Ор хиллера даим

               

  Х1етахь,1992 шарахь,шозлаг1чу курсан дешархо яра со хьехархойн  институтехь. Нохчийн мотт,къоман кхиар меттан буьххье а диллина,дийца даьккхинера цу муьрехь,г1иллакх-оьздангалла дийцина ца 1аш,динан баххашка  а  кхийда йолаелира  юкъаралла.Х1инццалц 1уьйре я суьйре декъал йича г1еххьа реза ца хуьлуш хилларш, «Диканца  вехийла» меттана «Далла  везийла» ала буьйлабеллера,ткъа атеизман  дарсаш хьоьхуш  хилларш,цхьаберш,"Исламан баххаш" хьеха а буьйлабеллера…Иштта  историн  ч1уг мелла а юхакерчина,аьлча а,вайн халкъалахь олуш ма-хиллара,Замано ха хаьрцина мур бара иза…
  Цхьа хьехархо вара тхан,Махашев Булат Исмаилович,1илма девзаш а,дезаш а вара и, шеко йоцуш.Оьрсийн юккъерчу оьмаран литературин некъаш а,цуьнан башхаллаш а 1амош а,иза хьоьхуш а вара тхуна юьхьанцарчу  курсехь Махаш Мержоев:иштта  цунах  пайда  эцарца нохчийн литература талларан болх болийначух тера дара.Къоман са мотт бу , олуш ду,ткъа  меттан  вастх1отторан исбаьахьаллин г1ирсаш барта кхоллараллехь карадан деза.Барта кхоллараллера д1айолало муьлхха а литература,йовза еза шайн истори,бовза беза турпалхой,бохуш денна хьоьхура цуо тхуна.Нохчийн фольклоре  ч1ог1а безам  бахийтира тхан,филологин 2-чу курсан студентийн Булата Исмаиловичас...
   Цкъа,хьехархочо тхуна т1едиллира гергарчу я кхечу бевзачу баккхийчу нахера  цхьацца мехала къоман пайдехь хин долу барта кхоллараллин мехала дийцарш лахар а,уьш  д1аяздар а...
Суна ненаденана дагаеара.1888 шарахь йина аьлла яздина дара цуьнан паспорт.Дуккха  а дийцарш,туьйранаш,хаза хабарш дитина сан иэсехь Йоккхачу стага.Даим а  1уьйранна а,суьйранна а олуш и цхьа илли дара Бабин, и хьалха д1аяздан дагадеара.
Са даре са х1унда туьйсу,
Са хиларе са х1унда туьйсу,
Ца  гун волу,нанас винарг,
Хьо гаре са х1унда туьйсу-,олий г1ийла мукъам бой,«ах1ий-ах1ий» олий  йоьлхур яра цулт1аьхьа.Дуьйцур  дара 1937  -чу  шарахь  некъаш тодан вуьгу а аьлла,д1а а вигина,т1епаза вайъинчу шен вешех Мас1удах.Жимма-т1ама г1олехь сискал яан г1ертарг кулак ву олий къайлавоккхуш,1елам верг шайна дуьхьалваларе кхоьруш,т1епазайойуьйчу интеллигенци юкъа ваханачух тера дара Мас1уд.Чохь телевизор латийна,цу чухула шена ваша гаре хьоьжура и миска,яллалц са туьйсура Бабас и цхьанхьа  кхечу  пачхьалкхе к1елхьара бевлла д1абаханчийн мог1арехь,шен доьзал а болуш  вехаш 1аш хиларе....
  Ушурма наний ненахойх вара олура цуо соьга даим,ткъа Нана Бух1ан-юьртара ю  олура;ненан нанас  лелийна яра иза.Сан бераллин  иэсехь  йисина цу хаддазза йог1уш  хилла  ц1ераш-Ушурма, Ни1мат, Мовсар. «Нанин ненан деваша вара олура цуо Ушурма.Дукха дуьйцура Ушурмин Ц1ийнах,цуо  лелийначух а…
      Со а  ца  1ара ла  а доьг1уш,ас  доьшура  Бабина  нохчийн иллеш, Адин  Сурхох, Мадин  Жаьммирзех,Таймин Биболатах. Эх1,  цуьнан екхалуш хилла йолу  юьхь. Цунна
хир  дара  Бабас соьца йоккхачуьнца санна   къамелаш дар а …
   
  Аьхкенан  довхачу дийнахь  яхара со Бабаьрга .  «Ушурмех лаьцна  хоттур ду-кх  ас»-
яра сан ойла, ма-дарра дага а ма ца дог1ий цуо х1етахь  дийцинарш.
      Делкъал т1аьхьа 1ашхойн-Мартант1е  йоьдучу автобуса т1е  хиира со.Дукха  хье  ца  луш  д1а  а  кхечира ,ойланаш еш  1ашшехь.

         Ойлайисттехь 1аш яра Баба.  Масех  некъ  бара  цаьрга  т1ебоьдуш.Суна  кешнийн  керта  йисттехула болу  некъ  атта   хазахетара,цигахь  д1адоьлина  дара  сан  ненана а,ненан да х1инца а  цхьа тамехь архье чам  г1уьттийца
И хан карлаяьлча:шуьйра  урам чекхбаллац леккха ирхдахна  таллаш,тайп-тайпанчу олхазарийн  аьзнаш,нехан  кет1ахь босхаза  сирла  зезагаш...Жималлехь  хьан  ойланехь  беха  ховха  сатийсамаш а.
  Со чоьхьа  яьлла  дукха  хан  ялале, Бабас сихха хьалха  диллира горгачу  лохачу стоьла т1е ахьарх  дина худар. Суна  ч1ог1а  безара цуо  кечбина  муьлхха  а кхача.Ма  мерзза  а хуьлура-кх цуо кечдина  деман я ахьаран худар.Шортта дуу  даьтта  а дуттий, керла яьккхина к1алд т1е хьорсура.Цергех хи  долийца иза  дагадеъча х1инца а.
   Х1ума  йиинчул  т1аьхьа  хеттарш  дуьйлалора Йоккхачу  стеган:

-Дийцахь ,Дукар,  х1ун  ду  г1алахь, оцу  аша  доьшучу  шахьарехь, институт  ца  алалора  цуьнга.-к1ентий а, зудабераш а цхьаьна-м дац шу? Коьртахь йовлакхаш леладой  мехкарша?
    Масане хоьттура цо. Ткъа ас-м Баба  хьийзайора ,цхьацца доцурш дуьйцуш .Т1аьхьуо гучуйолура сан забарш…
   Пхьег1аш  д1а а яьхна,сихха  чуерза  лаьара  суна.х1инца  буьйса т1ееъча д1адолор ду  ас сайн  хеттарш.Уггаре а сема  хан хуьлура иза ненаденанна.буьйса  юкъал  т1ехяьлча  юьжур и дукха хьолехь ,ткъа  сама  анаюх серла а ялале ер  яра.
    Пхьуьйра ламаз дина маьнги т1е  хьала а йолий  Бабина йистте  д1атарло  со Эх1. и  мерза йовхо.Г1ан  а хилла  д1адела-кх  шадерг.
-Баба,-д1адоладо  ас сайн къамел,-Ушурма  вийцахь суна.ахь жима  йолуш дукха  ма дуьйцура суна цунах лаьцна  .Бух1ан-юьртахь хьайн ненан нана  яьхначу кертахь
Лаьттах  йоьхкина  цуьнан байракх а, мух1ар а лоьхуш  лийлира олур-кх  ахь.
Дагадог1ий хьуна?
 -Дага  муха  ца дог1у,дог1у  дера-кх,Нани ненан деваша ма вара иза.Ва  и мичара дагавеъна хьуна,Дукар?
 -Тхоьга  институтехь  волчу  хьехархочо  язде  аьлла шайна  хуург_доцца  жоп  делира ас.
  Ц1еххьана Йоккхачу  стеган шамарша аьхначу  юьхьа т1ехь  бода  хаабелира суна,иза  кхераелира,юха д1асахьаьжира.Маь1аргонна  эзар  ойла  керчиначух  тера дара цуьнан  къоьжачу кхетамехь.
-Дукар,мила  ву и хаьа  г1ерташ  т1аьхьаваьлларг, хьайна  мила  ву а ца хаьа  алалахь  иза , яьхьна  цхьанхьа ор  чу  кхуссур ю  хьо, и гергара вуйла а ма хаийталахь…
  Со  ца кхийтира  цуо  х1ун  ор дуьйцу,  я и  стенах  кхераелла.Мел  суна  лаарх  а кхин  ца  дийцира цуо  суна Ушурмех а, Ни1матах а, Мовсарах, со  ца кхеташ  йисира  цуьнан  уьш муха  гергара бу а.
         Ткъа  х1инца  зама  хийца а ма еллера…и  х1ун  ор ду те  цуо  соьга далхийнарг…
  Цулт1аьхьа,институт  чекхйоккхуш , Абузаран «Еха  буьйсанаш»т1ехь со  талламан  болх  язбан литература лоьхуш сайн цхьа хьехархо волчу  яхча цуо  динчу  хьехаро юха а  дагадаийтира Бабас  хьехийна ор.
-Сан йиша,хьайн г1уллакх доцург ма  язделахь,тешаме дац  хьуна 1едал.Тахна  хьуна  хаздина  дуьйцург, кхана  къахьдой тухий  бехкевой, хьовзаво  хьуна  кхара.
    Цуо и  бахарх со-м  къар  ца  елира ,я  юха  а ца  елира.Ас  «Орга» журнал  а луьстуш, яздира  романах  сайна  хета  бакъдерг.Доккха а кхоъ диллира сан курсовой балхана.
Хьехархочун лаамашца беъна хир  бацара сан хьежамаш.  Абузаран «Ехачу буйсанийн» къиза  хилла кхоллам ца бевзаш цхьа а ша  ву  боху  нохчо  хир вац.
Т1аьхьа  кхийти  со  Бабех, т1аьхьуо. Ушурма а , «Еха  буьйсанаш» а цхьа  маь1на  долуш  мехала хиллера  нохчийн къоманна. Уьш  яккхий  къайленаш хиллера,  ткъа  къайленашка  кхийдачарна  ор  хиллера даим а…
               

                2003шо



Сатийсам
Селхана ,  маьрк1ажехь,  уьйт1ахь  хевшина 1аш  къамелаш  тасадели  лулахойн-зударийн.
Х1ораммо  а  шен-шен  доглазарг  дуьйцу.Школе бераш  дахийта  кечдеш  бу царех цхьаберш,царна  эца  еза форма    юьйцу,нисбан  беза  дешаран г1ирсаш а  ..Ч1ог1а  кхаъ  хилла  кхушара  книгаш  махбоцуш  хир  ю  аьлла..Суна  а  карладели  бераллехь  хилла  дешаран  хьал:программа  цхьаъ  яра  ,цундела  книжкаш  а  хуьлура  массарна  а  яла...Тахана  вай  оьг1азе  мохь  беттахь  а,оцу  программица  1амийна  долу  вай  кхин  оьшуш  а  ца  хета  суна-м :дукха  бу    вайн  хьакъ  долу  1илманчаш,кхоллараллийн  нах  а...Цара  д1акхоьхьуш  а  ю  къоман культура,дахар.
Дахар  а  ду  ишта  кхуьуш:цхьаллера  дукхалле  доьрзуш,дукхаллера  -цхьалле  а!
-Хьенег1еран т1ом  болуш  вайна   к1ант  схьакаравийна  ма  боху,-олий  къамел  сингаттаме  хорша  дерзадо  луларчу Румес.Цхьанхьа  чохь  воллучохь.Цунах  кхаъ  хуьлу  дехьо  ехачу  ялх  беран  нанна  а:
Цуьнан  ц1ийнда   а ву  оцу  т1еман  юьххьехь  къайлаваьлла,т1епаза  байначарна  юкъахь...Сатийсам  д1а  ца  болу  ...Цуьнан  дог  тедан  г1ерта  тхо  а,Дала  мукълахь  ,ц1а  бог1ур  бу  уьш...
Ткъа  тхан  дедеда  а  вигира  1937  шарахь,  сатийсира  цуьнга  доьзало,1990  шарахь  газетехь  хаам  галлалц:тоьпаш  тоьхна  байьинчу  мог1арехь  вара Эльжуркаев  Абубакар  а(даьхни  а  ,туьканаш а йолуш йохк-эцархо  хиллера  иза),динан  дай  безаш а ,цаьрца  гергарло  долуш  а...Дойкар-Эвлара Докка  хуьлу  олура  тхан х1усамехь х1ета,дедейишас Хьуьлимата.,Дала декъал йойла иза,Доккин  доьзалашца  яллалц  гергарло  а  лелийра  цуо...
Тхан  ненанденана  а  хуьлура  шен  сингаттамца  ехаш:цуьнан  ваша Советан  1едална  дуьхьал  а  ца  хиллачух  тера  дара,цуо  диа  дешнера,хьекъалан  да  вара,Мас1уд  олий  йоккхура  ц1е.  Цхьанхьа ,оьрнаш  даха  буьгу  аьлла  д1авигира  иза  а  1937  шарахь,кхин  ц1а  ца  веара...
Чохь телевизор латийча  а ,йоьлхучура  ца  соцура  Баба,и  олура  оха  цунах.Хьовсийша,бераш,и  х1ета  д1абигнарш,цхьанхьа  д1адехьабевлла хир  бац  те,Мас1уд  ца  хьахаво  цара...Т1аккха  ах1и  олий  йоьлхура  х1окху  мукъамца:
Садаре  са  х1унда  туьйсу,
Сахиларе  са  х1унда  туьйсу,
Ца  гун  волу  Нанас  винарг.
Хьо гаре  са  х1унда  туьйсу?

Бабица  доьлхура  тхо  а,иза  йилхича....
И  дагалоцуш  яздина  х1ара  илли,х1инца  т1епаза  байначу  к1енташна  а...
Кост а доцуш, байначеран
Рицкъа ц1ен т1е дерзадехьа!!!

2002 ш


Рецензии
Хаза хета вайнехан автор карича.
Дала диканца лела дойла вай.

Зура Итсмиолорд   02.11.2011 22:03     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда,со а ю йоккхаеш денна вайн мог1анаш шорлуш.ХЬАН КХОЛЛАРАЛЛА А ЙОЬШУ АС.ША-ТАЙПАНАЛЛО ДАИМ А Т1ЕИЙЗАВО...Т1АЬХЬЕ БЕРКАТЕ ЙОЛДА.

Петимат Абубакарова   02.11.2011 22:58   Заявить о нарушении