***

Йахьйан Салахьаддин.


 
Сценарина лерина



Х1ара туьйра ду, хьовсархой, шу ларлолаш. Туьйранах бакъдерг хилла олуш а дуьйцу -х1ум гинчар. Царна г1алдий-булдий, вайна к1айн божжий, моззах дуьзна чермий.




БУРБАР




Цхьа доьзал хилла бехаш-1аш. Да а, цуьнан к1ант а, йуха цу к1ентан дести а. К1ентан куьйга т1е йоза х1уьттуш хилла: «Цкъа катоьхчи, шиъ лом лоцу Чаборз», - аьлла дешнаш а х1уьттуш. И к1ант воккха хилла, амма ц1ин т1ехь пайденна ца хилла, хиллане а; ур-аттала дийнахь а чуьра аравала кхоьруш хилла иза. Дестечо чехош, хьийзош кхуьуш а хилла и к1ант; иза дега д1адийца воьлча, дестечо: «Ахьа бурбар аьлла хьайн дега суна д1адийцахь, аса берзлошка вохьуьйтур ву хьо», - кхерамаш туьйсуш. Иштта шолг1а ц1и а д1айахна цу к1ентан – «Бурбар» аьлла. Эххар а карзахйаьлла десте к1ант шена новкъара д1аваккха сихйелла.


- Кхунах вайшинна накъост а хир вац, х1ара ларвина вайшиъ а дер дац. Лахахь цхьа йоккха к1отар йу, цигахь вита веза иза. Цигарчу наха мацалла волуьйтур вац иза. Иза дан хьо реза вацахь, т1аккха, аса кхузара гач бийра бу тхайн де ц1а долчу. Харжа хьайн. К1ента да, кхин дуьхьало йан а ца х1уттий, и к1ант кху шиммо цу к1отарна гена йоццуш хьуьн-арахь кхуссий вуьту.



Цу к1отарахь беха нах а хилла шайх цхьаберш дег1а-меже а йоцуш. Царех цхьаъ-ам корта боцуш а хилла. 1ай а, аьхка а, цхьа йоккха чанАна хилла шен к1орнеш йалош цу к1отара оьхуш, цигарчу адамашна зенаш деш. Иштта царалахь, черчаша куьйгаш даьхна а, когаш баьхна а, б1аьргаш дойла берш а хилла. Цхьаъ-ам цара кхерийна, 1адийна, лер са а даьхьна висан а волуш.


 
Бурбар, уггаре лекха дитт хоржий, цу боьххье волий д1атарло, лаьттахь виса акхаройх кхоьруш.


К1отарара нах и черчий йейъа а ца баьхьаш 1ачу хенахь, к1отархошна саг1ийна йуъург йохьуш вог1учу стагна Бурбар карийна дитта т1ехь 1аш. Охьа а восссийна, цу къонаг1чо хаьттина Бурбаре:
- Хьалха, со 1овеъча, ва ма вацара хьо кхузи? Мала ву хьо? – аьлла.
- Со-м.., берзлой лиэца араваьлла вар, лакхара 1а чу дика го лаьттахь дерг, цунна вара со лакхт1ера охьахьожуш, - шен куьг д1акховдийна Бурбара т1иэра йоза цунна гурриг, цунах а кхеравелла.


Саг1а дахьаш веъна стаг гина арабевллачу нахана, хаза кхаъ хилла, - х1ара таллархо ву аьлча. Цара баккхийра беш, кхаьънашца, вадийна шайн к1отара д1ачувигна Бурбар: «Ва, цкъа катоьхчи, шиъ лом лоцу Бурбар карийна вайна; кхуо йойъур йу вайн к1отар 1а чу оьху черчий», - йохуш.



К1отархоша Бурбарна дика герз а кечдина, х1инца черчи ларйан аратуьлу х1орш.
- Черчи йог1у йолчу со к1елхуур ву, аша уьш т1еталла, - аьлла, уьш д1а а хьовсийна, Бурбар поп т1е ваьлла, чано ша вахьарна кхоьруш.


Х1инццалца санна, к1отара чу йог1у черчи (жима ши к1орни, чанана цахилла цаьрца), поп к1ел кхоччушехь, охьахьежча, царех кхеравелла дог а г1елделла, Бурбар т1е а воьжна, букъ кагбина охьайиллина и ши к1орни. Ша йийна ши ча текхайеш, к1отара чу веана иза.


- Вай, муха ка йаьлла хьан х1ара шиъ йен? – йохуш, ч1ог1а тамаш бина к1отархоша.
- Уьш сайна т1екхоччушехь, ц1аьххьана катоьхна схьалецначу аса, саттийна букъ бойра цу шиннан, - дийцина Бурбара.


Гонд1ахьарачу массо а к1отаршкахь а, гуонах йолчу йарташкахь а, ц1е йоккхуш г1ара ваьлла Бурбар. К1отархоша ч1ог1а дозулла деш а хилла цунах. Меттигна – «Бурбар-к1отар» аьлла ц1и а йаьккхина цаьра.



Иштта х1орш мерза 1аш а болуш, т1ом беш т1е вог1уш мостаг1 ву аьлла хабар кхечча. К1отархоша кхеташо йина цу балхана х1ун дуьхьало йерг йар вай аьлла. Куьйгаш доцчо – ша секха 1ад лелор ду аьлла. Ши ког боцчо – ша г1ашло хир ву аьлла. Б1аьрзечо – некъ ларбийр бу аьлла. Къорчо – ха дийр ду аьлла. Кхин а корт боцург а висна. Цуо аьлла: «Аш дуьйцучух хьалт1ам-берам хир бац. Вайна йуккъехь майраллица, доьналийца г1араваьлла стаг ву; вай цуьнан ц1арах к1отарна ц1и а йаьккхина. Вайна оьзда хир дац иза хьалха ца ваьккхича». Наха хаьттина корт боцчуьнга: «цуьнга цхьанги балург буй и т1ом»? – аьлла. Корт боцчо дандезачу г1уллакхна ц1и йаьккхина т1аккха.


- Т1ом балур бу вайга! – аьлла Бурбара, кхеравелла когаш чуьра са даьхьна а волуш. «Цуьнга говр къастайайта рема схьагучуйаьккха», - аьлла т1аккха, кортбоцчо. Рема схьайалийна, Бурбар дукха ч1ог1а кхеравелла, къайлаха дечиг хьостум а эцна, царна йуккъехула волавелла, говрашна и 1уьттуш. Хьостум 1оьттича, д1аэккхарг йуьтуш, д1авоьдуш цунна хьостум 1оьттича д1а ца эккха говр карийра. Кхуьнан дагахь хилла, ша т1амна т1аьхьа вуьсу аг1о лоьхуш, партал говр лахар. Ткъа Бурбарна нисйелларг, цунна ца моьттучу аг1ора, т1аме хоьхкуш, т1амах д1абоьлла дин хилла.


К1отархойн цецбовлар т1ех сов хилла, Бурбарна къаьсттина т1амт1е кхийлийна дин къасто хаарх. Х1орш т1амна кийча бу х1инца. Мостаг1ий гучу ма-бевли, т1амна чу хьада безий х1инца Бурбаран дин, к1отархой генна т1аьхьа а буьтуш. Кхеравеллачу Бурбара, ша цу говре т1амна йуккъе ца кхоссийта, лаьтташ долчу къуона кхуьучу шина диттана йукъа хьовзийна шен говр. Дехьийсехьий катоьхна диттийн ши г1ад схьа а лаьцна, и шиъ кхин д1а ца хоьцуш, озийна буха даьккхина Бурбара. Т1аме лело 1емина болчу цу дино оцу буьрсачу т1амана йуккъехь и ши дитт хьийзийна, доллу а мостаг1ийн эскар х1аллакдина.


Бурбаригар бертаза даьллачу шина хьуьнаро йоккха ц1и йаккхайтан цуьнан - дийна махкахь а. Цу ц1арца ваха хайна Бурбар. Амма г1ан санна т1евог1уш кхин а луьра мостаг1 ву аьлла даьржира духа а хабар. Бурбарна оьшуш болх бацара иза. Вуочу г1енах вада ма-лаъъара, вада везара х1инца цу т1амах а. Ткъа муха?



Гинчунна, хьежанчунна – моз 1айг,
Га ца лианчунна – дуьйрийн 1айг.


Рецензии