Мокхалаг
Аьхкенан тов хуьлу хан яра, шен хеннахь ца дича, асар дукъло хан. Анаюх серла ялале, доьзална юург- мерг йина , охьа а х1оттийна, де шоьллах куьг тоха, беша охьаяхнера Хедин нана.
Хеда доьзалехь йоккхахъерг а йолуш , дерриге а ц1ийнан дукъ цунна т1ехь дара: нуй-горгам , пхьег1аш, йиш-вешин терго яр, цкъа-цкъа, шен каяьлча нанна асардеш г1о дар а. Оцу юккъехула дешар т1ехь а юха ца йолура Хеда: цунна къаьсттина дукхаезара нохчийн литература-цу т1ера иллеш, дийцарш , байташ. И т1аьххьарниш язъян г1ерташ ша къа а хьоьгура, къоламаш хьоькхура-кх, б1аьсте, нана, 1алам хестош; дитташца, олхазаршца къамеле йуьйлуш…
Чуьра дезарш дина а яьлла, хьошалг1а нанас ялийна йолчу, шен ненан-денене Бабига берех б1аьрг тухуш хилалахь а аьлла, нанна т1аьхьа беша асар яха араелира жима Хеда, дас леррина аьлха хьокхуш туьйсина боца эчиган метиг кара а эцна. Цуьнан ч1ог1а самукъадолура ойлайистерчу беша асар йоьдуш: хохаш , саьрамсекхаш, картолаш яра кхеран цигахь д1айийна. Татолца охьаяхаезаш хуьлура х1ара, генна охьа. Цу новкъаца бара кхунна ч1ог1а хьоме хеташ болу, наьрт-аьрстхочун санна доккха дег1 долуш болу турпала поп. Шен екъа, стаммийн гаьннаш-т1амарш, аре ма-ййу, д1асаяржийна, тийналлин хе х1оттийча санна лаьттара и дуккхачу а хиламийн теш хилла г1арол. Кхоб1е шо х1етте а хир дара цуьнан.
« Дависа, къамелдан хууш белара хьо поп,-ойланаш йора йо1а ша цунна уллехула д1аса моссаза йоьду.-Ма дукха х1уманаш хир дара хьан суна дийца, Йоккхачу Бабинчул а дукха а.»
Кхин а дара Хеда йоккхае х1уманаш: д1а ма кхеччи кхуо юур ю, йиссалц, моз санна мерза , к1айн-ал бос бетталун комарш; ткъа делкъана, де кхехкадаьлча, х1арий, Наний хи чу юссур ю, юха цу чохь шайн басмийн кучамашца луьйчур ю.., Мел хаза ю цигара и сийна-къорза туог1е, цхьатерра шера буц а йолуш, говр-мерзех, динбергех, к1айдаргех, 1аждарбецах юкъ-юккъера йуьйцича санна; д1анехьуо , Шалажа-хи бердаца хьала цхьа жима кондарийн варш-аре ю: элхьамчаш, хьармакаш,куоканеш дукха хуьлу кхузахь. Гурахь йохий шортта хьармакаш яхьа Хедас, церан чай дарбане долу дела; к1айдаргийн, латталуьттургийн, 1аждарбецан зезагийн куьрсаш а яхьа, ишшта 1аьнна д1аяхка.
Оцу тайпа ойланаша дагна цхьа ховха синъайам а луш, сиххачу, х1уш санна 1еначу кегийрачу г1улчашца болар эцна йоьдура Хеда. Ц1еххьана сацаелира: новкъа юккъехь т1емаш а даржийна 1уьллура мокха кхокха. Цхьаммо, гауро, 1одаца т1улг тоьхна божиначух тера дара миска-кхокха: цуьнан цхьа т1ам берриг а ц1ийх буьзна бара. Меллаша т1е а яхна схьаийцира йо1а кхокха; д1абада де дацара пекъаран, меллаша т1етт1а дахара туьтеш-б1аьргаш а. Охьаяхарх г1уллакх хир дацара. Кху х1оьттинчу хьолах кхетча сана, кхуола-а кхоьлина д1ах1оьттира арахь, чан яйъал дог1а а хьаьрсира…Кхокха а бахьаш чуеара Хеда, Бабига орцадаьккхира.
-Эх1, баркалла ма хила хьуна т1ехь и та1зар динчунна, ма т1улган дог хилла-кх цуьнан кийрахь,-шен ма-хуьллу довдора йоккхачу стага.
-Баба, х1ун де ас кхуьнан лазийначу т1омана, - хаьттира Хедас.
-Деллахь, Хеда, ца хаьа суна-м цунна х1ун дича бакъахьа хир дара, массо а х1уманел а дарбане шура ма лорура, шурийца била а билина, ц1енчу шаршух аса а яьккхина д1абихкича муха хир дара те?
Чохь, цхьа дика, ц1ена киса карадира Хедина, Шура а йолуш яра, ц1ечу аьттан Шура ( жайнахь а дарбане лоруш ю иза), бамба а схьаийцира чов ц1анъян.
Лоьралла дан х1оьттинчу Хедас бошхепарчу шурийчохь башийна бамба а луьйцуш, ц1анбира т1ам: к1ен буьртигел хиш 1ийдалора кхокхин б1аьргех. Т1е етташура а йуьллуш байн д1ахьарчийра йо1а човйина т1ам, юха цициг т1е ца кхочче, раг1у к1еларчу совх1ума чуюьллучу ц1а чохь , беналг а бина, д1ахаийра.
1уьйранна совц1ачу яьллачу Хедин сакъераделира шен хьалхара хьаьжк1аш д1а а йиъна, шех хьарчийначу кисин асанан юккъера схьа а баьлла, д1асахьийза кхокха байча: Бабин дарба ч1ог1а дика хиллера. Чов якъаеллехь а, т1ам хила-м генахь дера дара
цунах х1инца а , месаш а яцара цунна т1ехь мегарг. « Мокхалаг »,- ц1е ша-шах дагаеара йо1ана. -Схьабоьл, Мокхалаг, кхин цкъа а д1абоьхкур вайшимма хьан
т1ам , шура а йолуш ю. Жима т1о а хьокхур бу вайша, хьоналла дика ма ю.
Кхокха дуьхьал бацара цу г1уллакхна, реза хилла т1ехилира иза.
Ши-кхо де даьлчи, хаа а хууш, тобала буьйлира Мокхалаг. Хьалхатесна а, куьйганкерашкара а к1а а, хьажк1аш а юура, шена х1оттийна хи а молура. Хедех ч1ог1а боьллера иза х1инца.
Гуттар цхьана Хедин сакъераделла ца 1ара кхокхех, гонах хьийзарбара кхуьнан ши йиша а, ваша а, амма Хединий бе куьйга т1е а, белшаш т1е а ца хоура Мокхалаг. « Мел хьекъал долуш а бу! »- цецъюьйлира Хеда шен дагахь. Денна ч1аг1луш дара кху шиннан гергарло. Беша, ойлайисте яха лаар а т1аьхьа теттинера Мокхалагах йоккхайийна ца йолучу Хедас.
Х1ора сарахь совц1ачу а бохий буьйса йоккхура кхокхано, амма цхьаьна суьйранна, аьхке гуьйренга лестича, чу ца бохуш бисира Мокхалаг. Ч1ог1а догдуьйхира йоь1ан.
1уьйранна керта яьлча шеца кхин а цхьа –ши кхокха а болуш, тховт1ехь 1аш гира Хедина Мокхалаг. Йо1 гучуйоллушшехь беъна кхуьнан белш т1ехиира иза.
« Гурр» деш гонаха хьийзара цуьнан накъостий- кхокхарчий.»
Шайна тесна к1а д1а а диъна, т1ома г1евттира кхокхий: шен чолакхчу т1оман боларан эшарх бевзара Хедина шен Мокхалаг.
Т1аьхь- т1аьхьа к1еззиг боьрзура кхокха шена Хедас кечбинчу кхерче, шайн олхазарийн дуьне ма ду церан а, шайн 1адаташца , цхьа шен кхерч бинчух тера дара цуо а.
Хедица гергарло ца хедара цуьнан.Мел дукха кхокханашца хиларх йо1ана а бевзара и …
Арахь шелъяла юьйлира, гуьйренан дуьххьара денош сингаттаме даьхкира: Хедеран доьзал генна махка д1абахара 1ен а, баха а…Кхин х1умма а дагахь ца доллура жимачу йо1ана-шен ц1ахь бисна доттаг1 бен…
Ткъа Мокхалаг-м сих-сиха Хедера кертарчу цхьаьна болан дитта т1ехь г1ийла Хеда ларъеш а 1ай д1абоьдура.., кхана са ма-хиллинехь кхин цкъа а юха бан.
Свидетельство о публикации №211091900175