Маьлхан дашо бIарлагIа
– Чуртан гIайгIа бан безара-кх...
– Лам чу тIулг бан хIургон йохуьйтур ю.
– Ца оьшура и лело-м. Цхьана чIогIачу дечигах дича а мегар дай и-м берана…
Кхин дIа хилла къамел Балина ца хезира. ХIара реза воццушехь, луларчу зудчо чувигира иза... Берриш а зударий бара цу чохь…
«Ма дукха а бу хIорш», – ойла хилира кIентан. Цкъа а ца гинера цунна шайгахь оццул зударий.
– Вай, Бабина виса хьо, – аьлла, шен дейиша тийжа йолаелча, воьхна хьаьвзира Бали.
«Со-м ма виса цхьана а Бабина, Нанина виса-кх», – аьлла хийтира цунна, амма хIумма а дIа ца элира. Хаьара, дейишина халахетар дуйла.
– Нана, и суна хьарчаде, – дийхира кIанта, вешин коьртах дихкинчу баьццарчу ленти тIе куьг а кховдош.
– Сулим воьлхур ма ву тIаккха.
– И наб кхетта ма ву?..
ХIан-хIа, и наб кхетта вацара. ХIара воцчунна, массарна а хаьара иза. Делахь а кIант шек-м вара: цкъа а ца хьарчочу кепара дIахьарчийна вара ваша.
УьйтIа ваьлча, Балина гира, дечиг хьокхуш, шаръеш Iаш волу шен деваша.
– Воккхаваша, и хIун ю? – хаьттира цо.
– Дера ду чурт, – доккха са а даьккхина, – элира девашас.
– Дадас ворданахь тхуна а деъна хьуна дуккха а чурташ. Уьш цхьаммо а цIан ца до, цундела пешахь нехаш юьсу… Яз хIунда до ахь цу тIе?
– Воккха хилчхьана, кхетар ву хьо…
Оцу динахь Сулим, юргIанна юкъа а хьарчийна, цхьанхьа дIаваьхьира… «Больнице ваьхьна», – элира Балига. «Больнице вуьгучунна оццул дукха нах тIаьхьа бовлуш ма ца хуьлу, – ойла йора кIанта, – со, гай а лезна, лоьрана гайта вуьгучу хенахь, суна тIаьхьа ма ца велира цхьа а. Со бен, цхьа а воьлхуш а ма вацара. ХIинца-м массо а зуда ма ю йоьлхуш…»
Тезет дIадирзинчул тIаьхьа а кIанте бакъдерг ца дийцира нанас. Кестта Сулим волчу вуьгур ву-м элира. Вига а вигира. Генна некъ бара и. Кест-кеста нанас гивуллура кIант. ГIаш вогIучу хенахь, маьлхах тера можа кортош долу зезагаш лехьадора цо, Сулимна лур ду ша, бохуш.
Эххар а дIакхечира. КIанте «амин» ала а аьлла, белшашка нийсса канаш хьала а айбина, цхьаьнга цхьаъ йоьхуш санна, Бали ца кхетачу маттахь шабарш деш, ехха лаьттира нана. ТIаккха цхьана борза тIе хIиттира хIорш.
– ХIоккхузахь ву-кх хьан ваша.
Бали ца кхийтира нанас бохучух.
– Лаьтта бухахь а хуьлу больница? – хаьттира цо. – ХIара дечиг Воккхавашас цIанйинарг ма ю, кхузахь хIунда ю хIара?..
Нанас бакъдерг дийцира… Шен ваша кхин цкъа а цIа вогIур вац аьлча, оьгIазвахара иза:
– Ахь схьа ца валавайтинехь, цIахь хир вара хьуна и, – бохура цо, бIаьрхийн сирла буьртигаш кегийчу буйнашца юьхь тIехула дIаса а хьоькхуш.
Цул тIаьхьа хIора кIиранах догIура и шиъ кешнашка. Дуккха а зударий а хуьлура цигахь. Цара массара а дов дора кхуьнан нанна.
«Ма кхийлахьа и бер кхуза. Малик ма ду иза, – олура цара, – беллачара шайна тIе дIадоьху боху-кх и. Iеламнаха а ца магадо-кх кхуза бераш кхийлар».
Цхьана дийнахь нана ша яхара кешнашка. Самаваьлча, Балина хиира иза. Чохь цхьа а вацара, цундела дукха ца вилхира иза.
Кхин цул тIаьхьа а ца вигира и нанас кешнашка.
Сулим «больнице» вигна де санна, ирча дара Балина дагадогIу кхин цхьа де а. Кхеран юьртахь мел верг дIавуьгуш вара оцу дийнахь, стенга дуьгу а ца хаьара цхьанна а. «Юха догIур дац» бохург хезча-м, шаьш Сулим волчу доьлху аьлла, хийтира кхунна.
Тайп-тайпанчу цуьргех йинчу, йоманаш летийнчу бедарх тера хета Балина шен дагалецамаш. Делахь а, и бедар санна, дIакхийсалур бац уьш, церан мукъамаш мел гIайгIане хиларх а. Мелхо а, цунна оьшу и гIайгIа. И шен лорах лелаш ю аьлла ца хетта цунна цкъа а. Цо ша-шеца лелош ю и, некъан накъост йина. «Со мила ву?» – бохучу хаттарна жоп далалур дацара цуьнга, тишъелла бедар санна, и гIайгIа шена совъяьлча.
Тахана еш йоллу ойла яра цо, шен нана елча, йинарг а. Казахийн кешнашка дIайоьллира иза. КIира бен юкъа ца дулуш, да а велира. Керла каш ца даьккхира цунна. Хала дара гIорийнчу лаьттах и даккха. Дахаро иштта а гIелбина, тишбина, беркъабаьхна нах кхоийра моллас.
– Дуьненчохь а бертахь даьхна и шиъ, цхьана кошахь а тарлур ду, – шех тешо санна элира цо.
Бали нене хьажийтира. ДIаюллучу дийнахь санна, бIаьргаш а хьаббина, Iуьллура и, юьхьа тIехь кхин цхьа а хийцам боцуш. Мел велларг а, ца телхаш, иштта вуьсу аьлла, хийтира Балина. Дуьйцуш а ма хезнерий цунна лаьтта бухарчу дуьненах лаьцна. «Дависарг, лиъча схьадаста магийна делара кешнаш. Дийна бацахь а, хьажа аьтто-х хир барий гергарчаьрга», – ойлайора цо.
Изза ойлаеш, веъна иза хIинца хIокху кешнашка а – нохчийн кешнашка. «ХIара ю и меттиг. Берийн кешнаш ма дукха а ду…Дечиган чурташ… ХIорш хьалха а дара техьа кхузахь?..
ХIара?.. Я хIара? ХIан-хIа, Сулимна доьгIна чурт иштта дацара… Цхьадолу чурташ-м дахкаделла, охьаэгна. Иштта... борзана уллохь хилча, бакъахьа ду хьо. Цхьаммо лоьхуш хила а мегий хьо-м. Дала гечдойла хьуна… Кхузахь чурт дан а дац. Кхузахь а дац. Кхузахь юьхк йоллу…ХIара чурт ма юьстах Iуьллу, кхузара дуй техьа?... ЭхI, хIара-м аталуш ма ду. Везандела, къина ма лара ахь…»
Туьркан диттах бIаьрг кхета Балин. ДагадогIу, ша нене цу тIера туьрк яккха баьхна.
«Туркойн махка дIавоьдучу цхьана воккхачу стага сагIина доьгIначу синтарх яьлла, олура-кх, хьо. Нанас цIе ца йоккхура цуьнан. Оьзда-м хилла хьалхалера зударий: кхечу юьртара ялийнарг дийнна юьртан а нус ларалуш…
ХIинца-м тишъелла хьо… Делахь а стом луш ю. Орамах дозуш ду-кх дерриг а. Орамах…Дала сагIа…» – буса ткъес тоьхча, цхьана муьрана соцу дахар санна, сецира Балин ойла: туьркан диттах товжийна лаьтта чурт девзира цунна. Геннара девзира. Цкъа хьалха хазахетаро буьзира боккха кхаъ хилла цуьнан кийра. Амма и хазахетар, бодано ткъес санна, сиха чу хуьйдира, са лоцуш, лагашка хIоьттинчу хорамо.
Муха карор бара цунна кошан барз? Мила вара цунна орцахвала?.. Чуртан бух а бахкабелла бара. Иза баьрзнийн кортошка хIиттош, догдилла ца ваьхьаш, Делан дикане кхойкхуш, леткъаме кхийламаш бира Балис…
Юха а диттах дIатовжийра чурт. Юха а нана дагаеара. Иза схьаелхьара, каш девзар долуш санна хетара.
«Ма иштта лазаме дер ду ца моьттура суна айса масийтта шарахь сатийсина де, – ойлайора цо. ТIаккха, бехк боккхуш, кхин ойла хьаьвзара коьрте:
«Хьан хIун бакъо ю воха? ХIорш-м хьан дехойн, юьртахойн кешнаш дай. ДIасахьажа гонах. Хьо кхарна тIе юхавалийнчу Далла хастам бе».
«Кешнаш… гонах…» – декара Балин коьртехь, цIерпоштан чкъургийн гIовгIа санна, цкъа чIагIлуш, тIаккха дайлуш. БIаьрхьалха хIоьттинчу лазамийн пардоно сецадора бIаьрса, вочу кхоанна кечвеш санна. Оцу пардонан дахкарх чекх хьежа волавелча, цунна цкъа хьалха халла къеста дуьйладелира кешнийн баьрзнаш: цхьаъ, шиъ… дуккха а. ТIаккха… хIан-хIа, тIаккха, мел чIогIа ган лаарх, кешнийн кортошкахь наггахь бен чурташ ца гора. «Дахкаделла хир ду», аьлла, хета а кхиале, «тIулган чурташ дахкалойла а ма дац» бохучо хьовзийра корта. Амма кхеташ хIумма а дацара. Йоьхна-яьржинере ойланаш…
Шена мел хуу доIанаш деш, къулханаш доьшуш, дуккха а лийлира Бали кешнийн кертахула.
Эххар а юьрта чубоьдучу новкъа велира – шен дайх йисинчу юьрта чубоьдучу новкъа…
Геннара дуьйна къаьстара юьрта йисттехь лаьтта керла цIенош. Болар сихдира цо.
«Со суо вац-кх хIокху юьртахь, – хьоьхура ойлано, – сол хьалха а бухабирзина хилла-кх юьртахой...»
ЦIеношна герга кхаьчча, церан баххашкахь дохкуш чурташ а гина, юха а лазамийн пардонна тIехьа дисира Балин тIунделла бIаьрса. ХIинца цунна дуьхьалхIуьтту сурташ – бодашкахь бисинчу бIаьргаш чу кхийда бIарлагIаш яра. Бесачу царна юкъахь кхаьсташ хIокху дахарера цхьа бIарлагIа яра – дIабуза ца туьгуш, лаьмнех, куьйгаш-когаш санна, зIаьнарш гIортийна лаьттачу маьлхан дашо бIарлагIа.
Свидетельство о публикации №211052800434
Дала Шен диканах ма докхила вай..
Зура Итсмиолорд 08.07.2011 04:27 Заявить о нарушении
Адам Ахматукаев 09.07.2011 21:12 Заявить о нарушении
Зура Итсмиолорд 24.01.2012 01:11 Заявить о нарушении