Къонахийн б1аьвнаш непокорные как башни. на языке

Яхьян Салахьаддин





 КЪОНАХИЙН Б1АЬВНАШ
 эпически драма
4 декъехь лаьтташ


Дакъалоцурш:

Сурхо – жима стаг 22-25 шо.
                    Эла Мусост – 45-55 шо.
                Йусуп - дешна стаг – 30-55 шо.
                Ковнаркъ - тайпан тхьамда – 40-55 шо.
                Бетар- тайпан тхьамда – 40-55 шо.
                Итон - тхьамдан накъост – 30-40 шо.
                Ану - Сурхон Нана – 40-45 шо.
                Заху - Сурхон йезар – 18-22 шо.
                Йазид - Мусостан бартанча – 40-55.
                Инакентий - Паччахьан геланча – 40-60 шо.
                Мурат - Мусостан жимах волу ваша – 30-40 шо.
                Лайла - Инокентийн бартанча – 20-22 шо.
                Камал - Мусостан хьадалча – 35-50 шо.
                Стаг - Муратан бартанча – 25-30 шо.
                Махкара нах
                Салти

               
1-ра дакъа

Хьалхара сурт


  Мусостан ц1а. Хьешан чуьра араваьлла, уча(г1опаст)схьавог1у Мусост а, Инакентий а. Мусост хьалхаваьлла ву.


     Мусост. Дика боху ахь, Инокентий:"...сариг болушехь ахь цунах х1оз ца бахь, хьокха хилча и цунах балуш цахилар". Хаза хета хьо сайна вевзина х1окху атта боцчу некъаца. К1айн-паччахьна дика хууш хилла, мила векал ван веза берзлойн ардангийн туьше. Хьуна, х1ара акха мохк а, кхеран г1иллакхаш а, суначул а вуон ца девзу. Вайшинни гергарло кхин а ч1ог1а стамлур ду, кхеран ц1ока дабаг1 дина вайн когашка к1ел тесначул т1аьхьа.


     Инакентий. Ч1ог1а дезаш ву со хьекъал долчу нахаца г1уллакхаш дар. Хьо сов т1ех хьакъ ву кхузарчу мехкан "Воккха эла" хила. Иштта лаам бу Петарбухехь!


     Мусост. Цхьа бакъ ду,.. х1ара къам ша тайпана лов йолуш ду. Кхидолчу къаьмнашца санна кхаьрца х1уу а д1а ца доьду. Нуьйр тиллаза йолчу акха говраха тера къам ду х1ара, массо а х1уманна т1ехь шайниг т1едоккхуш.


     Инакентий. Мел акхачу а говрана цкъа тилла ма туьллийца иза. Иштта ма ду иза, дуй?


     Мусост. Говро-м кхин дуьхьало а ма ца йой. Веккъа цхьа нахчо динна рема меттана лараво. Х1акхара марса йог1у и маршо. Т1аккха кхечу къаьмнашна а тов иза. Уьш т1аккха дегаза хуьлу хьуна баца. Церан кийрахь ц1е 1аь1а... Ц1арца ловзуш верг цкъа ц1аро вагаво, ч1ог1а ларлуш цахилахь.


     Инакентий. Империш ц1арца х1иттош ма йу. Ницкъаца! Нуьцкъала а. Импери, иза - кахьар йу, дуьхьал долу х1ума кагдеш, отуш, охьуш. Ахьа ницкъ ца гайтахь, и ницкъ хьан лан безаш хуьлу, кхечуьнгара.


     Мусост. Кхарца иштта чекх ца долу, ницкъал сов кхин а цхьа некъ лелон безаш хуьлу кхарца.


     Инокентий. Кхузахь хаттар иштта ду эла Мусост: йа хьо хьошур ву оцу нахчаша, йа ахьа - уьш. Шиъ цхьаьна тарлур дац шу.


     Мусост. "Тардала дуьтар дац", - бахий ахьа? Ма-дарра дийцахьа.


     Инакентий. Х1ара йалсамани санна болу мохк, т1оьхула т1е - стратегически меттехь 1уьллуш а болу, къуьйсуш бен-м буьтур болуш бац. Хьо декъахь хуьлу, йа йуьстах - иза хьан харжам бу. Хьо цхьа некъ лецна ваьлла ма ву?


     Мусост. Дукха хан йу. Цхьаьна аьттоне хьоьжуш 1ийна со, кхарна цергаш а хьекхош.


     Инакентий. И хан т1екхаьчна-кх хьуна. Паччахьан курс: х1ара мехкаш д1алийцар йу. Цхьа де хьалха, цхьа де т1аьхьа - кхузара къаьмнийн шайн маршо буйнара д1ахеца дезара ду. Кавказ къарйийр йу!


     Мусост. Нахчий цу декъа бохур бац.


     Инакентий. Дукха боккха ницкъ бу кху аг1ора т1ег1уртунберг. Дуьхьало йинчуьнан ц1ий 1енара ду хин татолаш санна долу. Монголаш бицбийр болуш йу Паччахьан 1алашо.   

               
     Мусост. Хьуна хаьа хир ду-кх, нахчий бийшина 1аш хир боцийла, шайн ц1ий а 1енадойтуш. Кхаьра луьра дуьхьало йир йу.


     Инакентий. Йайтахь дуьхьало! Вай хьошур бу уьш ницкъаца.

 
     Мусост. Монголаш баьхкира иштта 1алашо эцна. Уьш мичахь бу х1инца? Нахчий мичахь бу? Монголийн х1у дайна кхузара, безаман ган а воцуш, ткъа х1ара нахчий дебаш бу де-денор.


     Инакентий. Вай, хьалха мелла хиллачу т1амех пайда эцна болх бийр бу кхана дуьхьала. Цунна ма ву хьо кхузахь бухахь. Хьо х1инца хьуо цхьаъ вац, х1инца вай ду.


     Мусост. И дош хаза лууш вара со: "вай" боху. 


     Инакентий. Цунна шек ма хилахь. Паччахьа шен инарлаш хьовсор бу хьуна г1оьнна, иштта гуьржийн элий а бу хьоьца тарлур болуш. Хьоьцани цхьаьна малхабале аг1ора г1умкийн элийн болх ойсара боккхур бу. Харж а тхан чоьтах хир йу.


     Мусост. Оцу балхо г1уллакх орамехь хуьйцу. Вайшинни йуха гар "мух1ар" та1ош ч1аг1дийр ду вай. Ткъа х1етталца.., ас кхузахь когашкара латта доьду моттуьйтуш хьоле берзур бу х1орш...


     Инокентий. Барт хила-кх вайшинна!


     Мусост. Барт хила! - куьйгаш ло.


     Инакентий. Дийцал, хьо х1ун 1алашо йолуш ву?


     Мусост. Кхералахь кхерон, цунах г1уллакх ца хилахь - ка йохо.


     Инакентий. Дийцахь, муха?(Тем бо.) Кхаъ боккхур бара ас...


     Мусост. Ахь ницкъ хьахийра. Ницкъ а ч1ог1а оьшуш бу, ца хилча йиш а йоцуш. Кху нахчашца-м иза чекхдер ду ала ца хаьа суна. Кхарца хаддаза х1илла хила деза.

 
     Инакентий. Дийцал ахьа-м.

 
     Мусост. Йасакх т1ейожо воллу со. Кхара, шайн варе а дайшкахь дуьйна маьрша баха 1емина болчу, йасакх т1ейожор ловр дац. Цунаха карзах бевр бу. Йаьлла ц1е санна сиха ма байца х1орш. Сихаллехь цхьа а г1уллакх дика д1ацадоьду, вайна ма хаъара. Т1аккха, т1еман ц1еран сурт нахчий бехке а лоруш доьрзур ду.


     Инакентий. Иштта ч1ог1а х1унда ларлуш ву хьо?


     Мусост. Гой хьуна, бехке элий болуш т1ом болалахь, кхин долу къаьмнаш а царна т1аьхьа х1итта сахьт дац. Цунах ч1ог1а лардала дезаш хуьлу вай. Цунах т1аккха боккха т1ом хир бу. Цуьнан т1аьхье муха йорзур хууш вайх цхьа а вац.


     Инакентий. Хьо ч1ог1а сема хилар дика ду. Кху сохьта вайна боккха т1ом маггане а ца мега. Хьан стратегица д1аг1ур ду вай. Аса а цу т1ехь болх бийр бу.

 
     Мусост. Вай лардалар зе ца го суна. Вай дан г1ертачунна х1орш т1аьхьа кхиахь, т1аккха вайна болх т1екхетар бен тодала х1ума а дац. Йуха, цхьаьна т1ера д1адолон а ма дезийца х1ара.

 
     Инакентий. Нахчий бийшина цахилар дика кхеташ ду вай. Сихбелла шайн Мехк-Кхеташо вовшах тоьхна, йуханехьа гулбала г1ерташ бохку. Вай а т1аьхьа диса йиш йац.


     Мусост. Иза бакъду хьан. Х1орш кеп схьэцна бевла паччахьалкхан.


     Инакентий. Церан 1едалан кеп вай ч1аг1йала йитахь, вайга уьш цкъа а совцалур бац. Б1аьргахь доллу дитт санна новкъа бу х1орш вайна кху Кавказехь.


     Мусост. Суна санна дика хьанна бевзара х1орш? Кхеран тайпа-тукхамийн девнаш къестош 1аш долчу тхан дайшкара дуьйна схьа. Цкъа хьалха йасакх т1е йожийна, цуьнцани цхьаьна тайпанаш доькъуш болх болор бу. Х1инца кхетий хьо ас дан дагалаьцначух?


     Инакентий. Цу балхана оьшу харж а тхоьгара йу, хьоьгара - кхиам! Ас х1ара къамел д1акхетор Цуьнан Локхалле.


     Мусост. Ма 1е т1аккха. Новкъа вала; хьан некъ х1умма а байчарех бац. Вайгара маршалла ала! Дозана кхаччалца сан ваша, жима-эла вог1ур ву хьан некъа парг1ато ларъйеш.


     Инакентий. Хаза г1иллакх ду ахь х1отториг. Цуьнан Сийлалле кехатца йаздина д1а а делла, Паччахье д1ахьедайта вайн г1уллакх, йуха ван хьелур вац со. Эскарцани. Цкъачунна аьлла хьуна маьлла а г1о а доуьйтур ду ас.

                Инакентий д1авоьду. Мусост авансцени т1е схьвог1у аьрру аг1ора.


     Мусост. Камал!


Камал сцени к1оргенехь гучуволу, аьтто аг1ора. (Диаганаль справа на лево в глубине сцены.)


     Камал. Тхан эла, схьа ала аса дан дезарг.


     Мусост. Оцу нахчийн тайпанийн тхьамданашка хабар дахьийта: кхана сарле со волчу схьагулло алий.


     Камал. Тхан эла! Х1ара ког кхузахь бу, важа - цигахь.



Мусоста куьг хьалаойбу ша лаьттачохь, курра, шега сема ладог1а бохург долуш.


     Мусост. Йазид схьакхаьччий?


     Камал. Ког леттах ца кхеташ сиха веара иза-м. Дикка хан йу иза кхузахь волу. Ас к1аричохь хьулвина, цхьаннийна а ган ца гайта, ахь ма-аллара.


Мусоста куьг ластадо Камална д1аваха пурба луш. Циггара д1акъайла волу Камал. Мусост ша вуьсу.


      Мусост. Ма хаза элира Инакентийс: "Воккха эла". Х1а-х1ан: "Кавказехь а Воккха эла"! (Тем бо.) Дера нахчий, ч1уг йуха а карча ма йоллу шун. Шайна хуьлуш дерг х1ун ду а ца хуъуш. Шун йуккъера, шайчеран куьйгашца эзар дакъа дина, даржор ду ас шу, йуха цхьацца дакъа тилош, диттан йуьхкаш санна, шайн орамах бухдохуш болх бийр бу. Х1инца хьовсур вай х1илланца шу муха ларор ду; акхачу бекъано нуьйр туьллуьйта а, йа ца туьллуьйта а! Йази-и-и-д! - мохь туху ч1огг1а.


Шолг1а сурт


Цу хенахь ламанца, хьалахь, дахар шен боларехь чинк эцна доьдуш ду. Синкъераме гулбелла кегий нах бу. Цкъа мехкарийн къийсадаларш, цул т1аьхьа хелхар божаршцани.
 

- Гуо баьккхина лам бу ала
               
Цу ломахь со йу ала,
                Со везначу хазчу к1анте 
                Со йига вола ала!


 
- Хьалахьожий ойла йо ас,

Охьахьожий ойла йо ас,

Ойла йо ас, сан нисархой,

Суо декъала хила кхолларна.

 

- Ша схьадаьлла шан тарх йиц а йелла, 
               
Хьаьдда додахь ломах даьлла шовда,
               
Т1улгаш юккъехь шен хи кхачаделла,
               
Эрна довр ду, д1а ца кхеташ х1урдах. 


- Шуьга хьожий ойла йо ас,

Сайга хьожий ойла йо ас,

Ойла йо ас, сан нисархой,

Со ирсана карайарна… 



Жима къонах йукъа аьккха, тоьпара кхоьсичча санна, вог1ий. Цуо хелхаран чинк оьккхуьйту. Йо1 цуьнца хелхар дан х1утту. Эццехь шолг1аниг йукъаэккха, йо1 къовсуш шаьлтанашца сурт х1оттадо.

 
 
Кхозлаг1а сурт



Эла Мусост вехачу ц1ийна хьалхара майдана адам ду схьагуллуш. Иштта цига т1ебоху тайпанийн тхьамданаш а. Оццу хеначохь араволу Мусост а. Мусостана йуххе даьлла г1арол ду. Кхерам бустуш (тосуш) бу эла Мусостан кечам. Тхьамданаш д1а т1е гулло, цунна герга хуьлуш.


     Ковнаркъ. Х1ай, эла ва Мусост! Хьо лаа кхойкхурий, хьо тара кхойкхурий, цхьа а хан йоцчу хенахь?


     Мусост. Дера со лаа ма вац, йа тара а ма вац, хьуна а дайна, Ковнаркъ.


     Бетар. Вай, хилларг дийцал тхуна, ма-дарра, ийза а ца луш.

 
     Мусост. Хьажалаш нахчий нах, г1уллакх муха ду. Тхо элий ду тхайн дайшкара дуьйна схьа. Тхан олахоша тхуна йасакх ло, массара а. Элий шайн даржехь лакхара нах бу. 1едал ду ала мегар долуш. Дац дера-кх: 1едало а лоруш, сий-пусар деш ду тха-м.


     Итон. Х1ай, Мусост! Хьийза а ца деш ма-дарра дийцахь хьайна дагадеанарг. Вай т1аккха цуьнан хьесап дина х1ума дийра ду. Хабарна кхайкхина хир ма даций ахь тхо?


     Мусост. Йасакх хьехош варий со...


     Итон. Кхин д1а...


     Мусост. Цхьаберш сиха бу, йаьлла ц1е санна.

 
     Итон. Тхуна пайденна х1умма а дуьйций ахь, тхо тхайн г1уллакхех йукъах дехна схьа а далийна кхайкхина?


     Мусост. Со Эла хиларе терра суна ялхоша йасакх ло, сан латтат1ехь мел вехачо. Со ву ч1аг1о йолуш кху махкахь. Шу а х1инца сан куьйга к1ела дог1у, шу сан латтат1ехь дехаш хиларе терра. Х1инца дуьйна аша а йала йог1у йасакх. Ас кехат кечдойтур ду аш йала йезачу йасакхан барам х1оттош. Цул т1аьхьа шен-шен хеначохь аша и суна схьалур йу. Иштта сацам бу сан хилларг, мел дийцача а.


     Ковнаркъ. Ва Мусост, ахь кхайкхина аьлла тхо схьадехкира хьо лерина, хьо вист хила воллу аьлла, оха ла а дуьйг1и хьоьга. Айхьа дуьйцург хьайн лерсина хезаш а вуй хьо? Хьуна мичахь го хьайн латта? Х1ара латтанаш-м хьа ду шайн дай болуш. Хьо деккъа цхьа питана дан ойла хилла лелаш вацахь?


     Мусост. Питана боху ахь? Ас латта сайн ду аьлча и питана делахь, ас сайна йасакх ло аьлча и питана делахь, т1аккха иштта хуьлуьйтур вай.


     Итон. Хьо ахь боху эла ву-кх хьуна, ахь тхоьгара йасакх йаьккхахь. И дийций вай! Хьуна цхьаьна а нахчочо и лур йац-кх хьуна! Айхьа да лериниг йуха ма узийла ахь, ва текхан эла!


     Бетар. Тхуна гуш ду, ахь цхьацца белхи вовшахбетташ; 1еха ма лолахь, йа хьо цаьрга 1еха ма вайталахь. Хьо оха лецна валийна вара, йал а луш, ахь бечу балхана. Хьо вицвеллачух тер а ду, ахь схьадийцарехь. Ши б1аьрг т1етт1а бахана хьан, са ца гуш вуьсуш лаьтта хьо. Хьажал цу шина б1аьргана вовшийн гойла, царел башха кхин нахчи латтанаш а гур дац хьуна. Йасакх – хьайн к1есар к1аг гуш а гур йацара хьуна.


     Ковнаркъ. Нахчашкара йасакх йаккха лаар, иза т1ом кхайкхабар санна х1ума ду, Мусост. Цхьа кечамаш биначух тера ду аша. Х1ун дер т1аккха. Оха т1елоцу аша кхийдош болу т1ом, кхин некъ тхуна буьтуш ца хилча.


     Мусост. Бакъду, х1инца шу дуьзна, монголийн заманахь меца хиллехь а. Сан мохк иштта беркате а, токхе а бу-кх – мецнарг вузош.

 
     Бетар. Мецнарг вузош а, вуьзнарг мацвеш верг а цхьа Аллах1 ву, Шен Цхьаннин лаамца. Х1ара Мохк а Цуьнан бу, тхоьга 1уналла дайта схьабеллехь а; тхайн ницкъ кхочу барамехь оха кхунна дола а до. Шуна шура а йог1уш, тхуна - ц1ий дог1ура ду моттаделлехь, хьо тилла новкъахь ву хьуна.


     Мусост. Сан дош - дош ду шуна, ас хир ду аьлларг хила доьлла шуна, ас хир дац аьлларг - ца хилла шуна. Аша суна йасакх лур йу шуна, цу т1ехь къамел чекхдаьлла.   


     Бетар (вайн веларца а волуш). Къамел ахь долош дац, йа ахь чекхдоккхур долуш а дац. Ахьа, хьайна д1евше ч1у арахецна пхонара, х1инца хьан дикка ладег1а дезара ду хьайна иза йуха мичара кхетара бу хьоьжуш.
     Ковнаркъ. Шуна массарна а хезара, Мусоста вайга йамарта т1ом хьебеш. Вай дайша т1елецна нах бара х1орш. Амма дехьа сехьара лулахошца берта а оьхуш вайна йамарта к1ело кечйиначух тера ду кхара. Вай хьакъ ма-дду хоуьйтур ду кхана, йамартхочунах ч1ир муха оьцу. Х1инца д1адоха, хуьлуш дерг а, дан дезарг а хоуьйтур ду шуна.


Доьалг1а сурт


Мусост хьалха а волуш, Мурат т1аьхьа а волуш сцени т1е, аьтту аг1ора, аьрру аг1оне схьавог1у х1ара шиъ. Диагональ ларъйеш. Камал ву Мусостина т1аьхь х1оьттина вог1уш.


     Мусост. Х1ан, Мурат, хьо схьакхеча? Новкъа ваьккхин ахь Инокентий? (Камале.) И дети чохь долу т1оьрмиг Йазидин д1абахьийта, ас хьайга д1аделла долу кехат – Тиблисе д1адахьийта. - Камале куьг ластадо Мусоста, д1аг1о аьлла буьйр деш.

     Мурат. Сан ваша, хьо цхьаъ кегош ма ву? Х1унда веанера и аьрмло? Х1ун тешнабехк бахьаш, хьанна? Хьо гуьржийн эланех веттавалар, г1аскхийн инарлашца охьахийшар? Цхьа баккхийра кечамаш беш ма ву? Хьо х1умма а дуьйцуш ма вац?


     Мусост. Хеттарш, хеттарш, йуха а хеттарш. Цул а суна г1о де-хь, лара а ца веш воллу со.

 
     Мурат. Стенна т1ехь, т1аман кечамний?


     Мусост. Шен хеначохь жоьпаш хир ду. Х1инца ас аьлларг дича дика хир дара ахь.


     Мурат. Цкъа а кху нахчашкара вайна зе-зулам ца хилла, пайда боцург.

 
     Мусост. Х1окху нахчаша цкъа а хьала волуьйтур вац вайх цхьа а.


     Мурат. Х1орш шаьш а ма бац цхьаьнхьа а хьала бовла г1ерташ. Х1ара маьрша къам ма ду.


     Мусост. Кхаьра паччахьалкх д1ах1оттайахь гур ду хьуна. Мел даккхийра хьекъалш ду хаьий хьуна кхаьргахь? Уьш къайлаха бу, цхьаьнхьа а г1ара а ца бовлу.


     Мурат. Цкъа делахь: и церан г1уллакх дац, шайн луург дан? Йуха, хьо тешна ву хьайга мел дуьйцучух?


     Мусост. Со вайх тешна ву. Ас х1илла леладо. Царна тахана вай хьашт ду ч1ог1а. Вай цунах алссам пайда эца беза.


     Мурат. Стенна т1ехь хьашт?


     Мусост. Церан йоккха 1алашо йу: динна Кавказ шайн дола йаккха; Османаша, йа Ингалсаша иза дале. Цунна царна оьшу кхузахь ц1еран суйнаш летор. Вай вовшийн даийтар а.


     Мурат. Таккха царна дезарг деш ма ву хьо?


     Мусост. Вац. Цхьана аг1ора иштта-м хуьлу иза. Вай а ма дац беж-аренгахь кхиана. Церан х1илла сайна девзуш ас к1ур хьовзийна цу йуккъе.


     Мурат. Муха?


     Мусост. И аьрмало паччахьан векал ву, кху г1уллакхна т1евиллина. Вайгахь ницкъ боцийла а, таро йоцийла а ч1аг1дина сурт х1оттийна ас. Иштта дан а ду иза. Аса уьш тешийна вайна цаьргара эскарш оьшуьр дуйла а, харж йар оьшийла а. Уьш ч1ог1а реза бу и ша долу г1о кхачо, цу т1ехь куьйгалла дар ас сайна т1елаьцчахьана.


     Мурат. Г1уллакх туо ма деллинехь хьо кхуссур ву, йа вуьйр ву. Ас бохачуьнга ладоьг1ча: нахчи йаьлла ц1е санна сиха бу, царца тасалуш верг а - ц1е йуккъе аьккхачунах тера ву. Мелла а вагацавеш цу йуккъера...


     Мусост. Иштта ду иза. Вай а ма ду сема. Тахана, сайна бег1ийла йолу аг1о соьга чекх йаккхало. Кхана а иза соьга далур дац аьлла хьан хаьа? Ас тахана мел дешдерг - кханенна ойла а йеш лелош ду. Цунна а оьшу суна х1окху нахчашна йукъара доьнал долуш болу нах, хьекъал долуш берш а цхьаьна. Кхана, Кавказ цаьрна дуьхьуала йаккха эшахь а. Коьртнаг, вайна хаьа дезарг: даиман леш берш нахчой, г1аскхий хир бу, вай хир дац. Т1ом цу шина къомана йукъахь хир бу, вай т1е туьха а туьйсуш, ц1е марса йагийта, дечиг а латтош - к1ур ба ца байта.


     Мурат. Османаш г1о дийр дац нахчашна, бусалба вежаршна?


     Мусост. Бусалба вежарий бу аьлла дийр дац. Цара а шайна пайда лохур бу. Х1ара йалсамане санна болу мохк а, т1ех доьнал долу нахчийн къам а. Цара х1орш салт бохура бу, ткъа пайда - Султанийн бохча дузуш хир бу. Х1орш х1инца ма 1арра "къоьла-къикъ" бохуш 1ийр бу. Г1аскхий хилча а, йа кхиниш хилча а, Османаша а, ингалсаша а цкъа а нахчашна толам баккха г1о дийр дац. Х1унда? Керайуккъехь ду цунна жоп: нахчий толахь, кхара ондда паччахьалкх д1ах1оттор йу. Иза царна цхьанна а ца деза. Вайна оцу йуккъерчу шуьнехь цхьа жима цуьрг йу кхочург, вай хьекъалца, х1илланца къахьегахь.


     Мурат. Суна вайгара нахчашна цхьа а вуон болх гайта ца лаьара, мухха делахь а; хьуна хетачу аг1ора д1а ца нислахь вай луьра мостаг1ий хуьлу. Кхузара вайн даг1а меттиг а йац вайн доьзалшцаний. Вайчара уьш т1елоцур бац, мохк шайн йуккъехь бекъна 1аш болчу.


     Мусост. Х1ара нахчий къам цу импереша маьрша а долуш дуьтур доцийла гуш ду суна. Вай 1ад1ийча а, ца 1ийча а. Цаьрца къийса ницкъа бац вайн, амма кхаьргара цхьа дакъа даккхалур ду вайга, церан куьйгашца. Вай т1амехь лаьттар дац, вай элий ду, ткъа кхин д1а болчаьрца сан бала а бац. Суна вай ц1а ч1аг1дан лаьа.


     Мурат. Т1аккха, хьайна соьгара оьшург схьа аьрра-кх ахь. Со г1елвелла новкъахь, сада1а воллу со.


Ойланашкахь а волуш Мурат д1авоьду. Мусост ша вуьсу.


     Мусост. Дера сан ваша, хьоьца а ма деза цхьа х1илла хила, хьо сайх тешийта. Х1окху нахчашна дуьхьала вала атта цхьа а х1уттуш вац, х1орш дика бовзарна. Со а ма ваций тиларчу вахана, ас дог доху цу г1аскхийн куьйгашца, йа османийн, ингалсан, - суна башхалла а йац, - сайна дог1у дакъа деза суна. Персашна, сельджукашна, монголашна, хазарашна а къар ца белла х1орш, х1инца г1аскхашна а къар лур боций хууш ду суна. Цхьа къайле йу кху къоман адам т1аьхьа ца кхуьуш. Х1орш кху лаьттат1ера а белахь тамаша бу. Массо а империш х1акхера коча йог1у, кхузахь церан таррийн иралла а кагло. Хьаг1 йу тоьлларг соьгахь, кхетамал а: х1ун дахьара-те ахь суна? 

 
Пхоьалг1а сурт

                Кхеташоне гулбелла бу тхьамданаш. Тхьамданийн кхеташоне х1усам. (Не обязательно.)


     Бетар. Кхузахь кхин йеха ойла йан дог1уш х1ума а дац. Церан 1алашо Мусоста гучу йаьккхина: уьш вайн латтанаш шайн дола даха лиъна лелаш бу. Кху т1аьхьарчу шина, кхаа шарачохь и Мусост д1асаидарх вай-м шек да ма дарий, вайна дика болх эцна лелаш иза ца хилар.


     Ковнаркъ. Хьажахь, мел лерина хьулдина латтийна цара и г1уллакх.


     Итон. Гуьржаша а, г1аскхаша а тешийна хир ву иза, шайгара ондда г1о хир ду аьлла. Вуьштта-м, мичара ваьхьара вара иза. Х1инццалца масмалик хилла 1ийна волу.


     Бетар. Т1аьхьа х1итта нах-м карабора, хьалха ваккха стаг оьшур-кха вайна, т1ема г1уллакх дойзуш зеделларг волу. Цхьа баьчча каро веза уггаре а хьалха.


     Итон. Иштта-м дара иза, амма...


     Бетар. Дагадеънарг дийцал х1инца, Итон, цхьа таро йоццург дагадеача мара ц1ийло хьан.


     Итон. Х1ара-м ц1ийлахь а, 1аржлахь а хьоьга х1ума йоьг1уш бацара, Бетар. И баьчча вайна т1ехь эла хилла виса лууш-м хир вац-те, аьлла, бохура аса-м. Х1ума марза малойца адамна.

 
     Ковнаркъ. Х1ара г1уллакх говза хьовзо хуурш ца бовлахь т1ом хир кхунах. Х1инца т1ом болор дика дацара.


     Бетар. Т1ом балар цкъа а дацара дика-м. Делахь а т1ебог1у-кх иза хьо ларлушехь шех, цхьан дела1.


     Ковнаркъ. Мухха делахь а, т1ом хьалха д1аболуш дерш вай хила ца деза. Аса иштта ойла йо, хьажлаш: тахана йасакх йала йеза боху цуо, амма цуьнан барам гойтуш долу кехат кийча х1унда дац цуьнан т1аккха?

 
     Итон. Дийца ахь хьайн дагахь дерг.


     Ковнаркъ. Цуьнан коьрта 1алашо гуш йу - вайна йукъахь декъадалар хилийта. Цхьа тоба йаьлла а йалахь, - йасакх йала луун йерг, - вайца атта хир ду къийса.


     Бетар. Йа цунна х1инца а г1о схьа ца кхаьчна, лур ду аьлла долу, цунна хан толлуш ву иза, вай х1ун до а хьожуш. 


     Ковнаркъа. Т1аккха, вайна а хуьлу мелла а кечам ба хан.

 
     Итон. Мехк-Кхеташонехь болчаьрга хоуьтий вай х1ара г1уллакх?


     Бетар. Царна х1ара х1инцале а д1ахезна хир ду. Цахезира шуна вайх, цхьаболчара дуьйцург? "Вайн т1ом ца оьший"; "йасакх д1а а йелла дерзита дезий"...


     Итон. Йазид вара уьш карзахбохург. Цуо кечбина а хир бара уьш, цуьнан ц1ийнан стаг ма вара и Йараг1и, массарел а ч1ог1а чуьраваьлларг.


     Ковнаркъ. Хьаг1а-м дийр ду вай. Цаьргара г1о хир ду моьттуш-м вац со, мехкан эвлайистехь 1аш долчу вайна. 


     Бетар. Кхин некъ ца го суна: Мехк-Кхеташо йукъа а ца хьакхош, цхьа дикка г1ера вовшах а тоьхна, ц1еххьана т1елетта церан ц1е а к1ур а байар бен. Цунна г1о боккъала а кхачахь, т1аккха боккъала а боккха т1ом хир бу цунах. Вай бахь.


     Итон. Со реза ву-кх тховса а т1елата, кхана дийнахь а, суна башхалла а йац. Вай и г1уллакх хьедалийта йиш-м йац. Вай дайша иштта х1ума аьлла волчу стеган корта белшах д1акъастор бара. Вай ч1ог1а г1иллакхаш луьйцаш ду цаьрца. Цундера вайн коьшкала хевшина ца 1аш, х1инца марш мел бу ши ког чу хеца а бохку-кх.


     Ковнаркъ. Цкъа хьалха ц1ий ца 1анош и г1уллакх къастон хьажа деза вай. Т1ом бан вай кхуьур ду, вайна ца лаахь а - бан безаш хилахь.


     Бетар. Х1инца-м т1аьхьа ма хета суна-м, цу йовсарца машар леха.

 
     Ковнаркъ. Х1инца, Мусоста и къамел диначулла т1аьхьа, и нах кхин вай махкахь бохийтийла дац. Цхьа Мусост вийча а ца долий иза т1аккха? Кхин д1а а дан дезачунна а хила йезий ойлайина?


     Бетар. Кхетаве-хь.

 
     Ковнаркъ. Мусост ловзуш ву вайца. Т1аккха вай а дуьхьала даккха х1ума хилийта деза.


     Бетар. Х1ун ду иза?


     Ковнаркъ. Ницкъан дуьхьала ницкъ баккхар ду-кх. Вайга, ахь ма аллара, ц1е йаххана волу къонах хьалха а ваьккхина б1о вошах тохабелча, цуо т1ом духатоха а мегара. Ницкъ берг, ницкъ ахь дуьхьал боккхийла хиъча оза мало.

 
     Бетар. Мила ву вайн ишттачарех хьалха ваккха?


     Ковнаркъ. Ц1е лелаш нах-м ба ма буй вай. Вайна оьшург т1еман г1уллакх дика девзуш волуш, собаре верг вар-кха.


     Бетар. Ша Адин Сурхо вацахь. Иза ву-кх ц1е йаххана къонах. Цуьнан да а вара-кх, - ц1ера суй бол-болчахь хуьлуш ву олуш, - вуьйцуш, дика къонах.


     Ковнаркъ. Адин Сурхо. Шен амалехь ву, хьукам долуш ву, тур сиха долуш ву, собар а шен меттехь ду, т1аьхьа х1иттина шортта нах а бу. Ади а вара иштта. Иза вийча Сурхо бера дара. Ану йу и кхиийнарг, цуьнан нана.


     Итон. Иза шен меттера элира ахь, Ковнаркъ. Т1ера да хьалхе д1а а ваьлла, нанас кхиийна ву иза. Зудчо кхиийна. Вайна хьашто йерг: малхо веттана, ц1аро чахчийна, куьйрахь кхерзина, - гила борз санна верг ву.

 
     Ковнаркъ. Цуьнан х1ун 1алашо йу а, вай арадаьккхинчу г1улкхана бала хир буй а, ала-м ца хаьа суна.


     Итон. Аса боху-кх хьоьга: зудчо кхиийнаверг х1ун амал йолуш хир ву? Ненан б1аьра хьоьжуш хир ву-кх.


     Бетар. Нанас бохург дан мегар дац, - даций?


     Итон. Цкъа Йусупах дагадовла вай, цуо х1ун олу хьажи вай? Цуьнгахь доккха 1илма а ду, цунна х1окху махкара долу адам а девза.


     Ковнаркъ. Иза шен меттара дагадеъна дика х1ума дара. Коьртера ваьллера суна Йусуп. Ка тоьхна новкъа девла иза волчу а кхеташ, цигара, цуо къобалдахь, Сурхо вехачу х1усаме а г1ор-кха вай. Мехка-Кхеташонехь дерг а иза дика девзаш ву.


Сцени т1ехь 1аржло.


Йалхалг1а сурт


Камал гучу волу. Мусоста куьйга эшара гойту дан дезарг. Кхин йуккъе хан ца йулийтуш сцени т1е оьшург схьайахьа. Уьзаш: шиъ т1орказ тарраш чохь долуш, иштта пенах кхозу (цу балхана йина стенд хила йеза) ц1арах долу деза герзаш: тарраш тайп-тайпана, шаьлтанаш а иштта башха. Цул сов акхаройн кортош а: борзан, чанан... Ша охьахуъу аьттон аг1ора цхьана стоьлана хьалха, йаздеш йоза а долуш. Оцу герзашна йуккъе схьачувалаво Юсуп-1алим. Иза аьрру аг1ора соцур ву. Мизансцена крестни хир йу (диагональ). Йусуп чу вог1уш Камалс чиркх бахьа чу. Цуо чоь серлайоккху. Йусуп д1авоьдуш д1ахьур бу, Мусост йуха а бодашкахь вуьсур ву.


     Мусост. Марша ва хьо дела1, ма дика ду хьо схьанехьа ваьлла. Шуьга, 1илма 1аминчу нахе ч1ог1а лерам бу-кхи сан. Шу дацахьарий тхо данне а дацара-кх. Диттан г1ад муха хир дара, т1ехь генаш а доцуш? Х1урд муха бехар бара, даккхийри а, кегийри а хиш ша муьйлуш ца хилча? Йусуп, вайга далуш а ду х1умнаш, вайн цкъа а ницкъ кхочур боцурш а ду. Хьуна суначул а дика хаьа вайна т1ехь хилар: вайн ницкъ кхочург дан дезаш. Ма хазахета суна хьо веана. Йусуп, ва Йусуп, хьо вист хуьлуш а ма вац, тахна марха лаьцна-м хир ма вац хьо, хьуна чуьра аз а ца долуш?


     Йусуп. Хьо лаа варий, Мусост? Хьан цхьа ч1ог1а доккха г1уллакх ду аьлла ма валийна со кху х1усаме?


     Мусост. Ахь тидам белахь: вай массера а йукъара ду иза. Амма дезарш кхача а дина ва цкъа а парг1ат девра дац. Цкъа хьалха кхача бу, хьо йуучух кхетийтана: 1ахаран жижиг, жимчу шинаран? Москул, йа ч1ара?


     Йусуп. Вай сискал йиана ду, кхин сов дерг т1ех хир ду.

   
     Мусост. Алахь соьга Йусуп, говрийн рема парг1ат йаьржина лела йуьтур йуй, цхьаммо дика 1унал деш ца хилча? Дикачу 1уьнан даьхни дуьзана дог1ур ду, вуочу 1уьнан даьхни - чуо чу а кхетта хир ду. Йа дац?


     Йусуп. Вай Пайхамар (соллаллох1у 1алайх1и ва саллам) жима волуш жа дажош хилла, шен шури нана йолчу Хьалиматера долу. Къаьсттина цуо уьш дажочу деношкахь т1ех дуьзина а, шима токх хилла а ц1адог1уш, тидам хилла церан а, цу гонд1арчу неха а. Ткъа церан дежилашкахь даьхнина даа х1ума ца хилла, дукха йокъанна йолуш. Бахьана х1ун хир дара цунна, вай Пайхамаран (соллаллох1у 1алайх1и ва саллам) беркат бен? 1у мухха велахь а пайда к1еззиг бу цунах и беркате вацахь. Сан хабар дах-м дела.


Тийналла лаьтта. 1ийна вист хуьлу Мусост.


     Мусост. Йусуп, Йусуп, ва Йусуп, 1уьно дола ца дича берзлоша ка ма йохуьйту...


     Йусуп. Х1ара силаа йолу 1аламаташ кхолла а кхоьллина, кху 1аламатийн 1у наб кхетта вуьсур ма вацара. Кху дуьненан а, кхунна т1ехь долчунна а, чохь долчунна а, бухахь долчунна а, т1оьхула долчунна а шен Да ма ву, ва Мусост. Вай Цуьнан лайш бен ма дац, Цунна лиъна хилла ма ду вай а, шадолу 1алам а.


     Мусост. Х1ун 1алашо йу Цуьнан? Вай стенна ийши Цунна?

 
     Йусуп. Ша вуйла хаийтар, шаболу ницкъ а, г1ора а Шегахь хилар довзийтар, йаа сикал йелла Ша Лушверг волун дера, 1ожалла йелла Ша шадерг далуш волун дера, йуха дендина Даима Абада Ша волу дера. Шен лайшца йуха мах бина, цул т1аьхьа цхьа сацам а бина, буьззина вайга мах схьаэцийта эхартахь, - Йалсаманица.


     Мусост. Ткъа х1ара латта, х1ара дуьне?


     Йусуп. Аста1изубиллах1… «Холакъа ссамавати вальарда биль-хьаккъи - Цуо стигланаш а, латта а кхоьллина ц1енна бакъдолчунна дуьхьа»». «Халакъал инсана мин нут1фатин фаиза х1ува хосымум мубин - Цуо адам кхоьллира т1адамах, иза х1етте а йуьхьдуьхьал къийсалуш ду»».


     Мусост. Муха?! Ша кхолла а кхоьллина? Бат д1атега боху цуо?


     Йусуп. Аста1изубиллах1… «Афамай йахлукху камал ла йахлукх - Вайй, х1ума кхуллуш верг тера вуй, х1умма а кхолла ца луш волчунах?»» «Афала тазаккаруун - вайй, х1инца а шайна деш долу хьехар д1а ца лоцу аша?»» - боху Дала.


     Мусост. Йусуп, бакъдерг ала...


     Йусуп. Хьанна бакъдерг?


     Мусост. Йусуп, дарж деза ма дезий хьуна, сискал йаа ма йезий, деса галий ирахь ма ца лаьттий?!


     Йусуп. Аса бакъдерг далийча а, иза суна бакъдерг хилла дуьсур ду, хьуна хир дац. Сан хан: "тахана, х1инца" дерг ду.


     Мусост. Ткъа хиндерг, хьан ирс?


     Йусуп. Цхьа стаг хуьлийла иза, йа цхьа тоба, йа цхьа паччахьалкх, хиндерг шайн дола даккха г1иртича, уьш Аллах1аца къовсалуш хуьлу. Хиндерг хийца г1ерташ. Иза Аллах1ан урхаллехь ду. Цуьнан урхаллица латтош ду дерриге а дуьне. Цуьнца къовсавала г1оьртинаг, иза - х1аллак хила хьаьг1нарг ву. Иза ч1ог1а кхераме ду стагана. Дала Ша х1ора сина ц1арах Йалсаманехь йоккха г1ала йоьг1на боху. Кху поппаран лаьттахь вай и г1ала вешан ц1арт1ехь йисита г1ерта дезаш ду, цу чохь вай даиман-абада йолчу хеначохь 1ан лууш делахь. Х1ета, вай, тахана даха дезаш хуьлу, кханенан са а ца гатдеш.


     Мусост. Аса сайн м1аьрго т1ехтилийтина сох кхана бежа1у хилахь?


     Йусуп. Аллах1 хьан т1оьхуле хьоьжуш вац. Иза хьан даге хьожу, цу чохь Шена мел меттиг ахьа д1ало а хьожуш. Йалсаманехь шаверг диканца зокх хьоьгуш хир ву. Лайно сагатдан ца оьшу, шех мила хира ву аьлла, лайно г1айг1а бан беза Аллах1 шена реза ван. 


     Мусост. Суна чохь са мел ду со ву сайн дахаран да. Суна сайн а, сайн т1аьхьенан а хиндерг сайна малуъу хилийта лаьа. Сайн лаам коьрта хета суна.


     Йусуп. Со-м цец а ца волу. Адамо Дела вицвича хуьлуш ду иза: долуш дерг а, хиндерг а шен урхалли карлаца г1ертар. Т1аккха цунна дукхе а дукха ницкъаш оьшуш хуьлу. Амма и ницкъаш тоьур бац цунна. Шаболу ницкъ а, г1ора а цхьана Аллах1ан бен бац. Цундера, Дела лайно нийса сацам бан беза хиндолчунах лецна. Хиндерг иза Аллах1ан лаам бу. Цунна вай массо а реза хилла к1елсовца дезаш ду.


     Мусост. Ахь схьдийцарехь стеган вахаран маь1ан а ма ца хуьлу - х1ума леладан а?


     Йусуп. Стеган бакъо йу тахана диканаш дан т1аьхьа т1едог1учунна а дика хилийта, амма бакъо йац хиндолчунна йукъа г1ерта-м. Г1иртинчарна хилларг а, хуьлуш лаьттарг а гина а ду, гура долуш а ду.


     Мусост. Г1аскхи 1ад1а беза-кх х1ара мохк тесна а битина османашна, йа ингалсашна ... Царна магийна ду?

 
     Йусуп. Цхьанне а ца магийна Аллах1ан дозана вала. Амма Аллах1ан дош лакхадаккхар, шар1 д1ах1отта дар, - Дала къобал деш ду. Иза хиндерг хийца г1ертар ма даций, ткъа тахана дерг тодар ду. Аста1изубиллах1… «Атаа амруллах1и фала таста1жилуух1 - Аллах1ан омруш схьакхочур ду шуна, уьш хенал хьалха дахкийта г1ерташ сихамалолаш»».


Цхьа а вист ца хуьлуш тем бо. - Со д1авоьду.


     Мусост. Хьешан лаам суна беза бу. Маьрша г1ойла.


     Йусуп. Маьрша 1ойла.


     Мусост. Ц1а ваха некъ карор ма бу хьуна?


     Йусуп. Леха а дезара дац. Аста1изубиллах1… «Ва 1алаьллах1и кхасдус сабиили ва минх1а жааир - Аллах1а нийса некъ гойту, амма кхин а ду некъаш, харцачу новкъа хьовзориш»». «Ва лав шааъа лах1адаакум ажма1иин - Нагахь санна Аллах1ан лиъча, т1аккха Цуо шу шадерш а нийсачу новкъа хьовсор ма дара»».


     Мусост. Хьан маттара аьлча, Цуо ца дина тхох элий а, шух тхан олахой а? Шуна г1олехь дара, Цуо бохуриг дина тхуна къарделча.


     Йусуп. Хьо кхетачу маттахь эр ду аса т1аккха: т1ехааза йолчу говранах терра ду, шайн бусалба паччахьалкх йилла г1ерта нахчийн къам а, хийрачу нахе нуьйра тиллалур йоцуш.


Йусуп д1авоьду. Йазид схьа чу вог1у.


     Мусост. Хезарий хьуна цу цхьогалан къамел? "Нахчи къомана хийрачу нахе нуьйр тиллалур йац". Йацахь хьа-х йу вай и говра жижиган д1айохуьйтур. Цхьа пайда бу-кха иза а.


     Йазид. Хьан, молланашца гергарло дуй хиан дацара суна.


     Мусост. Нах шина декъехь бу: гергарниш а, мостаг1ий а. Кхин бан а бац. К1айн - 1аьржан.


     Йазид. Со хьанах ву хьуна, Эла Мусост?


     Мусост. Хьан духар 1аьржа ду, амма хьан тешаме хьовсур-кха вай?


     Йазид. Г1еххьа са парг1ат дели сан-м.


     Мусост. Х1ара нахчи буй, жа1уйх тера а лелаш, шайгахь даккхийра 1илманаш долуш бу. Йеккъа майралла бен йацахьара, тоххура байина а кхачабелла хир бара х1орш. И кхаьргара 1илма бахьанехь цхьанийна а ницкъ ца кхочу х1орш къарбан. Цхьа къайле йу кху къоман, адам т1аьхьа ца кхуьъуш йолу.


     Йазид. Цхьа а къайле йац, сийдацара ду. Х1уман хьожу йохуш ца хилар ду.


     Мусот. Иза шу мекрло йу, тхо 1ехош: шаьшша шайн луьйш, ч1ир лелош. Х1инцца т1аьхьа кхиина вог1у со, аша - ч1ир стенна лелайо, - цунах дахар а, г1иллакх а дина.


     Йазид. Суна а дийцахь, хууш хир вара со а. 


     Мусост(вехха Йазиде хьоьжуш лаьттий). Оцу Йусупах кхетий вайна т1еверзаве иза. Кегаве, кхераве, эца дешийца... Хьайна луъург де.


     Йазид. Стенна сел оьшуш ву хьуна иза?


     Мусост. Бусалба дин дика х1ума йу - 1едале ван. Цигахь ч1аг1вала а. Османех х1инца дика кхета со: цара дин хьовзийна шайн 1едал даккха. Церан дика мах а хилла.


     Йазид. Кхаьрга бийца беза мотт суна дика хаьа хьуна, Эла Мусост.


     Мусост. Ма аьллехь, ма аьллехь, Йазид! Хьо нахчо велахь а, хьуна дукха х1ума т1оьхула бен ца го хьуна. Ма аьллехь. Хьан жам1е хьовсур ду вай. Парг1ат хила. Сан корта ч1ог1а сагатдеш бу.

 
Ворх1алг1а сурт


Тхьамданаш Сурхо вехачу х1усаме бехкина.


     Ковнаркъ. Ассалам 1алайкум! Иман, беркат ма иэшадойла кху керташкахь!

     Сурхо. Ва 1алайкум ассалам!

     Ану. Шу марша дог1ийла, х1ай, генара махкахой! Хьеший Аллах1ан совг1ат ду! К1ант, ахь х1акхарга хьал-де хоттушехь, ас вай кегийчу нахе уьстаг1ий доийту. Хьошалла дийр ду ахь кхарна.

     Бетар. Дала сий дойла хьан, сийдолу Нана, иман-беркат лаьттийла кху кертан ох1ланна а. Амма, цхьандела1, тхоьгара пурба дац шуна ц1ий саг1а даккха. Оха хьебен некъ хан т1еоьзна бу.

     Сурхо. Ненан пурбанца. Аша шайн некъ беана, тхуна тхайн некъ ларба дуьхьало ма гайта. Шу парг1ат хила.
 
     Ковнаркъ. Бакъ долуш тхо хьеший хила ойла хилла дацара. Дагадовла дезаш дара тхо.
 
     Сурхо. Шу даккхий дара-кха сол а, эхь-бехк ма хета суна шуна хьалхахь. Аш кхайкхича со вог1ур ма вара шун когашка! Аллах1е до1а ду-кха вай: г1алатех а, кураллех а, сихьарах а вай лардар доьхуш. Шолг1а: Цу Аллах1ана т1тевжина ду-кх вай: х1ара миска синош а, вай четахь лелош долу, х1ара вайн дилхан чалхаш а лаьттаца д1ауьйра йолу, ницкъ, г1ора а, вайгара доцийла а хууш.

     Ковнаркъ. Ахь тхан лерам ма-барра, Дала сий дойла хьан Сурхо. Хьан да вевзина дара вай, цунах бухбисина стом шен меттехь карийна а хазахета. Массаьрна а хууш ду вай элашка вайн йукъара хилар лууш уьш бехна балийна а, т1еэцна а буйла. Цхьа хан йаьлча царна иза дицдала а доьлла, вай, шайн олахойх тар дала доьлла куц ду. Кху деношкахь цаьрах цхьаммо - эла Мусоста, тхо д1а а кхайкхина, тхоьга шена йасакх йалар т1едожош, - схьахьедина. Цуьнан бахьана тхуна хета Мусостан бартахойх доьзна. Иза гуьржийн элех а, г1аскхийн инарлех ваьттавалар а хууш дара тхо. Эххар а, цара шаьш дагалаьцнарг д1адолий.

     Сурхо. Иза-м хьа-х ду вайх массарех а хьакхалуш дов. Ткъа, церан, шайн, г1ебартлойн элийн барт болуш дуй техьа и? Йа Мусост ша цхьаъ ву те оцу бартахошца?

     Ковнаркъ. Тхуна схьагарехь церан массеран а цхьа барт болуш г1уллакх ду иза.

     Сурхо. Суна а деанера цигара а, иштта тхуна букъ т1ехьара махкара а, - хабарш. Вай ладоьг1уш 1ара: х1ун дер-те цара бохуш? Х1инца мелла а дика кхеташ ду цаьра дан лерийнарг. Йасакх... йасакх... цаьрна хаьа иза кийчча т1ом буйла, х1етте а ... Кхин салти-м ца хаа белла цигахь?

     Ковнаркъ. Салти-м ца гина. Вайн Йусупна герзаш-м гайтина Мусоста, ша волчу кхайкхана д1а а вигна, ларамаза долчуха.

     Сурхо. 1елам Йусуп вуйци хир ву ахьа? Цунна муха го и сурт?

     Ковнаркъ. Цуо уьш вай латтана дола х1итта бохку бохура, вай озалахь царех.
     Сурхо. Цакхералахь?

     Ковнаркъ. Т1амца даккха кечам беш хилар.

     Сура. Х1аъ, шу бакълуьйш долчух дукха ч1ог1а тера ду и схьах1уьтту сурт. Кхин х1умма а дуй?

     Ковнаркъ. Йусуп, Мусост волчуьра араволуш Йазидах б1аьрг кхетта цу кертахь. Иза цу аг1ора вевзуш волуш, г1еххьа таро йолуш, совдегар ву. Иза вайца девне вуьйлуш лелаш а ву. Нах вайна дуьхьал бохуш къа хьоьгуш а ву иза.

     Сурхо. Хьажал хьо цу Мусосте, массо а аг1ора белхаш беш ву. Бе хьайна делахь. Вай а дац кху лам буьххье а хиъна набарна тар туьйсуш 1аш.
 
     Ковнаркъ. Леррина цу балхана некъ бахьаш даьхкина тхо-м. Хьо реза велахь хьо Баьчча хуьлийла а дезара тхуна.

     Сурхо. Иза дика дац. Вай, Аллах1ан новкъахь нисдала г1ерташ г1ийла лай бен ма дац. Кхин цхьа х1ума а ду. И элий буохийча вайн 1ер-дахар а хийцалур ду. Кийча дуй-те вай цу къийсамна? 

     Ковнаркъ. Цу новкъа ваха цхьа куц а, кеп а хила ца йеза? Корта хьалха а болуш-м бен дег1 т1аьхьа доьдий? Шолг1а долчунна. Тхо кхоьрург дов дац хьуна, йан оха лоьхург т1ом а бац хьуна, х1етте а тхо кийча ду царех тхайн дукъ дина д1адахьа. И Мусостар вайна т1ехь элий бисийта амал дац хьуна. Ткъа, цул т1аьхьа хиндерг – иза т1аккха дуьйцур ду, валанза висанчо.

     Бетар. Хьо жима велахь а, сихха х1уманан хьесап дан хууш ву хьо. Аллах1умма барик! И т1ехь йоцу йасакх вай царна тахана д1алахь - латта вайн ца хилла аьлла т1еч1аг1деш хуьлу вай. Монголийн ницкъ са баьлла, вайн дайша дитанза ца бевлла дитина хилла долу латтанаш ду уьш. Вай уьш дуьхьалд1а – духадерзадо.

     Итон. Вайгахь тахана доьналла ду, вайн тарраш ира ду, оьшург - уьш баттара даьхна оцу писсашна шайн ц1ехьанехьа боьду некъ марзбар ду, церан ц1а баг1ан ц1а дисанехь.
 
     Сурхо. Тарраш баттара даха - уггаре аттаниг ду, халниг - уьш йуханехьа баттара дахка. Вайна х1ума сиха марза а ло, дукха сиха к1орда а до, вешан хетачу апаре г1уллакх ца дирзича. Цхьана х1уманна т1ехь бакъ ду шу: йасакх - цара х1оттийна бахьана ду, 1алашо – вайн латтанаш шайн дола а даьхна, вайна т1аьхь шайн олалла ч1аг1дан а. Т1аккха вайн даг1а меттиг ца хуьлу, царех вайн элий бар дуьсу. И элий кху цергахь бартахой хилла д1ах1уьттуш бу. Вай маьрша дахийта ца бохку уьш. 

     Итон. Тхо даймехкан г1арол ду,
Хьацарша буьзна баккъаш.
Цаьрца летта тоьлур ду,
Дац лелор эран тарраш! (Тур баттара доккху.)
 
     Сурхо. Вай мискъазараталла дуьне эхартах д1ахьакхадолуьйтий, вайна эшам боцург х1ума гура дац. Шуна суначул а дика хаьа Аллах1а тоьхна дозанаш т1ехвала цамагар. Вай, баьччий, тхьамдий ца бохуш, х1ораммо шен дика дан хуург хьалха а деш, дика ойла йийра йу кху атта доцчу г1уллакхан. Х1инца вай кхетта вайн йукъарчу хьолах. Со Мехк-Кхеташонехь болчарца дага а ваьлла, сайга лацалахь Йусуп а гина, цуьнга а вистхилла вог1у. Кхин д1а вай дечух дист хир ду вай т1аккха. Шу парг1ат довлий х1ума де. Кхузара кегий нах шун г1уллакхе дика хьовсур бу шуна.

     Ковнаркъ. Тхо новкъа девлача муха хир дара?

     Сурхо. Дика хир дацара. Вай х1инца йа т1амехь ду, толам баккха а безаш, йа эшнарш ду - 1аьржа латта т1ехьокхур долуш. Муьлхариш хила лаьа вайна? Аш собарде со вухверзалца. Кхин д1а вай цхьа некъахо ду.
 
     Ковнаркъ. Къамел дац цу т1ехь. Вай цхьана ду, некъ цхьаъ болуш!
Сурхо д1авоьду.
 
 
Барх1алг1а сурт


Заху хьалха йаьлла, Лайла т1ехьа йолуш хит1ара йог1у ши йо1.

 
     Лайла. Сан хьоме доттаг1, Заху, хьо сема хила йеза хьуна, Сурхо санна волчу къонахчунна б1аьрг боьг1на ца 1аш, гура боьг1на а бу хьуна мехкарий.

     Заху. Шек ца йолура хьуна со-м, цу балхана, Лайла. Сурхо б1аьргаш уьдучарех вац.

     Лайла. Ву хьуна и шен дукха т1ех г1иллакхаш лардеш-м.

     Заху. Хьоьгара бен г1иллакх т1ех хуьлу олуш ца хезна-кх суна, ва Лайла. Шу муьлхачу махкахь 1ийна ду?
 
     Лайла. Со хьоьга х1ун дуьйцуш йу, ахь хьедешдерг х1ун ду?

     Заху. Лайла, нахчочо цкъа дош деллехь цуо и лардийр ду хьуна, ша велла а. И лардеш воцург нахчо а вац хьуна. Тхуна т1едаьхкина дукха къаьмнаш ма дайца. Цунна хоьттура ас.

     Лайла. Хьан Сурхо шайна баьчча вехна охьара наха, иза кийчча т1ом бу. Хьаьнца бу - элашца бу! Цу наха, Сурхо шайна тешаме хилийта, шайх йолу йо1 маре йигар т1едиллина боху цунна. Ас дуьйцург и ду, хьан хазалла!

     Заху. Уьш кхетам болуш нах бу-кх хьуна. Шайн т1ехь эла висарна кхоьру-кх уьш. Маьрша са долчу нахчочун ца веза шен т1ехь олалхо.

     Лайла. Ас х1ун хьедо, хьо хьена керта кхийда?

     Заху. Ахь са магатделахь. Сурхон цхьа некъ карор бу хьуна. Ас цуьнан ойла йийра а йац. Со-м хьа-ха дац ж1онка, хьуна. 1е хьайна, хьан ойла йан йезаш дукха х1ума ду х1инца, хьан «к1удал йу" - йуза йезаш.

Лайла ша йуьсу

     Лайла. Ж1онка-м хир дац хьо, амма копуста-м йу, цуьнан санна массийтта ч1ор долуш. Цхьаъ д1адаьккхича бухахь кхин итт карош. Хьовсур вай, шун - нахчалла - масс ч1ор долуш йу а, сийна ц1е шун когаш к1ела хьалалетча… Монголшах шайн моз тарделлачу дийнахь, со дагайаийталаш шайна. Шайн чохь-1уьргахь а парг1ато йовра йу шун. Нахчийчоь - кхерало! Буьйца а ца хезна б1о бог1у шуна!


Иссалг1а сурт


Йусуп хьехам беш ву рузбанехь. Сурхо а ву цигахь. Цхьа стойка хир йу лаьтташ, цу техь Къуръан а.

     Йусуп. Аста1изубиллах1… «Иннаддина 1индаллах1и-ль-ислам. Ва махталафаллаьзина утуль-китаба иллаь мим ба1ди ма джаа х1умуль-1илму баг1йам байнах1ум. Ва май-йакфур би айатиллах1и фаинналлах1а сари1уль-хьисаб - Ц1ена бакъдолуш Аллах1ан хьалха дин - цхьа ислам ду. Хьуьлли, шайна Дала йоза делла хилла берш, тиларчу аьгна шайна 1илмах дакъа деаначул т1аьхьа, дуьххьала д1а: шайн йукъара хьаьг1наш бахьана долуш а, вовшашца йолу т1екаре цхьа а ларам боцуш хиларна а (шаьш вовшийн лакхарий, лахарий хетар бахьана долуш). Нагахь цхьаъ велахь Аллах1а дуьйцучунах цатешаш, Аллах1-м сихо йалуш ву х1ума къасто»».  «Кхулиллах1умма маликаль-мульки туътиль-мулька ман ташаау ва танзиуль-мулька мимман ташаау ва ту1иззу ман ташаау ва тузиллу ман ташаау бийадикаль-хойру иннака 1алаь кулли шайин кходиир - Ахь ала: «Йа Аллах1, паччахьалин Паччахь! Ахь ло, Хьайна луъчунна 1едалан мукъ, Хьайна луучуьнгара и мукъ д1а а Ахь боккху. Сийлалле а Ахь воккху, Хьайна ваккха лиънарг, сийсаз а Ахь во, Хьайна ван лиънарг. Ша долу беркат Хьан къинхетамера ду. Бакъдолуш, Хьо ницкъ кхочуш ма ву муьлххачу а х1уманна а»». «Кхуль ин тухфу маа фии судурикум, ав тубдуух1у йа1ламх1у-Ллох1у - Ахь ала: Хьул дер аш шайн дагахь дерг, йа нахала доккхур, Аллах1ана иштта а, вуьштта а хууш ду иза»». «Инналлах1а Роббии ва Роббукум фа1будуух1у х1аазаа сыроот1уммустакхиим - Бакъ ма ду, Аллах1 – сан Дела а ву, шун Дела а ву. 1ибадат дайша т1аккха Цунна, иштта бу и нийса некъ!»» Дала геч дойла вайна, Дала Шен боккха къинхетам бойла вайх.

Йусуп вог1ушехь Сурхона т1евог1у, шегара жайна кхечуьнга д1а а кховдош.

     Сурхо. Йусуп, хьан хьехарш а, хьан хьехам а аса дика схьалецна хьуна. Вай некъ – Аллах1ан некъ бу, Цуьнан Аьлчанан(соллаллох1у 1алайх1и ва саллам)нуьрехь беана болу.
 
     Йусуп. Коьрта дерг вай хьахийна хьоьца. Шайца г1илакхе хилахь, шу сов довлу г1иллакхца, куралла йеш меттиг беа-кх, т1аккха цхьа а хама-пусар ма де церан. Со вара нийат дина сихха хьуна т1екхача лерина, хьан дог-ойла хаа лиина, цу аг1ора д1аван раг1 ца кхочуш висан.
   
     Сурхо. Тхо ду хьуна т1едахка дезарш, хьо вац тхо леха дезаш.

     Йусуп. Вайн Элчано (соллаллох1у 1алайх1и ва саллам) аьлла: "Инналлах1а та1ала авхьа илаййа» - шега омра дира Лекха волчу Дала: "Анта вада1уу"- "Вовшийн хьастлолаш, вовшийн охьата1алаш, вовшийн к1еда мерза хилалаш". Кхечу ривайатехь: "Ман тава да1алиллах1 - рафа1ах1уллох1" - Дела дуьхьа охьатаь1нарг - Дала хьалаойбур ву"».

     Сурхо. Ма беркате стаг ву хьо Йусуп, хьоьгара 1илма а. Сан дагт1ера боккха сингаттам д1аэцна вухвоьрзу-кх со тахана.

     Йусуп. Аллах1 ву хьан са тединарг, сох чена к1ур а хилалур бацара. 1илма а Делера ду. Аллах1ан белхаш вай ваьшна т1е изор къилахь хилла ца 1аш, иэхье а ду. Ша болу дика болх Цу Аллах1ера хуьлуш бу, вуонаш ду - вайгара.
 
     Сурхо. Хастам бу-кх цу Далла дитташ Цуо дог1арна, Шен лайшка цу т1ера стом баийта.

     Йусуп. Аса а болх жигара боккхур бу хьуна. Дош лелачу нахе вист хир ву со.
 
     Сурхо. 1илма хууш верг г1олехь ву, иза доцуш волчулла а.
 
     Йусуп. Массо а х1уманна шен-шен лерина меттиг йу Аллах1ан. Вайн Пайхамаре(соллаллох1у 1алайх1и ва саллам) хаьттина хоттучо: "Аллах1ан гергахь г1олехь муьлхариг ву Цуьнан лайшах?", - аьлла. Жоп иштта хилла: "Царех уггре а боккха пайда бахьаш верг ву", - аьлла. Тахана хьалхе йерг, иза ву: тур сиха а долуш, собарца верг, буолата дог долуш - маттана к1еда луьйриг.

     Сурхо. Царел эша-м йиш йац вайн делахь.

     Йусуп. Аста1изубиллах1… «Ин йансуркумуллах1у фала г1оолиба лакум ва ий йахзулькум фаман зал лаьзии йансуркум мин ба1дих1 ва 1алаллаьх1и фаль йатаваккалиль муъминуун - Нагахь санна, Аллах1а шун г1о лацахь, цхьаммо а шуна т1ехь толам боккхур бац. Ткъа, амма Цуо шу г1о доцуш дуьту-кх, т1аккха хьа дийр ду шуна г1о Цуьнан меттан? Аллах1ан т1е товжуш хуьлийла-кх Цунах тешнарш»».

     Сурхо. Йа Аллах1, Камаьрша хилахь тхоьца, тхо харжахь, тхуна т1ехь цхьа а ма харжахь.
 
Сурхо д1авоьду.
 
     Йусуп. Ша болу хастам Хьуна бу-кх, йа Аллах1, иштта, "б1евнаш" санна болу къонахий Ахь тхуна йуккъехь кхиабеш латторна. «"Хьасбийаллох1у ли ддини - Аллах1 кхачаме ву суна сайн динехь"».

 
 Итталг1а сурт

 
Т1емалой т1ех бовлу сцени т1ехь: лахара хьала – лакха (в глубь сцены, по вертикали). Сурхо кешнашкахь ву до1а деш. Шен дена т1ех1оьттина. Цигара г1аьттина шен вежаршна т1евог1у.

     Сурхо. Тахана б1аьхой хила кийча болчарех б1о вовшах тухуш хила беза. Маттана, къамелна говза болу нах билгалбина, лулара къаьмнашка д1ахаийта деза и элий - церан а, вайн а цхьатерра, йукъара довхой буйла. Вайна йуккъехь барт-дезар лаха деза. Вайн 1алашо т1ом бац, вайн 1алашо - маьрша дахар ду, ц1ий 1енор меттана, гергарлонаш ч1аг1дар а, барт-марзонаш кхиор а, маьрша а долуш.
 
     Бетар. Дала а ма боху шен динна г1о делаш, вайн некъ - бакъонна т1ехь бу.

     Сурхо. Вайн дегнаш, вай хьекъалш Аллах1е дерзийна, вай некъ хьур бу цу элашна т1е. Нагахь уьш берта баг1ахь - вайна машар тоьлу, ткъа уьш бертаза хилахь - вай маьрша хуьлу, вайн бакъо къовса. Вайна т1ехь хьацар ду, Толам – Аллах1ан бу!

     Бетар. Сийлахьчу Аллах1а беркате дойла, вай ц1енчу 1алашонца дагалаьцна х1ара сийлахь г1уллакх. Амин!
 
     Сурхо. Йа Аллах1, Хьайх кхерарца дуза Ахьа тхан дегнаш, Хьайх бен тхо кхин цхьаннах а кхера ца кхерийта. - Массара а Амин олуш дийра ду Сурхос до1а. - Йа Аллах1, тхан дегнаш Хьайх догдог1ийла йолуш дуза Ахь, Хьо воцчух тхан догдог1ийла йолучарех д1а ц1анде Ахь тхан дегнаш. Йа Аллах1, тхайх тоам барна дуьхьала, тхаьш тхайха 1ехадаларна дуьхьала, тхаьш кхечарах цадашарна а дуьхьала Хьуна т1етовжу-кх тхо. 1алашделахь тхо зуламех. Йа Аллах1, х1илла леладелахь тхоьгахьара, тхуна дуьхьала а ца леладеш. Амин! 
 
     Бетар. Беркате д1адолор ду, беркате доьрзар а ду. Дала мукъа лахь!

Байракх эцна х1орш д1абоьлху.

Заху гучу йолу. Цунна гуо беш д1ах1уьтту мехкарий.


Ма йоьллахьа, хаза суйьре, малх д1абуьзча, бода баржош,
1арж а йелла суо йисича, сайн везар гур вац суна.
Ма йоьллахьа, хаза 1уьйре, малх схьакхеташ дуьне къагош,
Серлайаьлла арайаьлча, мерза везнарг гур вац суна.
Ма уг1алахь, х1ай йора борза, иштта а г1елчу кху сан хьоле.
Везначух хаьдда уг1уш елахь, вайша ду цхьатерачу хьолехь.
 
Гу лекхачу лома йуьйлуш,
Бай шерачу ара йуьйлуш,
Адам доцчу къайла йуьйлуш
Йелха йезара, везнарг, хьуна.


2 – дакъа

Цхьайтталг1а сурт


Мусост волчу кертахь. Сурхо а, тайпана тхьамданаш а бог1у. Мурат а ву кхузахь, г1арол а. Мусост лакхахь ву, г1опастана т1е хьалаваьлла.

     Мусост. Суна шу ши куьг ластийна даьхкина ма го. Стенгахь йу йасакх ас шуна т1ейиллина йолу? Ковнаркъ?

     Сурхо (волалой цунна йуххе д1а а х1уттий). Шал-шера хаьара хьуна, нахчаша хьайна йасакх лур йоцийла. Нагахь санна, йаккхийрачу г1айрешан, шайн даккхийра эскарш долуш ницкъ кхаьчнехь тхо лома ч1ажа дохка, х1инца хьо а воллу хьайга х1ун далур дара, - аьлла, хьажа, тхоьца къовса? Мозанна шех фила тарделлий техьа?
 
     Мусост. И х1ун ду ахь дуьйцург, хьан дайша г1иллакх ца 1амийна хьуна?

     Сурхо. Хьуна дика хаьа ас хьайга х1ун дуьйцу. Иштта, хьуна, т1аккха, хаьа деза: х1иллана дуьхьала даккха х1илла а ду хьуна, ницкъана дуьхьала баккха ницкъ а болуш бу хьуна. Хьо а, тхо санна кавказхо ву, хьуна наха дуьйцуш гина дац тхо. Оха тхов белла, цу тхов к1елахь хьайн ц1е а йагош 1аш ву хьо. Х1инца и ц1е цхьаьна х1илланца кху махках лато корта лазабаьлла ву. Шен хеннахь сацавелларг г1олехь волуш ду хьуна. Цу ц1аро шаьшша ма дагадахьара шу. Т1аккха, т1ехь и тхов боцуш а дуьсур-кха шу.

     Мусост (воьхна вац). Ва Ковнаркъ, кху кет1ара мунданаш санна д1 а дахана, х1инца х1ара жимха хьалха кхуьссуш ду шу суна?
 
     Сурхо. Х1инца, х1оккхузехь, хьайн ала дерг схьа ала тхоьга, къамел хьовзо а ца г1ерташ.

     Мусост. Хьо цхьаммо вуьйлина валийначух тера ду, 1ад санна. Шу заманаш д1айевлла. Со кхуза селхана веана, ваха хиана вац. Сан дай а баьхна кхузахь.
 
     Сурхо. Дика ду. Кхин д1а а ваха. Ц1арца ма ловза, ломахь летта ц1е д1айайъа атта дац хьуна. Кхузарчу мехаша иза ч1ог1а ловзайоккху хьуна. Цхьа де вукхунах тера ца дог1у хьуна.

     Мусост. Хин амал х1ун йу? Дера йу эхар, цхьана метта ца латтар. Тхо а дийшина ца 1ихкина и шу нахаршка сатесна. Оха орамаш тесна, тхо дебба, тхо 1аь1на. Кху махкахь к1орга а, шуьйра йаьржина д1ах1оьттина тхан элин оьмар, ша нажан диттан орамаш кху лаьттах ма даххара. Х1ета, х1ара латтанаш а, х1ара Мохк а тхан хуьлу.
 
     Сурхо. Делахь шуна а д1ахаалаш: оха, нахчаша, нажан дитташ а, поппан дитташ а тхайн хьаштана лелош ду шуна; меллаша, диг тухий-тухий охьабуьллу оху муьлха а хен, мел ондда и хиларх. Цунна оха тхайн дагарш ира а латтадо, тоьлларш а леладо.

     Мусост. Суна хьаьг1на х1инца хьан деса къамелаш. Хьо хьена мила ву?

     Сурхо. Со: Адин Сурхо ву, х1окху махкан дола дан веана а ву.
 
     Мусост. Дера, Ковнаркъ, шу нахчийн г1уллакх суна моьттинчулла а дакъаза ма даьлла, х1окху тайпана г1иллакх доцу кегий нах шун кхианехь. Х1ун дер т1аккха. Кегийричаьрца сан дийца х1ума дац. Камал! - олий мохь туху. Камал гучуволу. Камала кехат д1акховдадо Мусосте. - И кехат Ковнаркъе д1ало. Цу т1ехь йоза ду хьуна, Ковнаркъ, аша схьайала йезачу йасакхан бараман. Деша хуъур дуй шуна цхьанне а и йоза? (Велакъежа.) Сурхос, "х1уьшт" - олий, хичаш а йой, хьажо п1елгаца шена т1евоьг1у Камал. Важа Мусосте д1ахьожу. - Со хьанге лоь, йовсар?! - олий, Сурхос т1е буьрса мохь хьокху. Вукху кхералой сихха кехат д1ало. Сурхос иза кхин схьа а ца достуш, иэт1адой, Камала чета кхуьссу, т1е ши дош а тухуш: - Хьай элицани, тховса буса доьшуш 1ийр ву хьо, - олий.

     Сурхо. Ахь ладогалахь х1инца соьга: и дехьара раьг1наш караекъа г1ур ву хьуна со кханлерчу дийнахь, хьо цигахь хилалахь хьайн ницкъ тоьлла бу аьлла хетахь, х1окху тхан махкахь. Цигахь къаьстар ду: мила - мила ву! Йуьртара тайпанан тхьамданаш, кхетачу малхаца эвла йисте шу гуллолаш, декъна караоьцур ду вай вешан латтанаш.

Уьзаш д1абоьлху. Мусост а, цуьнан ваша Мурат а, авансцене хьалха вог1у.

     Мурат. Хьуна хетарг ца хуьлий?

     Мусост. Бита ахь, карзахбовлийта.

     Мурат. Ахь х1умма а дийр дац цаьра и латтанаш д1асадоькъуш? Т1аккха стенна ду х1ара шадерг а? Хьо сийсаз а войтуш?

     Мусост. Цхьаммо дог1ан ц1адечу хенахь цуьнан бустамехь цу чу хьовзо дог1а а до цунна. Г1аскхашна х1ара дов вайна йуккъехь хила лаьа. Ткъа аса иза цаьрний, нахчашний йуккъе хьовзор ду, дог1а ма хьовзадарра. Сан сийна т1ера сир дужур дац. Толамхо тоьлла вуьсу, хилларш-лелларш т1аьхьа а дуьсуш. Ас уьттоза а меттах1оттор ду сайна хилла зе.

     Мурат. И Сурхо стенгара карийна царна, оццул жима стаг хьалха а ваьккхина бехкинарш?

     Мусост. Суна хаьара цара д1абаьккхина х1ора а ког. Йазид вижина 1уьллуш вац. Вай сурт х1оттийра х1умма ца хаьа моттуьйтуш. Д1асадекъийта, и церан г1алат ду. Ткъа суна совг1ат. Г1аскхашна гур ду х1инца уьш мел кхераме бу. Церан куьйга бан беза болх. И к1ант майра ву, амма зеделлерг вац х1ара санна долчу г1уллакхашна т1ехь.

     Мурат. Церниг чекхдалахь?

     Мусост. Со цхьаьана х1уманна т1аьхьа кхиавехь.

     Мурат. Стенна?

     Мусост. Хьо соьгахьара ву, йа вац? Суна тарделла хьо нахчашкахьа озабезам болуш хеташ?

     Мурат. Хьуна йуххехь лаьтташ вац со? Хьуна дуьхьала хила, - и муха дагадог1ура дара адамна?

     Мусост. Хьо сан ц1иий ма ду, вай вовшийн г1ортораш ма йу. Со д1аваьлча, хьо ма ву вайн ц1ийн дукъ д1акхехьа дезарг.

     Мурат. Х1инца ахьа х1ун до?
 
     Мусост. Айса дан дезарг. Х1ара, ткъех салти а ваийтина парг1ат ваьллачух тера ду, Инокентийн. Мел к1езга а масех б1е дошло хир вара цу Сурхон кечвина. Жимма а ас дуьхьало йинехь,… вай эшна а долуш чекхдаьлла хир дара х1ара. Сурхо х1ун да воллу суна хууш а дац. Тхойшинна кхоссара хилла, и бала х1инца нахчашний, г1аскхашний буьту вай къасто. Иштта дика хир дац? Сурхо 1е-кха, шен лаахь, соьга хоьжуш. Со эскар деха воьду. 

     Мурат. Дика ду, хьайна хаьа хир ду-кх хьуна айхьа лелон дезарг. Сан цхьажимма сапарг1ат хир ду т1аккха-м. Некъ дика хуьлда хьан.

Мусост д1авоьду. Мурата Камале схьакхойкху, хичаш а йой.

     Мурат. Мусоста мел боккху ког соьга хаам беш хир ву хьо, кхийтарий?

     Камал. Кхетта дера, муха ца кхета, сан эла.

     Мурат. Кхеттехь хьайн болх бен, - иза а олуш цуьнан кара нахар кховдадо Мурата. Иза къайлавелча, хьен ца луш кхиниг схьавог1у, коьртах йоьллина башлакх а йолуш.

     Стаг. Со т1аьхьам ца висна?

     Мурат. Хьайн хеннахь веана хьо схьа. Гучу-м ца даьккхина ахьа, хьо - суна болх беш хилар?

     Стаг. Мичара хьуна. Сурхон хаамаш латтош верг соьх ч1ог1а тешаш ву.

     Мурат. Теша лаьар-кха. Хьайх цаьрна х1ума ма тосадалийталахь, т1аккха ваьлла хьо.

     Стаг. Аса х1инца х1ун до?

     Мурат. Оцу хьайн геланче хабар д1атоха, Сурхон хазийта дезаш ду х1ара. Мусост новкъа ваьлла, ц1ахь вац. Д1авало. Х1ан х1ара нахар ду хьуна.

Иза д1авоьду. Мурат ша вуьсу.

     Мурат. Шу ловза доккхачу ловзарах, со шун тидам беш хир ву, оьшучу хенахь йукъа вала кийча а волуш. Сан ваша, ахьа доккха г1алат ма даллийтинехь со кийча хир ву хьан меттиг д1алаца. 1аьржа болх аш бер, ас толаман моз мийра ду. Хьекъал ира дерг хила веза баьрчехь, тур сиха дерг - урхаллин корта а. Мила хир вара сол а г1олехь цу даржехь?


Шийтталг1а сурт


Сурхо а, Ковнаркъ а вог1у.

     Ковнаркъ. Хьо тийшарий Мусостах, ма атта реза хилира иза ахь аьлчунна. Х1ун ловзар ду иза ловзург?

     Сурхо. Цунна дика хаьара со мила ву а, со шуьца хир вуйла а. Цунна мотт т1екхоьхьуш нах бу.

     Ковнаркъ. 1алашо муха го хьуна цуьнан?

     Сурхо. Цунна дов вайгара шеца а доцуш, кхечарца хила лаьа. Цунна г1аттийна цуо и йасакх хьехо х1ума а; вайн иза ч1ог1а ца дезий а хууш, вай цхьана аг1ора карзах даха.

     Ковнаркъ. Иза бакъ ма ву цу т1ехь. Цхьа Итон тоьура вара.

     Сурхо. Суна т1е хаам беана, Мусост цхьаьнхьа воьдуш новкъахь ву аьлла. Иза т1евог1ур вац вайна. Х1ара латтанаш д1асадаьккъа вай девла. Амма хила тарло цхьа тешнабехканца к1ело йина. Шаверг сема хила веза.

     Ковнаркъ. И хьан стаг тешам болуш вуй?

     Сурхо. Ву, амма цуьнга хабар дуьйцучух бац тешам. Вай ши б1аьрг хьаббина цхьа а г1улч йоккхуш йац.

     Ковнаркъ. Дагна там бу хьо иштта х1уман хьесаб долуш волуш, т1екхуьуш хилар. Эскар деха ваг1на хьуна иза т1аккха?

     Сурхо. Вай а ду кийча муьлххачу а балхана. Ши б1е дошлой бу ас кечбина кхузахь гуонаха, къайленгахь лаьтташ, нисбина. Оьшуш меттиг балахь, сихха кхин а орца кхочур ду. Хаам бина лаьтташ ду.

     Ковнаркъ. Т1ом боцуш дерза лаьара, ца хуьлучу далахь вай т1ета1ор йу-кх царна.

     Сурхо. Са ма гатде ахь, вайна Дала йаздинарг бен х1ума хир дац хьуна. И хууш вай деккъа Цунна т1етевжина ду, массо а х1уманна т1ехь. Хьасбуналлох1у ва ни1маль вакила!

     Ковнаркъ. Хастам бу-кх Аллах1ан, вай Цунна дуьхьала дерза дезаш а.

     Сурхо. Мусостан ваша, Мурат? Суна иза шен вешех дог лозуш цахийтира. Мелхо а цунна дуьхьала.

     Ковнаркъ. Нийса хир дацара цунна вай дагадоьг1на аьлча а. Хьалхе йезаш хила тарло-кх цунна а; вешел а тоьлла хила.

     Сурхо. Цунна т1аьхьа а стаг х1отто веза хьайчарех, х1ара меттигаш дика йевзуш верг. Иза х1илла сов долуш ву, Мусостал а, т1аккха тешнабехк а цуьнгара алсам ган там бу вайна.

     Ковнаркъ. Оьшу аьлла хьуна хетахь, иза волуш ву.

     Сурхо. Оьшу.

 Тхьамданаш т1ебоху.

     Сурхо. Шу ц1ехьа г1уо шайн, лераме тхьамданаш, вайн коьрта болх чекхбели тахненна. Х1инца вай буха берзи кхузара вешан мохк. Латта духадерзо хала дац, шуна ма-гарра, хала хир ду х1инца и латтанаш карахь латтон. Цунна кийча хила веза х1ора а, и болх к1орда а ца беш. Хенан йохалла латтон безаш къийсам бу х1ара, оьшуш хилахь ц1ий а 1енош.

     Бетар. Вай-м кхеташ ду: х1ара - йуьхь бен йоций цу бехачу новкъахь, - къийсамашца, т1емашца ларо дезар дуйла а хаьа.

     Ковнаркъ. Ахь х1ун до, тхо ц1а а хьовсийна?

     Сурхо. Мерза сагатделла, жиммал самукъа даккха раг1 талла воллу со. Шу сема хила садо1арца, мостаг1 г1ийланиг вац вайн.

Массо а д1авоьду, Ковнаркъ воцург.

     Ковнаркъ. Хьо ма дукха ойлане го суна?

     Сурхо. Царна шайна караво со. Дита дезаш долчу кху дуьненахь кхин д1огара самукъа дала некъаш ца го суна.

     Ковнаркъ. Х1оранна а зера ду-кх Дала вайна т1едиллина. Хьуна кхаьчна дукъ а ду деза.

     Сурхо. Хьо вала ма велла д1айолу г1айг1анаш йу цхьайерш, вукхара валлалца хьоьх ка йетта.

     Ковнаркъ. Иштта х1ума дагадеача: Альхьамдулиллах1и, - олий са тедо, х1ара дуьне дитича шу баланаш кхин хир бацарий, - олий.

     Сурхо. Айхьа лоьхург, хьо лохуш а карадо хьуна. Хьо къарваллалца ницкъ карабо хьуна хьайн кхоллам хийца. Хьо къарлахь ницкъ д1абоьду хьоьгара. Аллах1ан къайленашна т1екхуьур вац цхьа а. Цкъа дебадо Цуо вай, йуха – куй биллал меттиг йоцуш цхьаьна боьра гулдо. Цкъа айдо, йуха - диссадо. Тахана мостаг1ий луьста бу вайн, гуобаьккхина гуо къовлуш. Варе дайшкахь дуьйна, кху т1аьхьарчу масех б1ешарахь хьаьтта – иза: т1еман к1урлахь пхьор дар, ваьш хьоьшу латта безачийн ц1ийца хьандар. Вайн кхоллам бу техьа иштта, йа вай ваьш ду-те? Жоп муьлхачу кирхьана т1ехьа лаха: говза буьйцучу маттаца, йан сихачу туьраца? Йуха а? Лаьмнийн баххьашкахь, аренийн шортонехь?

Ковнаркъ хьалха схьавог1у, анайисте хьежа х1утту. Кхин дош а ца олу. Сурхо цунна герга хуьлу, иштта къайлаволу ший а.
 

  Кхойтталг1а сурт


Мусост а, Инакентий а. Инакентин штабехь.

     Инакентий. Хилларг хилла даьлла. Суна хаьа, хьуна оьшучул барамехь хьан г1о лацар ца хила тхан. Иштта бу муьлхха а къийсам: цкъа оьшу, йуха - тулу. Вайн болх саца йиш йолуш бац, х1ара мохк къарбеш. Хьайн г1алатна хьо къера хилча, кхин д1а хьан дезарш к1оргера ойла йина хила дезар ду.

     Мусост. Дагахь а доцург ди-кх цу бера-т1орзано. Сихха цу "акха бекъин" корта баьккхина, биснарш 1адон беза. Кхин дан а дац.

     Инокентий. Безара, амма ахь корта баьккхинчохь кхин итт хьалабера бацахьара.
   
     Мусост. Хьуна цхьаъ дагадеана моьтту суна, дийцал ахь.

     Инокентий. Дуккха а хан йу вай кечамаш бо. Хьо хьуо вукха суна и гечо гайтинарг а. Адин Сурхо наха къонах-стаг ву аьлла ц1е йоккхуш ву бохий ахьа?

     Мусост. Х1аъ, ву.

     Инокентий. Хьалха и ц1е йожо йеза, т1аккха. Ц1е д1аяьлча нахчо ванне а вац. Ткъа нахчочун уггаре экаме дерг, - жимчу стагана къаьсттина, - иза цуьнан т1ехьийза йо1 йу. Йуьй?

     Мусост. Со кхета ве-хь.

     Инокентий. Сурхон нускал кхечуьнга маре додахь, иза ах са д1адаьлла вуьсур ву. Г1айг1ано цуьнан корта буур бу, дог хьошур ду, т1аккха иза ирахь латта йисина ч1ешалг бен хир йац. Т1аьхьах1иттанчера дог-ойла а йужур йу т1аккха. Шеко кхоллалаур йу церан: Сурхох шайн веза баьчча хир вуй техьа, аьлла.

     Мусост. Йо1 реза хир йуьй-те, кхечуьнга маре дан?

     Инокентий. Цуьнга хьан хоьттур ду? Иза йадор йу - ахь. Ж1онка ч1ог1а хуьлу, амма кхехкийча хьажал цуьнан к1аддаларе. Ц1аро шен болх схьабо. Вай ц1е латор йу цуьнан кийра: хьайна лаамехь йеана ца алахь, хьан гергарчеран ц1ий 1енар ду, - аьлла.
   
     Мусост. Инакентий, хьекъалан дуо бу-кха хьан и корта. Суна г1енаха а дага а ца деана нус ма хили суна-м. Адин ва к1иллу, д1алаца хьайна: сайна дуьхьала дош деанчух ас иштта, х1оз бийр ма бу.
 
     Инокентий. Муха, нус?
 
     Мусост. Ас дуьйцур ду хьуна сайна дагадеанарг. Диттийн а, т1улгийн а лергаш хуьлу.

     Инокентий. Вай цу нахчашкара и хьена латта оззина схьадоккхур ду, говрана к1елара ленаш ма-даххара.

     Мусост. Царна х1ун йуььтур йу? Уьш мича г1ур бу? (Воьлу.)

     Инокентий. Царна шайн илли дуьсур ду-кх, шаьш махках муха дехира, бохуш, - деко.

     Мусост. Т1аккха Астаг1-Тимурс аьлларг-м хир дац техьа кхунах: «Цаьргара, церан дечиг-пондар схьабаьккхарий аш? – аьлча: "Ца баьккхира». Делахь вайга уьш къарцабелла шуна!»

     Инокентий. Хьажал хьо, сан доттаг1, хилларш, лелларш тидаме эцна, вай х1инца кхин некъ хоржур бу кху нахчашца д1абахьа.

     Мусост. Х1ун некъ бу иза?
 
     Инокентий. Х1инца дуьйцуш вацара хьо лергаш ду бохуш? Кестта довзуьйтур ду хьуна вайн 1алашонех.

     Мусост. Со к1адвелла, йо1 йада муха йийр йу дийцахь? Иза атта ара йер ма йац вайна?

     Инокентий. Царна йуккъехь вайна карабо, керта мал йеш болу хьокха а. Иштта, цхьа йо1 йу цуьнца доттаг1алла леладойтуш вай. Цуо ара йоккхур йу Сурхон т1ехьийза йо1. Диснарг аш дийр ду.
 
     Мусост. Кхин йац цуьнан т1ехьийза йо1, Эла Мусоста нус йу иза. Х1ара лайш, хьажахь кхаьрга, йаьхкина схьах1иттина: «… латтанаш тхан ду, шу оха т1елецна дара…»

     Инокентий. Уьш лайш белхьара-м, церан, х1ара дуьненан йалсамани йолу мохк хир хьа-н а бацара. Уьш шайн ц1ийца элий хилар дай х1ара-м, шадерг а. Элий бешшехьа элий хуьлу. Вайга уьш хьийза а балур бу, къеста а балур бу, байъа а лур бу, амма къарбалур бац. Иштта къам ду иза – къармаза нах. Уьш толахь олалла дужур ду массанхьа а. Массо а шайх тарван г1ертар бу уьш. Уьш цакхеташ цхьа х1ума ду: лай амал шен сица йерг – цунах маршо йезаш стаг хир воцийла. Ткъа царна техь: элий оьшийла а. Стаг воцчух стаг ца вало нуьцкъала. Нах йоцу нах дукхох бу х1ара латта хьоьшурш. Цунах кхета туьгар дац церан.

     Мусост. Мац бичхьана къарлур бу, хьасене хир бу. Мацалла хьа ду - ирча герз! Цунна хьалха адам кийчча ду гуолашт1ехь текха. Ас церан чуьраш чухула чекх йоккхур йу иза. Мацалла ца бала цара аьлларг дийр ду.
 
     Инокентий. Дийр ду, цкъа кийра буззалц. Цул т1аьхьа хиндерг а гина, девза вайн.

     Мусост. Ч1огг1а лиъча дан цалуш х1умма а дац-кх. Хьан моьттура: царна а, йан вайна а, - вай кхеран махкахь элий хилла охьаховшур ду? Вай кхарех «ж1онкаш» дина ца 1аш, пхьагалаш а йийр йу. Вай элий ма деца! Вай эээлий ма деца! (Мар-мара эккхий хелхаран кеп х1оттайо.)   
 
     Инокентий. Хьан иштта дог-ойла йолуш со воккхавево. Дукха х1ума далур ду хьоьца кхарна йуккъехь. Вай элий ма деца!


Дейтталг1а сурт


Йазид ву Ану йолчу веана. Ану, Йазид, кхин жима ши стаг а, Сурхон ц1ийна.

     Йазид. Ану, ас сайна ма хеттра дуьйцур ду хьоьга, со ала веанарг. И Сурхо ахь боккъал а къонах волуш, оьзда волуш, майраллица кхиийна гуш ву. Цуьнан да а вуьйцура иштта. Иза хьан хьуьнар ду доккха. Тахана цхьа писсаш арабевла иза харц новкъа хьовзош ву. Амма х1инца а т1аьхьа дац. Тахана цунна т1аьхьа х1иттина шаьш аьлла, и карзах вохуш берш, кхана цунна дуьхьала а хир бу, дуьненан х1ума къовсуш. Кхин сайн къамел дах ца дан доцца олу ас, коьрта хеташ дерг сайна. Элийх сту йалийча церан нуц а эла лоруш 1адат ду церан. Элишна йуккъехь а тоьлла Эла ву Мусост. Цуьнан жимах йолу шича йу эла-сту, иза вайн къонахчунна схьайалийча вайн дов т1ом хир бацара, 1едалца а волуш кхин а т1е лерамца ч1аг1лур вара. Х1ун олу ахь цу захалонна?

     Ану. Суна бехк ма хета сайна, иштта х1ума боьрша нахаца айса дийцар. Хьуна Дела реза хуьлда, хьо цу к1антана дика болх лууш хьала веана. Хьайн дог ц1ена хиларна. Вайн къам а, цуьнан има-беркат а хьайна деза долун дера ву хьо араваьлла х1ара къахьоьгуш. Дала беркат са доккхийла хьуна. Захалонах дерг хьахийча, кегийчу нехан дагара ца хууш суна товр дацара йукъа г1иртича. Делахь а, хьан сагатдар вайн къомах дог лазар дуй а хууш, со йист хир йу цуьнга и х1ума хьахош. Цул сов дерг сан карахь дац. Иза боьрша наха шаьш къасто дезаш ду. Зударшка иза далахь - вайн к1ентех писсаш кхуьур йу.

     Йазид. Со тешна вара хьоьгахь сайн хьекъал а, иштта кхетам а карор буйла хууш. Вайх х1ора а, вайн къоман дег1ан цхьа цуьргиш йу. Цхьа меже цуьнан лазахь - вайн дерриге а дег1 лазадолу. Лазар ч1аг1далале дарба дича нийса хета вайна. И писсаш шена т1аьхьара д1айаха а ала цуьнга, цаьра йуьхь1аьржа х1оттавале.

     Ану. Дала хьан лерам бойла охьара к1ант; де доьхначу дийнахь керт-ков къевлина, г1о эшначу муьрехь г1ар-тата йайъина, нускал санна кир т1ехьа лечкъо кхиийна ма вац и к1ант. Церан дехарна пе тоьхна, Аллах1ан рицкъанах муха кхетара вара, т1екхуьучу кегийчу нахана х1ун кхетам хир бара? Цуьнгара г1о дезна баьхкинчу нахана хьалхара кхоа ца луш шен дег1 дацор долуш ву иза. Дег1аха мерз са цара шега дехахь, цуо иза даьккхина д1алур ма ду, Аллах1ан дуьхьа! Иштта кхиъийна ву. Дуьненан пайда леха 1амийна вац.

     Йазид. Ас дийцанчуьнан дикка ойла йе аша. Дуьне цхьанхьа а ца дахана, х1инца а хьийзаш лаьтташ ду. Бекъа шен йолчо н1уьйр тилла 1ама ца йахь, иза дийра ма ду наха.


Пхийтталг1а сурт


Мусост хиана 1аш ву, Инакентий ирахь, д1асалелаш а волуш.

     Инокентий. Х1инца вайн 1алашо: зударий, бераший хир ду. Вай т1ом бийр бац цаьрца, вай иза цаьрга шайга бойтур бу, шайна йуккъехь. Вайна, шортта зеделларг ду, дика йевзина церан амалш: церан сихалла, церан шайн, тайпанийн дозаллаш дезар а. Вай царна йуккъе чудаьржар ду, захалонаш дийр ду, т1аккха церан бераш а вай 1амор ду. Церан зударшна х1ара дуьне марздийр ду. Зудрий а, бераш а вайн луучунна т1е г1ерта 1амор бу вай.

     Мусост. Иза генара некъ бу, Инакентий. Суна х1инцца дерг деза. Со уьш ловзо дагахь вац кхин д1а. Аса, цхьацца меже къастош, берина охьабохкур бу уьш. Церан амалшца сан шадо дуьйцур ду.

     Инокентий. Иза ахь ца дира, хьайна мер к1елла уьш д1ах1иттича. Хьажлахь, цаьрца т1ом барх тоьлла цхьа а вац. Цу «нахчалла» олучу цамгарна кхин молхий-дарбий оьшу.

     Мусост. Хьо-м царна дарба лелон а дагахь ма ву?
 
     Инокентий. Уьш вовшийн тар ца балийта, царна йуккъехь вер-ваккхарш эгор ду. Цу ч1ираша уьш даиманна йолчу ханна вовшийн эг1ор бу. Йуккъехь ц1ий долуш церан барт муха хир бу? - алахь ахь соьга.
 
     Мусост. Церан дерг ца хаьа суна, са-м хир бац цаьрца барт, цара суна йасакх схьалуш бен. И-м эр ду ас хьоьга.

     Инокентий. Хьо дукха сиха ву, сан доттаг1, хила ца дог1учохь. "Сиха дахана хи х1урдах ца кхетта", - олу нахчаша. Уггаре а коьртаниг: церан тайпанийн декъадаларх пайда эца хаар ду.

     Мусост. Тахана девнехь бу уьш, амма кхана цхьа барт а хуьлий д1а-м х1уьтту уьш, ахь шад ойбушехь. Ца го хьуна: хьаьвда баг1ана орца ала, ас цкъа шад меттах хьайешехь?

     Инокентий. Ладог1алахь. Церан тайпанаш вай карзаха дог1ур ду: шу тайпа дац, ткъа къам ду аьлла. Тайпанех къаьмнаш дар хир ду вайн молха. Т1аккха Делан а карах дер дац, хаддаза царна йуккъехь латта, церан кхеланча хилла. Уьш цкъа а кхача цалун долу девнаш хир ду царна йуккъехь. Йуха, цхьацца тайпа-къам вай дарба а деш, тодина вайн кога к1елахь нисдийр ду, вай доцуш хьала даккха са а ца дуьтуш царна.

     Мусост. Х1умнаш дага-м оьхура вайн, уьш чекхдаха делчахьана. Ког баьккхинчохь к1елонаш а хуьлу.

     Инакентий. Мила ву х1инца ког теснарг?

     Мусост. Сан ваша, Мурат, ч1ог1а дегаза ву ас лелочунна. Цхьацца кегош волу таро а йу.

     Инакентий. Царна г1о деший?

     Мусост. Иштта-м вац, делахь а, ца хаьа хало т1е х1оьттича, цуьнан мох муьлхачу аг1ора хьокхур бу а-м.

     Инакентий. Билгала делла х1ун ду?

     Мусост. Иза ч1ог1а ларлуш ву кхаьрца долчу девнах. Цунна бахара ас хьоьга и нускал цунна дада дайта. Т1аккха вала меттиг боцуш девна г1ода йуккъеца чу воьдура иза.

     Инакентий. Ши корта г1оле бу, цхьаннал а. Вайшинга дукха х1ума далур ду цхьаьна.

     Мусост. И доцург а: Камал а кхерийна цуо, соьх лаций хаамаш шега бийца, - аьлла.

     Инакентий. Нахчашкахьа ву иза?

     Мусост. Тоьллачаргахьара хир волуш ву.

Кхузахь, ша динчух кхета Мусост. Шена ша гура бог1арх. Инакентий а кхийти шена х1ара караварах. Х1инца кхунна и архаш лело хаарий терра кхуьнан куьйга к1ела хир ву и шиъ. Мусостера доккха г1алат дели.

     Инакентий. И лазар-м дукха ч1ог1а даьржина ду адамашца. Тоьлларш вай хир ду, цундера ч1ог1а сагатдан а дац хьашт. Вай иза х1инца гуона йуккъехь латтор ву, массо дов цуьнан дакъа долуш а хуьлуьйтуш.

     Мусост. Х1инца г1ункий элий болчу ваг1ана ву, шена бартанча лоьху хир ву цуо.

     Инакентий. Цуьнан бартахой – вайн бартахой хир бу. Иза суна т1ехь ду. Хьо, г1ебартлойн элийн хьал таллий, дошлойшца схьавола. Нахчойн хье кхехка йей,.. ас латор йу цу к1елахь сийна ц1е, дечиг т1е дан аш сихо йе.



Йалхийтталг1а сурт


 Кхуръан ду хезаш.

     Сурхо. Йа Аллах1, со - Хьайх херлуш гахь, йуха, хаза вуха валавелахь со Хьайн улло. Йа Аллах1, Хьайний суний йуккъехь долчунна гечдехьа суна, иштта, аттаче даккхахь суна, суний Хьан кхиболчу лайшаний йуккъе дерг а. Йа Аллах1, тхан г1алаташ нисде Ахь, тхан т1алам беш а хилахьа. Йа Аллах1, тхох пайда эца Ахь Хьайна, тхо кхечарца хийца а ма хийца Ахь. Йа Аллах1, тхуна т1ехь урхалла ма ло Ахь, Хьайха кхоьрур воцчунна тхан хьокъехь. Йа Аллах1, тхуна г1о де Ахь, тхуна дуьхьала цхьанне а ма де Ахь и г1о, г1о де тхуна тхан а Хьайн а мостаг1нашна дуьхьала.
   
 Йазид т1е вог1у Сурхона
 
      Йазид. Ассалам 1алайкум, Адин ва Сурхо,                Дала ницкъ сов боккхийла хьан!                Нахчийчоь, вайн Нана,                Хьох йоккхаеш, пусар деш лоьру цуо хьо!
Кегий нах ахь йахье боху,                Хьайн буьрсаллийн доьналца,                Церан берзалойн дегнашчу                Кхераман суй туьйсу.
Хьан говро г1ейренаш къехкайо,                Йажа а ца йуьту цуо лаьмнашкахь говраш.

     Сурхо. Ва 1алайкум ассалам, йуьртара тхьамда. "Хьасбийаллох1у лима хьасадани". Аллах1 кхачаме ву суна, сайца хьаг1 лаьцчунна дуьхьала.

     Йазид. Вайн дайшкара ду: «Ша ца тулун волу дов ма хьеде", - аьлла.

     Сурхо. Х1инца кхеташ ду, ма-дарра. Хьо-м хир ма вац и тхоьгара толам боккхун верг. Хьо мила вара - мила, маца мичахь тулур ву, йа тулур вац - хаьа?

     Йазид. Сурхо, тешнабехканца хьо вен ца тарло тхан, йуьхь-дуьхьал      хьоьцани тасавала – хьоьх дийна цхьа б1о тарло. Хьайн бехкен тхан йуьрт х1аллак ма йайта. Ахь йита х1ара йуьрт, хьо т1е ца эцна йолу. Ахь йита кху чохь лела тхан бакъо а.

     Сурхо. Дала 1алашве хьо, тайпан тхьамда. Хьо воцург массо а дехаре баьхкина, дехарна жоп луш ма ву со. Х1инца хьуна хаалахь: д1аевли вай хийра нах кхелахой бина т1елецна хенаш. Х1инца уьш баг1а беза шайн ц1а, шайн и делахь. Дацахь-м, вай царна лур ду жерочун дакъа. Вайн маттаца уьш безар бу баха, т1аккха.

     Йазид. Дакъаза ма вала хьо…

     Сурхо. Дакъаза ма вели хьо! Хьан хабар эрна ду: стом боцчу диттах терра! Мостаг1ех тарцалуш, хьо йуьстаг1а вала, хьайн дег1ан сий дайана ца беш суна бала!

     Йазид. Сан дош ахь ца лери, ца дуьйг1и ла. Х1ета хьо хьоьжуш 1елахь Мусостан ира тур цо лестош, кортош т1ера кхуьссуьйтуш!

     Сурхо. Ахь алахь соьга декъазниг: шена т1ехь корта боцчо - неха кортош эгош хьуна мичахь гина?

     Йазид. Цецвуьйлу со, сайна хьан жималлех къахетарх. Хьо цхьаъ бен вац, ткъа элий багарбалац. Церан говрийн ленаш к1елахь х1ара латта дегадо.

     Сурхо. Къа ду-кх хьан, к1ур боцуш вуьсун волу. Суна саготта ма хьовзалахь! Хьакхарчий мел дукха гулйаларх б1аьргнехар тухучу йукъана барзо уьш лаьтта меттиг а йуьтур йац.

     Йазид. Ц1е йовра йу хьан, баркалла доцуш, дага а вог1ур вац хьо…

     Сурхо. "Хьасбийаллох1у лима ах1аммани - Аллах1 кхачаме ву суна сайна цхьа бала х1уттуш долчу х1уманна т1ехь»». Со вицварах мегаш ву со наха, Аллах1 цара дагахь латтичахьана!

     Йазид. Да хьалхе т1ера д1а а ваьлла бекъа акха йисна, нуьйр тиллаза. Хьайга ла цалун йолу ц1е кегош ву хьо. Цу ц1аро вагийна вуьтур вац хьо...

     Сурхо. Царна и ц1е йаго дечиг латториш хьо санна берш бу. Ас шу куьйгаш д1ахедор ду, царна дечиг т1е цакхехьийта.

     Йазид. Дарж деза хьуна? Нахарш деза? Деши-дети? Ас цхьа хьехар до хьуна, сайн хьоьх дог лазарна. Оцу эла Мусостан жимах йолу шича йу сту-эла. И захало ахь дахь - хьоьх а хир ву эла. Нахчашлахь дуьххьара - Эла! Сиха ма ло суна жоп дала. Хьайн ненах дагавалий х1ума де.

Сихха д1авоьду Йазид.

     Сурхо. Йа Аллах1, Хьайн 1аршан 1индаг1ехь вовшах тоха Ахьа тхо, цу Къемата Дийнахь, Хьайниг бен, кхин 1индаг1 хир доцчу Дийнахь.


3-г1а дакъа


Вуьрх1итталг1а сурт


Назма

- Хьалха хьун а хьоькхуш, т1ехьа ирзош ва дохуш,
Ирзош шера мел долчохь букар тоьлаш ва йохкуш,
Беркатах бух буттуш, иманах ц1а дуг1уш,
Нахчийчоь латтийна и хьалхара къена дай, къонахий, -
Биц ма белаш, х1ай т1аьхьенаш, т1екхуьу ч1ор.


Ану Заху йолчу йуьрта йеана

     Ану. Сан йо1, Заху, со ч1ог1а сагатделла йеана хьо гархьама. Хьуний, Сурхоний йуккъе цхьа питана ду хьедеш. Сурхона хууш х1ума а дац цунах. Иза лаха охьавахана ву, оцу хьешашца.

     Заху. Суна бехк ма хета хьоьга хецна йист хила.

     Ану. Хьан оьздангаллина т1ера ду иза. Делахь а, тахана мостаг1аша гур луьйцуш вайн ц1енчу ойланашна дуьхьала, уьш карзахбевллачу дийнахь вай сема хила деза, хьан эхь-бехк Дала лоьрийла.
 
     Заху. Х1ун ду суна хаа дезаш, хьуна лиънарг?

     Ану. Оцу г1ебартойн цхьа эла-сту Алхаст йу хьехош, Сурхонна захалонна, суна хаьа иза доккха цхьа питанна дуйла. Хьуна иза сайгара хаийта лиъна йеана со шун йуьрта. Кхечара хьайга цхьа мотт бахь, ма тешалахь ала лаьара суна. Муьлха а ц1ена х1ума бехдан хьовсуш цхьа нах хуьлу вайн йукъахь. Уьш дукха бацахь а, церан дош дагна ч1ог1а чов йеш дека, дог кхин духадерза а ца туьгуш атта.

     Заху. Шадерг а вайн Делера ду, вай Цунна тешам белла кху дуьненахь а, эхартахь. Хьан к1ант ломал а лекха къонах ву, Терк-хил а шуьйра дог долуш. 1ин санна к1орга ду цуьнан хьекъал-кхетам, нажан диттан орамаш санна ч1ог1а а, тешаме а ду цуьнан дош. Со шекйер йолуш йац цу балхана. Нагахь санна цунна луург лууш хьо а йелахь, и иштта оьзда а, лераме кхиийна йолу цуьнан Нана, суна суо ч1ог1а ирс т1ехьаьвзина йо1 хета. Иштта хила сайна дог1ури-м ца хаьа суна.

     Ану. Лекхчу ломал а лекха ду ахь гойту хьан г1иллакх. Мерзачу мазал а чоме ду хьан оьзда дош. Иштта нахчи хьекъале, иман долу йо1 сайн нус хилийта, Аллах1 дуьхьа х1ара сайн са д1адала а кийча йу со, сан цхьаъ бен воцчу к1ентан дегайезар, сан сина кхача а. Суна хьо йуйьцу бен ца хезнера, сан ирс хила хьо ган а, хьан шовда санна сирла амал ган а. Дала йалсамане хьеший бойла-кх хьан дех-ненах, хьо иштта мехала йо1 кхиийна болу. Хьо цкъа б1аьра хьажаран дуьненан мах а бац.

     Заху. Иштта ч1ог1а ма алахьа, сий долу Нана, со-м Делан цхьа г1ийла лай бен йаций, сол тоьллуриш эзарниш карор ма барийца.

     Ану. Сан кхин тоха са дац, сан йо1, сан оьзда Заху, хьо цкъа маракъовлийта х1окху ченеха гулдинчу дег1ега! Х1инца сайн йаларан мискъаззаратал са готту йац со, жовх1арш санна долу хьан маттара 1еначу дешнаша со ирсе йина. Дог 1абадайта соьга хьайх, сан йалсаманера хьаша! Аллах1ан бу ша болу хастам!


 Берх1итталг1а сурт


Йусуп ву хьалхаваьлла, т1аьхьах1оьттина Йазид

      
Йазид. Гуш ма ду: ондда ницкъ ма бу цара гулбийраг. Совдегаралла лелош суна байна цера мохк а. Цхьана нахчочун дуьхьал эзар а вог1ур волуш адам ду церан, йуха вайн гуонаха долу къаьмнаш а царна т1етовра ду. Вайн мичахь бу царна дуьхьал баккха оццул болу ницкъ? Йусуп, хьо хьайгахь доккха 1илма а долуш, кхетам а болуш стаг ву. Хьо мукъне а кхета ма веза, вай царел тола цхьа а дегайовхо йоцийла, эран къам х1аллак хира ду-кха, диснарг а.    
     Йусуп. Йазид, х1уьтаренна ца алахь хьоьга ала х1ума дац сан. Делахь а, цхьа х1ума ду. Вайна б1аьрго схьалоцург бен гуш ца хуьлу. Кхин а вайна ца хууш а, ца гуш а х1умнаш ду. 
     Йазид. Кхин муха хир ду?    
     Йусуп. Ахь соьгахь 1илма ду боху, кхетам бу боху. Боккъал а хьайн иштта дог-ойла йелахь ахьа суна тешам бала беза.   
     Йазид. Со тешна ву цунах, аса хаза хабарна бохуш ма дац иза.
     Йусуп. Дика ду т1аккха, иштта хуьлуьйтур вайшима. Аса цхьа дийцар далор ду хьуна, ч1ог1а шира дийцар. Шемахь цхьа стаг хилла маккхал-олхазар лелош талла. Цкъа оцу стагна, т1ера нана д1айаьлла ша дисана к1орни карийна. Иза кхиийна цуо, доккха хилла, амма т1ома долуш ца хилла. И стаг сингаттаме хилла цу балхана ша х1ун дер ца хууш. Цхьаммо хьехар дина цунна, цуьнан бала бевзина. И маккхал т1ехь 1аш долу га д1ахададе аьлла. И га д1ахадийна цу стага, шена хьехар ма-дарра. Цу т1ера т1ома даьлла маккхал стигала хьала даьлла.
     Йазид. Кхийта со, Йусуп, хьо ала г1ертачух. Жима-доккха, дукха-к1езга башхалла йац. Хьайха мел б1о булу хьежжина ду г1уллакх.
     Йусуп. Далла т1етевжина а волуш, массо а х1уманна т1ехь. Дала ца боху эран х1аллак хила цхьанге а. Зулам дезаш вац Аллах1, зулам деш болу нах а безаш вац Иза. Цунна ца везарг, иза – Цуо Шен къинхетамах гена ваккхар ду. Амма и зулам дан лиъначу неха 1алашо Цуо кхочуш хуьлийту, Шена уьзаш безаш бацахь.
Йусуп. Т1аккха вай эшна х1унда ду? Цунна ца дезарш ца хуьлу иза? До1анаш ца деш ма даций вай Цуьнга?
     Йусуп. Ас Деле сайна дезаш долу цхьа х1ума даьхча, Цуьнгара сайна жоп хилча, суна – цхьа хазахетар хуьлу, ткъа со жоп доцуш висча сайна дезачунна – сан иттаза а самукъа долу.
     Йазид. Чекхдаккхал. Х1ун ду хьуна ала лиънарг?
     Йусуп. Сайна дезарг аса дехар, иза – суна лиънарг ду, Дала цунна жоп ца луш кхин оьмар ло. Иза - Цунна лиънарг ду. Г1олехь муьлха ду цу шиннах? Цунна лиънарг ду-кх - хьуна хилийта. Цунна дикох ма хаьа вайна г1олехь дерг. Вай Цуьнан лайш ма ду.
 
Йазид ойланашка вужу, иза вист а ца хилало… Йусупа кхин д1а дуьйцу.

     Йусуп. Къуръанан тавсийрашкахь деана ду (Ас-Са1ди): «Дала боху: «Сан лайшах цхьаберш къоьллехь бен нислур болуш бац, бахамо ч1ог1а гал а бохур болуш. Кхиберш бу – таро хилча нислуш берш, шайгара таро д1айаьлча уьш нийсачу новкъара тиллур а болуш. Цхьаберш могшаллица лаьтта нийсачу новкъах, ткъа кхиниш – цамгарца латтон безаш хуьлу, уьш гал ца бовлийта».

Йазид дикка хьежа вулу Йусупан б1аьргашчу. Ша сема ладуг1уш вуй а хоуьйтуш.

     Йусуп. Дала Ша ву боху массо а 1аламийн Дела. Ша ву боху Цуо Шен лайшан куьйгалла деш верг, х1унда аьлча, Шена церан дегнаш дика девзу дера.
     Йазид. Ткъа т1ом? Х1ун дан деза т1аккха?
     Йусуп. Т1ом боцуш Аллах1ан Дош лакха даккхалуш хилча, вайн Пайхамаре (соллаллох1у 1алайх1и ва саллам) Дала иза бойтур бацара. Т1едеанарг иманца, доьналлица ла дезаш ду вай. Вай Цуо зуьйш ду, вайла хьалхарниш а зийна, вай а зуьйр ду, вайна т1аьхьа бохуриш а зуьйр бу. Т1ом боцуш а йог1у хенаш, царех муьлха а хан йеача Аллах1 реза ван г1ерта дезаш ду адам.
     Йазид. Къиношна х1ун дан деза? Церан мохь базбеллачо муха хьеша деза х1ара дуьне?
     Йусуп. Дала боху: «Нагахь санна хьан дагчохь диканиг Шена гахь, Ша цулла а дикох долчуьнца бекхам бийр бу-кх хьуна»… Вайн дегнаш ма-дарра девзуш ву Аллах1, т1аккха вай уьш ц1ена латтон деза-кх, Цуьнга Шен къинхетам вайна т1ехь сабаккхийта.

Кхин вист хилар а доцуш лаьтта шиа. 1аржло.

      


Ткъайоьссаналг1а сурт


Заху йу ламаз дина йаьлла

     Заху. И ойла коьртехь лаьтта-кх суна. Сурхо дика ца вевза техьа суна? Адамаш хийцалуш ма лаьттийца тахана. Боккъул а, хаза а ма йуьйций-ца и Алхаст. Сту-эла а йу. Ткъа Сурхо х1инца а, х1оъ санна ву: ша кхехкинчунна ч1аг1лур волуш. Нажан дитт ч1ог1а хиларх ма ца тоьу, цу теххьа-м шен луучо бен ма бойца. Х1аъ, Алхаста, Сурхон коьртачохь шен бен буог1а ду х1ара. Ас х1ун дуьйцу? Со-м йогуш ма йу сийна ц1арах. Йа Аллах1! Со хьан лай йу-кх, тахана ц1е летта догу сан дог. Хьо цхьаъ ву-кх и ц1е йайа. Со Хьоьга кхойкху, со Хьуна т1етевжина йу-кх!.. Лайлаъа ма элира... х1а-х1ан: цхьаъ ву Лайлина а и хьехарш деш... Суна дика болх лууш кеп х1иттош. Шуна маца лиънера нахчашна дика болх хила?.. 
 Лайла гучуйолу.

     Лайла. Захуу! Арайалахь оцу боданера, кошахь берг а тоьур бара иза. Хьан хаьа, тахана хьан ирсан малх хьежнийла а!

     Заху. Хьо ма т1аьхьа самайаьлла тахана. Маьрк1ажа бода а баийтина?

     Лайла. Сан доттаг1, сан хьоьга йийца йезаш йоккха къайле йу, к1удал схьаэций вайша шовдан хьостане йахийтахь.

     Заху. Кхузахь йийца мегаш йац ахь суна иза? Тхоьгахь хи долуш ду.

     Лайла. Вай-х1ай, сирдожарна-м ца кхоьру хьо цу к1удалан хьайн. Шовдан йистехь йийца йезаш йу иза, т1оьхула т1е со хи дахьа дезаш а ма йу.

     Заху. Х1инца кхийта: стом т1ебаьллий хьажа са ца тоь хьан? Асар а ма ду хьан дан дезаш… - К1удал схьаоьций цуьнца схьайог1у.

     Лайла. Х1ун стом? Х1ун асар? Хьоьца-м са гатлур дац хьуна, адмана дага ца дог1у х1умнаш хуьул-кх хьан оцу дашочу коьртехь. Со-м, хьан тешаме доттаг1 ма йай.
     Заху. Хезна йу со: детта а хьокхуш боккху корта, - олуш. Дийцал ахь, х1ун ду керла Сурхон захалонах?

     Лайла. Суна хаьара хьан корта къежлур буй, керланаш хаьа лууш Сурхох. Ладог1а ахь: Сурхо, Эла Мусостин шичица захало дуьйцуш вуй хиъна суна, иза йалон дагахь.

     Заху. Тера ду волчух, цига дукха д1алеста ваьлла иза. 

     Лайла. Суна хиънарг бакъ ду-кх хьуна. Схьахетарехь иза ши зуда йалон дагахь ву, эла хила лиъна цунна.

     Заху. Шолг1аниг мила хуьлуьйту ахь, т1аккха?

     Лайла. Мила хир йу? Хьо йу-кх шолг1аниг, цхьа а шеко йоцуш!

     Заху. Со-м хьа-ха йац бухахь цхьаъ йолуш т1ег1ур йолуш.
 
     Лайла. Сурхос ши зуда йалон ца лаьа хьуна? Дино магош дерг ахь ца могуйту? Хьан мар эла хир ву, стомма доьзал хир бу, ниц1къ ч1аг1лур бу, латтанаш т1екхетар ду…
 
     Заху. Дино магош дерг сан дагчохь ч1аг1делла сецна ду хьуна. Суна бухахь хила лаьа, т1ейалун йолу важа кхоъ дика т1еэца. Ас айса дуьйцур ду цунна захалонаш. 

     Лайла. Сан багара даьккхи-кха ахь и дош. Сурхон шолг1а зуда хуьлучул а, хьо эла Мусосте йодахь - эла-сту хир йу-кх хьох. Кхин цхьаъ йалон зуда лоьхуш ву ма бог1у иза.

     Заху. И дара и шадерг? Сан г1айг1а йолуш, суна сагатдеш хьайн хьашташ дицдина лелаш хиллий-ца хьо-м. Эран. Йухахула ас шаьлта схьаоьцур йу к1удал меттана, кхин хьо сан не1аре йаг1ахь!


Камал гучуволу т1ехьашха. Буйнахь муш бу, гали ду. Кху шинна некъ бацбелла къамеле йаьлла. (Решение световое)


     Камал. Иза хир дац. Хьо тхоьца йан йезар йу бертахь, йан бертаза д1айуьгур йу. Дехьо лаьтташ динна б1о бу соьца. Тахана-тховса дуьйна хьо Мусостан вешин - Эла Муратан нускал ду. Ткъа со – церан хьадалча Камал ву. (Воьлу цхьа 1овдала.)

     Лайла. Муха? Эла Мусостана йугу ца элира ахьа?

     Камал. Хьуна х1ун башхалла йара цуьнан? Ахьа хьайн болх хаза би.

     Заху. Тера ду шуна, шина а аг1орчарна, нахчийн туьха-сискал шаьш диана дицделлачух, шаьш хьеший дина т1елаьцна хилар а. Баркаллах1 доцу писсаш. Со бертахь д1айог1ур йу шуьца, шуьга сайх, шайн йамарт-хьарам куьйгаш ца 1иттийтта. Схьабалабе суна т1ехаа дин.
 
     Камал. Ц1ога х1инца тхоьгахь ду, корта божо хало хир йац. Йало маса! Эла Мусоста вара сагатдеш, х1ара-м атта х1ума хилла. Х1ара нахчой хала а бац аьлларг дайта.

     Заху. Шайн боьха т1амарш сох схьа ма хьакхайалийталаш. Хьан болха-м ас бийр бу хьуна, стешха зуд!

     Лайла. Хьуна орцахвала Сурхо а вац…

     Заху. Суна хьашт вац Сурхо, Аллах1 ву сан Дела, Иза кхачаме а ву суна, Цунна т1етевжина йу со, Цуьнан кхелан реза а йолуш. Цунна ца хууш хуьлуш дац х1ара стешха г1уллакх а.

     Камал (Лайле). Ахь, хьайна т1едиллинарг дика кхочуш ди, диснарг д1алур ду хьуна, ахь важ г1уллакх чекхдаьккхича!

     Лайла. Иза суна т1ехь ду, ма кхералаш ас иза ледар дитарна.


Ткъолг1а сурт


Сурхо а, Лайла а. Сурхоца кхин а накъост а ву.
 
     Лайла. Со теш йу цу балхана. Захус цхьа дош а ца элира царна дуьхьала, йан орца а ца кхайкхира. Меллаша, дин схьабалабе со д1айог1у, аьлла, реза а хилла цаьрца д1айахара.

     Сурхо. Хьо нийса кхеттий техьа цуо аьллачух?

     Лайла. Со б1аьрзе а йац, йан къара а цаелла. Ас ма-дийццара ду. Хьуна бакъдерг дезахь Сурхо, хьоьца йог1уш а йацара иза. Хьо-м эла хила хьакъ долуш ву кху махкахь, кхечарел а тоьлла волуш. Хьуна хьайн сий ма-дду сий дерг товш хир ма йара.

     Сурхо. Со? Эла хила хьакъ долуш ву? Ахь х1ун дуьйцу? Со оццула дакъаза ца ваьккхича хьо хьан ца йуьту? "Хьасбийаллох1у лима хьасадани - Аллах1 кхачаме ву суна сайха цхьа дозалла дечунна дуьхьала»».

     Лайла. Хьо х1ун оьшуш ву цу охьарчу элел? Куц-кеп ду, доьналла, ира хьекъал. Ас хьо къастор вара кхечарел а хьалха.

     Сурхо. Хьуна хетарехь мила хир йара соьца йог1ун йерг?

     Лайла. Изийй… Дера… йу… ээээ-лин… эла-сту.., эла Мусостан шича!

     Сурхо. Ма бакълоьра хьо, ва Лайла. Ас цуьнан ойла йина а йацара хьуна. Сама ваьккхи-кх ахь со, хьайн к1оргера кхетамца. Хьажал хьо: вайна йуккъехь мехкаршкахь а мел хьекъалан шорто хилла. Со дера веза цу сту-элана совг1атна деза к1ади дустийтан иза ган ваха хьажа. Цуьнга вистхила а.

     Лайла. Иштта ч1ог1а х1ун сихо йу иза ган а, хила мега цулла а г1олехь йерг а… Ца мега?

     Сурхо. Хьо х1инца парг1ат хила хьо.

     Лайла. Суна дуьйцуш хезна хьуна, цу сту-элан цергаш йаккхийре йу олуш, говран санна. Цунна йелайала а ца хаьа олуш а…

     Сурхо. Йелалйела а вай 1амор йу-кх, дан ца луш х1ум ду иза?
 
     Лайла. Иза 1амо г1ертачул а, шадерг хууш йерг йалийча атта дац?

     Сурхо. Ахь йуьйцарг Заху йу-кх т1аккха.

     Лайла. Х1ан, иза-м д1а ма йаханий, хьо левина.

     Сурхо. Ас жоп доьхур хьаха ду цуьнага-м. 

     Лайла. Вай, х1ун аьлча кхетара вара хьо...

     Сурхо. Со кхетта массо а х1уманах, парг1ат хила. Кхана ле керла хабарш хезар ду хьуна.

     Лайла. Дика ду т1аккха-м...


Лайла д1айоьду.

     Сурхо (шен накъосте олучуха). И йо1 бакълуьйш йелахь? Дера, со кхин лелла а ма ца вели – хан ца йиллийти, сайга йола а ца эли, со - тур-тапчи а даьккхина хьийзаш ву, х1инций-х1инций бохуш. Ас х1ун аьлла бехк буьллур бара цунна? Йа Аллах1! Со хьан г1аддайна лай бен вац хьуна, орам ч1ог1а белахь а, синтар экама ду хьуна. Йа Аллах1! Хьуна ма хаьий-ца со мел ледар лай ву Хьан. М1аьргонна а, йа Аллах1, суо сайх тешна ма виталахь со цкъа а.


4 – дакъа


Ткъе цхьалг1а сурт


Йусуп Ану йолчу веана.

     Ану. Марша ва хьо дела1, ва Йусуп. Ма хаза кхаъ бу х1ара, хьо тхан керташка вар.

     Йусуп. Делера маршалла хуьлда хьуна а, ва Ану. Хаза кхаъ хуьлийла кхунах, со ирча кхоэ веана а воцуш.

     Ану. Х1унда эли ахь иза, х1ума а хила-м ца хилла вайна?

     Йусуп. Вай дог доху ца хиларе цхьа а вониг. Сох хабар схьакхетта, Заху Мусостара йадийна аьлла а...

     Ану. Йа Аллах1! Ваа… сан Заху!

     Йусуп. Сурхо цаьрга жоп деха ваг1ана аьлла а, ша цхьаъ.

     Ану. Йа Аллах1! Хьо хуьлуш лаьттарг.

     Йусуп. Иза сайна ма хаззара, бакъ дуй техьа аьлла, ладог1а схьачухьаьвзинера со. Иза бакъдолчух тера-м ду.

     Ану. Ша цхьаъ... цара тешнабехк бийра ма бу цунна, цу шинне а... Сан йоь1ана бина цара иза...

     Йусуп. Кхин саца-1ен хан йац, со цига, царна т1аьхьа воьду, говра ма йоьдду.

     Ану. Со а... со... со...

     Йусуп. Хьо ц1ахь хьоьжуш 1е, цигахь-м тхо ларор ду. Ас геланча вахийтина эшахь а аьлла, дошлой цига д1абоьхуш. Тхан ницкъ кхочург оха дийра ду, Дала мукъа лахь.

     Ану. Хьо охьа г1о, аса а цхьаъ дийра ду. Вай керташкахь хаийта деза иза.
 
Йусуп д1авоьду. Ану ша йуьсу.

     Ану. Нана йала хьан дела1, сан цхьаъ бен воцу к1ант. Ма ирча кхаъ бу хьуна цара кечбинарг. Ахь муха ловр ду иза. Маржа сан жима к1орни, сан эсала нус хила йезарг, хьуна цара бина тешнабехк. Шайн куьйгаш хедила церан, царна иза ц1ий ца 1енаш дуьсур-м делахь, Дела мостаг1ий. Сихо йан йеза орца т1ехьа дахийта. Нана ладоьг1уш, хьоьжуш 1а хан йац х1ара. Нана кийча хила йеза массо а х1уманна. К1иллойн амал йолчара шайн йамартло гайтина, вай царна нахчийн буьрсалла гойтур йу, Дала мукъа лахь!


Ткъе шолг1а сурт


Хьаьвзина х1оьттира Сурхо цу Мусостан уьйт1а, болатан туьра т1е деза ка те1адеш. Дууш-молуш бара и кегий элий. Кад буттуш вара Инакентий.                Мархашкахь ва лечкъа дашо малх ва санна, Муратан ва баьрчехь базаран кирхьанах лечкъаш йара и бабин хаза йо1. Маршалла ца хоттуш ша чоьхьавелира Сурхо.

     Инакентий. Хьо охьалахло, ва генара хьаша, некъ пурха болуш г1елвелла хир ву хьо. Тхан махкахь ловзаргахь эла хаош ву хьаша! Даа ду шортта, малар ду т1ех! Хьена ду тхан латтанаш, мекха шайца йоцуш, рицкъанаш схьало буьртиг д1а1оьттича. Ц1ена ду тхан элийн дегнаш, тоьллачу къонахчух оха вийра ву эла. Б1аьрг тохал, д1асахьажал, биллгала бу хьуна сту-элийн мехкарш! Амма ца кхочу цхьа а Мусостан шичига-м, малхал а хазайолчу Алхасте. Хьан багар дош далар – ловзар  х1оттор ду вай т1ех доккха!

     Сурхо. Хаза ду тхан къоьжа лаьмнаш а, токхе ду тхан латтанаш, сийлахь бу тхан Нахчийчоь-Мохк! Харцлуьйш, вац хьо, мехка воцу хьаша! Со-м и дийца веана вац.

     Инакентий. Бийцал, т1аккха, айхьа цу ломара беана некъ. Хьо, хьуо ма ву, накъостий бац хьоьца? Хьуо цхьаъ араваьлла-м хир ма вац хьо, тешаме боцчу цу новкъа?

     Сурхо. Виъ накъост ву соьцани, хьуна уьш гуш цахиларха. 1уналла деш Воккха Эла а волуш. Нахчийчохь маьрша бу муьлхха а некъ. К1иллой тхуна йуккъехь кхиъна бац тахналца.

Инокентий ца кхета цуо аьллачух, д1асахьожу гондахьа.

     Инакентий. Бовзийтал уьш, тойнехь 1ийра бу хьеший бина.

     Сурхо. Уьш бовза а, уьш ган а хьо хила веза бусалба. Малхал а къегина йолчу, баттал а лерина йолчу, сайн са дууш йолчу цу бабин жимчу йо1ехь х1ун хьал ду хаа лиъна, чухьаьвзинера со. Йиана йу те, меца? Ирахь йу-те, йан лахъелла?

     Инакентий. Мурат дукха везаш, Мурате йеана и бабин жима йо1. Алар-дийцар доцуш хьо вуха верза, хьуо веанчу цу ломара ч1оже, Мусостан и шича йига хьо реза вацахь. Айхьа буьйцу и хьайн накъостий а эций.

     Сурхо. Нахчийн шайн г1иллакхаш ду, оха уьш лардо дуьненан массо а маь11ехь. Ас хоттур ду цу Бабин жимчу йо1е: Мурат лерина йеана, йан тешнабехк т1ебаьлла нисъелла кху ж1угийн бенахь? Мурат лерина иза кхузахь нисъеллехь, - пусар доцуш йуьсур йу иза кхузахь; хьан а, цу Мусостан мекарлонца йу бахахь, - Валлах1, Делор, воьрзур ву со сайн к1айчу нускалца! (Заху кирхьана т1ехьара схьа гучуйолу, шен буйнахь шиъ шаьлта а йолуш.) - Дош хьуна ду-кх, Заху!

     Заху. Сан дагах ма хьакхалолахь, айхьа иза лазор делахь, со хьайн дагчохь тишйан мегар ду хьуна х1ета!

     Сурхо. Цхьа Лайла йара кху балхана теш х1уьттуш…

     Заху. Хьуна дош хеттарг дош ду хьуна. 

     Сурхо. Аллах1ана дош хетарг дош хеташ ву хьуна со, Аллах1 ца лераниг лоруш вац хьуна со: сайн са а т1ехь, сайн валар а т1ехь. 

     Заху. Т1аккха, диснарг вайшимма ц1ахь дуьйцур ду; хьалха вала, цхьа м1аьрго а кхарна йуккъехь йаккха лууш йац со! Со цецйаьккхинарг кхин ду: оццул хьо хьеваларан бахьана хьан ч1ог1а хила деза-кх хьуна!

     Сурхо. Вайшинна гена даг1а дезар дац хьуна, ас кхузахь кхерч буг1ур бу вайна. Меттиге хьежна со.
   
     Заху. Х1ун эр ду ас? Маха бахханча тай а доьду-кх. Маха ларбе-кх – мич-миччанхьа а тегарш ца деш.

     Инакентий (тапча а йаьккхина). Эрмалойн ва баьрчехь турмала ва санна, товш хета суна и бабин йо1 Муратан баьрчехь, кирхьанан т1ехьа! Ткъа, ахьа, хьайн лар хьолахь кхузара, хьекъалца ийг1ина долчу хьайн сица!

     Сурхо. Суна цул а товш хета, ва ж1аьлех даьлла гирза, хьан хьарамчу дег1ана йуьхьиг т1ейаьрзийча осмалойн тапчан.

Тапча йолу, Инакентий вужу. Эла Мурат чу эккха.

     Мурат. Кхечу хьолехь ас деза хьошалла дийр дара хьуна, ва Адин Сурхо. Х1инца мотт герзанца бийца безара бу. И нускал суна аьлла далийна хилла, суна цунах хиъна х1ума а дац. Бакъду, х1инца иза а эцна хьо д1аводахь, суна а, сан ц1енна а т1е эхь дужу, йуьхьхьаьржо-м ас йуьйцуш а йац. Вайшинга цхьа барт байта, машар тоьлу ц1ий 1аночул а.

     Сурхо. Хьайн ала х1ума ду моьттуш х1оьттина хьо суна дуьхьала? Хазийтал суна и дешнаш, хьо сан туьрах хьалхавоккхун волу.

     Мурат. Ахь иштта йуьхь ма йаха сан, соьгара хьуна хилла цхьа а вуон болх бац. Х1ара, оцу, аьрмлочуьнан питанаш ду, сан ваша а тилийна цуо.

     Сурхо. Дош алий вала и бехказлонаш ца лехьош уьшлара.

     Мурат. Заху кху кертахь йуьсу, цунна дуьхьала тхан шича сту-эла Алхаст д1ало хьан дола йаккха сте йина?

     Сурхо. Хьо цхьаъ виснера хьуна суна захало дийцаза. Новкъара д1авала, мерза са хьайн дезахь.

     Мурат. Ахь кху кертара нускал д1адигахь соьх иштта а хуьлу дакъа, йесса х1ума. Цундера ас герз хоржу иза хьан т1аьххьара дош делахь.

     Сурхо. Иза хьан ду т1аьххьара дош. Некъ!.. - ирча мохь олу Сурхос.

     Мурат. Кхин цхьаъ ду!

     Сурхо. Некъ!

     Мурат. Ас сайн ваша Мусост сацор ву, иза доккха эскарца хьуна т1ег1уртар волуш ву. Хьо цхьаъ бахьанехь, йа цхьа йо1 бахьанехь, дерриге нахчийн къоман ц1ий 1анийта воллу хьо, ва Сурхо?! Цхьа йо1ан дахарца терза зулмана оза воллу хьо хьайн къоман?

     Сурхо. Нахчийн цхьа йо1 - иза динна къам ду! Динна къам! Хьаладаккха хьайн тур!

     Мурат. И Дела теш волуш, хьан лаамаш бахьанехь 1енаш ду вай шинна къоман ц1ий, хьо хьайн лаамаш т1ера ца ваьлла!

     Сурхо. Тур!!!

     Мурат. Цу йо1е шега хатта т1аккха: кху кертахь йуьсу хьо, хьайга боккха лерам хир болуш, йа, хьо бахьана а долуш, хьайн мискачу къоман цхьа а бехк боцу адамаш ц1ийла карча дойту ахь? 

     Заху. Хьайн кертахь бохий ахь? Зудчуьнан букъ т1ехьа лечкъина ахь баьккхинчу толаман «моз» хьоьца ца молуш, ас къонахчуьнан 1ожаллин къаьхьа кад мера ма бу, цу ц1ийла со а керчаш. Шайнах мохк оьцучо, шина шайнах иза бухкар а бу. Цул а тоьлу цкъа а чена к1ур г1оттур боцу сийлахь ц1а - Йалсамане!

     Мурат. Со цуьрриг а шек вацара и жоп шуьгара сайна хезара ду аьлла. Ас дуьхьал д1а сатуьйсура ц1ий ца 1анийта, цхьана неха питанца кечдина долу. Ас тур доккху т1аккха. Эскар! Схьадола, д1а т1елата кхарна!

Эскар гучу долу. Цунна т1аьххье гучу бовлу Сурхона деана орца а. Йусуп, Ковнаркъ, Ану, Бетар, Итон кхин а б1аьхой а болуш шайца.

     Ану. Сан сийдолчу несо шегахь «кур» санна товш долу сийлахь жоп дела шуна. Нехан наноша шайн керта йог1у нус шайн ц1ийнан тхов к1елахь т1еоьцу. Аса сайн сийдолу нус Заху, дийна Нахчичоьнан тхов к1елахь т1еоьцу. Нахчийн къоман нус хила хьакъ хила хьох, хьайн кхетамца а, доьналлица а. Дала декъала хуьлуьйтийла шуьшиъ а, массо а нахчийн доьзалш а, йерриге нана Нахчийчоь а. И сан т1аьххьара дош дара. Х1инца дош туьрана а ду.
 
     Сурхо. Собар! Собар! Собар! Мурат, вай эран ц1ий 1онийтур дац, хьуна ца лаахь. Вайшинни туьрашца къастор ду вай: тоьлларг-эшнарг; вай цхьана Кавказан аьрзуш делахь!

Эццехь, лазинчуьра г1отту Инакентий. Цуьнгара мохь болу.

     Инакентий. Эскар, ладог1а сан омре! Сийлахьчу паччахьан ц1арца ас омра до шуьга шайна дуьхьало мел йеш верг кхузахь вийна д1аваккха: стаг а, зуд а, башха дац. Т1ейахийта!

Эццехь локальни т1ом д1аболало. Цхьана салтичо Захуна ластийначу туьра к1ела аьккха Ану, иза ле. Цу т1амехь вужу Мурат а, Инакентий а воь, иштта эга: Итон, Бетар а, Йусуп а. Циггахь т1екхочу Мусост а.
 
     Мусост. Сан вешин ц1ий 1аний ахь, сан мохк писсашна д1асабеккъа, сай вешин кирхьана т1ехьа ас х1оттийна к1ай нускал хьайн букъ т1аьхьа сецадо ахь. Хьажал хьайн х1окху суьрте: хьан нана ц1ийла карчий ахь, шайн тоьлла волу 1елам стаг 1аьржачу латте кховдий ахь, тайпана тхьамданаш эгна, кхин мила висана хьан? Иза шадерг оцу цхьаьна йо1ах хилла мах бу хьан? Хьо сан когашка веанехь ас цул тоьлларг лур ма дара хьуна. Сурхо, хьуна х1ун хилла? Ва Сурхо, сийна ц1арах веги хьо, чим хилла х1инца виснарг а, мохо д1асахьур ву хьо…

     Сурхо. Бакъ ду хьан иза, Мусост, со вега… Сайн Ненан сица иссоза вели со, Йусупан сица х1ора къуръанан мог1анца, х1ора элпаца, х1ора хьаьркаца кхелхи со, х1ора а нахчочуьнца – х1ора нахчийн сица 1аьржачу лахьтичу вижа со, х1оранна нахчочуьнан меттана г1азотан байракх сайн марчонна лери ас.

     Мусост. Ваша суна вуха хир вац, хьан карара нус-нускал а со кхин оьшуш вац, со доккха паччахьан эскар кхуза схьахьаьг1на вели, ахьа эран ц1ий 1анадайтан, ц1ий хуьйдина латтанаш сан дола девра ду. Сурхо, вуноо, хьо са воцу мах хили хьан. Хьо хьанна оьшур ву х1инца? Хьо т1ехь веха лаьттан кийсиг а маьрша йац хьуна кхин. Ваха а ца хиа хьуна, х1инца вала а ца хууш леш а ву хьо. Декъаза т1аьхье хилла хьо, хьайн - курачу дайн.

     Сурхо. "Хьасбийаллох1у лима кадани би-ссуин – Аллах1ах кхачо йолуш ву со сайна зулмана герга вог1учех»». Х1ара латта мах лелон меттиг бен йац, кхунах мах схьаоьцу меттиг Эхарт ду. Бакъдолу доккха терза а цигахь ду х1оттийна лаьтташ, вайга хьоьжуш. Хьуна кхузахь гуш болу белла хетарш, дийна бу вайл а, дийна ду моьттучарел а. Хьо а, ахь буьйцу ницкъ а, шу шадерш а, – тхуна йалсаманин не1арш схьайосту дог1анаш бен дац. Шу ца хилча кхиниш хир бара. Тхуна сират т1ай дацдийраш ду шу. Мусост, ахь бина мах, буьйсанна, бертиг йихкина а йолуш, деса гали эцар санна бу.
 
     Мусост. Делахь х1ета, д1а новкъа вала декъаза нахчо, сирот т1ай мел дацделла хьажа хьайна.

Мусоста ц1еххьана шегара тапча т1ехьажайо, Сурхо меттах а ца хьов, мажар йолу, амма Сурхо шен дег1аца д1акъовлуш Ковнаркъ дуьхьала д1ах1утту. Цу м1аьргонехь Сурхос йоккху шегара шад схьа, ка тухий Мусостана туху. Мусост вужу 1илла, кхин цкъа а ца г1атта. Ковнаркъ а ле. Заху Ану корта шен карахь болуш 1аш йу. Ану кхелхина.
 
     Сурхо. Йа Аллах1, шах1идаша шайн ц1ийца хьан дина латта, нахчийн къомана, массо а бусалба нахана а, Хьайн камаьршонца беркате делахь, Абаде-абдалца!

Назма

Аллах1ан некъана
Дуьненчу тхо девла.
Г1азотан кхайкхамна
Майра д1ах1иттина.


Зикаршца йерзийна
Г1азотан чевнаш тхан.
Дег1 нисдеш х1иттина
Къонахийн б1евнаш а. 
 
Нахчийчоь! Нахчийчоь!
Маьрша хьо йахалахь!
Аллах1ан Некъана!
Г1аролехь латталахь!

- Хьалха хьун а хьоькхуш, т1ехьа ирзош ва дохуш,
Ирзош шера мел долчохь букар тоьлаш ва йохкуш,
Беркатах бух буттуш, иманах ц1а дуг1уш,
Нахчийчоь латтийна и хьалхара къена дай, къонахий, -
Биц ма белаш, х1ай т1аьхьенаш, т1екхуьу ч1ор.

КИРХЬА

07.07.22 ш


Рецензии