Ирахь1ар

                Х1оранне даг чохь шен к1охцал ду…

Дуьйцура. Дехха. Б1аьргаш чу хьоьжуш. Хьан синан къайлене кхача г1ерташ санна.
Дешнаш х1аваэхь, полларчийн т1емашца, стиглан сийналле д1аоьхура. Дай дешнаш. Деса дешнаш.
Даг т1ехь-м шан г1орзолг 1уьллура - цуьнан хьалхарлера дош. Д1евше. К1оршаме. Хьан сих кхеташ.
Хьо елакъажарца йистхилира:
- Хьо г1елл-м ца велла? Бехха некъ ма бина ахь, кхуза кхача г1ерташ.
Иза, т1улгах тасавелча санна, сецира.
Шийла схьахьаьжира:
- И х1унда боху ахь?
- Хьоьга кхин къа ца хьегийтархьама боху-кх. Беха некъ дехха къамелан бахьан ма ду... Хьайн лулахь лахахь тамехь-безамехь йо1. Некъ боца хир бу хьуна - къамелаш дукха деха а хир дац.
Иза, ша воллучехь, хьевзина - сихонца, хьуна  букъ тухуш, оьг1азе - д1авахара...

Д1авахана велар...
Д1авахана велар и оцу дийнахь - кхин д1а а, кхин гена а... кхин вуха ца ван.

Д1авахана велар и.
Хьунда сацийра и ахь?
1ожалла-м ц1ацкъа башха сиха ма ца хуьлий...
1ожалла-м хьан дахаран невкъан барамех яхлой.
Х1унда вухаверзийра ахь иза?
Хьайн докъазалла х1унда кхайкхира ахь цуьнга?


Рецензии
Х1оранне даг чохь шен к1охцал ду…
+++
Цу к1охцална х1ун дича бакъхьа ду, сан йиша?
Лерамца,

Ибрагимов Лёма   28.02.2011 01:41     Заявить о нарушении
Хууш делар...
Лерамца,

Лула Куни   28.02.2011 09:24   Заявить о нарушении