Хилла - те со тилаелла?

Со - м лелар дуьненахь
Сай накъост а, доттагI а
Ву бохуш,
Доьхна дог хьаста,
Кийрара бала дIаеца,
Екъа дахаран халонаш.
Со - м хилла тилаелла...
Сай деган къайленаш йиллина,
Сай са а дIаделла,
Сирла ойланаш яьстина -
ЦIенчу дагца сай ирсе
Кхача гIерташ.
Со ма кIоргенза хилла,
ХIилла а ца хилла соьхь.
Заманца къуьйсуш,
Хьоьца йолу сайн
Уьйра а, марзо а
Цахадо гIерташ.
Ас ловш йолу халонаш
Хьуначулла хьанна хаьара?
Ма атта хетта хир ю со хьуна...
Со холча яькхина
Муьлхачу лакхене хьо
Кхача гIерта
Дийцахьа, доттагIа...


Рецензии