Со суьлхьанан буьртигаш лахьош ву

Долор.


Суна цхьа х1ума дагадеа, - олу аса, ойла кхин д1а а хьош: суна «дагадеа», муха деа? Суна иза дагадан, иза суна хууш х1ума ма дацара? Сан эсехь иза хилла дацахь нийса хуьлий ас алар: «суна дагадеа? Ца хуьлу. Нийса муха хир ду? Суна Дала дагатеса, - аьлча, хир ду-кх нийса. Кха т1е йалтан х1у ма тассара, Аллах1а, хаддаза ойланаш йохкуьйту хьуна хьан хьекъалан кха т1е, хьуна уьш хьайна дага оьху а моьттуш. Кхин д1а ойла хуьлу сан: со бакъо лоьхуш велахь, ц1ена дерг суна ладам болуш делахь, со сайца бакълуьйш хила вез-кха. Муха? Ас т1елаца деза къера а хилла, суна сайна дагадог1у а моьттуш, суна мехала хеташ йолу ойланаш, цаьрца хуьлуш долу х1умнаш, уьш дерриш а Аллах1а суна деш долу совг1аташ хилар, суна хьоьхуш а, суна иманехь болу некъ гойтуш а. Т1аккха, аса, уьш сайна дагадеана х1умнаш ду аьлча, со харцлуьйш ма хуьлийца. Аллах1аца а, - уггаре а хьалха, - цул т1аьхьа – суо сайца а харцлуьйш, аьлча а, со сайна тилош. Со, Аллах1аца ц1ена ца хилча, цул т1аьхьа со, сайца а бакълуьйш вацахь, аса, т1аккха, нахаца бакъо муха лелор йу, со, муха хир ву кхечарца бакълуьйш? Иза моттарг1анаш хир ма йу, со царех д1а а воьлла, уьш сох д1а а ийна, иштта хила деза а моьттуш.



1
Делкъал т1аьхье йу. Ладог1а воьлча арара схьахезаш сийсара долалделла саццаза дог1учу дог1анан эгар ду. Марха даьстина ши к1ира дуьзна, дог1а, наггахь бен соцуш доцуш охьаоьхуш ду. Кху чуьра йо1а аьлларг дагадог1у суна хьастаг1: «Х1аъ, шаверг а сецна ву, белхаш лаьтташ бу, дог1а соцуш дац.» Белхаш сецна, хаза хан – б1аьстенан хаза йуьхь – йуг1а йог1ур йоцу хьан жималла санна, хьан са эцна йоьдуш йу дог1анца. Ойлано д1алоцу х1инца сан тидам. Дог1а сецна делхьара наха шайн кертара г1уллакх дийр ма дара: ц1а дан леранчара: бух буттуш, пенаш хьаладохуш, тхов т1ебохуьйтуш; керта лелочара: хасстоьмийн х1ун д1атосуш, кертахь дан дезарш деш, кхин а масане ду б1аьстенан мурца лараван дезарш. «Шаверг а сецна ву»… Ойла йаьржа  и лаьтта охьаиэга т1адамаш ма даржара, цхьадерша 1ам хуьлий гуллуш, дукхах дерш лаьттах д1ауьйш. Аллах1ана лууш дерг х1ун ду те, Цуо латтана, йалтана токх йаларан совнаха? Цхьа а зорг йуй техьа кху ца соцучу дог1анна йала? Иза айса аларцани йуха дагадог1у, исламехь зоргаш хуьлуш ма йац, - олий. Сийсара долалделла, м1аьргонна а сецна доцуш охьалиэша и дог1а. Делан беркат, Делан къинхетам – цхьана аг1ора, кхин д1а а гена ойла кховдийча – Аллах1 ала г1ертий техьа, х1ара дуьне цхьана дог1анан т1адам меха а дац, сел ч1ог1а адам кхуьнга марздала. Т1адам пана ма баллара, х1ара сел марзаделла долу дуьне а пана дера долуш хилча, д1адера долуш, кхин цкъа а хир доцуш. Со а 1ехавелла ца хуьлу кхунах, кхуьнга марзавелла, кхунах цхьа х1ума тарделла, цкъа а кхачалур х1ара доцуш санна малвелла, партал а ваьлла, велла д1аваьлла? Тхойшиннах дийна муьлхарг хуьлу ткъа: йан фана дерадолу х1ара дуьне, оццул исбаьхьа долу, ницкъала долу, «мехала» долу, йа со, п1елг хадийча а холча х1уттуш волу, жимма а дог лазош ов тохахь - са маллуш волу? Со сел ч1ог1а кху поппар-латтах, т1оьхула тасавалар х1ун пайда болуш ду-те, хьиен ца луш кхуьнан кийра вухаверза везаш со вуйла виц а луш? Дог1а-м кхин соцуш а дац, кхоьссина дог1уш ду, соьга ала г1ерташ санна: «Сан карахь а дац цхьа а х1ума, йа хьан карахь а дац, деккъа цхьа вай Кхоьллинчунна муьт1ахь хилар бен, вайна к1елхьара довла кхин некъ а ца йазбина». И ойла хиллачул т1аьхьа суна дог1а кхин новкъа ца хуьлу, суна цуьнан эхар кхечу аг1ора хеза х1инца. Сайга ладоьг1ча суна, суо дог1анца къамеле ваьлла караво. Сайн дега к1оргера х1умнаш дийца тешаме накъост хуьлу суна кху дог1анах, цуо ша лаьттах д1аоьш, шеца д1ахьо сан къайлера х1умнаш. Цуьнга дуьйцу аса Хи дистина т1едаларах. Цхьаболчара дуьненахь а т1е даьлла хилла олий хьаха до, вуьйшберш – цхьана Мессопатамехь бен т1е даьлла ца хилла олий, ч1аг1дан г1ерта. Кхин д1а аса йеш йолу ойланаш суна дог1анца дагардийцар хета. Иштта, со, х1ара йозанца лар йуьтуш 1аш волуш, дог1анан г1овг1а ч1аг1ло. Суна даготосу: Мартан-хи дистина техьа, - олий. Арахьожу корехула, латта хьулделлий техьа хица? Оццул йоккха г1овг1а йаьккхина хеза арара. Ца тешаш хи долчу аг1ора д1ахьожу со, не1 йоьллий ара а волуш. Мартан-хи ийна, цхьанакхетта Орган-хица ду кхузахь, лакхарана охьаоьхуш. Ахьламдулиллах1, хи дистина дог1уш цхьа а билгало а ца гой, сайн йозанна йуха д1ат1евоьрзу со. Ма к1езга х1ума йу-кх, адам боху сагала. Хаддаза ладег1а дезаш бохам мичара гучуболу техьа бохуш. Аллах1 иштта вац. Цуьнан х1ума цкъа аьлла ду, цкъа д1айаьздина ду, цкъа «Хила» олу, цул т1аьхьа кхин цхьа а х1ума, Цуьнан, йуха кегон дезаш хьашт ца хуьлу. Цкъа аьллий, цу т1ехь чекхдаьлла. Со ву хаддаза луьстуш, кегош, хоьржуш, йух-йуха 1енош, схьа а ца лахьалуш сайгара хьал-де. Х1етте а суна сайха къа ца хета. Х1унда? Аллах1а, Ша вуйла хаийтина суна, сан са а кхоьллина. Соьца йохк-эцара а йина цул т1аьхьа. Муха? Цуо соьгара сан са эцна боккха мах белла? Муха эцна? Дуьйцу хьуна. Со Шена муьт1ахь волуш чекхвалахь, цунна дуьхьала, Дала, Шен Исбаьхьа Йалсамане чохь вахийта дош делла, даима-абада йолчу ханна. Иза мел хан хир йара? Цуьнан терахь со дагардина валале, кхиниг, цу шира заманахь и дистина т1едаьлла Хин т1адамаш б1е эзарза а дух-духа дагар дан кхуьур вара. Дог1а, т1аьхь-т1аьхьа ч1аг1далар бен кхин лаг1луш дац. Цу г1овг1анца цхьана суна ц1еххьана тийналла хеза. Арахь садоь1а х1ума йац гуш а, йа хезаш а; цхьа адам ца го шен ца торчу балхана арадаьлла, йа цхьа а эчка-ворда а йац мохь оьхуш урамехула хьаьдда йоьдуш иккхина. Ша долу х1ума сецна, дуьне доха герга даханча санна. Тийналла х1оьттина б1аьрсина, лерсина кхерам туьйсуш ницкъ болу дог1ан хи делахь а. Шина к1иран йуккъехь кху дог1ано йуткъа йина хье чуьра ойла, гатдина кийрахь д1атарделла са, - х1инца сурт х1утту, - ма «де» хир ду-кх т1аьххьара деана «Де»!


 
2
Гадаев Мохьмад-Селахьан киншка лохуш вара со. Цу т1ера цхьацца байт эшна, д1айазйан. Пашаев Абу ву (дозанал арахь а г1арваьлла зил-йозан говзанча) шен рог1ера д1агайтамна керла исбаьхьаллин дахкарш кечдеш. Коьрта чурха цу д1агайтаман Гадаевн кхолларан васт хир долуш. Абу ву, соьга шена накъосталла де аьлла, парг1атваьлла. Киншканашна йуккъехь сан б1аьрсино Бексултанов Мусан йозанаш тидаме лоцу. «Йо1-б1аьсте» д1адоьшу аса. Буйна эцна схьайиллича «Басмин коч» аьлла ц1арца йолу дийцаран аг1о нисло. Б1аьргашца йукъ-йукъара леха х1утту.
«…Иза кевнан жима не1 а йиллина, чоьхьа йелира, аьрру буйнахь кад а лестош. … Йуткъа йара дег1ана, т1ехь басмин коч а йолуш.
 – Киншка хаза йуй? – хотту йо1а, кхуьнан буйнахь шена иза гича, - йелалой, корта гара а боккхуш.
 – Йу… - элира кхуо, бухара хьала а хьаьжна.
- Деца йуй чохь? – киншкин мужалт шега д1айерзира. Т1аккха, балда а саттийна, - «Хьалхара безам», йуха а йелайелира зевне, жаг1а санна йолу цергаш а, меттан буьхьиг а гуш. – Йо1-м ца йезайелла хьуна? – б1аьргашна чу хьаьжира. Бере санна хьаьжира.
…Иза кху аьхка йаьллера ишколехь итт йаьккхина.
Кхуо барх1 бен ца йаьккхинера х1инца а.
Иза кхеран лулахо йара.
Иза кхунна йезара.»

Йезара, везара, безам. Хьанна ца девзу и дешнаш, мила хир ву безаман шовкъ йовзаза? Суна Шекспир дагавеа, аьлчи а цуьнан говзарш. Гадаевн к1айн безам а, Малике цуо кхаьбна хилла болу. Шекспира безам берашкара гайтина хилар х1ун бахьана хир дара? И ойла дуьххьара кхоллайели соьгахь. Драматургихь хьахийна а йац иза. Ромео а, Джульйетта а 12-13 шерашкахь жимха ши адам ду. Цу хенахь т1екере а, чукаре а ц1ена хуьлун дера, цхьанца а иэйина йоцуш. Деккъа ц1ена ъасар ду цу шинца, к1айн безам бу цу шинни вовшашлахь беанарг. Бераллехь а, йуха жималлехь а хуьлу, наггахь, иштта к1айн безам. Цул т1аьхьа берг беккъа ша цхьаъ ца хуьлу, ийнаа хуьлу. Ричардан 111 безам саьхьара безам бу, 1едалан дарж дезарца боьзна. Мар вийна, йисина 1аш йолчуьнга болу, т1оьхула т1е цуьнан мар кхо вийна а ву, йуха вешин йо1е берг а, иза шена йало цу йоь1ан ненаца барт хуьлий. Цу хенахь безамийн 1индаг1 ч1ог1а деха хуьлу, ша безамал а. Ткъа жималлехь беанчу безаман 1индаг1на кхиан хан а ца йуьсу. Ромеон, Джульйеттан безамна 1индаг1 доьг1на дацара. К1айчу безаман хан к1езга йу кху бакъ-харц дуьнент1ехь йаккха хьег1нарг. Иза бу Шекспиран дийцаран бохам. Йуха, цуьнан локхалла а. И бу и бохам. 1индаг1ашца цхьана са ца де1ало к1айчу безаме, иза малхаца цхьана тхов к1елахь тарбалац. Шекспира некъ лоьху ц1енчу безаман кхоллам бахбан, шена хуъушехь иза дан ницкъ кхочур боцийла. Гадаевн "Гурахь даьлла зезаг" байт шича-мохчаллехь йу Шекспиран чурхица. Йиш-ваша санна йуххера ду аьлча, шен меттехь а хир ду. Гадаевна а зиэ делла "к1айн безам" дехачу дахарна беана ца хилар.

"Гуьйренан зезаг го даьлла
Борачу баца йукъахь...
Селла хьайн дег1ан куц кхаьлла
Х1ун дора декъазчу ахь?


Мох кхетча, лесташ т1етийжа
Гуонаха кхин накъост вац.
Малх кхетча, хьостуш т1ехийша
Эсала полла а бац.


Гой хьуна, цхьа ду хьо даьлла
Борачу баца йукъахь.
Селла хьайн дег1ан куц кхаьлла
Х1ун дора хеназа ахь?"



Х1аъ, 1индаг1 кхиа кхин хан йац ц1енчу безамна. Цуьнан ц1аналла ца тарло пайда лоьхучу ъасаршца, иза цунна нийсса дуьхьал дерг ду. Кехаташца кхоллабелла болу безам, - Мохьмад-Селахьний, Маликиний йуккъехь, - дистина деана хих тера бу. Цхьана аг1ора Маликин, шен жималлийца ц1ена хилла болу, сехьара берд лецна лаьттана. Дехьара берда йистехь х1оьттина лаьтта, дахаран шен зиэ делла болу Гадаевнаг а. Иза ийна бу кху дахарехь хиламийн 1индаг1ашца. Чогг1а мохь тоьхна беана Гадаевнаг, доккха даьлла дог1у Орга-хи санна, татанца. Маликин шовкъ, сирла шовданах тера йу, чу хьежча чекх са а гуш. Орган-хи дистина деана д1адоьду, амма кхин моссаза духа дог1ур ду иза иштта, бухара сирла шовдан хьоста хьешна даржош. Даьржина дог1учу хино, сирла лаьтта шовда иэдеш шеца д1ахьо. Гадаев дика кхета цу билламах, ша динчух а. Иштта д1а ваг1а иза а, шеца Маликин шовкъах шовкъ эцна, Малика хьаьшна а йуьсуш, ойла йаьржина. Иза дахаран бакъ а ду, йуха цуьнан бохам а бу.



3

Ламаз эцна ваьлла йуьхь т1е гата хьокхуш, куьзгана чу хьажавела со, сайн туойан йеза маж-мекх дагадеана. Цу хьажарца ойланийн 1еха хьаьрча сан сих. Сан тидам, сайн хийцайеллачу йуьхь-аматан т1ехь соцу, ткъа шо, шовзткъа шо хьалха хиллачух лар а ца йисна, - хета суна. Дала йуьхь-амат делла суна, хийцалуш долу йуьхь-амат. Аса иза муха леладо – соьгахь а дитана. Х1инца бен иза коьрте ца деана суна цкъа а. Сан йуьхь а сан йац, иза а, Дала, цхьана ханна лело йелла йу соьгахь. Х1инца дагадаийта г1ерта со, айса иза муха лелийна: реза волуш, оьг1азе хилла, баркалла долуш, йан баркаллаза? Иза дан сайн ницкъ кхочур боций хиъна, амма кхин д1а айса йоккхучу ханна, сайн йуьхь Аллах1 реза воцчу басах ларъйан лиъна, ламаз дан х1утту со.
Йо1 йезайелла, шел а, ши-кхо шо йоккха йолу йо1 а йезайелла, йуха, иза, йедда йахана, маре дина, чохь цхьаннийна а хууш доцуш, цуьнан нана «шийла мохь» аьлла шайн кех чу иккхича: «Ва, орца дала, йо1 йаг1на, йедда йаг1на, маре йаг1на, басми коч чохь охьа а кхоьссина, г1абали а йоьг1на!», - к1ант 1адавой вуьсу. Кху жимхан буьда дагчохь ца тарло цу йо1а динарг. Хила йиш йоцург ма ду цу йо1ера даьлларг, - моьтту кхунна. - Цуьнан дуьхьа со сайн са а… - д1ала кийча а волуш… Кхунна дагахь а дац, цу йо1ана хууш ца хилар, кхунна ша йезийла. Кхуо кхаьбна хилла долу ойланийн даьхни, т1ехь 1у воцуш дара. Гинарг г1ан хилча, Деле до1а а дина, дикачу аг1ора тидина болх бийр бара. Х1ара г1у чу вуьйжа. Х1ора а цкъа воьжна а, вожа везаш, х1оранна а шен ц1арах йаьккхина г1у йу иза. Кхунах летта йогу ц1е йайъа ницкъ кхочур буй цу хина? Кхуьнан дог дегабаамах д1ац1андан а кхочур буй ницкъ? Бац хьаха. Безаман ц1е йайъа ницкъ ца белла Аллах1а цхьана а хина. Кхуьнан б1аьргара охьа легаш долчу дуьра хиша кхин т1е 1овжор доцург, йеш цхьа а тайпана г1оле йац. Шен дукха дезаш долчу х1умнех къаьста везаран бал кхуьнгахь бу х1инца. Вайн мог1аре сехьавела кхин цхьаъ нохчийн къонах, вайх схьакхийта.
Хьалхара стом бара иза, кху дахаран бешахь кхунна боьг1на боцчу стоьмах, стоьман беш кхунна шен долахь хеттехь а. Дегабаам бустам боцуш боккха бу кхуьнан. Безам кхуо хаьржинера, йан безамо х1ара хаьржинера? Хьо стенгара схьавеана, йа стенга ваг1а новкъа ваьлла хьо, х1ей, безамо лецнарг? Х1ара бешахь лаьттара, йуьхь стигла а йерзийна, дуьра хиша кхуьнан дуьне дашийнера, хьулдинера, Нухь пайхамарна (1алайх1и салам) т1ехаъа кема хиллехь, кхуьнан ураталла гечо а ца диснера татол тоьхула вала а. Лазам боккха бара. Х1ун ду стаг г1у чу кхуссуш дерг? Безам? Хьаьнга болу безам: йо1е-к1анте, йан Аллах1е? Сте вуьгу г1уна: хьогалло, йан ц1аро, кийра д1алаьцна иккхинчу? Хьаьнга бу некъ: йезачуьнга, йан Безам Кхоьллинчуьнга? Ткъа цу новкъа ваг1алой кхетамчохь а волуш? Когийн ларашца чекхболу некъ, йан хьекъалан хьаьттахь, йан деган х1усамехь?
Йуха эвлайистехь хезаш пондар-вотийн тата дийкира къиза, нускал доссийна бал х1оьттина. Буьйса йукъайелла лаьттара. Нана кхайкха х1утту кхуьнга. Х1окхо эххар а жоп ло дегабаме: - Д1авог1у со. Х1ара барх1 класс йаьккхина вара, йо1а - итт йаьккхинера. К1анта хотту шен нене:
- Дийцахь, нана, безамах, иза маца кхуьу, мичахь?
- Доккхачух са х1унда хьаьга, жимчух къа а х1унда хета? Нана йала хьан, муха йийца-кх, хазалло кхуллу г1айг1а.
Оццул дуькъа аьлла дош хир дац безамах, Бексултанов Мусас аьлла долчул. «Муха йийца-кх, хазалло кхуллу г1айг1а». Безам хьахийча, уггаре а хьлха йо1 а, к1ант а дагатосу адамна. Цул т1аьхьа бу кхечарга болу безамаш. Аллах1а иштта низам делла Шен лайшна, дуьххьара Адам, Хьавай а кхоьллина. Цу шинни вовшашка хилла безам, - даймохк, да-нана, йиш-ваша, къам, халкъ, деши-дети, пачахьалкх, - уьш цу шинни берийн стом хир бу, цу шинге лар ца йеллачу бешара къахкийна, и беш йита йезна хилла долчу шина адаман т1аьхьенан.

 

4
Сан дог а кхийда хийланийн а санна, х1инца а доцчунна т1е, йан хила а йиш йоцчунна т1е. Де-буьйсанехь, царех мелла а делахь сахьташ ас йечу ойланехь, цкъа а хин доцурш гул деш йеш карайо. Царца веха де-денор г1енах санна, йуха меттавеача царех лар а ца йуьсу. Х1ораза ч1аг1о а йо дан дезачуьнан бен кхин ойла йийр йац олий. Т1аккха дагатосу бирлиант а, лаьтта к1оргера схьадаьккханчу хазнах деш хилар. Цхьа башха говзалла йолчуьнан куьйгах иза чекхдаьлла хилар. Сайн ойланийн аре йоккха карайо суна, цу т1ехь стом бохьу хьаьтта керайуккъе йиллал а ца хуьлу. Сан г1ад а диттах лаьтташ ду, цуьнан орамаш лаьтта бухахь д1атарделла. Къайле хуур йац орам хьайна бевзуш бацахь. Орамаша муьйлу дахаран мутт хьайна ца довзахь. Иштта ду хьан дог а. Иза тера хета салларех. Салларех а ма ца хуьлу полла, дуккху а зиэрах чекхдаллалца. Хьан хаъа цуьнан сагатдаларш стенца доьзна ду, шен боца, йан беха некъ цуо бохьуш… Дог къийларш цуьнан мел хуьлу... Цхьаъ ц1ена бакъ ду, безамах вогучуо деса х1ун даржор дац тешаман оханахь. Сайн г1алат лоьху аса, иза карадахь сайн къайлахь дерг а кароре сатесна. Дахар куьзгана тера хета, амма эзар дакъа хилла доьхначу куьзганах. Хьо цхьаъ волуш, йуха х1ора куьзгана декъехь дуьхьала а х1уьттуш – эзарза, соьга и куьзга схьагулдалахь баланаш кхачор болуш санна а хеташ. Хаъа суна, иза а сан 1ехавалар бен доций, иштта 1ехавала лаъар бен. Суо лам боккхуш воций а, ткъа чу вуссуш вуй, чу кхечна волуш воллу кху лаьтта, йуха цу лаьтта буха тарвала а везаш. Гадаев М-С дешнаш дагадеа. 

Гой хьуна, Даймохк, сан г1елбелла когаш?
Хьуна т1е некъ бина, г1елбелла уьш.
Гой хьуна, б1аьргаша дуьра хиш легош?
Дагна т1ехь ницкъ хилла, доьлхуш ду уьш.

Хьох хьегош, со х1унда хьийзаво кхиэло?
Иштта а вай оьмар дог 1аббол йац.
Ахь тасахь – кхин мохк бац сан дог-б1аьрг бело,
Хьан некъах д1ахадахь – кхин кхача бац.

Геналлехь хан йаларх, ца хета хийра,
Муьлхачу хьан маь11ехь хетта сайн ц1ахь.
Берриг хьо тарбин ас сайн жимчу кийра,
Со велча хьайн кийра тарвелахь ахь.

Маржа, Мохьмад-Селахь, хьан кхоллам а бара аьгна йург1а санна. Х1ора мог1арехь тешаман лар-м йисна хьан. Къера хилар а. Хьан къера хилар – иза латта висар дацар, данне а, - собарца хьан кхиар дара иза, хьайн къайле хьуна йовзар, хьайн г1алат ахь пайденна дерзор. Хуьлуш мел долчу х1уманна шен маь1на а ду, бахьана а ду, кхолламца доьзна а ду. Ткъа кхоллам х1ун йу? Кхоллам – иза Аллах1ан къайлехь долу 1илма ду, Цунна бен хаъа йиш а йоцуш. Йогучу ц1аро серло а ло, йовхо а иштта. Х1унда? Иза безамца йогу дера. Цунна хууш санна хета ша безамца йага йезий. Иза йогу, амма ла ца ле. Адамийн дохделлачу дегнашчохь йуьсу йаха. Безам цкъа а леш боцун дера. Дуьххьара безам бевзинарг шиъ ду. Адам а, Хьава а. Дуьххьарлера мах а Йалсаманехь бина бу. Цу шиннийн йуккъехь х1оьттина и хьалхара мах. Цундера а лору Аллах1ан дуьхьа бина безаман мах - Йалсаманера мах, - олий.



т1аьхье йу


Рецензии