Совг1ат

              А над землей качались ветры.
                Беро яздинчунна т1ера.

Кхоран дитт буса кхерийра.
Шуьйрачу аренгахь акхачу буьйсанна стиглара седарчий кхуьнан генаш т1е эга дуьйлира.
Дитт стохка-лурчах бен кхиъна дацар...
Синтарийн кхетам-амал яра цуьнан х1инца а.
Дезчу совг1атан богг1у мах хадо хьекъал дацар.
И кхоьрура.
- Кху 1аьржачу буса суна оццул тамашийна совг1ат х1унда делла? - хаьттира цуо «шабар-шубар» дечу махе.
Мох шакарца кхуьнан гаьннаш юккъахула пана махка д1ахьаьдира.
- Ва-нах, х1ара хьун ду? - хьаьжира х1ара лаьтте.
Латта генахь дара - гуттара лахахь.
Кхуьнан генаш т1е ца кхочура цунна.
Кхуо генаш т1амаршца стигале айира.
Стигал генахь яра - гуттар а лакхахь.
Амма седарчий оьгура кхуьнан генаш т1е.
Жимма дагош уьш.
Жимма гилгаш дохуш.
Ч1ог1а х1ара кхерош...

Буьйса ешара 1уьйренан тхичохь.
Седарчий маьлхан з1аьнаршца дешара.
Схьабеанчу махо кхуьнан г1аш хьовзийра - уьш стигала кхаччалц т1ома девлира.
Юха - г1елделла, - олхазаран тоба санна, лаьтта ийгира.

...Юха а буьйса еара.
Юха а седарчий оьгура кхуьнан генаш т1е...
Юха а 1уьйрено седарчий дашадира.
Юха а х1ара кхоьрура.

Амма х1инца совг1атех ца кхоьрура.
И совг1ат ца кхачарна…


Рецензии