Ц1ен-Берде
Ц1ЕН-БЕРДЕ…
поэтически драма
Дакъалоцурш:
Гадаев Мохьмад-Салахь Шура - цуьнан зуда Казбек - цушиннин к1ант Малика - Гадаевн т1аьххьара безам Сайхьат - Маликин гергара йо1 Заманхой - 4стаг Виниамин Христафорич - набахтичуьра лор Александра - 1илманан-талламан институтан белхало Георгий Эдмундович - Шурин лулахо Гадаевн ц1ийна нах: 1-ра стаг 2-г1а стаг 3-г1а стаг Канташ Йоккхастаг Илланча (тобанца) Кхинболу нах
1 дакъа
1сурт
Ц1ерпоштан мохь. Схьахаза йолало «т1урненера г1ов». Ц1ерпоштан мохь. Кирхьа д1асаузу. Цунах терра мукъаман хазар а д1адолало, г1ийлла. Нохчийн кехат-пондар, 1адхьокху пондар (скрипка), шедаг. Луч тухий гучуволу 1-ра заманхо:
Чурт санна, лаьтта со
Г1ум-Азин арахь,
Тянь-Шанан лаьмнашка
б1аьрг тоьхча, кийрахь
Генарчу Даймехкан
сурт х1оттало,
Малхбузе мел хьийжи,
дог 1ийжадо.
Малх, буза бегийна,
рег1а лахбелча,
Суьйре а, даш санна,
сайна язъелча,
Ойлане дарц даьлла,
со айъавелча,
Даймахка вуссу со,
Я Залжалала.
Бераллехь хьийзинчу
даккъашка вуссий,
Лаьмнашка, арешка
г1ийла б1аьрг кхуссий,
Х1иттинчу б1аьргаш чу
сирла хиш дуссий,
Даймахке хьоьжу со,
Я Залжалала.
Тезетехь техкаш го
вайн бошмаш, хьаннаш,
Г1айг1анех юьзна го
тог1енаш, 1аннаш,
Дайн кешнаш доьхначохь
упханийн аннаш
Хьулдан да воцуш го,
Я Залжалала.
Вай дина ярташ го
тишъелла, г1ийла,
Го сирла шовданаш
дай боцуш мийла,
Вайн хьомсар ков-керташ,
каш санна, шийла,
Сов ирча карайо,
Я Залжалала.
Т1аккха со, дог духий,
аьрцнашка волу,
1ийжачу кийрара
мохь – ц1ог1а долу,
Яьссачу тог1еша
соьца мохь олу,
1адавой, воьрзу со,
Я Залжалала.
Чурт санна, лаьтта со
Г1ум-Азин арахь,
Тянь-Шанан лаьмнашка
б1аьрг тоьхча, кийрахь
Генарчу Даймехкан
сурт х1оттало,
Малхбузе мел хьийжи,
дог 1ийжадо.
2-г1а Заманхо –
«Со вина борз уг1учу ламанан 1ин чохь, Эндаже лечарчий, ижунна дуьйлуш, Суьйренца хьийзачохь, буьрса аз кхуьйлуш; Вина ч1у ца баллал луьстачу хьуьн чохь, Лаьттан тхов тиллинчу тишчу тхайн буьн чохь – Дада сайн ваьхначохь, ...»
1909-чу шеран 10-чу декабрехь Нажин-Юьртан к1оштара Чуьрч-Ирзе юьртахь дуьнен т1е ваьлла т1ахьа г1арваьлла волу нохчийн байтанч, дешан а, меттан а говзанча, яздархо, 1илманча, ойланча, карзахе са, ч1ог1а са маьрша адам - Гадаев Мохьмад-Салахь. И тера вацара бераллехь дуьйна а шена гонаха бехачу нахах. «Шен» аьлла цуьнан х1умма дацара, цо цунах мах бинера шен къоман дуьхьа долчуьнца:
Цунна ца хаьара «ваха ма-веззара» ваха. Цунна ца хаьара ларвала к1езгачу нахах.
И дика кхеттера, лаьтта ког баьккхича дуьйна,
Ша цхьаъ бен вацахь а, шецанна шен бакъдерг дуйла.
Цо некъаш гездира, ца дойуш шен деган х1айкал,
«Нохчийчоь» боху дош ворх1е а 1аьршашкахь кхайкхош.
И воьлуш, воьлура массо а воьлучу дийнахь,
Даймехкан къина и воьлхура х1оранца кийрахь.
Цунна ца хаьара, къонахий кхуьучу махкахь
К1иллой а бекхийла массо а векхачу малхах.
Вожа ца вуьйжира, т1аьххьара г1аьттира иза,
Массо а заманийн теш хилла, халкъалахь виса.
Цкъа тоха-м велира, мел динарг к1езга а хетта,
Седа а буьйхира, къонахчун б1аьштигах кхетта.
Гадаевн бераллехь хьерчар сов алсам дара доллучу 1аламца. Иза, дукхахверг, 1аламца йолчу уьйрашца вехара. Буха а ца вуьсуш, кхоа а ца луш, ша верриге д1а чу ваьржинера иза цу 1аламна; цуьнан ойланийн тачанаш даьржинера ламанца, 1аннашца, боьранашца, хишца, хьаннашца, олхазаршца. Хала дара царех муьлхарг мила ву къасто, сов ирсе ша хетарг: я 1алам, я Мохьмад-Салахь.
«Х1етахь жимчу сайн кхетамо соьга
Шабаршца олура: «Хьол ирсе хилла
Д1а мила воьрзур те, каш чу дег1 дилла?
Хьайн г1оддах хьо 1алам дезарца вогу, Ткъа иза а дац хьоьца нахарттал шога, Хьоьсту цо денна хьо, барамах тилла;
Декарха девзара олхазар сунна, Ц1ийзарах, уг1арах - акхаройн васташ, Озе ладугг1ушехь, дора ас къаста».
3-г1а Заманхо – "Ц1еххьана, амма шех тоьшуьйтуш, кхиъна ваьлла байтанча волуш веара Гадаев Мохьмад-Салахь нохчийн литературе". Цо дукхха а жанрашкахь сутара къахьийгира. Амма шен пох1маллин лакхене иза къаьсттина байтанча а волуш кхечира:
Т1аьхь-т1аьхьа ч1аг1 а луш, орцахь г1ов ду. 1арж-1аржалуш, мархаш а сихъелла керча, Лах-лахлуш, аьрцнийн уьш к1уьнцалгех хьерча, Наг-наггахь кхоссалуш лайн чим а бу.
Дарц дала-м доллура, шеко а йоцуш, Даьлча а дацара керла иза-м.
Композитор хилча изза сурт х1отто, Аьрцнийн цу декарах эшар йича, Цуьнга ладог1архьама, говрахь-г1аш доцуш, Некъ хилар, цахилар чоьте ца лоцуш, Ваьлла д1аг1ур вара, доцуш «мича?».
Бакъду, шен ерриге хан литературиний, 1илманний д1аяла дагахь волчу Мохьмад-Салахьна доьг1на ца хиллера, дерриге нохчийн къомана а санна, шен ц1ахь, юьртахь, ков-кертахь, шен дайн махкахь ваха а, къахьега а. Иза къастийра шен сих са ийначу 1аламан доьзалх. Нуй хьаькхна, нуьцкъаша шен махкара арадаьккхира нохчийн къам. Цуьнца Даймехкан тешаме во1 - Гадаев а. Халкъан мостаг1чунна ц1е тиллина волу иза Киргизе д1авигира. Оцу т1ех хала даьхкинчу шерашкахь набахти чу воьллира иза дуьххьара. Делахь а геналлин йохалла 1аламна дуьхьало яцара Байтанчин син узам шегахь кхаба: хуьлий цкъа б1аьрхиш, т1аккха - цуьнан дешнийн мукъам, шех сатийсаман 1еха хуьлий, даг чу хьаьрчара цунна и.
Назма
«Х1ара зама ю шуна цо х1етахь ялхийнарг,
Х1ун хир те г1ийлачу умматах бохуш.
Шафа1ат дехалаш вайн Делан Элчане,
Вай Деле дехалаш, х1ай динан вежарий.
Далла т1евирзинарг декъала хилла,
Делах д1ахьаьвзинарг дакъазаваьлла,
Эхартан заманаш т1екхаьчна евли,
Делаца ларло вай, х1ай динан вежарий.
Юрт юьтуш, юьртаха къаьстина 1уьйре,
Дин доцчу ох1лано йохийна 1уьйре,
И юьртан тхьамданаш г1елбина 1уьйре –
Декъала делахь тхо, ва Везан Дела.
Вежарий вовшеха къесточу дийнахь,
Да, нана, доьзалаш къесточу дийнахь,
Йижарий вежаршка кхойкхучу дийнахь
Ма доьхна хьаьвзира, ва Везан Дела.
Езарах, т1екхочуш парг1ато яц-кха,
Кхайкхарах, схьах1итта тхьамданаш бац-кха,
Дехарша духадоьрзор рицкъанаш дац-кха – Тхо парг1атдахалахь, я Аллах1 Дела».
Александра ю синтем байна д1асалелаш. Лор чуволг1у, йо1ах б1аьрг кхетий, шен вицваларна бехкала воьдий, д1а мохь туху.
Лор - Гадаев схьачуваийта! ( Набахти чохь йолчу не1арша деш долу г1арт-г1ирт хеза).
- Гадаев, ас хьоьга хьахийра, х1ара 1илманан-талламан институт белхало ю, Александра. Цхьа 1илманан болх бу кхуьнан язъбеш. (Пауза) - Александра! Де хьайн хаттарш…
Александра – Мохьмад-Салахь, хьо ваьхначу махках - Кавказах лаьцна дийцахь. Хьуна хезна хир ду, Гегель аьлла долу дешнаш: «Дуьненан цивилизацин ч1аг1ялар д1адоладелла Кавказски къам кхиадоладаларан некъат1ера», - аьлла. Иштта хууш ду Пушкинан а, Лермонтовн а, Лев Толстойн а кхолларина - Кавказо т1е1аткъам бина хилар. Хьо цу махкахь вина ву, кхиъна ву. Хьуна - поэтан, 1илманчан - муха гина иза? Дийцахь.
Сихлуш вац дийца, амма дош дуьззина схьаолуш ву Гадаев.
Гадаев – Дийца боху ахь... Денана яра сан, Уммат бохуш. Б1е шо сов хан а йолуш, хене хьежна йоцуш дика могаш а йолуш (ас «Нана» олура цунах).
«Са ма тоссура хьалаг1аьттина, малх кхетталц арахь левзинарг - ялсманехь хир ву», - дара цуьнан соьга олуш. Со хьалххе г1аттийта лууш хуьлура иза. 1уьйранна, уггаре унах ц1енчу муьрехь 1аламан хазчу суьрте соьга тидам байта.
Ас бан а бора т1аккха тидамаш. Со ца кхочуш меттиг яцара, суна ца хууш экхан-олхазаран бен а бацара цигарчу басошкахь. Дийнахь хьовха, буса а хуьлура со цу бердашкахула, хьаннашкахула кхерсташ - бух1анашка хьажа г1ерташ, цхьогал-борз ган лууш. «Кхерар» девзаш а дацара: Нанас аьллера, кхера х1ума дац. Ткъа Нанас аьлларг - шеконехь дацара, и х1уъа делахь а.
Уллохь ловза бераш цахиларна хир дара и, ойланаш а йора дукха. «Б1аьста мичахь 1а те 1а?» бохучунна т1ера д1а: - Нана! И седарчий муха летийна оцу стигланах? - Хаац. - Дуьненан йист мичахь ю те, нана? - Ян а яц. Х1ора х1уманна а «х1унда?», «муха?» хаттар х1уттура сан, бахьанех а, кхиаран некъах а кхета г1ерташ. Цхьадолчех со кхетара. Цхьадолчех нанас кхетавора. Амма «дуьненан йист» а, седарчий» а...
Цхьа башха сахьийзара. Велххал. Стенна хьийза а ца хууш. Хьуьлла генахь гучу аренашка д1аваха лаьара. Суьйренца, 1уьйренца - ц1ерпоштан мохь хезара. Г1ийла. Гуттаре г1ад-амал довра т1аккха, д1ахьада лаьий. Ганзадерг ган лаар, довзанзадерг довза лаар хиг хир дара и. Ткъа довза лууш дерш дукха дара х1етахь. Нана дещна йоза хууш хиллехь, астраномих долу 1илма 1амо деша вохуьйтур вара цо со. Х1инца суна атта а хир дара сайн космогонийх йолу «Дуьненан сурт» теорина т1ехь беш болу талламаш д1абахьа.
Александра - Хаза сурт х1оттий ахь. Хьан дешан исбаьхьаллин дуьне шатайпана бос болуш ду. Х1инца мелла а кхеташ ду, хьан космогонически процесс ган г1ертар а, астраномехь а, философехь а болу хьан 1ильман лиэхамаш а. Дуьненаш кхолладаларан а, кхиаран а, кхалхаран а некъ ган г1ерташ хьоьжу хьо исторически процессе а. Карур дуй те кху хьолехь? Ас бешна хьан белхаш. Цундела ю со кхузахь.
Гадаев - Талламаша гойтур ду-кх... Кавказ, ахь хьахийна йолу - Кавказехь, хьалха, и цхьаннах а йозуш йоцучу хенахь - къаьсттина нохчийн къоман, - муьлхха а доккха-деза х1ума: гулам-кхеташонехь къастош хуьлура. Х1инца и г1уллакх кухни чу, пешахьалг1а дирзина. Хьалха шуьйра, хьена аренаш а яра; яккхийн, луьста хьаннаш а яра тхан - х1инца т1уг-лам бисна, коьллийн кондаршбен а ца йитна. Хьалха - йоккха Кавказ яра, ткъа х1инца - «йоккха коьллинков» - ала бен дац. Ас-м ца бог1у и вон ду. Долуш долу хьал дуьйцу-кх. Пушкин-заманахь паччахьан Россий яра, х1инца советан йоккха паччахьалкхи ю. Х1инца д1айоьдуш кхин прогресс а ю: машенийн, техникийн кхиар. Цуьнан, цхьанааг1ор шен бег1ийлаш а ю.
Александра - Т1аккха, алахь: набахти чохь ахь йоккхачу ханна хьан кхолларин белхашна т1е1аткъам биний?
Гадаев - Суна хетарехь, ца бина, ас язйина цхьа байт маршоне сатесна кхоллаелла елахь а.
Лор – Тоийтий, вай, хаттарш!
Александра - Кхин цхьа хаттар: набахтихь лан уггаре халаниг х1ун ду хьуна?
Гадаев - Массо а цхьацца х1уманна т1ехь шен лет1къамаш беш караво: хьал дерг, шен таро ца тоьуш, важа, шен чорпи чохь - гарза к1езга хеташ. Суна цадезарг - адаман сий лахдар ду.
Александра - Кху сохьта хьуна уггаре мехалниг х1ун ду?
Гадаев - Х1ара карара хан ю-кх «механза»: х1унда аьлча, вай х1окху карарчу хена чохь къастош дерг вешан эхартахь хиндолу дакъа долун дела.
Александра - Таханенна тоьур ду суна кхуьнан жоьпаш, Виниамин Христафорович.
Лор - Мегар ду. Х1аъ, Гадаев, и хан дера ю вайна ца тоьург.
Гадаев - Стенна боху ахь иза?
Лор - Мел кхиар делахь а, цунгахь г1орасизалла-м ю дуккху а долчу х1уманна т1ехь. Хьан цамгаро кхоа ца во хьо. Анкологически лазар ду хьуна дерг. Я лоьрийн а, я кхиаран а дан х1ума а дац цу цамгарна, цкъачунна-м. Иштта ду хьоьгара хьал-де, тхоьгара хьал-де а, дог лаза бен доцуш.
(пауза)
Гадаев - Мел хан йисана сун, хьан барамехь?
Лор - Схьагарехь, дукха хан яц хьуна ваха йиснарг. И цамгар к1арглуш ю хьан, кху суьрташа схьгайтарехь, хьеран доккха дакъа д1алаьцна го цара.
Гадаев - Со кийча ву вочунна, делахь дикчунах дог дуьллуш а вац со. Дахар юьхьдуьххьал гуш хуьлу вайна, ткъа и довзар букът1ехьашха нисло (кхечу аг1ор аьлча, цхьа а х1ума нисдан йиш йоцчу хенахь).
Лор - Х1аъ, шен чаккхенехь бен цунах кхета а ца кхета. Цхьана ханна ду-кх массо а х1ума...
Гадаев - Шадерг гуонехь ду, рог1ехь...
Александра - (Ц1еххьана) Хьо толур ву хьуна... (юха шегара цхьа ледарло яьлча санна юхий хьовзу. Гадаев цуьнга д1ахьожу: шех къахетар кху йо1ана мичара даьлла бохуш санна. Иштта г1аддайна хета-те кхарна со, бохучу ойланехь). Хехойн буьйранаш (команды) хеза: - Ши куьг т1ехьа дилла, д1авало, саца, чоьхьа вала!
2 сурт
Гадаев шен камери чохь ву, ша.
Гадаев - Казбек, сан к1ант, тахана куьзган т1е ваьккхира со. Сан г1уллакх чекхдаьлла лери лоьро. И бохург ду т1аккха, вайшиъ кхин цкъа а гур вац бохург. Хьо хьайн да а воцуш вуьсуш ву бохург. Амма ахь ч1ог1а са ма гатде, сан к1ант! Делахь х1ета, иштта кхоллам хилла-кх вайн, къастадезаш, вовшийн довза а кхиале. Дукха х1ума лан дезар ду хьан хьайн дахарехь. Массо а х1уманах т1аьхьа кхетар ву хьо, хилларг хилладаьллачул т1аьхьа. Казбек, 1ожаллина юьхьдуьхьал хьаьжна 1уьллуш а волуш, со дехардан воллу хьоьга, хьайн г1ийла, дан амал доцуш, декъаза болу гергара нах д1а ма тасалахь. Дукха баланаш хьегна долу, дуьне ма-дду д1асакхийсина долу хьайн жима къам а диц ма делахь. Хьо – нохчийн къоман во1 ву хьуна, Дадин ц1арах а, Сайд-1алин а, Хасмохьмадан а, Сайд-Ахьмадан а, вукху бисинчеран а – хила ма-лаъара дика бацахь а, хьайн ц1ийх-ц1ий долуш гергара нах бу хьуна хьан уьш. Уьш боцурш хьан кхин т1аьхьа-хьалхавала стаг а вац хьуна. Нохчийчуьра хьо д1аводахь - цхьа хьан нана йоцчунна, цигахь цхьанна а везар вац хьуна хьо. Нохчи ма ву хьо, нана оьрси елахь а. Хьо цигахь цхьалха хир ву хьуна. Цхьалха хилар бохий ахь – шел сийдоцуш болх бац хьуна, дакъазалла. Варийлахь, ма г1олахь миччанхьа а д1а. Т1аьххьарлера а, дуьххьарлера а сан дехар а, весет а ду хьуна иза: варийлахь, ма г1олахь миччанхьа а 1ан-ваха д1а. Шурина, со кхелхиний хиъначул т1аьхьа, ч1ог1а луур ду шайн ц1а д1аяха. Цуьнан ойла цигахь лаьтта, лаьттар а ю, х1унда аьлча цуьнан ц1еранаш цигара болу дела. Ткъа хьан ма дац цигахь цхьа а д1а. Шен гергара нах болчу хьо д1авуьгуш, хьан гергара нах бицбеш, ша шен нах болчу йоьду, ткъа хьо хьайнаш болчуьра гена воккху. Цо ойла ца йо, иштта ша хьо хьан нахах воккхуш хиларан а, хьуо велла д1аваллалц хьо цхьалха вуьсуриг хиларана. Шура - хьан г1ийла, миска нана - хьан дуьхьа шен са а д1алурдолуш, хьо везаш йолу, кхеташ яц ша хьо х1аллакъхирволчу новкъа вуьгуш хиларх.
Салти (кулисашна т1ехьара) – Отбой!
Гадаев (мелла а лохха) - Х1ай, валар! – К1еззига сихделлий те хьо, Кхийдина ойланаш кхачале ле1а? Хьайн тарлахь, жиммалца 1ехьа, Витахь со декъазчу ойланна те1а. Со-м хезнаъ ваций, х1ай, Элчано баьхнарш, Къор1анийн к1оргенаш йовзанза ву; Аганан уьнт1ера упхане яьхьна Ойланаш йийшор а даьссаниг ду. Собарде, сих ма ло, гуонах ма хьийза, 1ахарна борз санна, суна ма ц1ийза, Суна сайн декхаршлахь адмалла го; Къаш летор къахьделла, мелан чам кхетта, 1азапийн бодано серло а етта, Девзинарг даржоргахь некъ гуш ву со. Ас мацах дуьйна схьа латтанаш хьешарх, Со-м 1аьршийн маь1дане кхачанза вай; Хьежийна г1елбелла б1аьргаш сан лиэшарх, Хьаьжна ган кхоьллинарш ганза ву, х1ай. Вахаран урдона х1ун луо ас т1аккха?.. Мелана х1оттийна х1оллам а бац. Со-м кхиънаъ ваций, х1ай, меле ког баккха, Мел боцуш вирзича, Далла а тац.
Собарде, сих ма ло, гуонах ма хьийза... Далла т1е воьду некъ дагца д1а бу. Коьртаниг муьлха ду? – Г1иллакх доцург хьарам ду, Ламаз а т1ехь: Г1иллакхца вола, бах, шена т1е Цуо. Декхарийн маххьаш бу х1ораннан гехь, Декхарех коьртаниг Г1иллакхехь гуо.
3 сурт
Александра - Ма са маьрша адам ду и нохчи стаг, цхьаннах ийзалуш вац, хабар цуьнан - мукъам санна даьржий хьан сиха хьаьрча. Хийрачу маттахь иштта мерза долу цуьнан и къамел, шен ненан маттахь, Днепр хи санна, ма-хецалой даьржа хир ду. Л.Н. Толстойс нохчийн маттах лаьцна аьлла: «Нохчийн мотт уггаре хазачух а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Дагахьбалам буьсу: йиснарг к1езиг хан хилар. Есенинан цхьа мог1анаш, деккъа - оцу нохчичунна яздина долуш санна, нисделла хета суна:
«Ва декъала хуьлда хьо даимна, Заздаьккхина, кхалха мел деънарг»
Лор - Ч1ог1а ц1ена а, баркалла долуш а стаг ву вай дархо. Шен долчунна леткъамаш бийр болуш а вац. Г1ала а вигна профессорна гойтур ву ас иза. Хьайна лаахь хьо а ян мегар ду хьуна цига. Хьайн хаттарш дан меттиг хир бу хьуна, мелла а маьрша.
Александра - Баркалла хьуна, Виниамин Христафорович. Ахь хаъала цецяьккхина со, хьо ч1ог1а дог дика долуш а, къинхетаме а карийна суна. Со декхарийлахь юьсур ю хьуна.
Лор - Цаоьшу, бехкала ма г1о. Цуьнан дуьхьа а до ас и. Цхьажимма цуьнга шен дог дастийта. Вайшиъ цецдуьйлуш ду цунах, ткъа иза леш ву, хеназа, ша вуйла а хууш.
4 сурт
Киргизехь. Кхузахь берш Гадаевн ц1ийна нах бу
1 стаг - Маржая1, Мохьмад-Салахь, хьайн мохь ца тоьуш, кхечеран мохь т1еэцна к1елависи-кх хьо.
2 стаг - Нахана динчух баркалла-м ца хуьла хьуна. Уьш мацалла ца балийта а г1оьртина, ша 10 шо хан эцна набахтичу ваха иза. Церан цхьанне а бала-м ца кхечи хьуна цуьнан.
3 стаг - Х1окху, совета 1едална, вайх дешна а, кхетам болуш волу а стаг а ма ца веза хьуна, мискачу стаге хьожург а б1аьргахь доллу дитт санна хета-кх хьуна кхарна. Дец-хьуна. Бакъдерг аьлча, Мохьмад-Салахь, шен боцу бехк иэцна токхуш ву набахтихь хан. Вайн дола хета бехкеверг д1авийца, иза хаьа а хууш цаьра пайда иэцна вайн амалех.
Канташ ц1авог1у. Салам ло, бухарчара схьаоьцу. Цуьнгахь цхьа ларч ю.
Йокхстаг - Ва, к1ант, х1ун дуьйцу арахь? Вай ц1а дог1уьйту ца боху?
Канташ - Кхузара вайн рицкъ кхача ма-диннехь, вай ц1а а г1ур ду-кх. Я кхеран карахь а дац-кха хьуна иза... Мохьмад-Салахьан аппеляцийх г1уллакх ца хилла. Москвара «Отказ» деана. Оцу цамгаро а ч1огг1а лаьцначух тера ду иза. Ц1е ца йоккху цамгар ю цунна. Лоьраша а шайн дан х1ума дац аьлла цуьнга.
2 стаг - Ма 1ийр яц-кх, цуьнан к1ентан нана х1инца, 1енне а 1ийр яц-кх иза, оцу - Российх д1аг1ур ю-кх иза и к1ант а эцна.
Йокхстаг - Цунна бехк буьллий ахь т1аккха? Оццул а дика 1а иза-м. Яхийтахь, цхьаъ нохчи к1ант мукъане а к1елхьаравалар хир ду-кх.
2-г1а стаг - Хих ведда хьерак1ел иккхинчунна хилларг ма-хилахьара цунах т1аккха.
1-ра стаг - Хьо мичча а вахарх, кхеран керара вала меттиг ца йисна-кх. Монголийн махкахь, цу дуьненан йистехь а хилла со, кхарцани т1амт1ехь, Жуковс командовать деш долуш; Германи лаьттахь а лелла со, кхарна т1аьхьа а х1оьттина т1ом беш, массо метте куьг кхочу-кх кхеран, къацахетарийн.
Канташ - Кхарна а ду цхьа де, Дела сиха вац, рицкъ дерг хир ду массарна а. Вай а дацара дика лелаш, ваьшна вай нийса хетахь а, Далла дика ма хаьа. Аллах1а, Ша вевзинчул т1аьхьа, Ша вицвиначарна т1е ж1аьлеш тосур ду Ша аьлла, - бохуш, дуьйцуш хезна суна дешна наха.
Йокхстаг - И зуда, вайца дика чекхйолуш-м ю хьуна. Ша оьрсий ю аьлла к1елхьара ялалушшехь, лахь-йисахь а, вайца кхуза схьакхелхина иза, оцу к1ента дика дола а до цо. Кхечеран берашка а хьовса, цуьнчуьнга а хьовса. Цуьнан к1ант деша а яздан а хууш ву... (тийналла) - Со ялале цкъа: Нана-дег1станах б1аьргтоха, бухдуьйлучу шийла шовданах цхьа къурдбан...т1аккха яла а реза яра со...
Мехкарша д1аолу, г1ийла озош кехат-пондур а болуш.
«Сайн дадех, вешех, махках йоккхуш, Айхьа со елхор дицдин ахьа. Дуьненах жимчохь со яьккхина, Д1атесна, елха йити ахьа.
Суьйренца волу хир ву дада, Къайлаха суна воьлхуш, гу т1е. Генахь нур лиэпаш, къиэга седа Тергалбо хир бу, бала даг т1ехь.
Сан миска дада, ма велхалахь, Хьан меттана даим со йоьлхур ю, Къа доцчу кхиэло хьукма дарна, Дуьнене г1ийла со хьоьжур ю».
5 сурт
Ашхабадехь (набахтихь).
Гадаев - Ойлано оллийна корта базбелла, Балано хьовзийна, вахар тазделла, 1азапо 1овжийна, вацар хазделла, Генарчу махкара шуьга со хьоьжу.
Вахаран-кхалхаран ойланна аьлла,
Г1ийла со лахвелча, суьйренца ваьлла,
Х1оллам гац халкъалахь сайн карахдаьлла,
Баьссачу сайн некъах, воьлхуш, со хьоьжу.
1аламан эшарехь 1ехалуш, ловзий,
Б1аьрг боьллуш дайнариг б1аьрг хьаббош девзий,
1ожаллин метта т1ехь байттамал хьаьвзий,
Зиэн довчу вайн дог1мех дог лозуш, хьоьжу.
Жех1алчу жайнаша жимчохь 1ехорна, 1есачу некъа т1ехь айпаш лехьорна,
Мел боцуш, эрна дукъ айса текхорна,
Дог дохкодаларца Деле со хьоьжу.
- Сайн гергара мел волчух а ваьлла со, хьомечу лаьмнех а т1аьхь. Х1инца сайн сих а волуш ву со, хьох волуш а ву со. Казбек! Ма г1олахь д1а, х1уъа хилла латтахь а, хьайчаьрца висалахь! Весет кхочушдеш хуьлу хьуна! Со леш ву хьуна, ахь сан дехарна жоп лур ду аьлла, тешна а волуш.
пауза
- Я Аллах1! Ас динарг! Хьо а, хьан декъаза нана а, хьан деда а, юха со а бух боцчу бердах кхийси-кх ас. Ма къиза хилла-кх со шуьца, ма къиза та1зар ду-кх суна х1инца. Бекхам боцуш цхьа а къа ца дуьсу. Къалатадар - иза г1алат ду. Ткъа г1алатан т1аьхье - иза дохковалар т1едар ду.
Мел доккха совг1ат дара суна х1инца сайн ц1ахь валар. Мел ч1ог1а лаьа суна х1инца ц1ахь волуш д1аверза, кхузахь вала везаро кийра морцу сан. Цхьаволчунна ваха а луур дацара, х1инца суна ц1ахь волуш вала ма-лаъара. Цунах а ваьккхина-кх со. Х1айт-я1! Сох хилларг. Сох хилларг...
илланча:
"1ожалло 1ехаво, оьций д1ахьой, Ял йоцуш вирзинарг лар йоцуш вов. Уьйрашна вицвелчахь, Далла а вицлой, Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов.
Даим со хьегначу Ц1ен-Берде г1ой, Цуьнга б1аьрг тохалаш, аьтто хилахь. Цигахь диънера ас бераллин той, Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.
Г1еллой 1аш хетало безна и мохк, Малх хьуллуш, б1аьргтоьхча геннара д1а, Хьомсарчу ламанах хьерчаш 1ен дохк, Гуш санна, вог1алой, веха со 1а...
Догмерза гул а лой, Ц1ен-Берде г1ой, Дегнийн хьу ясталаш б1аьста-гурахь. Сан метта б1аьрг тохий, сан б1аьрга гой, Сан берд аш хьасталаш, ганза со лахь.
Цигахь диънера ас бераллин той, Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь. Пепнаш к1ел т1улг бог1ий, гонаха берд хьой, Безамна б1арлаг1а елаш цигахь".
6 сурт
Шурий, Казбеккий новкъадаьлла. Казбек х1оьттина лаьтташ ву.
Шура - Казби, хьоьга ала дезарг баккхийчара хьоьга аьлла, х1инца вайшиъ поездана т1аьхьа а ца дуьсуш д1адаха деза...
Казбек - Цигахь лаьмнаш дуй?..
Ш. - Дац. Цигахь аренаш ю, б1аьрго ма-лоццу - аренаш.
К. - Цигара мохк хаза буй, сан Даймохк санна?
Ш. - Х1а-х1ан. Нохчийниг санна хаза мохк дуьнент1ехь кхин бан а бац, Казби!
К. - Ц1адаха х1унда ца мега вай, сан Даймохк боллуче, Нохчийчу?
Ш. - Ницкъберг тоьлла ву кху дуьненахь, иза харцлехь а. Цкъа мацца а нохчийн къам а цкъа ц1адерза там бу, шайн дай баьхначу махка. Бакъо т1еялаза ца юьсу. Вайх, цу хене довлахь, х1ун хир ду ца хаьа. Х1окху х1оьттинчу хьолехь, тхайнаш болчохь г1оле хир ду вайшинна а. Кхузара х1ара меттигаш цалало соьга. Хьоьга дешийта а деза, иза уггаре а коьртаниг ду.
Б1аьргара хиш оьхуш д1аволало, соцу, юхахьожу, масех г1улч йоккхий схьавог1у:
К. - Схьакхиэта можа малх биэзахь а, Езахь а стиглан лил-басе, Я шера аре, лаьмнийн баххьаш, Я тог1еш, раьг1наш, зезаг ц1иэн;
Безахь а г1алин барз айбелла,
Я завто туьйсу 1аьржа к1ур,
Дезахь а болар, йо1 качъелла,
Я сирла къиэга б1аьргийн нур, –
Хьо биэза суна,
Даймохк сан!
Шура дика кхета к1ентан дагара, иза а йоьлху. Ц1ерпоштан мохь.
7 сурт
Гадаев, лоьрана т1евигна 1аш ву: «Х1ун олу те?» - бохуш.
Гадаев - Со ц1ахь велахьара, Рашидца, тоьпаш схьаэцна, талла г1ур вара хьун йолчу аг1ора, Герзель йолчу мог1анца, цигахь къилбехьа воьрзур вара, Аксай хин т1ехула а ваьлла, Борзгечу юххехула а волуш, юха фазанаш а, пхьагалш а яхьаш, вухавоьрзур а вара. Уьш дуккха а яра цигахь, х1инца х1ун хир ду-м хаац.
Гуьйренан зезаг го даьлла Борачу баца юкъахь… Селла хьан дег1ан куц кхаьлла Х1ун дора декъазчу ахь?
Мох кхетча, лесташ т1етийжа Гонаха кхин накъост вац. Малх кхетча, хьостуш т1ехийша Эсала полла а бац.
Гой хьуна, цхьа ду хьо даьлла Борачу баца юкъахь. Селла хьайн дег1ан куц кхаьлла Х1ун дора хеназа ахь?
Александра т1ейог1у.
Александра - Сан кхаъ бу хьоьга, профессоро хьо эт1онза вер вац, боху! Цу балхо деган йовхо ло кхалхар к1еззиг мукъане а т1аьхьо хир дацара те аьлла. Хазхетий хьуна?
Гадаев - Ма ч1ог1а хастаме хир вара-кх со Аллах1ана, Цо, сайн доьзал а, гергарниш а сайна б1аьрга схьагайтича, кхалхар а хилийтича, Даймахкахь сан.
Александра - Радиочохь йоьдуш: «Ревет и стонет Днепр широкий», - яра. Сайн лаамаза, шуьшинни кхоллам ма тера бог1у-кх вовшийн, - аьлла, дагатесира суна. Декъаза Тарас! Иза а х1аллаквира хан йоцуш.
Гадаев - Дера мисканна доьг1на ма ца хиллера. Иштта валар а хилар, г1ело еш маршонах ваьккхина, хила ца доьг1начу вахаре сатесна. Йо1, хьо х1ун ойланаш еш ю? Цу ойланийн 1еха ахь д1ацахадабахь, хьох махкана а г1аръяьлла 1илманча хила кхуьур яц хьуна. Собаре хила 1амаде хьайн, собаре...
Александра - Со хьоьга ала лууш яра: суна ч1ог1а хазахета хьуна г1оли хир йолуш. Со х1инца Новосибирски д1айоьдуш ю, кхузара яьлла со. Цкъа мацца а хьо ган а, хьуна ч1ог1а безаш болу хьан Даймохк а ган а сатуьйсур ду ас. К1еззиг хьоьца хабар деънехь а, амма сайца коше д1адахьа тоьур ду суна и хьоьгара хезнарш. Хьуна а ма хаъара и шадерг сайн темин юкъа дахийта аьтто хир бац сан.
Гадаев - Хьо Делах тешаш ю моьттуш ву со. Ахь диц ма де цкъа а: вайгара вайна хуьлуш долу диканиг Делера ду хьуна, вайна и болх вайгара бу а моьттуш. Адаманна баркалле хила: к1езигдолчунна а, доккхадолчунна а; Далла хастаме а хила, даима а: диканна а, вонна а. (Зал чу) Маржа я1-кх хьо, дуьне! Бохамо лаьцча, тешамечу накъостийн ондда г1ортор лохий, уьш боцуш, гатло хьо. Юха т1аккха, сирла денош даьхкича, юха а хьоьца ирс декъа, хьайн доттаг1ашка сатесна хьаьвзича, уьш а ца кхочу хьуна.
8 сурт
Российхь. Казбек - киншка каралецна и 1амош д1асаволавелла лелаш ву. Ц1акхочу Шура.
Шура - Оффай! Ма к1адъелла со... Х1ара, вайшинна новкъа яьккха цхьацца х1уманаш эцна ас. Хьо экзаменш д1аелла ваьлча, ц1аг1ур ду вайшиъ, - Нохчийчу. И не1 йисна хьуна сан, т1екъовлаза... Экзамен маца яра хьан, Костя?
Казбек – Нана, Казбек ю сан ц1е. Кхана ю. История Русско-Кавказкой войны, - тема а ю.
Шура леррина д1ахьожу к1анте. Цхьаъ чувог1у, мохь а бетташ:
Георгий Эдмундович - Александра! Ц1ахь дуй шу?
Шура - Тхо дахан меттиг болуш-м дац, чохь ца хилла, Георгий Эдмундович!
Георгий - Хьан хаьа, хьан хаьа. Сох-м Георгий аьлчи а ма тоьур дара хьуна, Александра...
Шура - Зиновьевна! Хьо лаа лелий х1инца, х1умам ца хилла?
Гергарниг - Х1уммаъ ца хилла... Почти вахнера со, цхьа г1уллакх а хилла... Цигахь кехат дара деана 1уьллуш: Кавказера!.. Хьан ц1арах схьатесна. (Кхузахь, Шура д1ахьоду почте, амма вукхо сацайо): - Ас х1ара, хьоьга д1адала схьадаьана-кх...
Самаллой, г1ента охьашерша, т1аккха Казбека схьаоьцу Георгийгара кехат. Нене д1ало.
Шура - 1953 шарахь Мохьмад-Салахь амнисти хилла набахтичуьра аравелир. Киргизехь шен гергарчу нахаца 1аш вара иза. Зуда а, к1ант а бухахь ца карийна, ч1ог1а холчахь а вара. (Юха а вовшашка хьовсу) Юха 1957-чу шарахь, Дег1астана боьду некъ нохчашна д1абаьстича, уггаре а хьалха ц1авоьрзу иза. Ц1ахь шен болх бан волавелла волу иза, цхьа ларамаза девна юкъа а озийна, цуьнан карах стаг велла. Иза юха а лаьцна ву х1инца, тоьпаш тоха кхиэл а кхайкхийна цунна. (Шура, когашчуьра са маллой охьалахло) Ва, Дела! Г1о де-хь цунна, к1елхьараваккха-хь иза! Цуо муха ла деза иза!? Оха муха лан деза иза?! Хьайн нана лойла хьан сан к1ант! Хьан Да...
Казбек - Нана, сел ч1ог1а холча ма х1оттахь. Нахала доху ахь вай, нах кхаьрдар ма бу вайх т1аккха. Х1ара нах а ма бац шайна: къастарш, харцонаш, эрчонаш ганза. Иза-м ша ваций, Дела ма ву цуьнца. Дагадаийтахь цуьнан дешнаш:
- 1азапийн доза гац, алий,
Къарлой, ма вожалахь бале,
Къар ца луш, лан беза,
базбаларх, бала,
Парг1ато йог1ур ю цуьнца.
Георгий - Жима велахь а, ч1ог1а кхетам сема болуш къонах ву хьан х1ара. Нийса ду цо бохург. Йоккха киртиг ю шун доьзална т1ех1оьттинаерг. Оьшучу х1уманна т1ехь сох къахкий ма 1е.
Казбек - (зал чу)
- Сан Даймохк, Нана-Нохчийчоь, хьайниг санна декъаза хилла-кх тхан кхоллам а. Тхо-м д1адоьлху - дацаре... Тхан къина, йоккха тезет х1оттаей, елхалахь, белхалахь, делхалаш... шайн ц1ийх ц1е йолуш, шайн х1ух са долуш тхо т1епаза дарна... Нана-Дег1аста, цул т1аьхьа хьо яхалахь, тхан, декъазчерин массеран а меттана! Тхан массеран а сина ирс хилий хьо язлолахь лаьтта букъ т1ехь, доьза байначу тхан до1анашна - хьайн момсарш Деле а кховдаеш...
2 дакъа
9 сурт
2-г1а Зманхо - Гадаевна тоьпаш тоха йина кхиэл хуьйцуш, 20 шо хан д1акхайкхайо цунна, набахтихь яккха.
Дилхина, Дилхина, Г1ора-г1ад дайна, Аганахь наб тесча, Беро ах1 до. Барамах т1ехтилла Баланаш лайна, Хеназа г1елделла Дог тийсало.
Наг-наггахь, Ойланехь бералла яйчи, Ц1ен-Бердах ц1евзаш, цо Аз делхадо. Делхарехь дахделла, Амал-г1ад дайчи, Кийрахь цо Меллаша, Дахдеш, ах1 до.
Х1ун ду те хиллариг, Эшнарг оцунна? Хьенехан бехк хьаьрчина? Х1ун даьлла галл? «Сонталла!» - Ала ду Сихвеллачунна. «Сонталла» Кхоьллинарг Довза хьажал!
3-г1а Заманхо – «И вевзинчара ма-дийццара, тамашийна стаг вара Гадаев Мохьмад-Салахь. Сиха яра амал. Цундела хьоьхура цо кхечарна собар. Делахь-х1ета иза шена а дагадоуьйтура. Ца вицвала. Цунах лаьцна хезначун, цо лайначун, цо язйинчун ойлаян ваьлча, цуьнан к1орггера хьекъал, доккха пох1ма, шуьйра хаарш бертахь ца хилла аьлла хета, цуьнан т1ех сихачу, карзахечу амалца, цуьнан доьналлица, харц-ницкъана, кхерамна хьалха корта та1о цахаарца». Цхьаьна аг1ора - къиза хилла цуьнан кхоллам, - эр дара цунна. «Шен даймохк, шен къам, шен сий бохург лаьлла цунна уггаре деза. Вуьшта, Мохьмад-Салахь шен даго ма-бохху ваьхна, шена ма-хетта. Луург лаа а лууш, хетарг хета а хеташ. Иштта дахарх чекхвалар, и дакъазалла яц, и ирс ду. Ткъа, шадоллу хетарг а хилла, хьан диъна х1ара дуьне?»
Сулейманов Ахьмада а аьлла цунах: «Ша мел язйина х1ума язйина ца хилийта, Гадаевн, цхьана - «Даймахке сатийсар» - байтан автор хуьлуьйтур вара ша», - аьлла.
2-г1а Заманхо – Къайлене болу некъ Ц1ечу-Бердера д1аболабелира. Цецвуьйлуш ечу ойланашца т1аьхьакхиа г1ерта со, Мохьмад-Салахьна ницкъ беллачу къайленашна. Дитташ, шовданаш, олхазарш, стигал… - кхечахьа санна. И къайле еккъа цхьаьна хазаллийца йоьзна 1ай-те? Дала вовшех дозаделла кхоьллина ду гуонах мел долу х1ума. Оцу низамна дуьхьалдерг ца леладар т1ехь ду массарна а. Нагахь лелочу далахь, сингаттам хирг хилар хууш хилар а ду. Мел ч1ог1а бу и, 1аламо хаддаза адаме бетта мохь вочух лардан г1ерташ. Б1аьрг хьаста, хаза сурт гойту, лерг хьаста, зевне аз хозуьйту, беркат… «Хилийта стаг галваьлла, белшаш т1ехь къинойн чалх а хилийта йохьуш, амма д1а ма татта, вайн гуона юкъа вита», - бехира Хьаьжас. Стаг ша-шен г1елаллица, дакъазаллица, сингаттамца, галваларца ша ма вита, ткъа гуона юкъа а лаций, нисвалийта хьажа, бохург ду и. Дин исламан дог, цуьнан т1ум – иза адамийн вовшашца долу вошалла ду» - баьхна, Хьаьжас.
Назма
Кхоьллинчо кхийдо некъ б1аьргашна байна,
Шен дагна хилла чов, собардеш, лайна,
Вовшашца догмерза, вовшашца тайна
Вай маца нислур те бохуш, со хьоьжу.
Делан ц1ераш йохуш, вай 1аьршашка хьуьйсу,
Эхартахь аьттоне даим сатуьйсу,
Амма вай вовшашна син-пхерчий кхуьйсу –
Адмашна вовшийн дог девзаш ду хьуна.
Кхоьллинарг лоьручо адамаш лера, Кхечунна шех цатам кхетарах кхера, Шен бехках ма вала Делаца хера – Вай вовшийн дезаро кхачамбо хьуна
Вайн Хьаьжас баьхна ду: «Вовшашка хьовса,
Вовшийн дог дохадеш, дуьне ма къовса.
Элчан некъ талхабеш, нацкъар ма хьовза –
Элчан ц1е 1аьршашкахь лепаш ю хьуна».
2-г1а Заманхо -
Варийлахь! Варийлахь!!! Харц некъ ма хьуолахь: Харц новкъахь макх летчахь, дог телхар ду. Мел к1еззиг макхо а хьайн даг т1ехь гуолахь: Шен даг чохь ц1анвелларг Далла гур ву.
«Шайхашлахь шайх, декъаза Хьаьжа, я1! Хьан дакъазаллехь йоллу хьан декъалла! Сийлахь 1еламча-къинхетамча». Цу воккхачу Эвлаяан хьехамаш, дахаран некъ а бовзаро бух-орамера дуьйна схьа хуьйцу Гадаевн кхоллараллин а, 1илманан лехамашна т1ехь еш йолу деган ойланаш. Цаьрца цхьаьна хийцало цуьнан дуьнене а, эхарте а болу кхетам а, хьежам а. Гадаев дика кхета Кишин-Хьаьжин дуьнене болчу хьежамех: дерриге а х1ума гуонан боламехь кхоллар а, и юха лаьтте юхадерзар а. Хьаьжин лехамех коьртачарех ду адамийн дегнийн ц1еналла, масала: «К1айн чалба шайн коьртех хьарчаяле хьалха, иза шайн дегнех хьарчае», - аьлла Хьаьжас.
Гадаев - Ва Шах1ид! Ц1ера кехаташ кхоьхьу суна. Хьайниг а кхаьчча соьга схьа. Хьан байташ а йийшира ас. Гуш ду ахь мелла а алсам къахьегнийла церан кеп а, мукъам а тобарехьа. Оцу кепаца къахьегча, т1аккха байтана юкъатарлур дац эрна аьлла дош. Х1ара сан цхьа байт еша, кхечаьрга а ешийта. Цхьаннин ц1арах зорбане яьккха а хьажа.
Стигла ма хьийса: Стиглара буссуш бац дегнашна кхача. Лаьтта ма хьийса: Лаьтто лац яххьаш т1ехь нур долу тача. Бахаме хьаьддехь а, г1алат ву ваьлла, Гонахчу нахаца мерза и вацахь. Лахвала йиш яц и, жолам-я1 аьлла, Луларчун куьг оцо довха ца лацахь. Доьзалца к1оршаме, Юьртаца шийла, Махкаца бев велахь – байна ву чам. Вовшашка хьовса. Вовшийн дог иэца - Вовшашкахь боллуш бу вахаран чам.
- Ма-дарра аьлча, х1ара байт Киши-Хьаьжина безамна кхоллаелла ю сан. Бакъдолуш цо аьлла ду и дешнаш - «Вовшашка хьовса!». Цхьаберш цецбаха а мега ас, бакъду: Киший-Хьаьжа - куьйгаца куьг лаьцна а воцуш, дагца дог лаьцна волу устаз ву сан.
Цунах 1еса-нах ца кхетар-м х1унда хьехадора, цуьнан шен мурдашна а ца вевзира иза. Шен сихчу зуькарца цо меттахъхьадина дара, муьлхха а Паналлехь лелаш дерг билггала цхьа гуо болуш лелаш хилар. Хьаьжа сийлахь къинхетамча вара. Цундела веза суна иза дукха, сайн устаз а лаьцна ас цунах. Вайн къомана и мел вара хьуна аьлча, Алишер Навои узбекашначулла, 1абдурохьман Джами таджикашначулла. Суна ц1аван доьг1нехь, Хьаьжас жа дажийначехь цунна безаман б1арлаг1а йог1а г1айг1абан дина нигат ду сан. Ткъа г1уллакх хилаза дисахь, т1аккха... сийлахь Хьаьжа ма варра вовзаза вуьсуш го суна.»
- Дайн оьзда г1иллакхаш гайта ца г1оьрта вайн яздархой. Стаг цецваккха я вело, я велхо г1ерташ, цхьацца эпизодаш язйо. Царна х1ара мог1анаш а ду сан:
1алаш дан дезара, къоман дог хилла, Б1ешершкахь лаьттина «1адаташ» эриш. Уьш вай д1акхийсича, некъаха тилла, Харцахьа лелар ду заманан бераш.
Х1ора цу «1адатех» сийлахь ду делла. Шен муьрехь - доцуш цатернариг ду. Къомах къам дендина, цунна ц1е елла, Цунна стом латтабеш даьллинарг ду.
Бехдан ма хьийзаде «1адаташ» эриш, Ц1ан а деш, замане хьийза уьш де. Дайн г1иллакх дицдинарш, тесна дерш нацкъар Ду бераш - Берашна харцо ма е.
- Буьззина культурни болчу наха шайн дайн г1иллакхаш 1алашдеш гина суна. Юьззина йолу культура дагца хила езаш хилла.
- Ахь хоьтту: х1ун оьшу? Х1ун оьшу, я х1ун ца оьшу ма дац хьал. Х1ун могуьйту - ма ду? Шадерриге а дихкина ду, цхьа а х1ума мегаш дац. Посылка схьаэца бакъо яц, юуург эца бакъо яц; ахчанах: цхьа журнал, газет, книшка эца йиш ю. Ас беза мах лур бара-кх цхьаьна 1ежах а, цхьаьна сийначу хохийн курсах а.
10 сурт
4-г1а Заманхо - Туьйранахь санна беара т1аьххьара безам а. Къаналло баьрдаш аьгна, дахар кхачалучу хенахь. Кхузткъа шаренга лестича! Х1окху дахарах самукъа доцуш, дазделла шераш текхочу хенахь.
Ехачу ирхонах салазаш санна, Меллаша текхало тутмакхан шерш - 1аьржаллехь тарделла дерриг а цхьаннах, Дехаллехь дазделла хьийзавеш дерш. Эчиган чаьлтарех чакх б1аьргаш хьуьйсу. Ойлане керчадо хилла мел дерш. Хьаннаша бес-бесар духарш хуьйцу. Дазделла текхаш ду тутмакхан шерш.
40 шо жима яра йо1 Мохьмад-Салахьал а. Дистина дог1у хи санна, сиха буьйлира шина адаман вовшех болу б1о. Вовшийн гина а доцуш. Кехатийн марзонца.
Гадаев -
«Къанвелча безамаш бийцар - г1алатех ларалуш ду, Амма цо (къеначо) корматаллица назманаш язйинехь довхачу ц1ийца - йоьшуш гуш ю.
Цундела олу ас: Шайн дегнаш г1овттадахь ас яздинчара, безам ас хьехабар г1алат ма лара».
Цу хенахь, сценин к1оргера схьайог1у - Малика.
Малика -
Ирс хета йиш хилар хьоьца дог декъа, Хетачийн, хезачийн хьесапаш дохуш, Хиллачийн, хиндолчийн чуччаха некъаш Довзуьйтуш, вашиннан гергонца йогуш.
Гадаев - Дийцахь ахь дагахь ма-дарра, 1овжорах 1алаш ца веш. Хийла со лайна ву тарраш, Тешаро эша со веш.
Малика - Хаац-кха, кханешна доьг1на, Некъаша х1ун дахьар шайца, Амма со доллучул кхоьру Тешначух тешнабехк балар. Х1уъа лан хир яра реза, Диккачул дарцашлахь латта. Лалур дац тешаро эшош Хьан меттан га хилахь шалха.
Гадаев - Сан санна, кийрахь са хьийзаш, Хьегаро 1ийжадахь дог, Яздехьа, ойланехь хилларш, К1еззиг сан байбехьа ког.
Малика - Догдиллал човхийна йоцуш, Сатийссал хьаьстина йоцуш, Лела со дахарах хьоьгуш, Дахаран ирс хьоьца лоьхуш
Дуьххьара хиллехь а везаш, Т1аьххьара безам бу хьоьга. Вацахь а дийцича дезаш, Сох кхетар - дехар ду хьоьга.
Гадаев -
1уьйранна седано сирла нур оьхьча, Хьоьга сатийсаро хьовзаво со. Малх буьзна, стиглано дарин бос тоьхча, Кийрарчу дагаро ц1овзаво со.
Малика - Вайшинна доьг1ний те вовшахакхета, Мерзачу маттара далхадан къа? К1айн дуьне дерриг а ваьшшиннан хетта, Вайша доьг1ний, хьовха, лахдала цкъа?
Хьегар бен вайшинна язделла дацахь - Декъазчел декъаза вайша ма ду...
Гадаев - Дукха ехийла, сан дика Малика! Буьрса стигал къуьйсуш, чехка мох а хьоькхуш, ирча тоьхна дог1а тийча санна, хьал х1оьтти вайшинна - вовшашка ден къамел а сецна.
Малика - (конверт ю буйнахь, и д1ало почтальоне) ...Безамна тешам оьшу, бацана дог1а санна, зезагна малх санна. Тешам боцчохь безам бац, безам боцчохь тешамал башха. Муха ду хьал-де? Дийцахьа! Сагатло сан. Ма яла йиш йоцуш йолу дукха хан ели вайн къамелаш хиланза.
Кулисашна т1ехьара мохь туху: - Гадаев, кехат ду хьоьга! Гадаевс воьдий конверт схьадахьа, юха, цу чуьра сурт схьаоьцу.
Гадаев - Ва марша йог1ийла хьо, сан дика Малика! Оццул дукха х1унда 1ийра хьо, со волчу ца йог1уш? Х1унда хьегий ахь со хьайх оццул веха? Х1инца-м вуьтур вацара ахь со кхузахь ша. Б1аьргана гучуьра йолуьйтур яц. Цхьаьна а минотана а (суьрте дикка хьожу).
- Х1ай-х1ай! И башха нур, ира ши б1аьрг! Хьох юьззина Маьлх-Азни хилла! Цхьа шатайпа башха товш сибат. Елакъежча, хин дерг го...
4-г1а Заманхо - Заза ма сиха, хьийкъина тесира оцу безаман дитта т1е. Дог-б1аьрг 1аббош. Амма ирсах юьззина йолу и б1аьсте йоца хила доьг1нера. Ткъа Маликас мел яздина кехат - церан безаман жайнаш - сингаттаман узум хуьлуш, юха шен ден х1усаме дирзира. Кхин д1а дахарх йолу шовкъ, тешам д1абаьллачул т1аьхьа Гадаевс 1ожаллина бина кечам бара иза. 1одикаян кхиале, деган аз доцчу орцанан маьхьарца бина кечам. Амма ма доьналла оьшуш мур бара иза. Некъан аса хедачохь, дег1ах догдиллинчохь, уьйрийн лар хьошуш, 1ожаллин гуро син-пха лоцучохь, синкхетаман семалла шегара ца йолуьйтуш, т1аьххьара беанчу безаме дохучу орцанехь тешамца чекхвалар. Дийцарал совнаха, со кхета г1иртина цуьнан даима цхьатерра аьрха я собаре хилла йоцчу амалх а. Амма ца г1иртина цунах устаз ван, суо цуьнан мурд хила. Ишттаниг атта вожа кхерам бу нехан дагт1ера. Стаг мухха велахь а, шен долуш долчу дикачуьнца, вочуьнца гайта веза. Ткъа и къобал вар х1ораммо ша къастор ду. Суна и веза ву, шен халкъана Пушкин, Лермонтов санна. Шен кхоллараллин, дахаран къонахаллица веза ву. Тайп-тайпанчу заманехь баьхнехь а, амалш чолхе, экаме, чевне карайо церан. Ишттачарех бен хуьлий т1аккха къоман илланчаш! Ма ирс ду иза - воцуш а, нахана вага висар. Цецдийла 1емийла вай! Цецдийла! Вай цецдаха Мохьмадаг1ар ма эшабойла вайна!
Гадаев -
Хенашкахь вовшашна генара хилла Вовшеха вай кхета некъ боцуш ду.
Виц вехьа, хено кир тоьхна, Дарцийн г1ов дицдан хиънарг. Хеназа ойланаш йоьхна, Гур дуй те, ган а лиънарг?
Малика -
Сан деган хьоьцара герго Дохо йиш йолчеха дац. Ч1ог1а ю ас йохьу терго, - Хьол хьомсар цхьа а сан вац.
Цкъа а кхин ара ца вала, Сан даг чохь сецна ву хьо. Вицве ахь соьга ма ала, Аларах виц хьо ца ло.
Гадаев -
Башха сурт х1оттий ахь, Корта к1айбелла, Дарцийн г1ов дицдина, тийначу суна: Къоначу йовхонан мерза тов тоьхна, Дагна сан озийна г1ура яший; Кхоларан мархех чекх сирла нур оьхьна, Хьежарах сецна б1аьрг шолг1а хьажий. Хьаьвзина висна со, амал жимделла, Дийца некъ боцучу дагара хьуна. Башха кеп х1оьтти-кха, корта к1айбелла, хилларш хир дац моьттуш, 1ийначу суна.
Малика -
Мел хаза ду, мел хала ду хьоьга тийсар са. Дийнан ял со йоцуш ма ю, наб кхетац буса. Мерза хьийза сан са хьуна, мерза 1ийжа дог. Кийра богу. Кийра - хьуна. Хьоьга д1атуьйсу ког.
Язделлий те 1аьршан йоза вайна вовшийн ган? Дог1ур дуй дезна доза - хьегар кхачадан? Мел хала ду, мел хаза ду хьоьга дег1а ла.
Гадаев, Малика -
(эшаран кепехь)
Боданах етта ю буьйса.
Дитташа дайн шабар до. Стиглара седарчий хьуьйсу. Ойлано оьций д1ахьо.
Стенга хьо - соьга ма хетта. Беха некъ билгала бу: Исбаьхьа сирла схьакхетта Везачун(езачун) довха нур ду.
Стиглара седарчий хьуьйсу. Дитташа дайн шабар до. Даим ас хьоьга сатуьйсу. Даим хьох хьаьгна-кха со.
Цхьаъ ду сан х1оккхузахь хатта: Безамаш х1унда бу те? Ирсана кхуллу уьш лаьтта? Г1айг1анна кхуллуш бу те?
Вайшиммо ирсе ваьш лору, Безаман алонехь датталуш де. Хиндолчийн сурташ вай дору, Хилла мел долчел уьш сирла гун де.
Малика -
Хьан матто хьан безам инзаре буьйцу. Бийцина бала а лац. Амма сан безамо хьайчуьнца къуьйсу, Шел сов кхин хета а лац. Терзанаш дац техьа безаман уоза? Уьш буста дац техьа дол? 1аьршахь кхиэл хир елахь вовшах вай доза - Тоьлла суо гойтур ю хьол.
Гадаев -
Ахь аьлла: «Дуьххьара хиллехь а везаш, Т1аьххьара безам бу хьоьга». Ас олу: Т1аьххьара хиллехь а езаш, Хьалхарниг суна хьо хета. Воккхаллехь к1аргвала воьлча, Бералле воьрзуш ву, олу. Къена дог хьекъалал тоьлча, Цундела цец а ца волу.
11 сурт
2-г1а Заманхо - Гадаев Мохьмад-Салахьа набахтера кхехьийтинчу кехатийн боккха цхьа барз хир бара. «Дешарца бен толам баккхалур бац!» - и дара цуьнан жам1. Шатайпана кхане ю иза вайн къомана. Гадаевс яздора: «Со ч1ог1а кхоьру, кхечу къоман композиторийн карахь вайн къоман мукъамийн башхаллийн, дог-ойланан аз нехачу, догдоцчу, дахар доцчу кегадаларе дерзарх... Къоман башхалла, дог-ойланаш ларъеш, муьлххачу къоман мукъам кхиорхьама, жима волуш дуьйна, дег1ан массо меженах чекхбаллалц, оцу халкъан дог-айамах худавелла хила веза...». 1972 шарахь ц1авоьрзу Мохьмад-Салахь. Дукха дара Мохьмад-Салахьа дан леринарш. Делахь а, болх д1аболо кхиале, цамгаро лецира иза... кхин цкъа а д1ацахеца. Шен т1аьххьара йозанаш Малике д1адахьийтира цо.
Заманхочо шегара кехаташ охьадохку, цигара уьш схьаоьцу Маликас
Малика - «Малика! Сан г1уллакх дика дац. Со мел лаьтта хууш дац. Вайна кхин могаш цхьаьна гур ала дац. (Кхузахь Малика самалделла гуолашна т1е охьайоьду) Х1ара соьга ахь яздина хьайн кехаташ а, хьоьга ас яздина долу сан кехаташ а цхьаьна 1алашдийр ду ахь. Кхано, т1аьхьа, хьо йозанца болх бан йолалахь, оцу балхана 1аламат мехала, шортта йозан болх бу хьуна х1ара вайшимма вовшашка яздина кехаташ. Вайшимма цхьаьна бан дагахь хиллачу сан белхан ойланца йог1уш, вайшинца хиллачу марзонах лаьцна, и д1аян ца юьтуш, цхьа киншка язйийр ю ахь...
Хьан Мурид».
Маликин т1ейог1у цуьнан гергара йо1.
Сайхьат - Малика! Чохь юй хьо? (Малика го) Малика, со хьуна ч1ог1а хаза захало дахьаш еана. Сайн йишийн маршича ву иза. Г1алахь доьшуш ву, товш ву: куц-кеп. (Цецйолу) Хьуна х1ун хилла? Хьо ма г1ийла ю?
Малика - Мохьмад-Салахьера т1аьххьара кехат деана соьга.
Сайхьат - Х1ан, хезна суна и г1елвелла олуш, вайн к1оштарчу больнице тахана охьавллина бохура иза.
Малика - Муха? Тахана? Нанига хаьттина, со г1ур ю цига-м т1аккха.
Сайхьат - Хьуна иза цкъа а гина а ма вац! Хьолла а дукха воккха а ма ву иза.
Малика - Даго воккха-жима ца лоьру. Даго, шех кхетарг къаставо. Суна, иза, цкъа ца гича 1елур яц со х1инца...
Сайхьат - Эрна хир ду. Цунна цхьа а т1евуьтуш вац, боху, церан наха. Хьо цига д1акхаьчча, хан яьлла хан хир ю. Хьан г1аш яха езар ма ю. Цига йоьдуш атта машен а кхетар яц. Садале, юха, ц1а кхача а ма еза хьан...
Малика - Цига а кхочур ю, юха ц1а а кхочур ю. Цкъа и ганза со 1ийр яц, дуьненахь.
Сайхьат - Кхета хьох. Г1ой, йола т1аккха, кхин 1ан ца 1аш. Коре г1олахь, вуьшта, т1еюьтур яц хьуна хьо.
Малика, д1атуьлу, больнице. Сайхьатна лаьтта доьжна кехат го. Схьаоьций д1адоьшу хьалхара мог1анаш, диснарш дагахь.
Къаналлин къоьжачу рег1ан буьххьера Къоналлин тог1ешка хьоьжуш со 1а.
Дахкарх чекх малх санна, хенан к1оргера Леллачийн сурт х1утту, деллалой, схьа.
Къаьсттина къегаш го суьйренан суьрташ: Эшаршца бирзина балхара нах,
1оьхуш ц1а хьаьлхинчу хьайбанийн гурташ, Малх-нуьро лепайо момсаран ах.
Шовданийн кортошка к1ентийн гуллора. Забарийн, ловзарийн г1оттура г1ов.
Мехкарша (къайлаха) хиш 1енадора, Шовдане бийлар шайн далийта сов.
Безамаш вай х1етахь, бийца иэхьхеташ, Догучу дегнашкахь лечкъабора.
Амма вай, х1етта а, малх бузуш, кхеташ, Вовшийн ган «бехказло» х1оттайора.
- Д1аяхана хаза заманаш, кхин цкъа а юхайог1ур йоцу. Дера, хьалха безам - хаза, шовдан йистехь ма-буьйцура, х1инца - кехаташка бирзина. Дегнаш а хилла хьалха болат санна - ч1ог1а, х1инца-м д1а дут1делла, цхьа хьасий бен а ца бисна. Адамаш 1аь1аш ду, рицкъа-м хьалхалераниг ду, т1екхеташ дац. Х1ун хила доллу-те дуьненах? Дуьне-м хьийзош ду ма-боху? Дуьне-м г1елделла ма-боху?
Илли
Ламанан дарта ю, хьег1арехь тийна, Ширачу махкат1ехь охьахиъна гуш. Когаш т1ехь лаьтташ ю, т1емаш г1ортийна, Лаьтта дег1 дожадар деза ца луш.
Мархал к1ел хьийзаш, цо зама текхнера, Турпалчу т1емашца хедадеш х1о. Сирлачу шовданех дай а бекхнера, Мокхазар бердаша биллина го.
Амма уьш генахь ду х1инца-ма цунна, Гонаха зил банза аренаш ю. 1азапо хьешна дег1 доьжна 1ачунна 1аьршашка хьаьжна б1аьрг эрна ма бу.
Жималла! Дагна и гена мел ели, Йицлой, ткъа? Х1инца а йиц ма ца ло. Сирла ю. Тохало и йоьжнаериг, Лаьтта т1ам г1ортабой, айъа а ло.
Генахь ду лаьмнаш а, ялалац стигла, Х1инццалц дайн идда дег1 даш хилла ду. Эшначу т1емаша айъа ца тигна, Мархаш к1ел хьийзинарг йоьжна ма ю.
12 сурт
Малика больницехь ю, т1ехьашха, коре яхана хьоьжуш. Х1ара хаалой, Гадаев, букъберзийна волу, схьавоьрзу. Х1ара шиъ вовшашка хьоьжуш 1аш ду.
Гадаев - Малика! Суна орцаха еъна хьо?..
Малика - (после паузы) Хьайна могшалла-г1оле еха-хь, Деле!
Гадаев - Йоьхийла дац сан.
Малика - Ва, х1унда?
Гадаев - Суна иэхь хета Делах, сайн дехаршкахь соввийла, сан до1ин Цо жоп деллачул т1аьхьа.
Малика - Муха?
Гадаев - Ас дехнера Алл
ах1е: сан валар-верзар ц1ахь хилийта Ахь: сайн юьртахь, Ц1ен-Бердехь! - аьлла. Аллах1, сайн до1ина жоп луш карийра суна!
Эххар а, Малика ц1аяха сехьа йолу.
Малика
Цхьаъ ду сан х1оккхузахь хатта: Безамаш х1унда бу те? Ирсана кхуллу уьш лаьтта? Г1айг1анна кхуллуш бу те?
Ойланех бетта бу кийра. Гушдолчо хаттаза, со - Везначух къастайо - хийра, Дегбаам сан - тийсало.
Х1унда и - соьга ма хетта. Беха некъ билгала бу: Малх а х1унда бу кхетта? 1ожалла - бовзаза гу.
Даим ас хьоьга сатуьйсу. Даим хьох хьаьгна-кха со...
Гадаев - Малика!!! - аьлла мохь тухуш, г1енах санна, вовшах къастар хилира цушиннан.
Гадаев: «Вайнехан халкъе!»
«1аламан башхачу
Боларан сурт,
Хьуна ас х1оттийнца
Дег1аза чурт.
Заманаш йийларах
Тиш и лур дац,
Чартийн хьун х1оттарах,
Хьул а лур дац.
Цо хьан лар халкъашлахь
Латтош хир ю,
Лаьтта т1ехь дехаш-1аш
Халкъаш мел ду...
Цундела, ахь соьха Къинхетам биэ - Виц ма ве хийла хьайх Б1аьрг билхинарг, Даим сатийсинарг Ц1ечу-Берде, Вахаран чкъурган некъ Аьрга баьхьнарг»
«Кхоьллинчо кхийдо некъ б1аьргашна байна, Шен дагна хилла чов собардеш лайна, Вовшашца догмерза, вовшашца тайна Вай маца нислур те бохуш, со хьоьжу»
КИРХЬА
Свидетельство о публикации №225021901799