Къайлене болу некъ
Тийналла лаьтта боданехь(3 сек). Юха йоза д1ах1утту(13сек).
Кадрехь, г1аскхийн паччахь Кавказе веана суьрташ ду. Кадран т1ехьара къамел схьахеза:
(13сек.)
Х1ора а заманна шен цхьа мур схьаэцча цу культурехь цхьа къонах веха, цуьнан леларан хьесап дан воьлча дуккхачу а х1умнах кхетарна герга а воьдуш, х1етле т1аьхьа кхуьар вац моьттина хуьлуш долчу, т1оьххала хьаьжча, оцу культуран бен-башхаллашна.
Уьш вешан мостаг1ий хиларе терра, массо аг1ор а нохчий сийсазбеш, церан оьзда дерг а сийдоцчу даккха г1ертара вай. Церан кхетамций, амалшций, г1иллакхашций, дахаран кепашций цхьана ца бог1у вайн лиэхамаш кхочушбан царна цалаарна. Вай уьш бехке бора, царна т1ехь ца товчу,
аз шогачу, шайн само къаръечу вайн шедагна к1ел хелхбийла царна цалаарна.
Инарла М. Я. Ольшевский.
Йоза д1ах1утту:
КЪАЙЛЕНЕ БОЛУ НЕКЪ …
(4 сек.)
Тифлис.
Цкъа инарла го крупно. Иза гуш волуш хеза говраш сацош, ворда соцу. Юха ламеш а, д1аеллалуш цу фаэтонан не1 а. Везза охьавуссу инарла, боккха чулацам болу бала бу цуьнан юьхь т1ехь. Цхьана хьаькамийн ц1а чу воьду, общ.план. Кадрехь крупно: князь Михаил Н.:
Элана т1ера планаш хийцало инарла чулоцуш. Иштта кадрехь го ша уьш чохь болу чоь а. Тидаме лоцу церан кхозлаг1а а, воьалг1а а накъост. Эла жимма д1авоьрзу, къамел ч1ог1а лерина хилар тидаме латтош.
Къамел к1еда ду элин, амма болатан амал йолуш. Ср. план: элий, инарлий, и шиъ ву кадро чулоцуш. Юха, букът1ехьара:
- Оха жоьжахатийн ц1ерга вохуьйту хьо, Михаил Тариэлович, - бохура шалхе йоцуш, даггара. – Х1аъа ткъа, кхин ц1е яц Нохчичоьнан. Цигарчу къомо массарел деха а, буьрса а къийсина вайца. Цу т1е кхин а еххачу хенахь вайца къийсам латто ницкъ а ларбелла цунна. И къам къардина к1ела ца сацаделла вайга, я байъина кхача а ца белла. Вай цига уггар говза, майра полководцаш коьрте х1иттош, эскаршца т1емаш д1акхехьарх, уьш т1ехьало йоллуш эшалуш бац.
Цундела кхин тактика а, стратеги а хаьржина вай. Вешан оьрсийн исторически система – церан махка т1е г1алг1азкхий ховшор.
- Биллина д1а Нохчийчоьнера кхерам
Кадрехь: Эла Орбелиани а, Карцов а. Халла къаьсташ, б1аьргашца дуьхь-дуьхьал х1утту. Воккха элас кхин д1а а дуьйцу:
Ши г1улч йоккхий схьат1евоьрзу:
Планаш, т1аьххьар а соцу бехкечун юьхь т1ехь, крупно. Эла:
Крупно: М. Тариэлович. Цунна кхин х1умма ца хеза, лерехь къор х1оьттина. Юха элан аз:
Кадрехь: Эла а, важа шиъ а камерна т1ера д1а генна бовлу, т1ехьа буьсуш къайла бовлу. Схьат1едог1у бух-лекха 1аьржа лаьмнаш.
латтарна, цигарчу эскарех кхоалг1а дакъа а
д1адаккха ца х1утту вай.
- Доцца аьлча, вай тоьлла а, нохчий иэшна а ца сецна г1уллакх. Цхьа мог1а тайп-тайпана планаш, аьлларг къобалдарца а, йиш йохарца а. - Шайгахь герз а, стратегина аьтту болу мохк а ларбелла нохчий, керлачу г1аттамна аьтту болу сахьт т1екхачаре ладоьг1уш 1а.
- Юха а боху ас хьоьга, хьомсара Михаил Тариэлович, цуьнан воккхалло уггар хала а, жоьпаллин а декхар т1едуьллу хьуна.
- Х1инца цкъа массо паччахьалкхашца машар бу вайн. Амма цхьана Далла хаьа иза маццалц хир. Нагахь арахьа вайн т1ом болалахь – Нохчийчуьра т1еман ах ницкъ д1абига дезар ду, т1аккха нохчий г1овттург хиларан шеко яц. Дукха хан ю цара оцу сохьте ладоьг1у. Хьан хан к1езга ю Михаил Тараэлович, йоццачу хенахь цигахь низам х1оттор доьху хьоьга.
- Дала аьтто болда хьан…
Буру-г1ала.
Терски областан эскарийн штаб-квартира. Областан хьаькам а, эскарийн омранча а, инарла-лейтенант Лорис-Меликов Михаил Тариэлович синтем байна хьийза: цкъа воьдий стоьла улле хоий, ц1ена кехат хьалха узий, сихчу хот1аца цхьаъ яздан волало иза, т1аккха г1оттий, диллинчу коре а воьдий, х1уттий лаьттара иза. Арахь, геннахь гучу доза доцуш дехачу сирчу лаьмнийн баххьашна т1е а вог1авелла лаьтта.
– цергашна юккъехь 1овдуш ши дош кхоьссира цо.
Юха, ц1еххьана ойланех самаваьлча санна, ц1енкъа баржийначу г1ажарийн к1едачу куза т1ехула, тата доцуш, цхьана эшшара г1улчаш йохуш, чухула д1асалела.
- Сонта кортош!
-Дала аьтто бен меттиг яц х1ара, олуш ма хиллара, болх Далла т1ебилла, ткъа айхьа само ма яйъа. Кхузахь ницкъ а, х1илла а оьшу. Шад а, пряник а…
-Х1аъа, кхузара хьал данне а тера дац генарчу Петербургера схьахьоьжучарна гуш долчух.
Кадрана т1ехьара:
Букъ т1ехьа ши куьг а диллина, чухула д1аса а волавелла, пенах кхозу Александран 11-чун сурт хьалха лаьттачу к1едачу венециански кресло чу охьа а хиъна, доккха садаьккхира цо.
Бустамаш дохуш хаза кечйинчу йоккхачу стоьлан г1утакх схьа а диллина, цу чуьра схьаэцна папка а яржийна, кехаташна юккъе хьежа вуьйлира.
Ша Терски областан коьрта хьаьким ма х1оттийнехь, кхузара чолхе хьал дуьйцуш Тифлисе кехат яздина Лорис-Меликовс. Амма дуьхьал жоп дац. Ткъа иккхина ваха хан яц, я некъаш а дац.
-Веза Дела, маца бер бу-техьа х1ара мохь кочара!»
-Шозза кхайкхина оха Кавказ т1аьххьара а д1алаьцна яьлла аьлла. Х1ан-х1а, кхузза кхайкхийна…
Х1аъ, ц1е яхнарг-м Шемал ву, амма Шайх-Мансур, Биболат шайн хьуьнаршций, доьналлиций х1умма а цул а лахахь вацара, лакхахь вара. Шайх-Мансура, кхузахь
цхьаьна а тоьхна, тхуна дуьхьал дехира Къилбседа-Кавказера, х1ара, цхьа тайпа мотт а, амалш а йоцу къаьмнаш. Элий а цхьаьна шен куьйгалли к1ел а берзийна, оцу жа1уьно нисса ялх шарахь дуьхьала къийсам бира Россина. Ткъа Мохьмад-Эмин? Чергазоша шайна цхьа наиб вехча, вахийтаза ца 1ен, Шемала уггар ледарчех лерина хьажийнарг вара иза. Мохьмад-Эмина ца хаьара чергзойн къаьмнийн мотт а, г1иллакхаш а, амалш а. Г1уллакхан я герз а, я т1е товжа тешаме бартахой а боцуш, цхьаьна куьйга 1асий, вукху куьйга Къор1анний лаьцна, оцу къаьмнашна юкъа ваханчу цо, и ламана анархи цхьана а тоьхна, ялхийтта
шарахь буьрса къийсам латтийра Россин дуьхьала. Шен хьуьнарца, майраллица и фанатик дукх-дукха лакхахь ву Кошутал…Гарибальдил, Джефферсон-Девисал, шайн карахь шортта ахчий, герзий,эзарнаш партизанаш хилча бен цхьа а г1уллакх д1адолош ца хиллачу…Уьш-м дерриге а д1адевлларш дер дара. Кхераме яц я малхбале а, я малхбузе а Кавказ. Цигахь шина а кога т1ехь ч1аг1делла севцца тхо. Амма х1ара аьрро йист, х1ара акха Нохчийчоь ю-кх, легашкахь йисина, хаддаза правительстван сагатдеш. Х1ара хьал мел лаьтта синтем а, я машар а хир бац кху лаьмнашкахь.
Нохчийчоь
1ела – Х1ун дийр ду ткъа, Делан кхел ю-кх х1ара. Д1аели хьо, тхан маршо, д1аели. Д1аяха хьо тхан дай, йижарий, вежарий эцна. Амма тхо декъаза гоьргаш йиси-кх х1ара 1азап хьега. – Айза, ас стерчий д1ахоьццушехь, хьуьн чу яле, жимма хьонка баккхахьа, хьан туьха дац моьтту суна?
Айза - Хьуна бохуш лелош, цхьа к1еззиг-м ду. Деши санна, даздели иза. Герка туьхах гирда хьаьжк1аш йоьху.
– Г1оза хила иза. Гирда хьаьжк1аш хилча-м суна туьха а ца оьшура. Адамийн г1аддайча далало-кх оцу совдегаршна. Нахана т1ом баьлча а, ц1ий 1енча а, царна шура йог1у-кх.
Багах чопаш охкийна, 1елига хьаьвсира г1елделла стерчий. 1ела, цкъа цаьрга хьаьжира, къахетта, юха, зуда 1инчу яханчу аг1ора, т1аккха ши бер долчухьа. Дукъера баьлла ши сту, биэга а белла, бажа х1оьттира. Юх-юха цу аг1ора б1аьрг тухуш, нисдеш дукъ чадакх хорша диллина, дукъарцаш шайн метте д1а а доьхкина, дечиган нох хьалаайира цо. Нахаран пхатоьда артделлехь а, мегардолуш дара. Берашка ладог1а дагахь кхор болчухьа волавелира 1ела. Ши к1ант самавалаза, ч1ог1а набарш кхетта 1уьллуш карийра дена. Гаьнгали чохь 1уьллучу 1умаран бесни т1оьхула бедда лела моза д1а а эккхийна, аганарчу 1усмане хьаьжира. Ша ган цхьа а воцийла хиъча, 1ела, ховха балдашхьедеш набарх велакъежачу к1антана т1е охьа а т1аь1на, хьаьжа т1е байн барт белла, т1аккха цунна юххехь лаьтта ч1ижалг схьа а иэцна, стерчий хьалха а лаьхкина, 1ин чу вахара. Стерчашна хи а малийна, ламаз а иэцна, шийла хи а дохьуш юхавеанчу цунна, нитташ а хьакхийна 1аш карийра Айза. Цо кхача хьалха билларе хьоьжуш, верта а даржийна, цу т1е д1атевжира майра. Амма кхача хьалха буьллуш дукха хан ца йийзира. Т1улган экъан т1ехь якъош еттинчу сискалан ах шина декъе а екъна, доккха долу дакъа майрачунна хьалха теттира зудчо. – Туьха жимма кхоийна ас. Суьйранна оьшур ду вайна иза. – Чораг1аьрга схьакхайкхахьа, - элира 1елас кхачан т1е ца кхевдаш. – Вай х1ун яон кхойкху цаьрга? Сарахь хьалт1амаш йийр ю ас, т1аккха балор вай. – Г1иллакхехь ма дац. Чора а, Жовх1ар а сада1а сацанза дара. Чора хьалхавоьдура, ирбинчу хьокханца лаьттах к1аьгнаш дохуш, ткъа куча юха чу хьаьжк1аш лаьцна, ги бер доьллина т1аьхьа х1оьттинчу Жовх1ара, царна чу туьйсуш, т1е ког хьокхуш, д1акъуьйлура буьртигаш. – Ва Чора! – кхайкхира 1ела. Чора, беттачуьра хьокха а сацийна, хьалат1аь1ира. – Схьадуьйлийша, цхьаний х1ума кхалла вай! – Баркаллах1, 1ела, г1оза йоийла. Шуьгахь долу дабаг1а ду тхойшингехь а. Суьйранна цхьаъ дер вай. И шиъ схьа ца дог1уш сецча, 1ела юучунна т1е хилира. Шена хьалхара сискалан доккхахдолу дакъа зудчунна хьалха а диллина, цуьнниг шена хьалха уьйзира цо. – Ас даиман олуш ду хьоьга, юучунна т1ехь со толо ма г1ерта. Айзас сискалан юьхк майрачунна хьалхатеттира: - Стаг, хьо-м къахьоьгуш вай, вуззалц х1ума юуш ца хилча, дег1ехь ницкъ хир ма бац. – Асчул т1ех къахьоьгу ахь. Соьца болх бина ахь, х1инца, со сада1а аг1орваьлча, берашна гонах хьийза а деза. Цул сов, айхьа юург бераца а йоькъу. Делкъе йинчул т1аьхьа 1ела сада1а д1атевжира. Ламаз а дина охьахиъна Айза хьалаг1аттийра аганахь самаваьллачу к1анта. Цунна т1аьххье меттахъхьайра 1умар а. «Ма декъаза х1умнаш ю-кх зударий, - ойла йора 1елас, берашна там бан г1ертачу зудчуьнга а хьоьжуш. – Дийнахь а, буса а синтем бац церан». Шегарчу сискалан декъах яьккхина сискал кера елла 1умар д1а а тевина, аганан г1ожа т1е тевжира Айза, к1ант вузон. Б1аьстенан махо 1аржйинчу юьхьа т1ехь х1иттина тхи санна хьацаран т1адамаш. Къинхетаме, эсала, 1аьржа даккхий б1аьргаш. Шабарца к1ант хьоьстуш меттахъхьера малхо иэт1ийна балдаш, горгачу юьхьан беснеш т1е х1иттина кегий к1аьгнаш. «Хаза иман долуш зуда нисъелла суна, - ойла йора 1елас. – Дика, къинхетаме. Дуьненахь ас хьоьгу бала бицбайта, сох къинхетам бина, Дала нисйи-кх. Шиъ к1ант ву, цхьа сту а бу. Дех дисина ирзу а ду. Кхин суна оьшуш х1ума дац…Маршо йоцург. Х1инца иза а йоцуш ю-кх, х1окху керстана кера даг1а-кх, оццул къийсанашшехь…Тха-м я дахар ца хили, кху т1екхуьучу берийн х1ун ган дезар ду те-хь? Дела, Хьо дика ву-кх. Ахь деллачунна тхо муьт1ахь а ду хьуна, резий а ду хьуна. Хьо тхуна реза хилчхьана. Ша боллу хастам Хьуна бу-кх тхан Эла, тхан Паччахь. Хьуна дуьхьала кхетар долуш ду-кх тхо массо а. Хьан лайш бен дац-кх тхо». – Тахана кха т1е йог1уш новкъахь Эсет кхийтира сох. – Мила Эсет? – хаьттира цецваьллачу 1елас. – Вай, хьан ваша, К1ант т1ехьийзина Эсет. Гати зуда. Ч1ог1а къахийтира суна цунах. – Ас х1ун дан деза? Азаллехь рицкъанаш цхьаьна язделла ца хилла-кх цаьршиннан. Аганахь долчу беранна юха а наб кхийтира. Цунна т1е шен тиша, боьзан кортали а тесна, гаьнгали лестош, 1елина герга охьахиира Айза. Генна рег1ан баса а вог1авелла, ойлане велира 1ела. «Оцу не1алт хилла т1амо ч1ана даьккхи-кх дерриге дахар а. Аьрзу х1инца а зуда ялонза ву, сол а дуккху а воккхах воллушехь. Т1амо хеназа баьхьана да а, нана а, йижарий а, воккхах волу ваша а. Оцу т1амо ца вуьтуру тхойшиъ ц1ийнан лаппаг1а йог1а а, деза дисинчу ирзон т1е хьовза а. Дерриге къомо санна, охашимма а мерза сатийсира т1ом толамца чекх баларе». – Суна хетарехь, Аьрзус зуда ялор яц, - элира 1елас эххар. – Х1унда? Зуда ца ялича вер вуй иза? – Чорас дийцира суна, вайшиннан доьзал кхиъча, тхан ц1ийнан т1аьхье йовр яц, шена и тоьа аьлла цо бохуш. Шен са къоман г1уллакхана д1адала нигат дина сецна Аьрзу. Айзас, агий, гаьнгалий шена т1е а озийна, шен 1аьржа даккхий б1аьргаш дехаре стигла хьовсийра. – Х1ай везан Дела, юха а гур ду-те тхуна и къематде? – б1аьргаш хих дуьзира. – Тоьар яр-кх тхуна гина иэрчонаш! Стаг, шайн деладуьша ма хьедайша и герз, кху берийн дуьхьа совцийша… - Тхо-м 1ад 1ийр ма дара, неха махка а дахана, неха х1умма а тхайна я бохуш ма дац тхо. Тхайн махкахь тхо дитахьара боху-кх. Тхуна ца лаьа тхешан бераш цхьаннийн а лайш хилла дехийла. 1ела ойлане д1атийра.
Н-юрт
кет1ахь. Кхаш т1ера хьалххе ц1абирзира 1елаг1ар. Айза ша аьлла хьалт1амаш ян юьйлира. Кех ваьллачу 1елина, лулахочун Васалан кет1ахь цуьнца къамел деш лаьтташ юьртда 1оса гира. Васалан зуда Мархет цомгаш меттахь 1уьллу дукха хан яра. Цига д1аволавелира 1ела. – Дохка суна и хьайн кха, ахь цунах бан пайда бац. – Х1ан-х1а, и хьехо ца оьшу. Кха дохка йиш яц сан, - корта хьийзабора Васала. – Ахь х1ун до цунах? – Наха шайчех дийриг. – Нах-м шайнаш дуьйш, дерзош бу, ткъа хьайниг х1ора шара т1е къух долий лаьтта. – Ас сайниг а охур ду Даламукълахь. – Стенца? Хьан-х кертахь беа кога т1ехь хьайба хьовх, аттала цициг а дац? Ткъа ас хьуна цунах гали хьаьжк1аш лур ю. – Х1ан-х1а, 1оса, латта дохка йиш яц сан. Со лахь, берашна дезар ду иза. Дала аьтто бахь, охур ду ас, ца бахь, стохка санна, дуьсур шена. – Делахь х1ета, хьайх йохку сан гали хьаьжк1аш схьало. Васал воьхна хьаьвзира. – Гурахь лур ю ас Даламукълахь. – Гурралц 1ойла дац. Я сан хьаьжк1аш схьало, я хьан кха ас сайна оху. Кхо де хан ю хьуна. – Делах мукъа кхерахьа, 1оса! Ас х1ун дан деза ц1а дуьззинчу берашна? – Суна кхаба т1еэгна-м дац хьан бераш? Хьайга кхабалуш доцу синош дуьнен т1е ма даха! Т1екхочуш волу 1ела а гина, кхин х1ума ца олуш, д1аволавелира 1оса. – Ассалам 1алайкум! Васал! – Ва 1алайкум салам, марша вог1ийла хьо а, – чевно чолакх дина куьг схьакховдийра Васала. – Муха 1аш ю Мархет, г1оли хетий жимма а? – Дика хета, Альхьамдулиллах1. Хьо ирзо аьхна велан? – Кхана делкъале вер ву, Даламукълахь. – Иза-м цхьана дийнахь ахал бен ма дацара, хьо ма хьевели? – Балла боллучу шина стараца ахалац. – Хьенан сту боьжна ахь хьайчуьнца? – Чориниг. – Цхьа сту мукъана а белхьара, цхьаьнца декъа г1ур вара со а. Х1инца дан х1ума а дац. 1оса ву сан кхан д1акхалла г1ерташ. Цуьнан барт бу 1едалца. – Г1ел ма лохьа, Васал, цхьа, Дала дайттинарг дийр ду вай. Иза-м вайн дан г1о долуш х1ума дара. Мархет толахьара цкъа. Мархетига хьл-де хатта чу вахара 1ела. Боданечу ц1а чохь цхьана сонехь, тишачу юрг1ан к1ел меттах ца хьовш аркъал 1уьллура иза. Юххехь хи чу боьллина иттех кхор чохь кхийра кад лаьттара. – Мархет г1оли хетий хьуна жимма а? – хаьттира 1елас, улло охьа а лахвелла. Мархета шен юьхь 1елигахьа ерзийра. – 1ела, хьо ву иза? Далла хастам бу, кху хьолехь йолуш а. Айза а, бераш а муха 1аш бу, могаш лелий? – Дала дика кхобу. Уьш бу-кх соьца оцу дукъа хьийзаш. – Х1ун дийр ду ткъа, Дала аьтто болда шун. Тхан кха-м кхушара а денза дуьсуш доллу. Якъаеллачу беснеш т1ехула меллаша б1аьргара хиш охьахьаьлхира. Кхойтта шо хенара йо1 нанна улло г1оьртира. Тишчу кетар к1елахь 1уьллуш жима к1ант вара. Важа диъ бер, ловза дахана, ц1ахь дацара. Шун кха а дуьтур дац вай стохка санна. Д1адахана шо хала дара массарна а. Нах шайн кхаш аьхна бевлча, шун г1айг1а бийр бу вай. Х1етталц кетара к1ел 1иллина к1ант, оцу бухара схьа а ваьлла, йишина гонах хьаьвзира. – Йиши со мацвелла…Йишас, кхин йист ца хуьлуш, терхи т1е а яхана, цигахь лаьттачу дечган сахьара иэцна буйнахь к1еззиг ахьар делира вешина. Шен ахьар буйна а къевлина, вахана кетар к1ел когаш а боьхкина, т1е меттан буьхьиг 1уьттуш, ахьар дууш д1атийра к1ант. 1елин б1аьргех к1ез-к1езиг лешаш 1ийдалу хиш, беснеш т1ехула охьа а хьаьлхаш, можалахь къайладилира. Мархетна уьш гарна кхоьруш, охьа а т1аь1на 1ара иза. – Дала мукъалахь толор ю хьо, Мархет. Х1окху ялх берийн къина хьо ца тоелча йиш яц. Амма 1ожалла, цхьа Дела воцург, массо а цуьнан кад мала безаш ву-кх. Дала кхолла а кхоьллина вай, юха, х1ета, Цунна дуьхьала духа дерза дезаш а ду-кх доллу адам. Альхьамдулиллах1…- Дела реза хуьлда хьуна, 1ела. Со лахь а, Альхьамдулиллах1, шу ду буха дуьсуш, аш со дика д1аерзор юй хаьа суна. Вай а Далла к1елахь ду, кху берийн ризкъа а Цуьнгахь ду. Лахь а, висахь а шу санна лулахой хилар Делан доккха беркат ду. Дала йохь1аьржонах лардойла шу. Ма 1е,1ела, д1аг1о. Дукъара ц1авеана, к1адвелла хир ву хьо. Кхин д1а цомгашчуьнца къамел дан ницкъ боцу 1ела, цуьнан 1одика йина, аравелира. – 1осас х1ун бохура хьоьга Васал? – Шена кха дохка бохура. – Ахь х1ун элира? – Духкур дац эли ала-м. Амма х1ун дер хаац. Т1ейог1учу гурахь юхалург цхьа гали хьаьжк1аш еанера ас цуьнгара. Я уьш, я кха ло боху шена. Таро йоьхна ву со. – Айхьа хьаьжк1аш д1алур ю ала. – Ас мичара ло цунна уьш? Со-х тховса берашна сискал ян а цинц боцуш ву. – Воха ма воха хьо. Вайн рицкъанаш Делехь ду. Дала д1атесна вуьтур вац хьо. Вай цхьа г1айг1а бийр бу. – Дела резахуьлда хьуна 1ела. Ц1ахь а, арахь а, мичча махка вахча а ша санна г1ийланиг…ваша караво-кх стагана… Цхьана къомах хьовха, цхьана нанас вина велахь…хьалдерг накъост вац г1ийлачун…Мисканаш шаьш санна мискачарна, г1ийлачарна…орцахбовла-кх…Васалан саде1ар хала ду, ца велха г1ерташ ницкъ хуьлу цунна, къурдаш до. – Маккхала бохучунна т1едог1у дерриг…Адамалла, къинхетам боцурш массо динехь а, х1ора къомехь а нисло…Дин, къам, олу вай, амма дарриг цхьана Дала кхоьллина цхьа адамаш ду…Дала дайтинарг дир ду вай Васал. Цуьнан белш т1е куьг тухий д1авоьду 1ела. Кадрехь, Васалан холчх1оттаран а, хазхетаран а цхьаьнаиэделла зовкх, б1аьрхиш, узарш.
1елин х1усам
1ела ц1авирзича юург кийчча лаьтташ яра. Очакха т1ера схьаэцна боккха ц1еста яй ц1енкъа а х1оттийна, т1ера нег1ар д1аайира Айзас. Дас шена бина дечиган м1ара а иэцна, ена гонах хьаьвзира 1умар. – Сарамсаькх аьттий ахь? – хаьттира 1елас Айзига. – Аьтта. – Шина к1антана а, хьайна цхьа масех хьалт1ам йитий, и яй берамца Васалг1арна хьуохьа. - Ахь х1ун до т1аккха? - Со д1авуьжур ву-кх. Кху дуьненахь мел долу даар хиларх, кхаьллина х1ума кийра г1ур дац-кх суна. Вайн пайхмара, Делера салам маршалла хуьлда цунна, аьлла: «Шен лулахо меца а волуш, шен кийра бузийна д1авижнарг, кхоччуш иман долуш ма вац». Айза, кхин йист ца хуьлуш, берам чохь дечиган кад т1ех1оттийна яй эцна араелира. Йилхина ши б1аьрг ц1ийбина, цхьа ах сахьт далале юхаеара иза.
Хьажи-эвла
Г1азкхийн Паччахь толамхо хилла д1а ца х1оттавелла Нохчийчохь. Нохчаша т1ом сацийра, амма къарбелла ца севццера. Фельдмаршала Барятинскийс машаран барт бира нохчашца. Ткъа шарахь сов ягош чим бинчу Нохчийн чохь, ах кхачаделлачу, мацалой, цамгарший, къеллой б1арздинчу, хаддаза бинчу т1амо физически кхачорна т1едуьгучу, гинчу иэрчонаша морально артдинчу, машаре сатуьйсучу халкъо оцу барта т1ехь т1елецира т1ом сацо а, кхин паччахьан дуьхьал герз ца айба а шайгхьара аг1ор. Паччахьан 1едалан ц1арах фельдмаршала эла Барятинскийс нохчашна хьалха т1елацам бира цаьргахь герз дита а, уьш салт ца баха а, цаьргара д1абаьккхина мохк буха берзо а, церан г1иллакхаш, дин а лардан а. Амма, Шемал йийсаре лаьцча шаьш бина барт харцонца, талхош, г1аскхийн правительствос Нохчийчохь т1еман-колониале режим х1отто йолийра. Кьоман а, политически а бакъонийх хадийна, социальне 1азапе доьллина халкъ ирчачу къелле доьжнера. Г1аскхийн правительствона дага а ца дог1ура х1окху халкъан кхолламан ойла ян. Шен оьрсийн халкъ къизачу 1азапехь латточу цо, х1ун диканиг дохьур дара нохчашна. Т1аьххьара а къам г1аьттира. Г1аттаман коьртехь бара Бойсаг1ар, Атаби, 1умма а. Ницкъаш банне а цхьатера бацара. Эххар г1аттам юьйцу а ца хезначу къизаллийца хьаьшира. Цул т1аьхьа, цхьа к1еззиг ханна буьрса тийналла х1оьттира Нохчийчохь. Амма гена д1а ца яхара иза. Имаматан т1аьххьарчу шерашкахь Шемала махках ваьккхинчу шайх Кунта-Хьаьжас, имамат йожначул т1аьхьа Нохчийчу а вирзина, кхузахь динан керла вирд довзийтара, иза даржорехь а, ч1аг1дарехь а жигара болх болийра. Сацам боцуш иттанаш шерашкахь бахбеллачу т1амо а, къизачу паччахьан инарлаша адамаш дойъуш, ярташ, ялташ дагош, талош халкъ х1аллакхуьлучу хьоле х1оттийнера. Халкъ г1елделлера, к1адделлера, сакхачийнера. Цунна к1ордийнера и чаккхе гуш йоцу т1ом. Ткъа Шемала а, цуьнан имаматан лакхенаша а халкъ хаддаза г1азоте кхойкхура. Амма адамашна кху дуьненахь маршо оьшура, машар лоьхура, синтем безара. Къинхетамечу Кунта-Хьаьжас адам машаре кхойкхура. Иза сацам боллуш дуьхьал вара муьлххачу т1амна, муьлххачу тайпана 1азапна, ч1ир екхарна, адаман ц1ий 1енорна. Адамашка шайн дегнаш ц1анде, оьздангалла ларъе, г1иллакхе, къинхетаме хила бохура цо. Вахош долчу маларша, томкано адамийн могшалла талхайо, адам оьздангаллех дохадо, уьш юкъара д1адахаре кхойкхура.
Кунта-Хьаьжийн ц1ийнахь
Кунта-Хьаьжа волчохь зикар ду деш. Ша, Хьаьжа, керла т1ебаьхкинчу нахана шен хьехам беш ву, царна вирд а довзийтуш. – Т1амо, адамийн ц1ий 1енаро х1оттор бац лаьтт т1ехь машар, адамашна юкъахь барт, нийсо а, дуьйцура цо нахе. - Машар а, барт а, нийсо а, ша Дела цхьаъ воцчуьнга х1отталур яц дуьненахь, цундела ерриг ойла Далла т1е ерзаяй, собаре хила. Паччахьо бохург делаш, цуьнан 1едална а сатохалаш. Халкъ т1аме кхойкхучу, шаьш имамаш, шайхаш бу бохучу нахе ла а доьг1уш, адамийн ц1ий ма 1енаделаш. Дерриг адамаш цхьана Дала кхоьллина, цхьа йиш-ваша ду шуна. Паччахьана дуьхьал герз ма айалаш, иза Делан лаамца лелаш ву шуна. Нагахь санна керстанаш шайн зударий сийсазбан г1ортахь, т1аккха айъалаш герз а, т1аккха 1анаделаш церан ц1ий а. Х1етталц садетталаш, собаре хилалаш. Т1аккха Дела шуьгахьа хир ву шуна, т1аккха Дала гечдийр ду шуна аш 1анийначу ц1ийна.
Буру-г1ала
Г1аскхийн эскарийн кертара суьрташ: эпсарш а, салти а шай-шайн дезарш деш каде хьийза. Кадран т1ехьара къамел: Кунта хьаьжин хьехамаш буххенца дуьхьал бара Шемалан «г1азотан т1еман» идеологина. Шемалан з1енехь болчу динадайша кхечу динехь долчу адмашна дуьхьал т1аме кхойкхура, ткъа Кунта-Хьаьжас, массо динехь, массо къомах долчу адмашна а, хьолахошна, къехошна а юкъахь машар, 1едалан муьт1ахьалла а кхойкхура. Шемалан гонехь болчу динадайша дуьне, хьал лоьхура, ткъа мискачу, къечу доьзалера схьаваьллачу Кунта-Хьаьжас дуьненан хьал-бахам ца лоьхура. Иттанаш шерашкахь бахбеллачу т1амо, талийна ч1анабаьхна, г1елбина, х1аллакхуьлучу хьоле баьхна, хьалхалерачу юкъараллин дахаран кепашка бухаберзарх гутаренна а догдиллина нах доггах т1аьхьах1уьттура оцу керлачу шайхана. Ткъа адамийн кхетамехь цо бечу к1орггерчу карчамо доккха тохар дора Шемалан идеологин бухна. Цунах, Шемала махках ваьккина, иза Макка вахара. Шемал йийсаре ваханчул т1аьхьа даймахка вухавирзинчу Кунта-Хьажас лело г1уллакхаш шена ца гучуха 1ийра областан хьаькмаш. Цхьа-ши шо хьовзале Кунта-Хьаьжин мурдийх цхьа барт болуш йоккха динан тоба вовшахкхийтира. Амма Кунта-Хьаьжин вирдан берриг мурдаш бацара шайн устазан т1етевжина къийсамах бухабевлла. Башха Далла г1улла-кх дан хьаьгна а ца бахнера уьш оцу вирда юкъа. Кунта-Хьаьжина т1аьхьа бара, Шемалан заманахь г1арабевлла наибаш, мог1ара т1емалой, халкъан а, маршонан а г1уллакхана тешаме к1ентий а. Д1адаханчу ткъех шарахь Шемалан деспотизмана а, паччахьан колониале акхачу политикана а дуьхьал къийсинчу цара, х1инца, шайн устазана а, цунна муьт1ахьчу векалшна а ца хоуьйтуш, оцу вирдах цхьа барт болу т1еман бартхой вовшвхкхетта, керлачу г1аттамана кечам бан болийра. И кечамаш гучубехира 1едална муьт1ахьчу хьолахоша. Лорис-Меликовга Тифлисера схьа мосазза хаийтинера, Кунта-Хьаьжа Кавказера д1аваьккхича бакъхьа хетар. Ткъа Лорис-Меликовна кхечу тайпана гор сурт. Кунта-Хьаьжа лацаро пайда бийр бац, цкъа делахь, иза а, цуьнан хьехамаш зуламе ца хиларал сов, 1едална товш бу; шолг1а делахь, зене воцу и махках ваьккхича, цуьнан метта кхин, жигарниг х1оттахь, иза 1едалн кхераме а, зуламе а хир ву.
Кадрехь Лорис-меликов го. Камеро букът1ехьара го тосуш сурт х1оттадо. Лаьмний баххьех хьерчачу мархашка хьоьжуш, кора уллохь лаьттара иза. И г1айг1ане ойланаш д1алахка санна, белшаш ойъуш, корта ластийра цо. Х1аваэ ваьлла, волавелла, коьрте жимма сада1ийта ойла хилла иза сацийра не1арх чоьхьаваьллачу штабан хьаькама полковник Свистуновс. – Коьртачуштабера пакет ю, хьан локхалла. – Стоьла т1е охьадиллахь, - полковнике б1аьр тухуш, элира инарлас. – Нохчийчуьра хаамаш буй? - Ичкерин, Органан а округан хьаькмашкара донесениш ю. – Керла х1ун боху? – Башха керланиг а дац. Ламанан Нохчийчохь синтеме дац, халкъ 1едална реза доцуш цхьана балхана кечлуш ду боху. Цхьаьна боккхачу г1аттамна кечо еш болу сурт ду и акха нохчий. Вайн ирсана, зуламхошна т1аьхьа х1инца цкъа кегийрхой бен ца х1уьтту. Баккхийчарна эрна хета 1едалца къийсар. Инарлас доккха садаьккхира. – Мятежан тхьамданашка ладоьг1аш баккхийнаш а болуш, ткъа кегийрхой бухаг1ерташ хилча бакъхьа хир дара, хьомсара Александр Павлович. И ун къоначу т1аьхьенан дегнашна чохь дисар ду зуламе. Цхьана минотехь вист ца хуьлуш лаьттира и шиъ. – Керла дан дезаш г1уллакх хир дуй? – хаьттира полковника. – Дац. Парг1ат хила. Цунна т1аьххье не1 т1еч1аг1аелча, стоьла т1е вуха а вирзина, г1анта охьахиира инарла. Меллаша сургучан мух1ар д1а а даьккхина, жимчу уьрсаца пакет дат1ийра, оцу чуьра схьадьхна деалха диттина шера кехаташ схьадехира цо. Т1аккха, ц1енчу йовлакхца ц1андина, дашо х1азаршца куьзганаш шен стомма, бехачу мера т1е а дехкина, кехаташ схьадаржийра цо. Цкъа т1е б1аьрг кхарстийна, т1аккха цхьацца меттигаш лерина еша вуьйлира иза. «Новкъа ду, вайн урхалла ч1аг1дечу хьелех цхьа а нохчий бехачу отделехь цахилар. Кхузахь дерриг вайна дуьхьал дирзина: оцу халкъан амал а, юкъараллин д1ах1оттам а, 1ер-дахар а, 1аламан хьелаш а. Нохчаша вайца бинчу бехачу т1амо цуьрриг а бакъхьа ца хийцина церан амал. Вайн эскарийн тохаршний, Шемалан деспотин 1едалний юккъехь бисинчу нохчаша, вайх ларбала а, Шемалан 1едал д1акхосса а шина аг1ор биэкъа ницкъ боцуш, шайн герз а, мекарло а цкъа вайна, т1аккха Шемална дуьхьал доккхуш, юха шайн вовшашлахь леташ, текхна х1ара т1аьххьара а ткъа шо. Оцу шинний аг1орий, юха вовшашлахь бечу т1амо а х1аллакбина церан оьздангаллехь болу кхетам а, вовшийн лерам а. Кхерамма-м хьовх, 1ожалла а дош ца хета царна. Кхерамах а, 1ожаллах а боьллачу царна, оцу шинне б1аьргаш чу хьоьжуш дерг бен дахар а ца хета. Мохк ялтина дика, токхе хилар бахьана долуш, х1аллак ца хуьлуш дисина и халкъ, амма адамашха терра дахар бохучух кхетам а, тешам а байна церан. Демократизм уггар лакхарчу т1ег1анна т1ехь яра церан даиман. Сословиш х1ун ю-м муххале а ца хаьара царна, аттала цхьа а тайпа 1едал т1елаца а лаац. Иза-м хьовх, «приказ» боху дош а дац нохчийн шайн маттахь…» - Цул, хьердаьлла халкъ ду иза аьлла, доцца яздинехь, - доккха садаьккхира Лорис-Меликовс, - Кошо бен нисдийр доцуш. «Оцу хьолехь йолчу Нохчийчоьнера вайна кхерам ма-барра гучу граф Евдокимовс, Малхбале Кавказ къаръяр чекх ма-даьллинехь, г1алг1азкхийн керла лини йилларца, нохчийн аренашкара ярташ ламанца йолчех д1акъасто барам бира…» - Х1ай-Х1ай! Дерриге хьекъалниг шений, Евдокимовний яздойц Карцовс! – корта а ластош велакъежира инарла. «И барам кхочуш бан доьлча, вайна оьшу лаххара а пхи-ялх шо хан а, оцу ерриг хенахь арахьарчу мехкашца ч1ог1 машар а, нохчийн муьлхха а г1аттам хьаьшна д1абаккха Теркан областехь диллина латто тоъалчу барамехь эскарш а. И некъ д1абахьа, коьртакомандующина ерриг бакъонаш яла еза…» Лорис-Меликов мерах шок тухий, резавацарца кехаташ охьакхуьссий хьалаг1отту. Юха, д1асаволало. Соцу: - Цигара хьал-м, шуна массарначул а дика хаьара суна, - барт туьйхира Михаила Тариэловича, - цхьана дийнахь шайн т1еман кхиамаш хилчхьана, кхин т1аьхьалолан ойла ца еш, т1енисбел-беллачу станицаш, т1еман ч1аг1онаш а ехкина. Коьртаниг ца гина. Х1етахь кортошца ойла ян езара, хьомсара государаш. Х1инца, оцу 1овдалша кегийна худар ас даа деза. Ц1ий а 1енош, - оьг1азе кхоьссира цо.
Свидетельство о публикации №225040301332