***

Асламбек Гайтукаев: литературный дневник

Нохчийн маттах лаьцна аьлларш (Высказывания о роли языка)


«Къомана хала киртиг тIехIоьттича, оцу къоман дагах, сих кхеташ дерг шен къоман меттан оьзда а, цIена а, лараме а дош ду. Нагахь санна и дош ала куьйгалхой ца хууш йа йуьхь йоцуш белахь, бохам хила герга ду…»
М. Овхадов.
* * *
«Шен къоман мотт буьйцучу стага – къам кхиадо, къоман мотт бицбинчо – къам дийна. Шен мехкан хIора дитт, кол, тIулг, бецахал шен дуй а хууш, шен мохк безаш, дог лозуш, мукъам санна, мохк даг чохь лекхалуш хила веза муьлхха а нохчо, ша нохчо велахь».
М.Бексултанов
* * *
«Нохчийн мотт цахаарх стаг вахалур ву, рицкъа а даккхалур ду (иза коьртаниг делахь), амма шен къоман башхаллех, билгалонех стаг дIахедар ву. Шен дайшца зIе дIайер йу-кх. Дийнатех тарлур ду-кх вай… Дела реза хинволу гIуллакх дац иза. Сийлахьчо вай нохчий долуш кхоьллина, вайга иза хетта а ца хоьттуш. Делан лаамна вай реза ца хилча довлац…»
М. Ахмадов



Другие статьи в литературном дневнике:

  • 10.08.2023. ***
  • 05.08.2023. ***