Баттаза биинчу кхачано...

(3абаре дийцар)

– Со яла елла! Ма маре а ду-кх ас динарг! Хьан кIунзал буйла хиънехь-м, ца йогIура хьуна со хьоьга. – Дера иштта-м элира цо соьга тхойшиъ цхьаьна дитинчу буса.
Бакъ элира. Ас алийтина дела элира. Сан хIун гIуллакх дара со цавевзачу кховда. Сайн юьртахь а карор ма яра суна цхьа сайх терраниг. Кхин хIумма а ца хилча а, хIокху дакъаделлачу ешапо дуьйцург-х дуьйцур дацарий цо… Соьга баха-м бехира: «Деши ша доккхучохь ду хьуна деза». Схьалаца корта ца хилир-кха. Дорах товар-м, гена мел даьккхи а, дазлуш хилла. Тхан чохь йолчо аьлча а, хиллачо кхетий со цунах...
ШайтIанан нана а къарйийр йолуш яра ян-м, дера яра-кх. Цхьана буса чIогIа качъелла, кIадъелла, хьастаелла хийти су¬на xIapa. Лаа доций хин суна… Зуда ю бохуш елахь а, оцу цхьадолчу хIумнашна чуо йогуш а яцарий иза-м… Эххар а схьаэли, балха яхийта ша аьлла. Со цецвала а кхиале, дийци, шайн ва¬ша, биргада а оьций, гена балха лела, бохуш. Цунна ца вевзаш цхьа а хьаькам а ца виси, цуьнан бригадехьчул алсам ахча яздеш а ца хили. Доцца аьлча, xIapa балха йодахь, со, тIорказ а кечдина, Iийчхьана волуш хили-кх. ТIорказ кийча долу-м дуккха а хан яра. Кхунна тIаьхьа деъна кIира а кхачале, дассадала доладелира и. Шайн йол-йолчо, кетIа а хIуьттуш, дIайоьхура цу чуьра хIумнаш. ТIаьххьара а гIабали а яьхьира дIа, цунах Iехаелла сан жимах йолу йиша а елхош. ТIорказ чохь хьацаран, IатIаран эелла хьожа йисира…
Дуьйцуш варий со-м…
Яхийти ас xIapa балха…
Олла баьхьна яй санна, еара цIа-м, керла веанчу хьаькамо ахчанаш дIахедийна аьлла. Киса деса хиллехь а, чамда юьззина шампунаш, сабанаш, муцIар тIехь шарамаш бен гIирс-м беара цо. Шампунаш, сабанашший-м, наха а оьцу-кх аьлла, дохка я совгIаташна дIасакхийдо эцна хир дара. Я куьцана чу дIахIитто. Вуьшта, шена-м цунна уьш ца оьшура... Шараман гIирс молханийн, жайнийн метта ма лелабойца лело хуучара. Ткъа xIapa санна болчара модаш дIасахьоькху. Нах болчохь а, боцчохь а коьртах каетта.
ШолгIачу шарахь яхча а, ахча а доцуш еара. Со-м, цунах теша а тешна, IадIан а мегара, хьалха санна. Делахь а цхьа тамашийна лелара иза. Цхьа хIилла лелочух тера. Шеквуьйлура со. Кест-кестта цIайоьдура иза, «мамина сагатделла» олий. Мамас эцна шена олий, беза мах болу цхьаъ яхьаш йогIура. «ГIоза лелайойла», – олура ас. Цунах цо тоамбеш ца хилла. Цуьнан нанна ламазаш дан дезаш а хилла ас. Устазана санна, вирд даьккхича а новкъа хир доцуш... Шен ницкъ кхаьчча, иза а дойтур долуш-м дера яра. ШолгIа яьлла шен нана. «Яхана» боху хабарш а дерзале, йиг-йигинчо цIехьа лоьллур яцара, зуда хиллехь, иза а. Эххар а кхуьнан ден кочахь йисна. ХIинца сан коча хаа а  дагахь хилла, шен йоI хаийча а ца Iебаш. Кочахь верг лан-м  хала ма дацара, чоже мийраш бетташ, са ца даахьара.
Сан кара ахча догIучу хенахь-м сол диканиг ван а вацара… ЦIаван хьевелча, дIа ца юьжуш, ларвеш Iapa. BoгIу хаавелча, кетIа а дуьхьал йогIура, мара хьаьрчара. ЦIубдар санна тIелетара. Стоьла тIехь лаьтташ бовхха кхача хуьлура. Йиттина, якъийна, шарйина карайора суна Iуьйранна сайн бедарш. Кисанаш а хуьлура дассийна…
Барзехь а ца лаьтта, олу-кх, цхьа де. Нехан аьрзнаша вохийра со балхара. Керлачу меттехь, чин доцу эпсар санна, вара со. Алапел совъяьлла, кара хIума ца йогIура. ТIаккха-м xIaра декъал ма хиларг со ларвеш-м муххале а ца Iapa, ур-атталла неI елла а ца йогIура хенахь. Стоьла тIехь караяхь, юура ас. Яаза а вуьжура дукхахьолахь. Охьа ма-яххара Iохкуш хуьлура бедарш а. Корта берг кхета хIума ма дара и. Хьан делахь оьшу хьо. Дацахь, жIаьлел башха тергал а ца во.
Цуьнца хьасене вала гIертар а дара, цIахь боцчу нехан ков деттар санна хIума. КIорда ма до и. XIapa белла меза. Кхуьнан бага хьоьжуш Iийнехь-м, дуьне а ца гуш, эхарта гIyp ма вара. Хийла со бен мила ву баьхначех а дисна дуьне-м. «Хьонка нIаьна хуьлда, даа а ца дууш, сох-м дуьсур делахь», – чIагIо йира ас цхьана буса. Ша тIекIодеччуьнга кхийдаш хуьлу-кх бер а. Ткъа и амал, шераша дIа ца хьош, вайца юьсу. Бехке дуй тIаккха хIинца шуна ас дуьйцур доцу хIумнаш суна дагадахкар а, лелор а? КъорIанор дац-кх, аш мел ду бахахь а-м.
– Сан йоцург цуьнан хIун ю? – аьлла, дов хьедан йолаелира и  цхьана буса. Амма со вистхирг а ца хилла, жима берам а баькхина, сецира. ШолгIачу дийнахь социйлехь лаьттачу суний, Элизиний тIеIоттаелча а хаьттира цо изза.
– ДIогахь лаьтташ автобус йоллушехь, кхуза схьа хIунда оьху массо а? – хаьттира ас а.
– Цу тIехь шопар ма вац, – ца кхийтира и.
– Хууш хилла хьуна-м, – алий бен ца кхуьуш, неIарша юкъа а  – Iовдуш, автобуса тIе велира со.
– Оцу зудчунна хIун оьшура? – хаьттира Элизас, корах ара а хьожуш.
– Базара боьду некъ хоьтту-кх мискано, – жоп делира ас.
– Тера а дера ю цкъа а базарахь ца хиллачух, дилхах хьаса а боцуш, – ца ешира цунах Элиза а…
Ткъа сийсара, со цIакхаьчча, ша хIилланца дуьзна тIорказ а дассийна, вокзалехь санна, Iаш ю-кх… Къаьхьа къаьсти тхойшиъ… Ша цIен куйнаш долчаьрга сацавойтур ву, боху-кх, со. Ву-те?!. Со ца сацийча а, кхин совцо нах боцуш бу хьуна уьш a, xIopш а! Нехан зударшца церан цIийнадай къуьйсуш йолу шайн йоI-йиша сацае, со нисван а ца гIерташ… Суна моьттург бакъ дац, тов! Бакъ, хьаха, дац кхунна а, кхуьнан нана бохучу кIозйохаргна а моьттург. Шайн тарраш ирдеш хир бу уьш тховса… Ванах, церан хIун дина букъ бор бара? Кхана-м уьш юрт яккха санна схьахьолхур ма буй. Ас дера деза бухахь царна нускал карадайта! Тхов¬са... дера ю Дала ша суна нисйина буьйса.
«Оршот-буьйса хир ю Iаьржа,
И хир ю хьан бIаьра хьаьжна...»
Iийт, гора дог-яI! Уьльбин жерочунна гуш делара хьо! Къонах санна стаг ю и. Шек дIа а йоцуш, схьа-м дера йогIур ю. «Баттаза биинчу кхачано чохь лазийна» бохург хIун ду-м нанний, йоIаний, а хуур ду хьуна… Суна-м хиънера и.


Рецензии
Рад, что нашел твою страницу.
Ларамца, Лема-зав.архивом Союза писателей ЧР.

Лема Бакаров   20.10.2011 15:25     Заявить о нарушении
Марша вог1ийла, Лема!

Адам Ахматукаев   21.10.2011 11:13   Заявить о нарушении
Делахь, ма кура нах хилла шу нохчийн писательш, цхьана обращенина,
оьрсаша олуш долу испасиба ма ца олу ашам!
Г1унки из Бачи-Юрта.

Гунки Хукиев   30.03.2016 18:05   Заявить о нарушении
Деллахьа, Гlунки, хlинца хlун даьлла техьа вайгара? Хlокху агlонга ас: "Дасвидани, Бож-lела", - аьлла ма дукха хан ю-кха.

Адам Ахматукаев   04.08.2016 23:17   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 3 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.