В лунном свете

БЕТТАСА



КИНОСЦЕНАРИ
БЕКСУЛТАНОВ МУСАН КЪОЛАМАН ЙОЗАНАХ ПАЙДА ЭЦНА







 
 





СЕНТЯБРЬ, 2014 шо

1. ЕХТ. ГУЬЙРЕ. ОЛХАЗАР-К1ОТАР. 1УЬЙРЕ. ЙОККХАЧУ СТЕГАН КОВ-КЕРТ.
ТИТРАШ: НАХЧИЙЧОЬ. ОЛХАЗАР-К1ОТАР.
Малх д1абузуш бара. Йоккха стаг буйнахь хьаьжк1а тамарна т1ера йоккхуш яра, котамашна юург таса. Цуьнан т1едачу б1аьргаш чохь з1аьнарш ал басахь соьцура. Кхуьнан кет1ара ков доьллуш г1овг1а елира. Цхьамма суьйре дика йира кхуьнан:

К1ант
      Баби, суьйре дика хуьлда хьан!
Х1ара д1ахьаьжира, б1аьргех йовлакх а хьокхуш:
Зараъ
      Диканца дукха вехийла, Далла а везийла, 1умар…
К1ант д1асахьежа х1оьттира цхьана юкъана.

КАДРАНА Т1ЕХЬАРА КЪАМЕЛ:
Иза лулахойн к1ант вара, 1умар. Ц1е кхуо, йоккхачу стага, Зараъа, тиллинера цуьнан.

Зараъ (елалуш)
      Тпу-тпу-тпу, б1аьрг ма хила цу дашочу коьртана.
К1ант
      Баби… со хьуна гучувала веънера, со кхана…
Цхьа дозалла гора цу к1ентан леларца а…
Зараъ
      Дика ду-кх, хаза ц1ена чкъор хилла-кх хьан коьртан…
      Схьахилал юххе, цхьа барт баккха Бабис шен к1ентан
      коьртах!               

  (Т1АЬХЬЕ Ю)

                (Т1АЬХЬЕ Ю)
К1ант(юххе т1е а хуьлуш)
      Со кхана д1авоьдуш ву, Баби, арме. Цундела ма баьшна
      ас корта… Хьа-хьа-хьа…
Зараъ
      Х1а-ан… арме… Арме-а?
Зараъ дагалецамаша, 1ана дахана хи санна д1аяхьира.


2. ЕХТ. ГУЬЙРЕ. ДЕ. ОЛХАЗАР-К1ОТАР. ХИН ХЬОСТА.
Шовдана т1едог1у г1аш-некъаш. Хи эцна йоьду цхьа йо1. Иттех шо долу к1ант ву жайна доьшуш 1аш. Ша 1аччохь лесташ ву иза. Цунна гонд1а «говр» хоьхкуш, го туьйсуш хьийза, цулла жима хир волуш кхин цхьа к1ант а. Эса-бежана ду дежаш; ж1алин латар а хеза. 1умар хийистехь, аьрру куьг хаьнт1е а х1оттийна, аьтту куьйга шед а ловзош лаьттара, детица кхелина шаьлтий-доьхкий а долуш г1одаюккъехь. Иштта хит1а йог1ура Зараъ а, шеца цхьана цу юьртара йо1 а ялош. 1умаран догу б1аьргаш стелахаьштигах уьдура кхуьнан дег1а т1ехула.

КАДРАНА Т1ЕХЬАРА:
1умар Зараъна дуьххьара Олхазар-к1отарахь, ловзаргахь гира. Кхуьнан вешин зуда йоссинера цигахь. Х1ара нускалан накъост хила яхнера. Зараъ шена хаалушшехь кхуьнга б1аьрг та1ийра цо, вела а къежна. Моьттура дара, х1ара 1умарна шарахь евзаш ю. Зараъ цхьайтта вешин йиша яра. Цундела санна кура а яра х1ара. Ц1е йоккх-йоккху к1ентий оьхура Хилдехьа, кхуьнца ирахь 1ен. Уьш Дишмахкара а, Ведучуьра а, Ч1инхара а, Т1ерийчуьра а, Хьалха-Мартант1ера а бара. Зараъа хийла ладег1нера захалошка. Цхьаьнгга а маре яха сацам а ца бинера. 1умар шолг1ачу дийнахь хит1а кхайкхира Зараъе. 1умар тем боцуш, алу санна стаг вара.
ЗАРАЪ
        Де дика хуьлда хьан…
   (Т1АЬХЬЕ Ю)

(Т1АЬХЬЕ Ю)
1УМАР
        Дала сий дойла! Марша а йог1ийла, генара хьаша!
ЗАРАЪ
        Хьошалг1а ях-яханчохь захалонаш дуьйцуш леллехь 
        сан де ц1е Хазин Хаси хир яцара хьуна, 1умар.
        Ахь сайна т1еяийтинчу хьан юьртахочунна гергахь хьо
        юьхь1аьржа ца х1отто еъара со. Сан де ц1а
        Хилдехьа ду хьуна.
 
1умар, халла хозуьтуш велавелла, шен динан коьрта т1е куьг а тоьхна:
1УМАР
        Вайшимма лехнарг карий-кх вайшинна, 1аьржа Б1аьрг.
Говро, гаьллаш а 1уьйшуш, аьтту коган берг сихха лаьттах етта йолийра, бай а бохош.

3. ЕХТ. 1УЬЙРЕ. ЙОККХАЧУ СТЕГАН КОВ-КЕРТ.
1уьйре яра. Йоккха стаг ц1ийнан дечиган ламин т1ехь 1ара. Кхуьнан б1аьргаш т1уьна хилар совнаха, гонд1а дерг гуш а дацара. Н1аьна шен «къамел деш», кхуьнан когаш юккъехь лаьттачу кедара хьаьжк1ин буьртигаш котамашна д1асатуьйсуш йоллура. Кхунна уьш ган а ца гора.
Йоккхачу стеган б1аьргаш т1ехь(кр.пл.)хит1ара сурт х1уттура, 1умар а волуш лаьтташ шен говранца.

4. ЕХТ. 1УЬЙРЕ. ХИЛДЕХЬА(К1ОТАР). ХИН ХЬОСТА.
Ломара суьрташ (панорама). Уьстхий (говраш, бежнаш) лаьхкина вог1у цхьа ши жимха. Хин йистехь лаьтташ 1умар а ву. Зараъ а ю т1ейог1уш, шеца кхин цхьа накъост а йолуш.

(Т1АЬХЬЕ Ю)

(Т1АЬХЬЕ Ю)
КАДРАНА Т1ЕХЬАРА:
Шен юьртахь кхин хийисте ца кхайкхира цо кхуьнга. Юха, Хилдехьа д1а а кхаьчна, буса доккха ловзар х1оттийча, 1умар чоьхьавелира, салам а луш. Вуткъа-лекха, богуш 1аьржа ши б1аьрг а болуш. Зараъ х1етахь дуьххьара кхераелира боьршачу стагах. Кхунна хиира, и ши б1аьрг шен дагчохь гуттар а богур буйла, сийна алу хилла… Ловзар д1адоьхча, шен х1усам да а лаьцна, 1уьйранна стаг ваийтира 1умара, кхуьнга юьртарчу хьостане кхойкхуш.

ЗАРАЪ
      Суна-м хьо, сайнчул к1езиг боцуш, вежарий а болуш, хьайл
      къона да а волуш ву моьттура, 1умар. Хьо хьайн ненан цхьаъ
      бен воцу к1ант хилла. Цхьаъ бен воцу к1ант вистхуьлуьйтур
      ву аьлла,дагахь яцара со, къинт1ера ваьллехь!
1УМАР
      1аьржа Б1аьрг! Хьуна хезий цу йо1а дуьйцург?
      Бертаза хьо вашимма иза?
ЗАРАЪ
      Сан к1удал чуьра ахь 1анийна т1адам хьайн
      коьртан мах х1отторах ларлолахь.
1умар церга т1ера балда дадош велавелира, мекхех дайн куьг а хьокхуш. Кхид1а кхушиннан планаш хир ю.
 
КАДРАНА Т1ЕХЬАРА:                Зараъа х1уьттаренна дуьйцура цуьнга и х1умнаш. Дуьйцура, шен иза везавелла ца лалуш, иза йохье ваккха, къарван, цуьнга доьхуш санна: «Зараъ, йолахь соьга»,- алийта. Т1аккха цунах а ца яша, кхечарах а санна. Х1ара ша шена оьг1уз оьхура, ойланийн тай хедара юкъ-юкъара. Амма дагахь кхин дара: яха лаар. Ша цуьнга атта г1ур йоцийла а хаьара кхунна. Муха г1ура яра цуьнга, оццул болу къонахий д1а а теттина! Кхуьнан наха х1ун эр дара, да а, ваша а воцчу буобере яхча!
(Т1АЬХЬЕ Ю)

(Т1АЬХЬЕ Ю)
Т1едог1уш дерз а долуш, таь1на де дара 1умара х1ара д1айигна де. Ца йигира ядийна-м, нахана гергахь бен. Кхунна дагахь а доцуш, дош даьккхина йигир-кха, хит1а еъанчигара. К1удал-м хих 1енаш йисира, дуьненан меххал язъелла…

5. ИНТ. ДЕ. ОЛХАЗАР-К1ОТАР. 1УМАРАН Ц1АХЬ.
Цхьацца чуьра г1уллакх деш ю Зараъ, 1умар поднар т1ехь хиъна а 1аш.
КАДРАНА Т1ЕХЬАРА:                Шолг1ачу дийнахь арахь г1овг1анаш евлча, шен вежарийн аьзнаш девзира кхунна. Т1аккха кхуьнан дег1ах шийла ц1е летира, буто шо боьссира кийра. Уггар хьалха воккхахволу Изновр а волуш, чоьхьавелира кхуьнан цхьайтта вешех кхоъ.
Камеро ехха не1 ларйийр ю. Буьрса чу бог1ур йоь1ан вежарий. 1умара цаьргахьа букъ берзийра бехк лаьцна.

6. ИНТ. ДЕ. ИЗЗА ЧОЬ.
ИЗНОВР
     Кхера-м ца велла хьо, к1ант! - деро кхоьссира Изновра. -
     Везчу Делор, бакъ ма дара, я хьан ков, я не1 ч1аг1йина суна
     карийнехь, сайн йиша ц1а юьгург хилар, хьуна дан хьакъдерг
     а дина. Ахь йига а мегар ду йо1, да паччахь цуьнан хиларх!
     Дала декъал дойла шу.

7. ЕХТ. ДЕ. СУЬЙРЕ. ЦУ КЕРТАХЬ.
Зараъ кертара дезарш деш ю. Дехьо д1атесна говр ю гуш.

КАДРАНА Т1ЕХЬАРА:                Ши бутт кхача нийсса кхо де т1аьхьа а долуш, 1уьйранна вигира 1умар т1амт1е. Шена т1аьхьаоьхучу нахаца генна ша охьаваьлча, юхахьаьжира 1умар. К1ху шиннан хьажар вовшахкхийтира. 1умаран б1аьргаш х1етахь а догуш хийтира кхунна.
(Т1АЬХЬЕ Ю)

 (Т1АЬХЬЕ Ю)
Ц1енна гено хьокханах д1атесначу 1аьржа Б1аьргана улло д1а а йоьдий, голаш мара а юхкий, йоьлхура х1ара. Корта охьа а уллий, къонах санна, тата доцуш, йоьлхура говр а. Х1ара марнанас чуюьгура.
8. ЕХТ. ЦИГГАХЬ. ИЗЗА ХАН.
 МАРНАНА
      Оцу хьайбанах мукъа а къахетахь, ма елхаехьа говр.
Марнана ша а ю б1аьргаш т1ундина.
КАДРАНА Т1ЕХЬАРА:                Ворх1 бутт баьлча цхьа кехат цуьрг еара, 1умар велла бохуш. 1умар ца веллера. 1умар лийр а ма вацара. 1умар муха ле? Кехат х1ун ю, стагца юьстича! Т1аккха кхунна хиира, 1умар санна волчу къонахчух йисина ша санна йолу зуда маре яхча, дуьне дерриг ца дохахь а, нийсса ах духур дуйла.
 
9. ЕХТ. СУЬЙРЕ. ЙОККХАЧУ СТЕГАН КЕРТАХЬ.
Йоккха стаг, хьала а г1еттина, д1айолаелча, ког бертал 1уьллучу кедах кхийтира. Кад схьа а эцна, чуяхара х1ара.

10. ИНТ. СУЬЙРЕ. ЦИГГАХЬ.   
Стогар латийра. Т1аккха дагадеира 1умар арме вахар а.
КАДРАНА Т1ЕХЬАРА:                Х1инцца, цхьа пхи-ялх шо долуш, Абраила(кхеран лулахо)цхьа гуьржий валийра шеца. Иза 1умарца т1амт1ехь хилла хиллера. И шиъ, къамелаш деш 1ашшехь, йоккхачу стага яхна кегий нах балийна, ша кхобуш йолу кхаа шарера старг1а ейтира.                1умар, йоккхатоп тоьхна, цхьа г1ог1 а доцуш, «х1ух1» олуш, наггахь сиха са а доккхуш, 1а бохура, нохчийн маттахь цхьаъ дуьйцуш, наггахь «Ля илях1а иллаллах1» хазош. Юха шолг1а кхеттачо 1умаран белшаш аьтта д1аяьхьнера.               
ЙОККХА СТАГ
     Эх1! Корта д1абахна-кх сан! 1умарин нене йист а ма ца
     хили со, и к1ант арми вахаран хьокъехь. Юха саг1ийна х1ума
     а, х1аъ…                (Т1АЬХЬЕ Ю)
(Т1АЬХЬЕ Ю)
Йоккха стаг цу к1ента нене йиста а хуьлуш аьлла, саг1ийна х1ума яла араелира. К1айн саг1а схьийцира кхо. Юха ара яьлча, стиглахь беттаса гира. Хаза, ц1ена, шера, гутаренна а генахь дисна, шийлачу буьйсанан генара беттаса.
               
11. ЕХТ. ИЗЗА УЬЙТ1Е. АРЖЛУШ. БЕТТАСА.
ЙОККХА СТАГ
     Маржа беттаса! цкъа мацах сан ирсах цецдийлла, куьг
     кхоччехь кхаьзна, юха т1аьхьа гена долуш, шеллуш,
     д1адайна хилла беттаса…

Йоккха стаг йолуш гена йолу…


титраш


 къиямат


Рецензии