Мела дог1а. Пьеса

1. Марьям – нана.
2. Мовсар – Мареман к1ант.
3. Буолат – Мовсаран накъост.
4. Воккха-Дада – йуьрта имам.
5. Ваша – воккха стаг
6. Жима Пет1мат – Вашийн к1ента йо1.
7. Боулатан йиша.
8. Нускал – йоккха хилла Пет1мат.




Цхьа гена-хьалхлера заманахь, ширачу Кавказехь, стиглан дукъах г1оьртина 1аш долчу къоьжачу лаьмнех тийсалуш, букурхьийзаш мархниш йолуш, ткъа цера баххьашкахь ловзуш йолу акха гезаршка стиглара охьа ира б1аьрг бетташ, шайна ижо лоьхуш, лаьмнийн тешаме г1аролаш аьрзонаш йолуш, лаьмнашца луьра хьийзачу г1ашлойн некъашкахула,т1улгийн чхьарашна юккъехула схьадуьйлучу шийлачу шовдане бог1уш, къона кемсийн таьллинг санна шайн дог1машца оьзда мехкарий а болуш, жимачохь экима хьажарца, къона дог безамах дуьзна, Делера пурбанца, дахаран некъ  цхьаьна бан барт хилира сийдолчу Бойсхаран а, Мареман а.
 Мареман з1ойне еларо а, ирсечу б1аргийн сирлачу з1аьнарша а, хетуьйтура Дала х1ара дуьне цу шинна дуьхьа кхоьллина ду аьлла!
 Амма, к1езиг доьг1на хиллера бовхачу малхана шен з1аьнарш ц1енкъана юккъехь ловзуьйтуш, церан х1усаме хьежа…
Майра къонах Бойсхар г1азотехь кхелхина, декъала хилира… Ялсманийн бошмашкахь парг1ато карийра цунна …
 «Цхьаъ, шиъ, кхоъ» бохуш, багарабора Маремас шен к1ента Мовсаран дуьххьарлера когаш, мела б1аьрахиш д1а-схьа, а хьоькхуш, кийрахь худучу сингаттамо шен иэго ют1къа белаш куьйгашца сеца а еш…
 Дуьне-дахар кхи-д1а а, дахара. Яьссийн бердан йистехь лаьттачу Мареман х1усамо дан тоьшалла долуш, дуккха а хиш д1адаьхьира тулг1енаша х1етахь дуьйна. Жимчохь йисина нана шен кхоллам а, сада1ар а, к1ентан дуьхьа хеташ яра. Къинхетаме, догц1ена кхуьуш вара Мовсар. Д1аоьхура 1аржа, еха буьйсанаш. Мареман дийцарш а, туьйранаш а, дара къоман оьзда 1адаташ а, хаза г1илкхаш а, къонахийн майралла а, хестош. Мовсар тешна вара иза х1ора а къонахчо т1елаца дезаш дукъ хиларх. Эрна цахилира Маремас тийсина са. К1ант кхуьъуш вара къонахчуьна коьрта аматаш долуш – майра а, оьзда а.
Кхи-д1а иштта дара… 

Сцена 1
Ваша а, Мовсар а.
Ваша:       Дика мел дерг дог1ийла х1окху х1усаме! Цхьаъа вуй чохь?

Мовсар:       Ву. Со ву чохь. Марша вог1ийла Ваша! 

Ваша:        Цхьаъ стаг чохь хиларо-м массо х1уманан орам хуьйцу.              
                Ассаламу 1алайкум, жима къонах! Хьан ц1е х1ун йу?

Мовсар:        Ваалейкум Ассалам, Ваша! Мовсар ву со. Схьа чувала.

Ваша:           Баркал, къонах. Х1оккхахь охалахлура ву со. Схьавола, суна йуххе...
                Маса шо ду хьан?

Мовсар:        Барх1олг1а шо ду сан.

Ваша:          Хьажал хьайна! Хила ваьлла накъост ву-кха!   

Мовсар:       Аса хи лой хьуна? Хьо генара вог1уш волчух тера ду.

Ваша:           Шийла шовданан хи мала дика-м хира дара.

Мовсар:        Аса дохьу.

Ваша:          Дукха вехийла! Алхьамдулиллах1! Хи дика дара. Хьуна муха хиъира со
                генара вог1ийла??

Мовсар:      Суна дагахь лаьттара вара хьо, вай долчехь гинехь.

Ваша:          Х1уманан тидам беш ву-кха хьо, т1аккха! Иза дика ду. Дахарехь
оьшура долуш ду. Ткъа стенгах ду да-нана а, йиш-ваша а? 

Мовсар:      Уьзуш ялсаманехь бу. Нанас боху иштта.

Ваша:          Дала Шен къинхетам бойла д1акхелхиначерах а, т1ег1ондолу вайх а!
                Суна хьан да вевзаш хилли-те? Ц1е муха йара цуьнан?

Мовсар:      Бойсхар хилла иза. Нанас дуьйцура, иза цхьаннех кхоьруш цахилла
                бохуш.

Ваша:           Нана стенгахь йу?

Мовсар:       Иза ч1еш лахьо йахна, со ц1ахь витина. 

Ваша:           Хьан дех-ненах лаьцна, дуккха  дика х1ума хезна суна, кхузара
вацахь а. Бойсхар, шел майраниг воцуш къонах вара. Тешаме, оьзда, доьналла долуш вара. Холкъанан эсехь лаьттира ду цунах лаьцна дийцарш а, масаллаш а.  Х1ара х1усам йу жимма йуьртана нацкъара.

Мовсар:      Сан дас дина ду х1ара ц1а. Хьалха тхоьца де-нана йара 1аш. Ваша, хьо
         стенга воьдуш ву? 

Ваша:        Со ву хьуна, жима къонах, беха некъ эцна араваьлла. К1ента йо1 йу
сан, жима Пет1амат. Иштта жима бирдолаг ду-кха! Дади йо1ана совг1ат хира ду-кха аьлла, лерга-п1елга дашо х1ума йойтуш, иштта, дуьнене б1аьрг тухуш аьлла, ара ваьлла-кх. Со мелла вехи хаъац… Безам хира бу-кха, Дада дагалаца. Йа иза гергахь некъ-м-бац хьуна. Хьалха, дехьара схьагучу ломаца водара со оцу шахьара. Ткъа х1инца, кху Яссийн йистехула вог1уш ву. Аса х1ара некъ х1унда хаьржи – иза Далла дика хаьъа. Дика хуъуш вериг Дели ву… Дера ву…
 
Мовсар:     Вайна са довш ду… Хьо вайгахь 1ен веза тховса.

Ваша:     Йиш йац сан саца. Амма, со воккхавеш ву хьо сайна вовзарна а, х1ара
х1усам гарна а. Х1окхула йези дарс кхаьчна йац суна, айса йоккхучу хенахь. Хастам бу хьуна Дели! Тамашийна ду дахаран некъаш. Делахь а, со воккхавеш ву тахана кху некъа нисваларна. Х1инци, хьуна хьехар дала лаьъа суна. Ладог1а лерина соьги. Дагахь латтаде.
 
Мовсар:       Со ладуг1уш ву, Ваша.

Ваша: Д1аэца х1ара бохча. Чета дилла иза. Нене д1алура ахьа. Кхана, схьагучу
берданан дехьа, даьккхина дечиг карор ду шуна. Оцу раг1он къелла схьадохура аша иза. Нана 1алашйелахь.  Дицмаде, Ялсамане ненан когаш къеллахь йу. Даймохко а, нанас а, тешнабехк бийра бац хьуна. Хьан дахарехь уггаре а, дези шиъ х1ума ду уьзуш. Бахам болчу стагана вохьа ма та1лахь, мискачунна куралла майелахь – нисонна т1ехь ву аьлла, г1ара вера ву хьо. Хьайн къоман дин а, 1адаташ а, г1иллакхаш а, ларделахь – адамийн ларам хира бу хьоьци. Буо берийн а, къанойн а, дола делахь – рицкъана эшам хира бац хьан. Доттаг1алла ларделахь. Х1ара дуьне деригге дуьхьала делахь а, тешаме накъост хьан велахь, эшор вац хьо. Урс дуй хьан?

Мовсар:  Дац. Пхийтта шо долуш, сан де доьхка а, урс а, доьхкура
   долуш ду суна.       

 Ваша: Д1аэцал х1ара урс… Даимана хьайгахь дитлахь х1ара. Жима делахь а, ира
ду хьуна иза. Ловзош леладан мегаш дац хьуна урс. Эшначохь схьадаккха хира ду хьуна. Ткъа х1инци, со д1а вахан веза. Хьан нана йу ц1а йог1уш.  Со малеха алалахь цуьнга. Бохчанан чохь дерг соьгара саг1а ду ала. 

Мовсар: Дика ду.

Ваша: Д1а-1е, жима къонах. Хьошала дарна Дели рези хуьлийла хьуна. Ненан дола
делахь. Вайшина некъаш кхи-д1а морзах дера ду аьлла хеташ ву-кха со… Маьрша 1айла!

Мовсар: Некъ дика хуьлда, Ваша! Со нанна г1о дан воьду т1аккха.

Ваша: Дуьхьала г1уо хьайна, г1уо дер-ам! Дала 1алашдойла шу!


Сцена 2
Марьям а, Мовсар а.

Марьям: Мовсар, вохьа кхетара ву хьо, меллаша вола… 

Мовсар: Нана, аса г1о дай хьуна?

Марьям: Мегш ду, дехьара маь1иг схьалаца. Х1ун дара вайгахь? Цхьа
                веанери?   

Мовсар: Нана! Вайга Ваши веанера.

Марьям: И мила ву?

 Мовсар: Суна иза гина вацара хьалха. Иза вай долчера вацар. 

Марьям: Иза х1ун луъуш вара?

Мовсар: Мала хи дийхира цуо. Кхана оцу берданан дехьа даьккхина дечиг хира ду
бохура. Иза вайшинга схьада бохура. Х1ара бохча делира цуо, хьоьга д1ало аьлла. 

Марьям: Х1ун йу иза? Х1ара дашо ахча ма-ду! 

Мовсар: Вашис делла. Хьоьга д1ало элира цуо. 

Марьям: Стенга вахна иза, Мовсар? Ва, сан Дели, аса х1ун де-те? Мовсар, и
                Ваша стенга вахара, стенгара схьавеара иза?   

Мовсар: Со ара велира, мохь тухуш хезчи. Ваши уьт1ахь латташ вара.  Суна хаъац
иза стенгара веара, йа стенга вахара. Ша малеха бохара цуо. Ткъа оцу     т1оьрмигна чохь дерг, шегара саг1а ду ала бохура.. 

Марьям: Ваа, сан Дели! Аса х1ун дан деза-те? Схавола, вайша Воккха-Дада
     волче даха деза.  Цунна дика хуъура ду.


Сцена 3
Марям а, Мовсар а, Воккха-Дада а.

Марьям: Де дика хуьлийла хьан, Воккха-Дада!

Имам: Марша дог1ийла шуьшиъ, Марям! Дади жима къонах… Схьавола,
дадина йуххе. Мовсар. Цкъа хьажийтахь со хьайга! Х1ара урс ма хаза ду хьан! Дада хьажийта…

Марям: Могшалла муха йу хьан?

Имам: Далла хастам бу. Дика ву со. Шуьшиъ муха ду? Мовсар могуш вуй?

Мовсар: Суна х1ара Вашас делла.

Марьям: Урс а, делла цуо хьуна? Воккха-Дада, со йеъана хьоьги цхьа х1ума дийца.
    Накъостал деха.      

Имам: Схьадийца, Марям, со ладуг1уш ву. Вохьа хаъа.            

Марьям: Ваши! Со ч1еш лахьо яхнера, к1ант ц1ахь витина. Со чукхочуш, х1окхо
               соьга х1ара бохча дели. Цхьана Вашас делла шега аьлла. 

Мансур: Урс оцу Вашас делла суна.

Имам: Делахь, х1ети, х1ара дуккха бахам-ма-бу… Мовсар, дийцахьа Дадина ма-
дарра. Муха вара и Ваши? Къу вари-те иза?            

Мансур: Дера вацар! Иза дика стаг волучух тера дара. Мохь тухуш хезчи, ара
велира со. Цигахь лаьтташ Ваша вара. Цуо соьги массо х1ума хаьттира.   Да-нана стенгахь ду, кхи дуккха а хаттарш дира

Имам: Муха вара иза?

Мансур: Суна хьалха гина вац иза вай долчехь. Ч1ог1а къена вацара иза. Суна хаза
   урс делира цуо 

Имам: Ша стенгара вог1уш ву элири цуо?

Мансур: Ломара вохьа вог1уш ву элира цуо       

Имам: Мовсар, кхи х1умма дага дог1и хьуна цуьнанх лаьцна ала?            

Мансур: Аса хи деара цунна мала. Хабарш дуьйцуш 1ийра тхойшиъ уьт1ахь.
Цуо хаьттира вайгахь 1аш мила ву а, нана стенгахь йу а. Сан да вовзара цунна.   
   
Имам: Шеха лаьцна х1умма элири-те?

Мансур: Цаэлира. Х1а-а, элира! Цуо шен к1ента йо1 йу бохура жима а йолуш.
Цунна совгат дан луъуш ву бохура ша. Х1ара бохча шегара саг1а ду ала бохура. 
    
Марьям: Иштта дийцира кхуо суна иза.   
   
Имам: Марям! Ахьа са магаттаде. Схьа гарехь, иза комаьрша а, к1инхетаме а, адам
хилла.   Далла лиъна хилла иза оцу Яьссийн йистехула вохьа ван а, х1ара жима къонах ган а. Буо беран саг1а дохьуш веана хилла иза.   

Марьям: Аса х1инца х1ун дан деза, алахьа Воккха-Дада?      

Имам: Марям, сайга хоьттуш делахь, кхерамза со волчехь дитар хира ду.
Оьшучунна схьаэца парг1ат йиш хира йу хьан. Дала 1алашдойла вай!

Марьям: Амин!

Сцена 4
Ваша а, жима Пет1мат а.
Ваша: Стенгахь йу-те иза? Цхьогало д1а йигна-те, йа тарсал санна диттана т1е
йаьлла-те?       
Пет1мат: Цайигна, Дада… Амма, хьуна со карар йац.
 
Ваша: Мегш ду. Аса жимма садо1у, делахь. Хьо цигахь 1е хьайна.            

Пет1мат: Дада, вайшима цхьане да1и са? Со-м к1адйелла хьуна. Хьажахь,
     мелла дукха зезагаш лехьийна!         

Ваша: Хьажал хьайна, дера лехьийна-кх! Ма-хаза ду х1оруш! Д1о схьагучу
гуьйрган т1ехь садо1у вайшима.  Хьо Дади кара йола. Мацйелли, Дади Пет1мат? 1аж бези хьуна? 

Пет1мат: Х1аъ. Дада, хьуна муха хиъира со меци йуй?         

Ваша: Дади йо1а лергаш хуьлу-кха жимма меттах дуьлуш, мацйелчи…             

Пет1мат: Дера цахуьлу! Хьажал хьо! Х1инца дуй? Ма-дац!

Ваша: Х1инца-м дац, дера дац…

Пет1мат: Дада, вай 1ежаш уггаре а мерза-ма-ду, дуй?

Ваша: Дера ду!  Пет1мат! Хьажахь, ма-хаза хьун йу, ма-ц1ена х1аваъ, 1алам ду!
Х1ара деригге Дала луш ду хьуна! Лардан деза, кхиъо деза! Т1аккха, баркаллийца совдуьлуш иман-баракат хуьлу лелочунах.       

Пет1мат: Дада, ахьа суна тховса муьлха туьйра дуьйцура ду?

Ваша: Хьуна муьлхурнаг хаза лаьъа?            

Пет1мат: Нана, дада суна Йалсаманера совг1аташ дохьуш деана туьйра дага дог1и
 хьуна? Иза деза суна!          

Ваша:  Иза вайшима х1ора буса дуьйцуш-ма-ду… Пхьагалех а, ч1егардигах а,
лаьцна дийци аса хьуна?            

Пет1мат:  Х1а-х1а, иза йуха дуьйцура ахьа. Хьалха суна совгаташ дохьуш дериг
  дийца.         

Ваша  Дика ду. Пет1матас аьлларг дийра ду-кха Дадас. Хьалха иза дийцина,
т1аккха наьрта-аьстахойх лаьцна дуьцура ду. Мегира дуй?         

 Пет1мат: Дада! Мела дог1а ду-кха вайна дог1уш.

Ваша: Ду? Х1унда боху ахьа иза?

Пет1мат: Хьо уллехь хилчи дог1а мела дог1у вайна, Дада. Хьал хьо, сан беснеш т1ехь ду…  Хьуна дог1и дог1а?      

Ваша:  Бес-бесара хуьлу-кха дог1а а, Пет1мат…          

Пет1мат: Дада! Хьо даимана хира вуй соьци? Хьо д1а г1ура ваци Йалсамане дада,
     нана санна? 

Ваша: Со даиманна хира ву хьоьци, Дади жима Пет1мат!            


Сцена 5
Марям а, Мовсар а.
Мовсар: Нана! Нана!

Марям:  Мовсар, со чукхочуш ю хьуна!

Мовсар:  Х1инца а, яхнера хьо шовдане?

Марям:   Суна хала-м дац Мовсар!
 
Мовсар:  Нана! Аса хьуна сагатдо. И г1ашлойн некъ хьийзаш, кхераме
ирхонаш йолш бу. Хьуна хаьа ма хаьа, аса бода къовлабелчулт1аьхьа дохьур дуй шовданан хи.

Марям:  Жимма к1адйелла ма хилла со-м… Вай, Дала дог дика де хьан! Хаьа
          дера сунна-м иза а... Делахь а, сан и доцург кхин а, г1уллакх дара цигахь…

Мовсар:  Суна хаа йиш йолш дуй т1акх, х1ун г1уллакх дар хьан шовдана
йистехь?!...

Марям:  Ю дера-м хьан и хаа йиш! Ц1къа хьайн нанна хелха вала дезар ду-кха,
           жимчохь санна!!!

Мовсаран хелхар.
Мовсар: Нана! Хьо елалуш гича со мел ирсе хуьлу хаьи хьуна?! Дуьненчохь
сайна кхи х1умма ца оьшу аьлла хетта-кх суна!

Марям:  Дала 1алашвойла хьо, сан жиманиг! Мовсар, хьо воккха хилла х1инца! Хьайн де
куй, доьхки мегш, цуьнан лар хьошуш д1ахоьтти…Зама ма ю д1айоьдуш… Суна дага деара, шовдан йисте яхана б1аьрг тоха вайн кертахь нус хилла хьийза тамехь йо1 гура яри-те аьлла!

Мовсар:  Нана!

Марям:  Мовсар, х1ун хилла? Эхь хетта хьуна?! Соьха кхин къайле-ма яц хьан?

Мовсар: Нана! Хьох къайла дакхлур дари-те цу тайпа х1ума?! Яц дера-м!

Марям:  Мовсар! Тахана, шовдана йистехь, сунна гира оьзда, тамехь мехкари!
Б1аьрг тухуш хилалахь, дик дуй?

Мовсар:  Дика ду, ахьа бохург дийр ду аса. Нана!

Марям:  Х1ун бох ахь, Мовсар?

Мовсар:  Ахьа пурба делча, жимма вола а луш, ломаца хьала вер вара со. Кертахь долу
 г1уллак д1адерзийна ду, са ма гаттаделахь.

Марям:  Мегш ду хьун, жима сада1и вола хьайна. Дала 1алашвойла
хьо!


Сцена 6
Мовсар.
К1ант:  Ма хаза 1аж бу х1ара!... Я Аллах1, ма инзаре хаза хьожа а ю!... Ма чомехь хила декхара ду хьо! ... Я Аллах1, аса динарг!… Х1инца, х1окху охьадог1у хица, хьала ваха веза со… Т1аккха каро мега суна и 1ожа дитт.

Сцена 7
Мовсар а , Ваша а.
Мовсар:  Кертахь цхьаа вуй-те?

Ваша: Мила ву цигахь кхойкхуш верг?

Мовсар:  Де дика хуьлийла, Ваша!

Ваша.:  Марша вог1ийла, жима къонах, хьо а! Схьа чоьхьавала!

Мовсар:  Х1а-х1а, чувеана 1ийра вац со.

Ваша.:  Хьо хьенах ву, муьлхачу тайпана ву т1акх?

Мовсар:  Со тайпана бено волчу Байсангуран к1ант ву. Сан Нана Марям ю. Мансур ю сан ц1е. Жимма дехьа, лахачохь 1аш ду тхо.

Ваша.: Хезза, хезза дера-кха… Хьан да Байсангур, Дала г1азот къобалдойла цуьнан, хила ма веззара къонах вара! Майраллица а, доьналлийца а толам боккхура бацара цуьнгара… Т1къа хьан Нана Марем оьздингаллица г1ара яьлла ю. Муха 1аш ю иза, могаш юй-те?

Мовсар:  Дели рези хуьлийла, Ваша хьуна. Дика 1аш ю Нана а.

Ваша.:  Дика ду, делахь. Схьадийца, х1ун ду хьо кху ломаца хьалавалийнарг? Хьо лаъа лелари-те?
Мовсар:  Ваша! Тахана хьалавог1уш хино бохьуш 1аж гина, иза схьаийцира аса. Цуьнан хьожано 1ехийна, ненан весеташ дицдина, биира аса иза. Со веана, сайна иза хьанал бар доьхуш.

Ваша.:  Жима къонах, аса хьоьга ладуьйг1и. Оцу 1ожа йукъъе хьаьжчи хуъура ду суна вай бешара буй а бац. Урс дуй хьоьгахь?

Мовсар: Ду. (Маьхьсенан чуьра урс схадоккхи, мовсарас 1аж боькъу).

Ваша: Хастам бу хьуна йа Везан Дели! Маржа дуьне йа1… Ма вайга хоьттуш, вайх доьзна дац кху дуьненан некъаш а, хьелаш а… Х1инца сайн лаам бовзуьйту хьуна. Сан чохь къента йо1 ю. Жимчохьдуьйна буо ду иза. Боьрдах дахна да-нана кхелхира цуьнан. Кхи-долу бераш санна яц иза. Б1аьра а, лера а са дац цуьнан. Мотт хууш яц. Когаш, йа куьйгаш лелаш яц… Нагахь санна, цуьнах шена х1усам-нана ян резаволуш къонах хьуна каравахь, аса къобалдина т1еоьцур ду хьан дехар.

Мовсар:  Хьан пурбанца, со Ненах дагавера вара.

Ваша.:  Эх1! Ахьа иза аларе сатуьйсуш вара-кха со! Мегш хира ду. Дагавала хьо хьайн Ненах. Маьрша г1ойла!

Мовсар:  Маьрша 1айла, Ваша!


Сцена 8
Марям а, Мовсар а, Буолат а.
Нана:  Мовсар, хьо ц1а кхечи?

Мовсар:  Х1аъ. Со ц1ера араваьлчулт1ехьа вайгахь хилла-лелла х1умма дуй?

Марям:  Далла бу хастам, х1ума дац! Са ма гаттаде ахьа. Вайгахь довха хингалш ду дина. Маса, куьйгех хи кхарзий, охьа хаа. Шелдалле даа деза вайшим уьш. Схьавола!

Мовсар:  БаракаЛлах1, Нана, со меца вац.

Марям:  Мовсар, х1ума-м ца хилла? Дийцахь суна! Хьуна хаа ма хаьи со хьайх кхетар юйла!

Мовсар: Х1а-х1а, Нана…Х1умма ца хилла…Со ахьа пурба делча, чу вахана, жимма д1атевжура вара…

Марям:  Нийса боха ахьа. Дера, к1адвелла а хира ма ву хьо… Хьо цхьаъ ма ву вайн кертахь мелдолчу г1улакхана д1ахоьттина 1аш… Мовсар, сан жима к1ант, сан къе дакъа! Сан дега йовхо, сан сатийсам! Суна Дала дина совг1ат ма ду хьо! Х1ун ду те хьан жима дог човхинарг? Я Аллах1, доьху аса Хьоьга, уьхь1аьржонах а, харцонах а ларделахь тхо! Сан жима Мовсар, 1алашвелахь массо а вуочунах дуьненахь а, эхартахь а!

Буолат:  Де дика хуьлда, Деца!

Марям:  Марша вог1ийла, Буолат!

Буолат:  Деца, муха ду хьал-де?

Марям:  Далла бу хастам, дика 1аш ду тхо. Шоьгахь х1ун ду, да-нана, йижарий х1ун деш бу? Со ледара йолуш 1аш ю-кха хьуна, ва-Дела аьлла, цигхьа д1а яра ца нислуш… Х1инца-т1аккха йог1у бохуш сайн хьоме мехкарий болче, цхьацца совг1ат а дохьуш!

Буолат:  АлхьамдулиЛлах1, Деца! Дала дика кхоба. 

 Марям:  Буолат, са парг1ат дац сан... Дагт1ехь сингаттам бу… Буолат, хьо Мовсарна ваша санна ву, хьуна хууш хир ду аьлла хета сунна цуьнца дериг… Алахь соьга, х1ун ду те цуьнан иштта дог дохинарг?

Буолат:  Деци, са ма гатде! Со тешна ву, вуон х1ума хилла хира дац аьлла! Т1акъа иштта дацахьара суна хууш хира дара. Мовсар ша стенгахь ву?

Марям:  Иза чу вахара, жимма сада1аволу аьлла…

Буолат:  Делахь, со жимма 1ийна юха вог1ура ву. Вуьтар ву вай иза парг1атехь…

Марям:  Дика ду, Буолат. Маршалла д1алуо чохь.

Буолат:  Iадика йойла, Деци!



Сцена 9
Марям а, Мовсар а.
Марям:  Мовсар, садаь1ни ахь?

Мовсар:  Х1аъ. Садаь1и аса, Нана.

Марям:  Схьаволахьа, суна уллехь охьа хаа. Буолат веанера. Хьо хьецавеш, д1авахар иза.

Мовсар:  Нана, ахь самагатделахь, дика дуй? Со ц1къа хьоьга вистхила лууш вара… со дийцина валлац, парг1ат ладог1алахь!

Марям:  Мовсар, со ладуг1уш ю хьуна.

Мовсар:  Нана! Тахана, хица хьалавоьдуш, цуо бохьуш 1аж гина, иза схьаийцира аса. Нана, цуьнан мел хаза бос бара, хаьи хьуна?! Сан ойла д1айаьхьнера цуьнан хьожано!... Айса иза кхаьллинчулт1ехьа дагадеара суна хьан весеташ…

Марям:  Маржа я1, Мовсар… Кхи-д1а х1ун дира ахьа?
Мовсар: Хица хьалаваг1ча, ц1хьана бешахь гира суна и 1ожа дитт. Цхьа воккха стаг аравелира. Аса со вовзийтира цунна. Т1аккха, айса беана некъ бийцира.
Марям:  Х1ун элира цуо хьоьга?
Мовсар:  Цуо шен к1ента йо1 ю боху жимчохь, боьрдах дахна, да-нана делла йисина. Заь1апа ю боху иза. Са гуш, я мотт хуш яц. Куьг-ког лелаш а яц. Цунах шен х1усам-нана ян резаверг суна каравахь, ша къобалдийра ду боху дехар. Нана! Со и дакъа нахе кхийдо йиш йолуш вац! Хьо соьха кхети, нана?!…
Марям:  Ва сан Дели, хьуна гуш ду-кха сан дог! Ма оцу декъе сатуьсуш кхиийна вацар аса хьо, Мовсар! Я Аллах1, хьуна г1оли хаьа оха лелон дезарг!  Мовсар, хьуна ма-гарра, и воккха стаг хира ма ву могуш воцуш. Т1къа заь1апа берана мел накъост оьшу…
Со мел ю, аса лелора ю и йо1. Амма со д1аяьллча, хьан лелон дезар ду. Кхи х1умма ца хилча а, Делера ял хира ю-кх вайна…

Мовсар:  Нана!

Марям:  Мовсар, аса хьайн лаамант1ехь вуьту хьо. Хьан Да схьавалахьара, цуьнан лаам изза хира бара аьлла тешна ю со. Т1къа х1инца, со вайн ц1ийна хьалхара нахана  т1е г1ура ю. Лелон дезарг, там-мах д1а а даьрзийтина, ахьа хьайн накъости бохуьйтура бу и йо1 схьаяло. Буолатан йише со йистхира ю хьуна. Хьомениг, самагатделахь! Вай Дела карахь ду хьуна! Дала 1алашвойла хьо!

Тайпана хьалхара наха, халкъана юкъахь лелаш долу 1адаташ а, г1илкхаш а лардеш, хила-ма-деза дерзийра захалонца дерг. Амма, Маремас цхьа х1ума хьахонза дитира. Йо1 заь1апа хилар хьулдира цуо. Мовсара шен тешаме накъостана Буолатана хаийтира иза.

Сцена 10
Ваша а, Буолат а, цуьнана йиша а.
Булат: Де дика хуьлийла, Ваша!

Ваша: Марша дог1ила шу а! Схьагарехь, суна хууш ду шу хьенан ц1ийнах ду а, х1ун эцна дог1аш ду а. Чоьхьа довла. Шу лардеш ду аьлла хета суна цу чохь.

Булат: Ваша, цу чохь ма яц йицина йо1!

Ваша: Цу чохь иза бие яц хьуна! Чоьхьа вала хьо а.
Булат: Я Аллах1, со кхеташ вац… Т1аккха иза муха хуьлу?

Ваша: Жима къонах! Дуккха а хан ю со кху дуьненчохь вехаш волу! Сайн б1аьрг хьоьжушболчура, лууш вара со жима Пет1амат оьздачу х1усаме нисъяла а, цуьнан дахар ирсе хила а. Аса элира иза б1аьра са а, лера са а, доцуш йу. Иза дара цуо цаоьшуче б1аьрг хьежор бац, г1уллакх доцчуьнга ла доьг1ура дац бохург. Иза лелар яц нийса боцчу новкъа, цуо куьг кхийдор дац цаоьшуче. Пет1амат суна хьалха, хила ма дезара ийман а долуш, ц1ена дог а долуш кхиъна ю. Т1къа х1инца-м вала а хала дацар! Маьрша дехийла шу! Дала т1аьхье беркате йойла вайн!

 Нус йалайар. Буолатан а, цуьнан йишин а, хелхар.


Рецензии