Йолахьа гIенаха

Йолахьа, доьху хьоьга
Цкъа мукъне гIенаха,
Геч а дай нана,
Сан ледарлонна.
Со - м ю хьуна, хьан
Коша барз тIе
Дай куьг хьакха сатесна,
Кешни охIла тийналлехь
Хьоьга дагардийца.
Ма дукха IаьIна, хаъи
Хьуна нана
Жимчу дагчохь баланаш.
Хьо дIаяхаро дохийна дог,
Дерза хIинца ца туьгу.
Йоьхна лаьтта ойланаш,
Лехьалац соь схьа.
Хено чов ерза йо,
Бохург, бакъ ца хилла.
ХIора догIу денца,
КIарглуш лаьтта и.
Синтем боцуш еха со,
Маьлха кху дуьненахь.
Дагардеш сай денош
Хьоьха кхетар йолу.
Везачу Далла йойла хьо,
Декъала хьоме Нана.


Рецензии