Ирсан некъ

Дайна ирс лоьхуш,
Декъаза лела дуьненахь.
Ма беха хилла хьо
Сан дахаран некъ,
Цу бохалла - безачех,
Лоручех къаьсташ,
Мохо дитта каьгдо
Гаьннаш санна -
Со - м цхьалха
Юьсуш ма лаьтта...
Цхьалха, докхачу
Дуьненахь, цхьалха...
Ирс, стаьнгах ду - те?
ДоьгIна а дуй - те хьо суна?
Нийсачу некъах
Тила - те,
Я бехк бу - те
Суна тIехь?
Кхачийна бIаьрхиш,
Кийрара дилха дог
ДутIгIа пардо хилла,
Когех туьйсу мела цIи,
Сина а хилла монаш
Хено дерзор а доцуш.
Кхоьру йожарна, гIатто
Накъост а воцуш йисарна.
Со даима тешна ю АллахI
Сай накъост хиларх, цуьнга
Со гуттара кхойкхуш а ю.
Амма бара сан цхьажимма лаам,
Адамех накъост сайна
Уллохь хилар.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →