Ма елха

Ма хьалхе яха хьо
Сан хьоме нана,
Тхо цхьалха дитна ахь,
ГIа доьжна дитт санна.
Хьо эшар дицди - те
Дахарехь тхуна?
Нана! КъинтIера ялахьа,
Со хьайца дIайига.
Синтем а боцуш
Сагаттдо хьуна.

Ма елха сан хьоме йоI,
ДIабаккха сингаттам.
Яьлла со - м дера
Хьуна къинтIера.
Ма елха сан жима йоI,
ХIоранни ше зама ю.
Дахаран чолхачу некъахь
Шун накъост вай АллахI ву,
Шу цунна тIетовжа.
Хьай мискачу де ахь
Дола делахь,
Хьай гIийла йижарий
Дог ахь хьасталахь,
Хьай вежаршна
Накъост хили дIахIотталахь.
Дерриг гуш, хьоьжуш со Iа.
Ма леда де бIаьрхиш,
Ма бе ницкъ суна.
ЙогIур ю кеста со
Хьуна гIенаха,
Тешалахь, тешалахь...


Рецензии