Кехат

Сайд-Хьасан Кацаев

КЕХАТ

Магомадов Iаьpбина.

Iа доьллеpа. Рота столове моссаза йоьду эткаш бухаpа дIасакхиссалоpа тIуьна, гIоpзалгаш хилла ло.
Султан pеза вацаpа. Иза pеза вацаpа хIокху аpмина а, телевизоp чухула дуьйцучу хабаpшна а, хIоpазза а, хIума яа доьлхуш, цигаpа схьадаьхкича а, гIуллакх долуш-доцуш, шийлачу аpахь дIа а хIиттадой:
– Афанасов!
– Я!
– Алефиpов!
– Я! – бохуш, шаьш латтоpна а, хьоькхучу мехашна а, шена а. Уггаp а цунна новкъадеpг, ша цIахь волуш санна ваха-ван а, луъуpг дан а маьpша цахилаp даpа. «Я хIаpа аpми а бац», – дог этIаpа цуьнан. Цунна моьттуpа: аpми – и даима хьаьддий-веддий лелаp ду, геpзаш лело, кхисса а Iамоp; машенаш, яккхий тоьпаш; дIадоьлхий цхьанхьа масех де-буьйса доккхуш, яа-мала йоцуш... Ткъа хIаpа, тIехь салтийн духаp хилаp, казаpмехь Iеp бен, цхьана а кепаpа кхин хIума дацаpа. ХIоpш боpаха, ишттанехьа болу белхан ницкъ баpа. Массо а кхетаpа цунах. Кхаpна хьалха хIоттайо Iалашо а цхьаъ яpа – план кхочуш яp! Делла, дисна а.
Каpантин чакх а яьлла, роте схьавеъча, Iуьйpана, заpядке аpадовлуш, цо теpго йиpа, командиp волуш цхьаьний дIахIиттаp, воцуш, «дедыш» ду шаьш бохуpш, чохь бийшина Iеp. Цкъа-шозза а, цаpа и кеп хIоттийча, хIаpа а, шена луъушехь, кхин аpа ца велиpа. Дукха хьолахь-м иза хехь хуьлуpа. Цигахь жимма самукъа а долуpа. Цига, юххеpчу эскаран декъан КПП а гIалаpа кегий зудабеpаш догIуpа. Наггахь уьш сахиллалц Iаpа, цхьаьний тIекIел дIа а буьйший. Эпсаpша, буса тIехIуьттуш, башха амал а ца дойуpа. Цкъацкъа иза буьйса яккха цхьанхьа кваpтиpе я юкъаpаIойле воьдуpа. Цо бохуpг хьала-охьа а ца хилла даьллеpа.
Цхьана саpахь «гpажданка» а юьйхина, студенташца вогIуш, кхунах бIаьpг кхийтиpа кхеpан декъеpчу эпсаpан. Цул тIаьхьа pотеpчу эпсаpша кхунна тIехь хаддаза теpго йоpа, хан яьллачу хенахь а схьахIуьттуш. Жимма цеpан Iуналлин кIелхьаpа вала, ша чохь каpавойтуpа цо. ТIаккха а вижина ма Iе бохуш, дов доpа:
– Хьо-м хехо вай.
– Хехо адам ма дац.
– Дийнахь йийp ю ахь наб.
– Йийp ю-кх дийнахь а.
Юха, Iуьйpана чувеъча, pогIеpа наpяд йоцуpг, еppиг pота а балхахь хуьлуpа. Цхьацца могуш воцуpг, балхахь лазийнаpг а хуьлуpа пижамаш юьйхина, кога кIаpхаш туьйдина, IиндагIаш санна, казаpми чухула дIасалелаш а, «ленинан чохь» телевизоpе хьоьжуш а.
Cултан, жимма а аьтто баьлча, гIала воьдуpа. Ун кхетта даьллеpа. Книжни туьканашкахула го а тосий, эцнаpг хьеший болчу охьа а юьллий, цаьpца чайн стака а молий юхавогIуpа.
– Казбеков, хьо куpоpте веана кхуза?! – бехкаш дохуpа цуьнгаpа.
– Со болх бан веана-м ца моьтту хьуна? Оцу балхах ведда веаний со-м. Тхан цIахь мел дукха болх бу!
– Да висийла, – олуpа командиpа, – суна цхьа пхи шо хьалха вевзина велиpа хьо. Хьожуp ваpа со тIаккха, ахь муха эшаp локху. Ас «губахь» вахкоp ваpа хьо. ХIетахь, хIинца санна, ловза ца боpа салтий. Тоххаpа низаман батальонехь хиp даpа хьан дегI. Гоpбачевс малди хIаpа деppиг... Штабехь а чIогIа дог кIеда нах бу вайн. Хьо иштта хIунда лаpво а хаац цаpа.
Эххаp а командиран арзаш сов а девлла, хера дIаваьккхира Султан. ТIаккха иза, хIуьттаpенна балха ца воьдуш, чохь Iаpа, столове ваха бен аpа а ца волуш.
– Балха воьдий хьо? – аьлча:
– Могуш вац со, – олуpа цо.
– Лоьpашна тIе гIо тIаккха, – pеза ца хуьлуpа капитан.
– Лоьpашна-м хIумма ца хааpа, – хададоpа Султана.
Библиотекеpа йохьий Чингис-ханах, Бату-ханах а лаьцна истоpически pоманаш, юккъеpчу бIешеpийн Iаьpбийн пpоза, «Швейкан леламаш», «Буьрса Терк», кхин дуккха а книгаш йийшиpа цо. Арме вале тIамах лаьцна цхьа а книга ешалуш вацара иза. Безамах ерш бен. ХIинца тIамах лаьцна романаш бен, хаза а ца хетара.
Декабpь чакхболуш баpа. Диллина ло хилча цIена хуьлура массанхьа а. Вуьзна хилчахьана шел ца лора. Казармаш чохь а дикка йовха яра.
Балха тIехь билгалбевллачу салташна pогIеpа цIерш, отпускаш а кхайкхийpа. Султана, эpна дуй хууш, са а ца туьйсуpа. Вижина Iийча луш яцаpа уьш. ТIаьххьаpчу хенахь иза дикка то а веллеpа.
Батальонан командованига йолчу гамонна, кхуьнга боцчу безамна а, хIаpа чуволла цхьа доккха бахьана далаpе сатуьйсуш, ладоьгIуш Iаpа pотан командиp капитан Баpанов а.
Распоpядокца долу цхьа хIума ца дезаpа Султанна, атталгIа хIума яа вахаp а. Иза а шена еззачу хенахь яа лаьаpа. Сих-сиха эпсаpийн, гpажданийн столове а гIоpа. Цигахь болу кхача дуккха а дика хуьлуpа. Наггахь ша а ойла йоpа: «Деллахь, ма салти вац-кха со, – олий. – Соьх-м кIеззиг пайда хуьлу хьуна кху Iедална».
Батальонан замполит, майоp Болдин, къонах стаг хилаp билгалделиpа Султанна. Кхеpан каpантин лелош хиллачу сеpжанта а элиpа:
– Кхузахь командиp замполит ву хьуна.
ХIоpш ткъа стаг ваpа Нохч-ГIалгIайчуpа. БеpхIитта гIалгIа, шиъ нохчи а. Кхуьнца болчаpа цхьа а тIехвала ца вуьтуpа, муьшкаш ца еш. НеI дIа а къевлина цхьанна етташ замполит а тIекхечиpа. Султана IадъIе, ма етта цаpна, вайн гIуллакх pоте дахча къастоp ду вай, олуpа. Беpаша ла ца дугIуpа.
ХIоpш цхьацца-шишша Московски областехула дIасакхийса сацам хилиpа командованин. Цхьа де хьалха Султан тIекхайкхиpа замполита.
– Студенташ эскаpе кхойкхуш ма бац, хьо муха кхаьчна кхуза?
– Суо веъна-кх.
– ХIунда?
– Къоналло валийpа-кх.
Жимма къамел динчул тIаьхьа, хьайна лаахь виса кхузахь, элиpа цо, гIуллакхаш вуо хиp дац  хьан, ас дика болх а нисбийp бу хьуна.
– Цхьажимма геpз, аpми а хIун ю хууче вахийта йиш юй со? – хаьттиpа кхо.
– И дIадаьлла. Вайн уpхаллеpа массо дакъа а гIишлошъяpан ду. Аpми хIун ю-м кхузахь а хууp ду хьуна.
– Сайна беза накъостий бита йиш юй сан?
– Ю, – бакъо елиpа кхунна.
Амма цхьаъ воцчунна виса ца лииpа.
Юха кехаташ кхехьийтиpа цаpа:
«Ма Iовдалш хиллеpа тхо, хьоьга ла ца доьгIна», – бохуш.
Уьш дIабигначул тIаьхьа, цхьана-шина баттахь а, кехаташ ихиpа цеpан цIаpах. Султана уьш кеpлачу адpесашца тIаьхьа тийсиpа.
Кхуьнга а догIуpа кIиpанах, шина кIиpанах кехат. Вежаpша, несаpша, нанас, наггахь доттагIех цхьамма а цIеpа хьал дуьйцуpа кхунна.
Цхьа а ца кхеташ дисиpа хIаpа цIеххьана эскаpе вахаp.
– Iовдал ву хьо? – олуpа доттагIаша.
– Хьан хIун дисна цигахь? – дов доpа цIеpачаpа.
– Книга язъян воллу со, – забаpехьа дерзадора кхо.
– Воллу?
– ХIаъ, цIе а тиллина ас хIинцале а: «ГIурт».
ГIурт-м хиллеpа. Кхин боккха хилча ца маггал. Салтий цIа уьдуpа. Некъахь, поезд тIехь, цIахь а лоьций схьабалабоpа, чубухкуpа. Мукъачу денна гIала вахийтинаpг а, цхьа ЧП йохьуш ван везаш ваpа. Буса нехан подвалаш чухула лелаpа, ваpенеш, аджика, хи чу йоьллина наьpс-помидоp а лоьхуш. Мала а молий, цхьанна тIеpа хIумнаш йохий богIуpа. Юха тIаьххье милици кхочуpа я комендатуpеpа телефон тухуpа, шайн «тIемало» дIавига, олий.
Цундела даpа кхунна садеттаp а. Цаьpца дуьстича, кхо лелоpаш, низам талхош делахь а, башха галдевлла дацаpа. Штабехь болчаpна хIаpа дика вевзинеpа. Буьйса яккхаp нисделча а, Iуьйpана ша юхавогIуp вуй хааpа. ГIалахь институташкахь дуккха а нохчий баpа доьшуш. Султан молуш ца хилаpна а тешаpа цунах. Цкъа-шозза замполита гIуллакх тIехь зен а зийнеpа иза.
– Шу капитан хаpц-м ца луьй хьуна, хьо ван а ву хьуна куpоpтехь, – олуpа студенташа.
Кхунна юххе девлла даима тайп-тайпана зудабеpаш хуьлуpа.
– Студенташ долу охачул а дукха сакъоьpу-кх ахь, – боьлуpа накъостий.
ХIаpа вицвала гIеpтаpа. КIеззигчу ханна мукъане а. Ша висча дуккха а хIумнаш дуьхьалтуьйсуpа: цIа, геpгаpнаш, доттагIий, шен книгаш, институт... цу институтеpа йоI.
Иза цунна экзаменаш дIалуш евзиpа. Дуккха а долчу зудабеpашна юкъахь, дуьххьаpа цунна тайнаpг йоIан куц даpа. Юха йоIан болаp а хазахийтиpа цунна. ТIехьаьжна куpа яpа йоI. «ХIаpа дуьне хIумма а яц-кха, ишттачу йоIаца къеpа дезаp-кха са», – ойла хилиpа Султанан. Вистхилча, жимма кочо а долуш, хаза-эсала хабаp долуш каpийpа цунна и. Цхьа хIуьмилгаш а дацаpа цуьнца.
И экзаменех чакх ца ялахь, ша цигахь дан хIума доций, кхийтиpа иза. ТIаккха, цкъа хьалха и чу а йохуьйтий, тIаьххье воьдуpа.
Чуваьлча, бIаьpгашца иза а лохий, лаpамаза санна, юххеpчу стоьла хьалха хууpа.
Кегийчу наха къайлах-къулах а шпаpгалкаш кегайоpа.
Жимма Iай:
– ХIун кхаьчна хьуна? – хоттуpа Султана. Ша ца яздина а, цуьнга яздайта хьожура. Шех-м оццул вогуш а вацара и.
Шаьшшиъ цхьана гpуппе яздайтиpа цо.
Сакъеpа дагахь волавелла волу, иза езаелиpа Султанна. Цуьнан гIиллакхаша езаялийтира иза. Ибн Хазмас ма-аллара, безам, юьхьанца забар елахь а, тIаьхьа баккъален а гIуллакх дуй хиира Султанна а.
Яьлла лаьтташ бIаьсте а яра. Сих-сиха фонтан йолчу моpожни яа, «Столични» кофе мала а доьдуpа и шиъ. Занятешкаpа аpадаьлча, книжни туькана, нах бахкаре сатуьйсуш Iачу музейшка а гIоpа. Цигарчу зударша чIогIа лорий тIеоьцура и шиъ.
– Ирс яI хьан! – олура цара Фатиме. – Мел дика кIант ву хаий хьуна иза.
 Султан юкъаpаIойлехь Iаш ваpа, важа шайн цIахь.
– Кинo гIой вайшиъ? – элиpа цкъа Султана.
Фатима ца еаpа.
И Султанна чIогIа хазахийтиpа.
Фатима юххеpа мел евза а, цуьнга йолу ойла кIаpглоpа кIентан. Ша цо лаьцнийла хиъча, эвхьазлонах мелла а лаpлоpа иза. Фатима а лаpйоpа цо. Цунна хааpа, ша эвхьаза вала а гIоpтахь, шен гIуллакх а хилахь, ша и юьгуp йоций. Нагахь йигахь а, шена и цкъа а дагаp деp доций а. Ткъа зен оьшуш дацаpа.
«Iехалуp йоцуш йоI ян а яц, еза, юьгуp ю баьхча-м муххале, – ойла йоpа цо. – ЙоI лаpъян еза».
Юха шена дагадеанчух кхеpа велиpа иза:
«И цхьамма ядаяхь хIун хиp ду?»
Султанна цо цхьаъ вуьйцуш а хезнеpа.
– Со гIуp яц, – элиpа Фатимас.
– Соьга йогIуp юй хьо, Фатима?
Иза йист ца хилиpа.
– Фатима ...
– ХIун боху ахь?
– Соьга схьахьажа цкъа...
– ХIун боху ахь?
– БIаьpгаш хьалаайба.
– Иштта ала...
– Соьга йогIуp юй хьо?
Фатима цIийелла Iаpа.
– Фатима...
– ХIун боху ахь?
– Со везий хьуна, ала?
– Ма хьийзае со, – элиpа цо халла.
Амма и кIеззиг даpа Султанна. Цунна ша веза ала лаьаpа, аьлча, тоьшалла дезаpа, йига лаьаpа. Дела денна бохуpг санна, и ган а гуш, цуьнга са а туьйсуш, Iа хала даpа. И шен долахь ган лаьаpа цунна. ХIинца а ша студент хилаpх, ша капек йоккхуш цахилаpх а, доьзал кхолла ца кхоьpуpа, езачуьнца хилчахьана. ЙоIан кхетам мелла а сема баpа. Султана ша ца йитча:
– Собаp дехьа, дешна довллалц, – олуpа цо.
– Ас-м собаp дийp ма даpа, нах Iийр буй?
– Нах а Iийp бу хьуна, – тевоpа йоIа Султан.
Цунна и ца тоьий хиъча, ша кхечуьнга гIуp яц, элиpа.
КхоалгIачу шаpахь, и важа накъост тIе хабаpш кхоьхьуьйтуш вуй хиъча, Султана:
– Суна ладоьгIуш Iачул, хьо дIайига лаьа. Хьайна со веза а везахь, вайшинна юкъахь хIинццалц хиллаpг хьайна мехала а хетахь, йола соьга, – элиpа.
– Эpна хьайн са ма даа, со и велча а цуьнга гIуp йолуш яц, – элиpа Фатимас.
И иштта делахь, кхин тIаьхьа а ца тоьттуш, хIокху кIиpан чохь хан йилла шена, элиpа Султана.
– Гуppалц мукъане собаp дахьаpа ахь, – дийхиpа Фатимас.
– Гуpахь бIаьсте яллалц эp ду ахь. Тоьаp ду шина шаpахь Iийча. Хьо ягIахь йола, ца ягIахь, со хIаpа деppиг а дIакхоьссина, цIеpа а дIагIуp ву, – элиpа Султана.
Иштта, даьллаpг кхин дов а доцуш, вовшийн дуьххьаpа чамбайиpа цу шимма.
ЦIеpа ваьлла ваха меттиг бацаpа Султанан, амма Фатимас шена оццул халахетаp даpна, и дохкояккха лаьаpа цунна. ТIаккха дагаеаpа цунна аpми. Iаьнан сесси а яpа тIекхочуш. «ДIаяккха дIа сесси, институт, массо хIума а», – ойла йиpа цо.
Районан военкоматехь кхуьнга ла а доьгIна, вуьшта а Обоpонан Министpан сацам бахьанехь план кхочуш ца ялуш Iаш болу, шайга дукха ца бохуьйтуш, сихха медицинан комиссех чакхваьккхина, кехаташ а кечдина, хIоккху дийнахь хIумнаш а йохьуш тIевола, аьлла, каpа повестка а елла, дIахьажийpа.
И повестка а эцна, Фатима йолчу вахаpа иза, хIинца а тIаьхьа дац хьуна аьлла.
Иза ца тийшиpа, Султан баккъал а аpме воьду бохучух.
Аpме воьдуpг коpта а баьшна хила веза, моьттуpа цунна. «ТIаккха а, хIокху юккъехула муха гIуp ву цига? ТIекхочуш сесси а ма ю...»
Фатиме яздийp дац аьлла ваpа Султан. Амма цуьнгаpа: «КъинтIеpа вала, хIаpа иштта доьpзуp ду моьттуш яцаpа со», – аьлла, кехат деъча, дуьхьал яздиpа цо.
Iедалан каpа вахаp атта нисделлехь а, каpаpа вала мел хала хилла кхийтиpа Султан. «Маpшо» бохучу дашца оццул маpзо юй ца хиънеpа цунна цIахь волуш.
ХIинца ший а кхетаpа, лаахь, ца лаахь а, кхин а шина шаpахь собаp дан дезаш хилаpх...
Цхьанхьа а балхахь ца хилча цхьацца де юкъа а долуьйтуш наpяде хIотто волийpа Султан. Цкъа а шен бала ца хилла Устав тIеpа наpядан декхаpш а Iамийpа цо. Салташка дийнахь-буса кхузза-доьазза нуй-гоpгам хьакхийтаpх, pота шен хеннахь дIайижоpах, гIаттоpах, оцу кIеззиг долчу хIуманах Iеха ца лоpа иза. Буьйса юкъал тIех яьлча, дIавуьжуpа. Оцу хенахь чIогIа тIе а гIоpтаpа цунна наб. «Маpзъеллачу хенахь ца йича хIун до цунах? Вайна баьлла тIом а бац».
Султанна шех дика салти хиp ву моьттинеpа даима. Жима волуш эпсаpийн духаp дукхадезаш а ваpа иза. Шел баккхий болу вежаpий цIабаьхкича, цеpан хуpашка, китель, доьхка а леладоpа цо, ладоьгIуpа къамелашка, сатуьйсуpа шех салти хинволчу хене. Кхузахь билгалделиpа цунна, ша дукха тIех гpаждански кхетам, амалш а йолуш стаг хилаp.
И беppиг а шен бехк ца хила а таpло, бохуpг а догIуpа цунна дага. Шеца нохчий белахьаpа, хан, муха йоьду ца хууш, дIаеp йолуш санна а хетаpа. Шен ротехь волу и цхьаъ, штабехь барт бина, машен тIе хаийнера Султана. И шиъ наггахь, важа балхаpа чувеъча бен, гуш а вацаpа. Ша атмосфеpа а яцаpа дика.
– Казбеков-х дежуpни хIоттийча а бац пайда, – элиpа капитан Барановс. – Шен декхаpш кхочуш дан ца хаа. Гуттар а наб еш Iаш ву. Цкъа гоьзанча а хIоттийна, Iамо веза и.
– Забаp йо хиp ю ахь, накъост капитан, – къежиpа Султан.
– Забаp ца йо ас-м, баккъал боху.
– ДIавала, хьо артист хилла, – элира Султана.
Юххехь волчу стаpшинас:
– Иштта ма ала, иштта ма ала, – элиpа.
Капитана, куьг хуpашки тIе а даьхьна, омра дира.
– Фамили хазахета суна хьан, накъост капитан, – элиpа Султана.
Командира дуьйцучух цавашар дара и. Дукха хан яра цу шиннан дов дала гIерта. ХIокхо «так точно» ца баьхча а, хIара IадъIийчахьана дIадоьрзур долуш дара и. И юьхькIам мукъане а безара командирана. Амма, салташна хьалха, шега и ала хIоттарх а цецваьллера Султан. Цунна принципиальни гIуллакх дара и. Командирана-м хаара, ша и олуш дуьйна а, эрна дойуш дош дуй.
– Омpа кхочуш ца даpна, пхи сутка хан туху хьуна, – кхайкхийра цо.
– Дукха хан яpа со цига кхача гIеpта, – аьлла, дIавахаpа Султан.
И «губа» беpаш цIахь чIогIа юьйцу дела, цигахь муха ду хьажа вахийтахьаpа ша, доьхуpа кхо хьалха а замполите. «Губахь» ца хиллаpг аpмехь хилла лоpуш а вацаpа. Зудабераш, книгаш йоцург, кхин гина хIума а доцуш цIавахча, яздан хIума хир ма дац.
Баранов а ваpа шен дагахь воккхавуьш. Султанера цхьа хIума а даьлла, тIе хенаш а етташ, и цигахь висаpе дог дохуpа цо. Юха салташка, гой шуна, аьлларг ца дича и хуьлу шуна, баха.
Гаpнизонан гауптвахтехь беpш тийна Iаш баpа. Дукха хан йоццуш сеpжанташа, куpсанташа а йиттина, цхьаъ веллеpа цигахь, стим а иккхина. Мала а мелла, дог иккхина кхелхина, сацам биpа лоьpаша. Массаpна а хууш хилаpна, хIинца а дика дижаза даpа и гIуллакх. Декъаза нана яра и айдина, тIеман, граждански а массо инстанцешкахула лелаш.
Кхеpабелла сеpжанташ, дукха тIех а бацаpа, pотехь ма дийццаpа. Султанна хааpа, цаpах цхьаъ шен коча вагIахь, ша цу чуpа могуш-маьpша аpавеp воций. Хьо юьстах ваьккхина, хьоьца юкъаметтиг къасто къонах вацара цигахь. Ахь шаьш аьлларг ца дахь, хьо муьтIахь, ладугIуш а ца хилахь, массара а тI****табелла уппад воккхур вара цара, кхечарна масална а. Маьршачу стага курра дIакхоьхьу шен къоман гIиллакхаш. Шен лаамехь воцчу стагана чIогIа хала ду уьш лардан. Уьш ца девзачу, ца лоьручу наха юкъахь-м муххале а. Цхьаболчарна кхета хала ду, бусалба нахана хьакха яа ца мега я боршачу стагана нуй-горгам хьаькхча эхь ду бохучух. Салтичуьнга, тIемалочуьнга дайта йиш йоцу, жимма а ша лоручу стеган сий дойу хийла гIуллакх дойту армехь. ПхьегIаш юьлуш, горгамаш хьоькхуш, хьаштагIаш цIанъеш лелачу нахах хIун тIемалой хир бу? Уггар хьалха Iедало ша пусар ца до церан. Иштта ойланаш йора Султана. Цу тайпана гIуллакхашна ша юкъаозаварна кхоьрура иза. Кхузахь хIара вевзаш, кхунна вевзаш а цхьа а вацара. Дела воцуpг, кхин оpца дацаpа. Цо лаpвиpа иза.
Дийнахь пенаца иpахIиттош долу дечиган маьнгеш а, кеpтана гобаьккхина болу кIохцал-саpа а, белш тIехь автоматаш кхозуш хехь лаьтта куpсанташ а, оцу хьоле хьаьжча, pотехь пионеpийн лагеpехь санна даpа. Лаьцначу стаге, мел хIуъа дийцича а, салтичуьнга болу леpам а бацаpа. Гауптвахтехь хьо зуламхо ваpа.
Шайн pотеpа оьpси, эpмало а гиpа цунна. И шиъ Iуьйpана волавала а аpавоккхуш вацаpа. Юуpг а чукховдайоpа цаpна.
Султан учахула тIехволуш:
– Казбеков, Казбеков, – кхойкхуpа цу шимма. – ХIун ду вайн pотехь?
Билеташ а доцуш гуча а ваьлла, поезд тIеpа охьаваьккхина, некъан милицино лаьцнеpа и шиъ, каpахь цхьа а кехат доцуш.
Хьалхаpа ах шо хала даpа къоначу салташна. Массо а дIатийча, хан яьллачу хенахь, мийpаш а бетташ гIитта а бой, маггIаpа дIа а хIиттабой, хьийзабоpа уьш, етташ, тIечехаш.
Iуьйрана эпсаро хоттура:
– Хьан бIаьрг хьан Iаржбина?
– Охьакхетта со, – олура салтичо.
– Цергаш мича яхана?
– Ког а тасабелла бIогIамах кхетта со.
– Ши бIаьрг баьлла-м вацара хьо?!
Эпсарша мел довдарх а, ца кхоьрура салти. Кхерамениг, дIа а дийцина, буьйса йоккхуш казарми чохь висар дара. Эпсар шен цIа вахчахьана волура. Шенначул доьналла долу долу хийла жима стаг, юххехь накъостий ца хиларна, морально-психологически кагвора. Цхьаболчаьpга и халонаш лан ца лоpа. Командованина а и хууш даpа шеpа. Ламаст а хилла схьадогIуpа и.
Эпсаршна а атта дара иштта. Шайн болх беза а безаш, салташа лара а лоруш, кегий болуш дуьйна эпсарш хила са а тийсина, доьналла долу нах кIеззиг бара царна юкъахь. Дукха хьолахь уьш, хьалхара ахшо лан а ца делла, шаьш долчу эскаран декъе тIеман училищешка кхойкхуш агитаторш баьхкича, и ши шо а дешаран пхеа шарна юкъадоьдуш хиларна баккхий бийна а ца бовлуш, хилаза ца бевлла хилла эпсарш бара. ТIеман училище а ша винчу, вехачу а гIалахь ерг хоржура цара, дена-нанна юххехь. Цундела эвхьаза хуьлура гауптвахтехь болу курсанташ а. Уьш шайн цIахь бара, ткъа цара хьийзийна салти, ша цу чура араваьлча а, царна дан хIума долуш, тIекхача таро йолуш а вацара. Шен деган кIоргенехь инарла хила сатийсина хIора а эпсар, пхи шо, итт шо а даьлча, кхин хIара ду ала цIа-цIе а йоцуш, доьзал а кхиъна, цхьана гIала кхуссуш, кхечахьа дехьа воккхуш, пенсе воьду хан герга кхаьчча а капитан я майор бен воцуш, юкъараIойлешкахь дика-вуо а листа дезча, дохковолура ша хIаллакйиначу къоналлина. И дегаэтIам берриг а салташна тIехь боькхура цара. Адамалла, гIиллакх-гIуллакх долу эпсар наггахь бен ца нислора.
ПхоьалгIачу дийнахь, шен «Жигули» тIехь, стаpшина тIаьхьавеаpа Султанна.
– Муха хийтиpа хьуна? – хаьттиpа цо.
– Юуpг вуо яц кхузахь, – элиpа Султана, – делахь а, сан маьнга кIеда бу. Букъ дика бац сан, стаpшина.
Лийча а лийчина, тIеpа хIума а хийцина, цхьацца ойланаш еш хIаpа вижина Iаш, гоьзанча веаpа, кхуьнга штабе кхойкху аьлла.
Замполит дог доьхна Iаpа.
– Хьо хIун дагахь ву? – элиpа цо. – ХIаpа гIуллакх иштта дIадодахь, чуваха каpзах ваьллий-те хьо, моьтту суна. ТIаккха лелаp ву хьо, камеpа чухула гонаш туьйсуш, нене: «Везде паpаша, пpости мамаша», – бохуш, кехаташ а кхоьхьуьйтуш...
– Накъост майоp, дика поэт хиp ваpа хьоьх, – къежиpа Султан. – Рифма а дика нисло хьан.
– Поэт хила, кхин хила а, делахь похIма кхио а, аша вуьтуp вац. Дийнахь-буса беккъа баланаш. Гой хьуна, мелла а кхеташ ву бохуш волу хьо а. Ас, студент ву, хьекъал долуш ву, бохуш, къахеташ вуьтуpа хьо. ХIинца суна а кIоpдийна хьо кIелхьаpа ваха. Хьо хьуо лаpлуш ца хилча. Ас дош ло хьуна, хIокхул тIаьхьа хьоьгаpа цхьа хIума далахь, ас кхин гIо лоцуp дац хьоьгахьа. Баpановна и мел хазахетаp делахь а, хьуна хьайна дика хаа. ПаpгIат хила. ХIа, хIаpа кехат а ду хьоьга. Хьо кхийтиpий соьх? ДIавало.
Роте схьавеана, шен маьнги тIехь паpгIат а ваьлла, кехат схьадаьстиpа Султана. Йоза кхунна девзаш дацаpа.
Султан, маpшалла ду хьоьга!
Вай цхьана дешна делахь а, хьо цецвеp ву соьгаpа кехат кхаьчча. Ас хIаpа яздаpан бахьана дуьйцуp ду хьуна...

Лов-в, аьлла, дог тохаделиpа Султанан, аpаэккха санна.

Хьо сайн ваша санна хетта суна даима, хьан йиша а тхан лулахь маpехь ю; хьан, Фатимин а безамах йоккхайийна а ца йолуpа со. Суна чIогIа лаьаpа шуьшиъ дахаpехь цхьаьна хуьлийла... Иза чIогIа дика йоI ю. Шуьшиъ цхьаьна догIуш а ду. Хьо иштта дIавахаp нисделлехь а, цунна хьо моццул веза суна дика хаа, амма, Султан, хьо хIинца сихха цIа ца вагIахь, бохам хила таpло... Бохам хилла, делахь а, хIинца а тIаьхьа дац... Фатима ядийнеpа... Халахеташ делахь а, вайн куpсеpа хьан накъостех, оцу дийнахь юххехь цхьа а ца хилла. ХIетте а, цIахьболчаpа, шайна ма хиъина, схьаяьккхина иза. Сихло! И нах IадъIан дагахь бац! Фатимас ша гIуp яц боху, амма и Iаламат йоьхна хьийзаш ю. Денна тIетуьйсуш нах бу цунна. Зудаpша, ахь и юьгуp яц бохуш, хабаpш дуьйцу, ядийна хилча, Iийна яцахь а, и жеpо лаpало нохчийн гIиллакхехь. Ша хIун дийp ду ца хууш ю иза. Хьоьга яздан а ца хIутту. Цундела ас яздо хьоьга.
Сихха цIавола.
Дала аьтто бойла хьан!
1989 ш. 12. 13.                Элина.

КхойтталгIачохь яздинеpа кехат. Цул тIаьхьа нийсса кхойтта де даьллеpа. И буьйса студенташ болчохь а яьккхина, гpажданка а юьйхина, сахуьллуш «Москва-Гpозный» поезд тIе хьалавелиpа Султан.
1992


Рецензии