Всеволод Гаршин на чеченском

Всеволод Гаршин

                ЦIЕН ЗЕЗАГ

Иван Сергеевич Тургеневна лерина

– Императоран воккхаллин Петр I цIарца, дерриге а телхинчу нехан цIенна ревизи кхайкхайо!
ЧIогIа декачу, чордачу озаца аьлла дара и дешнаш. Шекъа Iаьнначу стоьла тIехь, йоккхачу тишьеллачу книги тIе ша дархо* дIаязвеш, лазартнера йозанча велааьшна данза ца Iевелира. Бакъду, дархо валош вогIу ши накъост-м вацара воьлучохь: халла когаш тIехь лаьттара и шиъ, хIинцца аьчкан некъехула шаьш схьавалийначу телхинчуьнца набарза ши буьйса яккхарна. Схьакхачале, цхьана социйла хьалха, лазар тIетаьIнера; кондукторийн, жандарман гIоьнца еана телхинчийн коч юьйхира дархочунна тIе. Иштта схьавалийра иза гIаларчу лазартне.
Чамбоцуш  вара и. Лазар тIедеанчу хенахь этIийначу мокхачу кучана тIехула йоьхначу шогачу, гатанан, шуьйра кач болчу, куртаго дIалаьцнера цуьнан дегI: куьйгаш къовлуш некхехула жIар еш тIехьа дIадихкинера деха пхьуьйшаш. Хьудоьлла, итт буса наб ца ярна, шуьйра диллина бIаьргаш цIе санна къегаш догура: нервийн зийзаро лахара балда дегадора: кадечу, езачу гIулчашца конторин цхьаьна сонера вукху соне лелара иза, тишъелла, кехаташ чохь долу ишкапаш, килоьнка тоьхна гIенташ тергал а деш, юкъ-кара шен некъахошка дIа а хьоьжуш.
– ДIавига и отделени. Аьтто агIорхьа.
– Хаьа суна, хаьа. Стохка шуьца хила ма хилла со кхузахь. Вай цхьаьна теллира дархе. Суна шадерг хаьа, со леван хала хир ду, – элира цомгушчо.
НеIарехьа вирзира и. Хехочо неI дIайиллира: лекха айъинчу хьеречу коьртаца, сихачу, хIайтъаьллачу боларца, контори чуьра ара а ваьлла, чаболца аьтто агIорхьа дIахьаьдира и телхинчийн отделени. ХIара эцна боьлхурш халла тIаьхьакхуьура цунна.
– ЗIетоха. Сан аьтто бац. Аш куьйгаш дихкина сан.
Швейцаро неI дIайиллира, некъахой дархе чу бевлира.
Йоккха тIулгийн шира пачхьалкхан гIишло яра дархе. Кху чохь яра шиъ зала: цхьаъ – пхьормартне* а, важа – тийначийн юкъара чоь. Зезагийн беша йирзина аьнгалин наьIаршца шуьйра сеничоь а, кхин а дархой Iа ткъех чоь а яра хьалхарчу гIат тIехь. Кхузахь яра Iаьржа ши чоь а: цхьаъ – гоьнашца, важа аннашца дIакъевлина, деранаш бухкура тIаьххьарчу, кхин цхьаъ нар-толашца йоккха, бодане луьйчучоь а яра. ТIера гIат дIалаьцнера зударша. УгIарций, цIийзарций ийна, кегаелла гIовгIа йохьура цигара схьа. Везткъа стагна лерина яра дархе, амма гондIа масех губерни хиларна, Кхо бIене хьаладахнера терахь. Кегийчу чоьнашчохь биъ-пхиъ маьнга бара. Iай кораш аьчкан чалтаршца* дIа а чIагIдой, дархой беша ца бовлуьйтучу хенахь, дархе чохь чIогIа садукъаме хуьлура.
Керла дархо луьйчучу ваьккхира, цу чохь ванеш яра. Коьртаца телхина дархо стенна вуьйцу, могушчуьнга а хала лалун долу хьал дара хIокху чохь схьагушдерг. Сонехь цхьаъ бен боцчу коро серлаяьккхина, нартолашца, йоккха чоь яра хIара,  моданна тIелеташ: тIулгийн цIенкъа а йолуш пенашший, нар-толашший таьна-цIен даьттан басар хьаькхна дара: модаша Iаржйинчу цIенкъаца нисса, хих дуьзна горга ши ор санна, лаьтташ ванеш яра.
Корана дуьхьалара са дIалаьцнера йоккхачу цIестан пиешо, цуьнца бара тIехь дукха кегий цIеста турбанаш а, чIинташ а йолу хи дохдо беасона яй. Инзаре луьра а, ирча а дара цомгучу хьена хIара лан, ткъа ваннеш тIе хIоттийначу, даима а мотт сецча санна волчу верстинчу хехочо-хохоло шен боданечу хотIаца кхин а кIаргбора и тIеIаткъам.
Воккхачу лоьро ма-яздарра, кIесаркIаг чу мушка* йилла а, лийчо, хIокху къемате чу ша валийча, адарвелира цомгушниг. Цхьаъ вукхул оьшуш а йолуш, лартIаза, инзар-кхераме ойланаш хьаьвзира коьрте. ХIара дан хIун ду? Инквизици? Къайллах хIара хIаллакван мостагIий вовшехкхетта меттиг-м яц те? Жоь-жагIате хила мегара? ТIаьххьаре а коьрте деара шена тIехь дешдерг таIзар хилар. Ма-хуьллу дуьхьало ешшехь, верзина ваьккхира и. Шозза алсам баьллачу ницкъаца  масех хехочун карара вуьйлура дархо, уьш аркъал а бетташ. ТIаьххьара а веаммо когаш-куьйгаш тIера а лаьцна, ваьхьна мелчу хи чу виллира иза. Цунна и цIийдинчу хих тарделира, юха дуьхьал-тесира ша цIийдинчу хиций, лалийначу эчигций хьийзош-зуьш хилар. Бага хи оьхушшехь, пхенаш ийзош санна, хехоша лаьцна когаш, куьйгаш дIасакхуьйсуш, мил-милла а кхетар воцу уьйр йоцу къамел дора цо. ДоIанаш дора, сардамаш доьхура. Дукха мохь биттина гIад а дайна, тIаьххьаре а, меллаша, хьалхарчу къамелаца цхьаьна а кепара догIуш доцу, дешнаш далийра цуо:
– Сийлахь воккха Iазаптекхна Георгий! Хьан кара дIало аса сайн дегI. Са-м ца ло, хIан-хIа!..
Мелла а меттавеъна дархо хехоша хIинца а лаьцна вара. Йовхачу ваннано а, коьрта тIедиллинчу ша чуьрчу шишано а тевинера иза. Амма бакъду, дикка кхетамчу ванза а волуш, вани чуьра схьа а ваьккхина, кIесаркIаг чу мушка таIо, ша гIанта тIе хаийча, дисинчу гIоригIодаца иккхира хьеречу ойла-нийн уьйриг.
– Стенна? Стенна? – мохь хьоькхура цо. – Цхьанна а зулам хила ца лиъна суна. Стенна вуьйш ву со? Ва-й Дела! ХIай сол хьалха Iазаптекхнарш! Доьху шуьга, орцах довла…
Iийжаме пластырь вортанах хьакхаяларца сабIаьрза веттавала вуьйлира иза. ТIаьхь лаьттачийн дан хIума дацара, кхаьрга ца сецалора и.
– ГIуллакх хир дац, – элира операци еш волчу салтичо. – ДIаяккха еза.
Оцу дешнаша хорша яийтира дархочунна. ДIаяккха тов!… ХIун дIаяккха? Мила дIаваккха? Сой? – ойла а йина чIоггIа бIаьргаш дIакъевлира цуо. Шина маьIIера шога гата схьа а лаьцна, доггах и дIасахьаькхна, вортанна тIера мушка дIаяьк-кхира салтичо, гIеххьа кховра а доккхуш, цIийдоьссина меттиг а юьтуш. Могуш-маьрша волчунна а хала йолу и операци, тIаххьара къурд хийтира дархочунна.
Даггара тохавелла, хехойн буйнара а ваьлла, шен дерзинчу дегIаца тIулгийн экъанаш тIехула дIакерчира и. Шен корта дIабаккхина моьттура цунна. Мохь тоха вуьйлира, ца тоха-белира. Кхетамера ваьлла а волуш, маьнги тIе дIа а ваьхьна, охьавиллинчу цунна, веллачу стагана санна, кIоргга, ехха наб кхийтира.

II

Буьйсана самавелира иза. Тийна дара: луларчу, йоккхачу петарчуьра схьахезара дархойн садеIар. Цхьанхьа, геннахь, цхьаьнаэшшарехь тамашена ша-шега луьйш, Iаьржачу цIа чу воьллина дархо вара. Ткъа лакхарчу зударийн декъера а хезара йишхаьллачу контральтоца* лоькху акха эшар. Самаваьллачо гIийла ладоьгIура цу аьзнашка, цхьа чIогIа гIелвелла а, дерриге дегI доьхна а вара и, дIа ладоьгIча: цу тIе ворта а яра лозуш.
«Ванах, стенгахь ву со? ХIун хилла те суна?» – ойла еара коьрте. Юха, цIеххьана, ма-дарра сирла дуьхьалтесира ша баьккхина тIаьхьара бутт, хIара кхийтира ша цомгуш хиларх а, и хIун цамгар ю а. ДегIе ловв аьлла зуз а доуьйтуш, карладевлира цхьа могIа ша лелийна хатIдоцурш: ойланаш, дешнаш, динарш.
– Далла хастам бу-кх и шадерг дIадаьлла а! – олуш юха а набкхийтира цунна.
Яккхий гIишлош а, тIулгийн керт а йолчу жимчу урамалге дIагIертара, аьчкан чалтаршца долу, диллина кор: цкъа а, цхьаммо а, ког ловзаза хIара меттиг яьккхинера юькъачу, акха-чу коьллашший, хIокху хенахь башха делладеллачу сирень-зезаго а… Нисса корана дуьхьал, коьллашна тIехьа, таьIно гуш яра лекха керт, ткъа цунна дехьара схьакъедара, беттан нуьро лийчо, къагийна диттийн баххьаш. Аьтто агIор кIайн дархен гIишло яра чуьра серладевллачу аьчкан чалтаршца къевлинчу корашца: аьрро агIор – кIайн, беттан серлонехь къорра беллачийн-чоьнан пен.
Коран чалтарех чукхеттачу, цIенкъа дижинчу беттан нуьро, маьнгин цхьа дакъа а лоцуш, къагийнера хьаббинчу бIаьргашца йолу дархочун беса юьхь: цхьа а талхаран билгало ца хаалора цу тIехь хIинца. СадеIар а, меттахъхьер-хьовзар доцу, гIенаш а ца гун, цхьа чIогIа кIелвисначу стагана кхета наб тIеязъеллера цунна. Кхоччуш кхетамехь а  волуш, цхьа масех мIаьргонна самавелира иза могуш стаг санна, Iуьйрана, юха а, ша ма-хилла-ра тиларчохь гIатта.

III

– Муха хета хIуна? – аьлла хаьттира шолгIачу дийнахь цуьнга лоьро.
Сама ма-валлара, юргIана бухахь Iуьллура дархо.
– ТIех дика хета! – жоп делира, кога мачаш а тудуш, халатах ка а тухуш, хьалаиккхинчу цо. – Iаламат хаза! Цхьа бакъду: хIара!
Цо шен кIесаркIаг гайтира.
– ХIара ворта ца саттало соь, лазош. ХIара-м даккхийчех дацара, коьртаниг кхеташ хилар ду, со кхеташ ву.
– Хьо мичахь ву хаьий хьуна?
– Дера хаьа, лор! Телхинчу нехан цIахь ву-кх, хилча хIун ду, со кхеташ хилчахьана  бен дIа дац-кх. Бен дIа а.
Леррина дархочун бIаьргаш чу хьаьжира лор. Шарйина маж йолу, дашо куьзганашкахула хьоьжу тийна, сийна бIаьргаш болу хаза экама юьхь, тапъаьлла тийнера.
Терго еш вара и.
 – Стенна хьоьжу хьо сел лерина соьга? Сан дагахь дерг доьшур дац ахь, – элира дархочо, – суна-м го хьан дагара ма-дарра! Стенна леладо аш хIара зулам? Стенна гулйина кху чу мисканийн тоба. Суна-м миччахь а бен а  дацара, со  паргIат ву, стенна хьийзош бу уьш? Шен синехь йоккха, юкъара ойла кхиъначу стагана бен а дац-кха миччахь Iийча а, хIуъу хетча а, ваьхча а, велча а, нийса дац и?
– Хир ду-кх, – жоп делира лоьро, сонерчу гIанта тIе охьа а лахлуш. Кхузара дика гора, сихачу боларца говран цIоканех йинчу мачашца «чкъашт» а деш, шуьйра, цIен могIарчий, даккхий зезагаш тIехь долчу бумзе халатан тIемаш а лестош, сонера соне дIасалела дархо, лор валош баьхкина фельдшеррий, баьрга Iуьнналчий неIарехь була а белла лаьттара.
– Сан йолуш ю и ойла, и карийчахьана юха дуьнен чу ваьлча санна ву со, – мохь бетташ, дуьйцура дархочо. – Шатайпа ирбелла синхаамаш а, цкъа а ца бинчу кепара болхбеш бу хье а. ХIинццалц беххачу тидамийн, зиерийн, дагатасаран гIоьнца доьвзаш хилларг интуицица хаьа. Шерашкахь философино гулдинчух кхиъна со. Яккхийчу идейн дуьхе кхиъна: пространст-во а, хан а – фикцеш ю. Массо а оьмарехь вехаш ву со. Цхьанхьа а вац со, я массанхьа а. Цундела суна бен а дац-кха, кху чохь я арахь, маьрша хилар а, я возуш хилар. Сайх терра кхин масех стаг а хаавелла суна кхузахь. Амма йисинчу тобанна Iаламат хала ду хIара хьал лан, уьш паргIат хIунда ца бовлуьйту аша? Хьанна оьшу…
– Ахь боху, – юкъахваьккхира иза лоьра, – хьо цхьаьна а меттехь а вац. Я цхьаьна а хенахь. Амма хууш ду, вай хIокху чохь хилар а, – сахьт схьа а оьцуш, – цхьайттолгIачух ах далар а, 6 май 18... шо хилар а. И муха хета хьуна?
– ХIумма а ца хета-кх. Суна бен дац миччахьа, мацца вахар. Бен ца хилчахьана, массанхьа а, даима а ца хуьлу со?
Лор велакъежира.
– Наггахьлера логика, – элира цо, хьала а айлуш. Хьо бакъ хила а мега, Iодикайойла! Цигаьрка-м узур яц ахь?
– Баркалла, – элира, саца а сецна, цигаьрках карзахе ка а тухуш, – хIокхо ойла дика йойту. ХIара дуьне микрокосм ю. Цхьаьна маьIIехь щелочаш ю, вукхузхьа – кислоташ /муьсталаш/… Иштта ду-кх дуьненан латтар: дуьхьалонаша цхьаьна-эшаралла а кхуллуш, Iодикайойла, лор! – элира кхин цкъа а.
Лор дIаволавелира. Дукха дархой бара шайн маьнгешна тIехь була а белла, кхуьнга хьоьжуш Iаш. Цхьаьна а хьаькаман бийр бацара белхалоша оццул лерам, дархоша лоьран-психиатран санна.
Ткъа ша висна дархо хаддаза дIасалелара чухула. Цунна чай деара, охьа а ца хууш, шозза айина яссайира йоккха куршка, цхьаьна мурстана дIадиира кIайчу бепиган доккха цастар. ЦултIаьхьа ара а ваьлла масех сохьтехь, ца соцуш, шен сихачу, дезачу боларца цо юьстира ерриге а гIишло, цхьаьна маьIIера вукху маьIIе кхаччалц. ДогIане де хиларна, дархой беша ца бовлуьйтура. Керла  валийнарг лохуш волчу фельдшерна цхьаммо пIелг хьажийна гайтира сеничохь дехьа йисте лаьтта иза: шен юьхь беша йолучу аьнгалин неIарна тIе а товжийна, леррина зазбеша* хьоьжура дархо. Цуьнан бIаьрг тIехIоьт-тинера ПетIамат-зезагийн тайпанех долчу сирла-алл зезагна.
– Схьавола озвала, – элира фельдшеро, белшах куьг а тухуш.
Амма и схьавирзича, кхеравелла юхаиккхира лор: къизалла, цабезам богура хьеречу бIаьргашчохь. Бакъду, фельдшерх бIаьрг кхетча, оцу сохьта хийца а велла, цунна тIаьхьахIоьттира и, дош а ца олуш, кIорггерачу ойланийн кара вахча санна. Лоьран кабинета чоьхьа бевлира уьш, дархо ша тIевелира жимчу тер-занна: фельдшеро, оза а оьзна, шен тептар тIе цуьнан цIарна дуьхьал дIаяздира – 109 пунт. ШоллагIчу дийнахь 107 хилира цунах, кхозлагIчу дийнахь 106.
– Иштта дIадодахь лийр ву иза, – элира кортачу лоьро, ма-хуьллу дика кхабар тIе а дуьллуш.
Мел чIогIа хIума яарх дархо худалуш вара денна. Ткъа фельдшеро хIора дийнахь дIаязйора эшалуш йогIу пунташ. КIеззиг а еш наб а йоцуш, денош хаддаза дIасаоьхуш дохура дархочо.

IV
Цунна хаьара ша телхинчу нехан цIа чохь вуйла, дика кхеташ вара и ша могуш ца хиларх а. Дийнахь дукха лелла хIоьттина волу иза, цкъа-цкъа, дуьххьарчу буса санна, тийналлехь сама-вуьйлура лозучу дегIан меженашций, коьрте деттачу овций, шен кхетамехь а волуш. Хетарехь, буьйсанан тийналлехь, гIийлачу серлонехь битамаш ца хиларна делахь а, я цIеххьана сама-ваьллачун хьено ледара болх барна делахь а, цунна, дарехь дика хетара шен хьал.
Могуш волуш санна а хетара ша, бакъду, дийнахь яьржачу серлонца, дархенехь денлучу дахарца юха а битамийн, цомгучу хьене цаэшалучу битамийн, каравоьдура иза, хьекъалера а волуш, нийса хетарш лартIехь мел доцучаьрца уьйра цуьнан коьртехь. Цунна хаьара шена гондхьаберш дархой буйла, амма кхуьнан кхетамехь, царех хIора я стаг лечкъина лелаш, я хьулвелла цхьаннах, я цкъа мацах вевзаш хилла я цуьнах лаьцна цхьаъ дешна, я хезна дара. Уьш массо а оьмарера а, массо а пачхьалкхера а, дийнанаш а, белларш а бара кхузахь. Кхузахь бара дуьненан гIарабевлларш а, нуьцкъалниш а, тIаьххьарчу тIамехь байъина, юха денбелла салтий а. Цунна гора ша цхьаьна дуьненан берриге ницкъ IаьIначу джинийн пхьоьханахь, боз-буунчаллийн гонехь, курочу шовкъаца оцу гонан коьрта юкъ ша а хеташ. ХIорш массо а гулвеллера кхуза Iаламат доккхачу гIуллакхе: и дара дуьнентIера доллу зулам дIадаккхар.
Кхунна ца хаьара муха, хIун дан деза, амма и кхочушдан шортта ницкъ-м хаалора шен дегIехь. Кхуьнга ешало нехан ойланаш, хIуманийн дуьхье а кхуьура хIара: дархен бешарчу даккхийчу даьгIнаша дуьйцура шира хабарш: ткъа дукха хан йоцуш йоьттина гIишло, кхуьнан хьесапехь, Петр Сийлахьниг волуш йина яра, ткъа ша паччахь Полтаван тIеман хенахь цу чохь ваьхнера. Цо иза дешнера пенаш тIехь а, бешахь карийначу чуэгначу кхийрачу гаьргаш тIехь а, кибарчигаш тIехь а: кху цIийнан а, бешан а дерриге дIадаьлларг хетара и.
Беллачийн жима гIишло а юьзнера хIокхо иттанашца, бIен-нашца дукха хьалха кхелхинчу нахах: хIара леррина хьоьжура ларми чуьра бешан соне дирзинчу жимчу коре, таьIначу стелаIодан басаршца лепачу, боьхачу куьзганахь девза аматаш дуьхьал а хIуьттуш. Уьш дара дахарехь я сарташ тIехь кхунна цкъа гинарш.
Цхьаьна юкъена сирла, дика хенанхIоттам болуш де деара: дархой дийнахь сарралц бешахь хIаваэхь хуьлура. Дуькъачу дитташа хьулдина церан жимо бешан дакъа массо а агIор зезагашца дийна дара. Балхана жимма пайдехь волчуьнга къа-хьоьгуьйтура кхузахь Iуьналчас: хIора дийнахь нуй хьокхуьй-тура, некъаш тIе гIум хьорсуьйтура, асар дойтура, шайн куьйга дIадийначу зезагийн, наьрсийн, хорбазийн, пастанийн хесашна хи тухуьйтура. Бешан цхьана маьIIехь юькъа яьлла балл яра: цунна ирхнехьа даьгIнийн аллеяш яра; юккъехь, шаьш бинчу гу тIаьхь кхиийна уггаре а хаза зазбеш яра; гунан йистошкахь кхиънера сирла зезагаш, ткъа царна юккъехь исбаьхьа къестара доккха наггахь бен гур йоцу, можа цIен тIедарчий долу дали. Ерриге а бешан тхьамда хилла лаьттачу цуьнга, цхьаьна йоккхачу къайлене санна хьуьйсура дархой. Керлачу дархочуна а гора и шатайпана. ХIокху гIишлон а, бешан а палладиум йолуш санна хетара кхунна и. Массо а маьIиг а, некъатачанаш а дара зезагашца кхелина. Жим-Россин бошмашкахь хила тарло шадолу зезаг кхузахь дара: лекха розанаш, сирла петунеш, кегийчу, бесачу зазца йолу лекха тонкин коьллаш, настурцеш, петIаматаш а. ХIокху меттехь цIийнан лабанна гена йоцуш, кхуьуш петIамат-зезаган кхоъ шатайпа колл яра: уьш билгала яра мелла а аьсха хиларца, башха сирла-алл бос лепарца. ХIара зезаг дара-кх  дуьххьарчу дийнахь, аьнгалин  неIарехула беша дIахьаьжча, вайн дархе цец-акъ ваьккхина хилларг.
Дуьххьара ша беша волуш, лабанан ламеш тIера чувоссале, хIара дIахьаьжира къегинчу зезагашка. Уьш шиъ бен дацара: мухха делахь, кхечарех къаьстина татеший, яраший го а бина асар дазчу меттехьа нисделлера уьш. ТIаьхьий-хьалхий цхьацца арабуьйлура дархой: неIарехь лаьттачу хехочо хIоранне дIакхов-дабора стомма, бумзех буьйцина, хьеюккъехь цIен жIар йолу, кIайн куй. И куйнаш дара тIамехь а хилла, аукционехула кхуза кхаьчна. Цу тIерачу жIарин, шен кхетамехь, къайленан маьIна дора дархочо. Куй схьа а баьккхина, жIаре хьаьжира и, юха пе-тIамат-зезагашка а. Зезагаш къегина дара.
– Иза тулуш ду, – элира дархочо. – Амма хьовсур ду вай мила тулур.
Лаба йолчуьра чувоьссира иза. ДIаса а хьаьжна, тIехьа лаьтта хехо а ца гуш, хесал дехьа а кхоссавелла, зезаге куьг даьхьира, амма схьадаккха ца хIоьттира, куьйга йовхо а, ов а догIуш санна хийтира, юха дерриге дегIе а, цхьа тамашийна дегIах чекх а йолуш, цIечу жазнера* схьаетталучу токо зузвича санна хийтира. Жимма тIе а хуьлуш, куьг кховдийра кхуо зезаге, амма, кхунна ма-хеттара, цо дуьхьало йора дIаьвше, Iожаллин саде-Iарца. Корта хаьвзира. Шен боллу ницкъ а гулбина, зезаган гIоданна куьг тIекхевдашшехь, цхьа деза куьг дижира кхуьнан белша тIе, хехо вара и.
– Мегар дац зезагаш даха, – элира къеначу хохоло. – Кхин хеса юххе ма гIолахь, дукха-м дера ду шу кхузахь, хьердев-ларш, аш хIораммо цхьацца даккхахь а, ерриге а беш дIасаер ю, – кхеттош элира цо, белш тIера куьг дIа а ца доккхуш.
Дархо юьхь-дуьхьал хьаьжира цунна, буйнара паргIатваьлла, вист а ца хуьлуш, некъехула кархазе дIаволавелира. «ЭхI, декъазниш! – ойла йора. – Шуна хIумма а ца гойца, цуьнгахьа гIо даххал бIарзделла-кх шу. Ас чекхдоккхур ду цуьнца дерг, тахана я кхана хьовсур вай мила тулу, ткъа нагахь со кхалхахь, хIун бен-башха ду и…» Сарралц бешахь ваьлла лийлира и, цхьацца гергарлонаш а туьйсуш, юха вовшашна, хIораниг шена хетачу кепара кхета, тамашийна къамелаш а деш. Цкъа цхьаьна накъостаца, юха кхечуьнца де суьйренгахьа ласталц леллачул тIаьхьа кхин а тIечIагIъелира «шадерг а кийча хиларх» кхо ен ойла. Кестта хаьрцар ю эчиган чалтарш, массо чубоьхкинарш ара а бевла, дIасагIур бу дуьненан массо а маьIIе. Латта дегор ду, шена тIера шира чкъор а хуьйцуш, керлачу, хазачу ниIматашца юха денлуш. Зезаг-м кхунна деррехь дицделлера, амма бешара чувоьдуш, ламехула хьалаваьлла лаби тIера дIахьаьжча, юха а гира таьIначу, юькъачу, тхи дижначу бацалахь къиега ши суй, тIаккха хIара тобанна тIаьхьасецира, хехочунна тIехьа а хIут-туш, аьтто болий хьаьжира, цхьаьнна а ца гира иза хесал дехьа кхоссалуш, цо зезаг схьа а даьккхина, куча кIел некхехьа дIа-лачкъош къона а, тхине патарш дегIах хаькхаделча, докъан баса вирзира иза. Iадаме, шуьйра бIаьргаш а боьллуш, шийла хьацар туьйхира цуьнан хьаьж тIе.
Дархехь чиркхаш латийра: дукхахболу дархой пхьоре са-туьйсуш метта дIатевжинера, синтем байна сеничухула а, за-лашчухула а волавелла масех стаг воцург. Зезагца верг а вара дIасалелачарна юкъехь. ЖIаръеш куьйгаш некха тIе а таIийна, оза а велла лелара и: моьттар дара-кх, четарчу ораматан хье дIатасийта и воллу. Цхьанна дуьхьал кхетарх чIогIа ларлора  и, бедаран йист дIахьакхаяларна а кхоьруш. «Улло ма гIор талаш, улло ма гIорталаш», – цIогIа деттара цо. Амма кхузахь кIезиг тергалдора и тайпа маьхьарий. ХIара-м лелаш вара болар сихдеш, сохьтехь а, шина сохьтехь а, тIаьхь-тIаьхьа чура-вуьйлуш.
– Ас хIоттор ду хьо. Ас садукъор ду хьан! – къора, дера элира цо.
Цкъа-цкъа цергашвовшаххьакхайора цо.Пхьормартнехь юухIума охьайиллира: есачу яккхийчу стоьлаш тIехь лаьтташ басархьаькхна а, дешица кхелина а дечиган кедаш дара, чохь Iаьвнан худар а долуш: гIанташ тIе охьахевшира дархой: хIоранна Iаьржачу баьпкан цастар делира. Цхьаьна кедара дечиган Iайгашца бархIаммо юура. ГIолехь кхаба безачеран къастийна шайн меттиг бара хIума юуш, хе-хочо шена чохь белла кхача сихха дIа а кхаьллина, цунах тоам а ца хилла, юкъарчу пхормартнечу велира вайн дархо.
– Суна пурба лой ахь кхузахь охьахаа, – элира цо Iуьналче*.
– Ва ахь пхьор ца диъна? – хаттира Iуьналчас, кедаш чу тIедогIу худар а дуттуш.
– Со Iаламат чIогIа меца ву-кх. Суна алссам ницкъ оьшур бу, кхачийца меттахIотто беза и, шуна хуу хир ма ду, буьйсана вуьжуш а ма вац со.
– Яалахь, хьомениг, гIоза юийла ахь. Тарас, дIалол цунна Iайг а, бепиг а.
Цхьана кедана тIе а хилла, дукха худар диира хIокхо.   
– ХIа, тоьар ду хIинца, мегар вац хьо! – элира Iуьналчас, массо а вуьзна ваьлчул тIаьхьа а, цхьа куьг некха тIе а таIийна, вукхуьнца худар дууш волчуьнга.
– ХIей, хьайна хиъча суна мел ницкъ оьшур бу! Iодикайойла хьан, Николай Николаевич, – элир кхуо, стоьла тIера хьала а гIоттуш, Iуьналчийн куьг а Iовдуш.
– ХIинца стенга воьду хьо? – велааьшне хаьттира Iуьналчас.
– Сой? Цхьаьнхьа а ца воьду-кх. Вуьсуш ву-кх, амма, хета-рехь, кхана кхин ца ган мега вай, баркалла къинхетаме хиларна.
Кхин цкъа а шен куьйгахь куьг къевлира кхуо цуьнан. Аз дегийра, бIаьргаш хих буьзира.
– Меттавола, хьомениг, меттавола, – вист хилира Iуьналча. – Стенна йо сел кхоьлина ойланаш? Цулле а, чу а гIой, дIа а вижий, дикка садаIа, хьуна наб яр гIоле ду, сихха товала лаахь.
Дархо воьлхуш вара. Хехошка стоьлаш дIацIанъе а олуш, дIавирзира Iуьналча. ЦултIаьхьа, ахсахьт даьлча, лазартнехь шаверг а вижнера, сонерчу чохь тIера бедар а яккхаза меттахь Iуьллу цхьаъ воцург. Хорша еъча санна вегавора иза, шена ма-хеттара, дIовш хуьйдина накха тIе а теIош.

V
Дийна буьйса семаяьхьира дархочо. Ша схьадаьккхина зезаг  ша дан дезаш хилла долу хьуьнаре доккха гIуллакх а хеташ. Дуьххьара аллачу жазнех шен бIаьрг кхеттачу миноташкахь дуьйна дуьненахь ша кхочуш ян езачу Iалашонан дуьхе кхиъча санна хийтира. ЦIен къегинчу зезаго шена чохь хьулдинера дерриге а зулам-зен. Дархочунна хаьара цунах опиум йой: хетарехь, оцу ойлано, Iадаме кепашка йоьрзуш, яьржаш лелачу, кхоллийтинера кхуьнга и кхераме, инзаре бIарлагIа. Шадоллу зулам, кхуьнан хьежарехь, оцу зезагца дара: цуо хуьйдинера бехказа мел Iенийна цIий /цундела дара и цIиен а/, бIаьрхиш, адамийн къахьалла а. И дара къайленан садолу хIума, Далла дуьхьал  долу Ариман*, эсалчу, бехказчу кепехь дехаш. Иза дийна дIадаккха дезаш дара. Ткъа коьртаниг, ша леш зезаге дIовш цадаржадайтар дара. Цунна латтадора цо иза некхехь хьулдина. Iуьйрана зезагера ницкъ дIабер бу моьттура, цуьнца долу вуо шен дегIе, кийра доьрзур ду, цул тIаьхьа кху шиннах цхьаъ тулур ду, я эшор. ХIара кхалха а мега, амма кхуьнан валар хир ду массо а нехан дуьхьа кхелхинчу бакъволчу къонахчун санна, хIунда аьлча хIокхул хьалха цхьа а ца хIоьттинера дерригге а зулам, орамашца бух а доккхуш дIадаккха.
– Цхьаьнна а ца ги иза, со воцчунна. Иза кхиндIа дахийта йиш яц. Iожалла гIоле ю цул а.
ГIалартийн тIамехь хIотта а хIоттина, гIелвелла Iуьллура иза. Iуьйрана тIехIоьттинчу фельдшерна халла садоьIуш карийра, цхьа бакъду жимма хан яьлча, юха а меттахъхьайра, хьала а иккхина, дархошка луьйш, ша-шега луьйш дIасаида велира. Беша ца валийтира иза: наб ца ярна а, дукха леларна денна дегIана эшалуш варна а лоьро морфи тохийтира цунна, цо дуьхьало ца йира. Цхьа дикка, хIара гIуллакх шен ойланашца догIуш хетарна, хьие ца луш набкхийтира цунна, хьере дIа-салеларо лерехь цхьаьна эшшарехь латтош хилла гIовгIа дIатийра. Шадерг дайра коьртера, хIинца кхуо кхин ойла ца йора схьадаккха дезачу шолгIачу зезаган а.
Бакъду, кхин кхо де даьлча, воккха стаг хIума ала кхиале схьа-м даьккхира иза а. Хехо тIаьхьавелира цунна. ХIара-м воккхаверца лазартнечу а хьаьдда, юха шен чуьрчу маьнги тIе хьалаваьллера, некхехь зезаг а лечкъош.
– Зезагаш хIунда доху ахь? – хаьттира тIаьххье схьакхаьч-начу хехочо.
Амма дархо, ша ма-Iиллара куьйгаш тIех-тIехула а дехкина шен цхьа гIурт бийца воьлча, хехо цо бицбина жIар йолу куй схьа а баьккхина дIавахара. Юха а болабелира барлагIе къийсам, сеттачу хьийзачу текхаргийн кепехь зезагех вуо бухдуьйлуш санна хетаделира: моьттура, цо дегIан массо а меже Iуьйду, ткъа дегI дIовшо хуьйдина. Велха а воьлхуш, Деле кхойкхура хIара, юкъ-кара шен мостагIчунна сардамаш а доьхуш. Суьйренгахь зезаг маргIалдахара. Iаржделла орамат когашца хьаьшира цо, юха цунах йиснарг схьа а эцна, луьйчучу велира. КIорийца цIийелла йогучу пеша кеп йоьхна баьццара гIарголг а кхоьссина, хьежа хIоьттира иза. Шен мостагI «хиш-ш-ш» бохуш, хаба а хебна, ло санна кIайн юкъ а хилла дIахIоьттича, хIупъаьл-ла дIадайъира.ШолгIачу дийнахь чIоггIа тIетаьIира дархочунна. Кхераме-ирча бос баьхьнера цуьнан, бIаьргаш бIаьргонашца, беснеш кIоргга чукхеттера. Техкачу боларца сих-сиха ког а тасалуш, йист йоцу къамелаш а деш, хаддаза дIасалелара иза.
– Ницкъ бан ца лаьара суна, – элира шен гIовсе воккхачу лоьро.
– Саца ца бича бер буй и болх. Тахана 93 пунт бен вац иза. Иштта дIадодахь кхин ши де даьлча лийр ву и.
Воккха лор ойлане вахара.
– Морфи я хлорал тоьхча? – хаттаре элира цо.
– Селхана морфино хIумма а ца дира.
– ДIавехкийта иза, вуьшта, тамаша хета-кх суна иза висахь.

VI

Дархо дIавихкира, чIогIа гатанан асанашца маьнгин пурх-дукъонех а вихкина, телхинчу нехан духар а дуьйхина шен меттахь Iуьллура иза. Маситта сохьтехь ма-хуьллу барголех маьршавала гIиртира. ТIаьххьаре а доггах тохавелла цхьа аса этIа а йина, когаш паргIатбехира, юха дихкина куьйгаш а долуш, акха кхетамаза къамелаш а деш, чохь дIасалелавелира.
– О, шоб тоби!… – мохь хьаькхира чоьхьаваьллачу хехочо. – Який тоби бис помоге! Грицко! Иван! Идите швидче, бо вин развязавсь.
ХIорш кхое тIетасавелира дархочунна, Iаламат чолхе тасада-лар дара иза тIелетачарна а, дерриге дегIера гIора дIадаьлла, тIаьххьарчу ницкъаца дуьхьало еш волчунна а. ТIаьххьаре а шен маьнги тIе охьа а виллина, хьалхачул чIогIа дIавихкира цара и.
– Ма ца кхета шу шаьш хIун леладо! – са дIа а лаьцна, цIогIа деттара дархочо. – Шу-м хIаллакъхуьлуш дай! Схьадел-ладелла кхозлагIа зезаг дайра суна, хIинца и а кийча ду. Чекх-даккхийтийша соьга долийна гIуллакх! Цуьнан садаккха деза, садаккха! ТIаккха чекхдердара шадерг, аса шуьга доьйтур дара иза йиш хилча, амма и ас айса дан дезаш ду, шу лийр дара цунах дIахьакхаделча а.
– ДIасаца, паныч, дIасаца! – элира уллохь и ларвечу къеначу хехочо.
Дархо цIеххьана дIатийра, хехой лебан дагадеара цунна. Дехачу дийнахь вихкина латтийна иза буьйсана а дIа ца ваьс-тира, дархочуьнга пхьор а даийтина, цIенкъа хIума а тесна, дIавижира хехо, минот ялале наб кхийтира цунна, ткъа дархочо шен болх дIаболийра. Ма-хуьллу сеттира и, пурхдукъонех дIахьакхавалархьама, юха дехачу пхьуьшахь куьг хааделча, сихха пхьош эчигах хьекха волавелира и, мелла а хан яьлча, стомма гата а зарздина, хьажо пIелг мукъабаьккхира кхуо. ЦултIаьхьа гIуллакх каде даха доладелира. Могушчу стага санна говза а, тIахъаьлла а тIехьа куьйгаш доьхкуш бина шад схьа а баьстина, коч схьа а йостуш, хехочун хур-тIуре ладегIа хIоьттира хIара. Воккха стаг велча санна наб еш вара. Коч тIера дIа а йоккхуш, маьнгех тесначуьра паргIатвелира. НеIарх аравала вуьйлира, амма неI чухула къевлина яра, догIанаш, хетарехь, хехочун киснахь дара. Киснаш теллича хехо самаваларна кхоьруш, корех аравала сацам бира.
Тийна, йовха, Iаьржа буьйса яра арахь. Кор диллина дара. Стиглахь седарчий лепара. ХIара цаьрга дIахьаьжира, царна юкъахь шена девза седарчийн гуларш а къестош, уьш шеха кхета а моттаделла сапаргIатделира кхуьнан. Цара шайн зIаьнаршца ша бакъвеш санна а хетара. Аьчкан чалтаран стом-ма сара сатта а бина, готтачу Iуьргахула коьллаш акха баьк-кхинчу урамалге, тIаккха тIулгийн кертал а дехьавала дезара. Цигахь хир ду тIаьххьара латар, цултIаьхьа лаахь Iожалла а хила-кх.
Деккъа куьйгашца стомма сара сатто вуьйлира хIара, амма гIуллакх ца хилира. ТIаккха телхинчу нехан кучан пхьуьйшех муш а бина, серан гоьмукъах  хьалатесира и, шен дегIан до-заллийца цу тIе кхоза а луш. Иштта а кIелвисна волу хIара вехха тийсавелчий бен ца сеттира гоьмукъ: хIинца готта делахь а, чекхволийла дара коьллашна юккъехула, шен белшаш, коган-куьйган голаш а йошуш, цигашхула а, коьллашна юккъехула а ваьлла, пена хьалха сецира иза. Тапъаьлла тийна дара, гIийла догучу чиркхаша серло Iенайора гIишлон кораш тIе: гуш цхьа а вацара. ХIара ларвеш хиллачу хехочунна а дикка наб кхеттачух тера дара, цхьа седарчий бен дацара хIара гуш.
– Со дIавогIу шуна, – дайн элира цо, стигала а воьрзуш.
Бухаяьхначу мIарашца, цIийх юьзначу голашца дуьххьара тасаваларх гIуллакх ца хилча, жимма аьтто болу меттиг лаха вуьйлира хIара. Керт беллачийнчоьнан пенаца хотталучохь чуэгна кибарчигаш яра, цигахула, пен чу таьI-таьIначухула хьалавахара иза. Керта тIе а ваьлла, дехьа агIор долчу муьша-дечиган гаьннех а тасавелла, меллаша дитта тIехула лаьтта охьавоьссира.
Ма-ваххало чехка лаба йолчу агIор дIахьаьдира. Бецаш тхишлахь бIаьрла жаззаш къевлина лаьттара зезаган таьIна корта.
– ТIаьххьара! – меллаша элира дархочо. – ТIаьххьарниг! Тахана толам я Iожалла, суна бен а-м дац. Собар де аш, кестта цхьаьна хир ду вай, – элира цо, стигала хьала а хьоьжуш.
Орамат схьа а даьккхина, буйнахь хьарчийна, Iаьвдина и вичIа а даьккхина, ша дIавахханчу новкъахула юха а веъна ша волчу чоьхьа велира иза. Воккха стаг вижна вара. Халла мотт болчу дIа а текхна, кхетамчуьра а волуш, вуьйжира дархо.
Iуьйранна велла Iуьллуш карийра иза, цхьа паргIат а, нуьре а яра цуьнан юьхь: дуткъачу балдийн, чуккхеттачу, хьаббийначу бIаьргийн гIелделлачу аматаша воккхаверан шовкъ гойтура цу тIехь. Барам тIе вуьллуш, буйнара зезаг схьаэца буьйлира, амма куьг лацаделлера, шен толам коша чу баьхьира цо.

Билгалдахарш:
Чалтар – решетка
Жарг – книга.
Пхьоьрамартне – столовая.
Контральто – уггаре дуткъа зударийн аз.
Мушка – дарбане пластырь.
Зазбеш – цветник.
Iуьналча – надзиратель.
Дархо – больной.
Дархе – больница.
Жазнаш – лепесток.
Палладиум – грекийн гIала ларъяран цIу.
Ариман – персийн мифийн зуламаллин цIу.
 

Оьрсийн маттера – 
Абубакарова ПетIамат

Всеволод Михайлович Гаршин

Всеволод Михайлович Гаршин вина 14 февралехь 1855 шарахь Екатеринославски губернехь. Кхуьнан 5 шо кхаьчча да-нана къаьстира, хIара деца а вуьсуш. Хала лайра иза цуьнан эгIазчу сино. КIанта бераллехь йоьшу Iаламат дукха ирташ Пушкинна тIера Гюгон а тIекхаччалц.
1864 шарахь нанас Петербурге дIа а вуьге, гимнази дIанисво. Гимнази чекхйоккхуш синцамгаран билгалонаш хаало цуьнан, дешар 1872 шарахь беттанашкахь юкъахдолу. 4-чу курсан дешархо волуш яздан волало, гимназехь кIирнах цкъа арадолучу «Суьйренан газета» тIехь зорбане а вуьйлуш, шен гоно дика тIеоьцу.
Гимнази чекхъяккхича, технически институте деша хIутту.
1877 шарахь Россин Турцин тIом хуьлу, Гаршина дакъалоцу цу тIамехь. Кхузахь кхетаволало доккхачу зуламах, мискачу нехан цхьа а бехк боцу зуламах. Шен дийцаршкахь «Диъ де», «Пис» хIокхо дика гойту шена хетарг.
Яздаран кеп Достоевскех тера йогIу цуьнан. Делахьа кIоргера ша-тайпаналла а ю кхуьнан кхоллареллехь, ша гойтучу муьлхачу а бохамехь, турпалхочуьн толам го авторна.
1883 шарахь Гаршин яздо шен уггаре а мехала дийцар «ЦIен зезаг». Турпалхо синдархе кхаьчна. Синдархе Гаршина гойту цхьа йоккха миска нах а, хьоладай а вовшех кхетта майда санна. Кхузахь ду дерриге а дуьненан зуламалла. Ткъа цу зуламан бух цIен зезаг-петIамат ду аьлла хеташ волу, коьрта турпалхо цуьнца бечу тIамехь ле.
ХIара дийцар ша синцамгар ца лайначуьнга язлур а дацара, я дешалур а дацара. ХIинца вайн дахарехь долчу чолхечу хьолехь дуккха а гулбелла и тайпа нах, ткъа уьш кхуллу бохамаш а, тIеман хьелаш а, и  шадерг гина а, лайна а вара шен 33 шо долуш, цу цамгарах кхелхина, ала мегар долу Всеволод Михайлович Гаршин.


Рецензии
Ахь бинарг боккха болх а бу, дика г1уллакх а ду, Пет1мат. Дика тидам болуш ю хьо. Литература дика евзаш хиларе терра, дешархошна г1олехь хинъерг, синна мехала хинъерг схьакъасто а, йовзийта а хаьа хьуна - и йоккха корматалла ю. Хьо бахьанехь, суна а кху чохь дика яздархой бевзина, дика произведенеш а ешна. Гаршин суна вовзийтинарг а хьо ю.Суна довззане а ца девзаш хиллачу адамийн чкъурах а, церан синцамгарх а мелла а кхетам хир бу сан х1инца.
Дела реза хуьлда хьуна, Пет1мат!
Дала меле дойла ахь хьоьгу къа!

Боккхачу ларамца,
Адам.

Адам Ахматукаев   13.12.2011 00:38     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда хьуна,Адам.
Ма хазхийтийти ахь суна.
Ма ч1ог1а къахьегнера ас цунна т1ехь.
Дика хета ахь и ешна.
Кхачамбацарш хир дуйла хаьа.Амма ницкъ ма - бу бина болх -м бара хьуна иза 2003 шарахь.
Дала шен доьхьа дойла хьан довха дешнаш!Эрна ца хилла сан къахьегар а.

Ларамца,

Петимат Абубакарова   13.12.2011 18:56   Заявить о нарушении