1уьйре

Ч1ег1ардиг хьийзара шен бохийна бенна гуонахь.
Жима х1усамнана хьийзара шен дохийна ц1енна гуонахь.
Доьлхура ч1ег1ардиг.
Йоьлхура зуда.
Шийла малх, дагчу буьжу шийла бала санна, меллаша анайисте д1акерчира.
Б1аьрзе Буьйса.
1аьржа Бала.
Б1арзделла Дог.

...Йовха з1аьнар, ненан куьг санна, лаьттах хьакхаелира.
Бохийна бенна уллохь, га т1ехь д1атийна олхазар самаделира.
Сийначу 1уьйрене сийна илли элира цуо.

Дохаза дисначу раг1ун к1елахь д1атоьвжина йолу зуда а самаелира.
Сийна 1уьйре декъалйира цуо ц1енчу до1анца.

Сирла 1уьйре. Сирла Тешам. Делера Ницкъ.


Рецензии
"...Сийна 1уьйре декъалйира цуо ц1енчу до1анца...Сирла 1уьйре. Сирла Тешам. Делера Ницкъ..." Жимчу суьрто дуккха а х1ума чулаьцна.

Асламбек Гайтукаев   18.10.2016 21:21     Заявить о нарушении
Хьан дош суна гуттар а мехалла ду.

Лула Куни   25.11.2016 21:57   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.