Паналлехь

Шина некъан юккъехь лаьттара и.
Гуттар а.
Хьалха, к1айн марха санна, ешначу хенахь, трамвайш лелаш хиллачу аьчган шина новкъа юккъехь.
Х1ара кхуьнан «блокпост» яра.
Макхбелла, малх бицбина, малхо бицбина нах лоцура кхо.
Оцу сохьтехь кхуьнан хьажар хийцалора.
Ц1оцкъамаш, хих дуьзна ведарш охьата1ийна 1ад-т1емаш санна, сеттара.
Царна к1елхьара схьакъедаш болу б1аьргаш дайначу к1езийн хьажарца дуьхьалкхеттачуьнга хьалахьовсура.
Кхо, ша кхуьнга кхаьчча дуьйна схьа, ц1ано х1ун ю ца хиина йолу фуражкан чуьра хьекхийна кехат схьаоьций, къамел доладора...
- Со... лазийна ву... х1оккхуза... гой хьуна? Исправки т1ехь аьлла ма ду... апраци ян еза боху суна. Ахча... дац-кх...
Дуьхьалкхеттарг къора тентаг елахь, хабар дахлора.
- Зуда 1уьллуш ю сан... К1ант а т1епаза вайна. Со кхузахь, г1алахь, т1еман юккъехь виснера. Контузи хилла суна... Хьайн аьтто белахь...

Аьтто хуьлура. Бацахь - бу моттуьйтура...
Сом-ком ца кхуссуш цхьа а ца 1ара.
Т1амо нехан дегнаш ца хийцинера.
Дегнаш к1еда дара.

Сарахь х1ара шен хьусаме чу кхочура.
Цицигийн а, к1езийн а тоба кхунна дуьхьал схьахьодура.
Бепиган цастаршший, шуьрин т1адамашший д1асадоькъий, х1ара дехьачу волура.

Келенка латийначу корана к1елахь бамбийн тишачу гоьна т1ехь 1уьллуш волчу жимчу стага хоттура:
- Ийцин ахь?
- Ийци, ийци, - олий, кхо, сихха молха шприцан чу дуттий, цунна маха тухура.

Шина когах йисна гуьйрагаш гарранехь эго юлура.
- Д1атийн? - х1ара цуьнан б1аьрхьажар лаца г1уртура.
Хьацар тоьхна, мелла ц1еелла юьхьа т1ехь мокхаза б1аьргаш б1аьрхишца кхуьнга схьахьожура.
-Алхьамдуллиллах1...- кхуо шогачу куьгаца к1ентан хьаьжа т1ера хьацаран т1адамаш д1ахьокхура.
К1антана наб кхетара.

...Х1ара, йохийна балкон т1е волий, д1адуьжучу дуьнене хьоьжуш 1ара.
Кху дуьненчохь х1арий, дехьачохь вижна к1анттий, сонехь, «ц1ал-ц1ил» бохуш, д1атийна долу кхеран даьхний доцург, кхин цхьа а вацара.
Кху доккхачу дуьненчохь.
Х1арий.
Нехан к1анттий.
Акха евлла садолу х1умнашший.


Рецензии
Вай лайна. Вайна тIехIиттина. Вай чекхдилина ирча суьрташ ду - кх...

Ларамца.

Рассвет 2   17.03.2011 16:34     Заявить о нарушении
Собар долуш къам хилла-кх вай...
Дела резахуьлда.
Лерамца.

Лула Куни   20.03.2011 23:54   Заявить о нарушении