Даге

ЦIаьхьана дог къовзийна
Догу бIаьргаш,
ХIорд хилла дуьзна
Iана кича хилла.
Яла а, йола а, меттиг боцуш
Лаьцна балано.
ХIунда хьоьвзина соьга
Сел тамашийна сингаттам?
ХIай дог! Ахь соь
ХIун де боху? Ахьа - м
Со гаттйина, хьо
Стаьнна лозу, дийцахьа...
Ма карзахадели,
Хьоьхь хIун гIайгIа ю?
Хьо лазаро со йохийна,
Сина паргIато яйина.
Эккхи, декъалохьа
Эзир дакъа хили.
Хьоьхь кхин лазам боцуш
Со паргIат ера яра...


Рецензии