Яздархой

Сайд-Хьасан Кацаев


ЯЗДАРХОЙ


Ойла дешнашка ерзаяр, садаIар санна хIума
дара суна. Вуьшта, садукъделла лийр вара со.
Луи Арагон.

1

ХIун оьшу яздархо хила? Ненан йишин кIант Мохьайд волчохь книгаш кегош, Владимир Вересаевн еа книгах сайна тIе ца тоьаш йолу хьалхарниг карийра суна. Цуьнгара и а яьккхина, цIахь юкъа-юкъарчу суьрташка хьоьжуш: «ХIун оьшу яздархо хила?» – аьлла, авторан литературин лекцин тидам хилира сан. Цо терго тIе а яхийтина, еша вуьйлира со. Хьалха – талант, шолгIа – аьтто, кхоалгIа – дешар, яздан Iамар а. Амма уггар а коьртаниг хьо хьуо хилар, нахах тера а воцуш. Мюссес аьлла: «Ас жимачу стакана чура молу, амма и сан стака ду». Коьртаниг – хьан хьайн стака хилар ду. Хьан хьайн стака я жима рюмка мукъане а елахь, хьо исбаьхьанча ву, шайн даккхийчу кедашца стоьла гонаха хевшина Iачу Гомерца, Эсхилца, Дантеца, Шекспирца, Гётеца, Пушкинца, Толстойца, Ибсенца охьахаа йиш ю хьан а, боху Вересаевс. «Оццул ас литературехь къахьоьггушехь, шайн тобана юкъа хIунда ца оьцу-те со нохчийн яздархоша? – ца кхетара со. – Сан книга ара хIунда ца йоккху-те издательствехь? Дийцарш зорба хIунда ца туху-те «Орга» журнало, тайпа-тайпанчу газеташа а?» – ойлайора ас. ХIинца кхийти-кх со! Кхана, са ма хиллинехь, массарна а тоьлларг малар, сайна цхьа йоккха стеран маIа а эцна, яздархойн Союзе, книжни издательстве, «Орга» журнале, «Даймохк» газете, йисинчу редакцешка а готаса гIур ву-кх со! Дала мукъалахь! Со хIинццалц молуш ма вацара!

2

Поэтан дуьне. Вайн хIоpа поэтан шен-шен «дуьне» ду. Цундела вовшийн ца го цаpна.

3

Цхьаьнакхетарш. Вовшах-м кхетаpа вайн яздаpхой, вовшех ца кхета-кх.

4

Книгаш еша цалаар. Бадуевна тIера Бексултановна тIе кхаччалц, вуно дика яздархой бу вайнехан. Хаза мотт, чулацам, исбаьхьалла, дешан говзалла, философин кIорге, оьзда гIиллакхаш, адам, Iалам… дерриг а ду церан кхоллараллехь. Амма книгаш кIеззигчу наха бен ца йоьшу церан. Нохчийн маттахь язйина ю уьш. Нохчашна нохчийн маттахь еша ца хаар я ца лаар, яздархойн бехк бац, нохчийн дакъазалла ю.

5

Яздархочун меттиг. Дуккха а яздархойх лаьцна – шена хьакъйолу меттиг дIалаьцна цо литературехь, бохуш дешна ас. Шена хьакъ йоцу меттиг муха лоцур ю? ГIант даций и...

6

Шен меттигна хьакъ хилар. Яздархо дийна волуш цо яьккхинарг яц цуьнан меттиг. И велча цунна йиснарг ю. Мел дика елахь, мел ледара елахь а, оцу яздархочун баккъалла а хьакъ ю-кх и меттиг. Ас оцу дашна чу дуьллучу маьIнехь кхетадой-те и бисинчара а?

7

Поэташ. Шен махкахь мел волу поэт схьагулвина, набахти чувоьллина хилла цхьана паччахьо. Мацалла, шело, хало а евзича, цхьаъ воцуpг беppиш а, хIинццалц шаьш сийсазвина паччахь хесто буьйлабелла. И воцуpг массо а дIахецна паччахьо. Цхьа хан яьлча: «ХIун деш ву вайн поэт?» – хаьттина цо. «Хьан къизалла юьйцуш байташ йохуш ву иза», – аьлла цуьнга. «Ткъа хIун деш бу вайн важа поэташ?» – «Цаpа хьо хеставо», – жоп делла цунна. Юха а схьагулбайтина уьш паччахьа. ТIаккха цаьpга дIакхайкхийна: «Шуна массаpна а доьхку ас байташ язъяp. Хало, аьтто а цхьатеppа ловш хила веза поэт. Ткъа ахь, – аьлла цо, вукхуьнгахьа а виpзина, – хьайна луъуpг яздан мегаp ду хьуна». Тахана, еppиг а бакъонаш схьаеллачу хенахь, дукха гучубуьйлу «майpа» поэташ. ХIинццалц шайна дагадеъча а кхийpинаpг, хIинца зоpбанехь майрра дIакхайкхадо цаpа.

8

ПохIма. Цхьаболчу яздархойн книгаш йоьшуш – «бездарь», ойлайора ас хьалха. ХIинца кхета со, аьлла хIума а доцуш, оццул дукха яздан, йоккха говзалла еза. Ша тайпа похIма дезаш гIуллакх ду и.

9

Дийнатех лаьцна. Ша лоруш волчу массо а яздархочунна шен декхар хета жIаьлах я говрах лаьцна яздан. Масех масал: Тургеневн «Муму», Толстойн «Холстомер», Чеховн «Каштанка», Мопассанан «Мадемуазель Кокотка», Купринан «Барбос, Жулька а», Лондонан «КIайн кIомсар», Бунинан «Чанган гIенаш» и. дI. кх. а. Киплинга-м дийнна туьйране дуьне кхоьллина дийнатех лаьцна.

10

НеIалт. Цхьа а яздархо цкъа а хIумма яздан хIуттур вацара, кхана экзамен ю аьлча, студента шена кхайкхадо неIалт хезча.

11

Бальзакан Iожалла. «Бальзак кофено вийна, – олу. – Юькъа кофе мийлар бахьанехь (15 эзар чашка!) иштта дукха яздан ницкъ а кхаьчна цуьнан, кофено дагана биначу ницкъо вен а вийна иза». Суна иштта ца хета. Бальзак зударша вийна. Зударий бахьанехь книгаш а язйина цо, зударша дагана биначу ницкъо вен а вийна иза.

12

Америкин ракеташ. Константин Паустовскийн «Кара Бугаз» повестан турпалхойх цхьаъ, Василий Дмитриевич Шацкий, талхаран истори иштта ю. Басмачаша хIора дийнахь тоьпаш тоха аравоккхуш хуьлу иза. Амма шолгIачарна тоьпаш тухучу хенахь, иза хьалхара ву могIарехь. ПхоьалгIачарна тоьпаш тухуш, иза кхоалгIа ву. Шацкий дийна вуьсу, амма хьекъална оьшу. Цуьнан йиша йолчохь квартирехь Iаш волчу Паустовскийн иза вовзар нисло. Дуьне, цивилизаци а кIелхьара даккха гIерташ волу Шацкий, хIора дийнахь Халкъан Комиссарийн Кхеташоне кехаташ яздеш ву. Ливны олучу гIалин бухахь Iаламат боккха зуламе ницкъаш болуш геологийн экъанаш ю. ХIинццалц адамна ца хаара цу ницкъах пайдаэца, амма хIинца девонехь йолу психикийн энерги схьаяста, аммониташ денъян а ницкъ карийна фашисташна. И энерги дIа а хецна, адамаш хIаллакдан гIерташ бу фашисташ. Цундела Ливнына эскаршца го лаьцна ца Iаш, нахана тIедожо деза, шаьш хьалха ца дийриг де аьлла. Масала, кхузахь массара а дIабуьйшуш мачийн буьхьигаш чоьнехьа буьту, ткъа хIокхул тIаьхьа мачийн буьхьигаш маьнгехьа берзо беза. Оцу пайдабоцуш хеталучу бахьанах юхур йолуш ю фашистийн план. Фашистийн Iедалан эмиссар Ливнахь меттигера аптекарь ву… Шен хенахь Горькийн цIарах литературин институт а яьккхина волу, нохчийн поэт, яздархо Кибиев Мусбек изза синцамгар йолуш карийра суна. Чохь къамел деш Iачу хенахь, цхьаъ араваьлча: «Суна хаа хьуна иза мила ву, хьан ваийтина а. Дуьненан массо а разведко дукха адам ду суна тIаьхьа даьккхина. Суна тIе ма хьаьжжина хаа, стаг хьанна болх беш ву», – олу цо. Хаза йоI редакце а еана дIаяхча: «Со царах Iехо бохкуьйтуш бу уьш. Соьгара ницкъ бахьанехь, соьх бер дезаш бу уьш», – олу. «Орга» журналан редактор мила хIоттаво ца хуучу хенахь, Ахмадов Мусага элира цо: «Шек ма вала, хьо коьрта редактор а хIоттор ву хьуна, ахь со балха а оьцур ву». Ша коьрта редактор хIоттийча, баккъал а Мусбек балха ийцира Мусас, поэзин декъан редактор. Наггахь балха гучуваьлчахьана, стихийн подборка а кечйичахьана, паргIат витина ву иза. Воккха пекъар волчу Мусбекана, Мусас дийриг доккха гIуллакх ду. Мусбека тIе моссаза кхочу, ягарйо суна ша хIаваэхь хIаллакьеш йолу америкин ракеташ. Суна схьахетарехь, Мусбек и болх беш вацахьара, хIара Нохчийчоь хьовха, ахдуьне а хIаллакдина хир дара цу ракеташа. Дуьненан юкъарчу организацехь хIинца а хууш дац и. Цара ша дIавигарна кхоьруш, цаьрга и хаийта ца ваьхьа иза. Дуьненна тIехь дуьххьара хиллачу адамех тIаьххьара бухависнарг ша ву боху цо. Космосан ницкъ болуш. ДогIа даийта, сацо а хIумма а доцург ду. ХьасттагIа лаьтташ ву ша боху митингехь. «Цхьана воккхачу стага Iаса а Iоьттина: «ДIахила хьалхара», – боху соьга. Ойла ехьа айхьа! Ракеташ а хоьхкуш Iаш волчу, соьга боху-кх: «ДIахила!». ХIун дийр ду ас, ца хаа-кх цунна ша дIатоьттург мила ву. Кхунна дуьйцуш воллур ма вац со дерриг а, хIара кхетар вацара-те бохуш. ДIахили-кх со».

13

Вехар воцург. Голсуорси Джонан цхьана новеллехь иштта ойланаш ю: «Нагахь санна ахь язйечо хьуна ахча хилийтахь, цунах кхиам олу, нагахь санна ца хилийтахь, ишттачух – искусствон гергара стаг ву иза, олу. И – цуьнан шенччул хьал ду, иза светски стаг ву, бохург ду». Яздархочун дахарх, къинхьегамах а лаьцна ойлайо ас: «Мила ву ткъа, ша яздечо ахча а ца хуьлуьйтуш, я хьал-бахам а боцуш волу стаг?» Юкъараллина гергахь «дурака валяет» бохург хуьлу-кх и. Цундела «яздархо» бохург нохчийн маттахь – «вехар воцург», бохучу хьесапехь кхетадо. Салтыков-Щедринан а ю цхьа произведени. Нехан бераш Iовдалш санна Iовдалш бу, хIара ву-кх цхьа башха Iовдал. Чура ара а ца волу, книгаш йоьшуш, да-нана а хьоьстуш Iа. Шен жимчохь хилла цамгарш, баккхий хилча, беламе яха ницкъ кхочу яздархойн.

14

Французаш. Французаша дахарехь уггар а йоккха меттиг дIало литературана, искусствона а. Жорж Санд яларан хьокъехь Альфонс Доден статья иштта йолало: «ДIадаханчу кIирано театран декъехь керла хIумма а ца деара вайна...»

15

Яздархочунна оьшург. Яздархойн мискалла, дакъазалла, боцу аьтто, Iедало церан ца йо терго а хьахаелча, Аптис элира: «Яздархочунна хIумма а ца оьшу, цхьа ирзо хилчахьана. Шен книгаш язъеш, хьаьаш кхиош Iийчахьана, мацалла лийр вац». Цул тIаьхьа нийсса ши шо делира, марзделла дахар тIекел тухуш. Зорбанан ЦIийнан фойе чохь, тхо пхи-ялх стаг лаьтташ волуш: «Яздархочунна шортта ахча оьшу-кх, – элира Аптис. – Зударий-м цо ша лохур бара».

16

Художникан куьг. Давлетукаев Анзор дика яздархо хир волуш вара, къахьега карах далахьара. Цкъа ша язъян дагалаьцна книгаш юьйцуш вара суна иза. «Золяс санна язъян лаара суна, – элира цо. – Дагахь дуккха а сюжеташ ю. Тамашийна хIума ду-кх и, ручка кара а эцна со охьахаахь, бер санна, ойланашка а волий, вицлой вуьсу-кх со». Микеланджелос аьлла: «Художникан куьг ойланна тIаьхьа кхуьуш хила деза». И яздархочунна а тIедогIу. Дика яздархо хир волуш вара Давлетукаев Анзор, къахьега дог дагIахьара. Цунна тоьшалла «Нана» дийцар ду.

17

ЦIерачара олург дагах кхета. Со жима волуш районни газетан штатехь воцу корреспондент вара тхан юьртахь. Даима а цхьа ледара хIумнаш яздора цо: «Нахе цхьа метр сов лекха бух хIунда боттуьйту цIеношна? Iедал стенга хьоьжуш ду?», «Хьенеха 5 сантиметр араоьзна хIунда доьттина шен рагIо?» – бохуш. Эххар а цамгаро кIел а витина, кхелхира иза. Диканиг ала хIума а ца дуьтуш. Хетарехь, Делах тешаш стаг а вацара и. Делкъана хIума а кхаьллина, шаьш болх бан арадовлуш соьга мохь тоьхча, со цхьацца яздеш карийча, вежарша дов до суна: «Хьо мила хир волуш ву хаий хьуна? Дала гечдойла цунна (цIе а йоккхий), дагавогIий хьуна? И санна я нахана, я хьайна а пайденна воцуш вехар волуш ву хьо». Издательш, редакторш-м хIун ден дара? Цара олучо-м хIинца шек ца воккху со. ЦIерачара олург, уьш сайх ца кхетар а дагах кхета суна.

18

Поэтан бахам. Бисултанов Апти волчу редакце догIуш дара цхьа кIант, йоI а. Ший а стихаш язъян а гIертара. Аптис еша Гарсиа Лоркин книгаш елла цу шинга. Цул тIаьхьа дикка хан а яьлла, и шиъ кхин гуча ца долуш. Цкъа соьга боху Аптис: «Университетехь гой хьуна и шиъ?» – «Го», – боху ас. «Хьайн Делан дуьхьа ала цаьрга, со тIаьхьа а ца воуьйтуш, и сан книгаш схьаян». – «Ахь уьш шайна елла моьттуш Iаш буй-те уьш? – хаьттира ас. «Ас муха ло уьш царна, сан берриг бахам а и хилча!» – цецвелира Апти.

19

Кхокха. ХIоразза а тхо долчу хIара я иза яздархо, поэт веъча хазахета тхуна. Марзо эца хIума кхин дисина а дац, вовшийн гар бен-м. Берийн журналах хIун хилла, хаьттира оха Аптега. Дукха хан ю «СтелаIад» ара ца долу. «Цхьа молханаш тоьхнера тохара тхан колхозан аренашка, – долийра Аптис. – Ялташ хьекъийта, бохуш. И молханаш диъна, дуккха а акха кхокхарчий деллера цу шарахь. Цхьа обечик вара тхан, хIара доьхна Iедал чIогIа долчу хенахь а, нийсо лоьхуш, ша бохург чакхдаккха гIерташ а. Оцу къонахчо и гIуллакх дижа ца дуьтуш, суьде а даьллера. Шайн ахча дер-дерш: директор, агроном, кхиберш а кIелахьара а беввла, цхьа Делан пекъар, бригадир вара цара хьийзош. Юха талламхочун кабинет чохь хиъна Iаш хилла хIара. Беана коре кхокха хиъна-кх. ГIийла цуьнга а хьаьжна: «Деллахь, кхокха, – аьлла хиллера цо, – нахана-м маьрша кхокха бара хьо, суна ма бале бели-кх хьо». Цунна а дайна, – элира Аптис, – нахана-м маьрша революци яра хIара. Тхан журналан чIогIа бале ели-кх... Маркесан «Патриархан гуьйре» тIехь дагадогIий шуна, гуттар а догIанаш оьхуш? Тахана Нохчийчохь доллу хьал ду оцу тIехь дуьйцург. Вуьшта, кхузахь догIург ло ду. ТIедогIуш, тIедогIуш, чаккхе ян а йоцуш…»

20

Доьзал. «Яздархо хила ойла йолчу стага зуда яло ца еза», – олу Аптис. Тахана дийна болчу поэташна юкъара суна дукха везачех цхьаъ ву иза. Ша аьлларг кхеташ хилийта, кхидIа а дуьйцу цо: «Зуда а ялийна, синош а кхоьллина, цаьрга бала хьегийта бакъо ма яц хьан. Хьан, сан, массеран а боху-кхи ас. Сан-м, масийтта ялийча а, ца хили уьш… Шелвелча, мацвелча а хьайх цхьаннах жоп дала атта ма ду хьуна, Далла хьалха, нахана хьалха, хьайн синна гергахь а. Ткъа доьзал кхаба, балхахь волчу стеган тахана аьтто бац вайн пачхьалкхехь, яздархочун-м муххале а…»

21

Могашалла. Буьйсана юккъехь, дог долчу агIор лазар а догIий, самаволу со. Меттах ца хьалуш, вист ца хилалуш, ког-куьг ца айалуш вуьсу. Даг тIехь тIам хилча, и тIам гIорий гIоддаха хьалауьйзуш хилча муха хетар ду стагана? «Иштта оьцуш хилла-кх адаман са», – ойла хуьлу сан. Мохьмад пайхамар а дагавеара суна, цо шен умматах волчу стеган саэцар, ша санна лаза ца веш хилийтар дехар а... Суо баккъал а леш ву моьттира суна. Кхера-м ца веллера со, амма сел къоначу, хIумма а дан кхиъна а воцчу сайх, къахийтира суна. Лермонтов а дагавеара. Нийсса цуьнан хан ю сан хIинца. Уггар а суна новкъадерг – книга араяккхаза йиси-кх сан, бохург дара. Сан доттагIаша ледара-м дуьтур дацара сан куьйгайоза, хIетте а, ас айса тIехь болх бича санна хир дацара и. Дукхаха дерг суна сайна а ца къаьста, жимма хан яьлча. Ткъа яздаза мел ду сан! ХIинца юха а,  шина-кхаа кIиранах Iиллинчул тIаьхьа, цкъа а хIумма ца хилча санна, дIаволавели со. «Ас вала воллуш Iуьллучу хенахь а гIайгIа йина книга бахьанехь, Дала соьх бина къинхетам бу-те хIара? Соьга яздайта яхйиний-те Цо сан хан?» – ойлайо ас. Супъяна элира цкъа: «Яздар – и яздархочун дахар ду. Амма цо лелориг и вен а ца вуьйш, цуьнан могашалла ларъярна, дахар тодарна а лерина хила деза». ХIуманна чIогIа хьесап, йоккха фантази а йолуш ву Супъян. Цунах дика яздархо а хир вара, книгаш язъеш Iа таро елахьара. Вуьшта, и книгаш язъеш хилча, мелла а гIишлошъяран агIо къегина хир яра цуьнан романашкахь. И болх дукха безаш ву и. Амма хьанна хаа, и бахьанехь дика хила а там барий уьш-м...

22

Iедалан тIеIаткъам. Нохч-ГIалгIайн обкоман хьалхара секретарь волчу Власовс, «националистийн бен бу и» аьлла, къоначу литераторийн цхьаьнакхетаралла, «Пхьармат», йохийра. Массарна юкъахь бара КГБ-н олунчаш. ХIора юьртахь, предприятехь, коллективехь а. Студентийн юкъараIойлехь а хир бара уьш. «Нохчийн синкъерам хIунда бина? – бохуш, тхан накъост а хьийзийра. Шайн агент хила бохуш важа а. ХIора чкъурах а дикачу я вочу агIор билгалваьлла стаг вара цара юьхьарлоцург. Я хьалха хIитточу перспективашца Iехавой, я цхьана хIуманна тIехь лоций, дан йиш йолчу таIзарца кхеравой, караверзавора цара стаг. «Аша со паргIат ца витахь, ас ЦК арз яздийр ду шуна», – аьлча, тIаьхьара бевлира уьш цунна. И хьехар баккхийчех (хьалха хьийзийначех) цхьамма динера цунна. Цу чкъурах цхьаъ шолгIачу гIат тIера корехула чукхоьссинера. И таллаза, къастаза а къайле яра... Оцу къайлахчу канцелярин Iалашонех цхьаъ – доттагIашна юкъара уьйр-марзо хадаяр, юкъа питанаш, эладитанаш дохкар, вовшех шекбахар... Баккхийчара олура тхоьга: «Шайн го ларбелаш. ТIаккха бен дахарехь, литературехь а кхиам хир бац шун». Бакъдолуш, хIетахь Iедало чIогIа маьIне лорура йозанца болу болх. АтталгIа типографехь элпаш тIехь болх бийраш а церан куьйга кIел бара. Жимма а Iедална товр йоцу, политикица йогIуш йоцу книгаш язъеш, язйича араюьйлуш а яцара. Хрущев веъча, луъург яздан маршо елира яздархошна. Оццу муьрехь Таймин Биболатах лаьцна роман язъян вуьйлира Мусаев Мохьмад. Амма йоццачу хенахь шайн гIалатах кхетта, Iедало юханехьа чIагIдира зорбанан закон. Дикка хан яьлча, Айдамиров Абузара хаьттина Мохьмаде: «Романах хIун хилира хьан?» – аьлла. «Iадйитира ас и», – жоп делла Мохьмада. «ХIунда?» – ца кхетта Абузар. «Язйича а араер ма яц и», – аьлла Мохьмада. Горбачевс демократи кхайкхийча, нохчийн яздархой а шайн книгаш юхаязъян буьйлира. Сулаев Мохьмада шен Товсолта а юха язйира «Лаьмнаша диц ца до», аьлла. Нахана оццул тайна йолу Абдуллаев Зияуддин «Всполохи» а, ширачу книгин керла вариант яра. Повестан юьххьехь дуьйцу нохчий, гIалгIай а цIерабахарх лаьцна цхьаццадолу бакъдерш. Цул тIаьхьа нохч-гIалгIайн издательствехь юха а дикка гатбира низаман гураш. Дудаев Iедале веъча: «Абузар, – аьлла Мусаев Мохьмада, – и Таймин Биболатах лаьцна роман тIехь болх бан воллу со». – «Гой хьуна, ахь тохара Iад ца йитанехь, хIинца арахецчахьана вер вара хьо», – аьлла Абузара. Ша Абузара, Советан Iедал мIакадаьллачу хенахь, «Еха буьйсанаш» йихкина бохуш ца Iаш, «Ирхешца» шена некъ баьстина, «Лаьмнашкахь ткъес» язйира. И хаттар хьахаделча, наха шен книгийн тайпа-тайпана мах хадабой хууш, Абузара элира: «Суна сайн книгаш, замане хьаьжжина, юхаязъян ца лаьа. Iедал хийца моссаза ло, хийцавала везаш вац яздархо. Муьлхха книги тIехь а, къаьсттина историн романашкахь, ши хан ю: персонажаш бехарг, книга язйина мур а. Цундела ши маьIна ду цу книгаш чохь. Оцу шина барамехь хьажа а веза цаьрга». Дуккха а къонахий хилла нохчийн яздархошна юкъахь. ТIехь лаьтташ оццул буьрса Iедал доллушехь, къомана шен истори йовзийта, культура кхио а гIиртина уьш, цу Iедалан бехкамаш ларбеш, тIедожорашца шайн книгаш нис а еш. Амма шаьш яздечунна тIехь сан чкъурал а маьрша яздархой хилла бац. Цкъа а дага ца деана суна, иштта я вуьшта яздича, Iедало могуьйтур дац, я книга араер яц-кха сан, бохург. Дуьненан тоьллачу яздархойн книгаш, дахар а хилла суна масал.

23

КIиллойн зама. Со ца тийшира авторх, дуьххьара Бексултановн «ТоргIа» дешначу хенахь. ТоргIа – къонах вара. Ша вехачу юьртара йоI, юьрте орца дохуш, мохь хьоькхуш, салташа пхьаьрсаш а лаьцна, текхош йохьуш, ла ца делла, салтий тIехецначу пурстоьпана некха тIе тапча туьйхира ТоргIас. Иштта обарг волу иза. ТоргIин дас, вежарша, шичоша а, шаьш Iедало хьийзо долийча, цIа вагIахьара, олий, хабар дохьуьйту цуьнга. «Вай хIокху Iедало, хьо бахьана долуш, кхузахь даха а ца дуьту... Вай гуьржийн махка дIадаха деза. Вай тховса сахилале новкъа довла деза... Цхьа кIеззиг садаIа хьайна дIавижий», – олий, дас, вежарша, шичоша а кхунна дикка наб кхеттачу хенахь чулелхий, ТоргIа дIа а воьхкий, Iедале дIало. И дара со ца тешарг! ХIахIа, бохура сан кхетамо, нохчийчо дийр долу хIума дац и. Нохчийчуьнга вехкалур вац буьйсана шех тешна гIодаюкъ яьстина Iуьллу стаг. Шен кIант, ваша, шича-м муххале а! Iедалх кхеравелла нохчийчо дIалур вац шен цIийх волу стаг Делан мостагIийн кара! ТIаккха а, цара ма-аллара, гуьржийн махка дIабахча а бовлуш бара уьш, шайн кхин дан амал дацахь. И дийцар зорбане далале берийн «СтелаIад» журналан редакцехь дешнера ас. Чохь тхо масех стаг вара. Мацаев Сайд-Iали тIевирзинера Мусана: «Госпожа Бовари, Анна Каренина а – уьш типаш ю. Ткъа хьан турпалхо цхьалха ву. Цунна кхин масал дац. Ахь ма дуьйццу хиллий-те и?» Генарчу масалшца дийцахь а, со кхетара Сайд-Iали ала гIертачух. Цунна а, суна санна новкъа дара, нохчаша цу тайпа кIело яр. Нохчаша иштта дан тарло, аьлла кхетамехь тIедитар а. «Тхан юьртахь хилла хIума ду и», – элира Мусас. Амма Сайд-Iали юха ца волура. Со ладоьгIуш Iара, сайна доьттинчу чайн наггахь къурд а беш. Эххара, Мусас: «Ас цIераш хийцина ца Iаш, зама а хийцина», – элира. ТIаккха кхийтира со ерриг а башхаллах. И Советан Iедал долуш хилла хIума дара. Паччахьан Iедал долуш хила тарлуш а дацара. ХIетахь нохчийн ницкъ эшнехь а, кхетам къарбина бацара. Мелла а доьналла дара нахехь. Амма дерриг а Советан Iедало хьаьшнера. НКВД-н подвалашкахь эзарнаш нах аьххьера. Коьртахь куй лело, наха юкъахь ши дош аьлча, тIаьхьа стаг хIотта там болуш верг а хIаллаквинера. Юха, дисина адам цIера а даьккхина, гуттар а пис боьллера нах. Ша Мусас кхечу дийцарехь иштта характеристика ло кху заманна: «...ХIинца массо а массара а милицига вохьуьйтуш ву-кх. Зудчо цIийнда а вохьуьйту, йишас – ваша а, кхахьпано – везар а. Борша нах мелла а гIелбина кху дахаро, хьалатаIа ца буьтуш. ДIатохал хьайна кхиъначу йоIана, иза нахаца лелахь а, цхьа тIара – оцу сахьта милици гIур ю, динан фанатико яха ца юьту ша аьлла. ТIе а чехар ю, корта аркъал а туьйсуш, бIаьрга тIе бIаьрг хIоттийна. Охьахаа, эр ду хьоьга, охьахаа, дIаяьлла и зама, шена луъучуьнга маре яха а, шена луъу бедар юха а, цхьа а дин ца лело а (лелочуьнца къийсам латто а) бакъо елла къоначу чкъурана. Хьо охьа а хуур ву, кхин вист а ца хуьлуш. Я кхин тIара а тухур дац йоIана, зудчунна а. Хьуна хуур ду, баккъал а дIаяьллийла хьан зама, хIара кхин зама юй хуур ду хьуна, кIиллойн, моттбеттачийн а зама». ХIаъ, къонаха хила ца вуьтура Советан Iедало. Цундела су иккхича тоьира нахана цунах сийна цIе таса. ...Оцу дийнахь кхийтира со яздархочунна, дешархочунна а юкъахь йолчу башхаллах. ГIу чохь хи санна IаьIа яздархочун дагахь ойланаш а. Нах шайн дагахь дерг дIа а дийцина паргIат бовлучохь, яздархочун и дIа ца яздича синтем ца хуьлу. «Муха хийтира хьуна дийцар?» – хаьттира соьга Сайд-Iалис. Суна хала дара цу хаттарна жоп дала. Дешархочун санна суна хала дара и дийцар тIеэца. Суна ца лаара нохчийчо шен кIант, ваша, шича а Iедале дIавала... Амма автор суо велахьара (ас хIинццалц яздинчуьнга хьаьжча а гуш ду и) ас а иштта чакхдаккха там бара и. Со кхийтира, Мусан дийцар доьшучу хенахь, со нохчийчун бIаьргашца, нохчийчун кхетамца а хьоьжуш хиларх. Цундела лаара суна, цо вайна юьхькIам, дозалла а долччу агIор яздан. И дара Сайд-Iалис бохург а. Амма къаьсттина цхьана къоман векал хиларал сов, дуккха а хIума хьалхадолу искусствехь болх бечун. Дешархочунна лууш дерг шен халкъан дика цIе яккхар ду. Яздархочунна – нахана дагах кхетачу агIор яздар.

24

Таро. Дуьненан гIарабевлла яздархой холчу хIуьттуш хилла, дийнахь цхьаъ-шиъ статья язъян деза шайн, бохуш. Цара газеташка луш йолчу материалаша, таро луш хилла царна романаш тIехь болх бан. Ирс яI! Цара дийриг оьшуш стаггах хиллий!

25

Канташ. Университете студенташца цхьаьнакхетаре кхайкхина вара Ибрагимов Лема, Цуруев Шарип, Амаев Ваха-Хьаьжа, Ахмадов Муса, со а. Лема, шена дош делча, хьала а гIаьттина цхьа-ши дош аьлла охьахиира. И а дукха паргIат, меллаша а элира цо. Шен хотIехь. Студентех цхьамма хаттар дира: «Лема, хьан вистхилар ма гIийла ду?» – аьлла. «Вайн культура ю гIийла. Иштта ду-кх сан вистхилар а», – элира Лемас. Цуьнан хьалхара книга «Зерийн тидарш», тIетоьхна авторан сурт а долуш, псевдонимца араелира. Шайн ненан нанас жимчохь хьостуш олура шех Канташ, боху Лемас (Канталаш опечатка яра). «Куршлойн-эвлахь яьржина цIе ю и», – аьлча, цецвелира иза. «И иштта туьллуш цIе юй а ца хаара суна-м», – элира цо. Дуьххьара тхойшиннан вовзар университетехь хилира. ХIетахь студенташна юкъахь Лемех лаьцна лелаш дийнна легендаш яра. Тхо 1-чу, 2-чу курсашкахь дара. Лоьма дешна волуш вара. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете тасавалале, цо дешнера лаккхарчу дешаран кхин а шина заведенехь: Краснодаран медицинин институтехь, Ташкентан университетехь а. Юха кхузахь, шен схьаэца дезаш диплом а долуш, Москва Литературан институте ваха а гIоьртира иза. Кхоллараллин конкурсах чакх а ваьлла (вайн цIера дийнна тоба яра гочдархой кечбан лерина), Москвара баьхкинчара, ханна воккха ву, аьлла, дIа ца ийцира иза. «Филологана керла хIумма дац Литинститутехь, семинараш йоцург. Ткъа уьш, яздархойн Союзан декъашхо дIаэцначул тIаьхьа, Лаккхарчу литературни курсашка веъчахьана хир ю», – элира соьга. Со суо а вара, аьтто хилча, велла дIаваллалц доьшуш Iийр волуш, цхьанхьара вукхахьа а воьдуш, сайна хетарг яз а деш. Цундела а хир дара Лемица сан гергарло тасадалар, тхан юххера довзар тIаьхьо хиллехь а. Цу хенахь къаьсттина Цуруев Шарипа, Абдулмежидов Асланбека, Багаев Лемас а дукха вуьйцура иза. Уьш цхьаьний гIишлошъяран отрядехь хиллера. Итт класс яькхчахьана, цкъа а цIерачаьргара сом даьккхина стаг вац Лоьма, цара дийцарехь. «Хетарехь, геологашца лелачу хенахь кара хIума еанчух тера ду цунна», – жамI дора тIаккха. Ас цкъа хьахийра цуьнга и. «ХIахIа, тIаргIана тIехь даьккхинера ас ахча», – элира цо. Лема дуьххьара волавелла нохчийн литературехь афоризмаш язъян. Афоризмаш еккъа литература ларар а нийса дац. И жанр, схьагарехь, литературах, философих а цхьатерра екхаш, цхьабосса ший а лара мегар долуш ю. Лемин книга араяьллачул тIаьхьа къеггина гучуделира вайн дукхаха болчу яздархойн, Iилманчийн а къинхьегам эрна хилла хилар. Нохчийчохь философин декъехь 70 шарахь бина болх терзана цхьана агIор, Лемин книга вукху агIор йиллича, тIаьххьарчун йозалла сов ер яра. Хийла стаммий исбаьхьаллин книгаш ю нохчийн яздархойн, Лемин книгин цхьана агIон тIехь йолччул исбаьхьалла, маьIна а доцуш. Керлачу заманан нохчийн философи, ца кхоьрруш ала мегар ду, йолало «Зерийн тидарш» тIера. Францехь, Германехь,  муьлхха а цивилизованни пачхьалкхехь оцу тайпана книга араяьлча – цуьнан автор дуккхачу премийн лауреат а, Iилманийн сийлахь доктор а кхайкхор вара. Джамбеков ШаIранис хаьттира Лоьмега: «Канташ боху цIе нохчийн маттахь афоризман жанр санна тIелаьцча хIун дара-те? Хьо дуьхьала-м хир вацара?» – аьлла. Лемас, наха тIеэцахь, ша дуьхьал хир вац, элира. Хенан йохалла хила тарлуш хIума ду и. Вуьшта, тохар (ударение) хьалхарчу мукъачу озана хила деза, аьлла хета суна – канташ аьлла (стеган цIарах къастаяр дуьхьа). Цул сов, и дукхаллин терахь хила а деза, ткъа цхьаьллин терахь кант я канта аьлла... ХIара яздина дукха хан ялале, Тургеневн «Таллархойн яздарш» кегош, дагахь а доцуш, и дешнаш тоххара юкъахь лелаш хилар гучудели – «хасторан эшар» маьIнехь. Идиев Замбулата боху цхьана дийнахь: «Лема, ойла еш ву-кхи со. Стихаш язъечух – поэт олу. Дийцарш, повесташ, романаш язъечух – яздархо, прозаик. Афоризмаш язъечух хIун ала деза? Аферист?». Гений хила йиш юй-те нохчийн яздархо? Оцу тайпана хаттар хIоттадо Канташа. И ала гIертачух, со нийса кхеттехь, цо вуьйцург къаьсттина цхьа яздархо, цуьнан похIма а дац. Цо дуьйцург нохчийн халкъ, вайн халкъан лахарчу тIегIана тIехь болу кхетам а бу. Нохчех вер вуй-те гениальни яздархо? И бохург: «Кхиъна даьлла къам дуй-те вай? – иштта кхетадо ас. – Вайн къомана хуур дуй-те шех гений ваьлча?»

26

ХIунда яздо ас? Дуьненна а бевзаш болчу яздархойн еккъа цIерш яха а масех агIо езар ю. Ткъа цара язйина произведенеш еша-м стеган дахар а тоьар дац. ХIетте  а хIора шарахь массо пачхьалкхехь араюьйлу керла-керла романаш, дийцарийн, стихийн а гуларш. ХIора дийнахь-бусий кхоллараллийн болх беш бу массо а къоман векалш. Дуьненна тIехь яздазий, дийцазий хIума дан а дац боху. Ткъа хIун яздан, хIун дийца гIерташ воллу хьала мел кхуьу къона поэт, яздархо а? ХIунда яздо цара? Канташа иштта жоп ло цу хаттарна: «Дийцаза, алаза а хIума дац боху, амма ду ас дийцазий, алазий-м». И хилла а ца Iа ас яздаран бахьана. Сан дагахь мел дерг, суна ала мел луург а кхоччуш тIехь долуш, цхьа а книга ца карийна суна. Цхьаъ. ШолгIа, Ницшес ма-хиллара: къаналле лестина исбаьхьанча, гена йоццучу Iожалле а хьоьжуш воьлу, шен дахар, са а, лийр доцчу хьоле дерзийна цо, Iожаллина даьIахкаш бен кхочур яц. «Вещи и дела, еще не написании бывают, тмою покрываются и гробу беспамятства предаются, написании же яко одушевлении…» («Арсеньевн дахар», И. Бунин). «Толстой – и дийнна дуьне ду», – аьлла М. Горькийс. Изза ала йиш ю муьлххачу стагах лаьцна а. «ХIора стаг ша-ша – дийнна дуьне ду, цуьнца кхолла а луш, дIа а довш, хIора чурта кIелахь – дийнна дуьненан истори», – аьлла Г. Гейнес. Амма нагахь санна, стаг велча цуьнан «дуьне» цуьнца духуш делахь, яздархо валарх цуьнан «дуьне» дуьсу. Толстой – и дийнна дуьне ду, олучу хенахь, Горькийн дагахь, уггар хьалха, Толстойх дуьсуш дерг – цуьнан кхолларалла ю. И башхалла ю адаман, яздархочун а Iожаллина юкъахь.

27

Нохчийн яздархо. Оноре де Бальзак, Джек Лондон а ахча дезарна, нахах тарвала а лаарна яздан волавелла. Шарахь кхо-йиъ книга арайолуш хилла церан. Шен 31 шо кхаьчначу хенахь Д. Лондон 19 книгин автор хилла. Бальзак я Лондон а, яздан волавеллачул тIаьхьа, къен ца хилла. Царна даима ахча ца тоар – и церан хьашташ совдовларца доьзна ду. Оццул хала карадогIу и ахча, дош хеташ ца хилла царна. Декхаршка мел воьду, карахь капек йоцуш мел виси а бен-м, шиммо а дика, дукха а яздеш а ца хилла. Нохчийн маттахь цкъа а дацара книга арахеца атта. ТIаьххьарчу шерашкахь къаьсттина халчу даьлла и. Цхьа журнал бен дац нохчийн маттахь арадолуш. Амма и доьшуш, цуьнца бала болуш а вац стаг. Бальзак я Д. Лондон санна энерги йолуш яздархо нохчех ваьлча, иза дог иккхина лийр вара, шен хьалхара книга ара ца йолуш.

28

Хьехар. Яздархочунна уггар а диканиг – цхьанхьа тийначу метте ха дан а вахана, дийнахь наб еш, буса книгаш а язъеш Iар.

29

Ялсамане. Яздархой хир буй-те цигахь? Шина маьIнехь ду и хаттар.

30

Эзар бахьана. Эзар бахьана ду яздархочунна дуьхьал. Къаьсттина нохчийн яздархочунна дуьхьал. Эзар бахьана ду иза юхаваккха, ша лелочух вохо, галваккха а, ванах, эрна ду-кх ас мел лелориг а, аьлла хетийта. Книгашна, йозанашна а тIехь ойланаш лаьттинчу шерашна дохковаккха. Яздархо хила атта дац. Яздархо хила стогалла, майралла а оьшу. Дика яздархо хила деккъа цхьа похIма, говзалла а кIеззиг ю. Уггар мехала дерг – личность хилар. Диснарг дерриг а цунна гонаха ду. Личность къегина мел хили а, цуьнан книгаша дешархочун дог чIогIа хьедийр ду. Хьо догъIаьржа велахь – хьан догъIаьржалла а гуш хир ю. Хьо къонах велахь – хьан къонахалла а гур ю. Хьо дешархо Iехо гIортахь – и а гуш хир ду. Бакъду, ло диллича, цхьана ханна, къайладолу лаьтта тIехь мел дерг. Амма бIаьсте а ялаза ца Iа. Малх ма-хьаьжжина ло а деша. ТIаккха, хиллачохь, юха а буц йолу. Хиллачохь хатт гучуболу... Къона волуш дукха ду, яхьний-юьхьний бохуш, лело дезарш. Наха юхург тIейоха еза, кисанахь сом деза. Чуваха чоь еза. Дика-вуо дIадерзо таро а. Яздархочунна ца оьшу хIумнаш. (Цуьнга хаьттича.) Амма уьш ца лийрича, Кибиев Мусбек санна, «шениг» бен кхин дуьне ца гуш, наха хIун леладо а ца хууш ваха веза я, кIелвисча, Сулейманов Ахьмад санна, хьажа стаг а воцуш вуьсу, я, жимма а дагана кIеда хилахь, Iедалца болчу къовсамехь лара а ца вой, Шайхиев Iалвади, Гацаев СаIид, Осмаев Асланбек санна, маларх вулу... Вайна гонаха дуккха а ду и масалш... Со кхаьрдаш вац царах. Шайн кхачамбацаршца, гIийлаллийца а суна дукха безаш, сан уьйр йолуш а нах бу уьш. Церан дахар нис ца даларна, юкъаралла бехке йо ас. Хьо Бадуев СаIид санна, похIма долуш велахь, нахана ца веза хьо. Кхерамаш туьйсу, вуьйр ву, воккхур ву бохуш. Я Iедало хIаллакво. Ошаев Халид, Мамакаев Мохьмад я Гадаев Мохьмад санна, доьналла долуш велахь – набахтехь вахкаво... Муталибов Зайнди санна, тIамехь чахчийна велахь а, Iедалан бюрократин системо хьийзаво. ТIам тIехь хьан накъостий а хилла, чакхбевлларш а, маьршачу хенахь, ахчано, даржо а Iехабой, хьуна дуьхьалбовлу... Иштта схьа бу хIинццалц нохчийн яздархочун кхоллам. Суна ца хаа, айса хIун лелор дара а, вежарий бацахьара. Кху дийне, уьш хилар бахьанехь, ваьлла со. Тахана-м къона, могуш а ву со. Амма Iедалх, нахах а тешна кIел ма вуьсийла-кх цхьа а!
1992


Рецензии
Дика тидамаш бу. Баркалла. Лерамца,

Ибрагимов Лёма   26.10.2011 04:18     Заявить о нарушении