едало шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь дуьйцучух тешар. Коммунистически ойланашца кхиийна волу жима стаг доггах тешара шен пачхьалкха адамана зенехь хир йоций, иза нийсонан бухт1ехь кхоьллина хиларах. Цунна коьртачу а дог1ур дацара цкъа а, СССР-а оццул мекара т1елатар дина Афганистанан машар бохор буй. Воккхах волу ваша Саь1ид ша кхето г1оьртича иза цунах ца тийшира. Ибрах1имана моьттура цо иза ша ларвархьама дуьйцуш ду. Дагчохь цо дуьйцучух ша реза воццушшехь, Ибрах1има моттарг1а йира вешина нийса хетарг дийр ду ша аьлла. Амма к1анта бина сацам цхьаьнга а хийцалур болуш бацара – Ибрах1им хьаьгна вара Даймехкан декхара д1адала. Иза тешара ша дахар ларда воьдуш хиларах, цунна ца хаьара ша ц1ий 1ано цига воьдуш вуй.


Кху гурахь Ибрах1им эскаре ваха везаш вара. Ишкол чекхяьккхинчул т1аьхьа институте деша ваха цунна ца лиира, х1унда аьлча гуманитрани лаккхарчу дешаран хьукматаш чекхяьхнарш эскаре иштта а кхойкхуш бу. Цуьнан х1етале 22-23 шо хир ду.Ткъа Ибрах1имана хетара х1инца шен йолчу хенахь эскарехь т1е1иттало халонаш  лан шена дуккха а аттох хир ду. Цул совнаха, эскарехь ма хуьллу сиха шен дика амалш а гайтина, КПСС мог1аре х1отта а аьтто хир бу. Ибрах1има биначу сацамна дуьхьал ала х1ума долушшехь, дас а вашас новкъарло ца йира цо хаьржинчу некъана.

Ишкол Ибрах1има лаккхарчу кхиамашца чекхяьккхира. Т1аьхьарчу пхеа шарахь цуьнан къаьстина ч1ог1а спортаца гергарло тасаделира. Дзюдо лелар бахьана долуш, иза х1инцале цу спортан кепехь мастер хила хьакъ волуш вара. Амма цхьа спорт хилла ца 1ара Ибрах1иман тидам т1еберзийнарг. Къаьсттина боккхачу лаамца оьхура иза литературни кружоке. Цунна ишта ч1ог1а оьрсийн мотт а, литература а езаяларехь, шеко йоцуш, «бехке» яра Мария Владимировна.

Цхьаьна дийнахь Ибрах1им доьшуш волчу пхоьалг1ачу классе чоьхьавелира ишколин директор, ткъа цуьнан букъа т1ехьа а лечкъаш оьрсийн йо1 а. Директора берашна йовзийтира Мария Владимировна – церан керла классан куьйгалхо а, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо а. Ищерски станице Мария Владимировна Астраханера еанера, х1етахь дуьйна цуьнан дахар доьзна хилира Теркана гена йоцуш 1уьллучу нохчийн жимачу юьртаца. Ибрах1им а кхузахь доьшуш вара, х1унда аьлча церан к1отарехь юьхьанцара бен школа яцара, цундела иза дас-нанас кху интернате деша х1оттийра. Мокъа деношкахь бен ц1а вар а ца хуьлура Ибрах1иман.
Шо шаре мел долу Мария Владимировнина Нохчийчоьнах доггах безабелла шолг1а Даймохк хилира. Толстойн а, Лермонтовн а, Пушкинан а, говзаршца нохчийн амал а, 1ер-дахаран кеп а мелла а шена йовзуш йоллушшехь, юьхьанцара йоь1ана хала дара нохчийн дахарах кхета.

Невран к1оштан Ищерски станица Теркана аьрру ийстехь 1уьллура, Соьлжа-Г1алина б1е километр генахь. Йист йоцу пох1ма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош кечйича санна яра юьртан б1аьстенца сенъелла йог1у и шера аренаш. Цкъа мукъне а кхуза кхаьчнарг тийналло, синтемо йийсаре лоцура. Моьттура, даима а ламанца мостаг1ех тийссаелла и буьрса Нохчийчоь кхузахь тийначу Теркийстехь садо1уш ю. Адам а дара кхузахь меттигера 1алам санна син-парг1атонах дуьзна. Вовшашца к1еда-мерза болуш, цхьаьна дика а вуо доькъуш,  бертахь бехара нохчий а, оьрсий а. Каникулаш йолчу хенахь ишколан администрацис дешарт1ехь кхиамаш баьхнарш совг1атна Соьлжа-Г1ала буьгура. Ибрах1им а хуьлура даима царна юкъахь. Дешархойн ч1ог1а самукъадолура цу г1уллакхах. Г1алина гена 1аш долу бераш хьаьгна хуьлура Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран и леккха г1ишлош а, суьйренца лета чиркхаш а, шуьйра урамаш а, зезагех юьзна некъаийстош а, т1ай бухахь сих-сиха болар хуьйцуш, маьлхан з1аьнарш тулг1ешца лепош доьду Соьлжа а ган. 


Мария Владимировна чоьнах мах луш Таибат ц1е йолу цхьа нохчийн зуда йолчохь 1аш яра цуьнца цхьаьна цу кхерчан йовхонах марзо а оьцуш. Таибатан х1усамда а, иштта цу школехь доьшуш долу ши бер а дара 1аш. К1ант шолг1ачу классехь вара, йо1 ворх1алг1ачу классехь. Къоначу хьехархочун дахар шен хорше дирзинера. Нохчийн амалах а йоьллера йо1. Берийн а, белхан накъостийн а боккха ларам бара цуьнца. Иза ларамза а дацара. Мел к1оргера безамца довзуьйтура цо дешархошна литературин и чулацаме дуьне. Цуьнан корматалла а, шен балхе йолу шовкъ а бахьана долуш, генарчу Нохчийчуьра берашна мел шайна гергара хетара Вальтеран а, Дюман а, Достоевскин а, Толстойн а турпалхойн васташ. Хеталора цуьнан чаккхе йоцуш ду царех лаьцна дийца. Де дийне мел долу марзлора берашна литература. Царна билла бехк а бацара, х1унда аьлча книга йоьшуш а ца кхетара ишта дагах турпалхойн кхоллам, хьехархочо дуьйцуш санна. Вежарийн Карамазовг1еран боьхна барт, Чацкийн шатайпа амал, Безухов Пьеран васта романехь д1алоцу меттиг. Литературин турпалхойн дахарехь т1е1иттаела киртигаш шайга хьехархочо юьйцуш цецдевлла ладуг1учу берийн ойла цигахь яра…генарчу геналлехь. Царех х1ораммо а ойла йора цу турпалхочун метта хилча ша-ша х1ун дийра дара те. Х1оранна а лаьара иза хьехархочунна довзийта. Цундела классачуьра тийналла наггахь юхура бераша деттачу маьхьаршна:
-Хьажахь, ма к1ант хилла и! Ма нийса дина цо и! Ас дийр дара ишта! Х1ан-х1ан и харц ву!
И г1овг1анаш къоначу хьехархочунна ша бечу балхана уггаре а доккха совг1ат хетара.

Кхин долчу берашна санна къаьсттина и Мария Владимировна бахьана долуш езаелира Ибрах1имана а литература. Дуккха а книгаш ешар бахьана долуш к1ентан оьрсийн мотт а шарбелира. Ала деза, нохчийн мотт а, литература а 1амор ишколехь т1едожийна хиллехь а, Теркал дехьа, дешаран программи юкъара нохчийн мотт д1абаьккхинера. Ламанца а, лаьмнийн к1ажера а ярташкахь, цигахь дукха хьолахь бехаш нохчий хиларна факультативни занятиш д1ахьора.
Ибрах1иман ерриге а ойла д1алецира литературас. Уьссолг1ачу классе волуш цуьнан шен библиотека яра кхо б1е сов книга а йолуш. Ибрах1иман нанас Хедас башхачу дегайовхонца сих-сиха дуьйцура ша пхи шо кхаьчна волу Ибрах1им а эцна г1алит1а базар яхча, мороженое эца шега делла долу ахча а эцна Ибрах1има ведда вахана киоскехь шена берийн киншкнаш эцарах лаьцна.
.
«Дядя Степа» а, Чуковский Корнейн «Мойдодыр» а…уьш х1инца а ю кхеран киншкийн тарха т1ехь, Ибрах1иман нанас безамца дола а деш.
Школехь хьехархоша Ибрах1им даима нийсархошна масалийна валавора. Уьш тешна бара к1анта лаккхарчу дешаран ирхенаш йохур хиларан. Ткъа уьш массо а цецвоккхуш, Ибрахи1ма кхочуш до ша ният дина т1елаьцнарг – институтан метта цо эскар хоржу.
Ибрах1има ишкол чекх а яьккхина аттестат схьаэцначул т1аьхьа, цуьнан доьзал шайн дай баьхначу лаьмнийн к1ажехь 1уьллучу юьрта д1абахара. К1ант берх1иттара велира. Масех бутт биссинера иза эскаре ваха. Дас-м цуьнан ойла кхечу хорше ерзо сатуьйсуш, машен а ийцира. Амма Ибрах1им ша аьллачунна т1ера вер волуш ца хиллера. Цо т1етаь11ина кечам бо эскарехь т1еман декхара д1акхехьа. Иза эрна а ца хиллера. Цигахь ма зийра и дахаро, шен ерриге а аг1онаш цунна йовзуьйтуш….


                СИЙ

Йийначу цхьаьна зудчун метта
Ч1ирана нохчаша вуьйш хилла шиъ….


Х1ора а къоман ду шайн цхьанхьа а язданза ламасташ а, юкъараллас т1еэцна дахаран кепаш а. Нохчаша цунах 1адат олу. 1адат иза – дахаран бакъенийн бух а, ламанхойн сий-оьздангаллин а, г1иллакхан а лард ю.

Ибрах1иман йишас Заргана дийхира вешига шеца луларчу юьрта хьошалг1а вола аьлла. Цигахь Зарганан накъост яра маре яха кечам беш. Зарганин х1усамден Мовсаран ша мокъа ца хилар бахьана долуш, аьтто ца белира иза эцна цига ваха, ткъа Ибрах1им хазахетарца реза хилира йишин дехара кхочуш дан. Цунна доккха совг1ат хетара шен хьомечу йишина муьлххачу а аг1ор дог дика дан аьтто балар.
Уьш некъа йисте бевлира. Ибрах1иман х1инца а бакъонаш яцара шен  машен лело. Х1ара шиъ юкъараллин транспортан социйлахь лаьтташ дара машен кхетаре сатесна. Ткъа дукха латта ца дийзира. Сийначу басахь «Волга» сецира. Водителан уллохь 1аш схьахетарехь г1уллакхехь волу юккъерчу шерашкахь стаг вара. Шен йиша цкъа хьалха охьа а хаийтина, Ибрах1им  чухиира машенна. Х1етахь бен ца гира цунна дуьхал долу корайистехь 1аш кхин цхьаъ стаг хилар. Амма машен х1инцале д1айолаелира, цундела т1аьхьа дара йиша сехьа яьккха. Цул совнаха, шайна г1уллакхна машен совцийначу нахана цатешам гайтина вас ян ца лууш, йитира Ибрах1има шен йиша шина боьршачу стагана юккъахь. Ткъа Зарган-м уьйриг санна ч1аг1ъелла, шен ма-хуьллу к1езиг меттиг д1алаца г1ерташ, вешина улло те1ара.
Х1ора а шен ойланан йийсарехь вара. Дуьткъа тай санна кхарна хьалха д1ауьдура беха некъ. Амма машенчуьра тийналла дагахь доцучу кепара юьйхира. Хьалха 1аш волчу стаго ц1еххьана схьа а вирзина, Зарганан вовшахдуйцина долчу шина куьйгах цхьа к1оршаме катуьйхира. Х1ун бахьана долуш йоьссира цуьнан коьрте и тайпа ирча ойла? Я йо1 т1ехэсала хеттера, я цуьнан вешин доьналла к1езиг хеттера, я муьлха а х1ума  шена бекхам боцуш дуьссуш хиларах воьллера? Даржо вахийнера, я сов маларах кхеттера? Хийрачу  стеган карара шен ши куьйг схьа а доккхуш, Заргане мохь белира.

«Нохчочо дуьненчохь цкъа а дуьтур доцу  х1ума ду шен ненах, х1усамненах, йишех  хийра стаго ларам боцуш куьйг 1оттар.  Нохчий дуьненахь а г1арабевлла бу муьлхха а кхерамна дуьхьал кураллица корта ойуш хиларца. Нохчийн 1адат – иза къоман чоьхьара мах боцу хазна ю. И 1адат лардаро дозаллица ваха бакъо а ло, и 1адат дохийнарг юьхь1аржонан новкъа а волу. Нохчий цкъа а ца хилла кураллина къен. Жималлехь дуьйна х1ора а нохчочунна ша «нохчо» аьлла и сийлахь ц1е д1акхехьа жоьпаллехь хетта. Иза ю и динан хьолаллаца  нийсса, къоман кийрахь син-оьздангалла кхиош йолу исторически мехалла. И жоьпалла ларъя оьшу и «нохчалла» - нохчийн маттахь бен маь1на дан йиш йоцу башха кхетам. Цкъа зовкхе олу вай мел сийлахь ю и Нохчочун ц1е, ткъа юха и ц1е йицлой, х1умма а бехке ца хеташ, къинош летадо.
Шалхонаш лелаяр иза Дела цхьаъ ца хетар санна ду. Иза дог1уш дац бакъ волчу нохчийн къонахчун а, зудчун а вастаца. Дуккхозза йилбаз мох хилла дуьхьал даьллера  хийла  х1ума  нохчийн культурина, ламасташна, 1ер-дахарна, динна. Тайп-тайпана ницкъаша  т1е1аткъам  беш, хийла д1асалестийна и нохчаллин г1ортор хилла лаьттина дайн 1адаташ.
Х1ора а къоман культурин шен башхалла ю. Кхи долчу къаьмнашна ца кхета а тарло и. Нохчийн къоман син-оьздангаллина, цуьнан 1адатана т1екхевдина долу куьйг та1зар доцуш дита мегар дац. Ткъа дикка хан яьлла волчу стагера даьлларг вуно ирча а, ц1армат а х1ума дара. Ц1ий 1анийча бен ц1анлур доцу х1ума дара цо динарг.

Юьхьанцара цу г1уллакхах ца кхетта, воьхна хилла Ибрах1им ц1ехххьана дера экха санна цергаш юхкуш т1екхийтира цу стеган боьхачу куьйгана, кхин д1а хила тарлучух йиша ларъеш, иза шен дерриге а дег1аца д1а а хьулъеш. Цхьаьна куьйгаца цо киснахь лоьхура тиссало м1ара хадо эшахь а аьлла, шеца даима лелош хилла скальпель. Амма иза карош яцара. Вешин х1уманашна иту кхьокхучу хенахь Заргана д1аяьккхина хила тарлора и, оцу кепара цо ларамза лардира шена халахетарг динчунан дахар.
Машен ц1еххьашха сецира, вовшашца чуччавахана ши довхо д1а схьа а къастош. Ибрах1има цу м1аьргонехь машенан не1 схьа а йоьллуш ара такхийра цу чуьра и стаг. Х1уммаъ бен ца хеташ цуьнан са даккха кийча вара Ибрах1им. Цунна шена а ца хаьара мичара баьлла шегахь адамехь хила йиш йоцу и хьере ницкъ. Хетарехь Ибрах1иман карара дийна а волуш маьршаволийла дацара цу стеган, амма Заргана новкъарло йира. Иза кхераеллера, даима а эсала, комаьрша хиллачу вешин кийрахь б1ешерашкахь дуьйна кхолламо зийначу нохчийн къоман амал самаяларна. Шен ховха, жимачу куьйгашца тиссалора Зарган вешех, иза сацо г1ерташ. Машен чохь волчо юханехьа  чуийзавора шен накъост водителана т1е мохь а бетташ
-Д1аяхийта сиха машен, сихо е! Цо Ахьмад вуьйр ву х1инца.
Ибрах1им цу минотехь къора а, б1аьрзе а вара. Цунна гуш а хезаш а шен боьха мостаг1а бен кхин х1умма а дацара. Маьхьарца т1еетталу йиша  д1а а теттина, иза юха а т1екхийтира, нохчалла охьайиллиначунна, цуьнан дахар ши капек мах доцийла хууш. Цхьаьна куьйга и машеначуьра ара а текхавеш, важа куьйгаца цунна юьхьа т1е саццанза буйнаш доьттура Ибрах1има. Шен ма-хуьллу тиссавелира иза, амма юха ницкъ кхачийна, машен буха ваханза волуш, г1ора д1адаьлла некъа т1е охьавуьйжира. Ша корта хьалаойбуш, цуьнан б1аьрг кхийтира сихъелла д1айоьдучу машенан пачхьалкхан регистрационни лоьмарашах. 90 44 ЧИС – шеко яцара машен пачхьалкхан г1уллакххойн  хиларан.
Дог 1ийжара, лозура, доьлхура. Лан ницкъ боцуш халахетара и сийдоцу х1ума бекхам боцуш д1аяхийтарна. Муха хьажа веза х1инца ден а, ненан а б1аьра? Х1ун ала деза йишин х1усамдега, вежаршка, кхи болчу гергара нахе? Сингаттаме ойланаша борзморзахан багахь болуш санна къуьйлура корта. Де доьхна лаьттачу Ибрах1имана ца хезира шайна уллохь киранан йоккха машен соцуш. Машенан шофер хетарехь цхьа пхи шо валахь кхин воккха вацара Ибрах1имал.
-Сиха чуховша – мохь туьйхира цо, не1 схьа а йоьллуш.
Новкъахь цо дийцира шена кхузахь дукха хан йоцуш хьалха х1оьттина сурт гинера, шуна г1о оьший кхетта, цундела сецнера ша аьлла. Ибрах1има иза шена нисвелла хазахетар къайла ца деш, ма-дарра ша дерриге а д1адийцира.
Цуьнга леррина ла а доьг1на, жима стага доггах элира:
-Геннара гира сунна машенчуьра цхьаъ охьаваккха г1ерташ тиссалуш волу хьо а, хьуна улло де доьхна уьду жима зуда а. Кху минотехь дуьйна хьуна вошалла дан кийча ву-кх со! Шек ма вала хьо! Вай сиха т1аьхьакхочур ду царна.
Ибрах1имна-м х1ара накъост шена Дала ц1еххьана доссийна г1о хетара, амма х1ете а ца лаьара нехан стаг доккхачу девне юкъаийзо. Цо дийхира цуьнга машенна т1аьхьакхиъначул т1аьхьа шайн г1уллакхна юкъа ца г1ертаре. Некъ беха хиллера. Жима стаг къамеле велира Ибра1имца. Ибрах1иман а, Зарганан а да-нана девзаш хилла цунна. Цаьрга болчу ларамо кхин а ч1ог1а марсайохура жима стеган ойла. Шен ма-хуьллу т1ета1айора цо машен, цуьнан берриге а ницкъаш схьа1овда г1ерташ санна. Сийна машен а дукха ца 1аш гучуелира.  Уьш цхьаьна юьрта чукхечира. Цу хьалха 1уьллура аьчка некъ. Семафоран ц1е стогар схьалалетира. Ибрах1имна орцанна санна, геннара схьахезачу г1овг1анца хьаьдда йог1ура ц1ерпошт. «Волга» ца ларийра цул хьалха аьчка некъал дехьаэккха.  «Волганца» цхьаьнаэшшара сецира киранан машен а. Зарган маьхаьраца юха а тиссалора шен вешех и сацо г1ерташ, амма Ибрах1им «Волгина» т1екхаьчна ваьллера, цунна т1аьхье монтировка а карахь ведда вог1ура ц1еххьана Ибрах1имна нисвелла накъост а. Ибрах1има машенан хьалхара не1 схьа а йиллина, Ахьмадан юьхьт1е ластийна буй туьйхира, ткъа цул т1аьхьа иза машенчуьра ара а такхийра. Ахьмадан схьахетарехь 40-45 шо хир дара. Деза духарах а, леррина йихкиначу галстуках а гуш дара иза 1едалан лаккхара даржехь хилар. Шен некъахочун г1о даккха машенчуьра цхьа стаг охьаиккхира. Шен ц1е Рахьим ю аьлла ша вовзуьйтуш, цо дийхира Ибрах1име зулам ма дахьара ахь аьлла,  х1унда аьлча цуьнан т1аьхьало к1антана ирча хир юй хууш.

- Хьо мила ву кхуьнан? Жоп ло? Мила ву? Гергара вуй? Вацахь д1авала сунна новкъара. Х1ара стаг ша диначунна жоп дала дезаш ву.
-Х1ан-х1ан! Гергара вац. Тхойшиъ цхьаьна болх беш ву. Къинт1ера валалахь. Жимма маларах кхеттера иза, цундела даьллера цуьнгара иза. Юха дистхила мегаш ма ду вай. Ас адрес дуьйцур ду хьоьга…
-Х1ун адрес? Ас юстах вала боху хьоьга, хьайна бала а ца беш – т1е мохь туьйхира цунна Ибрах1има. Цу м1аьргонехь ц1еххьана к1ентан б1аьрг кхийтира дагахь доцучу кепара гучуваьллачу мостаг1чунна т1ехьашха тебаш волу киранан машент1ера шен накъост. Цу минотехь некъайисте сецначу машенчуьра охьаиккхира Ибрах1имца цхьаьна классехь дешна волу, цуьнан лулара 1ела. Гонахара хьал к1еж туьйссуш дог1у ламанан ахка санна кхехкаш дара. Ибрах1имана гуш дара шен доьзална т1едеанчу вуоне ша ларамза юкъаийзош нехан нах хилар, ткъа цо кхин а ч1ог1а йохайора цуьнан иштаъ панаевлла ойланаш. Коьрте тессира дас дина хьехар: «Даима дагахь латтаде! Хьо дера волчу минотехь еана оьг1азло цкъа а юьссур яц т1аьхьало йоцуш. Цуо маца ваьккхина а дохко воккхур ву хьо. Хьан деган а, кхетаман а баьллачу къиссамехь толам собаре баккхийта хьажалахь».
Ибрах1имна ша жоьпалле хийтира киранан машен лелош волчу жима стагах а, шена ваша хилла улло х1оьттиначу 1елах а. Луьралла д1аелира, цуьнан метта кхолладеллачу хьолан кхетам беара. Терзан т1е диллинар йишин а, цуьнан х1усамден а, Ибрах1иман берриге а доьзалан а, тайпанан а, тукхуман а сий ду. Цу сийнна т1екхевдинарг бекхам боцуш вита йиш яц. Амма нехан нах бехке бац, уьш чот йоцучу зуламан бисте бига хьашт дац. Дас диначу хьехаре хьаьжжина, кху къиссамехь собаро баьккхира толам. Т1аьххьара шеконан чан шена т1ера охьаэгош санна, Ибрах1има юхь-дуьххьал шен мостаг1чуьнга а хьаьжна элира
-Нагахь санна хьоьх жимма а боьршалла йиссинехь, хьо кхета веза айхьа диначун барамах! Мичахь хир ву хьо? Мичахь лаха ас хьо? Х1етахь, вайшиъ цхьанакхеттачу дийнахь кхолламо къастор ду сий дайна дуьненчохь мила вехар ву, я ваххане а вехар вац. Суна ца лаьа тхайна хийра болу нах вайшиннах бен хьакхалуш доцучу г1уллакхна юкъаийзо. Амма хьуна д1ахаийла! Хьо милла а валахь а, хьо миччахь а валахь суна – Тасуев Заурбекан к1антанан карор ду хьо сий доцу ж1аьла! Сан кхиэлах, сан бекхамах хьо кху дуьненчохь  к1елхьара а вер вац.
Дегочу моччахалца, ц1ийлуш, к1айлуш лаьттара Ахьмад. Ткъа юьхьат1ехь Ибрах1има диттинчу буйнашах йиссина таммаг1аш яра гучуюьйлуш.
Юха а къамелана юкъаиккхира Ахьмадан некъахо.
Киснара кехатан кийсиг схьа а яьккхина, цу т1е цхьаъ д1а а яздина, иза Ибрах1име д1а а кховдош, меллаша вистхилира иза
-Х1ара дар-дацар д1адоьрзур ду…х1уммаъ дац…
-Хьо-м вац соьца и д1адерзо лууш, х1ан? – цуьнан дешан юкъаиккхира Ибрах1им, - нагахь санна валахь юьстахвала – ас гойтур ду хьуна дар-дацар д1а муха дерзадо. Нагахь санна вацахь, яхийта кхузара массара а, со дохковалале! Мацца карийна а, шу массо а каронза 1ийр вац со!
Чубуза кечбелла малхо шен з1аьнарш яржийра сийначу стиглахь. Шаьш юьхьарлаьцна некъ-м Зарганна а, Ибрах1имна а бицбеллера.  Киранан машент1ехь хиллачунна баркалла а аьлла уьш д1асакъаьстира. 1елас ц1акхетийра Зарган а, Ибрах1им а.
Синтем бойна буьйса т1екхечира. Тасуевг1еран х1ут1ера г1аж таккхол мел верг г1аьттинера.
Сатассале арабевллера сийна «Волга» а, цу чохь хилларш а лаха. Ибрах1им воккхах волчу вешица Саь1идца республикин центральни ГАИ вахара, амма цигахь х1орш цецбохуш элира 90-44 ЧИС лоьмараш йолу машен а, кхи йолу техника а республикехь регистрации йина яц аьлла. Зуламхоша шайн лораш лечкъош дика къахьегначух тера ду. Адрес а ца хиллера нийса.
Доьалг1а де дара Тасуевг1ара уьш лоьху. Доьалг1ачу дийнахь Саьидан б1аьрг кхийтира Соьлжа-Г1алин цхьаьна урамехь некъо гола туххучохь, д1аиккхина йоьду «Волга». Саь1ида сихонца т1аьхьахехкира цунна машен. Лоьмараш цхьаьна терахьца бен къаьсташ яцара: 90-45 ЧИС. Нагахь санна 90-45 хилча, ткъа 44 а хила еза-кх, республикин центральни ГАИ-н инспектора харц тоьшалла динехь а – дагатессира Саь1идана. Цо машенна т1аьхьа а кхиъна, иза фараш сегна, сацийра. Ибрах1имца цхьаьна иза машенчуьра охьа а воьссина,  «Волги» т1ехь волчуьнга вистхлира
-Доттаг1а! цхьа х1ума хатта мегар дарий хьоьга? 90-44 ЧИС лоьмараш хьенан ю-м ца хаьа хьуна? Оцу накъоста шен тишъелла аккумулятор лур ю аьллера соьга, тхойшиъ машен юьлучохь вевзинчу хенахь.
-Вай хаьа дера! Оцу машенаца д1асалелаш сан доттаг1а Виталик ву. Оха шиммо цхьаьна Горьковски автозаводера ялийна а яра и машен, цхьаьна гаражехь болх беш а ву тхойшиъ, Райкомера белхалойн хьашташ кхочуш деш. Цо Ахьмад ву д1асалелош - райком-партин шолг1а секретарь.

-Тхан «Автокомбинат» ц1е йолу гараж Заводски к1оштахь ю, ша Виталик Ленински к1оштахь вехаш ву – Ливандовски урам, ц1ено 29.
Тасуевг1еран дагахь доцучу кепара аьтто белира. Суьйре т1е а кхачале карийра Виталик. Вежарша схьаалийтира цуьнга шен куьйгалхо мичахь 1аш ву. Ахьмад Соьлжа-Г1алин центрехь вехаш хиллера. Туьйсина дина лекхачу кевнаш т1ехьара гуш дара ши г1атт йолу доккха ц1ено. Ибрах1има ков туьйхира. Дуьхьал буьрса летира ж1аьла. Кевнан херонашна юкъахула Ибрах1имана гира корах арахьоьжу, берх1иттараяьлла хила тарло, тайначу аматехь цхьа йо1
-Мила ву цигахь? – хаьттира  цо.
-Тасуев Ибрах1им ву! Деа когахь долу х1ара ж1аьла саца а дай, Ахьмад ц1е йолу шина кога т1ехь долу шайн ж1аьла арахеца.
-Д1адовла д1аг1о! Ц1ахь цхьа а вац. Ас х1инца милици телефон тухур ю!
-Шайн ж1аьлига д1аалалахь ас шен ц1огант1е ког баькхиний.
Вежаршна шайн ц1ахь гулделла Тасуевг1еран тайпанера дукха адам гира, иштта Зарганан марзхой а баьхкинера.
Заурбек волчура схьахезара дехха къамелаш. Массара а дийцаре деш дара кхи д1а Ахьмадана х1ун дан деза а, муха кхиэл ян еза цо динчунна а.
Йоь1аца, зудчуьнца и тайпа сийсаза х1ума дарна 1адато ма-бохху хила еза кхиэл – бехке волчунна т1ера нуьцкъара хеча йоккху, я цо ша шен бехк т1елоцуш массарна а хьалха шен хеча охьайоккху, оцу кепара ша велла д1аваллалц шен а, шен тукхуман а сий дайар билгалдоккхуш, я цо диначунан бараме хьаьжжина и тайпа зулам цуьнан йишина я, йоь1ана, я кхин гергара зудчунна до. Амма Зарганан марзхой реза бацара, т1е1оттаделларг къастор шайна т1ехь ду, цундела юкъа ма г1ерта бохуш. Ткъа Ибрах1има жоп делира:
-Хилларг сунна хьалха хилла ду, со цунах жоьпалле волчу хенахь. Шу цунах жоьпаллехь иза шайн доьзалан гуонехь, шун чохь йолчу хенахь ду. Шун доьналла, шун яьхь охьата1о ца г1ерта со, амма хиллачунах бекхам эцар шуна т1едожо ца лаьа суна и бакъо тхан доьзалан санна шун а йоллушшехь. Коьртаниг ду вайна бехкениг карор, вайна иза мила ву а, мичахь 1аш ву а хууш хилар. Нагахь санна советан 1едалан законашца и к1елхьара вала дагахь валахь, цуьнан аьтто бер бац. Йо1 шен ц1ахь 1ийр ю, сан доьзала и г1уллакх къастолц. Оцу тайпа сацамца сан да реза а ву. Нагахь санна шуна и тайпа эхь т1едеана аьлла тхан йиша шайн х1усамехь ган ца лаахь, шух кхетта оха и т1е а лоцур ю.

Зарганан марзхой реза хилира цу къамелана. Заурбека массарна а баркалла а аьлла д1асабаха пурбаделира, 1уьйренца ван аьтто болушверг, вовшахкхетар ву аьлла.
Зарган шен нана йолчура ара йолуш а яцара. Масех де дара иза юучух ца кхеташ, г1айг1ане йоьжна йолу. Г1айг1анан йийсарехь церан нана Хеда а яра. Ненан дог барам боцуш лозура берех а, х1усамдех, кханенах.
К1оргерчу буса д1адайра Заурбекан х1усамехь чиркхаш, амма вижанза шиъ вара.

II

Дукха 1уьйрре Ибрах1им самаваьккхира шайн кертара схьахезачу шатайпа г1овг1ано. Корахула арахьаьжча цунна гира кхуьнан деца а, Саь1идаца а, кхин болчу гергара нахаца а, аз айдина къамел деш, хан яьлла масех стаг. Ибрах1им сиха аравелира, амма х1ара ара воллушшехь хьеший Заурбекаца а, Саь1идаца а цхьаьна кхеран кертахь долчу шолг1ачу ц1еночу бахара. Цаьрца цхьаьна чоьхьавелира Тасуевг1еран тайпанара масех къано а. Ибрах1име дийцира баьхкинарш Ахьмадан гергара нах бу аьлла.
Дикка хан елира Ибрах1им Заурбек волчу чукхайкхале. Хьешан ц1ачохь кхуьнан да а, масех гергара стаг а, иштта Зарганан марзхошах нах а бара. Ден юьхь кхоьлина яра. Саь1ид а вара оьг1азвахана вуйла гуш. Ибрах1им кхийтира къамел шегахьа доцуш д1адирзнийла.
Д1ах1оьттина тийналла йохош, дийкира ден аз:
-Хьадийцал х1инца х1ун ду ахь динарг? Муха бехказа вала волу хьо кху масех денна юкъахь айхьа мел диначунна? Цхьа а бахьана а доцуш нехан стагана йиттина ахь, вайн дерриге а тайпа а г1аттийна, цунна т1аьхьаваьлла лелла – Заурбек емалдарца хьоьжура к1анте.
-Ас кхин цкъаъ ма-дарра дуьйцур ду хилларг – волавелира Ибра1им.
-Ца оьшу! Ма-дарра соьга дйцина хьоьл хьекъале а, хьоьл ч1ог1а кху дуьнено зийна а болчу наха. Со царех теша. Хьо берана къонахех ловза лиънера? Йишин ойла ян а ца йинера ахь? Ца йинерий? Ч1ир леха дагадеанера хьуна? Хьуна ч1ир х1ун ю мукъне а хаьий?

-Ишта оьг1азе ма хила цуьнца Заурбек, - юкъаг1оьртира къамел дохьуш веанчарех цхьаъ. Жима ву, амал чехка ю. Галваьлла, хуьлуш хуьлу. Коьртаниг ду вай Делан къинхетамца вовшехкхетар. Х1ара пайда боцу х1ума бахьана долуш, доккха зулам долура вайна юкъахь.
Жимма корта а оллийна, корах арахьоьжуш лаьттара Ибрах1им. Церан кертахь дукха адам дара гулделла, дукха хьолахь уьш массо а Тасуевг1еран герара нах бара. Республикин дозанал арахьа бехаш болу Ибрах1иман ненахой а, дехой а баьхкинера, оьшучу меттехь г1о лаца а, т1аьхьа х1отта а. Дикка хан яьлла берш а, къона берш а уьш цхьаъ цхьанна т1аьхьа чуоьхура. Чоь-м готта яра уьш массо а т1елаца, цундела сацам хилира къамел арахь дан. Къаношна охьаховша г1анташ делира, ткъа кегий нах цаьрга леррина ладуг1уш лаьттара.
Ибрах1им массарех схьа а къаста вина, гулбеллачеран гуоне юкъаваьккира. И ша цхьалха лаьттара, харцахь леларна чехо д1ах1оттийна бер санна.
К1ентан алу хилла йогучу юьхьт1е хьаьжча гуш дара, баккхийчу нахана хьалха собарах ца воха г1ерташ, мел кхехкаш бу цуьнан кийра. Кхехкара ц1ий а, ишта а хьере йолу ойланаш кхин а ч1ог1а карзахйохуш. Лаге х1оьттина шад а бара, кхуьнан доьхначу собаран теш хила кечделла б1аьрхиш шена чохь къуьйлуш. Цо г1иллакхах ца воха, дагчохь доьхура Деле и собар. Гуо баьккхина лаьттара шортта адам, ц1еххьана Ибрах1иман б1аьрг кхийтира Абу-Хьаьжих.  Цо т1е1аткъам бинера Заурбек ч1ирхошца куьйге вахарна а, ткъа х1инца юха а заманан майданахь кхеран доьзалан дахарехь маь1не дакъалацар т1едожийна цунна Ахьмадан гергарчу наха. Царна хаьа Абу-Хьаьжи юкъараллехь муха ларам болуш, муха ц1е лелаш стаг ву, цундела Заурбек цунна дуьхьал вер вац. Цунна а, кхузахь вовшах мел кхеттачу адамна а, нохчийн б1ешерашкара схьадеана 1адат дохош, нехан зудчух, нехан йоь1ах боьхачу ойланца  куьйг 1оттар, пайда боцу дар-дацар а дина т1едаьхьна.
- Ибрах1им х1инца а жима ву, дахаран чам кхетта, дахаро човхийна вац, цундела ларамза хилла х1уманах, цунна шен доьзална т1едеана доккха эхь хетта – бохуш дуьйцура Ахьмадан гергарчу нехах цхьаммо.
-Ахьмад жима маларах а кхетта, хьалха 1аш хиллера, водитель 1аш волчу машенан г1антана т1ехула пхьарс а баьккхина. К1аьгнашт1ехула йолуш машен кхоссаелча, цуьнан малделла куьйг йоь1ан куьйгах ца хууш жима хьакхаделлера. Ткъа ц1ий чехка Ибрах1има иза шен йиша сийсазян г1ортар, цунна т1е ницкъ бан г1ортар санна тидинера. Амма нагахь санна ларамза хилларг Ибрах1има шайна т1едеана эхь санна лоруш далахь тхо шуна хиллачу васах мах д1абала а реза ду – нахана юкъахь реза ца хиларан г1уг1 хезира, ткъа хьашас иза тергал ца деш шен къамел дора
-Тхо кхета  жима къонахчун дегаллех, сонталлех, цундела вайна юкъахь машар баран некъа т1ехь хьалхара г1улч яьккха кийча а ду, бог1у мах д1алуш. Иза цхьаъ ду! Ткъа шолг1аниг – цу хьокъехь муьлхха а къамел тхо цу зудчун марзхошца дан реза ду, х1унда аьлча иза церан ц1ентехь ю. Ткъа оха тхайн рог1ехь цуьнан х1усамден дерриге а тайпанна хьалха Къор1ан т1ехь дуй буур бу цу зудчун леррина сий дайа, цунна ницкъ бан тхан стеган 1алашо ца хиллера аьлла. Цундела шу – цу йоь1ан гергара нах оха цу г1уллакхах мокъа дуьту. Кхозлаг1ниг: коммунистически партин лаккхарчу даржехь волчу стагана еттар 1едале ца даккхар а оха тхайна т1елоцу. Цуьнан могашаллин зен хиларан лоьраша дина тоьшалла а ду, цул совнаха шиъ теш а ву.
Нахана юкъахь соцунг1а хилира. Ткъа юха Зарганан мардас дош дийхира:
- Масех шо ду Заурбекан йо1 сан х1усаме еана. Оцу кепара х1етахь дуьйна тхан доьзалшна юкъахь гергарло ду. Зарган сунна нус хиларал совнаха, йо1 санна дукха езаш ю. Цуьнан догц1еналла, цуьнан оьздангалла суна дика евза. Таханлерачу дийнахь ас дукха х1ума д1алур дара х1ара киртиг тхуна т1ех1оьттина ца хилийта. Нагахь санна Заурбека х1ара г1уллакх къасторан урхаш соьга а елла, ас уьш юхаузур хиларах шу сатуьйссуш делахь, иза эрна ду шуна.  Заурбека бина болу муьлхха а сацам, ас а, сан доьзала а бинарг санна т1еэца дезар ду шун.
-Т1аккха Заурбеке ду-кх дош – элира Ахьмада векал вина ваийтиначу къаночо.
-Х1ан-х1ан! – реза ца хилира Абу-Хьаьжи – нийса хир ду вай цу хьолан теш хиллачуьнга ладог1ахь. Кхи болу тешаш Ибрах1има шен йишин сий лардеш, шен йишех куьйг 1оьттиначунна еттар бен гина боцуш санна лелаш бу – гуш дара цо Заурбекан доьзалан аг1о лоцуш хилар, ша Ахьмадан векал воллушшехь.  Эрна ца хилла Абу-Хьаьжин юкъараллехь ишта дика ц1е яккхар, цунна Шар1аца а, 1адатаца а доьзна дерг даима а сийлахь а, деза а хеташ дуйла бохуш халкъалахь дуьйцуш хилар.
 Къамел муьлххачу хорше дерзахь а, Саь1ид тешара шен вешех, иза жима валахь а цуьнан доьналлех а, цуьнан кхетамах а. Иза меллаша Ибрах1имана улло а вахана, цуьнан букъа т1ехьа д1ах1оьттира, оцу кепара ша цуьнгахьа хилар к1антана хоуьйтуш. Ибрах1им къайлах шен дега хьаьжира, цуьнан дагчохь дерг б1аьргашчохь деша г1ерташ. Цу м1аьргонехь Заурбек а хьаьжира к1анте, ткъа б1аьргашца цо хоьттура
-Х1ун де вай х1инца?
-Дика ду! Баркалла шуна вистхила пурба даларна…
-Ма-дарра дийцалахь, вах ца луш! Бакъ дерг бен а ма дийца! – Ибрах1иман дешана юкъаиккхира Абу-Хьаьжи.
-Т1аккха сунна уггаре а хьалха Ахьмадан векалш хилла баьхкинчу къаношка вистхила лаьа. Нагахь санна шайн гергара стаг шайна бехке хеташ ца хилча, шу х1унда баьхкина кхуза? Шу хьан кхайкхинера? Собар х1унда ца дира аш тхайна шу карабалц. Ма-дарра аьлча, тхуна-м шу карийнера. Бехке воцург бехказа волуш ца хуьлу. Цул совнаха аш вайн къомана юкъахь дош лелаш волу Абу-Хьаьжа а валийна, сан доьзал цунна дукха х1уманна декхарийлахь буйла хууш.
Т1аккха шу дика кечам а бина баьхкина бу-кх. Ишта ойла кхоллало схьагучу суьртах. Шуна шайн гергарчу стаго дийцинарг бен ца хаьа, амма Аллах1 Дела ву теш - суна дика хаьа сайн шина б1аьргана гинарг, сан йишин шина б1аьргана гинарг, кхин а шина тешан б1аьргашна гинарг. Суна цкъа а дицлур дац и сурт а, цу дийнахь, цу м1аьргонехь ас а, сан йишас а лайнарг а. Амма х1ете а цхьа бакъ ду – таханлерачу дийнахь сунна дуккха а аттох ду шуьца х1ара къамел дан а, кхузахь латта а шуначул, х1унда аьлча бехкениг ц1анва халох ду, бакъ дерг дуьйцуш лаьттачул. Суна шуьх къахета! Сан а, сан доьзалан а тахана нохчалла охьайиллина волу тхайн стаг нехан нахана хьалха ц1анва г1ерта ца деза, цу боьхачу г1уллакха юкъа Абу-Хьаьжа санна наха лоруш волу стаг а ийзош. Цундела шу тахана тхуна а, Далла а хьалха юьхь1аьржа ду. Амма нагахь санна шуна Ахьмадан бехк ца хетахь, цуьнан коьртачохь боьха ойланаш ца хиллера бахахь, шу цо дийцина долу харц дерг бакъ деш Къор1ан т1ехь дуй баа кича делахь, тхо и дуй т1еэца кийча ду, амма кхечу хоршехь. Вайн 1адато ма-бохху, аш кхана, Ахьмадан уггаре а гергарчу нахаца кхузахь мел долчу адамна хьалха Сийлахь дезачу Къор1ант1ехь дуй баа беза, нагахь санна шайн йишица, я шайн тайпанара зудчуьнца х1ара кеп х1оттийча, тхуна иза тхайн сий дойуш, эхье х1ума хетар дацара аьлла. И дуй бианчул т1аьхьа, ас а, сан доьзала а шун бехказа довлар т1еоьцур ду. Нагахь санна шу ас аьллачуьнца реза дацахь, т1аккха шун Ахьмада шена т1ера хеча яьккха еза, ша бехке хилар а, шена т1едог1у эхь а т1елоцуш. Нагахь санна цуьнца а шу реза дацахь, т1аккха Ахьмадан доьзалера, я шайн тайпанера зуда, я йо1 сийсаза яйта схьало. Амма нагахь санна ас бовзийтиначу цу кхаа билламах шу реза  дацахь, т1аккха т1ахьара шинах цхьаъ оха нуьцкъара кхочуш бийр бу. Ас Делаца дуй буу вай куьйге баха а, вайна юкъахь машар хила а кхин аг1о яц шуна. Тхуна шаьш дала арадаьккхина долчу ахчанах кхечанхьа пайда эца. Кхузахь аш царех дан х1ума дац. Оха зудчун сий духкуш я, оьцуш  лелийна дац. Тхайн зударийн сий божарийн дахарал дезох хетта тхуна. Кху х1усамехь т1аьххьара дош дегахь хуьлу, амма со тешна ву заманан йохалла цо шен т1аьхье сий дайна яха юьтур ца хиларах.
Ибрах1иман къамело 1адийнера гулделла адам. Цуьнан къоначу кийрахь дехачу цу кепара лаккхара доьналло цецбаьхнера х1ара дуьне к1ордоллалц диъна, хийла замано зийна болу къаной. Олхазаро тоьхна т1ам а хезар болуш тийналла х1оьттира цу кертахь.
И тийналла йохийра Ахьмадан векал хилла веанчу къаночо
-Нагахь санна кхин совнаха хьекъал а, кхетам а болуш нах кхузахь бацахь, суна б1ег1ийла ца хета кху сонтачу жимхаца х1ара къамел дан. Амма д1ахаьийла шуна! Х1ара тайпа къамелаш оха дойтур дац. Шуна дицделлехь а, дагадаийта лаьа суна – вай Советски союзехь дехаш ду, цуьнан 1едало ма-бохху закон а лардеш.
-Т1аккха, Саь1идбек, хьо советан 1едалан векалшца ван везаш хиллера, соьца а ца вог1уш – ша реза ца хилар гайтира Абу-Хьаьжас – Жимачу стага нийсонца дог1уш бовзийти шен доьзалан лехамаш. Амма со дахарехь дукха зеделларг долуш стаг ву, айса дуьненчохь яьккхинчу хенан лакхенца дустича х1ара к1ант сонта вац шуна, цо дуьйцург нийса а ду шуна! Нагахь санна ц1ий 1ана шайна ца лаахь, цуьнга ладоьг1ча дика хир дара аш а, вай массара а. Вайна массарна а ма-хаьъара Заурбек нехан стаг вийна, ч1ир хьаьрчина вара. Ша ч1ирхоша витина воллушшехь, цунна товш дац 1адатаца доьзна къамелашкахь дакъа лаца. Сан цуьнца болу ларам кхин а ч1ог1а алсамбаьлла, цо хьуна дуьхьал дош ца аларна. Саь1идбек, кхетаве и эхь-бехках воьхна волу Ахьмад ша диначунна жоп дала дезаш вуй, шайна т1ехь долу декхара кху доьзална д1а а ло. Нохчаша цхьаьна зудчух ши стаг вуьйш хилла ч1иранна. Шуна харжам бан аьтто белла! Амма со тешна ву хьалхара билламах – Къор1анах дуй баийтар шуьга шу тайпанера цхьа жима мукъне а яьхь йолчу наха пайда оьцуьйтур бац, х1унда аьлча и дуй баарца аш шайн зударшна т1екховда бакъо ло хьанна а. Ас делла и хьехар соьгара совг1ат лара мегар ду шуна. Ткъа х1инца бахьана даьллачура кхуза вовшахкхеттачу кегийчу нахе хьехам беш, масалийна цхьа дийцар дало лаьара суна:
-Цкъа мацах ламанца 1аш цхьа къен жима стаг хилла. Цхьаьна оьздачу доьзалера йо1 езаелла хилла цунна. Йо1а дош дела хилла к1анте йог1ур ю ша аьлла. Амма церан ирсана дуьхьал кхин цхьа стаг ваьлла. Жималло, хьал долуш хиларо сонта ваьккхина иза 1емина хилла даима шена езарг яьккха. Цо дукхозза а захало т1ехьош хилла цу йо1ана, амма х1оразза а йо1 ехна ю, дош делла ю олий жоп дог1уш хилла дуьхьал.
Цкъа талла ваханчохь йоь1ан везар тархат1ера тассавелла бердах чуиккхина хилла, шена т1аьхьа инзаре даккхий т1улгаш чу а эгош. Цу т1улгаша т1ета1ийна 1уьллура иза бердан бухахь. Цхьа ког т1улгаша  юкъа1евшинера, ткъа куьйг аьтта, дерриге а дохийна дара. Шен езаре болчу безамо ницкъ лора цунна дахарах тийссавала а, диканах дог ца дилла а. Шаьлта тоьхна кхоьссина д1адахийтира цо т1улгаша дохийна куьйг а, ког а. Шен са ма-дду тийсалуш схьалавелира иза цигара, амма заь1ап виссинера. К1анта йоь1е йолу ойла хийцира. Цунна ца лиира шен езаран дахар заь1ап стаг лелош кхоло. Цо геланча вахийтира езар йолчу иза шен безамах ша мокъа юьту, кхечуьнга маре яха бакъо луш аьлла хаам эцна. Амма йоь1ан ойла хийца ца еллера. Цо дуьхьал жоп даийтира ша цуьнга йог1ур ю аьлла иза муха велахь а. Цул т1аьхьа цхьаьна дийнахь шовданера хи эцна йог1учу цунна дуьхьал велира хьол-да. Йоь1ан куьйгах к1оршаме ка а тухуш цо элира:
-Х1инца-м соьх яьлла цхьанхьа а г1ойла дацара хьан! Ас хьо сийсаза йина – ас куьйг 1оьттина хьоьх, цундела соьга бен маре г1ойла дац хьан цхьаьнга а.
Оцу м1аьргонехь шена т1екхевдинчун хант1ехь кхозуш хилла шаьлта схьа а яьккхина, цуьнца тоьхна шен куьйг д1а а доккхуш, йоь1а элира
-Х1инца со ц1ена ю! Ас ца йити сайн дег1ат1ехь сийсаза хилла меже.
-Х1ай, адамаш! Дагахь латтаде шайна, цхьаьна 1илманчас ма-аллара хьарам долчунах ларлуш дуьненчохь ваха мел хала делахь а, амма цунах хин йолу ял оза терза карор доцуш еза ю шуна. Ойла е, адамаш! Ларло хьарам х1уманах! – дерзийра шен къамел Абу-Хьаьжас.
Юха а т1екхечира буьйса. Массо а д1авахара. Заурбекан доьзалехь юха а вижанза шиъ вара. Заурбек вехха 1ера шен жимох волчу к1антаца, цунна хьехамаш беш, Къор1ан доьшуш, цуьнан доьхна дог оьцуш. Буьйсаю къаяьлча бен д1а ца вахийтира цо иза сада1а.
Шена т1ехь йолчу х1уманашца д1ате1ира Ибрах1им. Схьадиллиначу корахула хьоькхучу аьхкенан мелачу мохо ховха хьостура цуьнан йогу юьхь. Б1аьргаш д1а а хьаббина вехха 1иллира иза. Цхьа шатайпа синтем боьссира кийра. Юхьат1ехула охьахьаьдира дуьрачу б1аьрхин т1адам. Хеталора цу жимачу т1адама х1ордан тулг1ено санна шеца д1ахьо кху масех дийнахь дагчохь даш санна базбелла лазам. Ибрах1им кхетара кху г1уллакхан х1инца а йистяьлла йоций, кханалера 1уьйре а шеца г1айг1а яхьаш йог1ур юй, амма иза кийча ву кхолламан 1овжорах кхин цкъаъ чекхвала. Хеталора кху цхьаьна буса дахаро зийна, жималлин мур д1абаьлла, иза г1еметтах1оьттина. Кху буса деца хиллачу къамело керла ницкъ а, кхин а сов доьналла а деллера к1антана. Ткъа Ибрах1има тахана гулбеллачарна хьалха диначу къамелан хьокъехь вистхуьлуш, дас элира:
-Ибрах1им! Хьо чов хилла экха санна лаьттара цу нахана хьалха. Адаман сибаташкара боьхна нах цхьогалшах тарло, шайна дуьхьал берзалойн сибате бирзина нах бевлча. Цундела дахарехь муьлхха а киртиг т1ех1оьттича, адаман кепера ма вохалахь, адамалла ларъелахь хьайгахь! Ца кхоьруш ваха лаахь, вала а ма кхералахь.

III

Юха а йоьссира 1уьйре, лаьмнийн к1ажехь 1уьллучу юьртана т1ехула шен сийналла яржош. Заурбекан кертахь юха а гуллуш дара адам. Хилларг цхьаьна м1аьргонна мукъне а дицдан г1ерташ, дезарш деш д1асхьауьдура Хеда. Шен доьзална ша бахьана долуш эхь т1едаарна ойла йоьхна Зарган, нана йолчура ара йолуш а яцара.
Заурбекан х1усаме боьду и шуьйра урам д1алаьцнера схьаоьхучу гергара наха а, юьртхоша а. Хилларг сихонца д1асадаьржинера халкълахь. Массарна а хаьа лаьара муха д1адоьрзур ду х1ара г1уллакх, муха сацам бийр бу дагахь доцург дуьхьал даьлла, х1ара чолхе киртиг т1ех1оьттинчу шина тайпано, шина доьзало. Ц1енна хьалха йолу жима майда еса лаьттара коьрта турпалхой вовшахкхетаре хьоьжуш санна. Ибрах1им шен нийсархошна жима юьстах а ваьлла д1ах1оьттира, корта охьа а бахийтина. Леккхачу дег1ахь, мел хаза товш вара и массарна а юкъахь къаьсташ. Селхана-стомара бер санна хилла иза, тахана вуьззина къонахчун васт дара цуьнан. Даима самукъне къегаш хилла цуьнан и ши б1аьрг, тахана замано зийначу къаночун юьхьт1ера санна хьоьжура дуьнене.
Ша лаьттачуьра меттах ца велира Ибрах1им шена гена йоццуш масех машен сецча. Цу чуьра охьавоьссира кхарна дуьххьара гуш волу масех боьрша стаг. Т1екхечира и массара а сатийсина м1аьрго! Адамаш юха а ц1еххьана х1оьттинчу тийналло йийсаре лецира. Цигахь мел волу стаг цец воккхуш, машенан т1ехьара не1 схьа а йиллина, божарша араьяккхира Ибрах1имана Ахьмадан чохь дуьххьара гина хилла и кхиъна яьлла хаза йо1.
Заурбекан кертахь хиллачу наха цхьаьнаэшшара б1аьрг т1ех1оттийра т1ебаьхкинчу нахана. Йо1 схьаялош веанчух цхьаммо иза д1ах1отта еза меттиг билгалйира. Кхи берш корта хьалаайа эхь хеташ лаьттара.
-Цара х1ун леладо – бохуш г1овг1а хезира адамашна юкъахь.
Ткъа йо1-м шега аьлларг муьт1ахь кхочуш деш, яхана д1ах1оьттира. Дог1анан 1овраш санна охьауьдучу б1аьрхиша яшийна шен къона, хаза юьхь 1аьржачу йовлакхца д1а а лечкъош, багара дош ца долуш, лаьттара иза. Оцу м1аьргонехь кертахь сецира кхин цхьа машен, цу чуьра охьаиккхира хан яьлла елахь, цхьа хаза тайна аматехь зуда. Гуш дара иза йоь1ан нана юйла. Цуьнан кхоьлина юьхь т1ехь кхерам бацара, мелхо а шен йо1ана орцах яла, цунна доьхна деанчу дийнахь улло д1ах1отта шегахь мел долу доьналла цо тховса гулдиний хууш дара.
Корах ара хьаьжча и сурт гина Зарган маьхьарца шен нанна т1екхийтира.
-Нана! Нана! Ас Делаца доьху хьоьга! Ма кховдийта цу йоь1ана т1е цхьа а. Ас х1ара дуьне дуур дац хьуна цара и йо1 сийсаза яккхахь!
Хедас елакъажарца марйоьллира шен йо1.
-Ма дийца 1овдал дерг, Зарган. Хьайн доьзалехь ишта боьршалла охьайиллина нах бу моьтту хьуна? Хьан дас ша дийна а волуш могуьйтур долу х1ума ма дац и.
Божаршна юкъахь хезаш шабарш дара. Нехан керта а ялийна д1ах1оттийна йо1а-м- гуьйренан мохо лестаде г1а-патар санна эгош лаьттара. Цхьа болу кегий нах-м баккхийчарна къайлахь х1инцале шайна юкъахь харжам а х1оттийна бара нана, я йо1 хьанна кхочур ю. Иза вуно ч1ог1а ирча а, ц1армат а сурт дара ма-дарра аьлча. Заурбекан собар кхачош лаьттара.
-Ас Делах дуй ма буу, кху керта еана йолу милла а зудчунна раз б1аьра хьаьжна я, харц дош аьлла вас йиначун ас цу м1аьргонехь СА хьала доккхур мА ду! Божарий кху дуьненчу зударийн сий ларда кхоьллина бу!
Араяьллачу Хедас т1ебеанчу баланах иза д1алачкъо г1ерташ санна маара къуьйлура шена йо1.
-Деца! Шайна луург дайта цаьрга соьца, цара дадина х1уммаъ ца дичхьана! Дика дуй?! Ас муьлха а бала ловр бу, сан да кху дуьненчохь маьрша д1алелчхьана – йоьлхура йо1.
-Ма кхера! Кхузахь цхьаьна а стаго хьуна вас йийр яц хьуна, хьуна халахетар а дийр дац. Хьо сан хьаша ю, ткъа ас кхача луш лелийна, кхиийна болчу къонахашна хьан ц1е тховса сийлахь ю хьуна.
Уьш цхьаьна лаьттара – ши нана а, цхьа йо1 а, ткъа корах ара а хьоьжуш йоьлхура Зарган. Цу еа зудчун б1аьрхиш а, кхолламаш а таханлерачу дийнахь цхьаьна ийнера. Уьш вовшех дика кхетара, царна т1ебоьссиначу баланан барам шатайпа балахь а, х1унда аьлча бала узу терза массеран а цхьатерра дац.
Х1уммаъ атта кху минотехь божаршна а дацара. Цхьа берш – сийсаза ян шайн йо1 ялош баьхкинарш, корта хьалаайа юьхь йолуш бацара, ткъа вуьш – Тасуевг1ар хиллачун деган 1ижамца маь1на деш лаьттара. Цхьаболу къаной а лаьттара б1аьрхиш а лечкъош. Х1оранан а коьртехь эзар тайп-тайпана ойла хьийзара, амма массара а дагчохь Далла хастам бора заманан йохалла х1ара тайпа эхь шайна т1едеана ца хиларна. Х1оранна а ойла ян бахьана деллера таханлерачу дийно, ша дуьненчохь йоккхучу хенахь шена а, шен т1аьхьенна а х1ара санна дерг т1е ца кхачийта. Юкъараллехь шен ц1е ларъярхьама, шен сих яьлла, шен хьоме йо1 сийзаян нехан кара д1аеллачу дас, цу м1аьргонехь дуьненчохь йоккхучу ханна кхин цкъа а ца г1атто дожийра шен сий. Цу суьртан теш хиллачу х1ора а стеган коьртехь цхьа ойла яра – шен йоь1ан сийл деза хетта-те цунна маца хаьдда а хедар долу шен и деса дахар? Заурбекан доьзалан доьналло, комаьршаллас, син-оьзадангалас, собаро толам баьккхира цу къиссамехь. Ч1иран бакъо шайгахь йоллушшехь, цара куьйг ца 1оьттира цу йоь1ах, х1унда аьлча цунна т1е ницкъ баро, церан доьналлин ницкъ алсам боккхур бацара. Амма йо1 ишта а хиллера сийсаза. Цуьнан сий дайинарш нехан нах бацара, цуьнан сий даийнарг цуьнан да вара.
Заурбека шен тайпанера къаноче Бетерсолте куьйгаца хаам бира и зударий мокъа  бита аьлла. Бетерсолтас уьш схьабахкийна хиллачу божаршна улло д1а а бигна элира
-Д1аг1о! Оха некъ маьрша буьту шуна. Шуьца дог1уш кхин а х1умма дац тхан.
Минот а ца елира хьеший шайца цхьаьна шайна т1едеана эхь а хьош,  юьртара къайла бовла. Юха а массарех а хьаьрчира тийналла. Де суьйренга лестира. Ц1ийелла йогура стигал. Алу хилла догура гулбеллачеран дегнаш. И деган лазам б1аьрхишца 1ийдалора церан кхохкийначу яьххьаш т1ехь. Цара тахана делхош дерг сий дара, Ахьмада а, цуьнан тайпано а охьайиллина нохчалла яра цара елхошерг. Кхузахь минот хьалха х1оьттина хиллачу суьрто дукха 1адийна, цец баьхна уьш, цхьа а вовше вист ца хуьлуш, д1асхьакъестара. Ахьмадан векалш хила баьхкинарш массо а ц1ехьа бирзира, цхьа Абу-Хьаьжи виссалц. Иза вехха лаьттара Заурбекан кертахь лаьттан б1аьра а хьоьжуш. Дукха гинера, дукха лайнера, кхолламо а, адамаша а, замано а хийлозза цхьатерра къизаллица зийначу къаночунна ца моьттура, берх1иттара ваьллачу жимхан доьналло ша тховса 1адор ву. Цу к1анта гулделлачу халкъана хьалха и тайпа къамел деш лардеш дерг шен йишин сий хилла ца 1ара, цо къуьйссуш дерг нохчийн къоман сий дара, цу къиссамехь к1анта кураллица толам а баьккхира.  Абу-Хьаьжи кхетара цунах. Воккхачу стагана х1ара доьзал а, х1ара керт а тховса боккъалла а сийлахь хетара, х1унда аьлча цара шайн доьналлица, шайн лаккхарчу син-оьздангаллица нохчаллина цкъа а бухур боцу х1оллам боьг1нера кхузахь. Цунна ца лаьара кхузара д1аваха. Цунна лиира кху нахаца марзо оьцуш пхьор дан а, кхин а хан яьккха а. Шина доьзало гайтира мел къаьсташ хилла царна «Сий» боху и сийлахь кхетам. Шен сий к1езиг хеташ верг бен кхевдар вац нехан сийнна т1е. Цуьнан къеггина тоьшалла дара тховса Ахьмада динарг.
Ибрах1им кхин меттах ца волуш лаьттара. Иза генарчу паналле хьоьжура, суьйрено 1анийначу боданехь дагна гергара дерг каро г1ерташ санна. Саь1ид меллаша т1евеара цунна.
-Баркалла хьуна собаре хиларна. Суна хаьара хьо цкъа а ледар хир воций.
Буьйсано юха а шен йийсаре лецира и х1усам, амма кхузахь вижанза шиъ вара…церан дагара дийца шортта х1ума а дара…


                Эскар

                I

Т1екхечира гуларийн де. Ибрах1им массо а эскаре кхайкхина кегий нах санна х1инцале чекхваьллера т1еман-медицински комиссих а, т1еман комиссаран хьехаре ла а доьг1нера цо. Соьлжа-Г1алахь т1аьххьара медицински комиссих чекхваьллачу х1ора жима стагана т1еман билет схьаэца т1едожош долу тоьшаллин кехат деллера. Цу г1уллакхна царех х1ора а билгалйиначу хенахь гуларийн меттиге схьакхача везаш вара. Иза дара 1979-чу шеран лахьанан беттан шолг1ачохь. Нохч-Г1алг1айн Республикас х1ора шарахь гурахь а, б1аьста а эскаре кхойкхучу муьрехь, кхи йолчу республикашца дустича х1оттийна 1алашо совнаха кхочуш йора. Иза ларамза а дацара – вайнехана юкъахь даима а эхь хиллера Даймехкан декхара д1а ца луш, ведда лелар. Цундела билгалйинчу хенахь, Кавказера эскаре д1аоьхура доьналлех, ницкъах буьзначу кегий нахах йоьттина эшелонаш…
Лахьанан беттан хьалхарчу дийнахь Заурбекан х1усамехь шортта адам вовшахкхеттера Ибрах1им новкъаваккха. Сарахь уьстаг1 бийначул т1аьхьа, баккхийчу наха мовлид йийшира. Массара а довхачу дашца, хазачу ловцаца дог хьостура к1ентан. Баккхийчу наха хьехар а дора мичча а кхачахь а нохчаллех ца вухуш, чекхвала бохуш.

Сарахь шен доьзалийн гуонехь виссира Ибрах1им. Дукхачара шаьш 1уьйранна кхин цкъа Ибрах1им ган дог1ур ду элира. Массо а г1айг1ане буьйсанашкахь санна, кху буса а вижанза шиъ вара. Амма х1уммаъ синтемехь Хеда а яцара.


Сатоссуш дара. Х1инца а баьццара лаьттачу байт1ехь къоьжа йис туьссуш, еара гуьйренан 1уьйре. Шатайпа синхаамех кийра буьзна самавелира Ибрах1им. Дуьххьара маь1не хилам бу тховса кхуьнан дахарехь кхочуш хуьлуш. Иза корах арахьежира. Ма ц1ена яра гуьйренан стигла, ма ц1ена яра Ибрах1иман ойла а, синкхетам а. 1уьйренан ламаз а дина араваьллачу шен дена т1аьхьа аравелира Ибрах1им. Шина шарна ц1ийнах а, юьртах а къаста везачу к1антана лаьара хьомечу х1аваах доггах 1аба, ткъа гена йоцуш шен оганехь лаьтта Тебулос а яра ша тергал ца йина реза йоцуш х1ур-х1ур деш.
-Тебулооос…Ибрах1им доггах мара хьаьрчира шен тешаме доттаг1чунна. Хьайола, Тебулос! Вайшиммо х1инца цостур ду кху 1уьйренан мехаш – к1анта араяьккхира говр.
-Нуьйр йоцуш ма г1олахь цуьнца – мохь туьйхира дас.
-Ишта д1айигитахь соьга х1ара, ца оьшура тхойшинна цхьа  а нуьйр а я урх а. Тхойшиъ вовшех дика кхетара-кх х1инцалц – дийхира Ибрах1има.
-Г1охь, х1у дийр ду хьуна – элира Заурбека.
Ма эрна дацара кху говранна Тебулос ц1е тиллар. Иза а ма яра Нохчийчоьнан уггаре а леккха лам санна онда а, зоьртала а. Дарий санна лепара динан и 1аьржа кхес, ткъа шина кога т1е иза х1оьттича, мотталора цуьнан букъа т1ехьа ши т1ам баьлла иза стиглахула олхазар хилла лелар ю. Ибрах1има д1ахийцира говр. Дуьххьара аре гича санна г1аддъяхнера Тебулос. Иза ловза яллийтина Ибрах1им каде кхоссавелла говра т1е хьалавелира. Йорт етташ йоьдучу Тебулосан кхесах тассавелла, цуьнан вортанах марахьерчара Ибрах1им. Ма цхьаьна дог1ура цу динан аьрха болар а, к1ентан и шога амал а. Шиаъ къона, хаза, догучу дегнашца хьоьжура и шиъ дахаре, ма шортта бара ницкъ цуьнан мел а чолхе ирхенаш яха. 1уьйре шен сийна корталица яьржира гуьйренан екхначу стиглахь, ткъа Тебулоса вадийна Ибрах1им генна д1авигира. Хеталора говранна хаьа, тховса ша доттаг1чух къаьсташ юй, цундела цо дуьхьал мох лоцуьйтуш идавора иза, дог ира-кара х1иттош, кестта цунна т1е1отталур йолчу киртигах чекхвала цуьнан ницкъаш 1алашбеш санна. Т1ома яьлча санна йоьду Тебулос ц1аьххьана оьпано я, цхьогало лаьттах даьккхинчу жима орачу ког а тассабелла охьакхийтира,  шена т1ера Ибрах1им гена д1а а кхуссуш. Дукха ша лазийна, хьалаг1атта карах ца долуш, 1уьллура Ибрах1им. Шеко яцара Тебулоса ког кагбина хиларан. Дег1ан лазам, деган 1ийжамца ийнера Ибрах1иман кийрахь. Б1аьргара охьабедда хин т1адам чухуьйдира шийлачу гуьйренан латтано. Иза 1уьллура б1аьргаш д1а а хьаббина. Амма дукха хан ялале Ибрах1имана шен юьхьт1ехь хааелира цхьа шатайпа йовхо. Шен доттаг1чунна х1ун хилла ца хууш, кхераелла Тебулос Ибрах1имана т1ех1оьттина лаьттара, иза хьалаг1атто г1ерташ. Ша лазор а дицделла Ибрах1им, гуттар сихонца схьалаиккхина юха а марахьаьрчира Тебулосана. Ц1ехьа беш болу некъ ишта хьере ца бира къоначу берес…

Ткъа Заурбекан керта-м кху 1уьйранна саццанза нах бара оьхуш. Ма дукха адамана лиънера Ибрах1имаца шайн
йолу дегайовхо гайта. Нохчийн г1иллакх ду эскаре воьдучунна новкъа яа х1ума ялар. Цундела шортта совг1атащца керта оьхура лулара зударий.
-Вай, д1адовла! Аш-м кху шина шарахь дийнна эскарана тоьъал рицкъа вовшах ма тоьхна. Суна-м цхьа ц1ерпошт а тоьар яц – забар йора Ибрах1има.
Къона саьлтий вовшахкхетачохь Ибрах1им новкъаваккха еара цуьнан нана а, воккхах волу ваша Саь1ид а, йиша Зарган а, иштта гергарчу нахана юкъара масех жима стаг а. Массо а новкъбовла кечбелла, керта арабовлучу хенахь, Заурбек чохь виссира. Цунна хаьара ша волчу чу ца вог1уш к1ант аравер воций. Нохчашна юкъахь товш дац дас шен берашца йолу марзо гайтар, къаьсттина к1енташца.
Ибра1хим чоьхьа ваьлча, Заурбек шен тасби1ан т1ехь до1а деш вара. Цо иза д1адерзолц собар деш лаьттара к1ант.
-Ибрах1им! – Заурбек хьалаг1аьттира – со тешна ву хьан г1уллакхаш дика хир ду аьлла, амма нене кехат язда мало ма йе. Хьуна ма хаьа цо мел ч1ог1а сагатдийр ду.
-Суна хаьа…иза ас цкъа а дицдийр а дац.
Ибрах1им юьстах велира, Заурбекана аравала некъ буьтуш. Цу т1ехь церан къамел чекх а делира. Юьхьанцара хеталора ма шийла яра к1ентан а, ден а 1одика яр, амма ишта ду и нохчийн 1адатан доза. Цу дозанера ца вохар дезох ду безамал а, дегайовхонал а.

Заурбека араваьлла Ибрах1имаца ларам лаьцна керта баьхкинчарна баркалла элира, т1аккха шен воккхах волчу к1антана Са1идана т1едиллира машенаш чехка ца хохкуш, новкъах ларлуш хила аьлла.

Невра к1оштан т1еман комиссариатехь саьлтишка т1еман билеташ д1а а делла т1еман комиссара эскаре кхайкхинчу кегийчу нахе вистхуьлуш, шен къамел д1адолийра. Цо дехха дуьйцура Даймехкана хьалха долчу декхарах лаьцна а, советан саьлташна хьалха лаьттачу мехала 1алашонех лаьцна а.
Ткъа цуьнан къамел чекхдалараца нийсса, шен мукъам д1аболийра т1еман оркестра. Вотанан г1овг1анца хезаш дара «Прощание славянки» ц1еяххана илли.
Ткъа цул т1аьхьа саьлтий а, уьш новкъабохурш а Соьлжа-Г1ала д1абахара гуларийн пункте.
Гуларийн пунктана гуо бина лаьттара аьчка саранца юьйлина кибарчиган леккха керт. Иза йинера Оборонин Министерствон хьаьрма саьлтий новкъабохучарна юкъара маларах кхетта верг чу ца валийта. Цигара чоьхьаволийла лардеш чоьхьарчу эскарийн сержанташ бара. Кхузахь дара и т1еман а, машаран а дуьненнна юкъахь долу доза.

Шатайпа яра х1ара гуьйренан 1уьйре. Арахь шийла яцахь а, амма х1ете а х1аваэхь мелла а хаалуш дара борз санна т1ег1ертачу 1аьнан саде1ар. Гуларийн пункатана йистехула нийссачу мог1арехь лаьттара къона акхтаргаш. Шайн к1ентий эскаре новкъабохучеран дегнашчуьра г1айг1а гуш яра нанойн г1ийла хьежарехь. Х1оранан а коьртехь хьийзара цхьа хаттар – сан к1ант-м хьажор вац те Афганистане? Ткъа кегий нах-м самукъне г1овг1а эккхийтина лаьттара. Маржа-я1 къоналла! Ма ца девза хьуна кхерам боху дош! Ма сонталица хьоьжу хьо дахаран ирхенашка, цундела ца хуьлу-кх хьуна царех тийссаяала а хала. Аьхкенан дог1а санна йоца хуьлу хьан г1айг1а, ткъа сингаттам некъ тилий а дагчу ца бог1у. Хьуна х1ара дерриге а дахар ма хета забарех дуьззина той. Ткъа замано зийначу къаналлина-м хаьа стеган дахаран некъ зезагашца хилла ца 1аш, к1охцалшца а кхийлина буй. Ткъа и к1охцалш цу некъахь дукхох ма ду зезагшчул а.

Т1екхечира кегийчу наха сатийсина а, церан гергарчара шайн ма хуьллу юхатиттина а м1аьрго. Х1оранна а лаьара д1асакъастале шен вешига а, к1анте а даггара дешнаш ала, ткъа и дешнаш каро хала ма дара. Хеталора дакъаза яла хьаьхначу Афганистанехь яьлла и сийна ц1е, генарчу Нохчийчуьра нанойн дегнашкахь кхерста. Ма ца карадора  к1енташка ала дешнаш. Ибрах1имана уллора д1а ца йолуш лаьттара нана. Цуьнан и замано къеждина сирла амат ма хийллозза дуьхьал х1уьттура Ибрах1имана ша х1оразза а дахаро къизаллица зуьйчу хенахь. Иза йист ца хуьлуш лаьттара к1ентан б1аьра а хьожуш. Ши дош-м ца делира цуьнан багара. Амма Ибрах1имана хаьара муьлхачу лазамца керчара цуьнан кийрахь дог. Г1иллакхах ца йоха, ша дахарехь сел к1езиг хьистина волу к1ант, цо до1анехь набарна тевжаш хьоьстур вуй. Кху дуьненчохь боккъалла а безаман мах нанна бен ца хаьа. И бер дуьненчу доккхуш, дег1аца ша лайна 1азап, юха деган 1азапе доьрзу цунна, цу берах сагатдеш, цуьнан дахаран некъан ойла еш, иза Деле доьхуш. Ненан б1аьргийн йоза деша ма дика хаьара к1антана. Цунна хаьара нана шен дог ца 1овжо, б1аьрхийн и боккха х1орд лазамца кийрахь къуьйлуш лаьттий.
Г1айг1анца Ибрах1име хьоьжуш лаьттина Хеда, ц1аьххьана д1ахьаьжира. Цунна евзира шайн юьртхочун Ахьмадан йо1 Хьава. Кхиъна яьлла, хаза товш нохчийн аматехь йо1 яра Хьава. Хедас къайлах сатуьйсура иза Ибрах1имана яло. Хьава тахана кхуза еанера эскаре шен ваша новкъаваккха.
Хеда шега схьаьоьжуш а гина, эхь хетта Хьава, кхераделла хьоза санна д1аиккхира. Иза тергал еш лаьттачу Хедас, ела а къежаш, Ибрах1име элира
-Гирий хьуна мел хаза йо1 яра хьайга хьоьжуш?
Шена иза гар а, цу хьокъехь шена хетта эхь а лачкъа ца делла Ибрах1им д1авирзира, ткъа Хедас-м юха а шенаг дуьйцура:
-Дер ю Хьава наха дика ц1е йоккхучу тайпанера а, доьзалера а.
К1антана нускал хоржуш, нохчаша къаьсттина ч1ог1а тидам т1ехьажабо иза муьлхачу тайпанера ю. Иза коьрта лехам бу х1ора а доьзалан, х1унда аьлча нохчашна хаьа бахкабелла орам болчу дитто, дика стоьмаш лур ца хилар.
Т1аьххьара шен безначарна мара а кхетта, Ибрах1им саьлтишна юкъа д1ах1оьттира. Цу минотехь дуьйна, замано д1алистира цуьнан дахаран рузманера керла аг1о.
Цу сарахь ша санна б1еннаш кегий нахаца цхьаьна Ибрах1им кхечира аьчка некъан вокзале. Уьш плацкартни вагонашкахь д1атарбеллачул т1аьхьа, ц1ерпошта д1аболийра шен некъ. Кегирхошна хезара гергарчара шайна т1аьхьа бетта мохь, гуора церан г1айг1ане яьххьаш а, цара лесто куьйгаш а, амма ц1ерпошт-м бен доцуш хецаелла йоьдура дашочу маьрк1ажена дуьхьал шен сира к1ур бетташ. Корахула арахьаьжча цхьаъ цхьаьнна т1аьхьа хийцалора 1аламан исбаьхьа суьрташ – гуьйрено можачу духарца кечъйина хьаннаш, йист йоцу аренаш, хиш. Дукха хан ялале Соьлжа-Г1ала а геналлехь йиссира.

Оборонин министерствон х1оттамца, эскаре кхайкхинарш ницкъ ма кхоччу шайн Даймахкана гена бохура. Иштта Кавказера кегий нах СССР-н уггаре а генарчу г1аланашка а, ярташка а кхочура, ткъа Сибрехара а, Украинера а саьлтиша шайн т1еман декхара Кавказехь д1акхоьхуьра. Юьхаьнцара хаттар кхоллалора оцу кепара шена харж а еш пачхьалкхас стенна деш ду те иза олий? Амма дуккха а шераш девлча, Ибрах1имана карийра цу хаттарна а жоп. Иза хиллера шераша зийна, дикка ойла йина кхочуш еш йолу политика. Ибрах1им цунах кхийтира телевизорчухула Советан 1едал дохале хиллачу хиламийн терго йича. Иза дара Бакухь а, Тбилисехь а, Вильнюсехь а эскар маьршачу бахархошца герзаца дуьхьал1оттадалар. Дуьхьал летачарна юкъахь меттигера бахархой бен бацара, ткъа уьш совцо арадаьллачу эскарна юкъахь Советски Союзан регионашкара саьлтий бара.
И кхетам цуьнгахь ч1аг1белира Ельцин Борисан 1едалан муьрехь Россехь хуьлучуьнан терго ян ша волавелча. Ибрах1им тешна вара Москван урамашкахула г1овг1анца хецаелла йоьдучу танкан куьйгалла деш верг оьрсий вац, х1унда аьлча ша вина а, ваьхна волчу г1алин Парламентан ло санна к1айчу г1ишлонна т1е герз хьажийна иза цо йохор яц, я йоха а лур яц. Ша бакъ вуй Ибрах1им кхийтира Соьлжа-г1алин 1ожаллин теш ша х1оьттича. Т1еман куьйгаллин мекара ойла хиллера иза – къона  саьлтий Даймахкана гена баха, х1унда аьлча цара дика теллинера къоман син-кхетам. Саьлтий берриге а махкахула д1асакхуьссуш яйна харж, пачхьалкхас дукха сихонца меттах1оттош хиллера. Ша ваьхначу г1алина т1е цкъа а топ хьажор яц цхьаммо а ша кхетам чохь а волуш. Нохчийчоьнах ц1е тасса арабевлларш а ма бацара нохчий. Дер бацара. Соьлжа-Г1ала чим бина ягийнарш а нохчий ма бацара…


II

Цхьайттолг1ачу дийнахь эшелон Генарчу Малхбален Хабаровск г1ала кхечира. Аьчка некъан станцера уьш дуьхьал яьхкинчу т1еман грузовикашчу д1а а тарбина т1еман декъе д1абигира.
Ибрах1им ахшарна деша сержантийн ишколе кхечира. Иза чекхяьккхинчул т1аьхьа, цо сержантан даржехь т1еман декхара д1акхехьа дезаш дара.
Шен хоршехь д1адоьдуш дара Ибрах1иман эскарера дахар. Я командирашца а я т1еман накъосташца а йолу юкъаметтигаш эскаро т1едожийначу барамал сов ца евллера Ибрах1иман. Амма цхьацца дар-дацар доцуш а ца хуьлура, амма Ибрах1иман даима доьналла тоьура шен а, шен накъостийн а г1о даккха.
Кхарел хьалха эскаре баьхкинарш леташ меттиг а нислора, амма х1орш а ца буьссура декхарийлахь.
Иштта, цхьаьна дийнахь тактически 1аморашкахь сержантана лиира массарна а хьалха Ибрах1им охьата1о.  Амма мочхал лазош шена кхеттачу буйно сиха кхетамчу валийначу сержанта дукха чехка хийцира шен къоначу курсанташца йолу юкъаметтиг.
Т1еман уставаш дагахь шаръяр, даима хуьлу 1аморш, дег1ан ницкъан кечамаш – атта ца хиллера эскарера дахар, амма массо а аг1онехула цунна кийча волчу Ибрах1имана дацара иза хала. Эскарера халонаш бахьана долуш, цуьнан доьналла де дийне мел долу ч1аг1луш дара. Шен сица а ц1ийца а ийна йолу яьхь даима хуьлура цуьнан коьрта герз командираша а, цу ишколан сержанташа а  х1уьттарена ког туьссучу хенахь. Хеталора командираша дийнахь а, буса а б1аьрг т1ера ца боккху къоначу курсанташна, мел к1езиг долчу г1алатна а геч ца деш.
Юьхьанцара Ибрах1им ца кхетара стенна бала хуьлу командирашна д1атассаза йиссинчу нуьйдаца а, ишта кхин долчу бенбашхалла йоцучу х1уманца а. Сержантийн ишколехь тайп-тайпана къаьмнашкара кегий нах бара. Нохчо цхьа Ибрах1им бен вацара. Цхьаьна махкара эскаре кхайкхинарш вовше г1о доккхуш, даима цхьаьна хуьлура. Хьайн къомах накъост кхузахь мел ч1ог1а оьшу Ибрах1им кхийтира эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлеттачу хенахь.
Церан дов даларан бахьана дара Арсен ц1е йолу азербайджана хьаштаг1а ц1анъян дуьхьало яр. Арсенна хетарехь иза Самвел ц1е йолчу эрмалочо леррина кхуьнга х1уьттаренна ц1анъйойтуш яра, эрмалойшна хьалха азербайджанаш охьата1о 1алашонца. Арсен шена дуьхьал ваьлча, Самвела цунна юьхьт1е буй туьйхира. Ткъа шайн махкахочун г1о а даьккхина азербайджанаша Самвелана йиттира. Ши саьлтий тассавалар шина къомана юкъахь даьллачу девне дирзира. Эпсараш юкъаг1оьртинчул т1аьхьа, дов къастийра, амма шина а аг1оно вовшашна кхерам тессира мацца декхна а д1адекхаза дуьтур дац аьлла. Оцу кепара, минот яьллехь ц1ий 1аназа делира цигахь. Амма шина а аг1она оцу халчу хьолахь к1елхьараволийла Ибрах1имана карийра. Цо шина довхочуьнга элира шаьшшиъ дуьхь духьал х1отта аьлла. Иза массо а аг1о дустича нийса а, къонахашца дог1уш а дара.
Сержант Самвел эскарехь волу цхьа шо а, кхо бутт а бара, ткъа Арсена т1еман декхара д1акхоьхьу кхо бутт бен бацара. Кху девнехь иза бакъ хилар Ибрах1имана гуш дара.
Муьлхха а мах белла, шен бакъо къовса кийча волу Арсен дикка кхераме вара Самвелана, амма цунна иза гуш дацара, х1унда аьлча Самвела дог дохура ша мел харц велахь а, эскарехь алсам хан яьккхинчара шен г1о доккхур хилар. Мел халахеташ делахь а, Советан эскарехь «дедовщина» олу харцо вуно ч1ог1а яьржина яра. Цхьа шо а сов эскарехь хан яьккхинчара т1ебаьхкинчу къоначу саьлтишна т1ехь инзаре къизалла латтайора, ткъа иза эпсарша мага а дора.
Ша мелла а ницкъ болуш воллушшехь, Арсен х1ете а  ч1ог1а кхеравеллера Ибрах1има кховдийначух. Латарехь, спортехь шортта зеделларг долчу Ибрах1иман б1аьрг т1ех1оьттира Арсен доьналла долуш хиларан, цундела иза цунах тешара, я иза эрна а ца хиллера. Арсенан б1аьргаш чохь йогу ц1е а, Самвелехь йолу дегазалла а дукхах болчарна гуш яра, цундела массеран а Арсенаца озабезам бара.
Сарахь массо а д1авижинчул т1аьхьа виъ стаг юьхь-куьйг дуьлучу чоьхьабевлира. Арсена шен теш Ибрах1им лаьцнера, ткъа Самвелан теш Толг1ан ц1е йолу узбек вара. И чоь нийсса ши довхо д1асахьовззал яра. Латар массо а бакъенаш ларъяш д1адахьа дезаш дара – дег1ана т1е буйнаш а, мираш а бетта мегаш ду, амма охьавоьжначух лата мегар дац.
Нийсса пхи-ялх секонд ялале Арсена моччахулах буй тоьхна охьавиллира Самвел.
Шолг1ачу дийнахь эпсарша буса хилларг шайна ца гича а, ца хезча а санна дижа дитира.
Ткъа занятишкахь эскаран декъан командиран политикин аг1онехула г1овса ца хууш санна 1оттар йира:
«Нагахь санна массара а къаьмнийн юкъаметтигаш Тасуев Ибрах1има санна къастош ялхьара, дерриге а дуьненахь машар хир бара».
Ибрах1има а ша ца кхетча санна кеп йира. Халахеташ делахь а, цу буса хилларг я Ибрах1имана а, я кхи болчарна а т1аьхьало йоцуш ца диссира. Самвела юха а шен махкахой Арсенна дуьхьал г1овттийра. Цара казарман уче а ваьккхина к1ело йира цунна. Оцу кепара юха а эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлетира. Цу латаран массо а декъашхой лазийнера. И дов цхьаьна баттахь къастош дара т1еман дознавательс.
Куьйг бехкенаш лерира Самвел а, Арсен а, Ибрах1им а. Дешаран декъан командира и г1уллакх шуьйра нахал ца далийта башха доккха та1зар ца дира – кегий нах масех денна гауптвахти чубоьхкира.
Ибрах1им цхьанца а башха доттаг1алла а я, гамо а ца лелош, тийна-таь1на воллушшехь, цуьнан маьрша амал а, оьшучу меттехь шех жоп дала йолу доьналла а ца гуш ца юьссура эпсаршна а, командирашна а.

Цхьаьннах а возуш воцуш, буьззинчу барамехь маьрша я инзаре хьал долуш верг хир ву, я карахь 1едал дерг хир ву. Заманан йохалла дахаро 1амийра Ибрах1им цу дешнийн ма-дарра маь1на дан. 
Советан эскарехь т1еман декхара д1акхехьначарна дика хаьа эпсаршна маьрша саьлтий цкъа а ца безний. Командираша шайна даима а  хьалха х1иттийна 1алашо ю жима стаг кагвина, шайна оьшучу амале верзийна, иза доьналлех ваккхар.

Ибрах1им «кхетор» шена т1елаьцнера Литвинов капитана. Иза гуттар а г1оьртина вара цуьнца. Ибрах1имана 1оттар ян даима цхьацца бахьана карадора цунна. Собарах воха кийчча вара Ибрах1им. Амма накъосташа хаийтира цунна т1ейог1уш хала киртиг хиларах лаьцна…
Крутов Юрий сержант Советан Эскаре ша кхойкхучу заманахь Московски машенийн некъийн институтан кхоалг1ачу курсера д1аваьккина вара. Цуьнан бахьана цхьанна а хууш дацара, я цуьнан шен и довзийта башха лаам а бацара. Саьлтишна юкъахь иза даима а къаьсташ вара. Ибрах1имал ах шо хьалха эскаре кхайкхина волу иза, куьйгаллин сацамца кхи д1а а т1еман декхара д1акхехьа эскарехь виссира, къона курсанташ а кхиош. Юрий тамехь к1ант вара. Х1оранца а дан къамел карадора цунна, цул совнаха гулбеллачеран самукъа даккха а – Юрийн гитара лакха а хаьара.

Ц1аьххьана къамел хилар бахьана долуш, Юрийн а, Ибрах1иман а дика доттаг1алла тассаделира. Юрийс дукха х1уманна т1ехь б1аьргаш биллира Ибрах1иман. Шегахьара оьшу г1о дан тешо а йира. Ибрах1има хазахетарца т1елецира шега кховдийна доттаг1алла. Накъостий кест-кеста цхьаьнакхетара, церан дийца шортта х1ума а хуьлура. 
Ахшо хан елира курсантийн дахар шен тийначу хоршехь д1адоьду. Т1аьххьара к1ира сержантийн школин курсанташ арахецарна лериначу даздарна т1еман декъехь кечамаш беш д1аделира.
Курсанташа хазахетарца жигара къахьоьгура шайн дахарера маь1не хиламна кечам беш. 1уьйранна дуьйна сарралц д1асауьдура уьш т1еман декъахь керташна басарш хьоькхуш, нехаш д1айохуш. Ц1аналла лепаш яра ерриге а хьаьрма. Нагахь санна ц1еххьана т1еман инспекци кхачахь а, юьхь1аьржа хир бацара уьш. Т1еман жима г1ала кечйинера тайп-тайпаначу транспоранташца, байракхашца. Геннара б1аьрг тоьхча а гуш дара кхузахь боккъалла а даккхий даздарш дуй хила дезаш. Школин арахецархой а, куьйгалла кийча бара даздаршна. Дешарехь а, балха т1ехь а кхиамаш гайтинчу эпсаршна а, сержанташна а тайп-тайпана совг1аташ далар а, керла ц1ерш ялар а, цхьаболчарна цхьаьна ханна Даймахка ц1а баха бакъо ялар а кханенна лерина дара. Кхана т1екхочу Хьалхара Май – массо а къинхьегамхойн дезде.

1уьйранна итт даьлча билгалдина дара Ленинан ц1арах йолчу г1алин коьрта майданехь т1еман парад д1аяхьар а, иштта къинхьегамхойн дуьйладалар а. 


                III

1уьйранна хьалхарчу Майхь арахь серсаш дог1а долушшехь, парад хилира.
Сарахь т1еман декъан хьаьрмахь, эпсарийн Культуран Ц1ийнахь т1еман г1уллакххошна ма-деззара къеггина даздаран цхьаьнакхетар хилира. Цуьнан официальни дакъа чекхдаьллачул т1аьхьа, т1еман декъан ансамбла а, иштта меттигера эстрадин артисташа а дакъа а лоцуш концерт хилира.
Концерта бакъ долуш массеран а самукъадаьккхира. Къаьсттина хазахеташ бара арахецархой, х1унда аьлча масех де даьлча царех командираш хир бу, ткъа иза йоккха жоьпалла ю, х1унда аьлча церан корматаллех доьзна хир ду церан куьйгк1елахь болчеран эскарера дахар.
Ткъа х1инца т1еман дешаран ялх бутт чекхбаьллачул т1аьхьа, цхьажимма сада1а аьтто баларна самукъадаьллера церан. Цул совнаха концертехь д1аолу иллеш а дара дог ира-кара х1иттош.

И тайпа цхьаьнакхетаршка эхар т1емалойн доьзалийн ламаст дара. Кхи болчу эпсарийн доьзалшца цхьаьна даздаршка еанера т1еман декъан командиран политически белхан г1овсан х1усамнана Вера Степановна а шен йо1 Ольга цхьаьна а йолуш. Царна т1аьхьатассавелла веанера капитан Литвинов а. Кхи болчу лахара эпсаршка а, взводийн командирашка а хьаьжча, Литвинов х1инца а зуда ялонза вара.
Т1еман декъан замполитан, подполковникан Тарасовн йо1 ч1ог1а хазахеташ вара иза. Цундела лаьара Литвиновна муьлха а бахьана даьлча цуьнан де-ненан дог дика дан а, шен ма хуьллу цаьрца юкъаметтиг нисъян а.

Литвинов г1еметтах1оьттина стаг вара. Ши шо хьалха цо лаккхара кхиамашца чекхьяккхира т1еман училище. Цуьнан да генеральни штабехь лаккхарчу даржехь вара, цундела Литвинов училищера аравелира лаккхара лейтенантан ц1е а йолуш, ткъа кхин а ши шо далале хенал хьалха цунна капитанан ц1е елира. Билгалдаккха деза, капитан хазачу аматехь вара, оцу хазаллица нийсса шен хьолах дозалла дар а дацара цуьнгахь х1уммаъ к1езиг. Москван уггаре а тоьллачу школашкахь дешар, лаккхарчу даржашкахь долу да-нана, т1еман хаарш – цу дерригено а кур ваьккхина Литвинов массарна а ца вешаш т1ехула хьоьжура. Цунна хетарехь курсанташа а, сержаташа а, эпсараша цо аьлларг дан дезаш дара дуьхьал дош ца олуш.

Оццул хьекъал а, хазалла а шеца доллушшехь, т1еман накъосташна юкъахь капитанан доттаг1ий к1езиг бара. Ткъа бу бохуш лелаш берш а, дукха хьолахь шайна пайда лоьхуш бара. Литвиновс дукха ойла ца йора цу г1уллакхан, х1унда аьлча цунна ша х1инцале инарлин даржехь гора. Буьззинчу барамехь ирс хилийта оьшург Тарасова Ольга санна хаза нускал дара.

Доьзалехь цхьаъ бен а йоцуш, Ольга ша дуьненчу яьллачу дийнахь дуьйна де-ненан безамах а, йовхонах а хьулйина яра. Цхьаъ бен йоцу йо1 церан дахаран дерриге а маь1на дара. Дас-нанас шайн ницкъ кхочург дора йо1 цхьаьна а х1умант1ехь эшна ца хилийта. Ольгас чекхяьккхира мукъамийн школа а, иштта хазахетарца теннисах а ловзура, нека дан а 1еминера. Школехь доьшуш хуьлу кхачамбацарш дас-нанас сиха къастадора репиторийн г1оьнца. Оцу дерригено а ишта а хьекъал долуш а йолчу йоь1ана аьтто белира лаккхара кхиамашца школа чекх а йоккхуш, Хабаровски университетан экономически факультете деша х1отта. Башха ч1ог1а хаза яцахь а, амма тайначу аматехь, дег1аца товш йолу йо1 божарийн б1аьрг т1е ца х1уттуш ца юьссура.

Ткъа иза йистхиларца гуш хуьлура йоь1ан самукъне амалца нийсса, кийрахь ц1ена дог дуйла а. Хууш ма-хиллара дукха т1ех 1уьналла деш лелийна бер сов коча хуьлу, амма Ольга иштта яцара, цо мелхо а дас-нанас шена кховдийначу безаман х1у кийрахь даржош, кхиийра шегахь эсала амал а, адамащца йолу уьйр а. 
Куралло вахийна Литвинов ма-варра ца вовззал 1овдал а яцара йо1, цундела цо г1иллакхехь юхатухура капитана шега кхийдо безам.
Капитан шен йо1 езаш вуй ца гуш ца диссира Ольги нанна а. Иза цу г1уллакхах йоккхаеш а яра. Нанна лаьара шен йоь1ан кхане сирла хуьлийла, х1унда аьлча Литвинов г1еметтах1оьттина, массо а аг1ор аьтто болуш стаг вара. Кху даздаре а Ольга нанна хала ца хетийта еанера. Кху цхьаьнакхетарах башха самукъадаьлла а яцара йо1 ма-дарра аьлча. Цуьнан ерриге а ойла д1алецира даздаран цхьаьнакхетар долалуш шена гиначу цхьаьна сержанта. Цуьнан б1аьра хьожжушшехь кхийтира Ольга ишта к1ант шена цкъа а гина воций. Ольгас тидаме лаьцнарг дара и к1ант массарел а цхьа шатайпа къаьсташ хилар а, оццул хаза, зоьртала дег1ехь ша воллушшехь х1умма а кур ца хилар а. Ларамза ц1аьххьана дустира Ольгас Литвиновн а, шена дуьххьара гиначу сержантан а васташ, ткъа йоь1ан ойланехь шина к1ентан хиллачу къовсамехь толам сержанта баьккхира.
-Леккха хиларца а, дег1аца а цхьаьна вог1уш ву и шиъ – ойла йора йоь1а, амма кхи д1а-м башхалла ша стигланна а, латтана а юкъахь санна яра. Капитан хьаьрса месаш йолуш, сийна б1аьргаш долуш, хазаллех вуоха воллуш ву, амма цуьнан дерриге а амат басарш кхачийна дилланза диссина сурт санна ду, ткъа сержантан васт-м дийца дош карор доцуш, исбаьхьа ду. Цуьнан сирла амат нуьре до син-оьздангаллас а, кийрара дуьйна схьайог1учу ц1еналлас а, ткъа б1аьргаш чохь кхерста доьналлин алу. Цуьнан дерриге а васт лерина диллина сурт санна ду. Ткъа к1ант ша и ца гуш вац, амма х1ете а мел лела хаьа цунна, мел оьзда ю цо д1айоккху х1ора а г1улч. Концерт д1аяьлла аьлла биначу хаамо юкъах ехира йоь1ан ойланаш.


Подполвковник Тарасовс ша кхин а цхьаьна сахьтана т1аьхьа саца веза аьлла хезначу Литвиновс хазахетарца шена т1елецира Ольга а, цуьнан нана а ц1а кхето.
Цу бехачу некъахь Ольгин ладог1а дийзира Литвиновн цу дегаза къамелашка. Ма хазахийтира йоь1ана шаьш ц1а а кхаьчна, капитан д1авахча.
Цу дерриге а к1ирнахь Ольгин берриге а кхетам д1алаьцнера сержантан цу шатайпа васта. Иза кхайкхаза хьаша санна х1оьттира цуьнан деган не1аре. Къастаран м1аьрго т1ех1оьттича бен ца кхийтира йо1 ишта хиллий кхолламан некъаш. Кхолламо валийнера иза цуьнан ойланашка, амма боккъалла а долчу ирсана елла хан к1езиг хуьлуш хиллера-кх.
Дешаран декъан куьйгаллас Ибрах1име школехь висса элира, къона саьлтишца болх а беш. Юрийна а лаьара накъост шен уллохь хилийта. Ибрах1им хазахетарца реза а хилира. Къона сержант взводан командиран г1овс х1оттийра. Эскаран дахар шен тийначу хоршехь д1адоьдуш дара.

Кестта, Ибрах1иман а, Ольган а довзар хилира. Церан дахарехь иза боккъалла а цхьа исбаьхьа хаза а, маь1не а хилам а бара.

IV

Т1екхечира хьаьттан бутт (август). Масех де дара стиглахь цхьа а марха гучу ца йолуш, екхна лаьтта. Дуьне лало санна кхеттачу малхана арахь лаьтташ тов яра. Г1алара дитташ а, зезагаш а адамаш санна г1елдинера аьхкенан йовхоно. Некъаш т1ера ченаш ловзош баьллачу мохо а г1о ца дора, х1унда аьлча иза бовха бара. Г1алин паркан шийлачу 1ома йистошкахь карайора бахархошна аьхкенан товнах к1елхьарабовлийла.
Иштта, к1иранан дийнахь делкъал т1аьхьа, Ольгина а лиира шен доттаг1чуьнца Галиница цхьаьна а кхетта, паркехь жимма хан яьккха. И шиъ сих-сиха йог1ура кхуза. Мехкарийн дийца х1ума шорта хуьлура. Коьрте хьийза шортта ойланаш, сирлачу кханенга болу сатийсам…маржа-я1 ма хаза хан ю-кх жималла, дахаро ца 1овжош иза чекхьлла дагалецамашкахь ша ма ярра ц1ена а, хаза а йиссар хилла-кх  дуй ца хууш, боккъалла а доккха ирс.  Паркехула лелаш, мацъелла ши йо1 кафе яхара х1ума кхалла дагахь, амма маларх кхеттачу кегий нехан тидам шаьшиммо т1еберзор бахьана долуш, шина йоь1ан цу чуьра сиха д1аяха дийзира.
Паркера цхьаьна г1анта охьалахъелира ши йо1, амма цигахь а цу шинан синтем бохош, т1аьхьакхечира маларо галваьккхина ши накъост. Мехкарий-м боккъалла а кхерабеллера. Орца деха а ца х1уттура ши йо1, х1унда аьлча ца хаьара диканна ара ца ваьллачу шинна х1ун дагадог1у а. Шаьшиммо х1ун дан деза ца хууш йиссиначу шина йоь1ан йоьхна ойланаш юкъахъехира ц1еххьана т1екхаьчначу шина саьлтичо.
Церан т1еман духарах а, зоьртала дог1мех а кхеравелла ши зуламхо дукха сиха д1авахара. Дукха кхераелла 1адийначу йоь1ана юьхьанцара кхета а ца кхийтира шаьшинна орцах ваьллачу шиннах цхьаъ шен ойланехь веха сержант хилар.

Мокъа хан яьллачуьра, Ибрах1им а, Юрий а г1алахь сада1а меттиг лоьхуш вара. Концерте я, клубе ваха ца лаьара, иштта кино ваха а дог ца дог1ура арахь дукха йовха хиларна. Цундела кегий нах парке бахара, 1ома йистехь лаьттачу 1индаг1ах кху аьхкенан товнехь жимма марзо эца. Амма паркехь дагахь доццуш хиллачо хийцира накъостийн 1алашонаш.

Маларх кхетта ши зуламхо-м цкъа а ца хилча санна къайлавелира. Ткъа дахарехь х1инцале шортта зеделларг долу Юрий сиха кхийтира шаьш довза зудаберийн лаам ч1ог1а хиларах. Амма мехкарийн амалш х1инца а йовзанза волу Ибрах1им д1аваха сиха вара, шаьшинна г1уллакх цу т1ехь чекхдаьлла моьттуш. Амма Юрийс шина йоь1ана ца гуш муьшкаш а йина кхетийра накъост. Зудберийн хазахетарца т1елецира шайга кховдийна гергарло. Вовшашка ц1ерш а хаьттина, кегийчу нехан къамел тассаделира. Юрийс минот ялале т1еберзийра зудаберийн тидам. Ткъа Ибрах1има-м вист ца хуьлуш, эсала лаьттара, оцу кепара Ольгин дагчохь яьлла ц1е кхин а ч1ог1а марсайохуш. Юрий реза вацара шен накъостана:
-Кхунна оьг1аз ма г1олаш! Дукха хан яц х1ара керосин эца ломара охьавоссийна, ткъа юха хьалавала муш хаьдда виссина х1ара, цундела жимма аккха ву. Дика к1ант ву шуна х1ара, амма цхьажимма татта везаш ву-кх даима а.

Ибрах1им вовза луучу Ольгас ша долийра к1антаца къамел. Цкъачунна Ибрах1им цуьнан хаттаршна доцца жоьпаш луш 1аш вара, амма жимма хан яьлча хьалха санна ийза ца луш, къамеле велира иза.
Ибрах1им нохчо вуй хиъча, Ольгас элира шен нохчий цкъа а гина а я, бевзина а бац, ша Толстойн а, Пушкинан а, Лермонтовн а говзарш йоьшуш бен, ткъа уьш махках бахарах лаьцна дас дуьйцуш хезна шаьш доьзалехь цхьаьна телевизиорчухула сийлахь хелхарчах Эсамбаев Махьмудах лаьцна передаче хьовсучу хенахь.

Йоь1а дийхира цуьнга дийцахьара ахь хьайн Даймахках лаьцна…
Юьхьанцара цунна ца хаьара ша х1ун аьлча бакъахьа хир ду те, ткъа юха-м сацам бира ши-кхо дош аьлла тоам бан. Амма цу Даймехкан васт дуьхьал х1оьттича, дешнаш ша ламанца дистина дог1у ахка санна охьахецаделира. Шийлачу г1айг1ано къийзочу дагчуьра самабевлла дагалецамаш туьха тесча санна 1ийжара кийрахь. Цо дуьйцура цуьнга х1оразза а ламанца сатоссучу хенахь шен кийра муха шатайпа цхьа тамашийна синхаам буссура.  Ша йоккхучу хенахь и сурт х1ора а 1уьйранна шена духьал х1уттуш доллушшехь, иза цец вийлина ца вуьйлура Даймехкан 1аламан исбаьхьа хазаллех.
«Ламанца 1уьйре даима а екхна хуьлу, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дег1. Моттало и 1уьйренан х1аваъ ахь куьйг 1оьттича хьуна хаалуш ду. Тхан юьртан ц1енойн тхевнашт1ехула меллаша б1аьрг тоьхча – доггах дуьйцура к1анта – цкъа хьалха гучуболу ламанийн к1ажехь 1уьллу луьстачу хьаннийн и сийна х1орд, ткъа цул т1аьхьа хьан б1аьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан з1аьнарша а. Цу хьаннашка б1аьрг тоьхча хетало малх х1ора а дитте маршалла хоттуш бу, х1унда аьлча цуьнан з1аьнарш ца кхочуш ца дуьссу цу хьуьнхахь цхьа а дитт. Хьаннаша хьулдинчу лаьмнашна т1ехьара гучудовлу ло санна к1айчу лаьмнийн баххьаш. Уьш кхарел лекхох ду, хетало цара сийначу стиглахь мархашца цхьаьна нека до. Хетало и мархаш лаьмнашка бахначу безамо стигланца къастийна церан кортошка йиссийна. Дагалецамаша т1ома ваьккхина Ибрах1им шен генарчу х1усаман кет1ахь лаьттара, Даймехкан хазаллех бер санна воккхавеш. Цуьнан къамелехь цхьа тамашийна мукъам хезара. Цу мукъамехь г1айг1а хазахетарца хийцалора, цу мукъамо чаккхе йоцуш хестайора 1аламан сийлалла. Хеталора и мукъам лаьмнаша язбина бу. Цо тоьшалла дора 1аламан лаккхале адам кхочур ца хиларан. Цхьаьна а илланчан пох1ма тоьур дац, шен мукъамехь хазийта х1аваан къамел а, г1а-патарийн шабарш а, ч1ург етташ дог1учу шовданан декар а, ламанан ч1ожехь чухецаделла цкъа Терках кхетта, юха Таркхойн х1ордан сийначу тулг1ешца д1аэ хьаьгначу Органан и буьрса г1овг1а а. И ша дерриге а гайта а, хазийта а аьтто хир бац цхьаьна а суртдиллархочун а, я илланчин а. Ибрах1иман ховхачу деган къайленашкара схьаоьхура и дешнаш, амма х1ете а цунна хеталора хьомечу Даймехкан хазалла йийца уьш к1езиг ду. Иза д1атийра…б1аьргаш хьалха лаьттара дай баьхна латта, ойланаш йийсаре лецира Даймейхкан исбаьхьа васта….
Ибрах1има сел хаза, сел боккхачу лазамца а, мерзачу безамца а буьйцу шен и шатайпа Даймохк йоь1ан б1аьргаш хьалха д1ах1оьттира. Цунна моьттура ша а лаьтта х1инца цу леккхачу лаьмнийн когашкахь, церан йист йоцучу сийлалло 1адийна. Цуьнан сина а, дег1ана а хаалуш бара цу лаьмнийн лайш юкъара схьахьоькху и маршонан мох. Цунна хьалха лаьттара цигара маьрша адамийн и шатайпа васташ – церан  доьналлех а, дахаре болчу безамах а дуьзна и сирла аматаш. Йо1 кхийтира х1унда ву ишта ч1ог1а Ибрах1им массарех а къаьсташ. Лаьмнийн кийрара схьаваьлларг массарех а тера хуьлийла дацара, цундела вара иза ишта нуьре, ишта хаза, ишта зоьртала. Йоь1ана хиира х1инца иза хьанах тера ву – иза шена дезначу ламанех тера вара…
Цу шиннан къамел деха хилира. Йоь1ана а, к1антана а лиира вовше довза. Церан б1аьра хьаьжча гуш дара х1ара цхьаьнакхетар т1аьхьало йолуш хир дуй. 

Ольга а, Галина а ц1а а кхетийна, Ибрах1има а, Юрийс а церан телефонийн номераш йийхира, кхи д1а а з1ене бовла. Кегийчу нахана ца хаьара рог1ера мокъа вала маца йиш хир ю.


Маьлхан къегина з1аьнарш корах чухьоьжура, йоь1ан къоначу дагах самукъне гилгаш а дохуш. Ойланаша хьийзош, ехачу аьхкенан буса йижна яцара йо1. Са хуьлуш бен набарна д1а ца тевжира иза, цундела башха тховса дог дог1уш яцара Ольга. Дег1ах хи а кхерзина, кухни чуяхара иза. Марта диъна а яьлла, телевизор хьалха охьахиира Ольга, амма цу чохь а дацара гойтуш башха адамийн самукъа дер долуш х1ума. Жимма хан яьлча Галинига телефон туьйхира Ольгас. Цхьацца дуьйцуш, хабаре яьллачу шина йоь1ан къамелан т1аьххьара а коьрта чулацам хилира селхана вевзина ши к1ант. Шортта дара цу шиннах лаьцна дийца х1ума, цундела мехкарийн сацам хилира юха а цхьаьнакхета. Селхана шаьшиъ леллачу парке а еана юха а г1анта охьалахъелира ши йо1. Гена доцуш лаьттара и шиъ йо1 санна къона а ховха а долу к1айн даккх. Цо мехкарий аьхкенан йовхонах ларбеш, комаьршаллица шен 1индаг1а кхийдадора.
Ма дукха дара зудберийн дийца, ма къоналлин ц1ергахь догура, духхьара синхаамо хьаьстина и дегнаш. Х1оранна а хетара ша хаьржина волу к1ант хазох а, дикох а, тоьлла а ву. Карарчу хенахь зудберийн цхьа сингаттам бара – маца вера ву теша и шиъ з1ене? Вера а вуй теша? Галинин ойла кхоллаелира – нагахь санна кху к1иранан дийнахь ши к1ант гучу ца валахь, и шиъ шаьшиъ т1еман декъе г1ур ю. Бахьана каро хала дацара – сиха г1уллакх нисделла Ольги да волчу еанера ала мегар ду, я капитан Литвинов волчу. Амма Ольгина Галинас аьлларг хаза ца хийтира, х1унда аьлча йоь1ана хаьара шен да реза хир воций.
Мехкаршна хазбеллачу к1ентийн коьрте а дог1ур дацара, шаьш дегнаш даьстина йолчу шина йоь1ах цхьаъ подполковник Тарасовн йо1 юй. Амма ишта ду-кх дахар, шен къайленех дуьзна.


Безаман Къа.

Зина бехкаман ницкъаца
Та1заре дуьллу!

I

Д1аделира цхьа к1ира. Кегий нах кхи з1ене ца бевлира. Шолг1а к1ира а д1адахара мехкарша г1айг1ане садетташ. Эххар а шотдийнахь Юрийс Галинига телефон туьйхира кху к1ирнахь шаьшиъ Ибрах1имца вог1ур ву аьлла уьш дуьххьара гиначу меттиге. Хаза хетта ког лаьттах ца кхеташ, Галина едда яхара Ольга йолчу и кхаъ эцна. Цо сацанза не1ан горгали боьттура, амма не1 схьайоьллуш цхьа а вацара. Эххар а лифтан г1овг1а хезна д1ахьаьжначу Галинина гира шен ненаца чуйог1у Ольга. Вера Степановна шена ца гуш санна Ольгина мараетталора Галина. Ольга-м сиха кхийтира шен накъост стенах йоккхаеш ю. Цу суьрте хьоьжуш, йист ца хуьлуш лаьттина нанас, эххар а собар кхачийна элира:
-Собар де-кх шиммо а! Ма бишк тухур ду ас шуьшинне а. Ткъа дегнаш иракара х1иттинчу шина йоь1ана-м и кхерам хезаш бацара. 

Т1екхечира мехкарша сатийсина шотде. Кегий нах зезагийн курсаш а эцна баьхкинера. Цу г1уллакхо кхин а ч1ог1а ирсе йинера ши йо1. Бакъ волчу т1емалочун хот1ехь волчу шина к1анта бен доцуш ца юьтура мехкарийн ойланаш. Ма эсала елакъежара и шиъ к1енташна, азаллехь дуьйна и шиъ вевзаш волуш санна.
Уьш бехха 1ара паркехь, къамел ца хедаш. Малхана гуо туьйсу дуьне санна чехкачу боларехь церан кхетамна т1ег1ертара безаман синхаам. Кегийчу наха сарралц цхьаьна хан яьккхира. Х1инца дуьйна и тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста хуьлура церан.

Рог1ера цхьаьнакхетар дийцаре деш, Ибрах1иман а, Юрийн а сацам хилира шишша д1асакъаьстина хан яьккха. Цундела рог1ера цхьаьнакхетча Галина Юрийца паркехула йолаяла яхара, ткъа Ибрах1им Ольгица г1анта охьалахвелла хан йоккхуш 1ара.
Маржа-я1 жималла! Ма хьере хуьлу-кх хьо синхаамо йийсаре лаьцча. Кегийчарна шайн синхаам ч1ург етта дог1у шовда санна ц1ена хетало, царна ца хаьа иза эххар а г1алато шен йоьзачу м1аранашка лоций. Ибрах1иман кийрахь боьдуш боккха къовссам бара – 1адато къуьйссура цу йоь1е баханчу безамца, иза дег1аца а, сица а ерриге а йовза дагчохь кхехкачу лаамца. Хьекъало, кхетамо кхойкхура цуьнга, доьхура цуьнга:
-Д1аг1о! Дохко вала! Ма кховда цунна т1е! Ма латаде хьайх къа! Ма делла айхьа хьайна жоьжахатан кевнаш!
Амма б1арзделла са а, дег1 а хьекъалан аз хаза а къора хилира. Цу хьере лаамо чуьра дуьйна х1аллаквеш вара иза. Цо вадийна вуьгура иза бух боцучу 1ин йисте. Ма ч1ог1а марзлуш хиллера ца магийнарг. Цуьнан чам бовза цу 1ин йисте шайт1ано тоьттура иза. Харц лаамо машано санна лецира къона дог. Амма латийна къа мел мерза хилахь а, цуьнах хуьлучу та1заран къаьхьо а ма еза 1овша…
Ешна книгаш, гина фильмаш йийцаре еш, дехха къамелех тоам ца хуьлура безамо дахийначу шинна. Йилбазан мох хилла хьевзира церан вовшашка кхийда и хьере ойла. Цкъа меллаша, юха ч1ог1а йоь1ан куьйг шена кераюкъехь 1евдира Ибрах1има, ткъа юха цуьнан йовхонах шен кийра бузош, маракъевлира. Цуьнан белша т1е корта а биллина Ибрах1иман б1аьра хьаьжира Ольга. Ма дукха х1ума дуьйцура цу б1аьргаша, ма кхойкхура цара, ма лоьхура цара иза, ма кхерстара цу б1аьргашкахь и йовха алу. Дуьххьара шен дахарехь, цуьнан дерриге а дег1ах ц1е латош,  йоь1ан ховхачу балдийн чам хиира Ибрах1имана.
Ма боккха бу безаман ницкъ. Цу синхаамо а бен ца ло адамашна дош даше ца долуш вовшех кхета аьтто. Х1унда аьлча ша дерриге а б1аьргашчохь яздина хуьлу. Бакъ болу безам даима дахаро зуьйш бу – халонех, б1аьрхих, деган лазамах чекхболу иза, амма цу халонаша чахчийна безам, ламанца дистина дог1учу ахкано шарбина кхера санна ц1ена хуьлу. Массарна а белла бац и синхаам. Цкъа мукъне а шен дахарехь иза бевзинарг дуьненчохь ирс гинарг лара мегар ду.

Ибрах1иман а, Ольган а юкъаметтигаш де дийне мел долу ч1аг1луш яра. Муьлха а мокъа минот яьлча цхьаьнакхетара уьш. Цхьаьна къомах а, цхьаьна динах а доццушшехь,  ма ч1ог1а йоккха уьйр яра цу шинна юкъахь, х1унда аьлча цара къамел дийриг безаман мотт бара. Мотталора цу шинна юххера дуьне сецна, оцу кепара цхьа х1ума гуш дацара царна. Цу шинна ца гора шаьшинна т1ег1ерташ эладиттнийн дохк дуйла.

Царна юкъахь яьлла ц1е кхин а ч1ог1а марсаелира Ибрах1им Ольга йолчу хьошалг1а веанчу дийнахь. Йоь1ан да-нана Къилбе х1орда йисте сада1а дахана дара. Юхьанцара ца х1уттура Ольга Ибрах1им хьошалг1а кхайкха, ша цунна атта хетарна кхоьруш, амма х1ете а цуьнга болчу безамо д1аеккхира и шеко.
Чохь дезарш деш йоллура йо1 шен веза хьаша т1еэца. Чоьхь хезара са тедеш, цхьа тийна мукъам. Ибрах1иман кочахь х1оз хилла хьаьрчира йоь1ан ховха ши куьйг, ткъа цул т1аьхьа юха а цуьнан дег1ан шатайпа йовхоно вадийна вор1х ломал дехьа воккхуш санна хеталора. Ибрах1иман карахь эрз санна юьткъа яра йо1, цуьнан цу жимачу дег1аца кхийлина бара к1ентан берриге а лаамаш. Шен кийрахь хиллачу цу т1амехь эшнера Ибрах1им, эрна хиллера кхетамо биттина мохь, эрна хиллера дагца къиссар, эрна хилира шайт1анца къиссар – цо толам баьккхира. Цкъа а диц ца дала дагчохь диссира цуьнан довха саде1ар, цуьнан дерина дина санна долчу дег1ан массо а сиз. Ткъа йо1 ирсе яра. Муьлха а зудчо шен дахарехь сатийсина ирс хьаьрчира цуьнан сих а, дег1ах а. Иза кийча яра цуьнан карахь яга…
Ирс г1ан санна доца ду, ирс ткъес санна чехка ду. Къастаран м1аьрго мел юха теттарх ца 1аш т1екхочу. Цо иза не1аре кхаччалц новкъаваьккхира. Ткъа к1анта цуьнан лере а те1на элира:
-Суна сайна дахарехь гина дацара ишта хаза х1ума…хьоьх тахна сан дуьне ма хили…

Амма ца магийначу безаман марзо кхетамо сиха къахьеш хиллера. Ша цу чуьра ара воллушшехь минот хьалха дег1ах а, дагах а хьаьрчина цу йоь1ан и йовхо Ибрах1иман кийрахь хийцира шелоно. Иза кхетара ша тховса 1адатна ямарт хиллий, дас шена чудиллиначу г1иллакхашна ямарт хиллий, ткъа иза лан хала дара. Хала дара Ибрах1имна кхета шен дег1ан лаамна ша тховса эг1аза хиллий. Оцу ойланаша хьере вина д1а кхечира иза т1еман декъе.


II

Ольги да-нана ц1а деанчул т1аьхьа, доллучу х1уманан бала кхочучу лулахоша, Ольги нене сихона д1адийцира цуьнан йоь1ана т1ехьийзаш Кавказера к1ант ву аьлла. Йоь1е х1уммаъ а ца олуш, Вера Степановнина ша дерриге а хиира оцу к1антах лаьцна. Кхи д1а биначу талламашца иза кхийтира х1инцале х1ара г1уллакх саца ца дахь, иза гена долуш дуйла. Иза шен х1усамдеца дагаелира, цуьнга ша дерриге д1а а дуьйцуш. Ткъа Ольги дена сиха хиира цу хьолера к1елхьараволийла. Цо сацам бира Хабаровск г1аланна сихонца Ибрах1им гена ваккха. Подполковник Тарасов Николай Петрович эпсаршна а, саьлтишна а юкъахь а к1оршаме амал а йолуш, шен куьйгк1елахь болчарна жимма а г1алат ца могуьйтуш волу куьйгалхо санна вевзаш вара. Дахарехь уггаре а деза х1ума дара цунна шен цхьаъ бен йоцу йо1. Иза кийча вара цуьнан дуьхьа шен ницкъ кхочург дан, амма нагггахь нислуш хуьлу де-ненан и тайпа б1аьрзечу безамо беран дахар талхош меттигаш.

Тарасовна Тасуев Ибрах1им уггаре а тоьлла саьлти санна вевзара, амма подполковникана коьрте а дог1ур дацара иза шен йоь1ана везалур вуй. Цуьнан йоь1ана, цуьнан хьоме Оленькина везавала йиш яц цунна цхьа а кхане кховдор йоцу кавказхо, цул совнаха цуьнан дай а хилла махкана ямарт бу аьлла ц1ера баьхна. Цо цкъа а могуьйтур дац шен йоь1ана и санна дерг.

Нийсса ши к1ира далале лаккхара сержант Тасуев Ибрах1им Афганистане д1ахьажочу шайнлаамхойн тобанна юкъавахийтира. Цунах лаьцна Ибрах1имана ша новкъавала масех сахьт диссича бен ца хиира, цундела к1ентан аьтто ца белира Ольгин 1одика ян а.

Холчу х1оьттинчу Ибрах1има Юрийга дийхира Ольга йолчу а г1ой, цуьнга и шена йиц ца еллий а, ша и йолчу вог1ур вуй а д1ахаийта аьлла. Амма Юрийс шен г1айг1а ца лечкъош элира доттаг1чуьнга:
-Сан аьтто хир бац хьан дехара кхочуш дан, х1унда аьлча со а ву хьоьца цхьаьна Афганистане д1авоьдуш. Амма вайшиммо и г1уллакх Москвара сержантана Крушинский  Сергейна т1едуьллур ду. Цо иза кхочуш ца деш дуьтур дац, цундела сихонца хьайн кехат кечде.

Ибрах1има схьадаьккхира шен кочахь кхозуш хилла дато сом. Иза нийсса юккъах дийкъира цо. Сом беттасан кепехь хилира. Цуьнан цхьа ах шен коча тессира цо, ткъа важа кехатана юкъа а диллина Крушинскийга д1аделира. И сом эскаре воьдуш нанас делла дара цунна. Хедас дукха жима йолуш дуьйна безамца лардеш лелош дара иза.
 Цунна и шен ненера кхаьчнера. Ибрах1иман неннанас нохчийн къам Казахстане махкаха даьккхинчу хенахь хийлозза мацаллех шен доьзал ларбеш бепигах я, шуранах хуьйцура иза, амма юха а шен аьтто боллушшехь ц1а дерзадора.

Юра а, Ибрах1им а Афганистане д1авахара. Дато соьмаца кхечира Ольге и шийла кхаъ. Везарах къастар ч1ог1а хала лайра йоь1а. Ткъа дас-нанас цуьнан сатедеш сих-сиха олура:
-Гой хьуна! Боккъалла а хьо езаш хиллехь, иза цкъа а г1ур вацара т1еман к1урла!
Ольгина шен дахарехь кхин ца хиира да-нана бехке дуй ша везначух къасторна. Цуьнан кехат юх-юха доьшуш, йо1 тешара иза шена кеста гур хилар. Иза дукха х1умнах ца кхетара, муха нисделла х1ара ша дерриге а ишта, амма мухха а делахь а иза тешара к1ентан безамах, тешара иза юха воьрзур хиларах. Цхьаьна книги т1ехь дешнера цо ширачу Грецехь дукха ч1ог1а безам къа а лоруш, безнарш къастош хилла бохуш. Йоь1ана ша бехке хетара сел ч1ог1а Ибрах1им веза а везна цунах къастарна.

Жимма хан яьлча, шен кийрахь хуьлучу хийцамашца Ольга кхийтира ша доьзалхочух юй. Цо ч1аг1о йира и бер д1а ца доккхуш дан а, кхио а. Иза тешна яра ша Ибрах1имана к1ант вер ву аьлла.  Кхолламо х1ун хьоьху ца хаьара йоь1ана, амма х1инца дахар деса ца хетара, дахаран маь1на цуьнан дагца нийсса кийрахь детталора. Ольгас х1инцале сатуьйссура ша вина к1ант воккха хилча я лор, я хьехархо хиларе, х1унда аьлча Ибрах1има а ма дуьйцура шена бераллехь хьехархо хила лаьара бохуш. Иза тешара ша дерриге а диканца д1адоьрзур хиларах. Ойланаша лаьцна ехха 1аш яра иза Ибрах1има совг1атна еанчу Лермонтовн «Кавказан поэмаш» книгин аг1онаш д1а а луьстуш. Цу книгас дуьххьара Ибрах1им вевзинчу дийнахь санна юха а ядийна нохчийн лаьмнашка йигира иза. Х1инца и шатайпа мохк хийра бацара йоь1ана, х1инца цуьнан кийрахь кхолладелла и жима са нохчийн лаьмнийн т1амарах схьадаьлла ма дара. Х1инца кхи тайпа хьоьжура йо1 дахаре. Дас дийцинарг а шеконе дуьллура. Хуьлийла дац и тайпа доьналлех боьттина нах Даймахкана ямарт, хуьлийла дац лаьмнашкахь кхиънарш к1иллой. И цхьа г1алат ду…дахар дуьзна ма ду цу г1алатех. Ибрах1имах х1ара къастар а ма ду дахаран цхьа 1аламат доккха г1алат.

Чехкачу дог1анан 1овраш санна йоь1ан юьхьт1ехула охьахецаделира б1аьрхиш.
-Х1унда хили те хьо соьца сел къиза? – цхьа къора мохь белира йоь1ан кийрара.
Хаац хьанна хьажийна дара цо и хаттар – я кхолламе, я шен безаме, я дерриге а дуьнене. Цунна цкъа а карор дац цу хаттарна жоп. Цуьнан дагчуьра 1ийдало и б1аьрхиш цхьаъ цхьанна т1аьхьа йоь1ан карахь долчу Ибрах1иман суьрта т1е лоьгура…цо белхабора кхин шена кхин ган ца боьг1на безам…



III

Х1уммаъ т1екаре ца хиллера Афганистан пачхьалкха. Я бехк а бац. Цхьанна а безара бацара шеца 1ожалла яхьаш бог1у хьеший. Ибрах1имана х1инца хийлозза дагатуьссура воккхах волчу вашас Саь1ида дийцинарг, цо шега деш хилла долу хьехарш. Ма бакъ луьйш хиллера иза. Интернациональни декхара, афганцашна оьшу г1о – иза ша дерриге а башха к1оргера ойла ян ца хуучарна лерина долу деса къамелаш хиллера. Цига д1акхоччушшехь кхийтира цунах Ибрах1им.
Маьрша адамаш дайар а, г1аланаш а, ярташ а т1е бомбанаш етташ х1аллак яр а цхьаьна ца дог1ура Советски Союзан пропагандица. Юккъерчу б1ешерашкахь дуьйна йина хилла и шира г1аланаш а, ярташ а, адамийн цхьа декъаза 1ер-дахар а, аккха 1алам а – афганцашна гергара делахь а иза ша дерриге а, амма советски саьлтишна ма хийра дара иза. Цундела ца кхетара уьш вовшех. Дийнахь юьхьаьнцара сел маьрша хета афганцаш х1ора буса кара герз а оьций, мостаг1ашна дуьхьал т1ом бан арабовлура. Советан Эскарехьа берш а бара кху махкахь, амма церан терахь вуно к1езиг дара.
Ша лелош дерг харц хилар дагчу тассаро новкъарло ца йира Ибрах1имана цу т1амехь шен йист йоцу къонахалла гайта. Иза майраллица воьдура муьлха а кхерамна дуьхьал, доьналлица чекхволура т1еман халонех. Кавказера волчу цунна кхи болчарел аттох дара ламанийн некъаш цеста а, йовхо лан а.

Кандагарана гена доццуш хиллачу цхьаьна къиза латарехь Ибрах1има куьйгалла деш йолу отделени шен кхиамашца массарел а къаьстира. Ялх сохьтахь цхьаьна  а шайн стагах ца хедаш, сецийра цара шаьш д1алаьцна лекхалла. Цу т1амехь доьналла гайтарна Ибрах1имна орден а елира, иштта барх1 денна ц1а ваха мокъа а витира. Иза лаккара совг1ат дара. Амма Ибрах1им ц1а ваха ца тигира, х1унда аьлча кхуьнан доттаг1а Крутов Юрий лазийнера. Иза кхуьнца цхьаьна батальонехь вара, амма талларан ротехь. Церан взводана к1ело йинера. Юрий ч1ог1а лазийнера – пехах а хьакхалуш, букъчухула чекхяьллера цунна даьндарг. Тамашийна х1ума дара иза дийна виссар а. Т1еман накъосташа хала араваьккхира иза к1ело йиначу меттигера. Крутов лазийначул т1аьхьа Ибрах1им цуьнан метта талларан ротан командиран г1овсан дарже дехьаваьккхира.

Ибрах1има Афганистанехь шо сов хан йоккхуш дукха х1ума хилира. Лазамо дог 1ийжадора цхьаъ цхьаьнна т1аьхьа т1еман накъостий д1аоьхуш. Кхузахь хиира доттаг1аллин мах а. Сацанза 1енара ц1ий, даима юххехь хеталора 1ожаллан и шийла саде1ар. Т1амна хууш хиллера бакъ долчу дахаран чам ма-барра бовзийта. Хеталора дуьненахь гиначу жоьжахатан ц1е цкъа а ца ян летта ю кху дакъаза бала хьаьхначу махкахь.
Ибрах1има сих-сиха кехаташ яздора ц1ерчаьрга. Цаьргара жоп а дог1ура. Амма Ибрах1има Ольге дахьийтиначу цхьаьна а кехатана жоп х1инца а деъна дацара. И бахьнехь иза боккхачу сингаттамехь вара. Цул совнаха Ибрах1има т1еман декъера шен накъосташка яздинчу кехаташна а ца дог1ура жоп, иштта Крутовс Галине яздо кехаташ а дуьссура дуьхьал жоп доцуш. Ибрах1им кхеташ вацара хуьлучух.
 
Цуьнан сатеда г1ерташ, Юрийс олура Тарасовс дикка ларъечух тера ду шен йо1 нохчочуьнца хила тарлучу юкъаметтигах. Цундела накъосташа сацам бира «гражданке» ц1а дахча меттигехь ша дерриге а къасто. Чевнаш йирзинчул т1аьхьа Крутов демобилизовать вира могашалла бахьана долуш.
Рог1ера латарехь жимма лазор бахьана долуш Ибрах1им юха а совг1атца билгалваьккхира. Цунна елира «Доьналлина» мидал.  Лазаран ц1ийнахь цхьа бутт а баьккхина, Ибрах1им аравелира. Кестта чекхелира т1еман декхара д1акхоьхьу хан а. Ибрах1им старшинан ц1е а елла, демобилизовать вира. Кабулан т1еман аэродромера иза кеманахь Москва д1авог1уш вара шеца цхьаьна эпсараш а, сержанташ а, саьлтий а, иштта лазийна берш а болуш. Т1еман-транспортни кемано хала бора стиглахула и некъ, 1ожаллин йозалла эцна доьдуш долуш санна. Цу чохь 1аш болу нах а бара кхоьлина яьххьашца, ойланийн йийсарехь 1аш. Шаьш нехан махкахь йитина и ирча лар, 1ийжара церан дегнашкахь. Шайгахь мел хилла дикалла, адамалла охьаийллинера цара цигахь Афганистанан ц1ий хьуьйдиначу лаьттахь, ткъа х1инца цаьргахь йиссинарг оьг1азло бен яцара. Хала ма ду дуьненчохь ваха дагчохь г1амаран буьртигал а дикалла а йоцуш. Ткъа цара шайн дахарехь мел хилла дика дайинера Афганистанан цу акхачу лаьмнашкахь. Царех х1ораммо а ойла йора кеста гур болчу гергарчу нехан. Ма хьаьгнера уьш церан марзонах. Ма дукха сатийсинера цара шаьш сел къиза х1аллакбечу цу декъаза махкара сихонца арадовларе. Ткъа эпсаршна юкъара цхьа верг-м, т1еман декхара бахьнехь юха цига д1аваха а тарло…тарло гуттаренна цигахь висса а. Царех х1ора а шен Даймахка юхавоьрзуш вара хара санна беса кийра а болуш. Ткъа дуьххьара т1ом бан  боьлхучу хенахь-м цаьрга аьллера Даймехкан декхаро уьш г1овттийна хилар, Даймахкана цкъа а шен турпалхой бицлур ца хилар. Ма дегнаш ира-кара х1иттина кхаьчнера уьш цига д1а. Ма к1езиг хетара Даймехкан дуьхьа д1алуш долу са а. Ма дозаллех буьзна бара уьш дуьххьара къиссаме г1овттуш. Амма х1инца кема шен болар сихдина мархашка айделча цхьаьнан а лаам ца хилира юха хьаьжна,  шаьш бохийна, баржийна охьакхоьссинчу махке т1аьххьара б1аьрг тоха.



Дай баьхна Латта.

I

Москва-Соьлжа-Г1ала ц1ерпошта схьакхачийра Ибрах1им Соьлжа-Г1алин аьчка некъан вокзале. Таксисте ша мича вига веза д1а а аьлла машенчу хиира Ибрах1им. Даймахкаца цхьаьнакхетта хиллачу хазахетаран доза дан а дацара. Цунна шена а ца хаьара ша ишта Даймехкан марзонах хьаьгна хиллий. Ма шатайпа хаза яра Соьлжа-Г1ала кху гуьйренан 1уьйранна. Ибрах1им б1аьрг т1ера ца боккхура машенан корах арахьаьжча шена гуш долчу суьрташ т1ера. Д1ауьдура дезна урамаш. Хеталора цу урамашкахула д1авоьду х1ора а стаг гергара а, уллера а ву. Соьлжа-Г1алара арабевлча, гучуевлира и нохчийн шера аренаш. Ткъа юха ма чехка деттадала доладелира дог – хьалха лаьттара лаьмнаш. Хьомечу юьртан кевнаш санна лаьттара уьш. Къаьсттина хаза хуьлура уьш 1уьйранна, стигланан сийналла шайн кортошкахь лепош. Шатайпа хаза ма яра Ибрах1иман юрт – хеталора шерачу аренийн синтемо хьоьсту къежделла лаьмнаш. Муьлхачу а меттигера б1аьрг тоьхча гуш хуьлура лаьмнийн кортош, мохо техкош лаьттачу цу сийна варшашкахь наггахь гучудовлура дийнатийн г1аларташ. Пох1ма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош йиллина говзар санна ма яра х1ара юрт. Ма хала дацара кхузахь вала а, ваха а, къийсса а.
Арахь гуьйренан шело йоллушшехь, машенан кор охьадахийтира Ибрах1има – дерриге а дег1ах хьаьрчира маьршачу лаьмнийн х1аваъ. Хеталора цу х1аваа нехан махкахь кхо 1анийначу ц1ийх х1ара цу м1аьргонех ц1анви. Генна д1ахьаьжча, ма герга хетара и лаьмнаш.
-Да висса, Нохчийчоь…йиш ялара хьо, доггах маракъовла – цу ойланаша лаьцна Ибрах1им минот яьллехь шен урамна т1ехволуш хиллера. Ц1ахь хаьара х1ара кху деношкахь ц1а кхочуш вуй, амма ца хаьара тховса вог1ур вуй. Кийра буьзнера Ибрах1иман кестта шен доьзал гур хиларах. Амма цуьнца нийсса, дагах хьерчара г1айг1а а. Москвахь Ибрах1им Крутов волчу вахара. Цигахь цунна хиира Ольгех хилларг. Крутовс халахетарца дийцира цуьнга Галинас шега даийтинчу кехата т1ехь яздина хилларг. Галинас дуьйцура Ибрах1имера а, Юрийгара а кехаташ шаьшинге а ца кхочура аьлла, схьахетарехь Ольги да бахьана долуш. Саб1арзделлачу шина йоь1а-м Литвиновга а г1о дехнера, амма капитана г1о дийр ду аьлла ша делла дош кхочуш ца динера. Ольга доьзалхочух яра. Мел дехарш дарх, мел кхерамаш тийссарх, ша маре а яханза деш долу и бер цо д1а ца даьккхира. Берд еш Ольга д1аелира. Лоьрийн аьтто ца баьллера бер мукъне а дийна диссийта. Ольги да-нана керла белхан меттиг бахьана долуш Ленинграде д1адахана.
И кехат доьшуш Юрий охьавоьлхура, амма Ибрах1иман б1аьргах хин т1адам а ца белира. Иза генарчу геналле леррина хьоьжура. Лазамо сел ч1ог1а 1овжийна дог тхьуздоьлча санна дара, цундела б1аьрхиш а ца дог1ура. Цуьнан шеко яцара Ольга яларан бехк шен хиларан. Цунна ша бехке хетара пачхьалкхан и маьттаза политика бахьана долуш шен сих ваьлла доьзалхо а, шен езар а шен ларда аьтто ца баларна. Нехан махка цхьанна а ца оьшу т1ом беш, нехан ц1ий 1аночул, атта дацара хьайн безам ларба, хьайн бер ларда араваьллехь? И т1ом герзаца бан безаш а ма бацара. Х1ара стенна ваха веза х1инца? Мичахь ду дахаран маь1на? Х1ара ма вара 1ожалло лаца везаш верг, иза ма яцара. Стенна до те кхолламо сел къиза та1зар? Мокхазан берд санна хилла цуьнан и синтем ц1аьххьана б1аьстенан стиглахь тоьхна ткъесс санна иккхира.

Цо ийззош схьа а йохуш, охьакхуьссура шена т1ера орденаш, погонаш. Юха т1ера схьаяьккхина китель охьа а кхоьссина т1е мираш хьийкхира цо цунна. Юрийс и меттавало г1ерташ, нуьцкъала Ибрах1им г1анта охьа а хаъвина, хи делира цунна. Ибрах1има масех къурд бира. Юрийс холодильникчуьра къаьркъан шиша схьала а даьккхина, мала элира Ольга а, бер а дага а лоцуш, амма Ибрах1има жоп делира нохчаша белла нах къаьркъанца дагалоцуш ца хуьлу аьлла.

Юрийс хаам бира кху деношкахь Галина схьаеъча, шаьшиъ доьзал кхуллуш хиларах лаьцна а, х1ара тойнехь ган шайна ч1ог1а лууш хилар а. Накъосте и хаам беш, Юрий ма-хуьллу г1ертара шен хазахетар къайладаккха. Цо и Ибрах1име дийцаран бахьна дара диканехь а, вуонехь а доттаг1а шена уллохь хила лаам буйла д1ахаийтар.
Шолг1ачу дийнахь цара Ибрах1имана бедарш ийцира, х1унда аьлча цо сацам бинера кхин цкъа а шен дахарехь т1еман духар т1едоьхна ша гойтур вац аьлла, ткъа орденаш а, мидалш а накъостана д1аелира. Цул т1аьхьа Юрийс Ибрах1им Курски вокзалера новкъаваьккхира. Накъостий д1акъаьстира вовшашка кехаташ яздан а, гергарло лелон а тешо а йина.

…Машен юьрта чуйог1уш яра. Дахаро 1овжийначу Ибрах1иман дагна молха хилла схьах1оьттира хьомечу юьртан сурт. Ма кхехкаш дара кхузара дахар. Массо а маь11ера схьахезаш яра з1аькардаьхниша ен г1овг1а, гуьйре ялахь а, х1инца а баьццара лаьттачу дежийлашка д1аоьхуш дара бежнаш а. Юьртан урамаш декош, ловзура бераш, шовданера хи эцна бог1ура зударий, ц1ен т1ехь дан дезарг дийцаре а деш. Ма хаза дара, ма ц1ена дара кхузахь. Ма шатайпа синхаамех буьзнера кийра. Охьакхетта лазийна бер, сиха шен нанна т1екхача лууш санна, кху юьрта кхача хьаьгна вара Ибрах1им. Хеталора урамаша а ерзор ю кху т1аьхьарчу шерашкахь цуьнан дагна а, дег1ана а дахаро мел йина чевнаш.
Ибрах1имал а ч1ог1а самукъадаьлла вог1ура таксист. Машенан сихалла лахъйина, меллаша вог1ура иза урамехула сих-сиха сигнал етташ, адамийн тидам т1е а берзош. Цецбевлла нах арауьдура шайн ц1еношчуьра, хилларг х1ун ду ца хууш, ткъа бераша хазахетарца маьхьарий деттара.
Эххар а Ибрах1иман керта кхечира машен. Чохь мел верг арахьедира, ткъа массарел а хьалхаяьлла йог1ура нана – Ибрах1иман дахарера уггаре а сирла а, хаза а амат.  Цхьа да виссира ара ца волуш. Ишта мехала минотехь а къонаха, къонаха хуьлуш товш ву. Хазахетар а, халахетар а цхьаьнаэшшара лан хаьа деза цунна, шен дагахь дерг уггаре а безначарна а ца гойтуш. Массо а Ибрах1им ган сатесна хиллехь а, амма таксист ца хиллера иза ишта атта шен ц1а вохуьйтур волуш. Ибрах1иман аг1онера машенан не1 д1а а къовлуш, цо мохь туххуш, элира:
-Аш шина шарахь ган сатийссина волу к1ант Соьлжа-Г1алара дуьйна могуш-маьрша шуна схьакхачавина ас. Кхо дийцарехь, х1ара эскарера вог1уш ву, т1еман духара-м дац кхунна т1ехь бакъдерг дийцича, амма шун б1аьра хьаьжча а гуш ду х1ара харц луьйш воций, амма х1ете а суна буьззинчу барамехь тоьшалла оьшу!
Хеда шен к1ант маракъовла хьаьгна хиллехь а, амма х1ете а таксистан забарна т1етайра. Цо элира ша муьлха а х1ума д1адала кийча ю, къизачу таксиста шен к1ант маьрша витичхьана. Ткъа таксист реза хилира цхьаьна уьстаг1ан метта Ибрах1им волчарга д1авала. Цу т1ехь сихонца барт а хилира. Уьстаг1 таксистан багажникана чубуьллушшехь Ибрах1им машенчуьра араиккхина шен ненан марахьаьрчира. Ткъа г1уллакх хилла таксист доьзало шайца хазахетар доькъуш саца аьлча а ца туьгуш, машене к1ур эккхийтина д1авахара. Массо а чоьхьавелира. Ма эрна дара Заурбека шен синхаамаш лечкъо г1ертар. Цунах кхеттачу Ибрах1има сихонца маракъевлира да. Массарна а гора цу шиннан и шатайпа юкъаметтиг. Заурбекана мел ца лиънехь а амма, цуьнан ч1аг1дала г1ертачу дагна тешнабехк беш, беснит1ехула охьахьедира б1аьргара хин т1адам.
Ма гуш дара Заурбекана шен к1ант хийцавеллий. Тера дара эскарехь даьккхиначу шина шаро цуьнан дахарехь йоккха лар йитиний.


-Йа Аллах1 Дела, 1алашве ахь сан к1ант – шен дагахь элира Заурбека.

Тасуевг1еран х1усамехь доккха той ду. Геннара гуш ду диллина кевнаш. Дика а, вуо а т1едеъча нохчаша даима схьадоьллу кевнаш, оцу кепара цара гойту дика а, вуо цхьатерра ца духучу доьналлица шаьш т1елаца кийча хилар. Ма доккха маь1на ду цу ламастан. Ма гойту цо нохчийн къоман син-оьздангаллин бух, цуьнан собар, кхетам, хьекъал. Цундела хир ду-кх нохчийн къам б1ешерашкахь дуьйна я кхолламе а, я мостаг1ашка а къар ца луш, кху дуьненан букъа т1ехь шен сий долу меттиг д1алаьцна лаьтташ.
Тахана Заурбекан керта дика деъна – эскаран халонаш а лайна, т1еман к1урлахь шен доьналла а гайтина ц1а вирзина цуьнан жимох волу к1ант. Керта хаддаза схьаоьху нах – гергарниш, накъостий, лулахой, бовза-безарш. Заурбек кхета нагахь санна шен керта вуо деънехь а, уьш иштта схьаоьхур бара. Иза ду и г1иллакх – нохчийн къоман мах боцу хазна.
Шен к1ант могуш-маьрша ц1а верзарна Далла хастам беш, х1усамехь мовлид йоьшуйта Заурбека, ткъа юха сарахь пондаран мукъамо кхайкхадо кху кертахь синкъерам болалуш хилар. Кегирхойн тобанаш цхьаъ цхьанна т1аьхьа керта оьхура. Нохчийн синкъерам хелхарца чекх ца болу, иза а ду шен доккха маь1на долу къоман ламаст. Къаьсттина синкъерамехь самаболуш хилла къоначу дегнашна х1инцалц ца бевзина хилла синхаам, кхузахь кхоллалуш хилла доьзал, кхузахь кхийдаш хилла дог даге.
Ма доггах бека и нохчийн кехат пондар. Цуьнан мукъам айбеш, хеза еттачу вотанан тата. Тхьамда араволу синкъераман ламаст ларда. Цкъачуна эхь хеташ бу кегий нах, ткъа юха нохчийн мукъамо ира-кара х1иттийнчу церан дегнаша, хелхарехь каде шершабойту когаш.
Тхьамдас лерина лардо синкъераман ламаст – лаьа ма лиънехь хелхаран гуоне аравала йиш яц, тхьамдера пурба ца даьккхича, ткъа синкъераман бакъонаш йохо а йиш яц, нагахь санна ц1еххьана кхуза хьаша ца веънехь.
Ма хаза бу и нохчийн синкъерам. Цхьа а вуьтур вац цо бен доцуш. Доккха маь1на долуш ду нохчийн хелхар – цу хелхарехь ган мегар ду нохчийн къоман оьздангалла а, доьналла а, цо мел лайнарш а, мел чолхечу дахаран хьелашкахь а цо дахаре ца байина болу безам а.
Г1ург1аз санна т1ам ойбуш хьийза нохчийн йо1, ткъа цунна юххехь ша аьрзу санна т1ома волу жима къонаха. Кегирхойн жималлех, хазаллех б1аьрг буьзна 1аш хуьлу къаной а. Хетало вотанан татанца ийна пондаран мукъам, стиглане кхевдина седарчий самадохуш, бека. Маржа-я1 нохчийн пондар! Маржа-я1 нохчийн хелхар! Наха диканехь бен ца дечу хелхаршца, нохчий хийлозза дахаран чолхечу киртигана дуьхьал г1евттина, цу хелхарца гойтуш шаьш де эшна ца хилар. Дади-юрт йоккхучу къизачу дийнахь а ма бекна маьждиган кертахь нохчийн пондар, хийла мостаг1чунна хезна хелхарехь нохчочо бетта и мохь, оцу кепара мостаг1ашна гойтуш церан б1о мел боккха хилларх, нохчийн доьналла мокхазал ч1ог1а дуйла…

Чекхдевлира Ибрах1им ц1аверзарна лерина даздарш. Юха к1ирнахь Ибрах1им хьошалг1а эха волавелира шена т1екхача аьтто боцу гергара нах болчу. Иза а ду нохчийн цхьа хаза ламаст. Муьлха а стаг ц1ераваьлла дуккха а хан яьллехь, иза декхарийлахь ву къена а, могуш боцучу а шен гергарчарна а, юьртхошна а т1ех1отта.
Ибрах1им х1инца гуттаренна а ц1а вирзинера. Яханчу заманехь йиссира эскарца а, т1амца йоьзна цуьнан дахаран аг1онаш. Ц1а веана кхаа денна юкъахь Ибрах1им декхарийлахь вара к1оштан т1еман комиссариате а вахана т1еман учете х1отта а, иштта паспортни столехь регистраци ян а.

Т1еман комиссара бехк баьккхира Ибрах1имана т1еман духар доцуш хиларна. Иштта цунна схьаделира Афганистанехь интернациональни декхара кхочуш даран льготни кехат а. Ц1ахь цо и цхьанхьа охьакхоьссина кхин кара а ца ийцира. Моссийттазза Афгански т1еман ветеранийн юкъаралле кхайкхинера иза, амма иза ца вахара цига. Цкъа республикин Чоьхьарчу г1уллакхийн министерстве а кхайкхинера иза милици балха х1отта аьлла. Цига балха вахча, цуьнан аьтто хир бара юридически институте деша х1отта а. Дукха дехараш дира цара Ибрах1име, амма иза дуьхьал хилира могуш вац ша аьлла, шен могашалла х1уммаъ галъяьлла йоццушшехь.  Министерствехь массо а цецваьллера, х1унда аьлча наха кхаьънаш а луш, муьлхха а аг1онаш лоьхура цига балха х1отта. Амма Ибрах1им къар вала ца тигира. Цунна хаьара шена х1ун оьшу. Цунна лаьара оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо хила. Ах шо к1езиг хан йиссинера дешаран хьукмате кехаташ чудала, цундела Ибрах1има т1етаь11ина кечам бора Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан университетан филологически факультете деша х1отта.
Дай баьхна Латта.

I

Москва-Соьлжа-Г1ала ц1ерпошта схьакхачийра Ибрах1им Соьлжа-Г1алин аьчка некъан вокзале. Таксисте ша мича вига веза д1а а аьлла машенчу хиира Ибрах1им. Даймахкаца цхьаьнакхетта хиллачу хазахетаран доза дан а дацара. Цунна шена а ца хаьара ша ишта Даймехкан марзонах хьаьгна хиллий. Ма шатайпа хаза яра Соьлжа-Г1ала кху гуьйренан 1уьйранна. Ибрах1им б1аьрг т1ера ца боккхура машенан корах арахьаьжча шена гуш долчу суьрташ т1ера. Д1ауьдура дезна урамаш. Хеталора цу урамашкахула д1авоьду х1ора а стаг гергара а, уллера а ву. Соьлжа-Г1алара арабевлча, гучуевлира и нохчийн шера аренаш. Ткъа юха ма чехка деттадала доладелира дог – хьалха лаьттара лаьмнаш. Хьомечу юьртан кевнаш санна лаьттара уьш. Къаьсттина хаза хуьлура уьш 1уьйранна, стигланан сийналла шайн кортошкахь лепош. Шатайпа хаза ма яра Ибрах1иман юрт – хеталора шерачу аренийн синтемо хьоьсту къежделла лаьмнаш. Муьлхачу а меттигера б1аьрг тоьхча гуш хуьлура лаьмнийн кортош, мохо техкош лаьттачу цу сийна варшашкахь наггахь гучудовлура дийнатийн г1аларташ. Пох1ма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош йиллина говзар санна ма яра х1ара юрт. Ма хала дацара кхузахь вала а, ваха а, къийсса а.
Арахь гуьйренан шело йоллушшехь, машенан кор охьадахийтира Ибрах1има – дерриге а дег1ах хьаьрчира маьршачу лаьмнийн х1аваъ. Хеталора цу х1аваа нехан махкахь кхо 1анийначу ц1ийх х1ара цу м1аьргонех ц1анви. Генна д1ахьаьжча, ма герга хетара и лаьмнаш.
-Да висса, Нохчийчоь…йиш ялара хьо, доггах маракъовла – цу ойланаша лаьцна Ибрах1им минот яьллехь шен урамна т1ехволуш хиллера. Ц1ахь хаьара х1ара кху деношкахь ц1а кхочуш вуй, амма ца хаьара тховса вог1ур вуй. Кийра буьзнера Ибрах1иман кестта шен доьзал гур хиларах. Амма цуьнца нийсса, дагах хьерчара г1айг1а а. Москвахь Ибрах1им Крутов волчу вахара. Цигахь цунна хиира Ольгех хилларг. Крутовс халахетарца дийцира цуьнга Галинас шега даийтинчу кехата т1ехь яздина хилларг. Галинас дуьйцура Ибрах1имера а, Юрийгара а кехаташ шаьшинге а ца кхочура аьлла, схьахетарехь Ольги да бахьана долуш. Саб1арзделлачу шина йоь1а-м Литвиновга а г1о дехнера, амма капитана г1о дийр ду аьлла ша делла дош кхочуш ца динера. Ольга доьзалхочух яра. Мел дехарш дарх, мел кхерамаш тийссарх, ша маре а яханза деш долу и бер цо д1а ца даьккхира. Берд еш Ольга д1аелира. Лоьрийн аьтто ца баьллера бер мукъне а дийна диссийта. Ольги да-нана керла белхан меттиг бахьана долуш Ленинграде д1адахана.
И кехат доьшуш Юрий охьавоьлхура, амма Ибрах1иман б1аьргах хин т1адам а ца белира. Иза генарчу геналле леррина хьоьжура. Лазамо сел ч1ог1а 1овжийна дог тхьуздоьлча санна дара, цундела б1аьрхиш а ца дог1ура. Цуьнан шеко яцара Ольга яларан бехк шен хиларан. Цунна ша бехке хетара пачхьалкхан и маьттаза политика бахьана долуш шен сих ваьлла доьзалхо а, шен езар а шен ларда аьтто ца баларна. Нехан махка цхьанна а ца оьшу т1ом беш, нехан ц1ий 1аночул, атта дацара хьайн безам ларба, хьайн бер ларда араваьллехь? И т1ом герзаца бан безаш а ма бацара. Х1ара стенна ваха веза х1инца? Мичахь ду дахаран маь1на? Х1ара ма вара 1ожалло лаца везаш верг, иза ма яцара. Стенна до те кхолламо сел къиза та1зар? Мокхазан берд санна хилла цуьнан и синтем ц1аьххьана б1аьстенан стиглахь тоьхна ткъесс санна иккхира.

Цо ийззош схьа а йохуш, охьакхуьссура шена т1ера орденаш, погонаш. Юха т1ера схьаяьккхина китель охьа а кхоьссина т1е мираш хьийкхира цо цунна. Юрийс и меттавало г1ерташ, нуьцкъала Ибрах1им г1анта охьа а хаъвина, хи делира цунна. Ибрах1има масех къурд бира. Юрийс холодильникчуьра къаьркъан шиша схьала а даьккхина, мала элира Ольга а, бер а дага а лоцуш, амма Ибрах1има жоп делира нохчаша белла нах къаьркъанца дагалоцуш ца хуьлу аьлла.

Юрийс хаам бира кху деношкахь Галина схьаеъча, шаьшиъ доьзал кхуллуш хиларах лаьцна а, х1ара тойнехь ган шайна ч1ог1а лууш хилар а. Накъосте и хаам беш, Юрий ма-хуьллу г1ертара шен хазахетар къайладаккха. Цо и Ибрах1име дийцаран бахьна дара диканехь а, вуонехь а доттаг1а шена уллохь хила лаам буйла д1ахаийтар.
Шолг1ачу дийнахь цара Ибрах1имана бедарш ийцира, х1унда аьлча цо сацам бинера кхин цкъа а шен дахарехь т1еман духар т1едоьхна ша гойтур вац аьлла, ткъа орденаш а, мидалш а накъостана д1аелира. Цул т1аьхьа Юрийс Ибрах1им Курски вокзалера новкъаваьккхира. Накъостий д1акъаьстира вовшашка кехаташ яздан а, гергарло лелон а тешо а йина.

…Машен юьрта чуйог1уш яра. Дахаро 1овжийначу Ибрах1иман дагна молха хилла схьах1оьттира хьомечу юьртан сурт. Ма кхехкаш дара кхузара дахар. Массо а маь11ера схьахезаш яра з1аькардаьхниша ен г1овг1а, гуьйре ялахь а, х1инца а баьццара лаьттачу дежийлашка д1аоьхуш дара бежнаш а. Юьртан урамаш декош, ловзура бераш, шовданера хи эцна бог1ура зударий, ц1ен т1ехь дан дезарг дийцаре а деш. Ма хаза дара, ма ц1ена дара кхузахь. Ма шатайпа синхаамех буьзнера кийра. Охьакхетта лазийна бер, сиха шен нанна т1екхача лууш санна, кху юьрта кхача хьаьгна вара Ибрах1им. Хеталора урамаша а ерзор ю кху т1аьхьарчу шерашкахь цуьнан дагна а, дег1ана а дахаро мел йина чевнаш.
Ибрах1имал а ч1ог1а самукъадаьлла вог1ура таксист. Машенан сихалла лахъйина, меллаша вог1ура иза урамехула сих-сиха сигнал етташ, адамийн тидам т1е а берзош. Цецбевлла нах арауьдура шайн ц1еношчуьра, хилларг х1ун ду ца хууш, ткъа бераша хазахетарца маьхьарий деттара.
Эххар а Ибрах1иман керта кхечира машен. Чохь мел верг арахьедира, ткъа массарел а хьалхаяьлла йог1ура нана – Ибрах1иман дахарера уггаре а сирла а, хаза а амат.  Цхьа да виссира ара ца волуш. Ишта мехала минотехь а къонаха, къонаха хуьлуш товш ву. Хазахетар а, халахетар а цхьаьнаэшшара лан хаьа деза цунна, шен дагахь дерг уггаре а безначарна а ца гойтуш. Массо а Ибрах1им ган сатесна хиллехь а, амма таксист ца хиллера иза ишта атта шен ц1а вохуьйтур волуш. Ибрах1иман аг1онера машенан не1 д1а а къовлуш, цо мохь туххуш, элира:
-Аш шина шарахь ган сатийссина волу к1ант Соьлжа-Г1алара дуьйна могуш-маьрша шуна схьакхачавина ас. Кхо дийцарехь, х1ара эскарера вог1уш ву, т1еман духара-м дац кхунна т1ехь бакъдерг дийцича, амма шун б1аьра хьаьжча а гуш ду х1ара харц луьйш воций, амма х1ете а суна буьззинчу барамехь тоьшалла оьшу!
Хеда шен к1ант маракъовла хьаьгна хиллехь а, амма х1ете а таксистан забарна т1етайра. Цо элира ша муьлха а х1ума д1адала кийча ю, къизачу таксиста шен к1ант маьрша витичхьана. Ткъа таксист реза хилира цхьаьна уьстаг1ан метта Ибрах1им волчарга д1авала. Цу т1ехь сихонца барт а хилира. Уьстаг1 таксистан багажникана чубуьллушшехь Ибрах1им машенчуьра араиккхина шен ненан марахьаьрчира. Ткъа г1уллакх хилла таксист доьзало шайца хазахетар доькъуш саца аьлча а ца туьгуш, машене к1ур эккхийтина д1авахара. Массо а чоьхьавелира. Ма эрна дара Заурбека шен синхаамаш лечкъо г1ертар. Цунах кхеттачу Ибрах1има сихонца маракъевлира да. Массарна а гора цу шиннан и шатайпа юкъаметтиг. Заурбекана мел ца лиънехь а амма, цуьнан ч1аг1дала г1ертачу дагна тешнабехк беш, беснит1ехула охьахьедира б1аьргара хин т1адам.
Ма гуш дара Заурбекана шен к1ант хийцавеллий. Тера дара эскарехь даьккхиначу шина шаро цуьнан дахарехь йоккха лар йитиний.


-Йа Аллах1 Дела, 1алашве ахь сан к1ант – шен дагахь элира Заурбека.

Тасуевг1еран х1усамехь доккха той ду. Геннара гуш ду диллина кевнаш. Дика а, вуо а т1едеъча нохчаша даима схьадоьллу кевнаш, оцу кепара цара гойту дика а, вуо цхьатерра ца духучу доьналлица шаьш т1елаца кийча хилар. Ма доккха маь1на ду цу ламастан. Ма гойту цо нохчийн къоман син-оьздангаллин бух, цуьнан собар, кхетам, хьекъал. Цундела хир ду-кх нохчийн къам б1ешерашкахь дуьйна я кхолламе а, я мостаг1ашка а къар ца луш, кху дуьненан букъа т1ехь шен сий долу меттиг д1алаьцна лаьтташ.
Тахана Заурбекан керта дика деъна – эскаран халонаш а лайна, т1еман к1урлахь шен доьналла а гайтина ц1а вирзина цуьнан жимох волу к1ант. Керта хаддаза схьаоьху нах – гергарниш, накъостий, лулахой, бовза-безарш. Заурбек кхета нагахь санна шен керта вуо деънехь а, уьш иштта схьаоьхур бара. Иза ду и г1иллакх – нохчийн къоман мах боцу хазна.
Шен к1ант могуш-маьрша ц1а верзарна Далла хастам беш, х1усамехь мовлид йоьшуйта Заурбека, ткъа юха сарахь пондаран мукъамо кхайкхадо кху кертахь синкъерам болалуш хилар. Кегирхойн тобанаш цхьаъ цхьанна т1аьхьа керта оьхура. Нохчийн синкъерам хелхарца чекх ца болу, иза а ду шен доккха маь1на долу къоман ламаст. Къаьсттина синкъерамехь самаболуш хилла къоначу дегнашна х1инцалц ца бевзина хилла синхаам, кхузахь кхоллалуш хилла доьзал, кхузахь кхийдаш хилла дог даге.
Ма доггах бека и нохчийн кехат пондар. Цуьнан мукъам айбеш, хеза еттачу вотанан тата. Тхьамда араволу синкъераман ламаст ларда. Цкъачуна эхь хеташ бу кегий нах, ткъа юха нохчийн мукъамо ира-кара х1иттийнчу церан дегнаша, хелхарехь каде шершабойту когаш.
Тхьамдас лерина лардо синкъераман ламаст – лаьа ма лиънехь хелхаран гуоне аравала йиш яц, тхьамдера пурба ца даьккхича, ткъа синкъераман бакъонаш йохо а йиш яц, нагахь санна ц1еххьана кхуза хьаша ца веънехь.
Ма хаза бу и нохчийн синкъерам. Цхьа а вуьтур вац цо бен доцуш. Доккха маь1на долуш ду нохчийн хелхар – цу хелхарехь ган мегар ду нохчийн къоман оьздангалла а, доьналла а, цо мел лайнарш а, мел чолхечу дахаран хьелашкахь а цо дахаре ца байина болу безам а.
Г1ург1аз санна т1ам ойбуш хьийза нохчийн йо1, ткъа цунна юххехь ша аьрзу санна т1ома волу жима къонаха. Кегирхойн жималлех, хазаллех б1аьрг буьзна 1аш хуьлу къаной а. Хетало вотанан татанца ийна пондаран мукъам, стиглане кхевдина седарчий самадохуш, бека. Маржа-я1 нохчийн пондар! Маржа-я1 нохчийн хелхар! Наха диканехь бен ца дечу хелхаршца, нохчий хийлозза дахаран чолхечу киртигана дуьхьал г1евттина, цу хелхарца гойтуш шаьш де эшна ца хилар. Дади-юрт йоккхучу къизачу дийнахь а ма бекна маьждиган кертахь нохчийн пондар, хийла мостаг1чунна хезна хелхарехь нохчочо бетта и мохь, оцу кепара мостаг1ашна гойтуш церан б1о мел боккха хилларх, нохчийн доьналла мокхазал ч1ог1а дуйла…

Чекхдевлира Ибрах1им ц1аверзарна лерина даздарш. Юха к1ирнахь Ибрах1им хьошалг1а эха волавелира шена т1екхача аьтто боцу гергара нах болчу. Иза а ду нохчийн цхьа хаза ламаст. Муьлха а стаг ц1ераваьлла дуккха а хан яьллехь, иза декхарийлахь ву къена а, могуш боцучу а шен гергарчарна а, юьртхошна а т1ех1отта.
Ибрах1им х1инца гуттаренна а ц1а вирзинера. Яханчу заманехь йиссира эскарца а, т1амца йоьзна цуьнан дахаран аг1онаш. Ц1а веана кхаа денна юкъахь Ибрах1им декхарийлахь вара к1оштан т1еман комиссариате а вахана т1еман учете х1отта а, иштта паспортни столехь регистраци ян а.

Т1еман комиссара бехк баьккхира Ибрах1имана т1еман духар доцуш хиларна. Иштта цунна схьаделира Афганистанехь интернациональни декхара кхочуш даран льготни кехат а. Ц1ахь цо и цхьанхьа охьакхоьссина кхин кара а ца ийцира. Моссийттазза Афгански т1еман ветеранийн юкъаралле кхайкхинера иза, амма иза ца вахара цига. Цкъа республикин Чоьхьарчу г1уллакхийн министерстве а кхайкхинера иза милици балха х1отта аьлла. Цига балха вахча, цуьнан аьтто хир бара юридически институте деша х1отта а. Дукха дехараш дира цара Ибрах1име, амма иза дуьхьал хилира могуш вац ша аьлла, шен могашалла х1уммаъ галъяьлла йоццушшехь.  Министерствехь массо а цецваьллера, х1унда аьлча наха кхаьънаш а луш, муьлхха а аг1онаш лоьхура цига балха х1отта. Амма Ибрах1им къар вала ца тигира. Цунна хаьара шена х1ун оьшу. Цунна лаьара оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо хила. Ах шо к1езиг хан йиссинера дешаран хьукмате кехаташ чудала, цундела Ибрах1има т1етаь11ина кечам бора Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан университетан филологически факультете деша х1отта.


Дай баьхна Латта.

I

Москва-Соьлжа-Г1ала ц1ерпошта схьакхачийра Ибрах1им Соьлжа-Г1алин аьчка некъан вокзале. Таксисте ша мича вига веза д1а а аьлла машенчу хиира Ибрах1им. Даймахкаца цхьаьнакхетта хиллачу хазахетаран доза дан а дацара. Цунна шена а ца хаьара ша ишта Даймехкан марзонах хьаьгна хиллий. Ма шатайпа хаза яра Соьлжа-Г1ала кху гуьйренан 1уьйранна. Ибрах1им б1аьрг т1ера ца боккхура машенан корах арахьаьжча шена гуш долчу суьрташ т1ера. Д1ауьдура дезна урамаш. Хеталора цу урамашкахула д1авоьду х1ора а стаг гергара а, уллера а ву. Соьлжа-Г1алара арабевлча, гучуевлира и нохчийн шера аренаш. Ткъа юха ма чехка деттадала доладелира дог – хьалха лаьттара лаьмнаш. Хьомечу юьртан кевнаш санна лаьттара уьш. Къаьсттина хаза хуьлура уьш 1уьйранна, стигланан сийналла шайн кортошкахь лепош. Шатайпа хаза ма яра Ибрах1иман юрт – хеталора шерачу аренийн синтемо хьоьсту къежделла лаьмнаш. Муьлхачу а меттигера б1аьрг тоьхча гуш хуьлура лаьмнийн кортош, мохо техкош лаьттачу цу сийна варшашкахь наггахь гучудовлура дийнатийн г1аларташ. Пох1ма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош йиллина говзар санна ма яра х1ара юрт. Ма хала дацара кхузахь вала а, ваха а, къийсса а.
Арахь гуьйренан шело йоллушшехь, машенан кор охьадахийтира Ибрах1има – дерриге а дег1ах хьаьрчира маьршачу лаьмнийн х1аваъ. Хеталора цу х1аваа нехан махкахь кхо 1анийначу ц1ийх х1ара цу м1аьргонех ц1анви. Генна д1ахьаьжча, ма герга хетара и лаьмнаш.
-Да висса, Нохчийчоь…йиш ялара хьо, доггах маракъовла – цу ойланаша лаьцна Ибрах1им минот яьллехь шен урамна т1ехволуш хиллера. Ц1ахь хаьара х1ара кху деношкахь ц1а кхочуш вуй, амма ца хаьара тховса вог1ур вуй. Кийра буьзнера Ибрах1иман кестта шен доьзал гур хиларах. Амма цуьнца нийсса, дагах хьерчара г1айг1а а. Москвахь Ибрах1им Крутов волчу вахара. Цигахь цунна хиира Ольгех хилларг. Крутовс халахетарца дийцира цуьнга Галинас шега даийтинчу кехата т1ехь яздина хилларг. Галинас дуьйцура Ибрах1имера а, Юрийгара а кехаташ шаьшинге а ца кхочура аьлла, схьахетарехь Ольги да бахьана долуш. Саб1арзделлачу шина йоь1а-м Литвиновга а г1о дехнера, амма капитана г1о дийр ду аьлла ша делла дош кхочуш ца динера. Ольга доьзалхочух яра. Мел дехарш дарх, мел кхерамаш тийссарх, ша маре а яханза деш долу и бер цо д1а ца даьккхира. Берд еш Ольга д1аелира. Лоьрийн аьтто ца баьллера бер мукъне а дийна диссийта. Ольги да-нана керла белхан меттиг бахьана долуш Ленинграде д1адахана.
И кехат доьшуш Юрий охьавоьлхура, амма Ибрах1иман б1аьргах хин т1адам а ца белира. Иза генарчу геналле леррина хьоьжура. Лазамо сел ч1ог1а 1овжийна дог тхьуздоьлча санна дара, цундела б1аьрхиш а ца дог1ура. Цуьнан шеко яцара Ольга яларан бехк шен хиларан. Цунна ша бехке хетара пачхьалкхан и маьттаза политика бахьана долуш шен сих ваьлла доьзалхо а, шен езар а шен ларда аьтто ца баларна. Нехан махка цхьанна а ца оьшу т1ом беш, нехан ц1ий 1аночул, атта дацара хьайн безам ларба, хьайн бер ларда араваьллехь? И т1ом герзаца бан безаш а ма бацара. Х1ара стенна ваха веза х1инца? Мичахь ду дахаран маь1на? Х1ара ма вара 1ожалло лаца везаш верг, иза ма яцара. Стенна до те кхолламо сел къиза та1зар? Мокхазан берд санна хилла цуьнан и синтем ц1аьххьана б1аьстенан стиглахь тоьхна ткъесс санна иккхира.

Цо ийззош схьа а йохуш, охьакхуьссура шена т1ера орденаш, погонаш. Юха т1ера схьаяьккхина китель охьа а кхоьссина т1е мираш хьийкхира цо цунна. Юрийс и меттавало г1ерташ, нуьцкъала Ибрах1им г1анта охьа а хаъвина, хи делира цунна. Ибрах1има масех къурд бира. Юрийс холодильникчуьра къаьркъан шиша схьала а даьккхина, мала элира Ольга а, бер а дага а лоцуш, амма Ибрах1има жоп делира нохчаша белла нах къаьркъанца дагалоцуш ца хуьлу аьлла.

Юрийс хаам бира кху деношкахь Галина схьаеъча, шаьшиъ доьзал кхуллуш хиларах лаьцна а, х1ара тойнехь ган шайна ч1ог1а лууш хилар а. Накъосте и хаам беш, Юрий ма-хуьллу г1ертара шен хазахетар къайладаккха. Цо и Ибрах1име дийцаран бахьна дара диканехь а, вуонехь а доттаг1а шена уллохь хила лаам буйла д1ахаийтар.
Шолг1ачу дийнахь цара Ибрах1имана бедарш ийцира, х1унда аьлча цо сацам бинера кхин цкъа а шен дахарехь т1еман духар т1едоьхна ша гойтур вац аьлла, ткъа орденаш а, мидалш а накъостана д1аелира. Цул т1аьхьа Юрийс Ибрах1им Курски вокзалера новкъаваьккхира. Накъостий д1акъаьстира вовшашка кехаташ яздан а, гергарло лелон а тешо а йина.

…Машен юьрта чуйог1уш яра. Дахаро 1овжийначу Ибрах1иман дагна молха хилла схьах1оьттира хьомечу юьртан сурт. Ма кхехкаш дара кхузара дахар. Массо а маь11ера схьахезаш яра з1аькардаьхниша ен г1овг1а, гуьйре ялахь а, х1инца а баьццара лаьттачу дежийлашка д1аоьхуш дара бежнаш а. Юьртан урамаш декош, ловзура бераш, шовданера хи эцна бог1ура зударий, ц1ен т1ехь дан дезарг дийцаре а деш. Ма хаза дара, ма ц1ена дара кхузахь. Ма шатайпа синхаамех буьзнера кийра. Охьакхетта лазийна бер, сиха шен нанна т1екхача лууш санна, кху юьрта кхача хьаьгна вара Ибрах1им. Хеталора урамаша а ерзор ю кху т1аьхьарчу шерашкахь цуьнан дагна а, дег1ана а дахаро мел йина чевнаш.
Ибрах1имал а ч1ог1а самукъадаьлла вог1ура таксист. Машенан сихалла лахъйина, меллаша вог1ура иза урамехула сих-сиха сигнал етташ, адамийн тидам т1е а берзош. Цецбевлла нах арауьдура шайн ц1еношчуьра, хилларг х1ун ду ца хууш, ткъа бераша хазахетарца маьхьарий деттара.
Эххар а Ибрах1иман керта кхечира машен. Чохь мел верг арахьедира, ткъа массарел а хьалхаяьлла йог1ура нана – Ибрах1иман дахарера уггаре а сирла а, хаза а амат.  Цхьа да виссира ара ца волуш. Ишта мехала минотехь а къонаха, къонаха хуьлуш товш ву. Хазахетар а, халахетар а цхьаьнаэшшара лан хаьа деза цунна, шен дагахь дерг уггаре а безначарна а ца гойтуш. Массо а Ибрах1им ган сатесна хиллехь а, амма таксист ца хиллера иза ишта атта шен ц1а вохуьйтур волуш. Ибрах1иман аг1онера машенан не1 д1а а къовлуш, цо мохь туххуш, элира:
-Аш шина шарахь ган сатийссина волу к1ант Соьлжа-Г1алара дуьйна могуш-маьрша шуна схьакхачавина ас. Кхо дийцарехь, х1ара эскарера вог1уш ву, т1еман духара-м дац кхунна т1ехь бакъдерг дийцича, амма шун б1аьра хьаьжча а гуш ду х1ара харц луьйш воций, амма х1ете а суна буьззинчу барамехь тоьшалла оьшу!
Хеда шен к1ант маракъовла хьаьгна хиллехь а, амма х1ете а таксистан забарна т1етайра. Цо элира ша муьлха а х1ума д1адала кийча ю, къизачу таксиста шен к1ант маьрша витичхьана. Ткъа таксист реза хилира цхьаьна уьстаг1ан метта Ибрах1им волчарга д1авала. Цу т1ехь сихонца барт а хилира. Уьстаг1 таксистан багажникана чубуьллушшехь Ибрах1им машенчуьра араиккхина шен ненан марахьаьрчира. Ткъа г1уллакх хилла таксист доьзало шайца хазахетар доькъуш саца аьлча а ца туьгуш, машене к1ур эккхийтина д1авахара. Массо а чоьхьавелира. Ма эрна дара Заурбека шен синхаамаш лечкъо г1ертар. Цунах кхеттачу Ибрах1има сихонца маракъевлира да. Массарна а гора цу шиннан и шатайпа юкъаметтиг. Заурбекана мел ца лиънехь а амма, цуьнан ч1аг1дала г1ертачу дагна тешнабехк беш, беснит1ехула охьахьедира б1аьргара хин т1адам.
Ма гуш дара Заурбекана шен к1ант хийцавеллий. Тера дара эскарехь даьккхиначу шина шаро цуьнан дахарехь йоккха лар йитиний.


-Йа Аллах1 Дела, 1алашве ахь сан к1ант – шен дагахь элира Заурбека.

Тасуевг1еран х1усамехь доккха той ду. Геннара гуш ду диллина кевнаш. Дика а, вуо а т1едеъча нохчаша даима схьадоьллу кевнаш, оцу кепара цара гойту дика а, вуо цхьатерра ца духучу доьналлица шаьш т1елаца кийча хилар. Ма доккха маь1на ду цу ламастан. Ма гойту цо нохчийн къоман син-оьздангаллин бух, цуьнан собар, кхетам, хьекъал. Цундела хир ду-кх нохчийн къам б1ешерашкахь дуьйна я кхолламе а, я мостаг1ашка а къар ца луш, кху дуьненан букъа т1ехь шен сий долу меттиг д1алаьцна лаьтташ.
Тахана Заурбекан керта дика деъна – эскаран халонаш а лайна, т1еман к1урлахь шен доьналла а гайтина ц1а вирзина цуьнан жимох волу к1ант. Керта хаддаза схьаоьху нах – гергарниш, накъостий, лулахой, бовза-безарш. Заурбек кхета нагахь санна шен керта вуо деънехь а, уьш иштта схьаоьхур бара. Иза ду и г1иллакх – нохчийн къоман мах боцу хазна.
Шен к1ант могуш-маьрша ц1а верзарна Далла хастам беш, х1усамехь мовлид йоьшуйта Заурбека, ткъа юха сарахь пондаран мукъамо кхайкхадо кху кертахь синкъерам болалуш хилар. Кегирхойн тобанаш цхьаъ цхьанна т1аьхьа керта оьхура. Нохчийн синкъерам хелхарца чекх ца болу, иза а ду шен доккха маь1на долу къоман ламаст. Къаьсттина синкъерамехь самаболуш хилла къоначу дегнашна х1инцалц ца бевзина хилла синхаам, кхузахь кхоллалуш хилла доьзал, кхузахь кхийдаш хилла дог даге.
Ма доггах бека и нохчийн кехат пондар. Цуьнан мукъам айбеш, хеза еттачу вотанан тата. Тхьамда араволу синкъераман ламаст ларда. Цкъачуна эхь хеташ бу кегий нах, ткъа юха нохчийн мукъамо ира-кара х1иттийнчу церан дегнаша, хелхарехь каде шершабойту когаш.
Тхьамдас лерина лардо синкъераман ламаст – лаьа ма лиънехь хелхаран гуоне аравала йиш яц, тхьамдера пурба ца даьккхича, ткъа синкъераман бакъонаш йохо а йиш яц, нагахь санна ц1еххьана кхуза хьаша ца веънехь.
Ма хаза бу и нохчийн синкъерам. Цхьа а вуьтур вац цо бен доцуш. Доккха маь1на долуш ду нохчийн хелхар – цу хелхарехь ган мегар ду нохчийн къоман оьздангалла а, доьналла а, цо мел лайнарш а, мел чолхечу дахаран хьелашкахь а цо дахаре ца байина болу безам а.
Г1ург1аз санна т1ам ойбуш хьийза нохчийн йо1, ткъа цунна юххехь ша аьрзу санна т1ома волу жима къонаха. Кегирхойн жималлех, хазаллех б1аьрг буьзна 1аш хуьлу къаной а. Хетало вотанан татанца ийна пондаран мукъам, стиглане кхевдина седарчий самадохуш, бека. Маржа-я1 нохчийн пондар! Маржа-я1 нохчийн хелхар! Наха диканехь бен ца дечу хелхаршца, нохчий хийлозза дахаран чолхечу киртигана дуьхьал г1евттина, цу хелхарца гойтуш шаьш де эшна ца хилар. Дади-юрт йоккхучу къизачу дийнахь а ма бекна маьждиган кертахь нохчийн пондар, хийла мостаг1чунна хезна хелхарехь нохчочо бетта и мохь, оцу кепара мостаг1ашна гойтуш церан б1о мел боккха хилларх, нохчийн доьналла мокхазал ч1ог1а дуйла…

Чекхдевлира Ибрах1им ц1аверзарна лерина даздарш. Юха к1ирнахь Ибрах1им хьошалг1а эха волавелира шена т1екхача аьтто боцу гергара нах болчу. Иза а ду нохчийн цхьа хаза ламаст. Муьлха а стаг ц1ераваьлла дуккха а хан яьллехь, иза декхарийлахь ву къена а, могуш боцучу а шен гергарчарна а, юьртхошна а т1ех1отта.
Ибрах1им х1инца гуттаренна а ц1а вирзинера. Яханчу заманехь йиссира эскарца а, т1амца йоьзна цуьнан дахаран аг1онаш. Ц1а веана кхаа денна юкъахь Ибрах1им декхарийлахь вара к1оштан т1еман комиссариате а вахана т1еман учете х1отта а, иштта паспортни столехь регистраци ян а.

Т1еман комиссара бехк баьккхира Ибрах1имана т1еман духар доцуш хиларна. Иштта цунна схьаделира Афганистанехь интернациональни декхара кхочуш даран льготни кехат а. Ц1ахь цо и цхьанхьа охьакхоьссина кхин кара а ца ийцира. Моссийттазза Афгански т1еман ветеранийн юкъаралле кхайкхинера иза, амма иза ца вахара цига. Цкъа республикин Чоьхьарчу г1уллакхийн министерстве а кхайкхинера иза милици балха х1отта аьлла. Цига балха вахча, цуьнан аьтто хир бара юридически институте деша х1отта а. Дукха дехараш дира цара Ибрах1име, амма иза дуьхьал хилира могуш вац ша аьлла, шен могашалла х1уммаъ галъяьлла йоццушшехь.  Министерствехь массо а цецваьллера, х1унда аьлча наха кхаьънаш а луш, муьлхха а аг1онаш лоьхура цига балха х1отта. Амма Ибрах1им къар вала ца тигира. Цунна хаьара шена х1ун оьшу. Цунна лаьара оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо хила. Ах шо к1езиг хан йиссинера дешаран хьукмате кехаташ чудала, цундела Ибрах1има т1етаь11ина кечам бора Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан университетан филологически факультете деша х1отта.

II

Аьхка Ибрах1им университете деша х1оьттира. Деша х1уттучу хенахь цо пайда ца ийцира т1емало-интернационалист ву аьлла шен йолчу льготех, иштта КПСС парти юкъахь ша хиларна а тидам т1е ца хьажийра. Т1еэцаран комиссина иза ч1ог1а хаза а хийтира, х1унда аьлча цу заманахь коммунисташ даима шайн бакъонаш 1ора йохуш, адам кхерош хуьлура. Республикехь царех боккъалла а кхера а кхоьрура нах.
Замано д1алистира Ибрах1иман дахарера керла аг1о – студенчески шераш д1адуьйладелира. Юкъараллин болх беш, университетан дахарехь цо жигара дакъа лоцуш хилар бахьана долуш, даг т1ехь бина ша аэ, меллаша баша болабелира. Университетехь иза дзюдо а, самбо а латаран кепашах кхиамаш гойтуш вара, иштта шен тобанан куьйгаллехь а вара, университетан партийни комитетан декъашхо а вара.
Корматаллин баххаш довза хала дацара Ибрах1имана, х1унда аьлча дукха жима волуш дуьйна цо харжам а бина, школехь а шардинера шен хаарш.
Университетан дахар шатайпа а, чулацаме а дара. Х1ора дийнахь дуьненан литературин классикийн керла ц1ерш евзара. Ибрах1има т1етаь11ина 1амабора оьрсийн мотт, цуьнан йист йоцу шорталла берашна йовзийта шена атта хилийта.
Университетан шолг1ачу курсехь доьшуш волуш, де-ненан ч1ог1ачу лаамна къера хилла Ибрах1има зуда ялийра. Цуьнан х1усамнана хилира Ибрах1им эскаре воьдучу дийнахь Хедин б1аьрг т1ех1оьттина хилла юьртара йо1 Хьава. Дукха дехарш динера цуьнга нанас, эххар а цуьнан лаамна т1етайначу Ибрах1иман дахарехь схьаеллаелира кхин цхьаъ керла, чулацаме аг1о.

Хьава х1етале Къилбаседа-Х1ирийн Орджонокидзе г1алара медицински институт чекхяьккхина хилла яьлла лор яра. И евзиначу хенахь а, иза ялийначул т1аьхьа а йоь1а Ибрах1иман кийрахь сама ца баьккхира безам ц1е йолу синхаам. Ибрах1има иза лорура, комаьрша а, дика а вара иза цуьнца, амма безаман ц1е кхин цкъа а ца кхерста яйначух тера дара Ибрах1иман кийрахь. Амма дуьххьара к1ант Ислам дуьненчу ваьллачул т1аьхьа Ибрах1има хийцира х1усамненаца шен йолу ойла. Цуьнан амал кхи тайпа гучуелира Ибрах1имана, дукха хьолахь хьалха шена ца гуш хилларг х1инца бода д1абаьлча санна гучудолура. Жимачу Ислама безаман керла з1ийдигаш дуг1уш хазйира церан дахаран аре. Адаман б1аьрг хиллал тайна а, хаза а бара церан доьзал.

Университет чекхяьккхинчул т1аьхьа Ибрах1им Соьлжа-Г1алин ююккъерчу школехь хьехархочун болх бан вахара. Школа кху заманан лехамашца йог1уш, керла йина г1ишло яра. Белхан накъосташца юкъаметтиг каро а хала ца хилира массаьрца а даима т1екаре волчу Ибрах1имана.
Берашна шен хаарш д1акховдош, иза кхетара муьлха а пачхьалкхан бух дешар хиларах. Цунах йоьзна юйла къоман могашалла а, культура а, экономика а. Ибрах1имана хаьара шена т1ехь корматаллин лаккхара декхара дуйла, цундела цо шен ницкъаш ца кхоош къа хьоьгура белхан меттигехь. Ибрах1иман кхиамаш ца гуш ца биссира школин куьйгаллина. Кхо шо далале иза дешаран декъехула директоран г1овс х1оттавира. Хьехархочун болх д1атасса ца луучу Ибрах1има хазахетарца кхочуш бора ший а  болх.
Х1ара балха ваханчу хьалхара шина шарахь доьзал квартирехь 1аш бара, ткъа юха халкъан дешаран г1алин отдела дина дехара бахьана долуш, Ибрах1имана латтана дакъа делира. Керла ц1ено долийра Ибрах1има. Цуьнан а, х1усамненан а дерриге а алапа керла ц1ено дарна т1ехьажийна дара. Амма х1ете а 1ер-дахар хала дацара дас-нанас г1о дар бахьана долуш. Советан заманара доьзалех къаьсташ бацара Ибрах1иман хьанал рицкъа доккхуш, къа хьоьгуш болу доьхал. Ибрах1им бераш 1амош вара, Хьава нахана дарба деш яра. Цхьа Ислам вара дуьненан г1айг1анах мокъа, шен да-нана х1ора а дийнахь ирсе дарий бен кхин декхара т1ехь доцуш. Кхо шо даьлча ц1ено а чекхделира. Керлачу х1усаме керлачу доьзалхочунца д1адолийра шайн дахар Ибрах1имг1ара – дуьненчуелира йо1 Лиза.


Дохар

I
Моьттура кхане сирла а, ирсе а ю. Амма буьрсачу 1ай лаьмнашкахь хьаьттарш санна, тамашийна, кхета а, маь1на дан а хала болу хиламаш т1ехецабелира адамашна. Х1ора а де шеца инзаре хийцамаш бохьуш дог1ура. Хеталора эзарнаш, миллионаш адамийн дахаран мах белла йоьттина хилла, и цкъа а юхур йоцу СССР ц1е йолу г1ап тховса ша ц1елиг санна охьахаьрцаш ю.
 
Халкъ 1адийна дара. Массеран а кхоьлина яьххьаш т1ехь гуш яра г1айг1а, хин дерг ца хааро кийра боссийна болу и к1орга сингаттам а.

1991-чу шеран хьаьттан (август) беттан 18-чу дийнан хиламаша Нохч-Г1алг1айн республике керла баланаш беара. КПСС-ан ОБКОМ-ан секретарь волчу Завгаевна бухара г1ант а лестира. Иза СССР пачхьалкх кхоьлличхьана дуьххьара нохчо вара и тайпа лаккхара дарже х1оттийна волу. Москвас бехк биллира цунна ГКЧП-ца йолчу юкъаметтигехь иза юьстах ваьлла аьлла. Схьахетарехь Москванна иза кхин оьшуш вацара.

1990-чу шеран х1утоссург (май) баттахь Вайнехан демократически партис Нохч-Г1алг1айчохь кхин д1а хин йолчу политически процессашкахь мехала дакъа лецира. 1991-чу шеран мангалан (июль) баттахь республикин политически жайни т1ехь х1инцалц евзина а, хезна а йоцу ц1е гучуелира – Дудаев Джовхар. Халкълахь цунах лаьцна иза генерал хилар а, тейпан ялхаро а, цуьнан зуда оьрси хилар а, иштта цуьнан гергара нах Катаямехь бехаш хилар а бен кхин хууш х1ума дацара. И хаам к1езиг бара къоман тешо Дудаевс яьккха а, къоман куьйгалле иза х1отто а. Эстонин Тарту г1алин т1еман гарнизонан хилла комендант Дудаев Джохар Соьлжа-Г1алара Нохчийн Къоман  Вовшахтоьхначу Конгрессан (оьрсийн маттахь доцца цунах ОКЧН олура) председатель хаьржинера. Москвас г1о ца деш и хуьлийла а дацара.
ГКЧП сий дайна йоьжначул т1аьхьа раг1 ОКЧН-ехь яра. Соьлжа-Г1алин урамашка цкъа кегий, юха яьккхий митингаш д1аяхьар долийра. Оцу кегийчу тобанашка яьккхийчу дивизишка а ца далуш дерг а дан ницкъ кхочура. Тамашийна хьелаш нисдаларца д1алецира МВД а, КГБ а, ткъа пачхьалкхалин и баххаш лардаран г1аролехь лаьтташ масех белхало бен вацара, цаьргахь а массаьргахь табельни герз а дацара.
Ц1ий ца 1анош хилира и структураш д1алацар. Эскаро 1едална дечу цу зуламна цхьаьна а кепара дуьхьало ца йира.
Ибрах1иман б1аьргаш хьалха охьадохийра Политпросвещенин Ц1а, цунна гуш дара тайп-тайпана кхайкхамаша марсаяьккхина халкъан и тоба цу г1ишлонна т1ехьодуш. И г1ишло ларъеш, герзах боьттина лаьтташ хилла милиционераш меттаха а ца бевлира адам сацо.
Хуьлуш долчунах Ибрах1им боккъалла а кхета волавелира Москвара Соьлжа-Г1ала Дудаевна г1о дан Хасбулатовн тоба еъча. Шеко яцара церан 1алашо Завгаевна метта Дудаев нохчийн къоман куьйгалле х1оттор хилар, ткъа и кхочуш ян цаьргахь аьттонаш хилар а. 
Кхета хала дацара  х1унда ца къуьссу Завгаевс шен дарж.

1991-чу шарахь керлачу конституцица дог1уш, Ночх-Г1алг1айн Республика йозуш йоцу пачхьалкх аьлла д1акхайкхийнера. 1991-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 15-чохь Нохч-Г1алг1айн Республикин Лаккхара Совет д1ахецначул т1аьхьа, цхьаьна ханна совет кхоьллира, иза Москвас керла харжамаш хиллалц законни орган хилар къобалдира. ОКЧН-ан кхочушдаран комитетан цхьаьна ханна кхоьллинчу Совета а, Г1алг1айчоьнан массо а т1ег1анан депутатийн советан а барт барца Нохч-Г1алг1айн Республика йийкъира – Нохчийн Республикина а, Г1алг1айн Республикина а.

1991-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 27-чохь Нохчийн Республикехь президентан а, парламентан харжамаш хилира, цара кечдира керла пачхьалкх кхоллар. Г1алг1айн къома юкъарахалкъан референдум д1аяхьарца юхнехьа РСФСР-ана юкъаяхара. Федеральни центр йистхуьлуш яцара. Амма 1991-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь РСФСР-ан Лаккхара Совета д1ахьедар дира Нохчийн Республикера харжамаш ша т1елоцуш ца хилар!

II

Дукха ду лаьмнашкахь чолхе некъаш а, некъан кегий тачанаш а, дукха ю цу некъашкахь аккхаройн лараш. К1езиг лела цигахь адам, лелахь а дукха хьолахь иччархо. Амма ламарой д1асалела тачанаш а ду цигахь – цхьаьна юьртара кхечу юьрта, цхьаьна махкара кхин махка. Ламаро воьду некъан тача гучара д1адаьлча иза уггаре а хьалха юхахьажа веза, д1асахьажа веза юххера хьолах кхетархьама ша кхи д1а мича ваха веза.
Диканан а, вуонан орам бу дешар. И дешар а, 1илма а к1оргера мел хуьлу, дикано ч1ог1аха тоссу шен орам. Дешна наха кхуллу шайн тобанаш, тобанех юкъаралла кхоллало, ткъа юкъаралла – иза халкъ ду. Халкъ хьекъале мел хилий а, цуьнан вуонна дуьхьало ян ницкъаш алсам хуьлу, цуьнгара дика а алсам долу. Нохчийн къомана дика а вуо а хийцалуш кхийдош хиллачу Россин пачхьалкхаллин ирхенера кховдинера цо сатийсина маршо. Шеко яц х1ун жоп лур дара г1амаран арахь виссинчу некъахочо шега хи дезий хьуна аьлла хаьттича. Амма цу лаамо вахийнарг 1ехо а ца хиллера-кх хала.
Интеллигенци кхетам болчу адамех лаьтта. Цунна даима дуьхьалтуьйссу яханчу заманера б1арлаг1аш. И хилларг, д1аэхнарг нийсса къаьсташ гуш дац, амма интеллигенцина дагадог1у и муха х1аллак деш дара, муха х1аллак хуьлура историйн дийна теш хилларш. Нохчий а, г1алг1ай а махкаха баьхначу хенахь харцонан марсаюьйлучу ц1ергахь йогура нохчийн къоман истори – шира жайнаш, таьптарш, хиллачийн тоьшалла ден йозанаш. Иза инзаре х1ума дара – къизаллин терзан т1е диллича къам махках даккхарал а дезох. Мажъелла кехатан юьхгаш бен санна ца диссина мостаг1аша д1асаэт1ийна нохчийн историн жайна.

Х1ора а теори ца хуьлу аксиома. Дерриге а дуьненна шайн къомах лаьцна долу бакъдерг довзийта г1ерташ къахьоьгуш бу нохчийн къомах болу историкаш. Мехала ду хьайн къоман истори хууш хилар. Шен кхиаре боьдучу некъат1ехь муьлха а халкъана оьшу и нийса некъ хьоьхуш верг, гойтуш верг, кхерам боцуш цивилизацин хорше х1отта хала ду. Кегийра къаьмнашна а, халкъашна а къаьсттина кхераме ю революциш а, политически мур хийцабалар а. Оцу хьелашкахь кегийра къаьмнашна къаьсттина ч1ог1а оьшу собар. Синтеме хиларо г1о дийр ду дуьнене болу хьежам ц1ена хилийта а, цо кхийдаечу халонех атта чекхвала а. Дуьненчохь пачхьалкхашна а, къаьмнашна а юкъахь дахарехь санна ницкъ болуш верг г1ийланиг охьата1о г1ерта. 

Интеллигенци классически билгалдарца – иза юкъараллин пардо ду. Тайп-тайпана бахьанашца исторически бакъдолчунна шен болчу хьежамащца цхьа барт болуш ца хилла иза. Аьтто бац сийлахь баккхийчу хийцамийн муьрехь, итта шерашца лаьттина юкъараллин кеп юхучу хенахь, хуьлучун нийса маь1на дан а, ц1ена кхетам ларба а.

Нохчийчоьхь хуьлучу процессашна шуьйрачу хаамийн г1ирсийн г1оьнца а, адамашна дийна дашца а т1е1аткъам бан а г1оьртина интеллигенцин оппозиционни дакъа меллаша къайладелира.  Ткъа цуьнан важа дакъа адамашна гуш а доцуш, хуьлучун куьйгалле х1оьттира. Цхьанна а ца гуш, лаьттара иза къомо хьалхатеттина а, шаьш цунна хьаьлха бевлла а болчу баьччийн букъа т1ехьа, цара д1айоккху х1ора а г1улч а, церан х1ора а ойла шайна луъчу а ерзош, цара х1иттайора нохчийн керла пачхьалкх кхолларан 1алашонаш. Хьалхабевллачу баьччанша дуьгуш дацара нохчийн къам, цу цхьанна а ца гучу интеллигенцис дуьгуш дара. Ткъа мича дуьгуш дара? Стенга кхачош дара?
Де дийне мел долу чехка даьллера колониальни 1азапах маьрша бевллачу мехкашна т1аьхьакхиа г1ертачу нохчийн къоман болар. Амма маьрша пачхьалкх кхолла сел к1езиг зеделларг долчу къоман аьтто бер буй те юкъараллин кхиаран рог1ера т1ег1ане дала? Нагахь санна цуьнан аьтто балахь, иза Россис дина доккха мехала г1уллакх хир ду, х1унда аьлча Нохчийчоьхь хуьлуш дерг цунах доьзна ду. Нагахь санна нохчийн къоман аьтто ца балахь а иза Россин бехк хир бу – делахь х1инца а т1е ца кхаьчна Росси ц1анъяларан и исторически м1аьрго, делахь вуонна араяьллачу пачхьалкхан санна сийсаза ц1е хир ю цуьнан.

Беловежски пуща яханчу заманехь йиссина. 1991-чу шеран чаккхенехь СССР юьйхира. Россин Федерацис шен лаамаллин бакъонна т1е а тевжаш (иза моттарг1ана бен дацара, х1унда аьлча СССР-н конституцехь союзни республика юкъара араяларан бакъо билгалйина яц) СССР юкъара араелира, юкъарахалкъан референдуман жам1аш кхи доллушшехь, ткъа цу шеран эсаран (октябрь) баттахь керла пачхьалкхан лаккхара органаш а кхоьллира. Нохчийн Республикин суверенитет декларативни кхайкхор хилира 1990-чу шарахь. 1991-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь д1акхайкхинера иза йозуш йоцу, маьрша республика хилар. Нохчийн Республика а, Россин Федераци а йозуш ца хилар д1акхайкхоран хенан дозанаш ца дицича а гуш ду. СССР-н конституцига хьаьжжина, Нохчийн Республикин а, Россин Федерацин а нийсса бакъонаш яра шайн суверенни пачхьалкха кхолла. Амма фдеральни центрана ца лиира Нохчийн Республикин и бакъо къобалъян. Цу кхачамбацаран бахьана талла лаахь хьажа мегар ду муха хилла Россин Федераци йозуш йоцу пачхьалкх санна кхоллаялар. Иза союзни центраца суверенитет къиссаран вуно чолхечу хьелашкахь хилла, ткъа иза ца диссира Россин Федерацис шен субъекташца йолчу юкъаметтийн амал ца хуьйцуш.
Юьхьанцара Россин администрацис союзни центраца хиллачу къиссамехь ца яьлла федерацин субъекташа бохург дира, шена цаьргара г1о хилийта. Шайга д1аэццалучул д1аэца и суверенитет аьлла Ельцино биначу кхайкхамо дегнаш ира-кара х1иттийна йолчу дукха автономни республикаша сатуьйсура Россин Федерацица Союзни барт барна буха куьйг яздан, цундела цу хьелашкахь СССР кханенна болчу маь1не хьежамо регионийн куьйгалхошка ойла йойтура Россин администрацин г1о лаца дезий.

Т1едеанчу шерийн хиламаша гайтира Нохчийн Республикица йолу юкъаметтигаш федеральни центра леррина таеш ца хиллий, Нохчийчоь а, цуьнан къам а шен боьхачу политически ловзаршна юкъаозо 1алашонца. Оццу хенахь, шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь кхоьллира нохчашна мостаг1ийн буьрса васт. Нохчочо дакъа лоцуш хилла муьлхха а жима зулам берриге а махкана д1акхайкхош дара. Нохчийн дийнна къоман зуламхойн, жуьлгийн, бандитийн боьха ц1е кхолла беш т1етаь11ина болх бара. Селахана-стомара ерриге СССР-н массо а къаьмнашца шайн сирла кхане кхуллуш хилла долу халкъ тахана дуьненна а кхераме зуламхо хилира. Амма цхьанна а дага ца дог1ура, Нохч-Г1алг1айчоь чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон хаамашца берриге а махкахь уггаре а лаккхара кхерамазалла йолу республика хиллий. Цхьаьнна а дага ца дог1ура нохчийн б1аьхоша Афганистанехь Советски Союз бахьанехь доьналлица 1анийна ц1ий. Исторехь цхьаъ мукъне а ямартхо хилла вац нохчашна юкъахь. Сихонца дицделира ерригросоюзни г1ишлошъяран белхашкахь нохчаша муха къахьегнера. Массо а дика дерг дицделира, цкъа а ца хилча санна.

Ткъа Нохчийчоьхь-м дикачу хиламашца нийсса, т1ег1ерташ ирча хийцамаш а  бара.


Маршо

I

1991-чу шеран гурахь нохчийн элита шина декъана екъаелира. Хьалхара дакъа, олура вай цунах «къена гварди» лаьтташ яра советски партийни-бахаман номенклатурах, шолг1аниг кхоьллинера «керла нохчаша». Царна хиира нохчийн юкъараллин маргинальни чкъор шайгахьа дерзо. «Къеначу гвардин» векалийн шортта зеделларг дара юкъараллин экономически а, политически а дахарехь. Ткъа «Керла нохчийн» амалан башхаллаш дукха хьолахь вовшашца ца йог1ура. Жигаралла, сих-сиха хийцалучу хьолах долар – хьашташ  нийса билгалдан ца хаьар, цуьнца нийсса ц1ийца еха авантюризм. «Керла нохчашна» юкъахь дукха бара дешна боцу, практически балха т1ехь зеделларг доцу нах. Цу «керла нохчаша» т1аьхь-т1аьхьа аратеттира «къена гварди» юкъараллин массо а социальни-экономически гуонера.

Дера иза ца диссира республикехь хуьлучу политически процессашна а, пачхьалкхан экономикина а т1е1аткъам ца беш. Нохчийчоьхь, ерриге а Россехь санна 1едал хийцадалар дара д1адоьдуш, цу юкъахь хьоладайшна ца хиира хьашташ нийсачу хорше дерзо, церан 1алашо шайгара хьал нисдар, шайн рицкъ алсам даккхар яра.  Пачхьалкхан долаллина приватизаци ярна бехкам лаьтташ бара, амма экономикин пачхьалкхан сектор йохар д1адоладеллера.

Цуьнца нийса алсам долуш дара йохка-эцаран долахь предприятийн терахь. Транспортни а, х1аваан а, машенийн а з1енаш кхиар бахьана долуш, жигара кхууьш яра йохка-эцар.


Билгалдаккха деза, Нохчийчоьнца дозанехь мел хилла Къилбаседа Кавказан республикиша х1уммаъ к1езиг пайда ца бора шайна Нохчийчоьнан рынкашкахь.


Нохчийн Республикин бюджетни ахчанца кхачо федеральни центрера еш яра, Нохчийчоьс ша цхьаьннах а йозуш йоцу пачхьалкха д1акхайкхина йоллушшехь. Цундела Россин экономикехь мел хуьлу ирча хийцамаша харц т1е1аткъам бора Нохчийчоьнан экономически дахарна. Къона реформатораша 1алашо х1оттийра шайна хьалха пачхьалкхан секторехь болх бечу нехан чотах Россера экономически кризис эшо.
Ерриге а Россехула а, цунах йоьзна йолчу Нохчийчоьхь а алапаш сецо долийра. Оцу кепара хьал эххар а галдала бисте дахча, туьйранехь санна мичара долу а ца хууш ахча гуча а долий, алапах кхолладелла декхара д1адоккхура.
Нохчийн Республикин Президент Дудаев Джовхар хаьржинчул т1аьхьа Саь1ид ч1ог1а кхоьлина веара ц1а. Шолг1ачу дийнахь цо уголовни г1уллакхашкахула лаккхара следователан даржехь ша болх бечу  Соьлжа-Г1алин Ленински к1оштан чоьхьарчу г1уллакхийн декъе а вахана, белхан меттиг мокъа юьтуш рапорт язйира. Саь1идца даима а доттаг1аллин юкъаметтигаш лелийна волу хьаькам, ша дахарехь а, балха т1ехь а шортта зеделларг долуш хиларе терра сиха кхийтира х1ун бахьана ду Саь1ида биначу сацаман.
Иза ша а вара балхара д1авала дагахь, цундела цо совнаха хаттарш ца луш, рапортана резолюци йира. Кхин новкъахьовзам боцуш шен кехаташ республикин Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствора схьаийцира Саь1ида. Министерствехь вакансиш оьшуш яра, х1унда аьлча дарже баха луурш раг1 х1оттийна лаьттара. Хьоладай муьлхха а ахча д1адала реза бара 1едалан мукъ карабеъчхьана, ткъа корматаллин хаарш-м цхьаммо а хьахош дацара.
Г1айг1ано кийра гатбина лелара Саь1ид. Деган 1ийжамца сацам бира цо Даймохк бита. Ша Казахстанехь вина волллушшехь, дукха жима волуш дуьйна дай баьхна лаьттанца шатайпа уьйр яра цуьнан. Амма доьзалан ирсе кхане бахьнехь т1еийцира цо и сацам.
Иза шек вара Россехь бакъ йолу демократи д1ах1уттур хиларах. Иза иштта шек вара Дудаевн политикас Нохчийчоь маьрша йоккхур хиларах а. Ельцина а, Дудаевс а лелорг тергал деш цо цхьа жам1 дира – цу наха шайн къаьмнашна вуо бен дика дохьур дац.
Газетийн аг1онашкахь зорба тоьхнарг доьшуш а, г1айг1ане детталора дог – шеко яцара Нохчийчоь боккхачу баланан киртигехь лаьтташ хиларан. Шен берийн кхане декъаза ца яьккха, Саь1ида сацам бира Германе д1аваха. Хала хир ду Даймахкана генахь, хийрачу нахана юкъахь, амма кхин аг1о яц, кхин некъ битина бац.

Да-нана долчу юьрта а веана Саь1ида дийцира ша хьийзочу г1айг1анех лаьцна а, иштта бовзийтира ша бина сацам а. Цо дийхира дега берриге а доьзал цхьаьна дозанел дехьа балийтича дика хир дара аьлла. Заурбекана цу къамеле ладог1а а ца лаьара, амма х1ете а Ибрах1има а Заргана а х1ун олу хьажа элира. Сацам хилира к1иран дийнахь массо а вовшахкхетта и г1уллакх ма-дарра дийцаре дан.
Уьш  шаьш барт ма барра цхьаьнакхийтира. Саь1ида юха а доьхура Заурбеке массо а цхьаьна д1адахийта бохуш, амма к1ентан дехаршна къера ца хилира Заурбек.
Ца лаьара цунна Даймахках къаста, сийначу ц1ергахь и богуш балахь а, цуьнца вага кийча вара и. Ц1аьххьана соцунг1а а йина, юха, массарна а хезаш долийра цо шен къамел:
- Даймахкана сагатда цуьнца къаьстинчу дийнахь дуьйна волало. И сингаттам де дийне, шо шаре мел долу даш санна базлой  аьчка экъа хуьлий даг т1е буьжу. Хетало и шен барамца Шат-Ломал лекха а, Таркхойн-х1ордал к1орге а бу. Ма беза хуьлу и лан кийрара дагна. Шераш, беттанаш, денош, миноташ малхана гуо туьйсучу дуьненал чехка дуьйлу. Ткъа хьан дагчу кхерам буссу. Хьо кхоьру кхин Даймохк ганза 1ожалло вадийна вигарна. Ткъа наггахь хетало замано болар а сацийна, хьо чуьра дуьйна схьа дакъа санна цхьаьна м1аьргонехь шеллуш ву. Хьуна ца хаьа, хьо ца кхета муха тарло и 1аламат боккха сингаттам хьан жимачу кийрахь. Дуьне дегош мохь ц1ог1а тоха лаьа – эккхахьа кийрара дог, кху лаьттан букъа т1е хьайначуьра цу сингаттаман и 1аьржа д1овш даржош, 1анаде и, х1ара дуьне цунах дузош. Са б1арзделла сахьийзаро гатварна дуьхьал цхьа а молха дац, иза дерзалу лазар а дац. Иза цхьанна а ца го, и бала хьуна чохь кхехка, ткъа юха цу яьллачу ц1аро хьо вагаво…хьан са хьан дег1ах къаьста…ткъа цул т1аьхьа 1ожаллан кара вахча а, хьан са панадаьлла хьийза. И ду и Даймахкана сагатдар…

Массо а д1атийра. Генарчу геналле хьоьжучу Хедин б1аьргашкара цхьаъ цхьаьнна т1ахьа охьауьдура хиш. Массо а – Саь1идан кегий бераш а цхьаьна 1адийнера цу дийцаро, воккхачу стеган Даймахке болчу безамо. Ткъа бехк барий цуьнга? Заурбекан Нохчийчоьне болчу безамах кхета кхойтта шо Даймахкана генахь даккха дезара, ткъе ворх1 шарахь ч1ирхойх лечкъаш шен кхерча верза йиш йоцуш хьийза дезара, эзарнаш наб яйна буьйсанаш яха дезара хьомечу лаьмнийн г1аларташ хийлозза дуьхьал а туьссуш. Вехха лаьтта б1аьра а хьежна, юха а д1адолийра Заурбека шен къамел, ц1еххьана самабевллачу дагалецамаша шийла куьйг 1оьттина, дог тохадалийтича санна. Саь1ида Германи йийцича, ларамза дацара Заурбекана шен дахарера къаьсттина и кийсаг дагаяр.
«…Иза дара Казахстанехь. Мангало кес санна мацалло эгош дара вайн къам. Дуста а оза а, барам а терза а карор доцуш бара и вайнехан къомана т1ех1оьтттина бала. Амма х1ете а сий охьа ца дилла г1ерташ, яхь д1а ца яла г1ерташ, дахарах тийссалора нохчий. Х1етахь цу къизачу заманехь вайн къам бахьнехь шен дахар х1аллак дира вайна хийрачу стага.


Вовшашна г1о дора х1етахь нохчаша. Шен диканах вер ву аьлла ца хетара цхьаьнна а. Жима буьртиг бен и бацахь карадеъна рицкъа доькъуш дара.

Тхуна луларчу к1оштахь к1а чудерзош белхаш бара д1ахьош. Студебеккерш т1ехь д1асакхоьхьуш дара к1а. Иза ч1ог1а лардеш а дара. Цуьнан цхьа кана лачкъаяхь а тоьпаш тухуш яра.
И машенаш д1асалелачу некъашка доьлхура тхо мохо д1асакхоьссина а буьртигаш карор дацара те бохуш. Цигара а милицис лоьхкура тхо. Иштачу цхьаьна дийнахь тхо дехачу юьртахь сецира еса Студебеккер машен. Иза лелош вара Поволжера Казахстане д1авохийна волу немцо. Радиаторчу хи дуттуш ву аьлла моттарг1а а йина нохчийн зудчуьнга сиха элира цо цхьаьнна а ца хезаш:
- Кхана х1окху хенахь, билггал цигахь, некъо гола тухучохь к1а чохь долу машен т1ек1ал ер ю шуна. Амма цкъа хьалха к1а лаьттах дилла деза шуна, милицина ца карадайта. Цундела ларлуш хилалаш…ч1ог1а кхераме ду шуна.
Цу купехь 1аш мел волчу нохчочуьнга д1акхаьчнера и хаам. Т1екхечира сатийсина м1аьрго – к1ех йоьттина и йоккха машен т1ек1алъелира. Зударий, божарий, бераш, баккхий нах – массо а т1ехьадира к1а схьагулда – цхьаболчара гали дузадора, кхин болчара эткашчу духкура к1а. Ткъа немцо «фашиста-м» некъа йисте охьа а хиина 1аш вара, хазахетарца вела а къежаш:
- Же, сихо елаш, милици т1екхачале шортта схьагулда хьовсалаш, д1алачкъаделаш и, биц ма лолаш - бохуш нахе мохь а бетташ.
Нах кхиабира аренца д1асадаьржина к1а схьагулда НКВД т1екхачале. НКВД схьаеара. Цара къизаллица д1асалоьхкура зударий а, бераш а, ткъа юха т1аьхьадиссина долу к1а ц1е тесна дагийра, нахе кхин иза схьа ца эцийта. Дукха нах мацаллах к1елхьара бевллера х1етахь цу немцочо охьахарцийна и машен бахьана долуш – Заурбек сецира. Хебаршка эхначу цуьнан юьхь т1ехула охьахьедира б1аьрхи. Иза шен доьзална ца гайта д1а а вирзина, киснара хьаладаьккхина йовлакх бесни т1е а хьаькхна, воккха стаг юха а вистхилира:
-НКВДШникаш дера ж1аьлеш санна т1****табелира немцочунна. Цара къиза йиттира цунна, кирзови эткашца мираш детташ, керчавора цара и лаьттахула – юха а соцунг1а йира Заурбека…юха а охьахецаделира б1аьрхиш – цу немцочун зуда а, бераш а хилла шуна…царна иза кхин цкъа а ган а ца гина. Иза д1авигначул т1аьхьа, цуьнан доьзал а т1епаза байна бохуш дуьйцура. Тхо мацаллех лардинчу стеган ц1е а ца хаьа суна. Амма иза адам хиллий-м хаьа…бакъ долчу адаман доьналла а, комаьршалла а шегахь а йолуш.

Корах арахьежира Заурбек. Гуьйренан можачу духарца кечделлера 1алам. Геннара гуш дара къоьжачу ламанийн баххьаш. Ойланаша юха а вадийна Казахстанан хийрачу махка вигира Заурбек. Немцочо мацаллах валанза ваьккхинера Заурбек, ткъа юха дукха хан ялале кхунна т1е а ма 1оттаелира ишта киртиг. Заурбека а ма бехира мацаллех баланза шен махкахой.
Цхьаьна 1аьржачу буса не1 туьйхира Заурбекан. Мацалло г1ора дайина когаш т1ехь халла лаьттара цхьа стаг.
-Заурбек…ассаламу 1алайкум…Заурбек…Со ца вевза хьуна? – чехка саде1арца вистхилира иза.
-Ва1алайкум салам! Вай Мовла, хьо вац и? Хьо муха кхаьчна кхуза? 1едало д1асалела вуьтуш а ма вац!
Хан йоцучу хенахь не1 тоьхна веана хьаша вара Заурбекан цхьаъ бен воцучу вешин Хьабибуллин стуваша Паскаев Мовла.
-Со набахтера араваьлла дукха хан яц…халла сайн нах карийна т1екхаьчна со…амма цаьргара хьал ирча ду…мацалла ю. Адам леш ду…бераш, баккхий нах…мацаллех бистина 1охкуш бу…сан дан амал дац, амма суна хаьара хьо бен суна орцах вала стаг воций. Къайлах, лечкъаш веана со кхуза.
Заурбекера хьал а ма дацара х1уммаъ тоьлла. Мовле д1акховдо совнаха бепиган кусок а яцара цуьнан чохь. Ткъа жоп доцуш иза д1авахийта а ма яц йиш хийрачу махкахь де эшначу дийнахь кхуьнан не1аре веана волу. Ц1е яьлла кхехкара Заурбекан кийра.

- Цкъа чоьхьа валал! – чукхайкхира Заурбека хьаша.
Мацалло г1елвина Мовла духарца а вара беркъе.
-Мовла! Хьуна ма-хаара соьгара хьал а дац башха дика, амма шугахь дерг санна телхина а дац. Ахь гена а, хала а некъ бина, цундела ийза ца луш, сан долчу рицкъанах кхета. Заурбек цунна хьалха чайн стака а, сискал а охьа а х1оттийна, дехьачувелира. Юха дуккха ца 1аш, араваьлла Мовле вистхилира
-Х1а! Х1орш хьайна магахь т1еюха. Тиша елахь а, ц1ена ю хьуна х1орш – цо д1акховдийра цунна шен хилла бедарш.
Мовлас т1ера бедар хуьйцучу ханна юкъахь т1еийцира Заурбека шен дахарна сел кхераме и сацам.
-Къамелаш деш 1ан йиш яц! Вале, суна т1аьхьа – чехка аравелира Заурбек, шен юьхьт1е башлакх охьа а озош.
Заурбек кхетара х1ара буьйса шен дахарехь т1аьххьара хила мегаш юй, амма цо даима а кхолламан мукъ Делан кара луш бара, цундела цкъа а дагчохь кхерам а ца хуьлура.
Мовла т1аьхьа а х1оьттина воьдуш вара, ша Заурбека мича вуьгу ца хууш, амма цо саца а сецна, колхозан даьхнийн божала схьадиллича иза 1адийра. Цу чохь  цхьалха лаьттара з1енашца йихкина,  ша и лам санна, б1аьрго ца лаццал, инзаре йоккха буг1а, марах тессина аьчка ч1уг а йолуш. Массо а бежнаш шайн аьхкенан дежийлашка д1адигнера, ткъа х1ара даьхнийн х1у даржош йолу буг1а чохь кхобуш, лерина лелош яра. Заурбекана хаьара шена кхузахь новкъарло хир йоций, х1унда аьлча кху колхозехь кхин цхьа а бежана дацара, ткъа х1ара буг1а лачкъор юй цхьанна а коьрте а дог1ур дацара. Хехочух дерг аьлча, иза йоккха топ тоьхча а самавер воцуш, вижина хуьлура, ткъа тховса-м кхуьнан аьттона иза гуш а вацара, ц1а ваханчух тера дара. Заурбекана дагадеанчух кхетта Мовла юьхьанцара кхеравелира
-Заурбек! Хьо х1ун да воллу? Х1ара гучудалахь хьо х1аллак вер ма ву!
-Делан карахь ду ша дерриге а! Хан ца кхачахь лийр вац – Заурбека з1енаш д1а ястира. Буг1а меттах яла дагахь яцара, амма Заурбека цуьнан марах кхозу аьчка ч1уг озийча, лам санна лаьтта и дуьне ша цициган к1орни санна меллаша арадоладелира. Цуьнга кхин совнаха г1ар-тата ца дайта Заурбека д1а ца хоьцура ч1уг.
-Ас х1ара лаьцна йоллушшшехь, вало т1ехаа цунна – элира Заурбека.
Цецваьлла Мовла воьхнера.
-Вала чехка! Вайн йиш яц!
Говра т1е санна хьалавелира Мовла. Буг1а реза яцара, амма аьчка ч1уга шен мара лазийча, тап олий соцура иза.
Масех чаккхарма некъ бира цара ишта. Кхин и ч1уг д1а ца хоьцуш хьалхаваьлла воьдура Заурбек. Уьш хи йисте кхечира. Ахка дукха к1орга ца хилар бахьана долуш, атта дехьабевлира уьш.
-Х1ан…кхин сан д1авог1ийла яц – Заурбека шен карара д1а ца хоьцуш, ч1угах шина аг1ор муш а тессина, цуьнах дуьрста а еш, иза Мовле д1акховдийра – Дала 1алашвойла хьо!
-Заурбек…- Мовла ала дош ца карош виссинера
-Ма яйа хан! Ган доьг1нехь гур ду вай – Заурбек сиха юхавирзира.
Колхозан божалина т1екхаччалц, шайн лараш йойуш беха некъ бира цо – когаца ца шаръелларг, куьйгаца шаръеш. Колхозан буг1а т1епаза яр дижа дитира 1едало, кхин цхьа а бахьана ца карош.
И 1аьржа буьйса хьалха лаьттара тховса Заурбекана – х1етахь шаьш бина и кхераме некъ, ша лораш яйа г1ерташ хьегна къа, де доьхна шен не1аре х1оьттина Мовла. Ма деса хетара воккхачу стагана тховса са дадийна махкаха вала бохуш шега ден къамелаш.
- Х1инца алийша соьга – оцу жоьжахатара араваьллачу суна кхин цхьа а жоьжахате кхераме хир юй те? – хаттар делира цо массаьрга а.
Ма дукха х1ума лайнера Заурбека шен Даймахкахь вала а, ваха а. Ма сатуьйсура цо шен ненан даь1ахкаш Даймахка ц1а ерзийна, д1айохка. Ибрах1има дош деллера цунна, аьтто ма баьлла ша цуьнан и лаам кхочуш бийр бу аьлла. Ткъа да-м т1епаза вайна. Цунах йиссинарг Брестски г1опера еана похоронка бен яц, иза мичахь лаха веза а ца хаьа. Иза виссина цигахь пана махкахь…

-Саь1ид! – юха а д1адолийра шен къамел Заурбека – ши шо хьалха вайн лулахо Рамзан волчу Хьусен ц1е а йолуш цхьа хьаша веанера. Иза Урдунехь вина а ваьхна а нохчо вара. Кавказера цига д1абаханера цуьнан дай паччахьан 1едалан къизалла ца лалуш. Иза цигахь вина а, ваьхна а вара, Европехь лаккхара дешаран хьукмат чекхьяккхинера цо. Амма даима, дукха жима волуш дуьйна цуьнан са Нохчийчоьхь дехара. Кху махка дуьххьара ког боккхушшехь вилхира иза. Цо дуьйцура Урдунехь 1аш волчу муьлха а нохчочо, ша 1ожална герга вахана, гуттаренна а б1аьргаш д1ахьббале, шен доьзале т1аьххьара весет до – Даймахка ц1а дерза, ц1а дерза аьтто ца балахь, цкъа мукъне а цунах б1аьрг тоха. Вайна Макке хьаж дар санна деза хета царна цкъа мукъне а Нохчийчоь гина хилар. Вай санна Даймахкана т1ера цхьа а къам хир дац дуьненчохь. 1957-чу шарахь суна сайна гинера Казахстанехь нохчаша кешнашкара шайн гергарчийн да1аьхкаш схьа а йохуш, уьш чамданашкахь ц1а кхоьхьуш. Ахь ойла е цуьнан Саь1ид – мел доккха х1ума ду и – эзарнаш километраш некъ беш, декъий ц1адар. Мел боккха хила беза кху махкаца болу безам нагахь санна хьайн безначийн каш а хьуна нехан лаьтта т1ехь хилийта лууш ца хилча. Суна ца хаьа хьоьга ма дарра цуьнан маь1на дан, дешнаш ца карадо, ойла кхачайо. Цхьаъ хир ду-кх кху декъаза латтанца, вай сел ч1ог1а т1еийзош. Со-м наггахь хьоьгу муьлхачу а махкахь сапарг1ат 1аш болчу нахах. Со 1алур вац. Йийлбазан мехашца муьлха а бала кху махкахь хьовзарх, со кхузахь вуьссур ву. Ас Къор1анца ч1аг1о йина адамна дуьхьал герз ца айда, амма соьга юха а махкаха вала деза алахь, ас б1аьргнег1ар ца тухуш 1ожалла т1еоьцур яра. Мел хала дуьне диъна хаьий хьуна ас а, хьан нанас а? Амма х1ете а ирсе миноташ а, денош а, шераш а хилла хила тарло тхан дахарехь, ас уьш дагар ца дина. Шуна дахар кховдийна оха – иза ду Дала тхуна делла доккха ни1мат. Тхайн ницкъ кхочург дира оха шуьх адамалла йолуш нах кхио. Х1инца шу кхиъна бевлла. Шун шайн доьзалш бу, харжам бан а шу шайн бакъо ю. Аш биначу муьлхха а харжамна тхо реза а хир ду – дерзийра шен къамел Заурбека.
Даймахкаца йолчу юкъаметтигаца Ибрах1иман шен ден санна ишта к1оргера бацара хьежамаш, амма х1ете а махкаха ваьлла д1аваха цунна ца лаьара. Уггаре а коьрта бахьана – цхьа  к1ант мукъне а дена уллохь хила веза аьлла далийра цо. Цул совнаха иза уггаре а жимох ву, ткъа жимох волу к1ант ву 1адате хьаьжжина деца-ненаца ваха везаш. Доьзалан барт хилира кхана сарахь ден ц1ахь Саь1ид новкъавоккхуш къастаран суьйре д1аяхьа.
Г1овг1анах юьзира Заурбекан х1усам – бераш, берийн бераш, несри. Хаза а, самукъне а дара, амма цхьаьнакхетаран бахьана дагатесча массеран а дегнашка юссура г1айг1а. Заурбекан лаамца ши шо кхаьчна старг1ана урс а, хьаькхна мовлид а йийшира, Саь1ид могуш-маьрша шен 1алашоне кхачийта а, цуьнан некъ дика хилийта а цунна т1ера саг1ийна жижиг а д1асадийкъира лулахь. Дукха нах гулбелира кхузахь – гергарниш а, иштта Саь1идан белхан накъостий а. Хьеший д1а а бахана, буьйса юккъе яханчул т1аьхьа, даима санна кху х1усамехь вижанза шиъ вара – Заурбек а, Ибрах1им а. Дас гуттар а санна Къор1ан доьшура, к1антана сийлахь деза аяташ гочдеш, ткъа к1анта ладуг1ура, Дала аьллачу дешнийн к1оргера маь1на а деш.

II

Саь1ид Германе д1а а вахана, цигара Дрезден олучу г1ала ваха хиира. Иза машенаш 1алашъечу станци балха а х1оьттира, ткъа бераш немцойн школехь доьшуш дара. Ц1ерчаьрца даима а з1енехь вара Саь1ид. Цо сих-сиха телефон тухура, шегара хьал а, ша Даймахкана сагатдар а дуьйцуш.

Х1етахь Россера а, Нохчийчуьра а хьал телхина дара. Политически барт де дийне мел долу бухуш бара. Дудаевна дуьхьал кхоьллинчу оппозицис 1991-чу шарахь д1аяхьна митинг кхиам болуш ца хилира, х1унда аьлча Москвас нохчийн экономикина юкъа ахча диллинера. Амма х1ете а Дудаевн политически раж Нохчийчоьнан дукхах болчу бахархоша т1елоцуш бацара. Билгал ца даккха йиш яц Нохчийчуьра а, Россера а хиламийн тамашийна рог1алла. Иштта, 1992-чу шарахь Дудаевн аг1ончаша оппозицин г1аттам бохийра. И бохош бронетехникех а пайда ийцира – г1алин гуламна тоьпаш тохар бахьана долуш дукха нах байинера, чевнаш а йинера.
Бехке лерира оппозици. Цхьа шо даьлча, 1993-чу шарахь Москвахь нуьцкъала д1асалеллира парламент. К1айн ц1енна (Белый дом) тоьпаш тухучу хенахь а бронетехникех пайда эцнера. Х1етахь а нах байира. Ткъа бехке парламент йира.
Россехь хуьлуш долчунах дикка т1аьхьакхууьш вацара Ибрах1им, амма цхьацца дерг ца ган а, ца кхета а йиш яцара. Ца ган йиш яцара Нохчийчоьхь дислоцированни долчу эскаран декъийн бахам боькъуш хилар. Цу хьолехь каро жоп доцуш дукха хаттарш кхоллалора. Масала, Нохчийчуьра эскар арадоккхуш хилча, цу эскаран кхузткъа процент Нохчийчоьнна стенна юьтуш ю? Цу дерригено а гойтура кхузахь хуьлуш дерг хьалха дуьйна х1оттийначу 1алашоне хьаьжжина хуьлуш дуй. Соьлжа-Г1алин Ленински к1оштахь дукха хьолахь 1аш жуьгтий бара. Цкъа а нохчашца барт боьхна я, дов даьлла бацара уьш, амма 1989-чу шарахь дуьйна уьш ц1е яьлча санна Нохчийчуьра д1аэха буьйлабелира. Жуьгтий къомах цхьа накъост вара Ибрах1иман Саша ц1е а йолуш. Цо 1991-чу шарахь доггах цхьа хьехар делира кхуьнга – хьайн берриге а бахам пайда хуьлучу аг1ор д1а а нисбе сихонца Нохчийчуьра д1а г1о, кхузахь ши-кхо далале т1ом болалур бу аьлла. Ибрах1има и ойла аьттехьа а ца йитира, амма дукха хан ялале шен накъоста аьлларг дага а деара цунна.
1994-чу шеран т1ом болабаларан коьрта билгало хилира Автурханов 1умар коьртехь а волуш оппозицис дина и йорах т1елатар. Даима а санна Россис хуьлучунна шена юьстах яла дагадеъча, оппозици хьалха тотту. 1994-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 26-чохь хиллачун а коьрта турпалхой оппозицин векалш ма бара. Царна г1оьнна Россин эскаран эпсараш а, саьлтий а, танкаш а чухецнера. И бохам Нохчийчохь болийначарна шаьш ца гуш дуьссур дацара те аьлла хета а тарло, амма иза ма-дарра гучуделира Дудаевс йийсаре лаьцна болу шайн саьлтий а, эпсараш а Россин т1еман куьйгаллас д1атесна битича. Оппозицин аг1онехь т1елатарехь дакъа лоцуш вара эзар ши б1е стаг а, шозвткъе итт танк а, йезткъа БТР а, «СУ-27» ялх кема а. Шайна хьалха х1оттийна я билггал 1алашо а йоцуш, я мостаг1а мила ву а ца хууш, ша х1ун лелало ца хуучу оппозицис толам боккхийла дацара.
Нохчийчоьнан дукхох болу бахархой цигахь дакъа лоцуш бацара. Нохчийн юкъаралла х1етахь кийча яцара вовшашна т1е герз хьажо. Массо а кхетара ч1ир боху 1адатан кхелах вала хала хир дуй. Цул совнаха я оппозицина а, я Дудаевн политически ражана а дукха нах реза бацара.
«Оппозицера йовсаршна дуьхьал Дудаевн йовсарш араевлла» - олура наха. Т1аьхьара берш к1езиг хиллехь а арара латаршкахь дукха ц1ий ца 1анош (велла а лазийна а ши-кхо стаг бен вацара) церан аьтто белира Соьлжа-Г1ала чудеанчу оппозиционни эскаран г1аттам бохо. Оппозицина боккха эшам хилира – пхи б1е стаг вийнера, ткъех сов танк йоха а йинера, ткъех сов Дудаевн аг1ончаша д1алаьцнера, иштта йийсаре лаьцнера ши б1е гергга т1емало. Лахьанан(ноябрь) 28-чохь оппозицин ницкъашна т1е толам баьккхина де билгалдоккхуш йийсаре биначийн тоба Соьлжа-Г1алин урамашкахула чекхяьккхира. Цу г1аттамехь дакъа лоцуш мел хилла нохчо цара оппозицин аг1о лоцуш кхин цхьаьна а г1уллакхехь дакъа лоцур дац аьлла Къор1ан т1ехь дуй биъча бен д1а а ца хийцира.
Х1етахь нохчийн куьйгаллас Россин т1емалойшна юкъара йийсаре вина волу вейтта эпсаран а, саьлтичун а ц1ерш йовзийтира. Йийисаре биначара телевизорчухула дийцира шаьш Подмосковьехь дислоцироваться динчу
№ 43162 и № 01451 т1еман декъашкахь декхара д1акхоьхьуш хиларах лаьцна. Россин Федерацин Оборонин Министерствос уьш т1е ца битинера, схьахетарехь царна уьш оьшуш бацара. Министерствос дийцарехь уьш массо а дезертираш бара. Министерство 1ораяьккхира РИА-Новости хаамийн агентствона интервью еллачу Жуков Евгений бохучу саьлтичун дас. Цо д1ахьедира шен к1ант Лахара Тагил олучу г1ала итта денна командировать вина хилар. Шен к1ант йийсаре лаьцна хиларах шена НТВ программмехула бен хиъна дацара цунна. Дукха хан ялале массо а йийсаре бинарш д1ахийцира. Уьш цхьацца бахьанашца ФСБ-х д1атоьхний нохчашна а, оьрсишна жимма т1аьхьа бен ца хиира.


III

Т1ом ца хилийта цхьа а аг1о каро аьтто барий теша Дудаевн? Нохчийн къомана т1ебог1у бала кечбеш хиллачу политикашна юкъахь хиллий теша иза? Оцу хаттаршна а заманан йохалла нийса а, чулацаме а жоьпаш карор хир ду. Ца каро а мега, х1унда аьлча истори даима а 1едалан мукъ карахь болчеран лаамца язъеш хилла ю. Иза уггаре а хьалха доьзна ду Россин исторехь даима а 1аьржа таммаг1аш хиларца а, кху дийне кхочуш церан цхьа а т1аьхье шайн дайша летийначу къинойх ц1анъелла ца хиларца а. Мухха делахь а Дудаев нахана гуш-хезаш дукхозза г1оьртира Россин куьйгаллица бертахь къамел дан т1ом ца хилийта.

1994-чу шеран г1уранан (декабрь) беттан 7-чохь Дудаев цхьаьнакхийтира Россин Федерацин Оборонин министраца Грачев Павелца. Цо пресс-конференцехь ишта д1ахьедар динера: «Оха, инарлаша вовшашца барт бина, х1инца политикашка ду дош. Т1ом хир бац».
Г1уранан беттан 8-чохь нохчийн аг1оно д1ахьедира шен болчу хаамашца Росси Нохчийн Республика Ичкерийна эскар чу а далош буьззинчу барамехь т1ом д1аболо кечам беш ю аьлла.
Шолг1ачу дийнахь Нохчийн Республикера хьал нисдан кхоьллиначу белхан комиссин аьтто белира г1уранан беттан 12-чохь Буро-Г1алахь оппозицин а, Дудаевн а векалшна юкъахь машар хьокъехь дагадовлийтар хилийта.
Федеральни 1едалера цу цхьаьнакхетарехь дакъа лаца дезаш вара Россин Федерацин региональни политикин а, къаьмнийн г1уллакхийн а министран г1овс Михайлов Вячеслав коьртехь а волуш шийтта стаг. Ткъа Соьлжа-Г1алара Нохчийн Республикин Ичкерийн финансийн а, экономикин а министр Абубакаров Таймаз коьртехь а волуш исс стаг. Оппозици цу цхьаьнакхетарехь йовзийта езаш яра прокурор Басханов Бек коьртехь а волуш кхаа стага.
Дийцаре дан дезаш дара – Россин а, Нохчийн Республикин Ичкерийн а юкъаметтигаш нийсачу хорше ерзор. Г1уранан беттан 12-чохь хила дезаш дара и цхьаьнакхетар, ткъа 11-чохь Россин эскар Нохчийчоьнан дозанал дехьа делира. Соьлжа-Г1ала чуйог1уш яра Къилбаседа Кавказан т1еман округан юкъара эскаран ши дивизи, шайна чохь юьззинчу составан десантни-штурмовой ши бригада а йолуш, иштта Костромской а, Ульяновски а, Псковски а, Витебски а, Тульски а Х1аваан-десантни эскарш а, Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон подразделениш а. И берриге а б1о Соьлжа-Г1ала Г1алг1айчоьнан аг1онера чубог1уш бара. Цигара бахархой г1ертара эскар сацо, амма цаьрга ладуг1уш стаг вацара. Иштта эскар Нохчийчу Дагестанера а Моздокера а чудог1уш дара.
Контраразведкан федеральни урхаллин а, Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон а хаамашца нохчийн аг1онера кхойтта-вейтта эзар герзаца стаг вара цу б1онна дуьхьал. Россин Правительствон хьалхара вице-премьера Сосковец Олега  бечу хаамашца Нохчийчохь т1ом баран хьалхара цхьаьна к1ирнахь Россин кхузткъа миллиард сом ахча делира, иза а дуьхьал леташ башха ницкъаш боццушшехь.
Т1ом болабелира 1994-чу шеран г1уранан беттан 11-чохь. Амма «Нохчийн Республикехь машар а, бакъо а, конституционни низам а юхаметтах1отторан» план къасто Ельцин Бориса куьйгалла а деш Россин Федерацин кхерамазаллин совет г1уранан беттан 17-чохь бен цхьаьна ца кхийтира. Кхерамазаллин Совета Оборонин Министерствона а (Куьйгалхо Грачев П), Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствона а (Куьйгалхо Ерин П), Контрразведкин федеральни урхаллина а (Куьйгалхо Степашин С), Федеральни дозанийн урхаллина а (Куьйгалхо Николаев А) массо а шайн  ницкъаш вовшах а тоьхна Нохчийчуьра законаца ца дог1уш кхоьллина т1еман тобанаш х1аллак ян а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан а, административни а массо а дозанаш д1акъовла а т1едожийра.
Цу белхан куьйгалла дан дезаш вара Оборонин министр Грачев Павел.
Россин Федерацин кхечу арахьарчу г;уллакхийн министерствос г1уранан беттан 17-чохь д1ахьедар дира шолг1ачу дийнахь – 18-чохь нийсса шийтта сахьт буьйсанан даьлча, шайн мел болчу ницкъах пайда а оьцуш, Нохчийчоьхь конституционни низам а, бакъо а юхаметтах1отто Чоьхьарчу г1уллакхийн министерство а, Оборонин министерство а  зуламхойн тобанаш х1аллак ца йича ер яц аьлла.
Цу д1ахьедарехь къаьсттина билгалдеш дара Нохчийчоьнан маьрша бахархошка Соьлжа-Г1алара а, иштта зуламхой болчу кхин йолчу ярташкара а арадовла  аьлла хаийтина хилар. Кхечу пачхьалкхашкара бахархошка а, иштта журналисташка а т1едожжийна дехара дора Соьлжа-Г1алара арадовларе. Билгалдаккха деза и д1ахьедар шен ерриге а къизаллица т1еман к1ур баьржина к1ира даьлча дина хилар.

Цу дийннахь Сосковец Олега хаам бира Дудаев Контрразведкин федеральни урхаллин директор Степашин а, вице-премьер Егоров а коьртехь а болуш йолчу Россин Федерацин делегацица цхьаьнакхетар д1адахьа Моздок г1ала кхайкхина ву аьлла. Цо билгалдаьккхира нагахь санна  Дудаев цу цхьаьнакхетаре ца ваг1ахь эскара ша хьалхо х1оттийначу 1алашоне хьаьжжина зуламхой х1аллак бар д1ахьур ду аьлла.
Ультиматуман хан чекхяла диъ сахьт диссинчу хенахь, ма-дарра аьлча г1уранан беттан 17-чу дийнахь ткъа сахьт даьлча Дудаев т1аьххьара г1оьртира т1ом ца хилийта, цо телефончухула Россин куьйгалле хаам бира ша къамелана реза а ву, Нохчийн Республикин делегацина коьртехь хила кийча а ву аьлла. Амма Кремлана иза ца хезира.
Т1еман чкъург хьовзийна яьллера, иза сацо цхьа а дагахь а вацара. Г1уранан беттан 18-чохь 1уьйранна нийсса исс сахьт даьлча Россин эскар д1адоладелира Соьлжа-Г1ала яьккха. Тидаме эца еза х1етахь юкъараллехь хилла цхьа к1оргенза ойла а, масала Дудаев юьхьанцара Россин куьйгаллица цхьа барт болуш а хилла, ткъа юха цхьа дар-дацар бахьана долуш Москвана кхин хьашт ца хилла бохург.
1994-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 27-28-чохь Маршонан майданахь адамийн 1аламат яьккхий тобанаш вовшахкхета юьйлаелира. Уьш схьаоьхура Соьлжа-Г1алара а, иштта юххерчу ярташкара а, г1аланашкара а. Иза инзаре ирча а, хала а хан яра рог1ера нохчийн къомана т1е1оттаелла йолу. Массеран а дегнашкахь бехара шен сих а, доьзалах а, къомах а кхерам, массо а к1оргечу сингаттаман йийсарехь вара. Массарна а гуш дара сел жимачу Нохчийчоьнга Росси санна зоьртала мостаг1а каглур воций. Массарна а гуш яра т1ег1ертачу т1еман и ирча юьхь, амма и сацо цхьа а ницкъ бацара.

И т1ебог1у боккха бала бехк боцуш Россис дина т1елатар хилар гуш дара дийца а ца дезаш. Шен къизаллин барамца а, цхьаьна а кепара боло бахьана а доцуш болийна хиларца а цу т1амна дуьхьало ян г1оьртира дийнна къам. Шеко йоцуш ала мегар ду Дудаевс шен политика жимма а кхечу хорше ерзинехь, цуьнан байракх к1ел кхин а дукха адам х1уттур дара х1инцачул а. Шайн лаамехь т1ом бан г1евттинчарна мах боцуш герз д1а а ца луш, Дудаевн аг1ончаш иза дохка буьйлабелира. Къаьсттина и бахьана долуш, йохкар-эцаран т1ом аьлла ц1е яхара цу т1еман халкълахь. И бахьана долуш хилира цхьацца болу г1аттамхой къиссамна юьстах а бевлла мух1ажарийн тобанах д1а кхетар.
Митингашкахь дакъа лоцуш мел ца хилларг керла хаамаш бовза хьогах телевизорш хьалхара д1а ца бовлура. Соьлжа-Г1алин телевиденис хаамийн выпускаш итт-пхийтта минотана юкъах а йохуш, сих-сиха гойтуш «Маугли» мультфильман цхьа кийсаг яр - берзалойн баьччас шен арданге хоуьйтура кестта кхарна т1елата кечам беш Къилбера можачу ж1аьлен яьккхий гуьланаш ю бохуш. Баььчас хотту шен арданге:
-Х1ун де вай? Лета вай я царна къарделла совцу?
Арданга массара а цхьаьнаэшшара жоп ло:
-Вай къарлур дац! Вай летар ду!
-Сий долуш хир бу вай арабаьккхина некъ, амма массо а воьрзур вац цигара дийна ц1а – олу шен арданге баьччас.
Телевидинера ира хьекъал долчу цхьаммо чухецнера и ролик, х1унда аьлча кхета хала дацара борз – иза нохчочун васт хилар, ткъа Къилбера дог1у можа ж1аьлеш – оьрсийн саьлтий. Ма-дарра аьлча Дудаевс халкъе бен кхайкхам санна лара мегар дар-кх иза. Ибрах1им ишта кхетара-к цунах.

IV
Республикин газеташкахь сих-сиха зорбане юьйлура XVIII-чу б1ешерехь оьрсийн а, нохчийн а хилла юкъаметтигашах лаьцна дуьйцу статьяш. Цара х1инцалц массарна а хууш хилларг бен кхин совнаха керла х1уммаъ довзуьйтуш доццушшехь, х1инца цу хьоле болу хьежам адаман кхин бара.
         Цу статьяшкахь дуьйцура Россис Нохчийчоь т1амца яккхарах лаьцна, къаьсттина и процесс 1708-чу шеран чилланан (февраль) баттахь уггаре а прогрессивни ларалуш волчу оьрсийн паччахьа Хьалхара Петрс д1айолийна хилар. Цо «Европе кор» доккхуш, флот а, эскар а кхоьллина акхачу Россе европейски культура еанера. Ткъа официальни хаамашца Нохчийчоь караерзор чекхдаьлла 1859-чу шарахь.
Паччахьан 1едалан коьрта 1алашо яра ламанхой къарбан, ца къарбелларш х1аллак бан. Цхьацца юкъ-юкъера хаамаш биссина Кавказан ламанхоша (нохчаша а, суьйлийша а, адыгаша а, г1ебартоша а, кхи болчара а) 1780-1859 шерашкахь биначу къиссамах лаьцна. Дезткъа шо хан д1алоцу цу замано.
Дуьне кхоьлличхьана уггаре къиза а, беха а колониальни т1емашах хилла и т1ом. Ткъа иза уггаре а марсабаьлла хан – 1817-1859 шераш исторехь билгалдина Кавказан т1ом аьлла. Шайн коьртехь Имам Шемал лаьтта ламанхой охьата1о инзаре дукха эскар чуоьзнера лаьмнашка. Х1етахьлера Кавказ муха гуш хилла цу заманийн теш лаьттинчарна хаьа мегар ду Поттос язйина книга ешча: «Даима т1ом кхехка, цхьаьнна а ца бевза и акха мохк моьттура д1авахнарг дийна юха ца воьрзу 1ожаллин латта ду, цундела олу цунах Х1аллак хиларан Кавказ».

Паччахьан 1едало т1амца Нохчийчоь йоккхучу хенахь нохчий хьийкъина лаьттанашкара чолхечу лаьмнашка схьалалохкура. Уьш Хонкаре а, Шеме а, Урдуне а махкаха бохура, ткъа церан ярташ оьрсийша къизаллица х1аллак йора.
Нохчийн Республикин коьрта шахьар Соьлжа-Г1ала 1818-чу шарахь нохчийн йиъ юрт а, цуьнан уллора ярташ а адамца цхьаьна д1а а шарйина йиллина ю, нохчий къарбина билгало хиларан г1ап санна. «Грозная» ц1е йолу г1ап йиллинера уггаре а къиза мостаг1а хилла нохчийн къоман иэсехь виссинчу паччахьан инарлас Ермоловс.

Нохчий доьналлица дуьхьал латар орамца кагда 1алашонца паччахьан эскаро шен ницкъ кхочург дора. Тоьпан даьндаргаца а, ницкъийн шорталлица а ца дакхкаделла латта дагийна а къардан лаьара царна. Сийначу ц1ергахь йогура нохчийн ярташ, д1адийна ялта, и луьста хьаннаш. XVIII-чу б1ешерехь х1аллакйинера Бух1ан-юрт (Алды). Хууш ма-хиллара цигахь дийна цхьа жима к1ант бен ца виссинера. Заманан йохалла Александр Чеченский аьлла инарла дуьненна а вевзар ву 1812-чу шарахь хиллачу Даймехкан т1еман ц1еяххана турпалхо санна. XIX-чу б1ешерехь йоьжнера Дади-Юрт. Цигахь паччахьан эскара гайтинчу къизаллина Хьалхара Александрc а йемал дира. Ма сий долуш хилла цу юьртан йожар. Нохчийн къоман иэсехь гутаренна а даха диссина Дади-юьртара мехкарша гайтина доьналла – шаьш саьлтиша йийсаре бина д1абуьгучу хенахь Теркала лилхинера мехкарий, шайна т1аьхьа саьлтий чу а такхош. Лар йоцуш ца яйна и жима юрт – цигара паччахьан эскара арадаьккхинера жима кхо бер – ткъа цара берриге а мехкан исторехь дашочу элпашца язъйина шайн ц1ерш – Россин исбаьхьаллин Академин академик Захаров Петр, Пушкина лаккхара мах хадийна хестош хилла меттан говзанча – Розен Айбулат, т1еман г1уллакххо Шамурзаев Бота.

Нохчий шайн лаьтта т1ехь х1аллакбарца нийсса д1ахьош шуьйра агитаци яра уьш Малхбален бусулба пачхьалкхашка шайн лаамехь дехьабовлийта. Цига д1абаха лаам кхоллабелачарна 1едало ахча а дара луш. Мух1ажарийн дахарера массо а кхачамбацар къасттол дукха иза дацахь а, амма некъана тоьъал дара.
Дерриге а дуьненчуьра демократически ницкъаша шуьйра къобалйора Кавказа Россина еш йолу дуьхьало, дуьненан маршонан къиссаман цхьа дакъа санна.
Шайн заманахь Маркс Карла а, Энгельс Фридриха а яздора Европан къаьмнаша масала эца дезара бохуш оьрсин паччахьаллина ламанхоша сел доьналлица бечу къиссаман. Амма цу къиссамера ницкъаш цхьатера бацара. Итта шарешца Кавказан лаьттахь ц1ий 1енош паччахьан 1едалан аьтто белира эххар Кавказан къаьмнаш къардина, шен пачхьалкхана юкъадерзо. Ишта яра колониальни т1еман хьайра кхаьчначу жима къоман юьхьанцара истори.
Нохчийн къоман исторехь Имам Шемала д1алаьцна меттиг буьззинчу барамехь теллина яц х1инца а, иза 1илманчаша шуьйра йийцаре еш а ю. Амма рог1ера исторически г1алат ца дан, церан карахь хила деза тховса лерина къайладаьхна долу пачхьалкхан архивийн йозанаш. Хила тарло Имам Шемал паччахьан 1едалца бертавахана а, амма боккъалла а цуьнан тоьшалла х1инца а гучудаьлла дац.
Кавказан т1ом д1абаьлла б1е ткъе итт шо сов хан яьлла. Паччахьан 1едал хуьйцуш, керла, социалистически олу раж беана. Оьрсийн, советски культурин ламасташкахь масех нохчийн т1аьхье кхиъна. Ишколашкахь а, иштта лаккхара дешаран хьукматашкахь а оьрсийн мотт а, литература а 1амош, уьш боьлла церан культурах, ма-дарра аьлча керла нохчочун васт кхолладала доладелла. Амма цу Кавказан т1еман к1урлара кхерстара тховса Нохчийчоьхь яьлла ц1е а. Советан 1едална нохчий мел муьт1ахь хиллехь а, историн чкъург хьевззина яханчу замане керчира.

1994-чу шеран т1ом болабелча а, иза д1абаьллачул т1аьхьа а дагчохь цхьа жима сатийсам бара цхьаммо х1ара г1алат нисдийр хир ду-кх аьлла, х1ара хьере зама сацийна, къизаллин чаккхе хир ю-кх аьлла.

Ма хийла дагахь доцург хилира цу т1амехь. Уггаре а вуочу г1енахь набарах дуьхьал а тоссур доцург, дагчохь а, кхетамехь а цкъа а хир ду аьлла ца моьттинарг.
Хала дара теша интернациональни боккхачу доьзалехь маьрша дехаш хиллачу жимачу къомана «воккхах волу» ваша ву баьхнарг сел мекар т1елетар ву. Х1инца бен ца кхийтира нохчий Росси «воккхах волу» ваша ца хиллий, иза «къиза десте» хиллий.
Пропаганда мел ч1ог1а хиллехь а  бакъволчу мостаг1чун васт х1инца а къаьсташ гучудаьлла дацара. Дукха хьолахь кийрахь цабезаман метта цхьа вас яра х1ара ша дерриге цхьаммо х1уьттаренна тессина питина долуш санна. Т1ом «Оьрсийн-нохчийн» олуш белахь а, ца лаьара иза ишта хилар т1елаца.
Арахь 1а доьллехь а, амма йовха яра. Соьлжа-Г1алин екхначу стиглахь гуо туьссура кеманаша. Парадехь санна хьуьнарш деш, лаккхара говзалла гойтура цара. Цецбевлла хьоьжура цаьрга нах. Соьлжа-Г1алахь шиъ аэродром а йолуш – цхьаъ граждански а, важа т1еман а, кема ганза меттигера бахархой ца хиллехь а, амма и тайпа х1ума стиглахь кест-кеста гойла дацара, цундела б1аьрг т1ера ца боккхура цара стиглахь хуьлучун.
Амма кеманаш нахана хазахетийта шайн хьунарш гойтуш дацара, цара гойтура шайгара ницкъ.
Ма ца тешара цхьа а, тахана маьрша стиглахь ловзучу цу кеманаша кхана-лама нохчийн лаьттахь 1ожаллин х1у тоссур дуй. И тасса уьш дуьйладелира Нохчийчоьхь «конституционни низам юхаметтах1оттор» д1а а доладале, г1уранан (декабрь) беттан юьххьехь.
Дуьххьара цара х1аллакйира Соьлжа-Г1алин граждански аэропорт а, иштта Дудаевн авиаци лаьтта Ханкалара т1еман аэродром а. Цигахь дара советски т1еман техника д1асайоькъучу хенахь диссина дешаран кеманаш. Масех де далале нохчийн авиаци х1аллакйира.
Нохчийчоьхь «конституционни низам»  д1ах1отторан рог1ера этап яра республике эскар чудалор. Башха дуьхьало а йоцуш и эскар хецна чудог1уш дара Соьлжа-Г1ала. Ши б1е шо гергга истори а йолуш, пхи б1е-ялх б1е стаг вехаш йолу, и массо а аг1ор кхиъна, маьрша г1ала яра цара йохо юьхьарлаьцнарг.

Бакъ долуш, Соьлжа-Г1ала Къилбаседа Кавказан уггаре а хаза г1ала яра. Иза кхиорехь мехала дакъа диллинера тайп-тайпанчу къаьмнашкара г1ишлошъярхоша. Г1ала йилларехь а, кхиорехь а х1уммаъ к1езиг къа ца хьегнера оьрсиша а. 70-чу шерашкахь дукха хьолахь Соьлжа-Г1алахь 1аш уьш ма бара. Амма оццул кхузахь 1аш оьрсий боллушшехь а юха ца бевлира ц1ий 1ано хьаьгнаргш.

Соьлжа-Г1ала а, цуьнан бахархой а х1аллак барехь пайда эцнера Россин эскаран уггаре а тоьллачу герзах а, т1еман ницкъах а. Соьлжа-Г1алахь хуьлуш долчун доцца маь1на довзуьйтуш ц1ечу элпашца яздина дешнаш дара г1ала чувогг1учу – «Марша дог1ийла шу жоьжахате».
Иза ян а яра адамийн куьйга кхоьллина дуьненан жоьжахате. Х1аллак хила хьаьхначу г1алара арабовла хьаьгначу маьрша адамех йоьттина машенийн мог1анаша 1арждинера урамаш, амма герз мух1ажаршна т1е а дара детташ. Ша цаьпцалгаш санна зуз деш, царна т1ехула хьийзара вертолеташ. Юха жимма уьш аг1ортеъча, стиглахь сийна ц1е а летий, юха кийра ша буьллуш, г1овг1а йолура. Нагахь санна мух1ажаршца цхьа машен вертолетан пилотан б1аьрго лаьцнехь, цо цунна х1уммаъ къа ца хеташ, тоьпаш тухуш яра.
Хеталора и т1ом бан арабевллачу нехан кийрахь дегнийн метта г1орийна т1улгаш ду. Адамехь хила йиш йоцучу къизаллица т1елетира уьш нохчийн къомана.  Хеталора церан дахаран 1алашо хилла ма хуьллу дукха маьрша адам х1аллак дар. Мичара баьллера цаьргахь и сел боккха цабезам, гамо, и йистйоцу къизалла? Сийначу ц1ергахь догура ц1енош, фабрикаш, заводаш, школаш, больницаш, берийн хьукматаш – жоьжахатан ц1е кхерстара ерриге а Нохчийчоьхь. Массо а маь11ехь, ког биллал йолчу меттигехь 1охкура декъий. Оьрсийн саьлтийн а, маьрша бахархойн а декъаш т1ехула бен доцуш д1асалелара танкаш, шайн чкъургаш т1е адамийн чуьйраш а хьерчош. Дийна биссинчу саьлтийша тергал ца дора шайн т1еман накъостийн декъий – царех х1инца бала пайда бац, царех мецачу ж1аьлешна а, хьарг1анашна а кхача хилла. Муха хетар яцара т1аккха и 1аьржа г1ала жоьжахатех тера?

Оьрсичохь мацах дуьйна а цкъа а мехала хетта дац адаман дахар. 1едало х1уммаъ йоцург лерина ду стеган дахар. Къаьсттина цундела «пачхьалкх» а, «халкъ» а боху ши кхетам Оьрсийчохь цкъа а цхьаьна бог1уш ца хилла. 1едал халкъаца хийра хилар а, российски юкъаралла ша т1е1аткъам балуш йолу пачхьалкхалла кхолла ницкъ болуш ца хилар а ду оьрсийн массо а баланийн коьрта бахьана.

Шайн дахарна оццул боккха кхерам боллушшехь нохчаша шайн нехан декъий цкъа а дитина дац тесна. Цундела кешнашкахь гулбеллачу нехан тобанашна хазахетарца т1е герз деттара Россин эскархоша. Церан къизачу кхелана к1елхьара ца довлура даьхний а, уьстаг1ий а, кхи долу дийнаташ а. Доцца аьлча ишта дара Нохчийчоьхь «Конституционни низам юхаметтах1оттор»

Нохчийн къоман исторехь дукха т1емаш хилла, амма нохчий цкъа а ца кхевдина нехан латтана а, нехан маршонна а т1е. Цара д1ахьош болу массо а къиссамаш шайн Даймохк ларбеш хилла бу.
Кавказехь цхьацца хенашкахь нисдела меттигера къаьмнаша вовшашца т1ом бар, амма нохчий шайн дозанера цкъа а арабевлла бац. Царна дика хаьара Нохчийчоь мичахь йолалуш ю а, мичахь чекхйолуш ю а. Цунах кхета мегар ду муха хилла нохчийн къоман амал. Амма мила ву х1инца иза хаьа лууш?


Нохчийн къома цкъа а шен эскаре нуьцкъала кхойкхуш ца хилла. Даймохк ларбаран эскар шайнлаамхойх кхуллуш хилла ду даима а. Нохчийн юкъараллин демократически кеп х1ора а вахархочуьнга шен харжам байта бакъо луш хилла ю. Даймохк ларба герзаца аравалар а ца хилла цкъа а т1едожийна, иза иштта а х1оранна а хууш хилла шен сийлахь декхара хилар. Нохчийн эскаре кхайкхина воьдуш ца хилла, нохчийн эскаре Даймохк ларба ваха везий хууш хилла х1оранна а. Х1ораммо а иза шен сийлахь декхара лоруш а хилла. Даймахке болу безам ц1ийца ийна ца хилча, цунах шен кийрара мерза са д1адала х1ора а минотехь кийча ца хилча, бакъ волу саьлти хир ма вац. Цунна дуккха а масалаш а ду.
Шен т1еман декхара д1а ца кхехьа х1оранан а бакъо хилла. Цунна бахьана каро а дацара хала. Стаг шен лааме, шен даго бохучуьнца вуьтуш хилла, оцу кепара цунна маршо луш хилла, ткъа маьрша хилча стагана дика хаьа бакъ дерг харц долчунах къасто. Т1емаш д1адевлча а, т1ом ца бинарш а, т1амехь ц1ий 1енийнарш а машарехь 1аш хилла, вовшашца цабезам боцуш.


Т1ом
I
……….Плач снега……….
Кровь чернела на снегу,
Снег чернел от крови,
От копоти и грязи,
От пороха и яда
Воздух нас травил.
А пули? Пули лишь свистели,
Мы снега так хотели,
И дети наши тоже…
Вот падал снег и падал,
И вместе с ним свинец.
Снег мечтал кружиться -
Кружить свой вальса лёт;
Ему мешали бомбы,
Ложиться на поля.
Кружил он словно птица –
Гнездо не находя.
И падал он бездушно,
Как будто омертвев.
Внизу земля пылает,
А снег в слезах идет
В военный новый год.
Вот падал снег, рыдая в стон,
В огонь кружась – снежинки в кровь,
И падал снег и слезы лил…
Коль, если снег так плакал,
Плакали ли мы?
Коль, если умирать боялись,
Боялись ли мы жить?
И падал снег и плакал он,
Тела и снег, огонь и кровь,
Свинца полет – смешалось всё…
 
(перевод с чеченского)
И. Акаев.


Нохчийчоьхь дуьххьара тоьпан тата хезна, синтем бухушшехь, кхийтира Ибрах1им ша Даймохк ларба аравер вуй.
Ша бина харжам нийса ца хила тарло-кх аьлла жимма а шеко ца йоьссира цуьнан дагчохь. Россин шуьйрачу хаамин г1ирсийн пропагандин аьтто ца белира цуьнан ойла юхаяьккха. Цунна гуш ма дара «конституционни низам» аьлла цара ц1е тиллинехь а, Нохчийчоьхь боьдуш берг бокъалла а т1ом буй, шен къизаллица а, шортонца дуьненчохь хиллачу т1амел х1уммаъ эшна а ма бац.
Иза болабаларан бахьана а, цунна куьйгбехке мила ву а чаккхе йоцуш дийца мегар ду, амма цо ца хуьйцу кхолладелла хьал. Адамийн кхетаме диллича цхьаьна а кепара бехк боцуш т1амца шен махка веанчу мостаг1чунна дуьхьал милла а г1оттур ву. Дудаевх реза боцуш хиллачара а кара герз ийцира шайн Даймохк ларба.

Ибрах1им кхетара х1ара т1ом Россин куьйгаллин боьхачу политикин т1аьхьало юй, ткъа къоман куьйгалле х1оттийна волу президент – цхьаьна а кепара дош лелаш вац, иза а х1ара т1ом болийначеран карахь ву.

Т1ом –иза зулам ду! Доккха зулам ду хьан мохк хьоьгара боккхуш беш болу т1ом, ткъа зуламца къийсса деза, цунах д1алучу механ терзан т1ехь 1уьллуш хьан са далахь а.

Уггаре а хьалха Ибрах1има г1алара юьрта схьабалийра шен доьзал. Шегахь хиллачу ахчанан цхьа дакъа царна а дитина, Ибрах1им Соьлжа-Г1ала юхавеара. Кхузахь масех дийнахь цо мел оьшу кечам бира т1амна аравала. Духар ийцира, тоха герз а, кхин болу т1амехь оьшу г1ирс а. Цунна дика хаьара ша хьанна дуьхьал араволуш ву. Цунна дика евзара Россин эскаран ерриге а мекаралла. Ибрах1им санна цу эскарна дуьхьал арабевлларш х1уммаъ к1езиг а бацара.
Лерина кечам биначул т1аьхьа, Ибрах1им т1емалойх д1акхийтира. Т1еман к1урлахь ша хилла воллушшехь, амма х1ара т1ом шатайпа бара цунна. Х1ара тайпа къизалла цунна шен дахарехь цкъа а гина яцара. Афганистанера т1ом а ловзар хийтира Ибрах1имана Соьлжа-Г1алин урамашкахь хуьлуш дерг шена гича. Иза кхетара кхузахь Дела орцах ца валахь шен а, шен накъостийн а кхин ницкъ хир боций. Де доьхна, собар кхачийна, саб1арзделларш наггахь допингах кхетара, амма цо а ца ларвора лера йистехь еттачу даьндаргийн г1овг1анах, охьакхиссинчу декъийн оьхучу хьожанах, г1алаюкъахула охьауьдучу цу ц1ийн 1оврех. Кхузахь уггаре а боккха ницкъ иза хьо кху къиссамна х1ун бахьана долуш араваьлла ву хууш хилар дара. Хала дацара вала Даймохк бахьнехь, хьайн доьзал бахьнехь, хьайн сий бахьнехь леш вуй хууш хилча.
Т1емалоша дуккхозза тидам бинера бахархой д1абахана деса ц1ачуьра я петарчуьра, б1аьрг т1ех1оьттина цигара цхьаъ хьаэцна верг шайна юкъара дукха хан ялале я чевнаш хилий вужура, я вийна каравора. Цундела т1емалой юучух бен ца кхетара, х1унда аьлча царна хаьара бахархоша кхаьрга схьаэцийта гучохь охьадиллина хуьлий кхачанан сурсаташ.

Ибрах1иман да Заурбек к1оргера Делах тешаш стаг вара. Махках ваьккхинчу хенахь а, иштта набахтехь волуш а иза муьт1ахь вара бусулба динна. Шен берашка а олура цо:
-Делах тешар ду дахаран коьрта г1отор. Делах тешар д1адаьллий стаг адаман кепара вуху».
Ворх1 шо кхаьчначу дийнахь дуьйна ламаз деш вара Ибрах1им. Эскарехь волуш бен ца дитира цо ламазаш. Иштта жима волуш дуьйна марха кхобуш а вара. Цкъа Ибрах1има дешнера ингалс къомах волчу 1илманчас Карлейль Томаса бусулба динах аьлларг: «Ислам дин дуьненчу доьссина далале цуьнан ц1ергахь дегира 1аьрбойн ширкалла а, керста нехан къовсамах. Харц ме дерг исламан ц1ергахь дегира ша декъа дечиг санна. Ткъа цул т1аьхьа яьлла ц1е лаг1елира. Аллах1а 1аьрбой ислам динаца боданера серлоне арабехира. Цо самадеккхира цу боданехь дижина 1иллина къам, самадаьккхира х1ара дуьне дилличхьана цхьанна а хезаш ца хилла, дуй хууш ца хилла латта.

Аллах1а шен Элча воссийра царна. Ткъа цу м1аьргонехь цу къоман ц1е сирлаелира, 1илма цаьрга деара, ницкъ цаьрга беара, сийлалла цаьрга еара. Бусулба дин Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) д1акхайкхича цуьнан з1аьнара цхьаьнатуьйхира Къилбаседа Къилбанца а, Малхабале Малхбузеца а. И хилла б1е шо далале 1аьрбойн пачхьалкхас цхьа ког Индехь хийцира, ткъа важа ког Андалузехь. Дуккха а б1ешерашна тоьира бусулба дина еана серло. Исламан хазалла а, доьналла а, шорто а яьржира ах дуьненахь».
Ибрах1имана хаьара ислам – иза х1ора сохьтехь, х1ора м1аьргонехь стеган са ц1индалар, дикалле, кхачалле кхийдар дуй. Ткъа исламан лакхене доьду т1ег1а – иза ламаз ду, марха ду, саг1ийна х1ума ялар ду, г1урба дер ду, Макке хьаж дар ду. Исламан лехамашка стага шен дахар нисдича хуьлу цунах боккъалла а, хила ма деззара Адам. Ткъа ишта адамна кхераме яц яьккхий тоьпаш а, эскаран къиза б1о а. Ишта адаман цхьа кхерам бу – Аллах1ах1 кхерар.
1ожаллах ца кхоьруш верг я 1овдал ву, я боккъалла а Делах а, цуьнан кхелах а тешаш верг ву. Карлейль Томаса аьлла ду: «Муьлха а стеган мах цуьнан шен динах тешарца а, ца тешарца а хадош бу». Цу дешнийн к1оргера философски маь1на хилар т1амт1ехь дика гуш хуьлура.
Шен дуьххьара доьзалхо а боккъалла а Адам хилиийта ма тиллинера цунна Ислам ц1е.

II

Ибрах1имана а, иштта и санна шайн Даймохк ларба арабевллачарна а дуьхьал летара оьрсийн оккупанташ – саьлтий, эпсараш, Россин цхьаьнха а балхахь а, некъахь а боцучу бахархойх лаьтта йолахойн тобанаш, набахтера арахецна уголовникаш. Нагахь санна эпсараша а, саьлтиша а шайн куьйгаллин т1едахкарш кхочуш деш делахь, ткъа йолахой иблисан лаам кхочуш беш бара.   
Царна юкъахь хила тарлора Ибрах1имца цхьаьна белшах белш а та1ийна Афганистанехь леташ хилларш а. Ибрах1имана хаьара уьш к1иллой боций, амма х1ете а цхьа ийзалора уьш, ког хецна ца бора ца и т1ом. Цунах кхета мегар дара. Царна ца хаьара шаьш х1ун къуьйссуш бу. Мостаг1чун васт т1аьхь-т1аьхьа бен кхоллалуш дацара, иза а шайн т1еман накъостий цхьаъ цхьанна т1аьхьа эга буьйлабелча бен.

Россин эскар 1аламат дукха хиллехь а, амма цуьнан эшамийн терахь де дийне мел долу алсам долуш дара. Цул совнаха Россин саьлтий шайн эскаран хиллачу б1аьхошца леташ ма бара, цу б1аьхошна хаьара шаьш къуьссуш ерг Даймехкан маршо юй а. Цундела дацара чубеанчу б1онна х1ара жима мохк къарба ишта атта.
Нохчийчоьнна шаьш т1елатале дукха хан йоцуш хьалха Россин Федерацин Оборонин министра Грачев Павелс курро д1ахьедар динера ша Соьлжа-Г1ала шина сохьтах йоккхур ю аьлла. Дуьненчура муьлха а кхин г1ала яьккха а тарлора цо, амма Соьлжа-Г1ала-м яккхалур яцара я яьккха ца елира.

Дуьне цецдаьккхинчу нохчийн б1аьхойн доьналлас ца дайтира Грачевга шен дош кхочуш.
Нохчийн т1емалошах Россин шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь бандиташ олура. Амма мичахь гина дара и зуламхойн жимачу тобане б1е эзар сов мостаг1ийн б1о чубеана йолу г1ала ларъялар.
Уьш бандиташ бацара, уьш зуламхой бацара. Уьш зуламна, вуонна арабевлла а бацара. Уьш Даймохк ларба ц1ена ният дина арабевлла нохчийн бакъ болу къонахий бара. Дерриге а дуьненна эхь ду церан ц1ерш заманан йохалла йицйина хилар. Кхо б1е спартанцах лаьцна санна къеггина эпитафи а язъйийр яц царна, ткъа церан доьналла-м кхин а леккха ма дара. Дуьне дегош лелхачу бомбанийн г1овг1анаш, юьйлчу яьккхий тоьпийн татанаш, даьндаргаша етта шакарш, т1ег1ертачу танкийн тата, лаьттахь яьллачу сийначу ц1арах ц1ийелла стигла, х1ора а м1аьргонехь леш долу адамаш, 1азапан набахтешкахь т1етуьссу ж1аьлеш, юкъараллехь дийнна къоман сийсаза еш йолу ц1е – иза дуста мегар дарий Фермопилашкахь хиллачунца?
Россин а, иштта дозанал арахьара а шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь баьржина цхьа хаам бара Соьлжа-Г1ала йоккхуш Россин ярташкара берх1иттара а бовлаза кегий нах бара бохуш. Амма 1994-чу шеран г1уранан (декабрь) беттан 1995-чу шеран чилланан (февраль) бутт кхаччалц Соьлжа-Г1алара хиламаш гинарг реза хир вацара цу аларца. Ярташкара бераш а хила тарлора царна юкъахь, амма цу эскаран лард латтош берш ц1ий 1ано хьаьгна, шайн ницкъаша бахийна, цабезамо хьере бина, г1еметтах1оьттина эскархой бара. Царна бен вацара я хан яьлла оьрсийн воккха стаг я, х1инца бен х1ара дуьне ца гина нохчийн бер а.
Соьлжа-Г1ала юккъе чуеара х1аваэра а, лаьтта т1ера а г1о деш бронетехника. Россин инарлаша Шолг1ачу дуьненан т1еман зеделлачух пайда ца эцначух тера дара, х1унда аьлча Сталинградски латарехь а, иштта Берлин йоккхучу хенахь а хиира йоккхачу г1алахь танках пайда хир боций, мелхо иза йохо атта хиларрий бен. Муьлхха а дукха г1аьтнаш йолу дохийна ц1енох «Град» а, Ураган» а ца йийцича а, бомба тоьхча а эккхар йоцуш ч1ог1а бункер хуьлура.

Пхиппа, итт-итт стагана тобанашна бекъа а лой, нохчийн т1емалоша дохийначу ц1енойн корашкахула тоьпаш йоьттура танкашна а, пехотана а. Тактика башха чолхе яцахь а, амма шен шатайпалла йолуш яра: цкъа хьалха йог1у танк йохайора, юха уггаре а т1аьхьа йог1уш ерг, ткъа цул т1аьхьа юккъехь йог1урш х1аллакйора.
Гранотомета ца деш диссинарг танкана чохь йолчу боезапаса деш дара. Россин саьлтий дукха хьолахь цу танкашчохь дийна боллушшехь ц1арах богура, ткъа араэккха ларийнарг тоьпаш тоьхна вуьйш вара.
Ибрах1иман тобано дакъа лецира ачьканекъийн вокзалана гена доццуш танкови колонна йохорехь. Дукха мостаг1ий ца биссира х1етахь дийна, ткъа биссинарш а йийсаре лецира.
Х1ора а ц1а, х1ора а урам къизачу т1амца яьккха дезаш хуьлура саьлтийн. Дуьхьал леташ берш ницкъаца къарлур болуш бацара, церан г1ора д1адолура яа х1ума а, герз а ца хилар бахьана долуш.

Нохчийн эскаран т1еман куьйгаллас сацам бинера т1амца г1алачуьра арабовла. Грачевс шина сохьтах караерзор ю баьхна г1ала, шина-кхаа баттаха бен ца яьккхаелира Россин эскаре. Нохчийн б1аьхой т1амца лаьмнашка д1абахара.
Нохчийчуьра Россин т1еман командованис а, иштта Нохчийчуьра Москвана т1етевжина кхоьллинчу шен куьйгаллехь Завгаев Докка а волчу Правительствос т1елаьцнера шен хиларца мекара а, яьхь йоцу а сацам. Муьлха а блокаде лаьцначу юьртан бахархошна а, куьйгаллина а ультиматум х1оттош яра: я аш билггал оццул барамехь герз схьа а лой Россин эскарца машар а, барт а баран кехата буха куьйг яздо, я шун юрт х1аллакйина д1айоккхуш ю.
Шеко йоцуш цу акцин коьрта 1алашо яра Нохчийчуьра бахархой т1емалошна дуьхьал а берзош, къоман барт бохор. Цу 1алашонца нийсса инарлийн шайн хьашташ кхочуш дан лаам а бара.

Муьлха а юьртан гуо лоций охьа а ховший, цара бахархошна кхерамаш туьссура – билггал оццул ахча аш ца лахь юрт лаьттаца д1ашарййир ю бохуш. Ишта яра «конституционни низам» х1отто баьхкинчеран амалаш. Нохчийн кица ду: «Говрах лата ца ваьхьнарг нуьйрах летта». Оцу кепара оьрсийн саьлтий а т1емалошца и тайпа къамел дан ца х1уттуш болу, маьрша адамийн коча боьлхура.
Инарлаша дийцарехь, эскарна дог1у алапа хьа ца луш, цуьнгара хьал тиша долуш доьхуш дара ахча. Саьлтий нохчийн йохийначу х1усамашкахула хьийзара х1уманаш лечкъош. Лаккхарчу составан эпсараша саьлтийша лечкъийна йийбар а, кхин йолу х1ума бронетранспортераш т1е хьала а йохийте Россе д1ахьажайора.
Иштта  Эна-Хишка юрт (Серноводск) к1елхьара елира ши б1е эзар доллар ахча а делла, ткъа берта яха ца лиъначу Сема1ашкана хилларг а ца дийцича а хаьа.
Юьртахь бехачу нехан терахье хьаьжжина, саьлтишна д1адала дезачу герзан барам бара х1оттийна. Цхьаммо а ойла ца йора мичара хир ду юьртахь оццул герз? Амма аьлларг аьлла даьлла – заманан йохалла аш къа хьегна вовшах мел тоьхнарг кху цхьаьна м1аьргонехь ц1е тесна дагор долуш ду, шу шаьш дийна дитахь а доккха х1ума ду. Цу хьолера довла нахана атта дацара. Массара а цхьа барт хуьлий ахча вовшахтухура, ткъа цуьнах къайлах оцу саьлтишкара герз оьцура.
Ткъа юха 1уьйранна т1ехьажийна камераш а йолуш и герз шаьш эцначу саьлтишка юха д1адала боьлхура уьш. И видеош юха Доренког1ара а, Леонтьевг1ара а хазахетарца дечу д1ахьедаршца дерриге а дуьненна гойтура.
Ишта х1етахь д1а мел делла долу герз т1екалдиллича Нохчийчоьнан х1ора а вахархочун ц1арах ши-кхоъ автомат а, иштта масех гранатомет а хир яра. 
III


1995-чу шеран бекарг (март) беттан чаккхенехь эскар массо а аг1онашкара т1елетира Хьалха-Мартанан к1оштан кхаа юьртана – Олхазар-К1отарна а, Са1дий-К1отарна а, Г1ойистана а.
И массо а ярташ вовшашца йозуш хиларо, аьтто лора цигара лаьмнашка новкъарло йоцуш схьалабаха – Шуьйта а, Итон-Кхела а, Шара а, Ч1ебарла а.
Цу яртийн гуо лаьцначу эскаран куьйгалла деш вара Россин инарла Кондратьев. Цигахь шен меттамотт биллина, цо д1адолийра яртийн векалшца къамел.
Бахархошна Кондратьевс сиха д1ахаийтира кхузара хьолан да мила ву. Цхьа дош ца долура цуьнан багара кхерам ца тоссуш. Ша дуьйцург деса къамел доций хаийта цо т1едиллар дира Г1ойист юьртана т1еман вертолеташ т1ехохкуш атака яран кеп х1отто.
Иштта цо омра динера юьртара цкъа мукъне а топ яьлла хазахь ерриге а Г1ойист х1аллак ян. И юрт цо ишта юьхьарлацаран коьрта бахьана дара цигахь командираша Закаев Ахьмада а, Гелаев Руслана а куьйгалла а деш нохчийн т1емалойн подразделениш хилар.
Т1емалоша къаьсттина и юрт харжар доьзна дара иза стратегически атта хиларца. Нагахь санна юхадовла дезаш хилахь, кхузахь лаьмнашка д1аоьху шортта некъан тачанаш дара.
Кхета хала дацара кху кхаа яртех цхьаъ, бахархоша мел дехарш дарх а, масалина х1аллак йийр юй.
Цундела сацам хилира т1аме х1отта. Дукхох болу бахархой нийса кхийтира Закаевс а, Гелаевс а дечух, амма реза боцурш а бара.
Г1ойист юьртана т1ех1оьттинарг ирча де дара. Амма кхолламан кхелах цхьа а ваьлла вац.


Масех дийнахь т1амца д1ахьош таллам бара. Россин эскарша нохчийн т1емалой болу меттиг толлуш, цу юьртара х1ора а бецан хелиг а ца дуьтура лазонза.
Чот йоцуш эскар чуоьзнера цара цига. Пайда оьцура кху заманан лехамашца дог1учу уггаре а тоьлла герзах -  «Ураган», «Град», «Птурс».
Бронетехникас ечу атакин г1о лоцуш дара Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон а, иштта лериначу ницкъийн а эскарш.
Дуьххьара арайоллушшехь аьтто белира Ибрах1иман тобанан йоккха цхьа танк а, ши БТР а йохо а. Рог1ера т1елатарехь цара кхин а масех танк йохийра.

Г1ойист урамашкахула толамца чекхдала аьтто ца хуьлура Россин эскаран. Нохчийн т1емалоша доьналлица юхатухура церан массо а атакаш. Х1оразза а юхадовла дезаш хуьлура оьрсийн эскар.
Ца хуьлучу даьлча Кондратьев-м г1оьртира юьртара къаношца а, иштта шайна дуьхьал летачаьрца а къамел дан а, цхьаьна аг1ор барт бан а, амма я юрт а, я т1емалой а реза ца хилира. Цкъа а дицдан мегар дац нохчийн къаночо оьрсийн инарле делла и майра жоп:
-Х1инцалц оха тхуна машар беза бохучу хенахь тхан къамелана куро а йина, тахана стенна веъна хьо хьуо машар беха? Чекхдаккха айхьа долийна долу хьайн боьха г1уллакх. Тхан х1инца сагатдан х1уммаъ диссина дац кху юьртахь – аш кешний керташ а ца йитина тхуна.
Боьха г1уллакх-м саца ца дира.
Къемата де х1оьттира Г1ойистехь. Генара еттачу яьккхий тоьпех лелхара латта, кеманашца охьаеттачу бомбанех ц1е летта йогура стигла. Цхьаьна а минотана соцуш доцу и т1еман дарц лан нохчийн т1емалойн аьтто хуьлура масех де хьалха шаьш яьхна окопаш бахьана долуш. Ерриге а юрт яра аьхкина.  Ткъа вовшашца з1е т1емалоша латтайора лаьтта бухахь яхначу тоннелашца. Х1аваэра кеманаша шайна т1елатар дечу хенахь т1емалой окопаш чохь къайлабуьйлура. Са1дий-К1отарара а, Олхазар-К1отарара а д1ахьаьжча кераюккъехь санна гуш дара Г1ойистехь хуьлуш дерг. Цигара бахархойн дегнашна лан хала дара и сурт. Деган 1ийжамца хьуьссура уьш шайн лулара юрт бехк боцуш, сел къиза х1аллак яре.
Г1ойистехь хуьлуш дерг гича кхета мегар дара муха х1оттош хилла Россис «конституционни низам». Ма сагатдора массара а чот йоцучу мостаг1ийн б1онах тийссалучу цу майра к1ентех. Юург юй те церан? Герз чекх-м ца даьлла те? Доьналла кхача-м ца дина те? Лакхт1ера чухьаьжча гуш дара мел цхьатерра бац церан ницкъаш. Махца йог1у х1ордан тулг1е санна чухьадира и эскар цу жимачу юьртана. Амма цуьнан цкъа хаза хиллачу урамашкахь шайн 1ожалла карайой оьгура мостаг1ий. Х1инца а стиглара чудог1уш гуш ду сийна ц1е летта догу вертолет, амма цуьнан метта кхин дерг хир ма ду. Церан герз а, адам а кхачош ма дац. Рацичухула хеза бетта мохь:
-Ибрах1им! Ибрах1им, хьо волчу аг1ор т1ег1ерташ кхо БМП ю хьуна! Т1елоцур юй ахь?
-Къамел дац! Диканца йог1уш ялахь, дика хьошалла а дийр ма дара, ткъа х1инца гранотометаца т1е ца эцча а ма ца волу.
Цо кхочуш дира ша делла дош – БМП-ш а, пехота а х1аллак хилира. Масех шо хьалха ма дага дог1ур дацара Ибрах1имана дукха хан ялале бераш 1амо каралаьцна жайна ша тоьпана хуьйцур дуй. Амма х1у дийр ду? Дела гуш ву – Ибрах1имана оьшуш т1ом бацара х1ара, цунна цкъа а лиъна дацара адаман ц1ий 1ано, амма х1ара т1ом ца бича иза ца волура, х1унда аьлча Даймохк бара ларба безаш берг! 
-Аллах1у Акбар! – рацичухула Ибрах1иман хеза и мохь сацо а, лаг1ба а хеталора дуьненчохь цхьа а ницкъ хир бац.
Ибрах1им шен тобанца массо а аг1ор мостаг1чо т1е герз деттачу цхьаьна ц1ено чохь вара. Ткъех метр цунна гена йоцуш, нийсса дуьххьал танк сецира. Цуьнан йоьккхачу тоьпан 1уьрг нийсса Ибрах1имана а, цуьнан б1аьхошна а т1ехьажийна дара. Масех м1аьрго бен ца йиссинера йоккха топ яла. Корахула танкана гранотомет тоха а йиш яцара, кораш кегдина д1адевллера. Ткъа мостаг1чо-м саццанза ц1енонна т1ехьажийна герз деттара. Секондаш яра оьшурш танкана гранотомет т1е а хьажийна и тоха, амма уьш яцара. Ибрах1им а цуьнан тоба а гуттаренна а юьссур ю кху ц1енойн херцарш бухахь. Амма Ибрах1има ца моьттург до. Иза гранотометах ка а тоьхна, корах ара кхоссало. Карахь и гранотомет а йолуш, х1аваэхь кхоссалой т1екалэккха и, ткъа юха лаьтта ша охьалахлуш, иза лараво танкана гранотомет т1ехьажо. Шина кога т1е охьа а лахвелла иза ларийра мостаг1чул хьалха гранотомет тоха. Цуьнан снаряд нийсса танкан башни к1ел кхетта, иза кхоссаелла д1аяхара.
Гранотомет охьа а кхоьссина, Ибрах1им сихонца юха а корах чувелира.
Т1емалошна дукха х1ума гинера, амма Ибрах1има диначо цец ца воккхуш вуьтур вацара цхьа а. Дан амал дац аьлла моьттинчу хенахь алсам болу-кх стагера ницкъ.
Тайп-тайпана хаамашца, Г1ойист йоккхучу цхьаьна дийнахь Россин эскарана хилла эшамаш ишта бара – чевнаш йинарш ца лоруш ши б1е вийна стаг а, йохийна кхо танк а, чудаийтина цхьа кема а, ягийна цхьайтта БТР а, дохийна цхьа вертолет а.
Т1емалошна хилла зен ишта доккха дацара. Инарла Кондратьевна хаьа дезаш хиллера шена духьал леташ берш шайл к1езиг белахь а, шайгахьчул доьналла долуш буй.
Шолг1ачу дийнахь рог1ера латарехь чевнаш хилла вуьйжира Ибрах1им. Дукха ч1ог1а лазийна боцучу накъосташа аравеккхира и цигара, ткъа чевнаш ца йинарш кхи д1а т1ом бан цигахь биссира. Ибрах1им Олхазар-К1отара д1авигира. Цигара медйишас Мадинас шега далучу аг1ор г1о дира цунна – когана йина чов кеч а йина, ког д1абихкира.
Чов ч1ог1а хиллера – ерриге а буност йохийна яра. Лаккхара лоьрийн г1о дара сихонца оьшуш. Кхузара итт километр бен генахь йоцучу Йоккхачу Атаг1а иза д1авига ч1ог1а кхераме дара, х1унда аьлча гуо баьккхина лаьттара мостаг1ийн эскар.
Амма х1ете а масех стаг велира шаьш лахь а, биссахь бен ца хеташ Ибрах1им Йоккхачу Атаг1а д1акхачо.
Буьйсанан ши сахьт даьлча уьш новкъабевлира. Буса а сацийна дацара юьртйистошка герз деттар. Стиглахь седарчашца нийсса лепара серлонаш – парашюташ т1ехь арахецна осветительни ракеташ, цара ярташна а, аренашна а т1ехула тоьпаш еттара. Делан къинхетамца кхин дагахь доцург дуьхьал ца долуш, кхаа сахьтах д1акхечира тоба. Кхолладеллачу хьелашкахь уьш вуно сиха ларийра Ибрах1им цига д1акхачо. Больницехь Ибрах1иман гуо бира лоьраша. 1едало хан тоххал кхераме дара царна х1ара болх бар, амма иза хуушшехь т1елецира цара шайна Ибрах1им ког боцуш ца виссийтар. Амма чов ч1ог1а хилар бахьана долуш а, иштта сихонца лоьрийн г1о дина ца хиларна а абцесс йолаеллера. Цундела Ибрах1им дийна висса лаахь, ког д1абаккха безаш бара. Лоьраша цуьнан х1усамненера Хьавагара пурба дихира операци кхочуш ян, ткъа цо и шен рог1ехь Ибрах1иман дегара Заурбекера дехнера. Хьава кхуза Ибрах1иман накъосташа шолг1ачу дийнахь схьаялийнера. Кхин дан амал доций хууш волу Заурбек реза хилира к1ентан ког д1абаккхийта. Заурбека шен дег1ан цхьа а меже кхоор яцара к1антана, оццул деза а, хьоме а дара цунна шен жимох волчу к1ентан дахар. Заурбек кхетара цу т1амехь хуьлучунах. Иза кхетара нохчий санна Нохчийчу и т1ом бохьуш беънарш а леш буй, кхетара нохчийн наной санна цхьанхьа боьлхуш оьрсийн наной а буй. Цунна башха лиъна дацара Ибрах1има кара герз эцар. Цунна хиъна а дацара к1ант т1ом бан вахний. Ибрах1има цхьаьнга а аьлла ма дацара. Т1аме д1авахале дена къайлах ненера пурба даьккхира цо. Нагахь санна шена цхьаъ хуьлуш хилахь а, нана реза йоцуш коша ваха ца лаьара цунна.  Ибрах1имана хаьара шен дахар цкъа Делан карахь ду, юха иза шен де-ненан ду, ткъа да-нана д1адаьлча бен хир вац иза шен берийн. Бераша шайн берашчул дукхох лара деза да-нана.
Ибрах1им операционни стоьла т1ехь 1уьллуш вара. Цунна хаьара шега саде1алуш доций. Аг1о харца лаьара цунна, амма догах цхьа ира х1ума 1оттаелча санна хеталора. Дог г1еллуш дара цуьнан, кхетам бовш бара. Амма х1ете а цхьацца дешнаш хезара цунна шена уллохь:
-Пульс…дог…кислород…электрошок…
Дерриге а дуьне цхьа к1айн марха санна дара, цу мархаш юкъахь гуш дара безначийн г1аларташ. Нана…хаза, жима нана…цо куьйг лаьцна вуьгуш ву х1ара Олхазар-К1отаран сенлучу аренашкахула. Когаш бухахь мохо лестош ду Пет1амат зезаг.
-Лаз ма делахь и – олу нанас.
 Ма хаза ю б1аьсте…б1аьсте хилла-кх арахь. Д1о генахь лаьмнаш а ду гуш, шайн къоьжа кортош а къегош. Ткъа т1ом ма бара…хьажахь г1ан хилла-кх суна гинарг…Дадин кхор а бу к1айн нускал санна б1аьстенан зазано кечбина лаьтташ…Нана…хьо стенга йоьду? Собар дехьа, д1а ма г1охьа…
Ткъа уьш муьлш бу? Хьенан ду и нуьре сибаташ…х1орш накъостий ма бу…г1азотехь кхелхина накъостий…тхо декъала хилла хьуна – хеза Ибрах1имана церан аьзнаш. И мархаш хийцало сих-сиха х1ара цхьаьна заманера вукху замане вуьгуш. Ткъа юха Ибрах1им самаволу. Цунна шена дуьхьал мел тессинарг дага а дага а дог1у…




IV

Г1еметтах1оьттинчу хенахь за1аьп виссира Ибрах1им. Цуьнан могашалла сиха меттах1оттийтархьама лоьраша гергарчаьрга хьехар дира иза луларчу регионашкара цхьаьна больнице вига веза аьлла. Ха деш болчарна кхаьънаш луш, гуо баьккхина доьду некъаш лоьхуш, халла д1акхечира уьш Г1ебартой-Балкхарера Нальчик г1ала. Ялх баттахь 1иллира цигара больницехь Ибрах1им. Цу бехачу ялха баттахь совг1аташца, ахчанца и лоьраш хьоьстура Ибрах1иман доьзала цаьрга совнаха х1умнаш ца хеттийта. Ибрах1иман т1ехь 1уьналла деш, иза лелош цуьнан х1усамнана Хьава а, йиша Зарган а яра, иштта Германера ц1а веана Саь1ид а. Лоьрашка цара олура Ибрах1им маьрша вахархо санна т1амо лазийна ву. Кхерам хила бахьанаш шортта дара. ФСБ-на х1ара кхузахь хилар ца хууш дуьссур ду бохург а бакъ дацара.
Больницехь 1уьллуш, Ибрах1има боккхачу сингаттамца тергал бора палати чохь йолчу телевизорчухула Нохчийчоьнах лаьцна буьйцу хаамаш.
Я газеташа яздеш дерг а, я телевиденис гойтуш дерг а, я Нохчийчуьра дог1у эладитташ а башха сатедеш дацара. Ибрах1има ч1ог1а сагатдора шен Даймахках а, шен гергарчарах а, шен дерриге а къомах а.
Ибрах1имана хиира Нохчийчоь ларъян арабевлла хилла дукха ц1еяххана майра к1ентий декъала хиллий а. Иштта цуьнга дийцира Басаев Шемалан тоба Россин Буденовск г1ала яьккха яхарах лаьцна а.
 Дукхох долчу шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь яздора шен т1емалой цо камазашца д1абигна хилла, ткъа башха йоккха йоцу цуьнан тобанан аьтто баьлла Нохчийчуьра хилла ца 1аш Россера а ха деш долчу 1едалах атта чекхяла.

Машенашка 1едал ца хьажийта, КПП-хь кхаьънаш луш хилла. Басаевс дийцарехь, уьш Минеральные Воды г1ала кхаччалц баха дагахь хиллера, амма милиционерийн сутаралла бахьана долуш ахча сиха кхачийра, цундела Буденовскехь совца дийзира.
Цигахь цара д1алецира Г1алин Советан г1ишло а, милици а, иштта закъалтана лецира ши эзар стаг а, ткъа шаьш г1алин больница д1а а лаьцна, цу чохь севцира. Байина а, закъалтана лаьцначеран а юкъара терахь хьоле хьаьжжина хийцалуш дара.
Нагахь санна нуьцкъаллин структураша больницина штурм ян шайн 1алашонах лаьцна д1ахьедар дича закъалтана лаьцначеран терахь лахлуш дара, ткъа байинчеран терахь алсам долуш дара. Нагахь санна Басаевн къизалла юьйцуш хилча закъалтана лаьцнацеран а, байинчеран а терахь алсам долура.
Г1алин больнице схьаоьзнера 1аламат дукха лерина ницкъийн подразделениш – «Альфа», «Бета», «Омега». Уьш моссийттаза а кхиам боцуш г1оьртира больница яьккха. Кхузахь а Соьлжа-Г1алахь санна 1едало гайтира адаман дахар шайна х1уммаъ йоцург хетар – штурм еш больница чохь закъалтана лаьцначарна юкъара дуккха а нах лазийра.
Басаевс коьртачу декъехь билламе диллинарг дара Нохчийчуьра т1ом сацош, сихонца эскар арадаккхар. Басаевн т1едилларца тоьпаш тоьхнера масех йийсаре виначу стагана, царна юкъахь бара летчикаш, т1еман г1уллакххой а, милицонераш а. Цхьаьна а аг1ор – я адамаллица а, я законаца а дог1уш х1ума дацара иза. Кхин болу закъалтана лаьцначу нахах куьйг ца туьйхира цара.

Нохчийчуьра хьал мелла а девзаш верг кхетара Басаевс Буденовске дина хьошалла туьйранехь бен хила мегаш х1ума доций, х1унда аьлча ерриге а республикехь метр йохаллина а ког баккха йиш яцара пост йоцуш, ткъа луларчу республикашкахь-м тешне а.

Цхьаболчарна хетара иза Россин лериначу ницкъашца цхьаьна дина г1уллакх ду а – Басаевн тоба цара Нохчийчуьра федеральни вертолеташца дехьа а яьккхина, ткъа цигахь камазаш чуховшийна т1емалой. Алар-бахар дукха дара, уьш массо а бух боцуш а дацара, х1унда аьлча массарна а хууш дара  шен хенахь Басаевс Россин аг1о а лаьцна Гуьржи Махкана дуьхьал Абхазера хиламашкахь дакъа лаьцна хилар а. Цул совнаха халкълахь лелаш цхьа хабар дара иза ГРУ сотрудник ву бохуш.
Цунах лаьцна яздора Буденовскера хиламашах лаьцна Бунича яьккхинчку книги т1ехь.
Россехь хилла ца 1аш дерриге а дуьненахь Буденовскера хиламаш г1арабевллачул т1аьхьа, пхи де даьлча, Россин Правительствон премьера Черномырдин Виктор Басаевс аьлларг дан реза хилира, ткъа Ельцин х1етахь вижина волчух тера дара. Басаевн тобанна масех автобус а елира, иштта цуьнца цхьаьна Нохчийчу кхаччалц д1ахьовсийра закъалтана лаьцначу нахана юкъара шайн лаамехь иттех стаг а, журналисташ а. 
Массо а кхоьруш вара Россис цхьа тешанбекх барна. Я бехк а бацара, х1унда аьлча эскархоша закъалтана лаьцна болчарна т1едожийра уьш 1едало аьлла боьлхуш бац, шайн лаамехь боьлхуш бу аьлла тоьшалла дечу кехатана буха куьйг яздаре. Амма колонна цхьа а новкъарло йоцуш Дагестанехула чекхелира, цигара Нохчийчуьра Ведана а, ткъа цул т1аьхьа автобусаш юхайирзира.
Басаев Буденовске вахарна бехк т1ебилла стаг а карийра. Уьш хиллера масех милиционер. Премьер-министра Черномырдина ша делла дош кхочуш ца дира. Бакъдерг дийцича, жимма саца-м сецира т1ом, амма дукха хан ялале дерриге а ша хиллачу хорше хьаьвзина схьадеара. Ишта бара дерриге а дуьненна а хезаш Россин Правительствон премьера деллачу дешан мах.

Басаев Буденовске ваханчул т1аьхьа, Радуев Салман Дагестанера Г1изларе а, Первомайски олучу юьрта а кхечира. Басаев Шемалца яьхье ваьллачух тера дара Радуев, амма цо динарг г1ара ца долуш диссира. ФСБ директора Барсуковс х1етахь аьллера: «Радуевг1ар цигара когаш а 1уьйра бевддера. Суна дага а дог1ур дацара и санна дерг, цундела царна т1аьхьа кхиа хала дара. Мостаг1чун ишта стратеги хила тарлой, дага а ца деанера тхуна».

Милла а мичча а водахь а, Нохчийчуьра адам дайар-м сацийна дацара. 1995-чу шарахь д1адоладелира Нохчийн Республика юхаметтах1оттош ю бохург. Цу 1алашонна Нохчийчу инзаре дукха ахча чухьаьдира. Д1ахьединера цу шарахь республика юхаметтах1отто ворх1 триллион диъ б1е миллион сом ахча дайина аьлла. Амма йохийна, ягиийна, яьржийначу Нохчийчоьнан цхьа херцар а яцара меттах яьккхина, юхаметтах1оттор-м дуьйцуш а дацара. Т1амехь зенаш хиллачарна царна дог1учу ахчанан барамера д1алуш, соьмаш дара. Г1ишлошъяран белхашна т1еяздар кхузткъе итт проценте а, йезткъа проценте а хьаладолура. Меттигера 1едало еш терго яцара.

Юхаметтах1отторан белхашна дукха хьолахь дайина боху ахча г1ишлош йохош хилла нехаш араяхарна т1ехьажийнера. Кхузахь т1еяздар ши б1е проценте а хьаладолура. Республикин инфраструктура юхаметтах1отторехь дакъа лоцуш йолу дукхах йолу г1ишлошъяран организациш Россин Оборонин Министерствон а, Чолхечу хьолан министерствон а долахь яра.

Х1оьттинарг тамашийна сурт дара. Россин Оборонин Министерствон г1ишлошъяран-монтажни лерина урхаллас тайина юхаметтах1оттийна муьлха а объект д1алуш акт х1оттадора. Ткъа эццахь и объект т1ерайоккхуш акт а х1оттадора, иза юхаметтах1оттийна ялале зуламхоша т1елатар дина йохийна йолчухула.




Ахча хи санна чехка аферистийн а, жуьлгийн а, эскархойн а кисана доьдуш дара.
Нохчийн къоман ц1ий 1анийна болчу т1амо баха ховшийра уьш, белшаш т1ера седарчийн терахь алсам а доккхуш. Цундела царна хьашто яцара и т1ом сацо. Республикехь машар хилийта барте ваха лууш ву боху инарла Романов а Сема1ашка х1аллак ярехь куьйгаллехь хиллера. Блокпостана масех метр гена доцуш т1елатар динера Романовна. Х1етахь хилла контузи бахьана долуш, х1инца а меттаванза ву инарла. Цу террористически актана а бехке нохчий бира. Амма иза боккъалла ишта хиларан тоьшалла х1инца а гучудаьлла дац. Муьлха а хиллачу вуонна бехке нохчий бара х1етахь.
Цул совнаха билгалдаккха деза, республикехь т1ом д1а мел боьду, машенашца аракхоьхьуш дара лачкъийна рицкъа, охьайиллина пхьег1а а яцара юьтуш. Халкълахь х1етахь дуьйцуш дара оьрсийн саьлтиша арахь йиттина хьалатессина йолу зударийн чухулаюху бедар а д1аяхьнера бохуш. 

Эпсарш а, саьлтий а кхаба д1алуш дара эзарнаш даьхний. Эскархоша х1уммаъ бен доцуш топ тухий охьаюьллура муьлха а бежана. Царна хаьара бусулба наха урс хьакханза елла бежана юур йоций. Къор1ан т1ехь магийна ма дац бисмилла даьккхина урс хьаькхна доцучу дийнатан жижигах мотт 1отта а.

V

Россера а, иштта дуьненчуьра а шайгахь жимма а адамалла йолу нах цкъа ийзалуш, юха мелла а майра дехарш дан буьйлабелира Нохчийчуьра террор сацае бохуш. Юха цара бохучуна т1етан буьйлабелира Малхбузера политикаш а, юкъараллин г1уллакххой а.

Оцу хьелашкахь Россин политикаш ца бовлура Нохчийчуьра т1ом ца сацийча, цу т1е паччахьан харжамаш а гена бацара.
Т1еман хьал машарца д1адерзор чекхделира 1996-чу шеран асаран (июнь) баттахь, Назрановски барт барна куьйг яздинчул т1аьхьа. И барт бар дохийнехь а, амма х1ете а цо машаран бух боттарехь хьалхара т1улг биллира.
Гергга оцу хенахь, Соьлжа-Г1алахула цхьа хабар даьржира т1емалой г1ала яккха чубог1уш бу бохуш. Билггал терахь а дара дуьйцуш, амма хуьлуш х1ума дацара. Халкъа тайп-тайпана т1елоцура и хабарш. Цхьа берш тешара, кхин болчара т1е а ца дуьтура. Нохчийчоьнан Правительствос а, т1еман куьйгаллас а д1ахьедар дира шаьш иза могуьйтур дац аьлла а, цул совнаха иза хир ду аьлла меттиг а бац, х1унда аьлча вовшашца шайн а барт боьхначу т1емалойх йиссинарг жима ши-кхо тоба бен яц, ткъа уьш тахана-кхана йийсаре лоцур болуш бу, я х1аллак бийр болуш бу.
Нохчийчоьнан бахархошна дика бевзара Квашнинг1ара а, Завгаевг1ара а дечу д1ахьедарийн мах, амма Москвахь цара дуьйцур забар ца хетачух тера дара.
Нохчийчоьнан бахархой биссалц, кхи д1а массарна а дицделлера 1996-чу шеран бекарг (март) баттахь нохчийн б1аьхой федеральни эскарша д1алаьцначу Соьлжа-Г1але т1амца чу а баьхкина, цуьнан масех к1ошт д1а а лаьцна, кхаа дийнах зен-зулам доцуш д1абахна хилар. Оцу кепара цара гайтира шайн ницкъ, хьалхе д1ахаийтира шаьш Соьлжа-Г1алина т1елетар хиларах лаьцна.

Иза хилира 1996-чу шеран хьаьттан (август) беттан 6-чохь. 1уьйранна сатоссуш, герзах боьттинчу т1емалойн тобанаш шайна дуьхьлара Россин эскар охьа а отуш, т1амца Соьлжа-Г1ала чуеара. Цхьаьна дийнахь церан аьтто белира массо уггаре а маь1не меттиг д1алаца. Г1алахь мел хиллачу блокпостана гуо лаьцнера  Россин эскархошна юуург а, герз а т1екхачо аьтто ца хилийта. Юха а марсаелира Соьлжа-Г1алахь т1еман ц1е.
МВД-н а, ФСБ-н а, иштта Завгаевн Правительствон а г1ишлойн штурм яра йоьдуш.
Федеральни эскаран эшамаш баккхий бара. Ткъа т1емалошна г1о дан дерриге а халкъ арадаьллера. Зударий, бераш, баккхий нах – шайн ницкъ  кхочург дора цара къоман турпалхойшна.
Нохчийчуьра федеральни эскаран куьйгаллехь хиллачу Пуликовски Константина ша 48 сахьтах г1ала маьрша йоккхур ю бохучунах г1уллакх ца хилира. Нохчийн т1емалой я х1ара г1ала яккха я, бала баьхкина бара кхуза, шаьш делла дош юха эца дагахь а бацара.
Москвахь а, иштта Соьлжа-Г1алахь а Россин т1еман куьйгаллица а, иштта дуьхьал летачу б1аьхошца а деха къамел хиллачул т1аьхьа Лебедь Александр эххар а Хасавюртовские соглашения олучу барт баре веара. Цуьнан жам1ашца т1е а эцна, куьйг яздира шина кехатана – цхьаьна дина долчу Д1ахьедарна а, иштта Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а юкъаметтигийн лард билгалъяран коьрта Принципашна а.
Цхьаьна диначу д1ахьедаре хьаьжжина, барт бечу аг1онаша т1еэцна т1ом сацорехь герзаца а, ницкъаца а пайда ца эцар. И барт хуьлуш, аг1онаш т1етевжина 1949-чу шеран адамийн бакъонийн Юкъара Декларацина а, 1966-чу шеран адамийн  политически а, граждански а бакъонийн Дуьненюкъара Пактана а.

Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин Ичкериян а юкъаметтигийн лард билгалъяран Принципашна юкъахь яра Нохчийчоьнан статус билгалъяр 2001-чу шеран хьаьттан (август) беттан 31-кхаччалц юхаттарах лаьцна положени.
 
Сацам бинера 1996-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-ра т1екхачале Россин Федерацин а, Нохчийн Республика Ичкериян а пачхьалкхан 1едалан векалех вовшахтоьхна комисси кхолла. Цуьнан 1алашонашна юкъадог1ура, 1996-чу шеран асаран беттан 25-чохь Ельцин Бориса (№ 985) делла омра къаьсттина кхочушдар а, иштта эскар арадаккхарехула йолу ойланаш йовзийтар а, зуламца а, терроризмаца а, дин бахьана долуш къаьмнашна юкъахь гамо хиларца цхьаьна къиссам латтор а, иза д1абахьаран лерина терго яр а.
Иштта, комиссис довзийта деза Россин Федерацина а, Нохчийн Республика Ичкерин а ахчанан юкъаметтигаш юхаметтах1оттор шена муха го а, иштта кеч а йина Россин Федерацин Правительство юкъаяло еза Нохчийн Республика Ичкерин социальни-экономически сфера кхиоран программаш а.

Цу кехата къаьсттина билгалдора Нохчийчоьнан законодательство къаьмнийн а, динан а башхаллашца ца хьоьжуш массо а бахархойн бакъонаш а, маршо ларъярна т1етовжаш хила езар.

 И законодательство уггаре а хьалха т1ехьажийна хила деза республикехь машар юхаберзорна.
-Т1ом д1абаьлла! Тоьар ду! Дика бира вай и 1аббалц! – д1ахьедира Россин Федерацин кхерамазаллин Советан секретарьс Лебедь Александра, ткъа Масхадов Аслана шен рог1ехь дагадаийтира и т1ом кхин а хьалха сацо мегаш хилар.


Нохчийчоьхь мел хуьлу и хийцамаш Ибрах1има Г1ебартойн-Балкхарехь 1аш тергал бора. Кестта иза шена жимма а г1оле хуьллушшехь, шен х1усамненаца Хьаваца а, кхуза схьаялийна хиллачу барх1 шо кхаьчна йоь1аца Лизица а ц1а вахара.
Уьш мах луш чоьхь 1аш хиллачу х1усамнанас халахетарца новкъабаьккхира эха шарна юкъахь шен гергарло тассаделла нохчийн доьзал. Уьш ц1а боьлхуш цунна лиира шен петарах цара луш хилла мах юха д1абала, амма Ибрах1им а, Хьава а реза ца хилира. Цул совнаха, цо х1оттийначу хаза г1иллакхна дуьхьал, Хьавас шен лергара схьа яьхна дашо ч1агарш елира Нели йоь1ана Залинина.

Ибрах1им а цуьнан х1усамнана а, йо1 а т1ехь болу автобус Къилбаседа Х1ирийн а, Г1алг1айчоьнан а административни дозанел дехьа а яьлла Нохчийчу кхечира. Маржа-я1 ма ирча дара б1аьргаш хьалха х1оьттина сурт. Некъа т1ера даккхийчу к1аьгнаш чу а етталуш, тассаелла йоьдура автобус, сел къиза х1аллак хилла Соьлжа-Г1ала Ибрах1имана сихонца гайта ша хьаьгна йолуш санна. Иза гучу елира. Йоьхначу г1ишлойн 1аьржачу херцашца хьоьжура и къар ца елла г1ала шен баланна сел бен доцуш хиллачу дуьненан б1аьра.
Корах ара хьаьжча гуш дара дохийна ц1енош, некъаш, яьгна бошмаш, чевнаш хилла лаьтта дитташ, коьллаш. Ибрах1имана шех тера хетара и дитташ – х1ара санна чолакх дара уьш. Кхунна езна, кхунна даима а шен ирсан г1ала хетта х1ара ерриге а г1ала а ма яра тховса Ибрах1им санна чолакх. Мичахь ю хьалхалера Соьлжа-Г1ала? Мичахь ду цуьнан 1уьйренан дахкаршлахь гучудолуш хилла и сийна амат? Т1еман боьхачу к1урлахь яйна и г1ала ша боккъалла а езначийн иэсехь шен сирла б1арлаг1а бен ца дуьтуш.
Дуьненан жоьхахатан кевнаш мостаг1ашна диллина, дуьненан Къематан де урамашкахь х1оьттина хилла г1ала – ма хала дара Ибрах1имана тховса и ган. Ерзо молха доцу цу г1алин и чевнаш, цуьнан урамашкахь беллачийн ц1ийца 1ийдалора тховса. Ма тера дара и шиъ – Ибрах1им а, Соьлжа-Г1ала а…цу шиннан а сел хаза а, къона а хиллачу цу дахарах мекара мостаг1ийн тоьпан даьндаргаша цаца бина.
-Хьан дуьхьа вала араваьлла хилла со тховса дийна х1унда ву те? Хьан урамашкахь ца г1атта воьжна хилла валара со, тховса хьуна т1ех1оьттинарг ца ган – 1ийжара, доьлхура, лелхара Ибрах1иман кийрара дог. Д1о гучуевли жималлехь хийла кхуьнан самукъа доккхуш хилла кинотеатраш. Кинотеатраш аьлча а, царех йиссина и нехийн оьла. Шен херцарш бухахь 1уьллу «Столичный» ц1е йолу  Соьлжа-Г1алара уггаре а мерза туька. Ма ца моьттура цуьнца боьзна дагалецамаш къаьхьа д1овш хилла кийрахь баьржар буй. Цунна хьалха лаьттара «Кавказ» ц1е йолу хьешан ц1а а, ткъа цунна гена йоцуш Президентски дворец а. Ма хазахетара Ибрах1имана и архитектурни исбаьхьалла. Республикин министрийн кхеташонан г1ишло а хила ма езара кхузахь цхьанхьа, ткъа цунна т1ехьа лаьттара Соьлжа-Г1алин мехкдаьттан институт а – иза берриге а махкахь тоьлла ма яра, ткъа тховса цунах биссина безамца кара эца т1улг а карор бац.
Х1усамнана а, йо1 а генна а юьтуш, Ибрах1им шен 1асанаш т1ехь тийссалуш д1асауьдура Соьлжа-Г1алин доьхначу урамашкахула, дийна воллушшехь шен дахаран тезета кхаьчна стаг санна. Кху г1алин саьлнаш юкъахь ма 1уьллура Ибрах1иман хеназа кхелхина къоналла, сирла сатийсамаш, дуьнене болу безам, тешам. Кху г1алица цхьаьна х1аллак ма хилира иза ша дерриге а. 1адийначу кийрара мохь ц1ог1а а ца долура.
Республикански мохкбовзаран 1аламан музейна т1екхочу Ибрах1им. Соьлжа-г1алин коьрта дозалла ма дара и музей – ламаройн шираллехь хилла 1ер-дахар довзуьйтуш, хийла х1ума дара цу чохь, ткъа иштта кечдина герз а, сийлахь воккхачу хелхарчан Эсамбаев Махьумадан хилла духар а, ц1еяххана вевзаш хиллачу иллиалархочун Магомаев Муслиман денде хилла мукъамийн г1ирс а. Иза ша дерриге а х1аллак хилира кху г1аланца цхьаьна. Йохийна, яьржийна 1уьллура суьртийн галерея а.

Ткъа хьалха-м и чоьнаш дуьненан ц1еяххана болчу говзанчийн суьртех юьзна ма яра. Иза х1инца Ибрах1иман иэсехь бен хир дац.

Иза цхьаъ дагадеъча санна «Космос» кинотеатр йолчу аг1о д1аведира. Цунна т1ехьа Соьлжа хи йистехь яра Чеховн ц1арах къоман библиотека. Иза 1асанашна т1ехь тиссалуш, г1елвелла, халла садоь1уш ведда воьдура. Цунна т1аьхьа кхиа г1ерташ, жима йо1 шена т1аьхьа а ийзош уьдура Хьава. 1оттавелла, охьакхийтира Ибрах1им, цуьнан 1аса бомба кхетта даьгначу цхьаьна диттан юьхках тассаелира, ткъа и ша орчу охьавожаза велира.
Ибрах1им шен цхьаьна кога т1е сиха хьалаиккхира, ткъа 1асана т1е а тевжина, саьхьара б1аьргашца д1асахьоьжура и цхьаъ лоьхуш. Амма цо лоьхург цунна кхин цкъа а гур дац – Соьлжа-Г1алин библиотекин и шатайпа дуьне а чим хилла даьгна.
Ибрах1имана гуш дара бомабанаша а, яьккхийчу тоьпаша а дохийна 1охку трамвайни некъаш. «Океан» ц1е йолу туька хилла меттиг а карийра цунна, цунна лаккхарчу г1ат т1ехь ишта ц1е йолуш ресторан а ма яра. Ма хазахетара цига воьдуш, моьтталора х1орда йистера хьоькху мох а хаалур бу – оццул дукха х1ордан даарш дара цигахь.
Дохийна 1уьллура 1986-чу шарахь дина хилла долу, Соьлжа-г1алахь шех тераниг кхин хилла доцу ялхийтта г1атт йолу ц1ено а. Дохийначу т1ай бухахь адамийн ц1ийца тулг1енаш ийначу Соьлжано сацонза дара шен болар. Маржа я1! Хьенан сардам бахар те хьоьх? Хьенан та1заран гураша лецира те хьо? Сел бен доцучу къизаллица хьо х1аллак йина куьйг дехар ду те дуьненчохь кхелана к1елхьара даьлла?

Кхин тоха са доцу Ибрах1им, меллаша боьхачу лаьтта охьалахвелира, шен цхьаьна 1асанна т1е а тевжаш.

Йоь1ан куьйг а лаьцна цунна т1ееара х1усамнана. Шолг1а 1аса цуьнга д1а а кховдош, Хьава меллаша йист хилира цуьнга:
-Йохийна г1ишлош юхаметтах1иттало, амма диканах дог диллина, доьналлех вуоха мегар дац…цунах цкъа ваьлча, юха кхета хала ду.
Ибрах1им вехха цуьнан б1аьра хьаьжира. Цу м1аьргонехь иза кхийтира ша боккъалла а дахаро к1ел вуьтуш вуй. Хьавас аьллачу дешнаша ойла йойтура цу ховхачу зудчун кийрахь алсам ницкъ буй. Иза тешара Соьлжа-Г1алин сирла кханенах, тешара тховса цу г1алин тезетахь шен юьхьт1ера хьацар а б1аьрхиш а д1асахьоькхуш 1аш волчу Ибрах1иман доьналлех а. Ибрах1им меллаша хьала а г1аьттина, шен х1усамненаца а, йоь1аца а «Минутка» майданехула хьалаволавелира. Новкъахь иза т1е1итталора Россин эскархойн федеральни блокпосташна, амма уьш т1емалойн куьйг к1елахь яра. Ибрах1има маршалла хоттура х1ора а б1аьхочуьнга, уьш къамел совцадой бистхуьлура цуьнга. Ткъа Россин эскархой бехкала боьлхий цуьнан б1аьрца ца хьовсура.

Соьлжа-Г1алин херцаршна юккъехь хьийзара дахаре болу безам а, шовкъ янза адамаш. Церан б1аьра хьаьжча гуш дара йоьхнарш г1ишлош ю доьхнарг доьналла дац. Елла ца хилла Соьлжа-Г1ала, лазийна йоьжна хилла, ткъа цуьнан са, цуьнан урамаш сел къизачу хенахь а д1а ца тесначу нехан кийрахь ду. Цу нехан куьйгаша юхаметтах1оттор ю и, цу нехан доьналлас буьллур бу цуьнан лакхене и ц1урко т1улг.

Эххар а тийшира Ибрах1им цуьнан шен ц1ий хьуьйдинчу лаьтта т1е машар беъна хиларах. Г1аш некъ беш, шайн ц1ийна керта кхечира уьш.
Ма дукха къа хьегна, ма дукха сатийсамаш боьзна яра х1ара керт. Кхузахь д1аэхнера кхеран дахаран уггаре а сирла а, ирсе а м1аьргонаш – безам, муьлхха а доьзал т1е1иттало халонаш, дуьххьара дуьненчу ваьлла доьзалхо – иза ша дерриге а дагалецамийн овкъаршкахь диссира. Х1инца заь1ап цхьаьна кога т1ехь лаьттачу Ибрах1имана хьалха лаьттара иштта и санна заь1ап йиссина цуьнан х1усам а.

Амма Ибрах1имана хаьа шен доьзалца цхьаьна хьалха санна хьанал къа хьоьгуш, ша и х1усам юхаметтах1оттор юй. Иза кхин а хаза а, токхе а хир ю, кхин а шортта т1аьхье а кхууьр ю. И ницкъ Ибрах1имехь хир бу, амма хьан юхаерзор ю яйна могашалла? Хьан юхаберзор бу оьрсийн а,нохчийн а наноша церан кхелхина к1ентий? Хьан ерзор ю дагна а, сина а хилла чевнаш? Цу хаттаршна жоьпаш карор доций хууш 1ад 1а веза…замано дерриге  а д1анисдийр ду, дагт1ера чов а цо ерзор ю…коьртаниг кхуьнан доьзал бу, коьртаниг кхуьнан сирлачу кханене болу тешам бу.


Керла дахар.

I

Ибрах1има а, Хьавас а сацам бира масех дийнахь г1алахь саца, ц1енон херцарш жимма д1аса а йохуш, кертахь г1уллакх дан. Ибрах1иман да-нана Исламца дукха хан йоцуш хьалха Нальчике деана, гина дарна царна.

Ши ц1ено кхарна дехьа 1аш бара оьрсийн доьзал – «Красный молот» заводехь инженеран болх бина вара Петр Сергеевич, ткъа цуьнан зуда Анна Степановна Ибрах1имаца цхьаьна школехь хьехархочун болх беш яра. Церан к1ант Борис Исламан нийсархо вара.
Х1орш ц1а баьхкина аьлла шайна хеззашшехь сихонца баьхкира лулахой. Царна х1инцале хезна хууш дара Ибрах1им ког боцуш виссарах лаьцна а.

Ма 1ийжаме дара х1ара цхьаьнакхетар мерза хан йоккхуш хиллачу лулахошна. Зударий боьлхура, ткъа Петр а, Ибрах1им а мара а кхетта, дуккха а вехха лаьттира вист ца хуьлуш. Хийла вовшашкахь хьошалг1ахь цхьаьна рицкъ дууш, дика а, вуо а цхьатерра доькъуш, хан яьккхина болу нах, кхетара шаьш ца гуш д1адаханчу шина шарна юкъахь инзаре бала боьссиний шаьш сел хаза 1аш хиллачу кху токхе махка. Оьрсий а, нохчий а ца къестош, маьрша бераш кхиош, хьанал рицкъа доккхуш, шайн Даймохк Нохчийчоь сил дукха а безаш, ирсе бехара кхузахь х1ара санна шортта кхин а оьрсийн доьзалш. Царна а цкъа а моьттур дацара шина къомана юкъахь оцу кепара барт бухуш, шайт1а хьовзар дуй, шайн къомах болчу наха хьеречу цабезамца нохчийн ц1ий 1анор дуй. Мича кховда веза цу хаттарна жоп каро?
Анна Степановнас сихонца юуург кечъйина, стоьла хьалха кхайкхира шен лулахой, буьйса йоккхуш шайгахь уьш биссахьара бохуш, дехара а деш, ткъа Борис-м Ибрах1имана т1аьхьара ца волура, Ислам ц1а маца вог1ур ву бохуш?
Пхьор диначул т1аьхьа а дукха а хан яьккхира цара д1а ца буьйшуш. Дийца х1ума шортта дара, ойла ян х1ума шортта дара, цул а дукха жоп доцу хаттарш а дара.
1уьйранна марта а дина, Ибрах1им а, Хьава а шайн керта схьадеара. Жима Лиза-м лулахошкахь наб еш йиссира. Ткъа дукха хан ялале Петр а, Анна а кхарна г1о дан деара, Ибрах1има ца оьшу аьлла доллушшехь.
Петра а, Аннас а дукха х1ума к1елхьара даьккхинера Ибрах1имг1ера меттигера жуьлгашка а, иштта Россин эскархошка а д1а ца дахьийта.

-Цхьа диван а иштта к1еда мебель а эскархоша д1аяьхьира, ткъа холодильник а, г1анташ а, стол а мародерашна кхечира…кхин ерг яьгна д1аелира ц1енонна т1е снаряд кхеттачу хенахь, ткъа йиссинарг жима х1ума бен яц, иза оха тхайга дехьаяьккхира – халахетарца дуьйцура Аннас.
Дийнна де деккхира цара ах даганза диссинчу ц1енон херцарш д1асайохуш. И болх беш, Ибрах1имана а, Хьавана дукха х1ума хиира республикехь хуьлучунах лаьцна.
Ибрах1има а, Аннас а болх бина школа а хилла х1инцале юхаметтах1отто йолийна. Ибрах1им ц1а веана доьалг1ачу дийнахь, кертахь цхьацца г1уллакх а дина, юха Анница цхьаьна школе вахара.
Т1амехь баланза дийна биссина, ц1а баьхкина болу хьехархой а, лаккхарчу классийн дешархой а жигара къа хьоьгуш бара юхаметтах1итторан белхашкахь. Билгалдина хьашташ а, г1ирс а тоуьш бацахь а, амма т1ом д1абаларах баккхийбечу наха, хазахетарца беш бара и болх.
Сарахь дуккха а хьехархой баьхкира Ибрах1им волчу. Шортта дара дийца х1ума, амма дукха хьолахь къамел Ибрах1име школе балха аравала бохучу хорше доьрзура. Белхан накъосташа дуьйцура Ибрах1име хин йолчу халонашах лаьцна. Йохийна, яьржийна республика а, цуьнан лачкъийна берриге а бахам а юхаметтах1отто атта дац. И т1ом х1ун бахьана долуш баьлла? Х1ун бахьнехь иштта къиза т1елетта оццул йоккха пачхьалкха сел жимачу республикина? Массеран а кийрахь кхехкара и жоп доцу хаттар? Цу хаттарийн чаккхе ян а яцара…
Х1унда вийна б1е итт эзар гергга республикин маьрша вахархо, шовзткъе итт процент царна юкъара оьрсий боллушшехь? Х1унда вина Нохчийчоьнан ткъа эзар вахархо заь1ап 1азапан набахтешкахь? Х1ун бахьана долуш шайн синош д1аделла ткъех эзар гергга Россин эскархоша а, виъ эзар гергга нохчийн т1емалочо а?
Дуьнеюкъара конвенциша ца магийна долчу герзаца стенна пайда оьцура Россин эскархоша – химически снарядаш, кассетни кепан бомбанаш…
Х1ун бахьана долуш х1аллак беш бара ишта а б1ешерашкахь бала лайна болу и жима мохк? Стенца боьзна бара и боккха цабезам, оццул къиза нохчийн ц1ий 1ано?

Ма к1орге чулацам болуш хир ду цу хаттаршна жоьпаш, уьш заманан йохалла нагахь санна карадахь. Масех т1аьхьенна тоьъал ду и хаттарш. Ткъа карарчу хенахь дац царна жоьпаш. Х1инца мел лехарх, куьйгбехкениг карор а вац, Нохчийчоьнна ч1ирана вен. И кхел заманан карахь ю, цунна шена дикох хуур ду маца а, хьанна ян еза и кхочуш. Амма тховса цхьа бакъ дерг ду дерриге а дуьненна гуш – Нохчийчоь ца йоьжна! Иза лазийна, йохийна, яржийна, чов йина, амма иза когаш т1ехь лаьтташ ю. Цуо дерриге а дуьненна шегара доьналла д1а а гайтина. Массо а кхетара карарчу хенахь суверенитет иза Нохчийчоьна шена лерина х1оттийна 1алашо яц, иза геноцидах ларъяла биссина цхьа некъ бу цунна.
Х1инца массо а кхеттера нохчашна Росси нана ца хиллий, иза царна къиза десте юй а, цу пачхьалкхана юкъахь шаьш диссича нохчийн х1у дан кхерам буй а. Россица хила кхераме дац, нагахь санна и хьан дозанал арахьа елахь.  Россин Федерацин Конституцис баха-м боху иза массо а цхьатерра, нийсса бакъонаш йолчу субъектийн союз ю, амма Нохчийчоьхь хиллачу т1амо гайтира и дешнаш цхьаьна а кепара бух боцу, зорбане девлла элпаш бен ца хиллий.

Биначу барте хьаьжжина, Нохчийчуьра эскар арадаккха долийра. Т1еман машенийн ехачу мог1арша д1алаьцнера урамаш, хеталора церан юьхь а, йист а яц. Цаьрга б1аьрг тоьхча, Ибрах1им боккъалла а тийшира шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь т1еман шина шарна юкъахь Нохчийчухула цхьа миллион ши б1е эзар саьлтий а, эпсар а чекхваьлла бохуш яздеш хиллачунах. Дуьххьара и хезча цунах теша хала дара. Муха хир ду къомал дукха и къам х1аллак дан чудалийна эскар? Дукхох йолу яьккхий машенаш йоьттина яра нехан х1усамашкара цара ваннийн а, унитазийн а  бисте кхаччалц д1акхоьхьучу рицкъанах. Комендантски ротанашна юкъара нохчаша уьш совца а бой лачкъийнарг машенаш т1ера охьадоккхуш, меттигаш а нислора.

Официальни хаамашца, Нохчийчоьхь т1ом беш Россин шиъ ах миллиард доллар ахча делира, ткъа бозуш боцучу эксперташа мах хадорца – пхи-ялх миллиард. Кхин а дика хира дара нагахь санна и ахча эскархошна а, церан доьзалшна а д1ахьажийнехь, наха лелийначу унитазех пайда эццал уьш г1аддайна хилча.
1996 шеран коьрта башхалла яра Нохчийчуьра Россин эскар арадаккхар а, республикехь парламентски харжамаш д1абахьар а.
Д1аболабелира харжамашна хьалхара къовсам а.

1996-чу шеран эсаран беттан чаккхенехь Ичкерин Оборонин Комитета сацам бира дуьхьало яран ницкъаша цхьа кандидат хьалхатта веза аьлла. Амма цхьаьнца г1уллакх ца хилира.

Нохчийн къоман куьйгалле х1отта лууш юьхьанцара ши кандидат вара – Яндарбиев Зеламха а, Масхадов Аслан а. Яндарбиев Зеламха Дудаев Жовхаран муьрехь вице-президент хилла а вара, ткъа иза кхелхинчул т1аьхьа Ичкерин президентан декхарш кхочуш деш а вара. Иза политика йовзанза вац, цундела Москваца къамеле вала атта хир ду цунна. Яндарбиевна моьттура Масхадов Москвана атта ву, цундела цо Россехьа оьзна политика лело тарло. 
Ткъа Масхадовн аргументийн йозалла дукха хьолахь йоьзна яра къаьсттина и бахьана долуш Нохчийчоьна суверенитет яьккхина хиларца, х1унда аьлча цо ша Ичкерин т1еман эскаран штабан куьйгаллехь а волуш, кечйинера хьаттан (август) баттахь Соьлжа-Г1ала яккхаран стратеги. Цо арадаккхийтира Россига Нохчийчуьра эскар.
Масхадовн оппоненташна гуш дара т1еман т1аьхьалонаш д1а а йохуш, маьрша пачхьалкха кхолла ницкъ карийна волчу цуьнан политика юкъараллас т1аьхьарчу хенахь къобал еш хилар, цундела уьш иза къоман барт бохорехь бехке ван г1оьртира. Амма нохчийн юкъараллас Масхадовн аг1о лецира.
Яндарбиевна а, Масхадовна а т1аьхье, нохчийн къоман баьччанаш хила шайн болу лаам бовзийтира Басаев Шемала а, Закаев Ахьмада а, Удугов Мовладис а.

Юкъараллина ца лаьара харжамашца доьзна нохчийн куьйгаллехь барт бохийта. Юкъараллас доьхура къомана хьалха бевллачаьрга цхьа кандидат билгалваре, амма цу т1ехь барт ца хилира. Цу политически къовсамах конфронтаци хуьлийла дацара, х1унда аьлча т1амо г1елйинчу нохчийн юкъараллин цхьа барт хиларе болу лаам ч1ог1а бара и санна дерг атта магийта.
Нохчийн йоккха дегайовхо яра легетимни 1едал кхоьллинчул т1аьхьа, шаьш эххар а маьрша пачхьалкхехь дехар ду аьлла. 

Шеко йоцуш цу хенахь политикашна юкъахь а, иштта бахархошна юкъахь а Россига болу цабезам цхьаммо а лечкъош бацара.

Масхадов Аслан Москвана бакъхьара хета бохург дуьйцуш дара Россин ерриге а шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь. Москвана хетарехь Яндарбиев Зеламхас ша юхавер воцу политик санна гайтина. Москвана ца хаьа цуьнан дагахь х1ун хир ду. Москвана ца лаьа нохчийн президентан даржехь «№1 террорист» Басаев Шемал ган а.

Россин эскар Нохчийчуьра арадаккхаран Ельцин Бориса 1996-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь диначу омранца а, иштта премьер-министраца Черномырдин Викторца Ханна бинчу бартаца а хаьа мегар дара Масхадов Ичкерин Президент х1оттийтарехь иза хьалхара г1улч яккхар дуй.

Москвана ца лаьара Нохчийчуьра д1аяха, амма иза массо а тешо г1ертара шен кхин т1ом бан ойла ца хиларца. Россин т1еман г1уллакххошна а, иштта политикашна а юкъахь дукха бара Нохчийчуьра т1ом сацо ца лууш берш. Царна иза Росси эшар хетара, цундела дуьненна хьалха а ца лаьара царна и санна йолу сийлахь йоккха пачхьалкха жимачу къомо эшийна хилар д1акхайкхо.

Цхьаболчу политикаша къайла ца деш д1акхайкхадора х1ара машар цхьаьна ханна бен бац бохуш, г1елъелла Росси, жимма онда а яьлла юха йог1ур ю ша болийначу т1амехь къеггина толам баккха.
Ичкерин президентан дарже х1отта луучеран харжамашна хьалхара кампаниш шуьйра д1ахьош яра. Массарел а къаьсташ вара Удугов Мовлади.

Иза к1оргера шен ойла т1ехьажийна вара Ичкерих исламски пачхьалкха кхолла. Цуьнан суьрташ т1ехь долу кехаташ а, рузаманаш а республикехь ког боккху боккхучохь ган аьтто бара.

Цул башха т1аьхьависсина вацара Яндарбиев Зеламха а, Масхадов Аслан а. Шеко йоцуш цу шиннан а харжамашна хьалхара кампанишна ахчанца кхачо еш хьал долу спонсораш бара. Т1амо йохийна, яржийна йолчу Нохчийчоьнна иза доккха х1ума хетара. Харжамийн къовсам башха эрчо йоцуш д1абоьдуш бара, амма х1ете а республикин шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь кандидаташа вовше цхьацца пайда боцу, осал дерг алар хуьлуш меттигаш а нислора. Амма, ала деза, уггаре а оьзда шайн харжамийн кампаниш д1ахьош вара Масхадов Аслан а, Закаев Ахьмад а.

Харжамашка баьхкинера Россин а, ОБСЕ-н а тергамхой. Массара а харжамаш легетимни хилар а, уьш дуьненюкъара лехамашка хьаьжжина д1абаьхьна хилар а къобал а дира.

Кхин болу кандидаташ шена дукха гена т1аьхьа а буьтуш, кхузткъа сов процент харжамхоша шайн кхаж д1абаларца Ичкерин Президент х1оьттира Масхадов Аслан.

Шеко йоцуш боккъалла а къоман лаам бара Нохчийчоьнан куьйгаллехь Масхадов Аслан хилийтар. Массо а кандидаташна юкъахь иза уггаре а товш вара цу даржехь, х1унда аьлча 1едалан мукъ кара эца башха хьаьгна а вацара, дахарехь а, политикехь а шортта зеделларг долуш а вара. Юкъараллин баккхий сатийсамаш бара цуьнца боьзна.


Харжамийн де политически 1иттарш йоцуш д1а ца делира. Цхьа забарча вара Соьлжа-Г1алин урамашка араваьлла. Ельцинан суьртах шен юьхь т1е туьтм1аьжиг а йиллина харжаман участкашкахула д1асалелара иза некха т1е доккха кехат а оьллина, ткъа цу кехата т1ехь ишта йоза дара: «Нохчий! Суна д1ало шайн кхаж! Ас дош ло шуна Россехь конституционни низам а балор бу, кхин къаркъа а мер дац!»
И накъост тайп-тайпана харжамийн участкашкахула волавелла лелаш хуьлура, ткъа наггахь дохийначу ц1енойн херцарш т1ехь хиина 1аш каравора иза. Цунна т1аьхьа бевлла лелаш журналисташ а хуьлура. Хонкарера еанчу журналисткас хаьттира цуьнга:
- Ельцин, боккъалла а кхин къаркъа мер долуш вац хьо?
Забарчас жоп делира:
-Ас муха мер ду и? Удуговс а, Басаевс букъа т1е шовзткъа г1аж тухур ю ма аьлла и малахь. Ас-м х1инцале суннат а дина шуна!
Гонаха массо а воьлура цо бохучух, ткъа т1емалоша-м герз карахь «Ельцинна» уллохь суьрташ дохура.
Цхьа там боцу х1ума ца хуьлуш а ца диссира. Ичкерин Президент хила шен кандидатура хьалхатеттина волчу Хасбулатов Русланан ваша лачкъийнера, иза маьрша ваккхийта Хасбулатовс ца ваьлла шен лаам юхаийцира.
Кхин новкъахьовзам боцуш харжамаш чекхбевлира, республикин дукхох болчу бахархоша шайн кхаж д1а а луш.


II

Нохчийчоьхь болчу хиламашца доьзна Россис сацийнера республикин экономически инфраструктура юхаметтах1оттор, амма Москвахь 1аш болу Завгаевн «г1ишлошъярхой» кехат т1ехь иза юхаметтах1оттийна бовлуш лаьттара.
1997-чу шеран бюджетана Нохчийчоь юхаметтах1отторна лерина хьашташ юкъа ца дахийтинера. Ткъа иза коьрта билгало яра ца леш йиссина Нохчийчоь кхин д1а х1аллак ян Росси юха йог1ур хиларан. Ткъа Нохчийчоьнан бюджетехь т1амо йохийна г1ишлош юхаметтах1отто ахча дацара.
Цуьнца доьзна сацам бинера цкъа хьалха кирпични заводаш а, карьераш а, силаман-бетонни заводаш а юхаметтах1иттош, оцу кепара бахархошна г1о дан.

1996-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь дуьйна Нохчийн Республика Ичкерин Г1ишлошъяран Министерствос шен болх д1аболийра. Х1оттийна хиллачу 1алашоне иза кхечира – 1997-чу шарахь дуьйна бахархошна маьхза г1ишлошъяран г1ирс бара д1алуш. Иштта 1алашонехь дара г1ум а, жаг1а а боккхучу карьерашка а, кирпични заводашка а пачхьалкхана зенехь болх байтар а. Оцу предприятийн сурсаташ белхалошна алапа дала а, налог д1аяла а эшча бен духкуш дацара.
Республикехь лелош хилла Россин налогови законодательство хийцира. Юкъа ялийра налог яларан барам мелла а лахбеш йолу керла система. Дуккха а нах налогаш яларах мокъа бехира. Жигара юхаметтах1оттош дара нохчийн бюджетан пайда хиларан коьрта дакъа – республикин мехкдаьттан сфера.
1едала шен ницкъ кхочург дора нохчийн пачхьалкхалла юхаметтах1отторехь.
Пачхьалкхийн юкъаметтигаш нисъярехула Россица къамел дара деш. 1997-чу шеран х1утоссург (май) баттахь нохчийн къоман дахарехь мехала хилам хилира – Россин а Нохчийчоьнан а президентийн цхьаьнакхетар.
Цу цхьаьнакхетарехь куьйг яздира «Нохчийн Республика Ичкерин а, Россин Федерацин а юкъаметтигийн аг1онех а, машарах а лаьцна долчу Договорана». И тайпа кехат нохчийн исторехь дуьххьара дара. Цуьнга хьаьжжина, шина аг1оно, б1ешерашца вовшашца латтийна къиссам сацош, вовшашна пайдехь юкъаметтигаш нисъеш, барт бира:

- Муьлха а къовсаме хаттар ницкъаца ца къасто;
- Шайн юкъаметтигаш дуьненюкъара бакъонан массо а лехамашна т1е а тевжаш х1итто;
- Куьйг яздина долу кехат кхи д1а юкъаметтигаш нисъеш, муьлха а барт баран лард лара;
- Х1ара барт бар куьйг яздинчу дийнахь дуьйна ницкъе дог1уш хилар;

Йоккха исторически мехала йолуш дара Россин Федерацина а, Нохчийн Республика Ичкерина а юкъахь диъ б1ешерахь лаьттина т1еман къиссам тховса чекх а баьлла, кхин д1а мел долу хаттар стоьла хьалха политически некъаца къастор а ду аьлла Ельцина дина д1ахьедар.

Цу цхьаьнакхетаран юьххьехь Армавир а, Пятигорск а г1аланашкахь террористически акташ хилира, иштта Нохчийчоьхь журналисташ лецира закъалтана. Амма цу бохамаша машар юхаметтах1отторна новкъарло ца йира. Гуш дара Россин а, Ичкерин а президентийн лаам иза хилар, т1амна дуьхьал уьш хилар. 
Ткъа нагахь санна иза ша дерриге а моттарг1ина лелош хилла политически ловзар хиллехь?


III

Чекхделира школера хьалхара белхан де. Ибрах1им ц1а ваха араваьллера. Школин кертахь шен «Жигули» машен схьалалатош воллура физикин хьехархо Хамидов Роман. Ибрах1имах б1аьрг кхеттачу цо ша иза ц1а кхетор ву элира. Орджонокидзе урамехула некъ беш, царна гира дуккха а машенаш а, иштта гена доцуш, майданехь д1айоьдуш митинг а яра, цуьнга ладог1а гулбелла нах а бара. Роман а Ибрах1им а сецира хилларг х1ун ду хьажа. Иза хиллера Радуев Салмана вовшахтоьхна митинг.

Радуев Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев Жовхаран нуц ву. Цуьнан дахарера баккхий кхиамаш бу – Г1излар г1ала яккха вахар а, иштта Первомайски станицина дина т1елатар а, № 2 террористан ц1е а. Цо кхиамца кхоьллинера Дудаевн ду боху эскар а, иштта Радуевс сих-сиха д1ахьедарш а дора Дудаев дийна а ву, кестта Нохчийчу ц1а а вог1ур ву бохуш.

Шеко йоцуш цунна г1о деш баккхий ницкъаш бара. Уьш ца хилча муха аьтто бер бара цуьнан х1ора баттахь санна сих-сиха Пакистане а, Са1удин Арави а эха, Макке хьаж деш ву ша бохуш.
1996-чу шеран аьхка Германехь беза мах белла операци а йинера цунна.
Г1ирсаца кхачо йина хиларе хьаьжча «Дудаев инарлин эскар» Ичкерин эскарал тоьлла дара. Правительствехь белхан декхара кхочуш деш Радуев вацара. Х1ара ду аьлла т1едог1уш рицкъа а цуьнан дацара. Армавирехь а, Пятигорскехь а хилла террористически акташ Радуевс шена т1елецира, ша уьш Россис нохчийн хаттар къасторехь сихо ца йина аьлла бекхамна динера аьлла. Цо и д1ахьедар дарца нийсса Пятигорскехь д1алецира нохчийн ши зуда. Цу шинан бехк хилар билгалдина дацара, я цхьа а жима а бахьана а дацара и бехк цу шинна т1ебилла. Амма цунах доккха политически ловзар а дина, Россин кхела миска ши зуда яьккхий хенаш тоьхна набахте д1ахьажийра.
Соьлжа-Г1алахь дуьйцура и шиъ боьхачу политикин гураша лаьцна ю бохуш. Ши зуда йохкар-эцар лелош яра. И шиъ набахте кхачар доккха г1алат ду бохуш дуьйцура цу шинан гергарчу наха а.

Лериначу ницкъийн урхаллин векалша Буденновскехь хиллачунах лаьцна Бунича язъйиначу книги т1ера Басаевн тобанера йоь1ан сурт а гойтуш, д1ахьедар динера къаьсттина и йо1 хилар Пятигорскехь хиллачунна бехке. Амма цара юьйцу Басаевн тобанера и йо1 оцу хенахь Нохчийчоьхь яра, набахти чохь йолчунца цхьаьна а аг1ор йозуш а яцара.
И массо а факташ гайтаме ялийра Россин кхерамазаллин Советан секретарь волчу Рыбкинна. Амма кхел яр цхьаммо а саца дира. Нохчий хиллара бен кхин т1ехь бехк боцу ши зуда набахте хан токхуш яра.
Радуевс Первомайски юрт д1алаьцна ах шо далале хилла транспортни диверсиш а ФСБ-с нохчашна т1едиллира. Цкъа Москвара метро а, ши троллейбус а эккхийтира, юха дукха хан ялале Армавирера вокзал, ткъа цул т1аьхьа «Волгоград-Астрахань» ц1ерпоштехь ши терракт хилира. Ткъа цул т1аьхьа хаам хилира Воронежера вокзал эккхийта г1оьртинера аьлла.

Ткъа 1996-чу шеран г1уранан (декабрь) баттахь сийначу стигал яхара Санкт-Петербургера метрочуьра вагон. Ткъа х1инца Пятигорскехь хилира эккхийтар. Цу массо а зуламашна юкъара къастийна лоруш Пятигорскехь хилларг бен дац. Цу массо а зуламна бехке нохчий а бу. Радуевс х1оразза а массо а бехк хазахетарца шена т1елоцура. Ткъа Нохчийчоь-м  Радуев Салмана диначу цу бух боцу д1ахьедаршна шен ма-хуьллу юьстах яла г1ертара.
Амма Радуев Россехь хилла муьлха а бохам дозаллица шена т1елоцуш вара. Мотталора цо 1908-чу шарахь Малхбален Сибрех стиглара тунгусски метеорит чукхетар а кестта шена т1елоцур ду.
Иза кийча вара бегийна мохк а, даьржина хи а, ломах яьлла ц1е а шен куьйга дина ду ала. Ткъа иза дара цуьнан долахошна оьшург. Ткъа и долахой цуьнан хиларна т1ехь цхьа а шеко а яцара.
Радуевс массо а бехк шена т1елоцуш, хазахетарца деш долу д1ахьедарш, ишта хазахетарца даржош дара Россин лериначу ницкъийн урхаллаша массо а шуьйрачу хаамин г1ирсашкахь.
Царна вуно ч1ог1а пайдехь дара «нохчийн лар» хилийта муьлха а зулам даьржинчохь. Ткъа боккъалла а и бехк бу я бац талла хьашт хиларца церан бала а бацара. Коьртаниг ду зорба тоха, д1агайта, д1адийца, милла тешна а цхьаъ тешар ву. Коьртаниг ду итта шарешца кхуллуш хилла долу «шаьлта йиръеш волчу вуочу нохчочун» васт лардар, кхин хийцам боцуш, масане хуьлу т1ейог1учу хенахь а иза оьшуш меттиг нислой а?
«Дудаевн эскар» кхоллар билггал шен 1алашо йолуш х1ума дара. Оцу кепара массарна а гойтуш дара «Жовхаран некъ» а бу, иштта «Масхадовн некъ» а бу, ма-дарра аьлча Масхадов юьстах ваьлла Дудаевс х1иттош хиллачу 1алашонашах, цо д1ахьош ерг капитулянтски политика ю, иза кийча ву Дудаевс кхайкхош хиллачу суверенитетана а дуьхьал вала. Цу г1уллакхо Радуевна аьтто лора Масхадов Асланна адам меллаша дуьхьал даккха.
Радуев Салманан митингашкахь дакъа лоцуш бара селхана-стомара Россин оккупацина  дуьхьал хилларш. «Дудаевн эскаре» х1уьттуш бара селхана-стомара цхьа барт болуш мостаг1ашна дуьхьал летта берш. Оцу кепара б1аьхойн мог1аршкахь барт бара бохош.
Нохчийн 1едало жимма кхеравора Радуев, ткъа юха дукха хан ялале цо кхиамца д1ахьора шен политически провокациш. Маршонан майданехь (хьалха Ленинан ц1е лелийна майда) даима митингаш яра Радуевс вовшахетташ. Церан декъашхой Радуевс дика лелош а бара. Ойла йича, иза ницкъаца жоьпе озош везаш вара, амма махкахь а, цуьнан дозанал арахьара а хьал ишта а синтеме ца хиларца доьзна, иза кхераме дара, цундела 1ад 1аш вара Масхадов а.

Ахчанца кхачо еш йоццушшехь, Нохчийчоьхь юхаметтах1итторан белхаш д1адолийра. Схьайоьллуш яра машенаш технически 1алашъяран станциш, паркаш, сада1аран меттигаш, иштта юхаметтах1оттийра драматически театр а, арайоккхуш яра йохийначу г1ишлойх йиссина нехаш. Шайн аьттоне хьаьжжина студенташ а, дешархой а т1еэца юьйлаелира лаккхарчу а, юккъерчу а дешаран хьукматаш.
Шолг1ачу дийнахь Ибрах1им балха вахара. Дешарна хьаьгна хиллачу берийн хааршка болчу лаама дог деладора хьехархочун. Алапаца дерг нисделла доццушшехь, хьехархой болх беш бара. Хала ду-кх, т1едог1уш рицкъа дац-кх аьлла цхьаьнан а ойла ца кхоллалора. Дагчохь сирлачу кханене боккха тешам бара, цу тешамо г1о дора массо а халонех чекхвала.
Дешаран а, 1илманан а декъан белхалойн алапаца долу кхачамбацарш тесна ца дитира Правительствос – ахча лой а, ахча ца хилча сурсаташ лой а цхьаъ доцуш ца буьтура уьш.
Т1еман заь1апхо хиларна г1ишлошъяран организацис дина г1о а, иштта гергарчу наха дакъа лацар а бахьана долуш Ибрах1има сиха юхаметтах1оттийра шен х1усам. Тховк1ело яра, х1инца цхьа сингаттам бара – гонахара хьал.
Ша ерриге а политизированни йолчу республикехь политикина юьстах вуьссийла дацара.
1997-чу шеран хьаьттан (август) баттахь Россин а, Нохчийчоьнан а президентийн рог1ера цхьаьнакхетар хилира. Цу цхьаьнакхетарехь къастийра нохчийн-оьрсийн юкъаметтигашкахь кхолладелла т1аьхьататта йиш йоцу кхачамбацарш.
- Нохчийн Республикин маршонан хьокъехь вай кхин д1а оьшуш йолу г1улчаш яха еза – д1ахьедар дира Россин Президента Ельцин Бориса.
Ишта цо билгалдаьккхира Нохчийчохь Россица юкъара экономически а, оборонни а, иштта авиационни а шорте кхуллур ю аьлла. Цунна нохчийн делегацис цхьаьна а кепара дуьхьало ца йира, я йойла а дацара. Масхадовн программни д1ахьедаршкахь а, цо д1акхоьхьучу политикехь а хьахийна а дацара Нохчийчоь Россица аьчка керт йиллина къаста г1ертар ю аьлла.
Масхадовс даима билгалдоккхура Нохчийчоьнна суверенитет иза Россира гуттарлера т1елатарех, цо даима дохьучу зуламех ларъялархьама оьшуш хилар. Оцу суверенитето аьтто лур бара Нохчийчоьнна Россера юха а рог1ера цхьа бала бог1уш меттиг т1е1оттаелча дуьненюкъара бакъонна т1е а тевжаш, дуьненан яккхийчу пачхьалкхашкара г1о деха.

Ткъа Россех буьззинчу барамехь Нохчийчоь шена личъа а къасталур яц, х1унда аьлча цуьнца санна кхин цхьаьна а пачхьалкхаца яц Нохчийчоь ишта экономически а, этнически а, иштта кхин йолу а з1е йолуш.
Цу хьолехь тамашийна хир дара Россин политикийн аг1онера и з1е ца кхетар нисделлехь.
Иштта, цу цхьаьнакхетарехь хиира 1997 шо доладелчхьана Нохчийчоьнан экономика а, социальни сфера а юхаметтах1отто барх1 б1е шовзткъе ворх1 миллиард сом ахча даийтина хилар а, иштта т1ейог1учу хенахь кхин а х1ора баттахь кхузткъа миллиард сом д1ахьажор хилар а.

Цу д1ахьедаро Масхадов Аслан боккъалла а цецваьккхинера. Нохчийчоьнан Президента шен рог1ехь д1ахьедира республике схьакхаьчнарг цхьа б1е ткъа миллиард сом бен дац аьлла.

- Соьгахь цхьа терахь ду, ткъа Аслан Алиевичан иза ялхозза к1езиг ду…билгалдинарг барх1 б1е миллиард дара, ткъа къоман банкехь б1е ткъа миллиард бен дац. Кхин долу ахча мича дахна Дела ша воцучунна ца хаьа…и г1уллакх дер ду леррина къасто дезаш – билгалдаьккхира Ельцин Бориса.

Цу хьокъехь долчунах кхето хьаьжира Россин Кхерамазаллин Советан секретарь Рыбкин Иван. Цо дийцарехь барх1 б1е шовзткъе ворх1 миллиард сом боккъалла а дехьа даьккхина. Иза бакъ ду! Амма дийна ахчанал совнаха, Нохчийчоьхь лелаш векселаш ю. Цундела дийна ахча к1езигах хир ду, къаьсттина мел к1езиг хир ду билгал ца даьккхира цо. Ткъа и миллиардаш Нохчийчу схьакхачале лечкъош дара. Цундела дукха т1еман г1уллакххоша а, иштта политикаша а шайн ницкъ кхочург дора Россин президентаца х1ара тайпа цхьаьнакхетарш ца хилийта.
Дукха ца 1аш, Россин лаккхарчу даржашкахь болчара дуьйцур ду мича даханера и ахча. Цунах дер хилла Нохчийчу Къилбаседа Х1ирийра а, Ставрополера а, Г1алг1айчуьра а йог1у Россин серлонах а, газах мах д1абелла. Билгалдаккха деза, Нохчийчоьнан дукхох болчу бахархоша серлонах а, газах а маьхза пайда оьцуш хилар.
Ткъа Нохчийчохь-м Масхадовн дуьхьал болчара сиха юьхьарлецира барх1 б1е шовзткъе ворх1 миллиард соьмах дерг, ткъа цул т1аьхьа Масхадовс Нохчийчу деанарг б1е ткъех миллиард бен дац бохург тергал а ца дира.
Юкъараллин кхетам карзахболуш лаьттара. Радуевн митингехь Масхадовн правительство бехке еш яра и ахча лачкъорна. Нохчийчуьра хьал галдолуш дара. Ткъа Масхадов собаре вара.


IV


1998 шо ч1ог1а хьийкъина хилира. Ибрах1иман бешара массо а диттийн гаьннаш охьахьош дара  мерзачу стоьмаша – туьркаш, баьллаш, г1аммаг1аш. Хьавас царех компоташ, вареньеш йира, ткъа биссина стоьмаш гергарчу нахана д1асабийкъира. Бешара стоьмаш кхаччошшехь, хасстоьмаш т1екхиира. Цунах доккха г1о хуьлура. Балхара мокъа волчу хенахь, Ибрах1има ц1ент1ехь г1о дора Хьавайна. Гали шекар а, дама а долуш ду – 1а даккха а хала хир дац бохуш – ойла йора цара. Исламаца цхьаьна Ибрах1им сих-сиха юьрта а воьдура да-нана х1ун деш ду хьажа а, царна г1о дан а.
Дечиг доккхура, бежанна докъар кечдора, ша аьхка стоьмех а, хасстоьмех а кечйинарг марнанна йохьуш Хьава а йог1ура. Ткъа доьзална жижиг латтош Заурбек вара – цо лерина лелош дара шен даьхни – ткъех гергга уьстаг1 а, масех етт а, старг1анш а, иштта говр а. Хеда кест-кеста йог1ура Ибрах1имг1аьрга г1ала хьошалг1а царна шортта юуург а йохьуш. Меллаша, дахар шен хорше доьрзуш лаьттара.
Иштта цу ц1ент1ера дезаршкахь Ибрах1им парг1ат хуьлура Радуевг1арах а, Басаевг1арах а, Ельцинг1арах а, цара кегочух а.
Доьзал а, шен х1усам а йоккха синпарг1ато яра Ибрах1иман. И ца хилча-м хьервала а гена дацара. Телевизор лато а ца лаьара цунна, я газеташ деша а.

Кху заманахь цуьнан уьйр ца хеда, бакъболу доттаг1ий бара дуьненан а, иштта оьрсийн а классикаш.
Джек Лондонан турпалхошца цхьаьна дашочу г1амаршла кхача Юконан ша санна шийла тулг1енаш цоьстура цо; Достоевскин турпалхошца цхьаьна дахаран маь1на лоьхура;  Купринан «Гранатови браслет» йоьшуш ша Желтковн метта хилча х1у дийр дара те бохуш ойла йора; Дюма турпалхошца пачхьалкхан г1аттамашкахь дакъа лоцура; Гомер воьшуш, ширачу Грецин дуьнене кхочура; Шекспиран говзарийн аг1онаш луьстуш, шех Гамлетан ден 1индаг1а тарлора.

Доккха дара, шортта дара литературин дуьне. Литература хилира Ибрах1иман уггаре а боккха бахам, ткъа иза кхуьнгара баккха ницкъ кхочур бацара я т1еман а, я Россин эскаран а. Цу доьхначу хьолехь, книгин аг1онаша денбеш бара т1еман к1урлахь х1аллак хилла синтем. Книгашкахь даима дикано толам боккхура, диканца д1адоьрзура муьлха а т1едеана вуо. Макиавеллин а, Лебонан а говзарш йоьшуш, Ибрах1им кхетара мел къиза хуьлу 1едале г1ерта нах, церан книгаша мел боккха психологически т1е1аткъам бина хилла шайн къаьмнаш 1азапе латтош хиллачу баьччанашна.

Т1амехь а, иштта ц1ераваьллачу хенахь а Ибрах1има даима сагатдора шен книгашна. Г1ебартойн-Балкхарера ц1а веъча, цунна гира шен книгашна доккха зен ца хиллий. Бакъ дерг аьлча, массо а д1асхьакхисна-м яра уьш, амма лечкъа ца йинера.
Арахь йиссинарш дог1анаш бухахь 1ехкина йистинера. Деган 1ийжамца уьш яго дийзира Ибрах1иман. Эзар сов книгех лаьттиначу цуьнан библиотекера б1е гергга  книга х1аллак хиллера. Иза лалур долу зен дара. Цу хьокъехь Хьавас элира:
-Дагадог1ий хьуна, ас хьуна бехк боккхура, ахь книгашна дукха ахча дойу бохуш. Ма дохко яьлла со айса ишта бахарна. Чохь оьшу х1ума а ца оьцуш, книгаш эцна хиллахьара ахь…тховса хьан дуьнене долу самукъа цара юхадерзош хилча.
Дейтта шо кхаьчна волчу Ибрах1иман к1антехь Исламехь а дара шен ден лазар. Ч1ог1а йоккха уьйр яра цуьнан литературица.


Дуьненчохь ша йоккхучу хенахь доьзал а, книгаш а бен кхин бахам бацара Ибрах1иман, цундела шен х1ора а книга Исламана совг1атна юьтуш, йоза яздинера Ибрах1има. К1анта и шатайпа мехала совг1ат хазахетарца т1е а лецира.
Ислам я книга карахь йолуш, я телевизор хьалха волуш хилча бен синтем ца хуьлура Ибрах1иман а, Хьаван а. Иза минотана а лулара нийсархой болчу аравалахь сагатдора цара, я бехк а бацара, х1унда аьлча х1етахь т1ом д1абаьллехь а, амма машар кеста кхочур болуш ца хиллера Нохчийчу. Соьлжа-Г1алин урамашкахула хехкалуш бара Даймохк маьрша баьккхина шаьш боху сонтабевлла, берриге а герзех а боьттина, мехкан керла дай бу шаьш бохурш. Шайна дага ма деънехь цара герз детташ меттигаш а нислора. Г1алин бахархой кхоьрура царех.
Царна шайна юкъахь барт боьхна меттигаш а нислора, ткъа и дов къасточу хенахь, адамех х1уммаъ я эхь а, я къа а ца хетачу церан тоьпех бераш а, бахархой а леш меттигаш а нислора.
Россин эскар арадаьккхинчул т1аьхьа ц1ехьа бирзира, т1еман тата геналлера схьахеззашшехь Нохчийчуьра к1ур бина бевдда хилларш. Россин набахтешкахь хан токхуш хиллачара я, цигахь зулам лелош хиллачара, Соьлжа-Г1ала ц1а баьхкича, гергарлонийн уьйрех пайда оьцуш я, кхаьънаш луш, шайн ницкъ кхочург дора шайна Даймохк ларбархойн ц1е якхха.
Царех дукхох болчеран т1еман декъашхойн тоьшаллин кехаташ а, орденаш а, мидалш а яра. Уьш-м ког баккха баьккхинчохь юхкуш ма ярий. Тоьпан молханан хьожа а кхетаза болчу цара х1уммаъ эхь ца хеташ, шаьш нохчийн т1амехь гайтина хьуьнарш дийца охьаховшура. Царех халкълахь кооперативни т1емалой олура.
«Даймохк ларбархойн» цхьа кхи тоба а яра. Уьш бара т1еман заманахь дийнахь а, буса а нехан х1усамашкахула кхерсташ, шайна караеънарг лечкъош лелаш хилларш. Т1амах мелла а маьрша йолчу меттигашка д1а а хьой д1аюхкура цара, жимма а мехала йолу х1ума.
Цунах даьккхинчу ахчанах шайна наркотикаш оьцура, ткъа уьш кхачийча, юха а шайн боьха йохкар-эцар лело буьйлалора.
Бакъ болчу б1аьхоша-м шайн кара баьхкича къиза та1зар дора царна. Кхин дош ца олуш, меттигехь тоьпаш тухура царна. Цундела т1емалошах ч1ог1а кхоьрура жуьлгаш оьрсийн саьлтехчул а, х1унда аьлча уьш-м къаркъанан шиша делча сиха кочара бовлура.

«Даймохк ларбархойн» шинаъ тобанах кхоллалуш яра зуламхойн юкъаралла. Цара шайна мах белча нах бойура, ахча даккха адамаш лечкъадора, мехкдаьтта лечкъадора, кхин долу а даккхий зуламаш дора. Цаьрца къиссам ма-хуьллу латтош бара, амма Нохчийчоьнан чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон а, кхи йолчу нуьцкъллин структурех а, уьш башха кхоьруш бацара. 1едало д1алаьцна волу зуламхо маьрша ваккха герзаца нахах йоьттина керлачу машенашкахь мобильни тоба кхочура. Шайгахь гранотометаш а, ишта кхин тоьлла герз а долчу цара муьлха а КПЗ а, РОВД т1амца йоккхура я, ультиматут х1оттайора. Оцу кепара шайн накъост маьрша воккхура цара. Ала деза, цара и сихонца кхочуш деш хилар. Ткъа милиционерашна г1о шен хеннахь т1е ца кхочура, мобильни з1е г1ийла хиларна.
Зуламхоша закъалтана лаьцна нах Березовскис маьрша баьхначул т1аьхьа, Нохчийчоьнан рынкашкахь гучубовлура и сонта кегий нах. Масех керла машен а оьций, цу т1ехь «Масюкера совг1ат» я, «Власовера совг1ат» олий куьйга йоза а дай уьш хахкалой д1а боьлхура керла хьуьнарш гайта.
Ткъа боккъалла а мостаг1ех летта хилла берш-м тийна-таь1на, шайн хьанал рицкъа доккхуш 1аш бара. Ибрах1им санна школехь балхахь бара я, юьртбахам лелош бара.
Цхьаболу т1емалой  Чоьхьарчу кхерамазаллин Министерствон структурийн урхаллашка а,   Пачхьалкхан кхерамазаллин Департаменте а балха боьлхура. Царех цхьаберш президентан а, иштта министрийн а, депутатийн а г1аролехь балхахь бара, ткъа цхьаберш пачхьалкхан маь1не объектийн, къаьсттина  политически а, экономически а доккха маь1на долу Баку-Новороссийск трубопроводан г1аролехь балхахь бара.
Амма цуьнца нийсса, лаккхарчу пачхьалкхан даржашкара цхьаболчу полевой командирийн шайн зуламан тобанаш а яра, шайгара 1едалан ницкъах пайда а оьцуш, царна г1о дора цара.
Дерриге а шайн дахарца адамийн сибатах довларан масала хилла, гергарчийн безамах а, ларамах а бевлла болу уьш, инзаре кхераме бара. Цкъа меллаша ийзалуш, юха майра бевлла, шайна та1зар хир доций хууш, Нохчийчоьхь зуламан орам тессира цара. Цара лелочун маь1на дан дош карор дацара. Наркотикаша бахийначу церан къизаллин доза дацара.
Царна бен вацара нохчо а, эрмало а, оьрсий а. Ахчанах муьлхха а дахар хадо, муьлхха а кхоллам кагбан кийча бара уьш.
Т1еман к1урлахь ц1ийца яьккхина хилла Нохчийчоьнан маршонан ц1е сийсаза еш, и маршо йоккуш хиллачийн ц1е сийсаза еш, лелара уьш дерриге а дуьненна хьалха.
Иза дара Масхадовн доккха г1алат. 1едалан мукъ шен карахь боллушшехь, цо ца сацийра даьржаш долу зулам. Цкъа шайна магийтинарг, кхин д1а а мегар дуй хиъначара 1едалан дозанаш тергал ца дора.   
Т1амо кхетор ца хиллера уьш. Т1амах беркат хилла нах бара уьш. Селхана-стомара къоьллин гурашкахь хилла уьш, тховса т1амах баьллачу пайданах дуьненан дай хетта лелара.
Амма кхане йолуш нах бацара уьш. Дуьткъ деллачохь хедар ду олуш цхьа х1ума ду халкълахь. Чаккхе йоцуш х1ума дац, зулам тешне а.

Шеко яцара и адамаш ю боху х1умнаш Нохчийчоьнан дозанал арахьара баккхийчу ницкъашца боьзна хиларан. Т1амо йохийначу республикехь и тайпа барамехь ахча кара кхочийла дацара, иза даккхаран некъ хьарам ца хилча.

Цхьаммо а дош ца олуш, уьш Москвахула а, Петербургехула а, Казанехула а, Россин кхин йолчу г1аланашкахула а, иштта дерриге а дуьненчухула д1асалеларо гойтура Москвана уьш мегаш буй. Зулам шалха, кхолха гуо лоцуш дара дерриге а къоман. Ткъа Нохчийчоьхь къиссам барий цуьнца боьдуш? Бара! Амма хила ма-беззара бацара. Иза ишта хилийта юкъараллин цхьа барт хилар дара оьшуш, амма иза шина-кхаа дийнахь хуьлу х1ума дац. Цунна хан оьшура, къаьсттина т1еман т1аьхьалонийн муьрехь. Амма цу къиссама шен хьалхара г1улч а яьккхира – зуламхошна духьало яр д1адолийра.


V
Нохчийчуьра хиламашца нийсса, Ибрах1има лерина тергал деш дара Россехь а кху дуьненчохь а хуьлуш дерг, къаьсттина иза Нохчийчоьнах хьакхалуш делахь. Иштта, 1997-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 14-хь Россин Федерацин Пачхьалкхан Думас къастийра Россина а, Нохчийн Республика Ичкерина а юкъара барт хиларан ши проект – российски а, нохчийн а. Российски проект иза доцца аьлча мацах Завгаев Докус куьйг яздиначу Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин юкъаметтигийн а коьрта принципийн а, иштта Россин Федерацин Г1езалойн махкаца биначу бартах а йина компиляци санна яра. Цу проекта тергал деш дацара Масхадовс а, Лебедьс а Хасавюртехь барт бина хилар а, иштта 1997-чу шеран х1уттосург (май) беттан 12-чохь Масхадовс а, Ельцина а куьйг яздина долу Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а юкъаметтигийн а, машаран а барт баран кехат а. Россин Федерацин Пачхьалкхан Думас Кремлан аг1о лецира, Россин цхьалла ларъяеш. Нохчийн Республика Ичкериян статусехула хаттар къасто лаам бацара я Россин а я, Пачхьалкхан Думин а.
Россин 1едалан массо а гуонехь Нохчийчоьнан статусехула даьржина хабар бахьана долуш, дицделлера цу республикин кхин мел долу кхачамбацарш, ткъа уьш статусе ца хьаьжжина а къасто дезаш дара Россис шен лаам нагахь санна хиллехь.

Дицдинера Россин президента Ельцин Бориса дина д1ахьедар а: «Вай кхин д1а а оьшу г1улчаш яха еза Нохчийн Республикин Ичкериян маршонан хьокъехь».

Цу дерригено а гойтура, Нохчийчуьра т1еман т1аьхьалонаш бахьана долуш галдаьлла экономически хьал къасто Россин бала ца хилар.
Нохчийчоьнна ахча ца дала ойла массеран а кортошкахь ч1аг1луш яра. Россин Федерацин финансийн министерство  х1инцале дуьхьал яьллера хьалха биначу бартана, карарчу хенахь ахча дац бохуш. Иза дара 1994-чу шарера 1996 шо кхаччалц Нохчийчоьнна мел хилла зен юхаметтах1отто ахча дац я, хуьлий а ца хаьа бохург.

Цуьнца нийсса, 1997-чу шарахь дуьйна ерриге а Россехь д1адолийра 1997-чу шеран мангалан (июль) беттан 30-г1а кхачале Нохчийчуьра д1а мел баханчу муьлха а къоман бахархошна компенсациш далар. И ахча схьаэца церан аьтто бара нагахь санна уьш т1едог1учу пхеа шарахь Нохчийчу юха бог1ур болуш а бацахь, иштта Нохчийчохь шайн йолу х1усам шайна ца оьшу аьлла, йозанца цара тоьшалла дича а. (подчеркнуть цель)
Цул совнаха, и ахча схьаэца шортта бюрократически зерах чекхбовла безара уьш. Инзаре дукха кехаташ кечдан дезара цара, ткъа цхьа а справка яккха йиш яцара кхаьънаш ца делча. Цул совнаха, компенсаци схьаоьцуш, т1едожийна дара цуьнан ах мах иза схьалучу конторе охьабилла а. Оцу кепара, кехаташ кечдеш мел дайна ахча а тидаме эцча, т1амах зен хиллачунна кхочуш ерг капекаш бен яцара. Ткъа даржашкахь болчеран киса шорлуш дара. Нохчийн т1амах дика пайда хилира Нохчийчуьра мух1ажарш т1еэцна хиллачу луларчу регионашна а, х1унда аьлча гуманитарни г1о а кхин долу мух1ажаршна лерина долу ахча а цара дукха хьолахь шайна чудерзош дара. Цундела вацара цхьа а Нохчийчуьра т1ом д1абалийта лууш. Нохчийн къоман ирча ц1е кхуллуш, шайн хирг деш бара уьш Нохчийчуьра т1еман хьал д1а ца далийта. Ткъа и яцара къомана т1е х1оттийна рог1ера геноцид?

Массо а шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь дог1а санна охьабоьлхура нохчий сийсаза бен хаамаш. Кху дуьненан муьлхха а маь1ехь хиллачу бохаман «нохчийн лар» яра карош.   
Нохчийн аг1оно ша террористашца а, нах лечкъош болчарца а шуьйра къиссам латто шен лаам бу аьлла д1ахьедар дича, гучуделира тоьлла Россехь сел кхиамца терроризмаца къиссам латтош болу инарлаш а, лериначу ницкъийн урхаллаш а Нохчийчоьхь и къиссам латто лууш бац, х1унда аьлча уьш кхоьру террористех а, нах лечкъочарах а шайн дахарна зен хиларна.

1998 шо долалуш Москваца пхоьазза барт бина яздинчу кехаташ юкъара кхочуш хилларг цхьаъ бен дацара – Азербайджанан мехкдаьтта Нохчийчухула дехьадаккхар. Цу г1уллакхна г1аролан лерина подразделени а кхоьллинера. Оцу кепара кхин а масех б1е стагана белхан меттигаш нисъелира, ткъа кхин болчара х1ун дан деза?

Кхолладелла хьолан мах а хадийна Ибрах1им кхийтира мел провокационни хилла Нохчийчоьнан экономически блокада бакъ еш Россин политикаша деш хилла долу д1ахьедарш. Цара олура нагахь санна Нохчийн Республикин экономика юхаметтах1оттор д1адоладахь, иза Россис контрибуци д1аялар санна хир ду. Ткъа иза Россис ша жимачу Нохчийчоьнга эшаяйтина хиларан тоьшалла лара мегар ду. Иза эхь ма ду. Ишта хилийта мегар дац. Цундела Нохчийчоь маьрша пачхьалкха хилар т1е ца лаца, иза эшо еза.

Ткъа эшнера Росси цу т1амехь я тоьллера? Цкъа делахь т1ом барий теша и? Селхана-стомара и т1ом боьдучу хенахь Росси багах чопа а еана ерриге а дуьненна мохь бетташ ма яра и т1ом бац, конституционни низам юхаметтах1оттор ду бохуш.
Ма-дарра аьлча цхьаммо а Россин аг1онера кхайкхийна а дацара т1ом болалуш хилар. 1993-чу шеран Россин конституцига хьаьжжина т1ом кхайкхор вуно чолхе х1ума ду. Оццу конституцехь билгалдоккхуш ду Россин ч1ог1а машар безаш хилар а, т1ом цо нагахь санна шена кхерам хилча бен цкъа а бийриг ца хилар а.
Россин массо а 1едалан аг1онаша цхьа барт а бина кхайкхо безаш бу т1ом. Президентан омра къаста а дина, т1еч1аг1да дезаш ду Пачхьалкхин Думас а, иштта Федерацин Совета а. Нохчийчоьнна, конституцига хьаьжжина мегаш хилла цуьнан хьаьрмахь чолхе хьал кхайкхо. Ткъа иза а ца динера. Делахь, Нохчийчоьхь конституционни низам хилла-кх юхаметтах1оттош?! Ткъа юха кхин цхьа хаттар кхоллало. Аьтто баьлли и конституционни низам юхаметтах1отто?
Т1аккха Буденновскехь а, Первомайскехь а хилла-кх конституционни низам юхаметтах1оттош? Цигахь-м боккъалла а иза юхаметтах1оттийра. Зенаш хиллачу массо а бахархошна компенсациш а д1аделира, иштта цу меттигийн инфраструктура а тайира. Юридически Россис Нохчийчоьнан статус билгал ца йира. Иза х1инца а кхозуш ю х1аваэхь. Делахь, Нохчийчоь Буденовск а, Первмомайск а санна Россин ларалуш ю-кх, т1аккха Нохчийчоьнан бахархойн а церан санна бакъонаш ю-кх.
Цундела, дика хир дацара бехк боцучу нахана т1е бомабанаш а ца етташ, дийнна къоман ц1е сийсаза а ца еш, адамийн бакъонаш массанхьа а санна кхузахь а ларъйича?

Нагахь санна Нохчийчоь 1993-чу шеран Конституцехь яздина ма хиллара Россин дакъа ца хилча, делахь Россис Нохчийчоьнца бинарг т1ом бу-кх. Кхузахь конституцис бохург кхочуш ца дина, къаьсттина т1ом кхайкхоран низам а, Россин арахьарчу политикин машаре амал хилар а.

Ерриге а Россехь Нохчийчуьра мух1ажараш мух1ажарш санна лоруш бацара, уьш чуьра мигранташ бара, ца бевлла шайн республикера арабевлла, цундела «мух1ажаран статусах» лаьцна законодательни акташ царех хьакхалуш дацара.

Билгалдаккха деза, мигрантан кехат даккха а нохчийн къомах болчарна инзаре хала дара – цунах а ахча дала дезаш дара. Ладоьг1ча мух1ажарш а бацара я, т1ом а бацара, Конституцис бохург а динера. Дер т1ом а ма бара, шен къизаллин барам оза терза карор доцуш, мух1ажарш а ма бара х1ара дуьне гатдина, шаьш мича г1ур бу ца хууш, 1993-чу шеран Россин Федерацин конституцин массо а статья а йохийнера.
И къиза т1ом болорна бехке мила ву, и сел къиза беш хиларна бехке мила ву хууш дацара, х1инца а та1зар ца динера Сирж-Эвла, Сема1аш, Г1ойист, Чири-Эвла а, кхин йолчу а нохчийн ярташкахь къизалла гайтиначарна, чим бина Соьлжа-г1ала ягийначарна, Нохчийн Республикин б1е пхи эзар маьрша адам х1аллак диначарна, инарлашкара а, саьлтишкара а мидалш, орденаш схьа ца яьхнера, нохчийн геноцид кхочуш ярна царна елла йолу.
Дукха бара куьйг бехкениш. Ткъа цу т1амехь толам баьккхиний Россис? Дер ца баьккхина. Росси дуьненахь сийлахь йоккха пачхьалкха ларалуш ю, ткъа цуьнан сийлалла-м дукха хьолахь йоьзна ю 1аламат дукха герз хиларца а, лаьттан шорталлица а. Ткъа нагахь санна и герз хиларо дуьненюкъара законаш дохо цунна бакъо луш хилча-м лара мегар ду толам баьккхина хилар. Муьлха а къам доьза дайалц т1ом бан дагахь и хилча, хийла еттар ю цо толаман шатлакхаш. Амма нагахь санна Россина боккъалла а дуьненан т1ег1анехь шен сийлалла гайта лаахь, цо уггаре а хьалха, шена иза мел хала делахь а дерриге а дуьненна д1акхайкхо беза Нохчийчоьнан а, Россин а аг1онашкара бехке берш, царна та1зар а дан деза дуьненюкъара бакъонан лехамашка хьаьжжина, нохчийн къам къинт1ера а даккха деза ша диначунна, Нохчийчоьнца кхолладелла массо а къовсаме хаттар бомбанашца а ца къастош, стоьла хьалха, маьрша къасто а деза, Россин эскара аьтта охьайиллина Нохчийчоь юхаметтах1отто а еза, цуьнан бахархошна йохийначу х1усамех компенсаци яла а еза. Иза ша дерриге а шерашца кхочуш дан мега х1ума ду. Россин экономически хьал чолхе ду, цундела цо шен ницкъашшка а, аьттонашка а хьаьжжина ша и кхочуш дийриг хилар т1елаца деза. Чолхе хир дацара и хьал нагахь санна пачхьалкхан дола деш хила ма веззара да а валахь  цуьнан кхиарах дог лозуш нах цуьнан куьйгаллехь а балхьара. Нохчийн т1амах «байракх» а бина, 1аламат дукха Россин 1аламан сурсаташах ка етташ, цу пачхьалкхара рицкъа арадоккхуш бара уьш. И шайна дола а дерзийна, нохчийн къам бехке а дина, баха хевшира кутал нах.

Россина масалина яло мегар ду Гитлеран политикас къизалла латтийначарна компенсаци д1алуш йолу Германи. 
Шена чуьра и кхачамбацар къасторехь Россис цхьацца дуьхьал г1улч яьккха еза Европан а, Азиян а 1амаьркан а цхьа йолчу пачхьалкхашца йолчу юкъаметтигашкахь. Т1аккха хир ю Росси Сийлахь йоккха пачхьалкха. Т1аккха вер вацара цхьа а цуьнан сийлаллех шек.
Россис экономически а, политически а блокада ярна Нохчийчоьхь ц1еххьана лаккха делира зуламан т1ег1а, Масхадовс цунна дуьхьал къиссам латтош боллушшехь. Йохийна г1ишлош, белхазалла, доцу ахча – цу дерригено а саб1арздина, ричкъа мичара доккху ца хуучу наха зуламе боьду некъ а хоржура.
1997-г1а шо Соьлжа-Г1алахь конденсатаца билгалделира. Селхана-стомара бералла йоцу кхиъна бераш, тховса жималлин зовкхах хьоьгуш биссинера, церан аьтто бацара я болх каро а, я лаккхара дешаран хьукматашка деша х1итта а, х1унда аьлча ишколехь кхачам болуш дешна бацара уьш т1ом бахьанехь. И кегий нах д1ахьевдира орнаш даха. Цаьрга бехк а бацара. Царна ца лаьара герз карахь зуламан некъа т1е бовла, ткъа цхьаьна аг1ор рицкъа а дара даккха дезаш. Шайн доьзалшна г1о даррий бен кхин ният доцуш хилла уьш лецира боьхачу гураша. Итт-шийтта метр ор даьккхича, насосаца схьаоза мега мехкдаьттан конденсат гучудолу. Ткъа юха цунах лахара кхачалла йолу сурсаташ долу – бензин а, солярка а. Цу к1оргене кхаччалц ахка кхераме ду, х1унда аьлча ворх1-барх1 метр к1орга ваьлча а зене 1аьнарш гучуйолу, и бахьана долуш, яьккхинчу г1ун пенош охьахарца таро ю.
Г1у йоккхуш цу чувуссура противогаз т1ехь йолуш цхьаъ, электроз1енехула цунна т1етесначу пылесосехула х1аваъ д1а кхачадора. Мел ч1ог1а онда, ницкъ болуш верг а цу чохь итта-пхийтта минотехь бен ца 1алора. Са кхачийча, цо муш озабой, хоуьйтура шен кхин тоха са доций, ткъа цул т1аьхьа накъосташа иза сихонца схьала а воккхий, цуьнан метта кхин чувуссура.

Оцу кепара ерриге а Соьлжа-Г1ала охкуш яра. Цхьа болчара г1унаш яра йохуш, кхин берш мехкдаьттан конденсат схьаозош бара, важа цунах бензин кхехкош бара, кхин берш иза Нохчийчоьнан дозанал ара а доккхуш, иза цигахь духкуш бара. Юха и кегийра тобанаш яьккхийчу тобанашка а йоьрзуш, вовшашца къиссам латто юьйлаелира, цара къуьссура мехкдаьттан конденсат доккху меттиг.

Къинхьегаман хьелаш хала дара, амма алапа дика дара. Гонахара 1аламана зен хиларал совнаха, цара талхош шайн могашалла а яра. Дийнна де доккхура цара конденсатан д1овше 1аьнарш шайна чу а ийзош. Иза кхехкош йолу аппараташ кхачам болуш йина ца хиларна, сих-сиха лелхара. Кегий нах леш бара – цхьа берш аппарат эккхар бахьана долуш, кхин берш мехкдаьтта доккху меттиг герзаца къуьссуш.

Кестта уьш шайн тергоне ийцира меттигера нуьцкъаллин структураша, къаьсттина Пачхьалкхан кхерамазаллин Департамента а, Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон экономически зуламашца къиссам латторан урхаллас а. И тайпа йохкар-эцар лелош хилларш меттигера зуламхоша я, полевой командираша дола деш бара.
1еламнаха маьждигашкахь кхайкхадора «конденсантни бизнес» лелор хьарам ду аьлла, цара йемал дира цу г1уллакхан, халкъан рицкъа ду лечкъош дерг аьлла билгал а доккхуш. Цул совнаха, 1еламнаха иштта тидам т1ехьажийра и г1уллакх лелош болу кегий нах т1аьхьарчу хенахь дукха леш хиларна, ткъа иза къомана а эшам бу, бензин кхехкош 1аламана а хуьллу доккха зен. Амма цаьрга ладог1а дагахь цхьа а вацара.


«Конденсатни бизнесаца» 1едалан хьежам шалха бара. Экономически аг1онера хьаьжча иза пайдехь къинхьегам бара, х1унда аьлча мацца даьлла а конденсата латтана т1е а даьлла, юха хиш бех дийр дара, ткъа Нохчийчоьнан Правительствон аьтто бацара мехкдаьтта лаьттан кийрара оьшучу барамехь схьаэца а, иза даккхар нийсачу хорше дерзо а.
Амма, цуьнца нийсса адаман могашаллина а, экологина а хуьлуш боккха эшам бара. Къаьсттина чолхе хьал дара  къилба-малхбален Нохчийчоьхь, цигара х1ора а юьртан х1аваъ д1овше хилла даьллера кхехкхочу бензинах.
Цул совнаха, хьалха мехкдаьттан вышканаш лаьттинчохь, алу хилла йогура масех хаьштиг, цигара эзар тонн мехкадаьтта дара т1ехоьхуш. Иза шайн ницкъаца сацо, лерина г1ирс ца хилча аьтто бацара. Ши б1е метр герга воьдучохь а дацара цига. Царех цхьа ерш 1994-чу шарахь дуьйна йогуш яра. Т1еман к1уро лаьцна хилла Нохчийчоьнан стигла х1инца кхехкачу мехкдаьттас д1алаьцнера. Ларт1ахь саде1а а йиш йоцуш хьал х1оьттинера махкахь. Кху къомана пайдана, беркатана 1аламо делла хиллачу цу сурсатах  тховса къомана д1овш хиллера. Т1амах ца леш диссина адам х1инца мехкдаьттан к1урлахь саде1а йиш йоцу леш дара. Пехийн лазар шуьйра даьржинера махкахь. Уггаре а жигара безин кхехкочу Шелахь т1ом балале шарахь  ткъе итт эзар сов бер дуьненчу долура, ткъа 1997-чу шарахь церан терахь пхийтта эзар а дацара, цул совнаха, дукхох долу бераш дешшехь лазарца а дара.
Советски Союз хиллачу пачхьалкхан хьаьрмахь уггаре а йорах бензин Нохчийчоьхь дара. Республикина цунах хуьлуш пайда бацара.

Конденсатни бизнесан и массо а дика а вуо а аг1онаш тидаме а лаьцна республикин правительствехь сацам биначух тера дара цуьнца г1ийла къиссам латто. Амма х1ете а цхьаьна шарна юкъахь эзар ши б1е кустарни установка х1аллак йинера.
Меттигера телевиденехь правительствон премьер-министр волу Басаев Шемал а вистхилира «кондесатни бизнес» пайдехь ю бохуш къамел деш. Иза-м Нохчийчоьхь таханлера де кхаччалц кхиъна йог1уш ю, амма Россин эскар чудеъчхьана, цунах пайда оьцуш дукха хьолахь т1еман г1уллакххой бен бац, цу зене белхан барам 1аламат боккха а бу – инарлийн кисанашка доьду миллиардаш ахчанаш.

Амма иза хилла ца нохчийн 1аламана зенехь йохкар-эцар. Нохчийн ярташкахь юьртбахам лелорал совнаха, дечиг ду духкуш. 1994 шо доладелчхьана дагарна буха яхана г1илошъяран хьун. Нохчийчоьнан ламана пхеа к1оштахь – Веданахь а, Нажи-Юьртахь а, Шуьйтахь а, Итон-Кхелахь а, Галанч1ожехь а юкъараллин экономически а, политически а х1оттаме хьаьжжина бахархойн терахь къаьсташ хуьлу – кхо б1е эзар стаг. Кхузара хьал хала хилар доьзна ду Россис Нохчийчу йог1у газ лахъйина хиларца. Оцу кепара ламчохь дечиг а, к1ора а багош хиллачу нахана х1инца т1екхетта аренца болу бахархой а. Хьаннан бахаман белхалоша уггаре а лахара а диначу жам1ашца адамаш деха г1ишлошкахь а, ишколашкахь а, больницашкахь а, иштта кхин йолу хьукматашкахь а йовхо латто кхо б1е эзар кубически метр хьун оьшура.
Цул совнаха, йохийна г1ишлош юхаметтах1итто а, керла г1ишлош ян а кхо б1е эзар гергга кубически метр хьун яра хьокхуш. Мехкдаьттан т1аьхье хьун хилира пайда баран цхьа аг1о. Дечиган цхьаьна машенах пхи б1е сом доьхура. Хьун хьокхуш волчунна бен дацара ша диг тоьхна дожош дерг пап ду я, къахьашту ду. Дагарна буха доьлхуш дара диттийн мехала тайпанаш. Оцу кепара цхьа кубометр хьунхара дечиг даьккхича, республикин цхьа эзар доллар гергга ахча дара довш. Иза инзаре бохам бара нохчийн 1аламна а, экономикина а, амма дан х1ума дацара, х1унда аьлча йовхо ца хилча ца долура къам, иза массарна а оьшура. Ишта йолаеллера Росси къар ца лу Нохчийчоь къаръян. Цо гойтура кхин йолчу субъекташна х1ун хир ду нагахь санна уьш нохчашкара масала а эцна маршоне кховдахь. Цкъа Россис республикин берриге а бахам х1аллак бо, ткъа юха цхьа а г1о доцуш, дан амал доцуш юьту иза, кхин д1а цуьнан массо а некъ бохош. Дукха хьекъал ца оьшура кхета Росси Нохчийчоьнна бекхам бан кечлуш юй.


VI
Ибрах1им балхахь волчу школе веара к1оштан администрацин куьйгалхо Хабибулаев Эдалбек. Жималлехь дуьйна накъостий бара уьш. Эдалбек Мехкдаьттан институтехь доьшуш вара. И шиъ вевзинера Чеховн ц1арахчу библиотекехь, х1етахь дуьйна доттаг1алла лелош а вара. Ибрах1им санна т1ом бина а вара Эдалбек. 1996-чу шарахь Соьлжа-Г1ала йоккхучу хенахь ч1ог1а лазийнера иза. Х1етахь доьналла гайтарна орден а еллера цунна.
Шен политически хьежамашца Россехьа оьзна вара иза, амма х1ете а Нохчийчоь цунна дуьненюкъара бакъонан субъект хетара.
Эдалбека школин куьйгалле дехара дира хьехархошна юкъара цхьаъ билгалвахьара шена аьлла меттигера телевиденехь вистхила.

Переменехь хьехархойн гулам а кхайкхина, администрацин куьйгалхочо хаьттира цаьрга мила ву реза телевиденехь вистхила. Цхьа болчара шайн йиш яц элира, кхин болчарна эхь хетара, ма-дарра аьлча цхьа а реза ца хилира. Т1аккха Эдалбек дехарца Ибрах1иман б1аьра хьаьжира, ша телевиденехь и хан халла яккхинера, ткъа къамел тахана ца дича йиш яц. Ибрах1им цкъа реза ца хила дагахь вара, амма накъоста х1усам юхаметтах1оттош шена дина г1о дага а деана, цунна эхь хийтира Эдалбекан дехара кхочуш ца дан. Цул совнаха, Ибрах1иман махкахошка дийца шортта х1ума а гулделла.

-Дика ду! Амма сан биллам бу! Цкъа делахь пхи минот суна тоьур яц. Суна ах сахьт гергга хан оьшу. Шолг1а делахь со вистхилла валлалц сан къамелана юкъа ма лелха. Къамел соьга сарахь барх1 сахьт долуш дайта, х1унда аьлча х1етахь республикин массо а бахархой ц1ахь хуьлу – элира Ибрах1има.
Эдалбек реза а хилла телецентре д1авахара, Ибрах1иман къамелан хан 20 сахьт 30 минот яьлча билгалъян.

Ибрах1им шен кабинетана чувахара, хин долчу къамелана кечам бан. Иза волчу чувеара цуьнан доттаг1а а, белхан накъост а Роман. Цо ша Ибрах1им телецентре а, цигара ц1а а кхетор ву элира. Цу т1ехь церан барт а хилира.

Барх1олг1ачун ах даьлча уьш телецентре бахара. Роман машеначохь 1аш вара, ткъа Ибрах1им телевиденин белхалошца чоьхьавелира. Иза хазахеташ вара шен къамел ма-ярра йолчу эфирехь хир долуш, х1унда аьлча йиш хир яц цхьанна нийса ца хеттарг д1адаккха.

Передачин редактор яра дикка хан яьлла зуда. Цо элира Ибрах1име х1ун дийца мегар ду а дац, ткъа къаьсттина политикаца а, экономикица а, динца а доьзна къамел дан мегар дац элира цо.
-Кху цхьаьна кога т1ехь хелхавала-м ца боху аш т1аккха соьга? – элира Ибрах1има шен 1аса протезах а 1уьттуш – ас х1ун къамел дийр ду г1алин администрацина а, Культурин Министерствона а хууш ду. Нагахь санна аш суна новкъарло еш хилахь, со д1агур ву…шайн ловзаршна кхинаг лаха.
-Х1ан-х1а..х1ан-х1а, д1аваха ца оьшу. Тхо долчу баьхкинчара пачхьалкхана луьйш, я цхьа г1уллакх доцург дукха дуьйцуш хуьлу, цундела бахар ас – бехказала яхара редактор – гайтал хьайн къамел т1ехь долу кехат – куьйг схьакховдийра цо.



- Суна цкъачуна гуш яц кхузахь цхьа а пачхьалкха, ткъа къамел кехат т1ехь дац, къамел сан 1овдал коьртачохь ду, кхуза ван реза хилла болчу.

-Дика ду, дика ду…бехк ма биллалахь суна. Вало, гримерни доьлху вай, жимма грим ян еза хьуна…
-Сан хьечу к1ур а тоьхна, х1инца юьхь т1е пудар тоха-м ца г1ерта шу? – забар йира Ибрах1има, ткъа юха ша ишта а цец яьккхинчу редакторе хаьттира
-Оператор мичахь ву шун? Со дика гайта ала дезаш ву со цуьнга…масане хуьлу цхьаьна хазчу йоь1ана везалахь а…х1инца моде ма даьлли кхо-йиъ зуда юьгуш.
-Иза цкъачуна мокъа вац, амма кеста схьавог1ур ву.

Оператор дукха ца 1аш, веара. Ибрах1има иза юьстах а ваьккхина, хаьттира
-Хьан ц1е х1ун ю?
-Джамайка
-Джамайка…тов…ямайка…Джамал хир ву-кх хьо, вуй? Ладог1ал соьга.
-Х1ан-х1а…сан ц1е Джамайка ю.
-Ма лелха сан къамелана юкъа…Джамайка ц1е ца хуьлу…нохчийн ц1е Джамал ю. Ладог1ал, Джамал…сан ах сахьт хан ю. Нагахь санна ахь сан къамел минот хьалха а сацадахь я, суна цхьа новкъарло яхь, ахь кхузахь кхин болх бийр бац хьуна…кхеттий хьо?
-Кхетта…соьга Хабибулаев Эдалбека элира хьо дика снимать ве
-Снимать ма ве…гайта…снимать снайперша бо, ткъа хьо йоккха кхане йолуш оператор ву. И куьзганаш дехкина зуда а кху чуьра араяккха, хьайга яккхалахь.
-Мила? Зайнапи? Иза тхан жоьпаллин редактор ю. Иза-м х1инца д1аг1ур ю, цуьнан к1анта йо1 ядийна тахана.



-Ма г1уллакх дина-кх цо…т1аккха вайшинан барт хилла, болх д1аг1ур бу – Ибрах1има реза хиларца белша т1е куьйг туьйхира Джамайкина.
Зайнап гримерни чухьаьжира. Грим яйта реза ца хилла Ибрах1им 1аш вара цхьаьна журналан аг1онаш д1а а луьстуш. Цу т1ехь дуьйцура 1982-чу шарахь ЭмбисиХоумЭнтертеймент телеканалехь Кортесе Григорийх лаьцна Баллада» кино яккхаран башхаллех лаьцна а, иза йоккхуш хиллачу режиссерех Янг Робертах а, Эспарази Монтесумах а, Хаусмен Майклах а.
Зайнапах б1аьрг кхеттачу Ибрах1има хаьттира:
-1амаьркан говзанчашкара зеделлачух пайда оьцуш бу шу?
-Мичара?! Церан миллионаш ду, ткъа тхан кассеташ эца а аьтто бац, цундела ма-ярра эфирехь болх бан безаш хуьлу. Дала мукъ лахь дика чекх ер ю эфир. Со сиха ц1а кхача езаш ца хиллехь, соцур яра, хьуна г1о дан – элира Зайнапа, иза х1ун дийца дагахь ву талла а г1ерташ
-Дер ма х1ума дац и…ахь суна ишта а дика г1о дира…1а дика йойла хьан – Ибрах1има сиха новкъаеккхира ца оьшу хаттаршца шен дог эт1ийна редактор.

Аьчка не1ар т1ехь яздина дара «Ма ярра эфир! Г1овг1а ма йе!». Студи чохь операторца цхьаьна кхин а шиъ вара: серлонан говзанча а, аьзнийн оператор а.

Шен къамел Ибрах1има махкахошка маршалла хаттарца д1адолийра. Цо билгалдаьккира республикехь х1инца а кхин долчу къаьмнашкара нах хиларна бехаш, Россин куьйгаллас дийцарехь-м Нохчийчоь юьзна ю 1аьрбойх а, африканцех а, украинцех а, кху дуьнент1ехь мел долчу къаьмнех а, папуасийн бисте кхаччал, цундела ша оьрсийн маттахь вист хир ву аьлла.



-Дика ду-кх вайн республика ган тайп-тайпана къаьмнашкара нехан лаам хилча. Амма х1ун дахьаш бог1у уьш? Муьлш бу уьш?
Со Соьлжа-Г1алин Ленински к1оштан 41-чу школехь болх беш ву дешаран декъан директоран г1овсан даржехь, иштта оьрсийн мотт а, литература а берашна хьоьхуш а ву.
Амма суна цкъа а гина дац тхан школехь а, кхин йолчу г1алара школашкахь а кхузахь бехачу кхечу къаьмнийн бераш. Церан бераш а, зударийн а ирсечу маьрша мехкашкахь 1аш болчух тера ду. Ткъа кхуза а баьхкина, герз карахь лелаш берш кхета беза, я уьш вайн куьйгаллас кхето беза вай кхолла г1ертар маьрша пачхьалкха ю, т1еман полигон яц.
Кхин д1а суна билгалдаккха луур дара – х1ара дуьне кхуллуш кху махкахь кхоьллина долу вайн х1ара жима нохчийн къам х1инца а боккъалла маь1на деш, кхетта дац вайна хиллачух а, х1инца хуьлуш долчунах а. Вай  я сихонца х1аллак до  бомбанаш, даьндаргаш, снарядаш тохий я, сийначу Сибрех д1а а дуьгий шелана, мацалла дала охьакхуьссу я, цхьа ца бевза, тамашийна мостаг1ий баржабо вайна юкъахь, я дегнашка гамо, оьг1азло йоссайой х1аллак бо.

Шен имперски куралла йолчу Россин вайна т1ехь динарг, кхин болчарна шен ницкъ гойтуш дина ду – шу массо а сан карахь ду, хьовсал соьга х1ун дало – боху цо. Россина хета вай массо а шен лаьттахь 1аш ду, вай вовше барт бохарах ша лардина, тхов к1ело елла т1елаьцна ду. Цу ойланан т1аьхьалонаш гуш ю Россин социальни а, оьздангаллин а аг1онашца маьттаза яьллачу юкъараллехь а, куьйгаллехь а.
Оьрсийн патриоташ ю шаьш бохучу Ельцина а, Черномырдина а, Шахрая а, Куликовс а, Лобовс а кхин болчара а оццул йоккха, токхе йолу и пачхьалкха демократига ялайо шаьш аьлла бух боцучу 1ин йисте ялийна.
Ткъа иза цу чу кхоссарехь шайга далуш дерг деш шуьйрачу хаамийн г1ирсаш бу. Россин прессас беш болу болх адамийн б1аьрса кхоло беш бу. Журналисташ харцонан уьшал чохь биссина. Ца ган йиш яц церан шалхонаш, мел кийча бу уьш ницкъ алсам болчунна хьалха палас хилла охьабуьйша.
Бакъонан кеп х1иттош, хаьа царна шайн харцо йовзийта. Церан туьйранаш чаккхе йоцуш ду. Ткъа уьш кхолларехь царна г1о деш ю т1еман а, политически а элита.
Ткъа Ельцин цу хьолехь оьрсийн туьйранера колобок санна хахкавелла воьдуш ву ичкерийцийн берзан бага ца ваха. И керчина воьду некъ мича боьду хууш дац, иза 1иттало и колобок ян а йина, еттина ара хецначара х1иттийначу д1овше механашна т1е.
Цул т1аьхьа ма-дарра долчу хьолаца ца дог1у маьхьарий хеза. Кхолладеллачу хьолехь берриге а т1еман ницкъ а, Россин Федерацин нуьцкъаллин структураш а бехк а, гуьнахь а доцучу Нохчийчоьнна коча йог1у, «пекъар колобок» лазоран бахьанаш д1адаха.
Политикин машанаша лацанза болчу бахархойн кхетамана чудиллина малх санна ц1еначу колобокан дег1ат1ехь мел хилла да1 иза «барзо» ка еттаран бахьана ду. Ишта кхуллуш ду нохчо мостаг1чун васт. Сепаратизм, терроризм, исламски фундаментализм, нохчийн лар, аккха къам – цу билгалонашца довзуьйтуш ду вайн къам Россис шен халкъана.

Вайн бехк цу хьолехь цхьаъ бен бац! Цхьаьна кийрахь ши ц1ий ца тарлуш санна, вай а цу пачхьалкхаца тарлур дац! Вайн къам кхуллуш, цуьнца кийрахь кхоьллина бу вайн маршоне болу лаам, вай цкъа а ца хилла цхьамоо т1ехь олалла деш, цундела вайга лалур яц къизалла а. Массо а Дала кхоьллина адамаш ду вай. Бакъонаш цхьаъ елахь а, амма къаьсташ ду вай.
Вайн Нохчийчоьхь т1аьхьарчу хенахь воккха стаг къаночух а ца къастало. Баккхий нахе ларам бу вайн а, амма диц дан мегар дац къена хилар а, кхетам лаккхара хилар а цхьаъ доцийла.

 Лай а, элий а хиллачу Россина хала ду вайн маьрша ойлананех кхета, амма цунна хаьа деза, х1ара дуьне дилличхьана шена т1ехь цхьаьнга а олалла ца дайтина йолу Нохчийчоь маршоне кхийдар юй.
«Колобоках» дерг юха а олуш, билгалдаьккхира иза мичча а карчахь а, шех яьлла г1ур яц. Ша дерриге а заманан йохалла д1анислур ду. Оьрсийн халкъ а мацца ц1анделла а ц1анлур ду турпалхой ю бохучу йовсарех, ткъа х1етахь бен йиш хир яц цуьнан кхечу къаьмнашна масала гайта.
Оьрсийн санна муьлхачу а къоман бакъо ю шен 1ер-дахар хила а, шен мотт хила а, культура хила а, дин лело а, истори йовза а.
Россин цхьаболчу политикин цу имперски ойланаша шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахула харцонца хьулъеш ю Нохчийчоь.
Стенна т1ехула доладелла вайн къам хьийзор? Стенна кхуллуш ду маьрша нах байа а, г1аланаш йохо а бакъо луш долу конституционни законаш? Нохчийчоь а, цуьнан бахархой а шен долахь хетта йолу Росси са мел кхоьллинчу х1уманан нана хила г1ерташ ю, оцу кепара царна т1ехь олалла дан шена бакъо а йоккхуш. Цу дерригено а талхош ду гонахара хьал. Вайна ца гуш мас-малик ца диссира машар бе бохуш кхайкхамаш беш долу, амма цуьнца нийсса Нохчийчоьнна т1елетара сийлахь йоккхачу пачхьалкхан т1еман и берриге а ницкъ а, къар бала ца туьгучу нохчащца болу и цабезам а. Россига ла ца ло сел жима и къам шега гора ца х1оттадалар. Цундела уьш чухьовдура кхуза политически дивидендаш яха.

Хийла ц1ий хьуйдина и нохчийн латта боккъалла а дезаш, цунах шайн синош д1адала арабевлларш, х1етахь майраллица летта болу нохчийн б1аьхой бара. Ас ца буьйцу террористаш а, зуламхой а. Уьш Нохчийчоь ца йохош а х1аллак бан мегар хиллера.
Цу боьхачу пропагандас тилийна дуьненан юкъаралла а.
Россис ша кхоьллина вайн республикехь цу чаккхе йоцучу т1емийн плацдарм, вайн къам гора х1отто, вайна юкъара дукхачарех пайда а эцна. 
Амма вайн къам цкъа а х1уттур долуш дац гора. Цуьнан тоьшалла ду дахарах маршо ца хийцина болу нохчийн турпалхой а. Кхузахь юьйцург синмаршо а ю. Нохчий даима а бу маьрша хилла, ткъа карарчу хенахь и маршо яханчу хенахь йиссина вайна. Цуьнга болу сатийсам – иза дерзо молха карор доцу лазар ду. Кхузахь цхьа некъ бу – маршонан юьхье юхаерзар, доттаг1аллин юкъаметтигаш а ца йохош, имперски гураш д1адахар.

Дала муьлха а бала боссабарах, иза бакъ болчеран аг1онехь ву, амма Дела а, Иблис а къаьсташ ши кхетам бу.
Х1ай, нохчий! Дала дукха баланаш боссийна вай, дукха зийна вай, амма вайн шех болу тешам, шех кхерар, ше къинхетаме сатийсар гуш и  баланаш лан собар а, ницкъ а белла цо вайна. Амма х1инца Цо цхьаьна ханна дитина вай ваьш вайн дегнаш чудаьллачу иблисаца. И иблис вай д1аттатахь, ткъа Дала вайна юха а г1о дийр ду, юха а къинхетам а, шен ницкъ а боссор бу.

Аса тешалла до цо доккхачу ни1мате ца кхачо а мега вай, амма Далла герга хир ду вай, дегнаш ц1анлур ду. Цу иблисана т1ехь толам вай ца баккхахь, вай юха а боккхачу баланан кара доьлхуш, Делан оьг1азлонах девр дац. Оццул дукхозза Дала зийна долу вай х1инца къинойх ц1анделла,  Цунна дуьхьал х1отта кечам беш хила деза.


 Амма Эхарте кхача сихдала а ца оьшу. Цо ша кхойкхур ду вай, я цхьа а т1аьхьа а вуьссур вац. Делан къинхетамца д1абели х1ара не1алт хилла т1ом. Х1инца вай ч1ир леха а ца г1ерташ, керла дахар кхолла хьовса деза. Вайн массо а ният ц1ена хила деза. Ц1еначу ойланаш бен валор вац дикане.
Диканах цкъа а дог ма дилла! Цкъа а диц ма де вай хьал долу истори а йолуш, шира къам хилар. Вайн бакъо ю кхин долчу къаьмнийн санна маьрша 1ер-дахар хила. Х1ара мохк кхуллуш, кхоьллина ду вай. Цундела цхьаьнан а бакъо яц вайгара нохчийн латта даккха. Вай х1аллак деш ду вайн Даймехкан шатайпалла бахьана долуш, вайгара истори ю лачкъош, вайгара культура ю д1айоккхуш.

Накъостий! Вайна т1ехь динарг а, х1инца дан г1ертарг а иза ойла йина ца валлал инзаре х1ума ду. Сема хилалаш! Оьзда хилалаш! Вайна юкъахь дукха бу вайн маттахь а луьйш, амма вайн дика амалш бехъеш берш. Ларлошаш! Х1ораммо а шегахь ницкъ лаха беза дуьненан х1уманах возуш ца хила. Дела вайца ву шуна, цо вайна г1о а дийр ду. Т1ом сацарах иза х1инца а д1абаьлла бац шуна, цуьнан т1аьхьалонаша кечъеш керла кхачамбацарш ю шуна. Со шуна хьехам бан араваьлла вац, ас сайн дагчохь 1аь1нарг ду дуьйцуш. Вайца бинарг т1ом хилла ца 1ара – иза вайн Даймехкан дег1ат1ехь даьржина да1 ду. Дукха нах бу шуна Нохчийчоьнан ма-дарра васт къайладахьа г1ерташ. Дукха ницкъаш т1ехьажийна шуна, вайна бакъ дерг ца гайта. Россина лаьа вай тешо, ша къинхетам бина, серлоне далийна аккха къам хиларах. Ткъа вайн историкаш-этнологаш вайга Кавказан т1ом болчу хенахь, вайн хьаннаш х1аллак ярах лаьцна бен дуьйцуш бац.
Кавказан т1ом хьаххийначуьра, билгалдаккха лаьара суна Россин Нохчийчоьнца йолу юкъаметтиг шен политически х1оттам хийцабаларах хийцалуш яц цкъа а. Дуьненчохь дукха ю колонизаторски политика лелош йолу пачхьалкхаш, дуьненчохь т1емаш а хилла дукха, кхин хир а ду, амма заманан йохалла 1едал хийцаделча, политически хьежамаш а хийцало, колонизировать дина хилла кегий къаьмнаш маьрша довлу. Цуьнан масалаш дукха ду. Схьаоьцур вай фашистски Германи. Гитлеран муьрехь итт-шийтта шарахь цара 1аламат дукха адам х1аллак дина, амма Гитлер вала а велла, 1едал хийцаделча, фашизмана т1ехь толам баьккхина, иза йоьжча, Германин кхин пачхьалкхан х1оттам хилла.
 Карарчу хенахь, иза адамийн бакъонаш ларъеш, маьрша пачхьалкха ю, цул совнаха цара х1инца а д1алуш компенсациш а ду шайн къоман политикас мацах къизалла т1ехь латтийна хиллачу жуьгташна. Францис хийла т1ехь олалла дина, къизалла латтийна ю Алжир, амма карарчу хенахь Алжир маьрша пачхьалкха ю, цуьнан къомара нах Францехь а беха цхьаммо а новкъарло а ца еш.
Х1ара дуьне хьийзаш ду, зама хийцалуш ю, хийцам боцуш цхьа х1ума дац кху дуьненчохь дуьссуш, Россин Нохчийчоьнца болу цабезам бен. Хьалхара Петр, Шолг1а Александр, Сийлахь Екатерина, Хьалхара Николай, Ленин, Сталин, тахана куьйгаллехь волу Ельцин а – б1ешарашкара схьайог1уш йолу церан политика къаьсташ хилла, уьш куьйгаллехь болу хан-зама а къаьсташ хилла, амма Нохчийчоь къаръян лаам массеран а цхьаъ хилла церан, х1етахь дуьйна цаьрга и къар луш а яц.
Хийцаделларг вайна т1едетташ долу герз ду, амма т1ом бац хийцалуш. Х1етахь 1енаш хиллачу ярташкахь 1енаш дара тахана а нохчийн ц1ий, х1етахь вайн къоман турпалхой мостаг1ашна дуьхьал летта долчу лаьмнашкахь бара тахана а д1абоьдуш т1ом. Иза дага ца дог1у цхьанна а. Цунна т1еберзо безаш бара вайн историкаша шайн тидам. Со ца г1ерта вайн историкийн 1илманан хаарш к1езиг ду ала. Амма шен хенахь церан шортта аьттонаш бара вайн историн к1оргене кховда. Суна ца хаьа стенна луш хилла царна 1илманехь кхиамаш бахарна совг1аташ. Цигара, лакхт1ера хилла хир ду-кх иза ша дерриге а, вайна баланаш охьаоьхучу лакх т1ера. Амма х1ете а цхьаммо а новкъарло еш дацара Нохчийчоьхь ислам берх1иттолг1ачу б1ешеран чаккхенехь бен даьржина дац бохуш, историкаша дуьйцучунна. Соьца массо а реза хир ву аьлла хета суна нохчий цкъа а керста ца хилла ас аьлча. Бусулба дин вайн дайшка, иза доьссина дукха хан ялале деана ду. Нехан динна т1екхийдар, харц хаамаш баржор цхьанна а магийна дац.
Цул совнаха, сан г1айг1а йолуш цхьа хаттар ду – х1ун бахьана долуш г1ерта цхьаболу оьрсийн политикаш Нохчийчоьхь исламски фундаментализм ю боху хабар даржо? Цхьа бух боцуш ма дац и къамелаш. Динна т1ехула т1ом боло ойла ю те? Нохчийчоьхь хилла т1ом ца  тоьъна: Афганистанехь хилла т1ом ца тоьъна? Даймехкан Сийлахь боккха т1ом ца тоьъна? 1ебар болуш бац т1амех?
Суна цкъа а ца хетта со башха к1оргера кхетам болуш, амма сайн динах лаьцна суна дукхох хаьа шина сохьтах нохчий кагбийр бу бохуш куронаш йиначарначул. Нагахь санна муьлха а стагана иза нохчо хиларна етташ хилча, делахь иза шен истори а, мотт а, орам а, дин а долуш хиларна вийна д1аваккха везаш ву? Я оьрсийчун ницкъ дукхох хилча цуьнан бакъо ю къизалла гайта? Амма дег1ан ницкъ иза ницкъ бац. Ницкъ иза син-оьздангаллех лаьтта, Делах тешарах лаьтта, адамаллех лаьтта. Кху дуьненчохь шен маь1на а долуш, цхьаьна х1уманна кхоьллина ма ду вайн къам. Эрна Дала х1уммаъ ма дац кхуллуш. Асаран а ма бу шен пайда – латта д1аса ца даржийта кхоьллина и Дала. Ницкъ совнаха бара аьлла вай х1аллак дан бакъо ма яц цхьаьнна а. Адамаш адамийн бакъонашка хьаьжжина даха дезаш дац? Я х1ара ша дерриге а дийнатийн дуьне ду? Историс гойту вайна и тайпа къизаллаш дукхозза а йитина меттигаш, адам Делера ду, ткъа Дела геч деш ву бохуш. Амма х1ете а кегийра къаьмнийн иэс доккха ду. Вайн къомана а дагахь лаьттар ду ша дерриге а, х1унда аьлча иза доьлла чаккхе йоцучу т1амех, цундела цуьнан кхетам а, ницкъ а дахчийна, ткъа цунна т1ехь г1ело лаьтташ йолу пачхьалкха и къам мел дойу, ша а елла д1айолу. Цкъа а дицдан мегар дац  Дала геч дарца нийсса, кхел а еш хилар. Адамаша кхоьллина вац Дела, Дала кхоьллина ду адамаш. Шена чохь лаха деза г1алаташ а, шега хьажа веза уггаре а хьалха.
Х1ун ц1е йиссина вайна ца туьллуш? Зуламхой, халкъан мостаг1ий, аккха нах, ткъа вайна и ц1ерш тоьхкуш берш шаьш шо шаре мел долу дикох ца хилира, церан ирча амалш хийца ца елира. Иза ду аксиоматически меттан масала. Вайна и ирча ц1ерш а тохкуш, ткъа шаьш Федерацин Совет, Кхерамазаллин Совет, федеральни органаш, Конституционни суд, парламент ю бохуш, бакъо йоккху цара вайна т1ехь г1ело латто.

Вай къасто еза колониальни политика конституционни низамах. 19-чу б1ешерахь Россига Нохчийчоь герзаца къар ца елла. Амма юха а кхолламо кхин а къиззачу къиссамехь цхьаьна туху и шиъ. Россина юха а лаьа нохчашна т1ехь олалла деш, цуьнан культура, истори х1аллак йина, йожо. Сатийсамо 1ехийначу Нохчийчоьна шен 1аламан а, син-оьздангаллин а йист йоцучу сурсатех пайда а оьцуш, сацам бо шен социальни маршо яккха.
Цундела оьшуш дацара федеральни, татарски, башкирски договораш бохучу х1уманех теша. Маршо ю я яц. Кхин хаттар хуьлийла дацара кхузахь.
Шуьйрачу хаамийн г1ирсашах дерг юха а олуш, билгалдаккха лаьа, царна т1ехьа лаьтташ Россин нуьцкъаллин структураш хилар. Иза Россин кхин цхьа герз ду – адаман кхетамна т1ехь ницкъ латтош долу герз. Нана йоккхачу Россехь муьлха а тата далахь, цара лоьху «нохчийн лар». Ткъа шаьш ц1еяххана евзаш йолу «Прощание славянки» марш а локхуш дерриге а дуьне нохчий байа г1атто г1ерта. Иза ю и цхьаьна аг1ор колониальни политикин шуьйра яьржина кеп, ткъа кхин аг1ор дерриге а дуьне нохчашна гатдан бахьана а, уьш набахтешкахь хьийзо, цаьргара бахам д1абаккха, царна массо а некъаш дехка.
Т1еман хенахь царна дегаза ца хетара беллачийн декъий дохка а, царна хаьара нохчашна шайн стаг дийна верг а, велларг а цхьатерра веза вуй. Нохчий хьийзо шайн хирг деш бара лулара кавказхой а, оцу кепара шайн сий дойуш. Амма вайна цкъа а дицлур дац вайна дина дика а вуо. Диначу диканна диканца бекхам бийр бу вай, ткъа вуо динарш Делан кхеле лур бу.
Ишта даима а хилла, иштта хир а ду. Хилозза вайн къомана т1ех1оьттина хиллачу киртига 1амийна вайн къам Кавказан «вошалла» гайта а. Цхьа зама яра лулахочун етт белча а кадаме воьдуш, амма х1инца халахеташ делахь а гуш ду лулахочу мостаг1а хуьлуш а, вешех лулахо хуьлуш а.
Х1уммаъ йорах ца кхаьчна вайга Россин «цивилизаци». Х1инца ша дерриге а доьзна ду муха хир ду вайн дендадар, вайн юхаметтах1оттар.
Уггаре а хьалха вай юхаерзо еза, ницкъаца вайгара д1аяьккхина истори. Истори ца хилча къам хир дац. Вайн культура яйча бен довр дац вай доьза. Ткъа иза вайн ю, вай цунах дозалла дан а деза. Нагахь санна вайн къам акха хиллехь, иза цкъа а хир дацара Дедах тешаш. Ас и ша дерриге дукха дуьйцуш хета тарло, амма суна хетарехь иштачу ойланаша хьийзош сан дуккха а махкахой бу.

Вайна цкъа а дицлур дац муха гайтира дерриге а дуьненна телевизорчухула Россин Президент Ельцин Нохчийчу а веана нохчий бай шен саьлтийн дегнаш ира-кара х1иттор. Иза церан истори ю. Амма вай истори вай х1аллак даран г1о лаьцна хила ца еза. Россин пачхьалкхан хьашташца цкъа а дог1уш ца хилла цо ницкъаца шех схьатоьхначу къаьмнийн хьашташ. Ткъа Россин шен халкъ даима а хилла цхьа а бакъо йоцуш, миска дахар текхош.
Дала мукъ лахь кеста духур ду и нохчо мостаг1чу кхоьллина харц васт. Амма и дохале, вайн къоман хийла х1ума лан дезар ду. Ельцинна а, цуьнан «доьзална» а таханлерачу дийнахь дуьненна хьалха кхерамазалла оьшу шаьш диначу зуламна. Шаьш динарг бакъ дан г1ерташ муьлха а х1ума дан кийча бу уьш. Хала ду вайна, х1унда аьлча вай дицдеш ду вайн дайн и сийлахь 1адаташ. Дин декъалуш ду. 1адате диллича хьешал деза х1ума ца хилла. Вайн дайша хьешана луш хилла уггаре а тоьлла кхача. Дага яийта и ирча хан федеральни эскарша блокпосташкахь бехк боцуш д1алоьцуш хилла вайн кегий нах, юха фильтрационни набахтешкахь царна т1ехь латтош хилла 1азап. Гергарчу наха дукха ахча а луш дийна берш а, белларш схьа муха бохура цигара. Муха леш бара вайн кегий нах цу набахтешкахь. Амма вай тахана цу мостаг1ех тарбала ца беза. Иза ю вайна т1ехьарчийна йолчу терроран цхьа кеп. 
Ткъа х1инца х1ун ду? Вайн къомана юкъахь вайн республикин хьеший лечкъош нах баьржина. Нах лечкъош бу царех ахча даккха. Цул сийсаза, цул ирча х1ума хун хир ду? Мича кхочур ду вай ишта лелахь?
Вайн культура, ламасташ, 1адаташ довш ду. Селхана вайна нуьцкъала коча юьллуш социализм яра, ткъа цул т1аьхьа конституционни низам бара. Ткъа тахана радикальни исламизм, фундаментализм, ваххабизм ю т1ехьерчош, нуьцкъала 1аьрбой хила бохуш.

Вай г1еметта а х1иттина цхьа барт болу къам хир ду вай нохчалла ларъяхь, вай 1адат лардахь.
Со дуьхьал вац Сийлахь дезачу Къор1анна. Амма со дуьхьал ву нохчех 1аьрбой хиларна. Нохчийн 1адат цкъа а хилла дац исламан лехамашца ца дог1уш. Бусулба дин дуьненчу а доссале хилла и нохчийн 1адат тховса а деха, бусулба динца дог1уш. Бусулба дина Дела цхьаъ вар доссийна вайн къоман кийра, амма цуьнан сирла ламасташ х1ара дуьне дилличхьана хилла ду. Вай тховса тарбала г1ертачу 1аьрбойн 1адаташ бусулба дин доссале инзаре ирча хилла ду, бусулба дина а, Пайхамара а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) деана ду царна ц1ена г1иллакхаш.

1аьрбойшна юкъахь а ма бу керстанаш, иза дицдан мегар ма дац.



Дуьненчуьра цхьаьна а динан бакъо яц нуьцкъала кхин йолу юкъаралла шена т1еерзо г1ерта.

Нохчийн доьзалшкахь даима а хилла кегийрчарна т1ехь терго яр. Ткъа карарчу хенахь цунах доззала дойла яц вайн. Дукха нахана ца хаьа шен чуьра жима стаг х1ун лелош ву.
Хьоме махкахой! Терго яйша шайн доьзалийн! Терго яйша уьш син-оьздангаллехь кхетош-кхиоран, ойла яйша церан кханенан. Кху чолхечу заманахь дешна ца хилча шун берийн аьтто хир бац когаш т1е х1отта. Къолам эцийта цаьрга кара герзан метта.
Т1ом д1абаьлла. Вай х1инца вайн къоман кхане кхолла еза, Конституци а, Закон а долу пачхьалкха кхолла еза. Нагахь санна вай и ца дахь, кхана вай юха а бала боьхур бу вайна т1е. Цунна масала дало гена кховда а ца веза. Имам Шемал дагавоуьйтур вай – шен махкахоша Суьйли махкара эккхийна хилла волу. Вайн дайша иза т1е а лаьцна, цуьнан сий дина, иза стигал кхаччалц айавинера. Цо ткъе пхе шарахь къизачу т1еман некъат1ехула дигнера вайн къам, ткъа юха шена оццул муьт1ахь хиллачу нохчийн наибашна а, мурдашна а ямарт а хилла мостаг1ашна т1евахара иза.
Ткъа цигахь паччахьера совг1аташ а оьцуш, Калужски областехь ша йиссина хан парг1ат яьккхира, шен гергарчийн гуонехь. Х1унда лоцу вай т1е вайна бала бохьуш вог1уш верг, оццул дукха яьхь йолу баьччанаш нохчашна юкъахь боллушшехь?
Дерриге а къомо массара а цхьаъ санна реза хуьлуш, хаьржина Президент ву вайн тахана Масхадов Аслан. Цунна г1о дан хьажа дезара вай массо а, вайна юкъара барт цхьаьнга а ца бохабойтуш. Дуьненюкъара бакъонашца, цивилизацин лехамашца йог1уш пачхьалкха вай тахана ца кхоллахь, вайна юха а оьрсишца т1ом бала таро ю, ткъа кхин а доьхнарг ду иза динна т1ехула балахь. И т1ом балийта лууш дукха ницкъаш а бу. Сема хилалаш! Шаьш а шайн гергара нах а 1еха ма байталаш цхьаьнга а. Ларъелаш вайн тахане, кхане йоцуш вай ца диссийта.
Тахана вайн республикехь даьржинчу зулама ког хецна шуна. Д1асахьовса! Хи санна доьдуш наркотикийн йохкар-эцар ду, нах бу лечкъош – вайн республикера а,. иштта лулара хьеший а. Вайна букъ тоьхна дуьненан юкъараллас, шаьш и лазар вайна даржийна доллушшехь.
Тховса вайн къома а, вайн президента цу зуламца болу къиссам ч1аг1 ца бахь, боккхачу балане кхача мегаш ду вай.
Кхин цхьа х1ума а дара сан ала. Оьрсишна юкъахь а,  вайна юкъахь а х1инца а цхьаберш 1абанза болчу тера ду т1амах. Иштачарна пайда бу цунах хуьлуш. Вай герзан ницкъаца ма ца баьккхина Россина т1ехь толам. Иза кхетта ша нийса аг1о лаьцна ца хиларах, ткъа х1инца ондда кечам беш ю керлачу т1амна, и т1ом цо вайн куьйга д1а а болабойтур ю.

Авантюристаш д1асабовдур бу, ткъа юха а бомбанаш вайн г1аланашна, ярташна т1ееттар ю, юха а леш дерг нохчийн адам хир ду, амма хир бац цу боьха политикех киса дуьзнарш-м. Юха а доьху шуьга, махкахой, сема хилалаш! Дала 1алашдойла шу! Иман-беркат ма эшадойла шун х1усамашкахь! – оцу дешнашца шен чулацаме къамел д1а а дерзош, аравелира студичуьра Ибрах1им. Шега хьоьжуш хиллачу Романца ц1авахара иза.


VII

Ц1ахь цуьнга хьоьжуш хьеший бара – Романан х1усамнана а, Ибрах1иман лулахой Анна а, Петр а, церан к1ант Борис а. Хьавас иза чоьхьа воллушшехь г1айг1ане хаьттира:
-Сий доцу нах оьг1аз бохуьйтур болу къамел дара-кх ахь динарг! Хьайн доьзалан ойла ца йо-кх ахь. Х1ара зама кхераме хилар гуш вац те хьо?
Цуьнан къамелана юкъаиккхира Петр Сергеевич
-Иза-м и дара, ткъа сан накъост х1уммаъ ца товш вацара телевизорчухула гуш. Дер веза хьо политически обозреватель цига балха х1отта.

Уьш бехха 1ийра, хан т1ехтиллалц, чай а молуш, цхьацца къамелаш а деш. Роман шен х1усамненаца ц1а вахара, ткъа Борис Исламаца кино хьожуш ша витахьара аш аьлла де-нене дехара а дина Ибрах1имг1аьргахь виссира. Ши к1ант ч1ог1а т1ера вара вовшашна. Иза хуучу дас-нанас новкъарло а ца йора кху шатайпа заманахь тассаделлачу церан доттаг1аллина.
Кертара ара волуш ша новкъавоккхучу Ибрах1име Петра элира:
-Боккъалла а, варийлахь, Ибрах1им…тахана ахь дина къамел дукхачарна хазахетар дац хьуна…ца оьшу бала ма беха хьайна т1е.
-Петр, со лууш вацара цига ваха! Амма кхин къамел сан дойла яцара. Администрацин куьйгалхочо дехара дира хьехархошка а, берийн дай-наношка а, амма цхьа а реза ца хилира…т1аккха со вахара…ишта нисдели-кх..хьуна цу къамелехь цхьа вас хиллехь къинт1ера а вала суна.

-Ахь х1ун дуьйцу, Ибрах1им…со вац ас вуьйцург…вайна юххехь яьржина боьхала ца го хьуна, бахьана лоьхуш 1аш, ткъа хьан к1ант ву кхууьш.

-Хьажахь х1ун дуьйцуш ву! К1ант ву кхууьш тов…дала т1е ма кхачадойла и санна дерг. Петр, кхин ма алалахь и санна дерг – кхераелира Анна.
-Собар дехьа, къамелана юкъа а ца лелхаш, - оьг1аз вахара зудчунна Петр – ас буьйцурш кхузара зуламхой хилла ца 1а…Россехь а реза ца хила мега. Ткъа Ислам деша х1отта везаш а ву, дуьне даа дезаш а ву…боьха х1умнаш шортта йолу дела сагатдеш бахар ас-м – элира Петра.
Наб кхеташ яцара Ибрах1имана. Хьавас элира цуьнга:
-Ислама д1аяздира хьан къамел…кхана кассете хьажа. Айхьа ладоьг1ча мукъне а кхетара вацара те хьо айхьа х1ун дийцина цигахь?
-Вай да висса цуьнан! Х1ун дийцина ас? Я харц вара со? Витийша со – оьг1азвахара Ибрах1им.
Борис а, Ислам а х1инца а вижанза вара. Ибрах1иман дагчу г1айг1а йоьссира. Исламан кханенах ойла еш, наб озийначу цунна, тамашийна г1ан гира.
Хи йистехь 1аш хуьлура Ибрах1им. Чуьра массо а т1улг гуш, ц1ена дара и хи. Ц1еххьана цуьнан б1аьрг кхета Ольгех…к1айн коч а юьйхина, меллаша хи чу йолу иза. Цуьнан кочахь Ибрах1имана гуш ду ша делла хиллачу соьман ах. Цунна го иза ц1еначу хи чохь луьйчуш, ткъа юха и сом цуьнан кочара охьа а хаьдда, хи чохь д1адов. Ольгас лоьху и, каро г1ерта и, амма иза эрна хуьлу…
1уьйранна иза самаваьккхира Хьавас:
-Хьалаг1атта хьан да веана вайга юьртара. Иза реза вац ахь селхана динчу къамелана, Ислам ша юьрта д1авуьгур ву боху цо.

-Ма ч1ог1а кхеравелла-кх шу массо а! Х1инца бага г1атто а йиш яц сан? Д1авог1у со х1инца…собар дехь – Ибрах1им бур-бур деш кечвала волавелира аравала.

Заурбек кухни чохь, чай молуш 1аш вара Ибрах1има шега 1уьйре дика йича.



-1уьйре дика хуьлу хенаш д1аевлла вайна, сан к1ант! Хьан дагчохь долчунах кхета-м кхетара со, амма х1ете а жимма а хьайн доьзалан ойла ца йира ахь и къамел айхьа деш? Нах кхето араваьлла хьо! Шаьш кхета мегаш бац уьш? Ахь кхето безаш бу? Хьо санна майра, майра-м хаац, хьо санна 1овдал кхин цхьа а вацара цига охьахаъван?
Ибрах1им вуо лелла, жима бер санна корта охьа а бахийтина лаьттара. Цкъа а дена дуьхьал дош аьлла вацара иза.
-Селхана, со волчохь хьошалг1ахь хьан дешича Билал вара – кхин д1а шен къамел дора Заурбека. Цо а бохура ахь г1уллакх доцург дукха дийцина. Соьга хьо дикка човхаве аьлла д1авахара иза. Т1амехь ког боцуш виссина хьо…за1аьп стаг ву хьо
-Дада! Цу т1амехь цхьаьна х1усамера масех стаг велларш а бу-кх – да кхето г1оьртира Ибрах1им.
-Вай Дала декъал бойла уьш! Ас х1инца буьйцурш уьш ма бац…хьо ву. Хьайн балхара отпуск а эций, сихонца хьайн доьзалца юьрта д1аг1о. Ислам а, Лиза а ас тахана сайца д1адуьгуш ду. Царна школа цигахь а ю. Шуьшинна а цигахь болх карор бу – гуш дара Заурбек шен дош юхаэца дагахь воций.

Ков дара детташ. Ибрах1им аравелира. Хабибулаев Эдалбек веанера Ибрах1им волчу. Маршалла а хаьттина, Заурбека динарг санна къамел дан волавелира Эдалбек. Цо дийцира Ибрах1име 1уьйранна шега Масхадов Аслана ша телефон а тоьхна элира и тайпа къамел стенна дайтина Ибрах1име аьлла.
-Россин а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигаш нислучу хенахь и тайпа х1ума дийца мегар дац. Цул совнаха, ваххабисташ а бу х1инцале реза боцуш – дуьйцура Эдалбека.

-Ас хьо и къамел де аьлла вахийтина ма вацара цига. Халла и хан яьккхинера ас телевиденехь, школера белхалошкара цхьаъ дай-наношка вистхилийта берийн дешаран терго е аьлла.

-Эдалбек! Вайшиъ вевза дукха хан ю. Хьуна ма хаьа соьгахь шалхонаш йоций. Ас харц дерг элира? Цхьа дош  мукъне а харц дарий сан цигахь? Т1аккха соьга а ца олуш, Масхадов я, цуьнан зуда Кусами я, Радуев я, Удугов, Закаев, Басаев, Ахмадов кхайкха везаш хиллера-кх ахь цига – элира Ибрах1има реза воцуш, 1аса шен протезах а етташ.
-Хьо сиха ву! Собар дехьа! Хьан къамелана реза хилла цхьа стаг ву хьуна Закаев Ахьмад. Хьо ган лууш а ву. Шуьшиъ вевзаш а ву моьтту суна вуй? Амма ларлуш хилалахь…со и г1уллакх д1адерзо хьожур ву. Юьрта д1авахча дика хир дацара хьо? – хаьттира Эдалбека!
-Со цхьанхьа а г1ур вац кхузара ког баьккхина! Дас д1адуьгуш ду бераш. Соьга а д1авола боху цо, амма иза бертавало хьожур ву со.
-Вай, Заурбек кхузахь ву х1унда ца элира ахь? Суна дукха хан ма ю и ганза – хазахетарца чоьхьавелира Эдалбек.
Заурбеке могуш-парг1ат а хаьттина, дукха ца 1аш, д1авахара иза.
Ибрах1им да бертавало г1оьртира, амма Заурбекан къамел доцца дара:
-Ши де далале хьайн зудчуьнца юьртахь хир ву хьо!

Школехь белхан накъосташа дегайовхонца т1елецира Ибрах1им. Ткъа уггаре а доккха совг1ат иза дешархоша аьлларг дара:
-Ибрагим Заурбекович, тхуна хьо телевизорчухула гира. Мел дика дара ахь дина къамел. Цхьаболчарна иза хаза ца хета, амма оха хьоьх дозалла до. Наха-м хьуна цунах ахча делла а боху, тхо ца теша хьуна царех Заурбек Ибрагимович.

Берашка ладуг1уш, Ибрах1им кхетара шен и къамел уггаре а хьалха царна оьшуш хиллий. Царех дукхох берш цунах нийса а кхетта. Ткъа цунна кхин х1умма а дацара оьшуш. Цуьнан 1алашо сица могуш т1аьхье кхиор ю. сийсара дуьйна доьхна хилла дог, бераша ира-кара х1оттийра цуьнан.

Берашца хилла цхьаьнакхетар дара уггаре а чулацаме. Цара тоьшалла а дира Ибрах1им нийсачу некъа т1ехь хиларан.



VIII

Берашца школехь болх беш, Ибрах1има шен дерриге а дахар д1акховдийнера царна, хаарийн дуьненан не1арш доггах берашна д1а а йоьллуш. Цо сих-сиха дуьйцура цаьрга шен хьехархошах а, накъостех а, эскарехь хиллачу дахарах а лаьцна.

Муха хир ю те церан кхане? Царех х1оранан а Дала х1инцале билгалбина кхоллам бу. Ца хаьа муха зуьйр бу уьш дахаро, амма церан дегнашкахь беха сирла сатийсам. Ибрах1иман т1едилларца хьехархоша лаккхарчу классийн дешархошка хаттар деллера школа яьккхича муьлха корматалла хоржур ю цара аьлла. Цхьа б1е ткъех дешархочунна юкъара т1еман г1уллакхехь хила лууш шиъ бен вацара, кхин д1а берш адвокаташ, лоьраш, хьехархой хила лууш бара.
Оццул дукха бераша лоьран корматалла хоржуш хилар йоккха дегайовхо яра. Т1еман къаьхьо 1евшиначу берийн дегнашкахь къинхетам бара, царна лаьара цомгуш адамашна дарба дан, г1о дан. Церан цу лаамо гойтура, мел къизалла гинехь а, нохчийн къоман т1екхуьуш йолу т1аьхье шеца адамалла йолуш хилар, ткъа цундела къоман кхане сирла хир ю. Бераш кхетара герз тоха хала дац, дахар ларда халох дуй. Царна ца оьшура зулам, 1ожалла, царна лаьара шайн маьрша Даймохк юхаметтах1отторехь мехала дакъа лаца.


Ибрах1имаца цхьаьна болх беш тайп-тайпана къомах нах бара. Шен хеннахь луш алапа а дацара, даьржина зулам а дара, шен чевнаш ерзо г1ерташ,  тиссалуш республика а яра, амма цу нехан дахаре болу безам байна бацара, догучу дегнашца беш бара цара болх, церан сирла сатийсамаш кхоло ницкъ ца хилира т1еман 1аьржачу боданан а. Маьрша адамийн дегнашкахь болчу къинхетамах а, дахаре йолчу шовкъах хаьа мегар дара цу къизачу къиссамехь толам баьккхинарг халкъ дуй, х1унда аьлча оццул къизалла а, цабезам а гиначу церан дегнех т1улгаш ца хилира, цу дегнашкара бошмаш х1инца а зазашлахь яра.
 Шортта оьрсийн хьехархой а бара школехь, нохчашца нийсса т1еман бала лайна болу. Ибрах1имана хетарехь цара шайн ницкъ кхочург дора бераш 1амо а, кхето а. Цхьаболчеран санна Ибрах1иман бацара цаьрца цабезам. Иза кхетара цара гайтинарг бакъ долу доьналла хилар. Церан жималла кхин ма яра. Х1етахь царна дага а дог1ур дацара, бертахь, к1еда-мерза дехаш хилла ши къам сел къизачу т1еман гураша лаьцна, царна юкъахь цабезаман т1ай тоссуш, доькъур дуй. Х1етахь и къона хьехархой Нохчийчу болх бан д1ахьовсийнчуьра биссира кхузахь, х1ара латта боккъалла а шайн Даймокх санна деза а делла. И безам ц1ена а хиллера, х1унда аьлча т1еман къизачу шерашкахь а уьш д1а ца бахара, нохчашца нийсса и къахьо а 1овшуш. Церан къоналла 1уьллура кху ишколан херцарш буха. Х1ара церан дахаран цхьа дакъа дара, цундела лаьара царна х1инца шаьш къаналлин бисте кхаьчча нохчийн т1аьхьенна хаарш кховдош, х1ара мохк юхаметтах1отторехь шайгара мехала дакъа лаца.

Школа шолг1а доьзал хилира Ибрах1имана, цундела хала дара цунна дас бина болу сацам т1елаца. Ибрах1им кхетара иза шех сагатдеш вуй. Ткъа цо х1ун дан деза? Дена дуьхьал дош ала а йиш яц, ткъа белхан накъосташка х1ун эр ду? Оццул шех тешначу берашка а х1ун эр ду? Ткъа и ирча г1енаш кхунна т1аьхьарчу хенахь гуш долу? Стенна йог1у цу г1енашкахь Ольга? Ма ч1ог1а лиънера кхунна ша дерриге а дицдан, ткъа х1инца дахарера чолхечу миноташкахь къаьсттина иза х1унда йог1у? Ибрах1им кхин цкъа а цига ваха а ма ца вахнера. Стенна тешнера иза Галинас Юрийга яздинчу кехатах? Цу ойланаша хьере винера Ибрах1им. Цо сацам бира аьхкенан каникулашкахь Хабаровске ваха. Амма х1инца цхьаъ дан деза, дега ала деза х1ара дешаран шо чекхдалалц мукъне а ша г1алахь вита аьлла. Ибрах1имана дагадеара дера веза ша шеца Эдалбек а эцна ваха да волчу, х1етахь мукъне а шен дош юха оьцур дацара те цо аьлла.

Шолг1ачу дийнахь Эдалбекаца вахара Ибрах1им Заурбек волчу юьрта. Заурбек халла реза хилира, амма бераш г1ала д1а ца дахийтира.

Сиха т1екхечира экзаменационни хан. Дахаран экзаменах чекхбевлларш х1инца дешаран экзамен д1аяла езаш бара. Т1улга т1е т1улг а ца буьссуш йохийначу Соьлжа-Г1алина херцарш бухара даланза диссина бералла, тховса жималле шен раг1 д1алуш, д1адоьдура дешархойн дахарера. Ткъа т1ейог1у хан атта хир юй а ма ца хаьа Дела ша воцучунна. Дахаро хьехархочо санна г1алатана геч дийр дац, хийла б1аьрхиш 1ено дезар ду, хийла де доьхна м1аьрго а йог1ур ю, безам а хир бу, цабезаман къаьхьо а 1овшур ю, доттаг1аллин чам а бевзар бу, мостаг1чун юьхь а гур ю. Дог 1евжича, дахаро нанас санна хьостур вац, г1алат даьккхича хьехархочо санна нисвийр а вац. Цхьаъ ирсо хьостур ву, важа декъаза вала а тарло. Тайп-тайпана хир бу церан кхолламаш, ткъа тахана царех массарех а дог лозуш, церан б1аьра хьоьжу хьехархой. Т1амо бералла сел къиза х1аллак диначу церан жималла мукъне а хир яц те сирла, ц1ена, ирсе?
Маржа-я1 жималла! Ма боккха бу хьоьгара ницкъ. Мер к1еллахь лаьтташ 1ожалла хилча а кийра буьзна хуьлу дахаре болчу безамах. Жималлехь хала дац муьлха а ирхенаш яха, некъаш галморзах девллехь а, жималлина карадо, серлоне доьду муьлха а жима тача. Цундела Соьлжа-Г1алин арахецархой а бацара ирсечу г1аланашкара арахецархойх х1уммаъ а къаьсташ. Церан б1аьргашкахь йогура безаман, къинхетаман, адамаллин, сатийсаман алу. Цуо сирлайоккхура х1инца а т1еман боданах ц1анъяланза йолу х1ара г1ала а…
…Школа товбецан (сентябрь) бутт т1екхаччалц д1акъевлира. Бераш а школехь дацара, хьехархой а д1асабахара, амма директоран а, Ибрах1иман а болх чекх ца баьллера.
Шортта г1ирс бу вовшахтоха безаш т1едог1учу дешаран шарахь бераш т1еэца школин аьтто хилийта. Оьшуш басар ду, кибарчигаш ю, корийн куьйзганаш а ду. Иза ша дерриге а я эца я лаха дезаш ду. Х1ора дийнахь араволу Ибрах1им а, школин директор а тайп-тайпанчу ведомствийн не1саг1е х1уьттура. Ибрах1им вевзаш хиларна а, иза т1амехь чов йина хиларна а дукхох берш реза хуьлура царна г1о дан. Керла дешаран шарна кечам беш лаккхарчу классийн дешархоша а, иштта дай-наноша а г1о дора.

1998-чу шарахь схьайиллира библиотекаш а, Суртдилларан исбаьхьаллин Музей а. Цу музейхь гайтаме далийнера яханчу заманахь йиссинчу хазаллин цинцаш. Шен чевнаш ерзо г1ерта Нохчийчоь уггаре а хьалха культуре кхевдинера. Иза дика г1улч а яра.
Хьаьттан баттахь схьайиллира Нохчийн драматичеки театр. Иза боккха хилам бара нохчийн юкъараллин дахарехь. Йохийна, яьржийна г1али юккъехь исбаьхьаллех хьаьгначу адамашна театр г1амаран арахь виссинчунна хин т1адам санна яра.


Дуьххьара спектакль йолалуш, вистхилира масех 1едалан белхало а, ткъа цул т1аьхьа Культурин министр, хилла волу полевой командир Закаев Ахьмад. Цо дийцира мел халонаш лан дезнера труппин театран т1ом болчу хенахь. Цо къаьсттина билгалдаьккхира т1еман т1аьхьалонийн хьелашкахь театра д1алоцу меттиг къаьсттина мехала ю, цундела правительствос шен ницкъ кхочург дийр ду театр адаман син-оьздангаллин кхерч хилийта.
-Вайн театр вайн юкъараллина йоккха дегаг1оз хир ю. Цо г1о дийр ду юкъараллин сакхташ д1адахарехь. Х1ара театр хилла 1ийр яц, х1ара социальни институт хир ю – элира Закаевс.

Ибрах1им а веара Хьаваца цхьаьна театр схьайоьллучу. Закаевс дина къамел цунна ч1ог1а хаза а хийтира. Театр схьайоьллучохь дукха адам гулделлера. Царна массарна а спектакль хьовсарал, театр схьаелларан цхьаьнакхетар дара мехала.
«Марша вог1ийла» спектакль чекхяьллачул т1аьхьа, Ибрах1имна фойечохь Закаев гира. Церан деха къамел а хилира. Закаевс Ибрах1име балха вола элира Пачхьалкхан университете. И болх шена дикох боллушшехь Ибрах1им реза ца хилира, ша школехь оьшуш ву аьлла.

Билгалдаккха деза, алсам даьллера юккъера а, лаккхара а дешаран хьукматашка кегий нах деша х1иттар. Иза ч1ог1а дика а дара. Цо гойтура кегирхойша герзан метта дешар дуй хоржуш. Амма зулам заза даьккхина кхууьш дара. Меттигера нуьцкъаллин структураш цуьнца къиссам латто г1ертара, амма орамца иза д1адакхха аьтто ца болура.
Чолхе хьал а кхайкхинера республикехь. Официальни хаамашца чолхе хьал кхайкхиначу хенахь зуламан т1ег1а ткъе итт процентана лахделлера, зуламаш къасторан терахь шовзткъа процентана алсам даьллера. Иштта 1998-чу шеран шолг1ачу эха шарна юкъахь эзар ялх б1е ткъе ткъаессана зулам хиллера республикехь, ткъа уьш къастор шовзткъе итт сов процент дара.

Д1акъевлинера пхи б1е шовзткъа уголовни г1уллакх. Республика кхиарехь хуьлу дика хийцамаш Нохчийчоьхь хилла ца 1аш, Россехь а ца гуш ца биссира. Амма хазахетаран метта, ц1ахь а, Россехь а оьг1азло яра. Нохчийчоьхь иза гуш дара Масхадовн дуьхьал берш жигара бовларца, ткъа Россехь тайп-тайпана шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь – газеташа яздечунца а, телевиденехь а, радиохь а политикаша дечу къамелашца а.
Республикехь хуьлучу дика хийцамашна б1аьрзе вара массо а, амма вуонаг сиха гуш дара, ткъа иза ца хилийта я дашца а, я г1уллакхца а г1о дан лууш цхьа а вацара.
Цхьанна а лууш дацара республикин дахарера хуьлу дика хийцамаш ган. Массарна а гуш дерг вуонаг бен дацара

Ельцинна а, Масхадовна а юкъара переговорни процесс тайп-тайпанчу т1ег1анан делегацийн цхьаьнакхетарийн кепе йирзира. Цу цхьаьнакхетарийн жам1 хилира барт баран тайп-тайпана кехаташна куьйг яздар, амма царех цхьа а Россис кхочуш деш дацара.

Ичкери республикин дукхох болчу бахархойн цхьа а шеко яцара иза ша дерриге а Росси а, Нохчи а бертахь яха ца лууш болчара кегош хиларан. Я т1ом а, я машар а боцу хьал Нохчийчоьхь латтор атта дара Россин цхьаболчу политикашна шайн пачхьалкхара кхачамбацаршна т1ера тидам д1аберзорхьама.
1998-чу шарахь Масхадов Асланна т1елатар динера, иза вен 1алашонца. Х1етахь правительствон ницкъаш а, ваххабисташ герзаца тассабелира, амма и дов шен хеннахь къастийра.
Гуьмсера  а, Соьлжа-Г1алара а ваххабисташ д1абахча, радикальни исламан туш хилира Хьалха-Мартанах.


Закъалтана нах бара д1алоьцуш, зулам ша ма-дарра кхуьуш дара. Амма оццул чолхе хьал республикехь доллушшехь, Россин а Нохчийчоьнан а политикаш вовшашна ка етташ боллушшехь, граждански т1ом боло лаам цхьаболчеран ч1аг1луш боллушшехь, республикера дахар маьрша хорше доьрзучура сецна дацара. Ткъа иза 1998-чу шеран уггаре а дика жам1 дара.

Г1алг1айчоьнан коьртачу шахьарехь Несар-Г1алахь Россин премьер-министран Кириенко Сергейн Масхадов Асланца цхьаьнакхетар хилира. Масхадов цу цхьаьнакхетаре вице-премьераца Атгириев Турпал-1елаца веара, иштта цу цхьаьнакхетарехь дакъа лоцуш бара Г1алг1айчоьнан президент Аушев Руслан а, Къилбаседа Х1ирийн Республикин президент Дзасохов Александр а.

Ткъа Нохчийчуьра хьал де дийне мел долу телхаш дара. 1994-чу шеран хиламашна т1едог1уш дара ша дерриге а. Тидам ца бойла дацара хиламийн рог1аллин. 1994-чу шарахь т1ом а болабелира Россин президентан харжамаш хила ах шо хьалха, и саца а бира юха а харжамийн юьххьехь. Х1инца и ч1ург юха хьовзийча санна, цу т1е доьдуш дара дерриге а.
Мухха делахь а, т1аьхьарчу итта шарахь Нохчийчоь Россин политически процессаш билгалъяран коьрта фактор яра. Ельцинан мур чекхболуш бара, ткъа цунна а, цуьнан политически «доьзална» иза боккха сингаттам бара. Нагахь санна Ельцинан метта цуьнан политика къобал еш воцу стаг х1оттахь, керла президента Россера экономически бохаман а, Нохчийчоьхь т1ом хиларан а бехкенаш жоьпалле озо тарло.
Ельцин политик санна кхачийна хилар массарна а гуш дара. Ткъа Россин пачхьалкхан ахчанна т1ег1ерташ болу политикаш къона а, дукхох ницкъ а, х1илла а долуш бара. Царна ишта шайх тера хьалхаваьлларг оьшура.


Цундела бара ц1е яьлча санна сиха Ельцинан метта х1утту верг лоьхуш. Бахархошна хилла ца 1аш, политически тоьлла къеггина хаарш долчарна а хала дара Россин куьйгаллехь хуьлуш долчунна т1аьхьа кхиа – Черномырдин, Кириенко, Примаков, Степашин – ц1ерш хийцалуш яра, 1алашоне кхочуш дацара. Хьахетарехь, я Примаков а, я Кириенко а, я Степашин а лууш бацара рог1ера политически боьхачу ловзарехь дакъа лаца.

1едал кар-кара а луш, х1оттош йолу 1алашо яра, Россин Федерацин политически х1оттам хуьйцуш, иза тоталитарни раже ялор.
Тамаша бара «къона реформатораш» реза хилахь СССР-х йиссина йезткъе исс субъектаца Россин федеративни х1оттамна. И г1уллакх шеко йоцуш, къасто дезаш дара, Нохчийчоьнах масала а далош. Нохчийчоь Кремла кхоьллинера, иза цо йинера, шен дикачу а, вуочу а аг1онашца. Цуьнан сепаратизмах дуьненюкъара терроризм яра ян езаш.
Ибрах1им Хабаровск ваха кечам беш вара, амма ц1еххьана цуьнан дахарехь дагахь доцучу аг1ор бохам хилира. Цхьаммо лачкъийна д1авигнера, юьртахь 1аш хилла волу Ислам. Денде говр эцна аренга хахкавала вахнера Ислам. К1ант д1авахана масех сахьт даьлча, говр ша ц1а еара. Заурбекана карийра нуьйрах диллина жима кехат: «Шун к1антана кхераме х1уммаъ дац. Иза маьрша ваккха лаахь, оха бохучуьнга ладог1а».

Иза боккха бохам бара Тасуевг1еран дерриге а тайпанна. Х1ора дийнахь церан чохь гуллуш дукха адам дара – гергара нах, лулахой, Ибрах1имаца цхьаьна т1ом бинарш. Заурбекана ша а, Ибрах1им а бехке хетара хиллачух, амма цкъачуна бехкенаг лоьхучохь дацара, массеран а цхьа ойла яра – мичахь лаха веза Ислам?



Ибрах1им тешна вара шен к1ант лачкъийнарг милла а валахь а, ша мацца а эцна а ц1ийца бекхам оьцур буй. Массо а араваьллера Ислам лаха. Ерриге а республикехула нах бара д1асабахйтина, Ислам волчу меттиган муьлхха а лар каро. Заурбек а, цуьнан доьзал а бевзарш реза бара цаьрга а ца кхочуьйтуш и зуламхой х1аллак бан.
Хан йоьдура, амма цхьа а керланаш кхочуш дацара. Ибрах1има зулам диначарна ч1ир кхайкхира. Ткъа царна-м д1ахезна хир ду Тасуевг1еран тайпанан кхелах шаьш бевр боций. Ибрах1иман гергарчу наха ерриге а республикехула д1акхайкхинера шаьш и зуламхой болу меттиг хуучарна б1е эзар доллар мах а лур бу, и хаийтиначеран ц1ерш йовзуьйтур а яц аьлла.
Ибрах1имана хиллачух дог лозуш мел верг вара ахчанца г1о лаца кийча. Ишта цара д1ахьединера нагахь санна зуламхоша мах х1оттабахь, шаьш шайн стагахь цхьа капек лур дац аьлла.
Заманан йохаллера схьадеана нохчийн ламаст ду – йо1 ядор. Амма х1ета а и ядийначара Къор1анах дуй баа безаш хилла шаьш и доьзал а, гергарлонан уьйраш а кхолла дина аьлла. Х1етахь бен шина тейпанан къаноша барт беш ца хилла. Амма нагахь санна боьрша стаг лачкъийча, кхузахь къамел герзанан, шаьлтанан маттаца бен деш хилла дац.
Журналисташ я, кхин болу нах ахча даккха бахьана а х1оттийна лачкъош болчу нахана та1зар 1ожалла бен хуьлийла дац.

Политикаш а, журналисташ а санна ахча даккхархьама лачкъийна вацара Ислам. Тхоьца воцург тхуна дуьхьал ву ала гайтамана лачкъийна вара. Цул совнаха оцу кепара цара гойтура шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь шайн идеологина дуьхьал вистхила кхераме хилар. Амма царна моьттург бакъ дацара. Х1инца уьш ирачу т1улгана т1е1иттабеллера. 1едалан башхалле ца хьоьжуш, Тасуевг1ара цкъа а дитина дац шайна дина вуо.
 

Цара дечу д1ахьедаршах а, республикин бахархой кхеттера зуламхой доьналла долчу нахана т1екхевдина хилар, ткъа иштачеран бекхам ч1ог1а хуьлу. Тасуевг1ар х1у т1ера массо а вала кийча вара шайна т1едеана эхь д1адоккхуш. Цара и эхь лорура. Тасуевг1ара сацам бира, зуламхошна ахча лур дац аьлла, амма цара т1аьххьара сом а кхоор дац зуламхойх лаьцна муьлхха а жима а хаам шайна бовзийтиначарна.
Тейпанан къаноша республикин массо а майданехь кхайкхинера зуламхойн цхьа а биллам шаьш кхочуш бийр бац аьлла, цара шайна лаахь Ислам вууш хилахь а. Амма нагахь санна цара кхаа денна юкъахь Ислам ара ца хецахь, Тасуевг1ара сацам бо и лачкъийначарна а, лачкъорехь муьлхха а дакъа лаьцначарна а ч1ир кхайкхо а, заманан йохалла т1аьхьарчу т1аьхьене а кхийдош и ч1ир леха а.
И д1ахьедар диначу кхоалг1ачу дийнахь Ислам ц1а ваийтира. Д1адихкинчу б1аьргашца иза буьйсанна г1ала а валийна д1ахийцира. «Минутка» майданера такси а лаьцна Ислам юьрта веара. Заурбекан ц1ахь цхьа а вижна вацара, Ислама ков тоьхначу хенахь.

Ислам ц1а веана бутт балале, Ибрах1им волчу цхьа стаг веара. Нагахь санна шена б1е эзар доллар ахча лахь, ша Ислам лачкъийнарш схьабуьйцур бу аьлла. Ибрах1им ц1ерачаьрца дага а ваьлла, реза хилира. Массара а г1о а деш, дезткъе пхи эзар доллар ахча вовшахкхийтира церан. Цу ахчанан метта цаьргахь яра Ибрах1иман к1ант лачкъийначеран ц1ерш. Уьш кхоъ хиллера.
Шина к1ирнах, царех цхьаьнан лар карийра Ибрах1има арабаьхначу нахана.

Цу стага ша ца вейта шеца хиллачу шиннан ц1ерш схьайийцира. Ибрах1име и хаам беанчо яьхна ц1ерш яра уьш а. Ибрах1иман наха ша шена каш а даккхийтина, цу коша йистехь тоьпаш туьйхира цунна.


Иза д1а а виллина, к1иранна юкъахь цара х1аллак вира виссина шиъ а. Цу шиннан а дийзира шаьшинна каш даккха. Заурбекана лиъна дацара цу нехан дахар хадо, цо Ибрах1имана ца магадинера шега ца хоттуш, муьлха а сацам бан. Амма Ибрах1има шен дахарехь дуьххьара ца дира дас аьлларг. Иза 1алур вацара шен доьзалан а, тайпанан сийна т1екхевдинарг дуьненчохь ваха вита.


Шолг1а т1ом

I

Россин чоьхьарчу г1уллакхийн министран Нохчийчуьра юьззина бакъонаш йолу векал, инарла-майор Шпигун Геннадий лачкъийначул т1аьхьа Ичкери республикин зуламаллин сийлалла кхин а ч1ог1а сирла елира. Россис кхерамаш туьссура зуламхоша закъалтана лаьцнарг д1а ца хецахь, шаьш ракеташ а, бомбанаш а тухур ю бохуш. Ткъа иза дика карийна бахьана дара Нохчийчоьхь керла т1ом боло.
1999-чу шеран бекарт (март) беттан 9-чохь чекхйолуш яра иза арахеца аьлла х1оттийначу ультиматутан хан.
Масхадов Аслана жоп дийхира х1ун бахьана долуш МВД-с Нохчийчоьхь шен векал винакхузахь ц1ий 1анош хилла волу стаг аьлла. Масхадов Аслана дийцарехь Дудаев дийна воллушшехь х1оттийначу нохчийн къоман мостаг1ийн спискашна юкъахь вара Шпигун, х1унда аьлча иза т1ом болчу хенахь Соьлжа-Г1алин комендант хилла вара. Цо куьйгалла динера т1емалошна а, маьрша нахана а т1ехь къизалла латточу набахтийн. Цул совнаха, Масхадовс дуьйцург бакъ делахь, чилланан (февраль) баттахь дуьйна цунна хууш дара инарла Шпигун лачкъо тарлой, цо иза Россин Федерацин Чоьхьарчу г1уллакхийн Министре Степашин Сергейга д1а а аьллера, амма министра инарла ларварехь цхьа а г1уллакх ца дира. Делахь, Москвахь хилла-кх и лачкъвайта лууш болу нах.
Нохчийчоьхь кхолладелла хьал, Масхадовна хетарехь Россин цхьаболчу политикаша кхоьллина дара, къаьсттина Березовски Бориса. Цара Нохчийчуьра хьал талхо уггаре а еса х1умнаш шайн гуонна юкъа а оьзна, царех республикина чуьра мостаг1ий бира.


- Нагахь санна политикаш тхо юха а герзан татанца кхеро г1ертахь, царна моьттург бакъ дац – элира Нохчийчоьнан президента ультиматуман хьокъехь.
Россин Федерацин Чоьхьарчу г1уллакхийн министра Степашин Сергейс д1ахьедира Росси а дагахь яц и тайпа шайн ц1е сийсаза ен къамелаш лан аьлла. Т1аккха, хетарехь Россехь министра къастош хилла-кх машаран а, т1еман а хаттарш. Цунах цецволийла а дац. Шендоровича 1оттар ма йирра, Ельцин вижина волчуьра, Степашин волчух тера дара дара цуьнан озаца къамел деш. Степашина тийссиначу кхерамашна тоьшалла деш, Нохчийчоьнан дозане эскар схьаоьзнера. Республикин юха а гуо лецира. Авиационни хаам а сацийра, иштта кестта д1акъовла дезаш дара аьчка некъаш а. Соьлжа-Г1алара Москва д1абахара федеральни 1едалан векалш. Важа тоба Масхадов Асланан теш биначу нехан колонна цхьаьна а йолуш автобус т1ехь д1ахьажийра. Схьахетарехь, Нохчийчоьнан президент оцу кепара гайта лууш вара ша Россица гамо йолуш ца хилар. Нохчийчоьнна чуьра а, арахьара а хьал ц1е лата кийча дара, ткъа и ц1е ца латийта г1ертара Масхадов, амма иза эрна дара.
Нохчийчоьнна луларчу к1ошташкахь маьршачу адамех т1еман подразделениш кхоллар долийра. Къаьсттина, Ставрополера Курски к1оштахь чоьхьарчу г1уллакхийн урхаллин белхалоша меттигера бахархошкара пхи б1е гергга д1ахьедар гулдинера шаьш ларда герз эца бакъо луш долу. Иштта, Ставрополана юххера Дагестане а эскар чуоьзнера, меттигера бахархой кхерош, цара шайца даьхний а д1адуьгура. Юха а д1адолалуш дара «конституционни низам» х1оттор.
Журналистийн хаттаршна Россин Федерацин оборонин министра д1ахьедира Нохчийчоьнан дозанашкара хьал галдаьлла дац аьлла. Иштта цо т1е ца дуьтура Нохчийчоьхь шолг1а т1ом болор а. Цуо дечу къамелашца кхета мегар дара нохчий жимма кхерош хилар. Ткъа Степашина юьхьанцара чоьхьарчу г1уллакхийн министран, ткъа юха премьер-министран даржехь «нохчийн террористийн» 1аморан лагерашна т1е бомбанаш еттаран план х1оттийнера. Иштта цо сацам бира кхерамазаллин зона кхолла а, ткъа цу г1уллакхна Теркана йистехула Нохчийчоьнан ерриге а хьаьрма яра д1алаца езаш. Юха цхьа хан яьлча, Россин Счетни Палатин председатель ша волуш Степашина дийцира Нохчийчоьнна т1елатар 1999-чу шеран бекарг (март) баттахь дуьйна кечдеш дара аьлла. Шеко йоцуш, х1етахь т1ом ца болабелира Россин Правительствон премьер-министр Примаков Евгений бахьана долуш. Цуьнан тоьшалла ду 1999-чу шеран бекарг (март) беттан 13-чохь «Коммерсант-Дейли» газетас зорбане тоьхна хилла цуьнан къамел: «Цхьа а т1еман операци а йийр йолуш яц, я Нохчийчуьра т1емалойн диверсионни школашна т1е бомбанаш а еттар йолуш яц, ша нохчийн террористаша Кремль эккхийтича бен».

Россин Правительствон куьйгаллехь ша волуш Примаковс бечу балхаца гуш дара иза Россина а, Нохчийчоьнна а юкъахь хуьлуш дерг, машарца дерзо лууш вуй. Цуьнан тоьшалла ду цо экономически декъехь Ельцинна а, Масхадовна а юкъара биначу бартана Россин финансийн министерствос йолийна «саботаж» мелла а д1аяккхар а.
Машар безаран политика бахьана долуш, цуьнан дийзира шен дарж дита. Сацам бинера цуьнан метта аьлларг дийр долуш волу кхин премьер харжа, ткъа Нохчийчоьнна т1елатар 1999-чу шеран хьаьттан-товбецан (август-сентябрь) беттанашна юхаоза. И ойла кхочуш а хилира. Х1инца къасто дезаш цхьа жима кхо кхачамбацар дара.

Цкъа делахь, цу т1еман Нохчийчоьнан агрессина дуьхьал Россис беш болчу сийлахь т1еман васт а кхуллуш, оцу кепара Россин бахархой а, дуьненан юкъаралла а шаьш долийначух тешо. Цуо аьтто лур бара т1амна дуьхьал адамаша вовшахтухуш йолу акциш ца хилийта. Хьалхарчу т1еман зеделлачух пайда а оьцуш, эскархой кхетара юкъараллин ойланехь боккха ницкъ хиларах, цундела иза шайна оьшучу хорше ерзо еза.

Шолг1а делахь, Малхбузе тешо езара Нохчийчоьхь арабевлларш маршо йоккху сепаратисташ бац, зулам даржош болу дуьненюкъара т1ег1анан террористаш бу.
Кхоалг1а делахь, Россера хьолана кхин д1а терго ян а, лаккхарчу т1ег1анехь лаьттачу зуламхойн кхерамазалла ларъян а 1едале урхалла дан мегаш волу стаг вара х1отто везаш. Цундела Россин юкъараллин тидам д1аберзо шатайпа хьал дара кхолла дезаш махкахь.
И хаттарш къасторо Россехь хилла ца 1аш, дерриге а дуьненахь а адамийн ойла нохчашна дуьхьал йоккхуш яра.
Сепаратистски хилла республика бандитски хуьлуш яра. Ткъа хьан эр ду шен хьаьрмахь терроризмаца къиссам латточу пачхьалкхана дуьхьал дош? Цхьаммо а эр дац. Цул совнаха, и къиссам латторан некъаш муха ду царна хууш а хир дац.

Замано ма гайттара, и болх кхочуш бан дика аьтто белира шуьйра хаамийн г1ирсаш бахьана долуш. Церан адам 1ехорал совнаха, ПАСЕ а, ООН а 1ехо аьтто белира. Нохчийн агрессораш каро хала дацара, юьхьанцара кечам беш дукха хан яйа дезаш хиллехь а. 1999-чу шеран хьаьттан (август) беттан хьалхарчу деношкахь Басаев а, Хаттаб а куьйгаллехь а волуш т1еман тобанаш Дагестанна т1елетира. Цу г1уллакхо Россин правительствон куьйгаш д1адестира. Х1инца «антитерростически операци» аьлла ц1е а тиллина нохчийн къоман геноцид д1айоло мегар дара. Хаттабан а, Басаевн а тобанаш Нохчийн эскаран ницкъашна юкъайог1уш ца хилар тергал деш а дацара. Коьртаниг дара юха а т1еман чкъург д1ахецар.
Коьртаниг дара и тоба новкъарло йоцуш Дагестане а яхийтина цуьнга цигахь т1еман заказ кхочуш а яйтина иза цигара кхиамца Нохчийчу ц1а ерзо. Росси аьтто боцуш яцара террористийн тоба Дагестанехь х1аллак ян, амма царна лиира и та1зар ц1ахь дан.
Ишта долалуш дара политически керла ловзар.
Товбецан (сентябрь) 9-чохь Москвахь террористически акт хилира. Масех эккхаро кхо б1е адамийн дахар а, масех т1ек1алдина ц1а а х1аллак дира. Ткъа и нах террористаш ма бацара, я нохчий а бацара, уьш оьрсий бара. Х1ун бахьана долуш делла цара шайн синош д1а? – Хьомечу Даймехкан Правительствон лаам кхочуш хилийта? Мухха делахь а иза барам боцуш, йоккха къизалла яра, ткъа и лелхийтарш нохчаша дина бохург цхьаьна а кепара бух болуш х1ума дацара. Иза ца дича а ирча даьккхина дара нохчийн васт, цундела хьашт доцуш шайн адам х1аллак дира Россис. Москвахь хиллачу бохамо орамца хийцира Россера политически хьал. Оьрсий инзар бевллера хиллачух, ткъа церан нохчашка болу цабезам кхин а к1оргера хилира.

К1езиг наха бара «Росси пахчьалкхахь кхолладелла хьал хецна дита дагахь яц» бохучу дешнийн ойла еш. Ткъа и ойла ян езаш ма яра! Кхузахь дагатоссу Россин ц1еяххана вевзаш хиллачу философа Ключевскис аьлла и к1оргера маь1на долу дешнаш: «Суна къа хета хьоьх оьрсийн ойла а, оьрсийн халкъ а! Эзар шо даьлча а ц1е йоцуш, т1аьхьало йоцуш, кхане йоцуш диссина ду хьо. Вала да воцу, бух боцу, сийсаз яьлла йо1 стаг цхьаммо маре йигаре сатуьйсуш санна 1аш ду хьо, ткъа цхьаъ ца валахь, куьйг кховдийначуьнга д1аяха езаш, ткъа юха цо шена к1ордийча, текхийна бехчалг санна аракхуссур ю. Х1инца массо а маь11ехь Ва Дела паччахь 1алашвелахь бохуш мохь беттачу хенахь, сан кийрара мохь ц1ог1а долу – Ва Дела, 1алашделахь сан миска къам а, сан миска пекъар Росси а.
Ишта болалуш бара Нохчийчуьра шолг1а т1ом. Цу т1амехь д1адоьллира политикех парг1ат ваьллачу Ельцинан массо а зуламаш. Ишта бара Путина шен даржах д1абелла мах. Россин Президент ша х1оьттича, Путина Ельцинна а, цуьнан «доьзална» а кхерамазалла 1алашъйира.
Буьззинчу барамехь т1ом ца бан хилла Степашинан план хийцира шуьйрачу т1еман стратегис. Юха а шен болх д1аболийра Россин т1еман цу нуьцкъала машена. Масех к1ира далале Теркал дехьа баьллачу мостаг1ийн б1она юха а гуо лецира Соьлжа-Г1алин. Юха а цхьа а новкъарло йоцуш чоьхьа делира эскар. Хьалха саннна юха а стиглахула а, лаьттахула а Нохчийчоьнна т1ег1ерташ бара Россис ца кхоийна шен т1еман массо а ницкъаш – Оборонин Министерство, Чоьхьарчу г1уллакхийн министерство, ОМОН, ГРУ, ФСБ.

Уьш тайп-тайпана бара – боьха а, ц1ена а, кечбелла а, тишачу духаршца а, къона а, г1еметтах1оьттина а, дог ц1ена а, к1оршаме а. Цхьа верг шен ден ц1а веъча санна ког хецна вара, цхьа верг акха д1асахьоьжура, х1ун 1алашо х1оьттина герз айда ша аравелла ца хууш. Церан б1аьра хьаьжча цхьа хаттар кхоллалора – мила ву хьо оьрсийн саьлти? – Монголашна дуьхьал къиссам латтийнарг, немцойн крестоносцашца къиссам латтийнарг, Казански а, Астрахански а ханство а, Сибирь а йоккхуш хилларг, Ливонски т1амехь эшам лайнарг, Крым а, Украина а, Белоруси а, Прибалтика а йоккхуш хилларг, Финляндина т1амца вахнарг,  Крымски т1амехь эшнарг, Хьалхара дуьненан т1амехь а эшнарг, ваша вешина герзаца г1аттош Граждански т1ом бинарг, фашизмах дуьне маьрша даккхарехь доккха дакъа диллинарг, Вьетнам маьрша яккхарехь дакъа лоцуш хилларг, СССР-н къаьмнаш нуьцкъала махкаха дохуш хиллар, Афганистан т1еман к1урлахь хьовзийнарг, Бакун а, Тбилисисин а, Вильнюсан а, Москван а майданашкахь ц1ий 1анийнарг, б1ешерашца Кавказ къаръян г1иртинарг. Хьо юха а, юха а вог1у Нохчийчоь ц1ийлахь карчо, нохчийн берийн, нанойн, баккхийчу нехан б1аьрхих ца 1ебаш, церан х1усамаш яго, церан дахаран некъаш хедо, цаьргара Даймокх баккха. Ахь кхузахь гайтина а, гойтур долчу хьуьнарша алсам йоккхур юй те хьан пачхьалкхан цкъа а ца хилла сийлалла? Хьуна ца хаьа те сий долуш мостаг1чух Даймохк ларбеш верг ву, цхьаьнгара Даймохк боккхуш верг вац.

Росси Нохчийчоьнна т1елеттачу хьалхара деношкахь дуьйна нохчийн Правительство шен ма-хуьллу дуьнене г1о доьхуш яра – дуьненюкъара организацишка, дуьненан юкъараллашка, хаамийн агентствошка телеграммаш яра д1асакхоьхьуьйтуш. Цу телеграммашкахь нохчийн правительствос хаам бора 1999-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна дуьненюкъара массо а бакъо а йохош, нохчийн ярташна а, промышленни объекташна а, социальни хьукматашна а бомбанаш т1еетташ хилар а, дойучу адамийн терахь алсам долуш хилар а, иштта Нохчийчоьнан куьйгаллас Москвахь хиллачу теракташна нохчийн бехк т1ебуьтуш ца хилар а. Нохчийн правительствос дерриге а дуьнене кхайкхам бора нохчийн къам Россига х1аллак ма дайта бохуш, амма дала орца дацара, г1о доьхуш бетта мохь хезаш а стаг вацара. Т1еман саьрмикан бага де дийне мел долу шорлуш яра, иза 1аба дагахь а бацара нохчийн 1еначу ц1ийх.
Кремла Росси Нохчийчоьна Дагестанна диначу т1елатарна жоп луш ю олура. Цунах дерриге а дуьне теша а тешнера.
1993-чу шеран Россин Федерацин Конституцин 87-чу статьян 2-г1а а, 3-г1а а пункташка хьаьжжина, нагахь санна Россин Федерацина дуьхьал т1ом болалуш хилахь я, т1еман кхерам хилахь, Россин Федерацин Президента шен пачхьалкхан хьаьрмахь сихонца т1еман хьал кхайкхадо, цунах лаьцна Федерацин Совете а, Пачхьалкхан Думе а хаам а беш.
Т1еман хьал кхайкхош, Россин Президента д1акхайкхина Указ Федерацин Совета а, Пачхьалкхан Думас а т1еч1агдан дезаш дара. Нагахь санна Нохчийчоьнера Россина кхерам хуьлуш хилча, хаттар кхоллало – мичахь ю дуьненюкъара бакъонан субъект а, ма-дарра аьлча суверенни пачхьалкха?
Дуьненчуьра цхьаьна а пачхьалкхас я, ша Россис а ца лерира Нохчийчоь дуьненюкъара бакъонан субъект ю аьлла, Афганистанера талибаша бен. Иза а шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь даьржинчу хабаршца а, Яндарбиевс диначу д1ахьедарца а бен хууш дац. Цуьнан тоьшалла деш цхьа а кехат дац. Кхузара маь1на дан мегар ду – Россина дуьхьал агресси цхьамо а йина яц, я цхьа а дуьненюкъара бакъонан субъектера и кхерам цунна хилла а бац.

Нагахь санна Федерацин субъект санна Нохчийчоь а лоруш, Россин Конституцин 87 статья тидича дукха хаттарш кхоллало. Цкъа делахь мичахь ду «Нохчийчоьхь т1еман хьал кхайкхоран» Указ? И указ доккхуш маца дагабевлла Федерацин Советаца а, Россин Федерацин Пачхьалкхан думица а? Мичахь ду цу дагабовларан кехат а? Шолг1а делахь муха цхьаьна дозуш хуьлу Хаттабаца Басаев Дагестанна т1елатар Нохчийчьоьнан 1едала дуьйцучуьнца?

Нийса ду. Нохчийчоьхь т1ом бац. Нохчийчоь Россина дуьхьал агресси еш а яц. Амма эксперташа уггаре а к1езиг а мах хадорца, кхузахь дакъа лоцуш Афганистанехьчул а дукхох эскар ду. Нохчийчоьна духьал бечу т1амехь пайда оьцуш ду ядерни диссалц кхин мел долчу герзах, цу юкъахь ду бактериологически а, химически а.

Антитеррористически операци бахьнехь таханлера т1ом беш хиларах кхета хала ду. Берриге а нохчийн т1емалой иттех эзар стаг бен вац, ткъа уьш массо а Дагестане бахана а бац, цул совнаха х1етахь Басаев цхьа а пачхьалкхаллин даржехь а вац.

Нохчийчоьнан Президента Масхадов Аслана хаам бинера Кремле Басаев Дагестанна т1елата кечам беш хиларах лаьцна, цара иза тергал ца бира. Амма Масхадовх уьш ца тешнехь а, амма халкълахь иза шуьйра дуьйцуш ма дара. Базарахь х1уш духкуш йолчу йоккхачу стагана а цхьаьна хууш дара цу операцих лаьцна Масхадовс ца аьлча а. Иза иштта Дагестанехь а хууш дара. Цул совнаха массо а сатесна а вара иза хиларе, х1унда аьлча церан лаам бара федеральни 1едал  доха а дина, Дагестан маьрша пачхьалкх д1акхайкхо. Цундела кхин дийцаре дан а ца оьшу – Басаевн т1елатар ца хууш хилла дацара, иза хила а лууш, хилийтина дара.

Россин шен  лаам бацара Дагестанера ваххабизмана дуьхьал т1ом боло. Цу ваххабизиман х1у сихонца даржо дезаш дара Хаттабан а, Басаевн а г1оьцна, ткъа цул т1аьхьа Россис х1аллак бийр бара Дагестанера ваххабисташ а. Ткъа юха Дагестанера Хаттабан а, Басаевн а тоба Нохчийчу а хецна, Ельцинан метта х1оьттинчун куьйга антитеррористически операци д1аяхьа бахьана кхуллур дара, оцу кепара президентски харжамашкара цуьнан рейтинг лаккха а йоккхуш. 
Ерриге а Нохчийчоь д1алаьцначул т1аьхьа, цигара нохчий арабовлийта мел оьшург дийр ду – церан х1усамаш ягош, г1аланаш йохош, кху махкахь 1ен а, даха а церан лаам бойуш.
Кхета мегар дара нагахь санна Дагестане т1емалой леррина бахийтинехь, цигахь уьш х1аллак бан 1алашонца иза далур ма дара. 1999-чу шеран бекарг (март) баттахь дуьйна Россин пресса яздеш ма яра Нохчийчоьнна гонаха масех уггаре а тоьлла т1еман дивизи а, бригада а ю бохуш. Волгоградера а, Буро-Г1алара а 20-г1а а, 19-г1а а дивизиш а, Дагестанера Буйнакскехь йолу 136-г1а а, 205-г1а а дивизиш мел оьшучу, кху заманан массо а лехамашца йог1учу техникица кхачо йина а яра, муьлхха а минотехь т1амна кийча а яра. Царна т1етоха мегар дара Ставрополера 21-ра х1аваан десантни бригада а, ВДВ-н Новороссийскера 7-г1а дивизи а.

И т1еман декъаш Россин эскаран керла юьхь яра, иза а Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон эскар ца лоруш. Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствос а, Оборонин министерствос а Дагестане мел эскар чуоьзнера х1инца а хууш дац. К1езиг хиллачух тера ду и эскар, меттигера бахархоша г1о деш доллушшехь Басаевн а, Хаттабан а цхьа тоба х1аллак ца ялуш, Нохчийчу д1аяхийтина цара хилча.

Нагахь санна, Басаев цаьрца  бертахь ца хиллехь а, Россин инарлашка цо ша т1ом ца беш, Дагестанера д1аг1ур ву ма элира, толам царна а битина, шен тобанна Нохчийчу д1аваха жимма некъ битахь. Цара цуьнан и декхара кхочуш дахь адамашкара ларам а хир бу. Адам шайх тешо Басаев д1аваханчул т1аьхьа а Дагестанера есачу окопашна а, г1ишлошна а масех дийнахь Россис шен ма-хуьллу бомбанаш йиттира. Ткъа т1емалойн декъий ца хиларна а дала жоп карийра – нохчаша шайн декъий охьакхиссина ца дуьту, д1адаьхьна цара шайца.
Россин инарлашна г1оле хуьлучу аг1ор хийцалуш дара нохчийн васт. Нагахь санна т1емалой зуламхой а, боьха х1умнаш а хийлита лаахь – Россис дерриге а дуьненна а кхайкхош дара т1емалоша чевнаш хиллачу шайн накъосташна а тоьпаш туху бохуш. Ткъа х1инца шаьш лелочунах адам тешо, цара т1емалойх шайн накъостийн декъий а деза а, мехала хетарш бира.

Амма бакъ дерг дийцирча ца хаьа муха д1ахьур дара сацанза т1еетачу бомбанашна бухара б1е гергга дакъа? Инарлаша цхьаъ лечкъадора, ткъа царна юххехь бацара бакъ дерг дийца лууш а болу, кхоьрур а боцу журналисташ, цундела дуьненан юкъаралла Россис юха а 1ехийра.

Кхин цхьаъ хила а тарло – Басаев буса шен т1емалошца Россин эскархошна юххехула ца гуш т1ехваьлла. Амма мухха делахь а Россин инарлаша толам боккху жима т1ом Дагестанехь хили, ткъа «к1илло» Басаев эшамца д1а а вахана, Нохчийчоьхь къайлаваьлла.

Шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь бакъ а деш, цхьа хабар доладелира халкълахь – Дагестанехь хилларг дукха хан хьалха кхочуш дан 1алашоне х1оттийна дара бохуш. Цу боцачу т1еман коьрта жам1 дара – инарлийн белшаш т1ехь алсам девлла седарчий, политикийн лаккхаевлла рейтингаш а. Ткъа Басаев? Цунна хьадийцарехь я Волошинера я, Березовскира шортта ахча кхаьчнера.
2000-чу шеран чилланан баттахь зорбане даьллачу «Версия» газетехь хилла йолчу статьяс дуьйцура Россехь хиллачу террористически актийн а, Дагестанна т1елатарна а куьйг бехкениг мила ву:
«…Ахча чекхдолуш хуьлу, ткъа иза юха а карладаккха, дагадеънера Басаев Дагестане вахийта. Нохчийчоьнан Президента Масхадов Аслана ша хаам бинера Кремле иза хир долуш ду аьлла. 1999-чу шеран гурахь, Басаев Дагестане вахале, президентан Ельцин Борисан Администрацин куьйгалхо Волошин Александр Басаевца цхьаьнакхийтира Ниццера Булье олучу меттигехь, цхьаболчу хаамашца 1аьрбойн герз дохкархочун Хашоги 1аднанан виллехь…» И статья зорбане яларца Хашогис «Версия» газете кехат а яздеш, сихонца хаам бира и цхьаьнакхетар шен виллехь хилла дацара аьлла, амма цхьаьнакхетар хилар цо харц ца дира.
И цхьаьнакхетар вовшахтоха Волошинна г1о дира Суриков Антона. Билгалдаккха деза, Суриков Антон 1983-чу шарахь дуьйна ГРУ агент хилар. 1992-1993-чу шерашкахь Гуьржи Мехкан Абхазица т1ом болчу хенахь иза массийттозза Абхазехь хиллера Мансур Натхоев псевдоним а лелош. Саидовца а, Гайбойца а, иштта Басаев Шемалца а юкъаметтиг латтийна а ву. Цул совнаха цо куьйгалла дина гуьржийн полевой командираш х1аллак беш, лериначу ницкъийн тобанан. Басаевца церан йоккха уьйр хиллла, х1унда аьлча Басаев Шемал х1етахь Абхазин оборонин министран г1овсан даржехь а вара.
 Стенна оьшура Волошинна Басаевца къайлахь къамел дар? Кремль боккъалла а кхоьруш яра Дагестанехь хиллачо ерриге а Кавказе ц1е а латийна, Россина иза бале даларна. Волошинс Басаеве Дагестанехь дукха боккха т1ом ца баржоре дехара дира, амма цунна дуьхьал кховдо х1ума дацара цуьнан. Къамелах г1уллакх ца хилира. Прессехь хаам беш ма-хиллара, Басаев т1амца Дагестане вахале жимма хьалха Ботлихски к1оштара МВД тоба араяьккхинера. И меттиг мокъа яьллачуьра чувахара Басаев. Ма-дарра аьлча, Кремль а, ерриге а Росси к1елхьарайоккху шен ваххабисташна т1аьхьа ца х1оьттинчу Дагестанан къомо.
Басаев Дагестанехь эшна, амма т1ом бан ахча карийна. Т1ом кхин д1а бан безаш бара, цундела шен хеннахь ГРУ-хь лериначу кечамах чекхваьллачу Басаевн жимох волчу вашас Ширванис жигара боху х1инцалц къайла баьхьна хилла шен т1емалой. Басаевн т1емалоша вовшахтуху Москвахь а, Буйнакскехь а, Волгодонскехь а эккхийтарш. Юха а д1адолало и хьербевллачу нохчашна бекхам бар, ма-дарра аьлча керла т1ом.
Ткъа коьрта хаттар ду – х1унда лелхаш дара къинхьегамхой а, пенсионераш а беха ц1енош? Х1унда ца лелхара миллионерийн г1ишлош, министрийн ц1енош? Иза а ду жоп карор доцу хаттар. Москвахь а, Волгодонскехь а, Буйнакскехь а хилларг дуьненюкъара терроризман 1адатаца дог1уш дацара – динарг мила ву хууш дацара.
Х1инцалц дастамъяьлла хилла и «нохчийн лар» нуьцкъаллин ведомствийн хаамийн-урхаллийн декларативни д1ахьедарийн т1ег1анехь юьссуш ю.
Нагахь санна х1инцалц цу террористически акташна бехке нохчий хиларан бух боцу тоьшаллаш нахана гайта мукъне а г1иртинехь, ткъа цул т1аьхьа, х1инцалц лаьтташ йолу соцунг1а хилира.
Ч1ог1а шатайпа, ларлуш т1еийцира малхбузен политикаша «нохчийн ларах» лаьцна хаам. Массо а хаамийн агентствоша билгалдаьккхира нохчий бехке хиларан цхьа а тоьшалла дац аьлла.

Боккъалла а бехке мила ву талла лууш болчух тера дацара Москвара политикаш. Церан сагатдеш цхьа хаттар дара – т1аьхьа х1ун хир ду?
Къар ца лучу нохчашна т1е ядерни бомбанаш тоьхча х1ун дара те аьлла Думехь дийцаре динарг, хьерваьллачо ден къамел санна т1елецира массара а.

Газеташа яздора теоретически а и санна дерг хуьлийла дац бохуш. «Времечко» программас нахе хаттарш дира – мила араваккха веза Москвара  - массо а нохчий, массо а бандиташ я массо  кавказцаш? Т1аьхьара жоп Москван бахархошна массарел а хазох хеттера. Кхузахь кхета мегара дара юкъараллин ойланех – Москва оьрсишна бен яц, иза дукха къаьмнаш дехачу пачхьалкхан шахьар йоллушшехь. Фашизм ца аьлла х1ун ала мегар ду цунах? Фашисташа а олуш хиллера Германи немцойшна бен яц.
Шатайпа яра «Аргументаш а, Факташ а» газетан журналисташа Мурадов Бориса а, Батыру Александра а, Прощак Людмилас а «Стенна ларбеш бу нохчийн т1емалой» ц1е йолчу статьяхь йовзийтина шайн ойла: «Меттигера бахархоша цу т1амах «коммерчески» т1ом олу, ткъа Басаевна т1аьхьа х1иттинчарш чаг1алкхаш ю боху. Буйнакскехь адамаш кхалхар цуьнан рог1ера тоьшалла а ду. Иштачу т1амехь массо а федеральни кеманийн а, танкийн а, яьккхий тоьпийн а, пулеметенийн а г1ора дац. Цара хьалха санна охьа отуш ю маьрша адамаш деха меттигаш, амма церан тоьпийн цхьа даьндарг а ца кхета т1емалойн меттамотт болчу. Нагахь санна т1ом болалучу хенахь Дагестанера Ботлихски к1оштахь иза ларамза нислуш санна хеттехь а, ткъа карарчу хенахь дагатоссу я царна нийса герз кхосса ца хаьа я, ца лаьа. Хетарехь, ца лаьа, вуьшта федеральни эскара кхолха гуо лаьцначу т1емалойн вайн эпсарша а, саьлтиша а дийцарехь мичара хир дара т1екхоьхьуш герз а, юуург а?  (АиФ, 1999 шо., № 36)
1999-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 19-чохь Соьлжа-Г1алахь Нохчийн Республика Ичкерин эскаран хаамийн центран куьйгалхочо Ибрагимов Вахас гулбеллачу журналисташка хаам бира нохчех схьакхетта болу ГРУ эпсараша шайн лаамца нохчийн эскархошца уьйр д1а а тессина, иштта нохчийн 1едалца юкъаметтиг латто шайн болу лаам а бовзийтина аьлла. Ибрагимовс д1ахьедар дира ГРУ эпсараш а, церан агент а кийча хилар Буйнакскехь а, Волгодонскехь а, Москвахь а эккхийтарш диначарех лаьцна хаамаш бовзийта.

ГРУ эпсар кхоъ вара – полковник Иванов З., майор Пахомов В., лаккхара лейтенант Галкин А., а, цаьрца цхьаьна ГРУ белхало нохчийн къомах волу Абдулаев В. Ибрагимовс элира кхин д1а дерг ГРУ белхалоша шаьш дуьйцур ду аьлла.
2000-чу шеран кхолламан (январь) беттан 6-чохь Лондонера цхьаьна газета Вомак Еленин «Россин агенташа лелхийтина Москвара» ц1енош» аьлла статьяна зорба туьйхира. Цу статьяхь дуьйцуш дара нохчаша йийсаре лаьцначу ГРУ цхьаьна эпсара Путин 1едале валийна а, иштта Нохчийчоьхь т1ом болийна а йолчу Россин лериначу урхаллаша лелхийтинера Москвара ц1енош бохуш мук1арло деш йолу видео газетана кара кхаьчна хиларах лаьцна.
Хонкарера журналиста Араль Редата ерриге а Соьлжа-Г1ала Россин эскара д1алацале яьккхинчу пленки т1ехь Галкин Алексейс ша ГРУ белхало ву боху. Йийсаре лаьцначо дуьйцу, цуьнан тоьшалла до цуьнгахь долчу кехаташа а, ша Россин Федерацин Оборонин министерствон генеральни штабан лериначу ницкъийн «лаккхара лейтенант» хиларах лаьцна.

И тоба йолуш а яра, иза х1аллак а хилира аьлла т1аьхьа т1еч1аг1дийр ду ФСБ пресс-секретарьс Здановичс. Цу тобанан куьйгалхо нохчийн аг1она д1ахьедина ма-хиллара  ГРУ полковник Иванов З вара. И г1уллакх шуьйра дийцаре дира Европан дукха а шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь – «Сводода» а, «Немецкая волна» радио тулг1енашкахь а. Россин Оборонин министерствос Ибрагимов Вахас дина д1ахьедар Нохчийчохь Россин д1акхоьхьучу политикина дуьхьал лерина провокаци ю элира, ткъа Галкина йийсарехь 1азап ловш х1уаъ дийца тарло.

Делахь х1ета «Версия» газетехь «Хьан эккхийтина Росси?» чулацам болу масех статья а журналисташа 1азап ловш язъйина хилла те? Мила хилла те царна т1ехь и 1азап латтош?
Амма хууш ма-хиллара, царна т1ехь 1азап латтош цхьа а вацара. Журналисташ шайн болх беш бара. Уьш тешо г1ертара Москвахь а, Волгодонскехь а, хиллачунна а, Рязанехь террористически акт ян г1ортаран а,  бехке лерина урхаллаш хилар. Нагахь санна уьш эладитта кхуллуш хиллехь, законаца дог1уш жоьпалле стенна ца оьзна уьш, газета д1а а къовлуш?

1999-чу шеран товбецан (сентябрь) 22-чохь Рязанехь нах беха т1ек1алдина ц1а эккхийта г1оьртинера. Товбецан 23-чохь цунах лаьцна шуьйра дийцира Россин массо а хаамийн агентствоша. 1уьйранна барх сахьт даьлчхьна дуьйна массо а телеканалаш дуьйцуш дара террористически акт ца хилийтина бохуш. Шуьйрачу хаамийн г1ирсаша дийцарехь ц1енон подвалчохь карийначу галишкахь гексоген дара, ткъа эккхар пхи сахьт ткъе итт минот яьлча хила дезаш дара. Хаам беш ма-хиллара Рязань г1алин муниципальни милицин сапераша бакъ дина галишкахь гексоген карийна хилар. План «перехват» д1акхайкхийнера и гали террористаша деана йолу машен лаца. Билггал машенх дерг бахархоша элира. Дашково-Песочная ц1е йолчу ткъе итт эзар стаг вехачу микрорайонан кхерабелла бахархой са хиллалц наб йина бацара. Хьанна кхетар ю цу хьолехь наб? Амма церан доьхначу дегнашна сиха ч1ир эцна хиллера. Цу дийннахь «Хаамаш» программехь Соьлжа-Г1алин аэропортана т1е бомбанаш еттарах лаьцна дуьйцуш вара премьер-министр Путин Владимир. Рязанехь террористаш лоьхуш боллушшехь, Россин кеманаша т1етаь11ина Соьлжа-Г1алана бомбанаш хилла етташ. Рязанцаша г1айг1ане яьккхинчу буьйсанах бекхам эцна.



Путина баркалла элира къиза террористаш лахарехь а, царна та1зар дарехь а сема хиларна.
Товбецан (сентбярь) 25-чохь вовшахтоьхначу зуламаллица къиссам латторан хаттаршкахула д1ахьош йолчу хьалхара кхеташонехь ша вистхуьлуш, Рязанехь ца хилийтиначу террористически актан хьокъехь Рушайлос билгалдаьккхира: «Карарчу хенахь керла террористически акташ ца хилийтар а, хиллачарна бехке болчарна та1зар дар а ю Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон коьрта 1алашо»

Товбецан 24-г1а кхаччалц дийцира террактах лаьцна. Галишкахь шекар а доцуш, гексоген хиларан шеко яцара, амма Патрушевс д1ахьедар дира Рязанехь т1еман 1амораш дара аьлла.

Цу хьокъехь «Московский комсомолец» газета яздира:
«1999-чу шеран товбецан (сентябрь) 27-чохь ФСБ куьйгалхочо Патрушев Николайс юкъаралла цецйоккху хаам бина – Рязанехь терракт еш ца хилла, цигахь т1еман 1амораш хилла». Цу дийннахь, Чоьхьарчу г1уллакхийн министра Рушайлос Владимира шен белхалой декъал бира Рязанера нах кхиамца к1елхьара бахарна. Рязанера хиламашка юха вирзира шен «Независимые расследования» передачехь Николаев а 2000-чу шеран бекарг (март) беттан 24-чохь. Передачин массо а декъашхошна хетарехь, Рязанехь хилларг боккъалла а терракт ян г1ортар дара, я 1амораш а дацара. Амма мухха делахь а Рязанера нах шайн маьрша наб еш бара, ткъа Нохчийчоь-м дийнахь а, буса а охьаотуш яра.


II


Кхолладеллачу хьолан буьззинчу барамехь мах а хадийна, ИбрахIим да волчу юьрта дIавахара. Заурбек сингатамме вара:
- Ва кIант, хьалха хилларг хир ду те хIинца а?
- Ца хаьа, дада хIун хир ду, амма вай массо а кхузара сихонца дIадаха дезий-м хаьа суна – жоп делира ИбрахIима.
Амма Заурбек ша аьллачунна тIера вер волуш вацара. Со йина чIагIо яра цкъа а Даймохк ца бита.
- Хьо чов йина вацахьара, хьо заIаьп вацхьара, хьайн лаамехь вуьтур вара ас хьо, амма хIинца хьоьга и дехара ца дича ца волу со. Ас доьху хьоьга – хьайн доьзалцана ГIалгIайчу дIагIо. Нана а, со а кхузахь дуьссур ду. Кхуза ца кхача а мега уьш, кхачахь а суна бен ца хета. Сан дахар хIинца ишта а кхане хир йолуш дац… со дуьне диъна ваьлла, ткъа хьан кхио безаш доьзал бу – элира Заурбека.

Сарахь Заурбекан хIусамехь дукха нах гулбеллера. Юьртхоша луш долчу хеттаршан чаккхе а яцара:
- ХIунда? Стенна? ХIун бахьана долуш?
- Юха а ишта къиза тIом хир бу те вайна?
- Вай мича даха деза, хьангара орца деха деза?

Буьйса юккъе яханчул тIаьхьа а кхачонза дара гIайгIано дегнаш карзах даьхначу адамийн къамелаш. Юьртана дикка генна, Соьлжа-ГIала йолчу агIора схьахезачу яккхийчу тоьпийн татанех дегош дара латта. Хьеший дIабахара, керосин доьттина латочу лампанан серло а дIа а яйна, наб озийра ерриге а хIусамна, амма цу чохь вижанза юха а шиъ вара – ИбрахIим а, Заурбек а.



Iуьйренан ламаз а дина, Заурбекан доьзала вовшен Iодика йира. Ислам мукъне а гIо дан юьртахь вита аьлча, Заурбек реза ца хилира:
- Кертахь со ларор ву. Дечиг долуш ду, бежанна йол йолуш ю, яа а ю, мала а ю. Кхин тхуна хIумма а оьшуш дац. Шу Дала Iалашдойла. Тхуна цхьа а тIом кхераме бац, шу могуш-маьрша хилчхьана. Дика ду-кх СаьIид а шен хеннахь кху декъаза махкара дIавахана. ХIуммаъ дац… мацца еана а цкъа маршо а, паргIато а йогIур хир ю вайн лаьтта – иза а аьлла новкъабаьккхира Заурбека шен хьомечу кIентан доьзал.
ИбрахIиман маьхча Зеламха вара хIорш ГIалгIайчу дIакхето араваьлла.
ГIалгIайчоьнан дозане боьду некъ дIалаьцнера Нохчийчуьра арабовлучу мухIажарех йоьттинчу машенаша. Республикин дозанехь федеральни эскархоша лерина толлуш вара ара мел волуш верг. Дозанехь денош а, буйьсанаш а йохура мухIажарша, эскархоша я юхнехьа Нохчийчу а, я шаьш доьлхучу дIа а ца дохуьйтуш. Бераш а, зударий а боьлхура, амма эскархошна цуьрк а къа ца хетара царех. Цара цхьа а бахьана а доцуш латтош бара уьш дозанехь, Правительствон цхьаьна указе хьоьжуш ду шаьш бохуш. Масех километрана яхъеллера машенийн колонна. ИбрахIиман доьзалан а дийзира  Зеламхин машенна чохь буьйса яьккха. Зеламха шен доьзална тIаьхьа ваха везаш воллушшехь сецира, ИбрахIимгIаьрга арахь буьйса ца яккхийта.
Кхана сарахь бен аьтто ца белира постана ши бIе метр тIекхача. Юха а арахь буьйса яккха дийзира. Дукха нах, кхин тоха са а доцуш, шайн машенаш охьа а кхуьссуш, ГIалгIайчоьнан дозанал гIаш дехьа бовлура.

«Кавказ-I» постехь и нах талларан система хIоттийна болчу федеральни лерина ницкъийн урхаллин векалша шортта ахча доккхура.


МухIажарийн комаьршалла гучуяьккхархьама а, адам сиха лелийта а, ахчанна сатесначу эскархоша тIе герз долийра адамна. Нах лазийнера, белларш а бара. Кхолладеллачу хьолехь, наха шайн тIаьххьара сом дара дIалуш, зударша шайн лергара схьайохуш дашо чIагарш яра дIалуш, сихонца кху жоьжахатара шаьш арадовлийтичхьана. Амма кхузара дIадахча, чекх болуш ца хиллера баланийн и могIа – чохь Iен меттиг яцара карош, гIалгIайша шайн долахь долчу цIеношах лаккхара мах боьхура.

ИбрахIимана блокпостехь Нохчийчуьра арабовлуш болу шен лулахой кхийтира. Уьш ГIалгIайчоьнан Малгобекски кIоштара Пседах олучу юьрта боьлхуш бара. Цигахь царна бевзаш болу нах бара Iаш. ИбрахIиман билггал ваха меттиг йоций хиъча, цара шайх схьакхета элира цуьнга. КхоалгIачу дийнахь бен аьтто ца белира церан дозанел дехьа а бевлла, ГIалгIайчу дIакхача.


Кхо эзар вахархо бен Iаш воцучу юьрта, шийтта эзар мухIажар чухьаьдира. Деса цIа данне а дацара – массо а дIалаьцнера мухIажарша. ГIалгIайн цхьа долчу даккхий цIенош чохь Iаш бIе сов а стаг хуьлура.
Сельсовет, Культурийн цIа, машенаш Iалашяран станциш, совхозан контораш, тишделла божалш – ша дерриге а дIалаьцнера тIамах бевдда баьхкинчу нохчаша.  Кхарех дог лезначу меттигера наха хьехар дира ИбрахIиме дIатесначу универмаган гIишлочохь меттиг карайой хьажа аьлла.
ИбрахIимгIар универмаге баьхкира. Универмаг аьлча а, дуккха а шерашкахь дуьйна дIатесна, тишъелла боьха гIишло яра и доьхначу пеношца, ладараш оьхучу тхевнашца. И универмаг цкъа мацах меттигера вахархочо юьртан администрацигара эцна хиллера, хIетахь дуьйна цок хин дола ца деш, тесна йитина хилла.


ИбрахIима универмаган керта а ваьлла, кхузахь Iаш болчу нахе маршалла хаьттира. Йоккхачу цхьаьна чохь Iаш вара ткъе итт герга стаг – царех пхи ялх-виссалц кхин дIа бераш дара. Хьалха склад хиллачу цу чоьнан аьнгалиш доцу кораш, пленка а тоьхна дара. Дуккха а хенахь дуьйна кир тоханза, цIандаза пеношна тIера охьаоьгуш поппар бара. Кху чохь йовхо а, серло а яцара, я цхьаьна а кепара адамана оьшу хьелаш а дацара. Мокъа меттиг юй аьлла ИбрахIима хаьттича, цунна гайтира еса жима цхьа чоь. Цу чохь я корах ангали а дацара, я неI а яцара, хIете а ИбрахIим реза хилира кхузахь саца. Универмаг долахь йолчо, ша дош делла ма-хиллара, цхьаьна кIиранна юкъахь серло а, газ а ялийра, арахь хьаштагIа а яьккхира. Зударша кир а туьйхира, къухь яьлла йолу юххера хьаьрма а цIанйира. Дукха ца Iаш, хIусамдас керт а хIоттийра. ХIинца хьал мелла а дIанисделира.
СаьIид Германехь вара, ткъа йиша Зарган шен доьзалца Нальчикехь Iаш яра, амма ИбрахIимана ца лиира нуц волчохь саца – нохчийн Iадатаца догIуш а, товш а дацара иза.

Цхьа бутт баьлча, ИбрахIимана хиира Карабулак олучу юьртахь, аьчка некъийн плацкартни вагонашкахь Iаш шен накъост, физикин хьехархо Хамидов Роман вуй. Такси а лаьцна, иза волчу хьошалгIа вахара ИбрахIим.
Карабулак а, Плиево ярташна юккъехь йолчу аьчка некъийн вокзалера вагонашкахь шолгIа тIом болабелчхьана Iаш вара Нохчийчуьра виъ эзар ялх бIе сов мухIажар. Вагонаш плацкартни яра. Иза йоккха билгало яра Ельцинан-Путинан Правительствос нохчий Сталиначул дукхох лоруш хиларан – махках бохучу хенахь-м даьхни дIасалелочу вагонашна чукхиссинера нохчий, ткъа хIинца плацкартни ю. ХIора а стагана цхьацца плацкартни меттиг еллера. Вагонаш чохь Iаш масех оьрсийн доьзал бара, ткъа кхин дIа берш нохчийн бара. Бахархоша мало ца яр бахьана долуш, кхузахь цIена дара.


Плацкартни хIора а ога кIади тесна дара, оцу кепара доьзалша къастайора шайн-шайн вагон. Арахь лаьтташ Iа дара, цундела кхузахь чIогIа шийла яра. Вагонашна нийсса дуьхьал лаьтташ дечигах дина жима божалш дара, цу чохь яра юуург кечъен меттиг. Ткъа жима рагIуш бухахь лаьттара деха стоьлаш, гонаха хIиттийна гIанташ а долуш. Вагонашчу шеца цхьаьна юург дIаяхьа магош дацара. Кхача дийнахь кхузза луш бара, ткъа цуьнан дикалла хьахо а йиш яцара.
- Ца езахь ма яа, езахь дIаеллачунна тоам бе – ишта ойланца  йолуш шайн болх беш бара кхузахь меттигера – ГIалгIайчуьра бахархой. Билгалдаккха деза, мухIажаршна юкъара цхьа а  пхьегIа йила а, я нуй хьакха а балха оьцуш ца хилар.

Роман шен хIусамненаца а, кIантаца а хIара меттиг мухIажаршна билгалйинчу дийнахь дуьйна Iаш вара. Церан кхин а ши йоI а яра, лаккхарчу кхиамашца школаш чекх а яьхна Астраханера пачхьалкхан университетехь лоьрийн говзалла Iамош яра и шиъ. Ткъа ялхийтта шо кхаьчна волчу Зеламхин-м аьтто бацара деша.

Вагонашна некъал дехьара шерачу аренгахь дIасаяьржинера мухIажаршна схьайиллина йолу четарийн гIала. Цигахь хотташна юкъахь дIасауьдуш дара шелделла бераш, гIайг1ане дIасалелара нах, амма вагонашкарна-м царех хьоьгура, хIунда аьлча четаршкахь хьал мелла а гIоле дара. ХIора а доьзалан шен четар а дара. Амма я вагонашкахь Iаш берш а, я четаршкахь Iаш берш а ца хьоьгура шайна гена йоццучу Троицк юьрта кхаьчначарех – цигара нохчийн мухIажарш даьхний лелош хиллачу фермашкахь Iаш ма бара.
Роман шен аьттоне хьаьжжина ИбрахIимана хьошалла дан гIертара. Сарралц цуьнца хан а яьккхина, ИбрахIим цIа вахара,  цIа аьлча а универмаге.
Новкъахь гIалгIа таксиста дийцира ИбрахIимае и тайпа лагераш Слепцовскехь а ю аьлла. Цхьаболчу хаамашца Нохчийчуьра ГIалг1айчу виъ б1е эзар гергга мухIажар дIавеанера. Уьш лагершкахь хилла ца Iаш, нах бехачу секторшкахь а дIатарбеллера.
МухIажаршна юьхьанцара гуманитарни гIо луш дацара. Цкъа юьртан администрацис шайгахь регистраци ян езара царна, цул тIаьхьа мухIажаршна Малгобекехь регистраци ян езара, ткъа цул тIаьхьа спискашна тIе а тевжаш, юьртан администрацис гуманитарни гIо дан дIахьедарш кечдора. ХIетахь бен ца кхочура мухIажаршна гIо. И массо а кечамаш кIиранашна бахбеллера. Эххар а схьакхечира массара а сатийсина бепиг – шийтта эзар стагана пхи бIе булка.
Бепиг дIасадекъар шена тIелецира универмагера ИбрахIиман лулахочо Сулеймана. Нахана гIо дан ният дина вара Сулейман, шена цунах кхочуш хIумма а доццушшехь. Амма дог цIена кIантана хууш а ца хиллера мел чолхе дукъ хилла цо шена тIелаьцнарг. ХIора а Iуьйранна универмаге схьайогIучу автобусаца Сулейман Назранера хлебзаводе воьдура бепиг схьаэца. Iуьйранна дуьйна, еха рагI а ларйой, сарахь бен аьтто ца болура цуьнан, шена йогIу пхи бе булкIа схьа а эцна Пседахе юхаверза. Юьрта чукхоччушшехь цуьнга хьоьжуш лаьттара зударийн йоккха тоба, амма Сулеймана автобус юьрта юккъехь, массарна а гур йолчохь сацайора.
Минот ялале, кхузахь дукха адам гуллора. Массара а маьхьарий деттара, хIоранна а лаьара, рагI ца ларъеш, массарел а хьалхаваьлла, бепигах катоха, ткъа иза ведомосте хьаьжжина, куьйг яздойтуш бен дIадала йиш ма яцара.  Бараме хьаьжжина, шина стагана цхьа булка бен яцара йогIуш, ткъа иза чIог1а кIезиг дара, цундела массарна а ца тоьура. Бепиг массарна а оьшура, цхьаьнна а юхавала а ца лаьара. ХIора а сарахь цигахь хIуттуш долу и сурт Iийжаме дара. Хьанна моьттура заза даьккхина кхуьуш хиллачу, токхе махкара нохчий оццул де эшна бепиган булка къуссуш, шелонехь лаьттар буй.

 Халла и бепиг дIаса а доькъий, буьйсанна универмаге – «шен цIа» дIавоьдура Сулейман. ХIора а дийнахь и болх бан ницкъ хуьлура цунна, цундела цо керла некъ лехира и хьал жимма а атта хилийта. Нахаца дага а ваьлла, цо сацам бира мухIажарш бехачу урамашкахь дIасакхехьа бепиг. Оцу кепара, жимма а хьал нисдалар бахьана долуш, бепиг цхьаьна кIиранна юкъахь массарна а кхочура. Цхьа бутт баьлча, Сулеймана битира и болх. Иза дIавахана цхьа кIира даьлча, бепиган барам алсам белира – хIинца шийтта эзар стагана кхо эзар булка яра дIасайоькъуш. ХIетале кхин долу гуманитарни гIо а кхечира. Кхачанан сурсаташ мухIжаршна дIахьажийнера Дуьненюкъара Ц1ечу ЖаIаран комитета а, Датски комитета а, иштта Дуьненюкъара ЦIечу Беттасан комитета а. ХIинца мухIажарийн дахар мелла а аттачу делира.               

Малкобекски к1оштера белхазаллин тIегIа йезткъа процент гергга дара. Оцу хьелашкахь болх карор дуьйцучохь а дацара. Цул совнаха, Россин Федерацин Правительствос делла къайлаха омра а дара мухIажарш цхьаьна а метте балха ма эца аьлла. Ши бутт баьлча и омра дIадеккхира. Амма керла паспорташ дала а, цу тIехь керла суьрташ тоха а магош дацара, цул совнаха нохчашна дозадехьара паспорташ а луш дацара. Амма муьлха а кехат эца мегаш дара. Иза ерриге а Россехь а, Къилбаседа Кавказан регионашкахь а шуьйра даьржинера.
Кхин тоьлла дацара мухIажаршна медицинин агIонера гIо дар а. КIирнахь цкъа – хIор шинарин дийнахь Пседахан юьртара больнице богIура «Доза доцу лоьраш» («Врачи без границ») цIе йолчу гуманитарни организацин векалш.

Цомгуш болчаьрга ла а дугIий, цара шайгахь долу молханаш а лора, ишта больницашка баха направлениш а язйора. Цу тIехь церан аьттонаш чекхбовлура.
 

МухIажаран статус ца хилча, нехан аьтто бацара белхазаллина луш долу социальни пособи эца а, я маьхза лоьрашкахула чекхвала а. ГIебартахь а, Дагестанехь а, иштта Россин муьлха а регионехь билгал мах дIа ца белча, нохчийн социальни а, медицински а хьашташ кхочуш деш дацара. Массара а къайла ца деш, ахча доьхура. Царна моьттучох тера дара – нагахь хьо нохчо хилча, хьо законехь вац, хьо хьолда а ву, цундела массо а хIуманах ахча ло.

Тайп-тайпана бахьанаш а лехьош, Россис нохчий шайн цIеношчуьра ара а баьхна, дан амал доцуш битира. ЦIе тесна, церан гIаланаш ягош, нохчийн махка къиза инарлаш коьртехь а болуш, Iаламат доккха эскар чулаллира. Дерриге а дуьнене букъ берзабайта, нохчашна ца кхуллуш цIе ца йитира – «бандиташ», «террористаш», «фундаменталисташ», «исламисташ», «ваххабисташ». Боцу бехк дийнна къомана тIе а божош, нохчийн цIийх ца Iебачу политикаша а, инарлаша а шайн киснаш дара дузош. Нохчашна духкучу герзах а, нохчийн мехкдаьттанах хуьлучу пайданах а алсам долура церан ахча.
Нохчашна тIе боьссина бала чаккхе йоцуш хир бу, шайна пайда лоьхуш, бIеннаш адамаш хIаллак дан арабевллачу наха болийна, и неIалт хилла тIом дIа ца балахь. Шех дуьненюкъара бакъонан субъект хилча бен аьтто хир бац Нохчийчоьнан паргIат са даккха. Амма цу тIе кхачале, хийла нохчий хIаллак бийр бу Россин къизаллас. Иза ц1ена бакъ а ду. Ткъа нохчийн къам х1аллак дан хьаьгна болчарна даима а карор бу 1едална муьт1ахь болу ялхой.

Г1алг1айчуьра лагершкахь х1ора дийнахь леш бара мух1ажарш. Массеран а аьтто ца хуьлура шайн гергарчеран декъий Даймахка ц1а дахьа. Ткъа декъий эцна ц1а боьлхучарна саццанза т1едетташ герз дара.
Шайн стаг, дайн кешнашкахь д1аволла, нохчаша х1ора а блокпостехь мах бара д1абала безаш.
Даймехкан сийлахь боккхачу т1амехь доьналла гайтина, цу «Даймехкан» ямартло а лайна, сийначу Сибреха кхаьчна хилла болу нохчийн баккхий нах тахана юха а нуьцкъала шайн ц1ийнах а, кхерчах а бевлла, нехан махкахь леш бара.
Цаьрга ца лалора мацалла, шело, х1ара йист йоцу харцо, церан дегнашкахь сингаттамана кхин меттиг ца биссинера…уьш лозура, 1ийжара, лелхара.
Балано охьата1ийнера, доьзалах сагатдеш, дан амал доцуш биссина нохчийн зударий, шайн хеназа кхелхина бералла елхош хьийзара кегий бераш. Дуьненан Къематан де царна гайтинарш-м Россехь маьрша 1аш бара…
Дозанал арахьара гуманитарни а, бакъонаш ларъяран а организациш бен яцара царех дог лозуш а, царна г1о дан лууш а. Ткъа куьйг бехке йолу Росси-м царна а новкъарло ян г1ертара. Иза ишта х1унда дара? Жоп доцу хаттарш цхьаъ цхьаьнна т1аьхьа кхоллалора коьртачохь. Х1унда луш дара Россис дашо седарчий чим бина Соьлжа-Г1ала ягийна, эзарнаш адамаш даийтинчу инарлашна? 1азапан набахтешкахь нохчий кегий нахана т1ехь къизалла латтийнарш, даржашка кхочура. Ма 1ебар йолуш ца хилла хьо, Росси нохчийн ц1ийх. Заманан йохалла муха хьожур ю те хьо дуьненан самукъа дайначу итт эзарнаш нохчийн буоберийн б1аьра? Ахь дуьхьал хаттар дала тарло соьга Волгодонскехь, Буйнакскехь, Москвахь хиллачуна оха муха лур ду т1аккха жоп аьлла? Амма суна карор ду цу хаттарна дала жоп.
Иттанаш ярташ, г1аланаш ягош, Россин эскар йилбазан махца Нохчийчухула хьалхарчу т1амехь хьийзачу хенахь а ца дира нохчаша Россина к1ен буьртигал а зен, х1инца хьалха ца йохош йиссинарг, шина шарахь гергга Россин эскара охьаотучу хенахь а ца дина нохчаша я, Россина а, я цуьнан къомана а зен. Х1инца стенна ца лелхийта нохчаша шайна диначунна бекхамна оьрсийн ц1енош, г1ишлош? Стенна ца до цара и? Ца до шаьш цкъа а дина доцу дела…
Царна юкъахь нагахь санна цхьаъ мукъне а нохчо хиллехь а, иза а шен лаамехь воцуш, цхьаьнан къизачу гураша лаьцна хир ву. Росси, ахь ойла х1унда ца йина цкъа а Москвахь а, хьайн кхин йолчу г1аланашкахь а терракташ маьрша хенахь стенна хуьлура, т1ом болчу хенахь а ца хуьлуш? Х1ун пайда бохьур бара цигахь хиллачу бохамаша нохчашна?
Историн 1аматашкахь а, исбаьхьа литературехь а, тхуна – нохчашна хьо цкъа а ца хеттера ишта къиза. Амма тхоьца йолчу юкъаметтигаца сиха хуьйцуш хилла ахь хьайн васт. Ма чот йоцуш дукха зенаш дина ахь тхуна кху т1аьхьарчу диъ б1е шарехь. Тхайн х1у ца дайта, хьуна дуьхьал тхо тассаделча а ца дезара хьуна-м. Ма к1ордийна тхуна хьоьгара х1ара чаккхе йоцу бала лан! Мацца кхетта а цкъа кхета ма езара хьо тхо гора хьайга х1итталур ца хиларах! К1оршаме десте санна тхо хьаста даго ца юьту хьо. Амма б1ешерашца ахь тхуна т1ехь латтош долчо са б1арздина тхан, амал дайина, амма Дала тхан кийра диллиначу доьналло ницкъ ло тхуна хьуна дуьхьал тиссадала…




III


Нийсса шо дара «контретеррористически операци» аьлла ц1е тиллина болу т1ом Нохчийчоьхь болабелла. Ма инзаре дара и шо дерриге а нохчийн къомана. Сацанза 1енара ц1ий, амма 1ожалца нийсса дахар а дара шен болар деш. Дала ша боссийначу баланан барамехь и лан собар а лур ду аьлла бох адамашна, цундела хир бара-кх баланза биссинарш, баха г1ерташ, церан дегнашкара сатийсам г1ишлош санна х1аллак балур болуш ца хиллера. Амма т1еман къизаллин ц1е де дийне мел долу марсаюьйлура. Хеталора и цкъа а йовр яц. Инарлаша шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь даима а д1ахьедеш дара массо а зуламхой х1аллак бина, йиссинарг дуьхьал т1ом бан а карах дер доцу, вовшийн барт боьхна ши-кхо тоба бен яц, уьш а тахана-кхана х1аллак йийр йолуш ю. Амма т1ом лаг1луш бацара, мелхо а алсам йолуш яра цуьнан къизалла. Эскхархоша тоьпаш тоьхна байинера Алдыра а, Мичурина а, Иваново а олучу ярташкара баккхий нах. Лаьттаца д1ашаръинера Саь1ди-К1отар. Республикин массо а к1ошташкахь саьлтиша къола деш, бехк боцуш адам дара хьийзош, зачитскаш йо шаьш бохуш. Цу хьоло хьере бина цхьа болу нах, шайн сиэ кхийдара, камикадзе хуьлий, ткъа цара эскархой байарна, бекхамна артиллери т1ееттара адамашна.
Нохчашна юкъара шен аьтто болуш верг, дозанал дехьа ваьллера, х1унда аьлча Нохчийчуьра мух1ажар хуьлучул, т1амна юккъехь виссар г1олехь дара. Боцу болх, даима т1аьхьа евлла лелаш йолу Россин бакъонаш ларъяран органаш, пачхьалкхера хуьлуш доцу г1о – цу дерригено а 1ойла дайина нохчий дуьне мел ду шайна парг1ато лаха арабевлира. Сийлахь йоккха, вежараллин Росси олучу пачахьалкхас х1оттийнера и хьал нохчашна т1е. Цо дуккхозза битинера нохчий Даймохк боцуш, х1инца а цо ягош яра нохчийн хьаннаш, бошмаш, йоханза йиссина г1ишлош, реактивни снарядаша охьаотуш яра.
Т1ом кхехкара Нохчийчоьхь, амма шуьйрачу хаамийн г1ирсаша дерриге а дуьненна д1ахьедора кхузахь маьрша дахар а ду, ц1а боьрзуш мух1ажарш а бу бохуш. Цхьаммо а ца дийцича а гуш дара эскархошна шайна лууш доций т1ом д1абалийта, х1унда аьлча цу т1амо царна бохьуш шортта пайда бара, ткъа Нохчийчоьнан орцанан мохь хезаш цхьа да вацара.
Мухха делахь а Ибрах1има сацам бира ц1а ваха. Цунна к1ордийнера ша 1аш волу х1ара жима лаппаг1а а, к1ордийнера шуьйрачу хаамийн г1ирсаша юьйцуш йолу харцо а. Цуьнан сагатлора шен юьртана а, ц1енна а, дена-нанна а, Заурбек а, Хеда а сих-сиха и волчу дог1уш доллушшехь. Цунна эхь хетара цицигах кхерабелла дахка санна кхузахь д1а а лечкъина 1ен. Дена а, нанна а ца лаьара Ибрах1им доьзал а балош ц1а ван. Бехк а бацара. Террористически тобанашкахь дакъа лаьцна боцучарна д1акхайкхина амнисти йоллушшехь а, хьалхарчу т1амехь хилла ву аьлла, федералаша лаца мегар иза. Х1инцале ялхийтта шаре ваьлла волу Ислам а вара кхераме. Иза зуламхойн тобанашкахь хилла вуй толлуш, фильтрационни лагере вахийта тарлора, ткъа юха муьлха а цо ца диначу зуламна бехк т1е а божош иза вуьйр вара, ткъа цул т1аьхьа гергарчаьргара шортта ахча доккхур дара цуьнан дакъа д1алуш. Ишта х1ума сих-сиха хуьлуш дара республикехь. Эзарнаш нохчийн кегий нах х1аллак хилира цу 1азапан набахтешкахь, эзарнаш дай-наной де доьхна хьийзара шайн доьзалхочун дакъа эца ахча лоьхуш.

Амма х1ете а Ибрах1имана лиира ц1а ваха. Дала язйинчу 1ожаллах вер вац. Хьайн тховк1елахь цкъа валар г1оле а ду, Даймахкехь хуьлучунна сагатдеш, цунна дан г1о доцуш, х1ора дийнахь кхузахь лечул. Ткъа ц1а вахча, цуьнан школехь я университетехь болх бан йиш хир ю. Деш х1ума а доцуш, хиъна 1аш хиларо ч1ог1а сагатдойтура цуьнга. Ибрах1имана хала дара ша х1инца цхьаьна а х1умана пайдехь вац, ша кхин оьшуш вац бохучух теша. Цхьа ког ца хиларрий бен, кхин д1а дег1аца могуш вара иза. Амма юкъараллина пайда бохьуш 1аш ма бу шиаъ ког боцурш а.
Малгобекера Соьлжа-Г1ала Ибрах1имг1ар «Рафик» олучу микроавтобусаца ц1а бог1уш бара. Нохчийчоьнан доза гучу доллушшехь, 1алам а хийцаделча санна хеталора. Х1аваэхь хаалуш яра цхьа шатайпа г1айг1а. Г1алг1айчоьнан дозанера Соьлжа-Г1алин центральни рынке кхаччалц, кхузткъе итт километр некъан йохаллехь лаьтташ берх1итта блокпост яра, цу х1ора а блокпостехь «Рафик» сацош а яра. Водителна х1инцале хууш дара муьлхачу постехь муьлха кехат гайта деза а, цу кехатана юкъа х1ун йилла еза а. Кхаа сохьтехь некъ бира микроавтобуса Соьлжа-Г1ала кхаччалц, ткъа маьрша хенахь-м и некъ сахьт сов бен бацара. Соьлжа-Г1алахь кхечу автобусана т1е а хевшина, уьш Ибрах1иман юьрта бахара.

Г1алин урамаш гича, Ибрах1иман тидам хилира хьалхарчу т1амехь йоханза йиссина йолу цхьацца херцарш а лаьттаца д1ашарйинера. Цаьрга б1аьрг бетташ, иза кхийтира шена х1ара г1ала х1инца евзаш ца хилар. Нийсса д1аваха я некъ а, я урам а кхузахь бацара. Цхьа а херцар а, саьлнаш а йоцуш, шера аре санна йолу меттиг «Минутка» хиларах а халла кхийтира. Нохчийн снайпераш чуховшарна кхоьруш, леккха цхьа а г1ишло ца йитинера эскархоша кху г1алахь. Г1алг1айчоьхь Ибрах1имана мел хезна хилларг бакъ хилла-кх, х1ара сел ч1ог1а теша ца лууш мел хилларг.
Г1аличуьра араволуш, рог1ера блокпостехь кхеран автобус сацийра. Сацийнарг билггал муьлхачу эскарера ву хууш дацара. Цо омра дира массаьрга а охьа а диссина, паспорташ схьа а делле гайта аьлла. 1асанашна т1ехь воллушшехь, Ибрах1иман а дийзира охьавосса. Халла са деттара цо, собарах ца воха. Цу хьолехь кхин берш а бара. Ткъа цул т1аьхьа, эскархочо омра дира массаьрга а д1а а х1итте, паспорташ кара а лаций, куьйгаш д1адахийта аьлла. Цул т1аьхьа цо уьш массо а шина а аг1ор к1охцал-сара тоьхначу цхьаьна коридорехула д1ахьажийра.
Цигахь, доккхачу т1аьрсиган г1антахь 1аш вара цхьаьна куьйгахь автомат а йолуш, йолахо. Цо нохчийн маттахь дина къамел к1оршаме мохь тухий, хададора:
-И х1ун къамелаш ду? Кхин цхьаъ вистхуьлуш хазахь, ас са хиллалц ора чохь, автоматана бухахь латтор ду шу!

Ибрах1им и волчу аг1ор д1атассавелира, цунна т1аьхьа Ислам а. Амма юххехь лаьттачу стеган каде куьйга иза сиха сацавира:
-Хьо хьерваьлла? Милла вохийна а, вайх цхьаъ собарах вохо г1ерташ ма ву и. Ца го хьуна? Вай массо а х1аллак дайта воллу хьо?
Ибрах1имана уллохь, жима Лиза шена т1е а ийзош лаьттара Хьава, дехарца Ибрах1иман а, Исламан а б1аьра а хьоьжуш. Х1ара г1уллакх сихонца къастийра автобусан водительс – цо итт туьма делира цунна. Оцу кепара, уьш шайн юьрта д1акхечира.


Кху халачу хенахь, хьомечу кхерчан йовхо дег1ах хьарчар цхьатерра хаза а, лазаме а дара. Х1орш ц1а кхочур буй шайна хууш санна, Хьавайн да-нана а хиллера хьошалг1а деана. Цу хьокъехь, Заурбека шен ламаст ца дохош, уьстаг1на урс хьекхира. Доьзало хазахетар шайца декъа, лулахой а, гергара нах а кхайкхира.
Ибрах1им лерина хьоьжура дега а, нене:
-Маржа-я1 ма къандина шуьшиъ кху ирча шаро…
Дийца шортта х1ума гулделлера, амма муьлха а къамелан коьрта чулацам – т1ом бара. Я бехк а бацара, х1унда аьлча х1орш шуьнехь 1аш а схьахезаш дара яьккхийчу тоьпийн татанаш, даьндаргийн шакарш, стигал эт1очу кеманийн г1овг1а. Хеталора кхузахь дахар сецна, ткъа 1ожалла кхайкхаза хьаша а ца хетера. Сагатдийриг цхьаъ дара – хьанга хир ю раг1?
Хьеший д1асабахара, ц1ент1ера г1уллакх а дина, берашца йижа д1аяхара Хеда а, Хьава. Стогарш д1абайча а, кху х1усамехь юха а вижанза шиъ вара…


IV
Ибрах1им ц1а веъний хиъча, иза волчу веара юьртан ишколан директор Салман. Вовшашка маршалла а хаьттина, Салмана долийра дийца ша Ибрах1им волчу стенна веана.
- Ишколехь хьехархой тоьуш бац. Тхан дукхох болу белхалой ц1а ца баьхкина. Хьо санна волу говзанча тхан ишколах вешар вуй ца хаьа, хьо университете а, г1алин администраци а хаза а хеташ д1аоьцур ву, амма х1ара хьо кхиъна хьан юрт ма ю. Кхузара школехь доьшуш хьан тайпанера дуккха а бераш ду. Ойла яхьара ахь…жимма цхьаьна ханна мукъне а тхан школехь болх бийр бацара ахь? Кхузара хьал а г1алахьчул мелла а синтеме ду. Хьо ч1ог1а оьшу тхуна а, тхан берашна а.
Ибрах1има юха ца теттира шега кховдийнарг:
- Дика ду. Жимма хан ло суна ойла ян…г1ала а вахана, ц1а веъча, ас хоуьйтур ду хьуна айса х1ун сацам бина.
Цу т1ехь уьш д1асакъаьстира. Масех де даьккхира Ибрах1имг1ара ден ц1ахь г1уллакх деш. Уьш ц1а баьхкина дукха хан ялале, Нальчикера Зарган а еара хьошалг1а шен берашца. Дадина а, бабина а сагатдеш хилла Ахьмад а, Луиза а, Хьава а даккхий деш дара шаьш Даймахка кхачарна, къаьсттина царна хазахетара бухахь Ислам а, Лиза а карийна.
Заргана дийцира ша Германе Саь1иде телефон тохарах лаьцна. Цуьнан бераш Башта а, Мохьмад а, Мансур а немцойн школехь кхиамца доьшуш ду. Иштта Заргана шеца деънера Саь1ида даийтина ахча а.
Жимма хан яьккхина, Зарган д1аяхча, ши бер юьртахь а дитина, Ибрах1им а, Хьава а г1ала дахара. Цу урамера дукхох долу ц1енош санна, кхеран ц1ено а дерриге а дохийнера. Хьалхарчу т1амехь санна йиссинарш книгаш бен яцара, уьш Ислама лерина г1айг1а беш, ц1ийнан подвалчохь лачкъийнера, ткъан кхин ерш цо шолг1а т1ом а балале юьрта схьаеанера.
Шен ц1енон херцарш хьалха ойланашка вахана лаьттачу Ибрах1имана ца хааделира Петр Сергеевич шена т1евог1уш. Нохчийн маттахь маршалла а хаьттина, цара дийцира вовшашка шина шарахь шаьш ца гуш мел хилларг а, мел лайнарг а. Петра Ибрах1им а, Хьава а ша волчу чукхайкхира. Церан ц1ено а шозза дохийна хиллера, амма ишта ч1ог1а дохийна дацара иза. Х1оразза а Петра декхарийла а воьдуш, халла юхаметтах1оттадора иза. Ц1ахь уьш хазахетарца т1елецира Аннас, ткъа Исламана сагатдеш хиллачу Бориса дегайовхонца хоьттура шен накъостан г1уллакхаш муха ду. Борисан ялхийтта шо кхаьчнера. Х1орш ца гучу ханна, иза ца вовзззал воккха хиллера.
Цхьаьна чай молуш, Аннас а Петра а дийцира шаьш дуьненан жоьжахатехь мел лайнарг.
-Хьалхара т1ом ловзар хиллера, шолг1ачуьнга хьаьжча – дуьйцура Петра. Адаман сибатера боьхначу саьлтишна бен вацара я нохчи а, я оьрси а. Тхо шайн къомах боллушшехь къа ца хетара царна. Бехк боккхура шуна юкъахь тхо стенна 1аш ду. Чохь мел долу х1ума дара д1акхоьхьуш. Суна тоьпаш тоханза елира вайн лулара Мусайн ас г1о даьккхина аьлла – Петран дукха гулделлера кхаьрга дийца, амма цу къамелашка ладог1а дагна хала дара. Сарралц хан яьккхира цара къамел ца кхачош, мел лайнарг а, мел гинарг а вовше дуьйцуш.
Петр а, Анна а мух1ажаршца г1алара д1а ца бахара, шаьш оьрсий хиларна, саьлтиша зен ца деш буьтур бу моьттуш, я ма-дарра аьлча церан баха меттиг а яцара.
-Г1алахь 1ен мегар дац шуна. Исламана кхераме ду кхузахь. Йолахой кегирхой лоьхуш, мила лоцур ца хууш бу. Моссийттаза халла к1елхьараваьккхинера оха Борис, цкъа тоьпаш тоханза а ваьллера. Ца хаьа хьуна, цунах сагатдеш тхан дегнаша мел лайнарг. Иза Росси д1авахийта аьтто балхьара, д1авахийтина хир вара оха, амма цигахь и т1елаца тхан цхьа а вац, массо а цхьаьна д1абаха таро яц. Нагахь санна хьо г1алахь 1ан лууш велахь, бераш юьртахь дита – хьехар дира Ибрах1име Петра.

Аннас а, Петра а дийцичунна т1ехь дикка ойла а йина, Ибрах1им кхийтира г1алахь висса кхераме хиларах.
Г1айг1ане ойланех юьзна и буьйса а д1аелира. 1уьйренан ламаз а дина, массаьрца а цхьаьна марта а дина, Ибрах1има бовзийтира, ша наб ца еш яьккинчу буса бина сацам. Цо дийцира Петран доьзале ша деца юьртахь вуьссур ву аьлла, цигара школе балха а г1ур ву, ткъа Петре а, Анне а цо дийхира шеца юьрта д1адуьйла аьлла, жимма а г1алара хьал нисдаллалц. Ибрах1има элира ша царна школехь болх а нисбийр бу аьлла. Цу хаамо цецдаьккхина Петр а, Анна дехха 1ера дист ца хуьлуш, ткъа х1оьттийна тийналла йохош, Бориса хазахетарца мохь туьйхира:
-Аш х1ун дийра ду ца хаьа, со-м Ибрах1им вашица Ислам волчу д1аг1ур ву.
Петр юьхьанцара реза ца хила г1оьртира, Заурбекана новкъарло ян ца лаьа шена аьлла.
- Аш новкъарло йойла дац тхуна. Дадин ц1а ду деса лаьтташ. Иза тхан къам махкаха а даккхале дина хилла ду. Цу чохь винера дада, цундела оха д1адоккхуш дац иза. Иза сирла, доккха ц1а ду, федералаша доха ца дахь, кхин а б1ешерахь лаьттар долуш ду. Шу цигахь 1ийр ду, ткъа тхо деца-ненаца цхьаьна кертара керлачу ц1а чохь йийр ду. Мегш дуй? Х1ан, х1инца къамелашна хан ца йойуш, сихо ян еза, х1умнаш вовшахтухуш. Со машен лаха ара волу – элира Ибрах1има.
Лулахошка ц1енон терго еш хила а аьлла, Петр а, Анна а, Борис а шайн х1уманаш вовшах а тоьхна, Ибрах1имаца юьрта д1абахара. Массара а цхьаьна, сихонца чохь г1уллакх а дина, цара мокъа яьккхира кхо чоь. Чохь ц1ена а, сирла а дара, пеша чохь самукъне лелхара дечиг, адамийн йовхоно хазъйира х1усам, ткъа Исламан а, Борисан а хазахетаран доза а дацара.

Суьйренан пхьор деш, Заурбека доггах баркалла элира Петрана а, Аннина шен кхерчан йовхо цара екъарна. Иза воккха веш вара шен к1ант а, берийн бераш а х1инца шена юххехь долуш.
Шолг1ачу дийнахь Ибрах1им а, Анна а юьртара школе дахара. Директоре маршалла а хаьттина, Ибрах1има элира:
-Хьан агитаци кхиам болуш хилла хьуна. Х1ара Анна Степановна ю – химин хьехархо. Уггаре а хазачу хенашкахь Соьлжа-Г1алара школехь цхьаьна болх бина оха. Жимма хан яьлча гур ду хьуна мел лаккхара ду кхуьнан корматаллин хаарш.
Салмана лечкъа ца дора шен хазахетар. Цо Аннин куьйг лоцуш элира:
-Сан б1аьрг буьзна хьан доьналлех! Со тешна ву хьан корматаллин хаарша тхан бераш 1аморехь а, кхетош-кхиорехь а, нийсачу новкъа уьш дахарехь а мехала дакъа дуьллур хиларах.  Ас хьалхе д1аолу, къаьсттина тхан школерра бераш (школа тхан шиъ ю – тиша а, керла а) ч1ог1а эсала а, дог ц1ена а ду, вуо лелаш а дац. Х1ара т1емаш бахьана долуш, дешарна т1аьхьа диссина уьш, амма кхузара кегирхой наркоманаш а бац, я зуламе кхийда лууш а бац, царна хила ма деззара хьелашкахь деша а, даха а лаьа. Т1аьхьарчу хенахь, вуонаш бен гина доцу тхан бераш хьаьгна ду школах а, хьехархоша кховдор долчу хаарех а.
Доцца аьлча, со ала г1ертарг ду, тхан юьртахь кхин йолчу ярташкахь санна радикальни ойланаш йолу кегирхой бац, цундела хьуна а, Ибрах1имана а атта хир ду тхан берашца а, иштта шайн белхан накъосташа а юкъаметтигаш нисъян а, доттаг1алла д1атасса а.

Салмана кхин совнаха хаттарш ца луш, мел оьшу кехат а кечдина, балха д1аийцира Анна. Цо элира ша т1едог1учу шуьйта дийнахь районни центре а вахана х1орш балха эцар, т1еч1аг1дийр ду аьлла.

Иштта, цу дийннахь, Ибрах1им а, Анна а хьехархошна а, дешархошна а довзийтира, лаккхарчу классийн дешархойн расписани а хийцира. Школин куьйгаллас сацам бира Ибрах1им дешаран декъехула директоран г1овс х1отто а, иштта цо оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочун болх а бийр бу. Анна Степановна лаккхарчу классашкахь химин хьехархо х1оттийра.

Ислам а, Борис а Ибрах1има иттолг1ачу классе билгалвира, Лиза пхоьалг1ачу классе яхара. Ткъа ши к1ира даьлча, Петр Сергеевич а д1аийцира школе балха. Цкъачунна цунна котельни чохь бен ца карийра меттиг, ткъа цу чохь хьалха болх беш хилларг завхоз а, хехо а вахийтира. И хийцамаш массара а реза хуьлуш, т1еийцира. Иштта, цу ханна юкъахь Петр а, Анна а, Борис а юьртан администрацехь а, Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствехь а регистрацих чекхдевлира юьртан керла бахархой санна.
Шийла 1а а чекхдолуш дара, дахар а жимма а шен хорше доьрзуш дара. Амма Ибрах1иман доьзале сингаттам беара, ц1еххьана Заурбек цомгуш хилар бахьана долуш. Шерашца гатдина са, 1евшина т1еман къаьхьо, цхьанхьа гучу ца яьлча юьссур яцара. 
Ибрах1имс сацам бира иза Нальчикера больнице охьавижо. Салмане дийхира цо ша районни центре вахча Зарганаца з1ене а валий, цуьнга ц1а йола аларе. Цхьаъ хилла моьттуш, кхераелла Зарган, кхо де далале ц1а кхечира. Амма Заурбек  дуьхьал ваьллера цхьанхьа а ваха. Ибрах1иман шен дешича Билал волчу г1ала ваха дийзира, цуьнга Заурбекан сацам хицийта. Шичойн шатайпа юкъаметтиг яра. Гергара нахана юкъахь Билал бен вацара Заурбекана мелла а т1е1аткъам бан аьтто болуш, цуьнга цо ла а дуг1ура. Могашалла ларъяяре Билала дехара дар бахьана долуш, Заурбекан Зарганца цхьаьна Нальчике д1аваха дийзира. Иштта цаьрца цхьаьна Хеда а яхийтира. Т1ахьарчу хенахь цуьнан могашалла а галъяллера, амма иза къар ца луш, д1атийссалора, къаналло шеца деана лазарш ма-хуьллу доьзалах лечкъош. Ма дукха х1ума гинера, ма дукха х1ума лан дезнера цуьнан шен дахарехь. Ша нана хиларе терра, цо Заурбека Ибрах1им санна цхьа а доьзалхо къеста ца вора, цунна уьш массо а цхьатерра безара, массарех а цхьатерра дог лозура. Хедас ч1ог1а сагтдора Саь1идана а, цуьнан берашна а. Т1амах а ца кхоьрура иза ишта ч1ог1а, уьш ца гуш яларах санна. Нальчике яха а цундела сихонца реза ма хилира иза, цигара Германехь волчу Саь1идаца з1ене яла шен аьтто хир буй хууш.

Нальчикера республикански больницехь Зарган балхахь хилар бахьана долуш, Заурбек а, Хеда а сиха т1еийцира больнице. Зарганан белхан накъосташа сихонца т1елецира шайн Заурбекан а, Хедан а могашалла юхаметтах1оттор.
Маржа-я1 сатийсам! Ма боккха хилла-кх хьан ницкъ, ма къегина хилла-кх хьан серло. 1ожалло бал боккхучу, йилбазан 1аьржачу тойнехь а, адаме дикане дог диллийтина дац ахь цкъа а. Мел ч1ог1а де доьхна виссинчунна а коьрта г1ортор хилла хьо. Ткъа дахар сацо ницкъ ма бац эскаран а, цо т1едеттачу герзан а. Иштта кху шатайпа чолхечу, халачу хьелашкахь, ца моьттучу  аг1ор Дала совг1ат дира цу шинна – Хьава берах яра.


Школера ша мокъа йолчу хенахь Анна Степановна шен ницкъ ма-кхоччу Хьавайна г1о дан хьожура – юуург кечъеш, бедарш юьттуш. 
Зама йоьдура, деноша беттанаш а хуьйцуш. Зарганера кехат а деара. Цо хаам бора да-нана х1инцале больницера ара а даьлла, Нальчикера «Голубые ели» ц1е йолчу санаторехь садо1уш а ду, дарбане хиша а, 1аламо а церан могашаллина йоккха г1оле а йина, иштта цо дийцира аьхкенан каникулашкахь Саь1ида шао хьошалг1а вог1ур ву аьлла хаам бина хиларах лаьцна а.
 Т1екхечира б1аьсте. Чекхдолуш дара дешаран шо. Лаккхарчу классийн дешархой а, хьехархой а арахецаран экзаменашна кечам беш бара. Школехь х1инца пеш латоран мур чекхбаьлла хилар бахьана долуш, Петр Заурбекан даьхний 1алашдеш а, кертахь оьшу г1уллакх деш а вара. 



V
1уьйранна балха воьдуш, Ибрах1имана лулахошкара хезира шайн юьртан эскара гуо лаьцна хилар. Массаьрга а шайн чохь 1е аьллера – йолалуш «зачистка» яра.
Ибрах1им ц1а веъчхьана, «зачисткаш» шозлаг1а хуьлуш яра кхузахь. Кхеран юрт ларъеш меттигера бахархой бара. Цара ха дара деш я т1емалошкара а, я оьрсийн саьлтишкара а юьртана зен ца хилийта. Амма х1ете а эскархой меттигера администрацих тешаш бацара. Ткъа иза а дацара коьрта бахьана – «зачисткаш» шортта аьттонаш лора саьлтишна – къола дан, бехк боцу адам хьийзо, кегий нах д1алеца, юха уьш фильтрационни лагершка кхийсса, царех гергарчаьргара шортта шайна ахча а доккхуш.

Юрт 1адийнера т1ебог1уш берг х1ун бала бу ца хууш. Масех аг1ора юьрта чубог1уш бара г1аш а, иштта бронетехникаца а герзах боьттина саьлтий. Царех х1оранца а герз лаха 1амийна, дера ж1аьлеш дара.

Маь1-ма11ехь хезаш дара юьйлучу яьккхий тоьпийн татанаш. Царех-м массо а воьллера. Уьш дийнахь а, буса а хезаш дара юьртйистехь а, иштта хьуьнхахь а. Хьуьнхахь т1емалой бу бохуш, х1ора а буса артиллери яра т1еетташ. Ткъа нагахь санна ц1енна а кхетта, адам далар нисделлехь, саьлтийша шаьш тоьхнарг буьрк йолуш санна бен доцуш, олура:
-Бехк ма биллалаш, ца хуъш кхийтира.
Шайн кехаташца дерг галдаьлла доццушшехь, Заурбекаг1ар а бара сагатдеш – хьанна хаьа цу иблисан ялхошна дага х1ун дог1у? Амма ша дерриге а диканца чекхделира. Цхьа эскархо Петр Сергеевичан коча ваханера шаьш кхуза муха кхаьчна дийца бохуш. Цунна хаьа лаьара уьш нохчаша д1алаьцна, шайна бацош-м бац теша. Церан массо а кехат а, школера а, меттигера администрацера а милицера а справкаш а лерина теллинчул т1аьхьа, эскархо тийшира уьш шайн лаамехь буй а, цхьаммо а бацош ца хилар а. Цунна ч1ог1а лаьара нохчийн х1усамашкахь милла карийна а нохчаша вацош цхьаъ каро, х1унда аьлча инарла Маниловс д1ахьединера х1ора а нохчийн доьзалехь бацош оьрсий бу аьлла, цундела эскархочуьнга а бехк бацара уьш ца лехча а. 
«Зачисткаш» ирча т1аьхьало йоцуш ца йиссира юьртана. Берх1итта а, ткъаессана а шераш кхаьчна кегий нах, цхьаьна а кепара тоьшалла а доцуш, т1емалой бу аьлла д1абигира саьлтиша.
Х1инца церан гергарчу нахана хьалха лаьтташ дукха болх бара. Цаьрга х1ора а к1антах цхьа эзар доллар ахча а, автомат а, цхьацца гранотомет а ехнера. Амма нехан дацара царна дала а, герз эца а оццул ахча. Цаьргара хьолах кхетачу юьртхоша, г1о дира царна оьшу ахча вовшашхтоха. Эскархошкара пхиъ автомат а, йиъ гранотомет а, эцна, гергарчу наха и герз а, ахча а билгалйинчу меттиге д1алачкъийра. Шайгара эцна долчу цу герзах эскархоша йоккха спектакль х1оттийра – шайна т1емалойн шортта герз карийна аьлла, ткъа иза Россин массо а телеканашкахула а д1а а гайтира.

Т1ом болалуш, Путина дош деллера Нохчийчоьхь т1еман декхара д1акхоьхьучарна алапа Косовехь болчарна санна хир ду аьлла – ма-дарра аьлча дийнахь цхьа эзар сом, я баттахь цхьа эзар доллар. Нохчийчоьхь уггаре к1езиг а цхьа б1е шовзткъе итт эзар саьлти ву, эпсараш а, кхин болу эскархой а ца лоруш.  Цу т1е тоха дог1у х1ора дийнахь сацанза Нохчийчу кеманаш хоьхкуш болу т1еман летчикаш а. Х1ора баттахь цхьа б1е шовзткъе итт миллион доллар барамехь эскархошна алапа дала Россин аьтто бацара. Делла дош кехата т1ехь диссира. Амма Кремлехь некъ карийра и г1уллакх къасто – цара сацам бира Нохчийчоьхь т1еман декхара д1акхоьхьчарна йог1уш а, ца йог1уш а орденаш а, мидалш а яла.
Церан дайша а, дедайша а Даймехкан Сийлахь Боккхачу т1амехь шайн ц1ийца йохуш хилла мидалш тховса саг1ийна санна д1асайоькъуш яра. Амма уьш башха оьшуш ца хиллера эскархошна, царна оьшург ахча дара. Цундела Россин т1еман кхин цхьаъ керла машен кхоллаелира, ткъа цуьнан чкъург хьовзо хьаьгна вара массо а. Эскарехь контрактникаш бевлира. Уьш т1ом бан хьаьгна бацара, царна оьшург ахча дара, рицкъа даккха кхин аг1о яцара церан. Цундела Нохчийчуьра нийсса ах эскархойх контрактникаш хилира, царех ах лаьцна хилла бара.
Бюджетера лур ду аьллачу ахчанан метта, царна ерриге а Нохчийчоь д1аелира – шайна луург де аьлла, шайна лаахь къола а де, адам а дайа, ткъа бехк оха нохчашна т1е буьллур бу.
Иштта доладелира мехкдаьтта лечкъор. Иштта йолаелира мародерство. Иштта кхоллаелира фильтрационни лагераш. Царех лаьцна Россин журналисткас Политковская Аннас яздора: «Таханлера ерриге а Нохчийчоь д1аюьзна инзаре орнаша – цу чу кхуссуш ву милла а шайна нийса ца хетарг – нохчо а, оьрси а, саьлти а, контрактник а. Юридически маттахь аьлча, и орнаш законаца ца дог1уш йина талламан изолятораш ю. Ткъа ма-дарра аьлча юккъерчу б1ешерашкахь хилла 1азапан набахтеш ю уьш. Ткъе хьалхарчу б1ешеран Россин эпсараша куьйгалла ден кху заманан Гестапо ю иза. Прокуратурас и къизалла тергал ца еш йитарна, сацош нохчий байар а, саьлташна т1ехь 1азап латтор а. Тахана Нохчийчуьра эскара х1ара боьха къизалла мел йо цхьанна а хууш дац муха, хьенан даьндаргах, хьенан карах велла нене яздинчу кехата т1ехь т1амехь велла аьлларг.

Блокпосташа а, фильтрационни лагерша а, шайна хьалха х1иттош яьккхий 1алашонаш ю, иза ахча даккхар хилла а ца 1а. И 1алашо уггаре а хьалха нохчийн къоман доьналла охьата1о, дерриге а къам сий дайначу кханенга дига, кхин д1а а Россин къизалла бен доцуш ловр йолуш.
Х1ан-х1ан! Политковская Анна ца г1ертара Нохчийчоьхь хуьлуш дерг ша яздечу хенахь нохчийн къоман сий ларда. Цо шен дахарна кхераме доллушшехь, лериначу урхаллаша тоьпаш тухур ю боххушшехь, Нохчийчу а йог1уш бакъ болу хаамаш гулбора, уггаре а хьалха оьрсийн къоман сий ларда. Иза бехке еш, цо лелочунах реза ца хуьлуш берш оьрсийн къоман мостаг1ий бен хуьлийла дацара. Россехь х1инца бен х1у тоссуш боцу демократически хийцамаш,«патриоташ» бу бохучаьрга х1аллак ца байта г1ертара журналистка.

Школехь арахецаран экзаменаш д1аюьйлаелира. Ибрах1им а, Анна а сарралц балхахь хуьлура. Аннас ч1ог1а сагатдора кеста бер дан дезаш йолчу Хьавах. Кху деношкахь Нальчикера ц1а кхача дезаш дара Ибрах1иман да-нана а.
Цхьаьна дийнахь школе веара юьртан администрацин куьйгалхо. Цо массаьрга а дийхира ларлуш хиларе, х1унда аьлча т1аьхьарчу хенахь юьртан йистошкахь мелла федералаш бу нехан ц1еношкахь къола деш. Цо хьехархошка а, дешархошка а дийхира хан яьллачу хенахь урамашкахула ма лела аьлла.




Къинан орам
I
И буьйса шатайпа еара Ибрах1иман дахарехь. Цу сарахь пхьор а дина, шен балхана т1евирзинера иза. Цхьацца кехаташ д1асалуьстуш, ц1еххьана цуьнан б1аьрг кхийтира стол т1ехь 1уьллучу цхьаьна куьйгйозанех. Ибрах1им кхийтира и тетрадь кху стоьла т1ехь Хьавас дицдина хиларах. Нехан йозанаш доьшуш хаза дац аьлла сацам а бина, иза д1анехьа даккха ойла хилира Ибрах1иман, амма аг1онаш д1алуьстуш, Ибрах1иман ц1еххьана тидам т1еберзийра нохчийн маттахь яздиначо.

«…Варийлахь, Нохчийчоь…»
Сел жима йолу хьо, суна даима а яра дерриге а дуьненан меха...х1ара деса дуьне-м ца хиллера хьоьца дуста хьакъ долуш. Хьо яра сан накъост а, сан г1ортор а, сан кхерч а, сан ирс а, сан лазам а. Соьх ца кхетта х1ара дуьне а, со кхета ца тигина х1ара зама а, сим санна сайна къахьелча ма сихлой йог1ура со хьан лаьмнийн когашка.

Со цецйилина ца йолура хьан доьналлех…даима цхьалха хьуо кху харц дуьненна дуьхьал тиссалуш яра хьо, дикане хьийза я тешаме накъост а ца карош, я хьан сийлаллин мах хадо, доьналла долу мостаг1а а ца волуш.
Хаий те хьуна мел ч1ог1а хьо Деле йоьхура ас…наха шайна дуьненан рицкъанаш, ни1маташ доьхучу хенахь, ас Деле хьан маршо ма йоьхура. Хьан яртийн ченаш йижинчу урамашка гуьйрено хьоьрсу деши дара сан дахарехь уггаре а боккха бахам. Ас цкъа а ца лехнера хьан ломал дехьара ирс, хьан лаьттахь ца диъна рицкъа а хеттера хьарам…
Ас хастам бо Далла кху заманан майданехь сан кхолламан некъаш хьан лаьмнашка дигарна, хьан т1амарах, хьан орамах цуо со кхолларна. Сингаттамо хьовзийна са б1арзделлачу м1аьргонехь сан лерехь хеза буьрсачу Органан г1овг1а, б1аьргаш хьалха х1уьтту нохчийн юьйцина серийн керташ а, б1аьстенца ломан йистошкахь даьлла тобалкх а, 1уьйранна мокхазан бердашна марахьерча сира дохк а, сийначу стиглахь шен хелхар ден аьрзу а. Ма сих-сиха йог1ура со хьан лаьмнашка…уьш а ма дара со санна замано хеназа къеждина. Цу лаьмнийн кортошка дешийца кхийлина маьрк1аже йоьссича, сайна дуьненан 1аламат гича санна ма хетара суна. Ерзо молха ца карийна хьан чевнаш сан дагчохь 1ийжара, хьан баланаш сан б1аьрхишца 1ийдалора. Хийлозза г1ертара со хьан логе 1евдина и аьчка х1оз д1абаста, амма сан ницкъ бацара, сан ницкъ ца тоьура…хьо еза а бохуш хьуна ямарт мел хиллачара суна а ма лецира и кхолха гуо…
 Хьоьца яьккхина х1ора а м1аьрго а сайн иэсехь йиссийта ма лиънера суна. Иза ца хиллера ларамза – даго цхьа къастар хьоьху суна…хаац со хьанах къаьстар ю – я хьоьх? Я сайн сих къаьстар те со…цундела сайн дахарера хьалхара а, т1аьххьара а весет хьоьга ду хьуна
-Варийлахь, Нохчийчоь, йицлой а къинт1ера ма ялалахь!
Мостаг1ий бац хьуна ас буьйцурш…мостаг1ашна-м заманан йохалла хьан къонахаша ч1ир лоьхур яра…турпалхойн доь дахь хьан варшаша лехна а, уьш ч1ир ца оьцуш буьтур бац…Варийлахь хьо къинт1ера ма ялалахь цу мостаг1ашна хьайн ц1ий хьанал диначарна, цу мостаг1ашца шуьне а хуьшуш, тишделлачу эппазах хьуо йоьхкинчарна ма ялалахь цкъа а къинт1ера. Къинт1ера ма ялалахь сийначу Сибрех пана диссинчу хьайн къоман иэс тховса сийзаса диначарна, машарах маршо а хийцина, хьан сирла ламасташ лайн амале дерзийначарна, хьан лаьттахь коша барз ца буьтуш, хьан турпалхойн доь дайиначарна, доьху хьоь ма ялалахь къинт1ера, мацах цкъа дайша хьан ломахь таррашца къиссина дин эвхьаза даьккхинчарна, ямартхойх турпалхой тарбеллачарна, варийлахь ма ялалахь къинт1ера. Хьо езнарш хьоьх къастийна, дуьненахь баржийна, нехан х1усаман не1аре х1иттийначарна цкъа а ма ялалахь къинт1ера…со а ер яц хьуна…

Иза цецваьллера. Цхьа тамашийна синхаамо д1алецира кийра. Ткъа шо гергга цхьаьна хан яьккхина долу адам тховса, кху 1аьржачу т1еман буса ма-дарра довза яздина хилла. Даима лоьран болх бина йолу Хьава, литературни дашца сел ч1ог1а уьйр йолуш хилар хиъна а дацара Ибрах1имана. Церан вовшашца даима а боккха ларам хиллера, амма синойн уьйр шайн цкъа а ю аьлла ца хеттера Ибрах1имана. И йозанаш юх-юха доьшуш, Ибрах1имана ша тховса дуьххьара ирсе хийтира. Хеталора кху йозанаша кхуьнан дахаран рузманан керла аг1о д1алистина. Кхуьнан дахаран тешаме накъост синан гергара а а хилла-кх…ткъа цул доккха ирса ма дац. Цхьа деса хетара х1инцалц д1аэхна шераш. Жималлехь санна кийра бохбира ц1еххьана леттачу безаман алуно. Амма «…Даго цхьа къастар хьоьху суна…» бохучу дешнаша сагатдойтура. Ибрах1им юх-юха а т1евог1ура къаьсттина цу дешнашна. Цу г1айг1ане ойланашка вахханчуьра, ч1урам д1абайа а ца ларош, ц1еххьана наб кхийтира цунна…























































Рецензии