Зарета

Сайд-Хьасан Кацаев


ЗАРЕТА


Жима волуш чIогIа эхь хеташ вара со. Дукхаха дерг цундела а волавеллера со яздан. Сайна ала луург дIаяздича дагна хьаам хуьлура суна. Хаза а хетара, суьйрана чувирзинчул тIаьхьа, цIена кехат хьалха а диллина, сайн синхаамаш, дийнахь хилларш а дIаяздеш.
Историн хьехархочо дуьйцуш хезнера суна грекийн цхьана трибунах лаьцна. Ширачу заманахь халкъо шайна хьалха дIа а хIоьттина, хазачу хабарца шайна юкъахь билгалваьлларг хоржуш хилла. Къамелан говзалла йолчу стагана урхалла дан а хуур ду, бохучу маьIнехь. Шиъ кхачамбацар хилла цу стеган дегIаца. Кхиссалуш белш, тасалуш мотт а. Шен тховх хьала тур а оьллина, цунна буха дIахуттуш хилла иза. Белш кхосса моссаза ло, туьран юьхьгах Iотталой, лазош, цIийш оьхуш а хилла цуьнан. Цундела шен гIори гIоддаха, белш сецош, эххара, белш кхиссалучура сецца цуьнан. Цул тIаьхьа хIордан йисте а воьдуш, тулгIенийн гIовгIанехь мохь бетташ къамелаш деш мур баьхьна цо, шен мотт шерра хецабаллац.
Цхьаьнга вистхила воьлча бIаьргех оьху хиш, тийсало мотт а бахьанехь, сайн дагара дийца ца лора. Къаьсттина, адам юххера девзаш дацахь. Школера цIавеъча, хьуьнха тхайн ирзо тIе а воьдий, цхьанне а ца хезачохь, мохь бетташ эшарш лоькхура ас, стихаш йоьшура. Трактора охана дечу хенахь цул соввала а гІерташ. Баккъал а, сайна а хууш, и сакхт дIаделира сан.
– Аз хаза ду хьан, – олу соьга хIинца накъосташа а.
Ткъа эхьхетар… Цуьнан дарба мелла а нах бовзар хиллера, къаьсттина зудабераш. Хьалха, со вийча а багах дера доцу дош, хIинца хоьций дIадохуьйту ас, ойла а ца еш. Хьо шайца атта мел лийли а, хазахета царна. Хьо хала лелаш хилча, церан хIун самукъа дера ду хьоьца? Ахь ворхIе а дайн гIиллакхаш дийцахь, хьоьца а гIиллакхаш лелор ду хьуна йоIа, къайлаха кхечарна а къежаш. Ахь безам бийцахь, безамна а диллина карор ду хьуна цуьнан дог.
Со больнице чувижина хьалхарчу дийнахь евзира суна Зарета. Дуткъа лекхачу дегIахь, еха хьаьрса месаш, баккхий сирла бIаьргаш а болуш яра иза. Зарета евзича массо зудабер а дицделира суна. Нураан васт а кхоьлира кхунна хьалха. Хаац, цу хенале, сан шелъелла дог-ойла хила а там бара и. Кхе дечиг ца тилларна, сан кийрахь яьллачу цIарах овкъарш бен ца йиснера. Цхьана агIор суна новкъа а дара и. Оцу сатийсамаша винерий-те со хIинца верг? Вукху агIор суна атта а дара. Эрна гIайгIанаш дIа а яьхна, нах санна вахар стенан мах бу? Сайна луъучуьнга вистхила, сайна луъург еза а.
Зарета соьл а ши шо жима яра. Суьйрана, малх дIабуьзначул тIаьхьа, ара а долий долалора тхойшиъ. ГIалин йистош иштта хаза юй а ца хиънера суна хIинццалц. Соьлжа а кхузахь шуьйра охьадогIура. Юххера хьаьжча тиша, боьха а йолу мехкадаьттан заводаш, стигал бехъеш цара туьйсу кIур а художнико диллина сурт санна хетара. КIур а кIай, цIена гора.
Марехь эхашарахь а ца Iийнера Зарета. Оцу эхашарахь а башха адамаш я шен цIийнада а ца гинера цунна. Ядийна йолу хIара, цIерачаьрга схьа ца яккхийта йосса а ца еш, жа тIе охьайигнера майрачо. Цигахь, даима мох хьоькхучу аренгахь хIара а йитина, цхьанхьаша ваьлла лелара иза. Ша цIа ян кхунна я некъаш ца довзара, я ахча а дацара. Иштта цу мехаша, сингаттамо а цомгуш йина ша, элира цо.
– Сайн цIийнадега куьг ца Iоттийтора ас сайх. Дукхах дерг цунна дог даьттIа, ваьлла лелаш а вара иза, – дуьйцура суна Заретас.
Иза йоIстаг йолуш цIаеана бохучух теша хала дара суна. Цкъа тхойшиъ больница кертахула схьадогIуш, цхьана воккхачу стаге йистхилира иза. Юха тхойшиъ дехьо даьлча:
– Сан марда хилларг ма ву иза. Мел къахетий суна цунах, – элира цо.
...Бутт бахьанехь шо дайа ца лууш, сессина кечам беш вара со. Заведующих дагаваьлча:
– Больница кертара аравала мегар дац аьттехьа а. Коьртаниг могашалла ю. Юха хьоьх жоп дала гIерта соьхь хIун бала бу, – элира цо.
Моьттур ду со вала воллуш ву я сан цамгаран йиллина хорма ю. Хала стаг ю-м олура цунна массара а. Со хьаставелча цо пурба лур дуй хуъушехь, экзамен йолчу Iуьйрана хьалххе кечйина хIумнаш юьйхина, университете вахара со. ХIХ бIешеран хьалхарчу эхан оьрсийн литература суна дика хуучех яра. Со чувахча:
– Лекцеш юй хьоьгахь? – боху хьехархочо.
– Яц, – боху ас.
– ТIаккха вай дийца хIумма а дац.
Ала вуьтий со даго:
– Со больницера веана ву, экзамен схьаэцахьара ахь соьгара?
Я берех цхьаммо а бохий? Сан накъостий гIишлошъяран отряде баханера, вукхарана бала а бацара, шайн гIуллакх хилчахьана. Цхьаболчарна, шен журнал тIе а хьоьжуш, механически ехки:
– ХIора занятехь а хилла, лекцеш а ю, – аьлла.
Коьртачохь дуй ткъа хIумма а? И-м ма ца хаа кхунна.
ГIеметта хоьттина елахь а, товш зуда а ма яра иза. ХIинца а маре яха тамехь. Гуттар а кечъелла лелаш.
Студентийн хІора чІура юкъара цхьацца хуьлу цуьнан билгалваьккхина, бохуш а дуьйцура. Экзамен тІе ца хІоттош хьовзавой, доьшучура дІа ца ваккхийта, шена луучунна тІеверзош.
– Дера Пушкин, Лермонтов а ца вевзаш-м хир вац со.
Миччара! Тергал а ца до ас дуьйцург. Дог а ма детIа хьан, цхьа хIумма а доцчух, татин гота йича. Схьавеъанчура цхьаъ дIаяла мукъане а хьажа со, аьлла, дIасахьийзаш, нохчийн литературан хьехархо ги суна, лам санна вогIуш.
– Экзамен дIаяла дагахь ма вара со, – боху ас.
– Схьавола, направлени а йохьуш, – боху.
Методистера направлени а яьккхина, кафедре ваха со.
– Муха ю могашалла? – хоьтту.
– Дика ю, – боху ас.
– Схьало хьайн зачетка, – аьлла, пхиъ дилли суна. И вара суна кху университетехь массарал а дукха везаш. Университетехь хьехархо вара аьлла ца Iаш, массо а оьрсийн амале вирзинчу хенахь, атталгIа нохчийн мотт хьоьхучара а лекцеш оьрсех йоьшучу муьрехь, хIара цхьаъ вара кхарна юкъахь, ша нохчи хиларх дозалла а деш, юьртара схьа ма валлара цIена виснарг.
– Соьга хIумма а ца хотту ахь? – боху ас.
– Иштта-м хьо санна пхи-ялх велира кхин а, – боху хIокхо. – Ахь хьалххе хьо литинституте ваха лууш ву аьллехьара соьга, ас гIо дийр ма дара хьуна. Гой хьуна, Москвара комисси еъча, хьоьга хаа а ца хаийтина. Меттигаш хьалххе екъна ма яра церан. Вайн махкана пайденна хинверг вахийта везаш ма вара цига. Хьо арме ваха везаш хилар, больницехь Iиллар а, бахьанаш хилла хир ду-кх церан?
– Дика-м хир дара цига ваханехь. Делахь а, галдала хIума дац.
– Дала аьтто бойла. Хьайна накъосталла оьшуш хилахь, хаийта, – олу цо, ша студенташа дIавехча.
Больнице юхавеъча заведующи дуьхьал йолу:
– Ас хьо отделене вуьтуш вац хьуна.
Цхьамма аьлла-кх цуьнга. Вуьшта-м цунна хуур а дацара. Хьо дIавахханчохь бу-кх и мотт бетта нах. Тамашийна хIума ду и-м. Нах бан а буй-те уьш?
– Ца вуьту ахь? – боху ас.
– Ца вуьту. Дикачохь Iа ца хии хьуна. ХIинца кхечахьа муха ду хьожур хьо.
– Дера лелар вац со-м кхечахьахула. Айса аьлларг хиллехь, кхузе а вогІур вацара, – аьлла, палати чу а вахана, сайн пал тIе а гулбина, дIаваха кечам би ас. ХIун хир ю студентан тIегулъян а? ТIаьхьа еана пхьегIаш ас дIайохьуьйтура. Сан бедарш суна тIехь ю. Цхьа-ши книжка тIема кIел йоьлчахьана, и бу-кх берриг кечам.
Палати чура накъосташа:
– Цо и аларх, хьо сих ма ло, – боху соьга. – И олу ма ю. Заведующи ма ю иза. Цуьнан массо а цомгаш верг гIалахула волавелла лелаш хилча, цуьнга а эр ма ду, хьо болх беш яц, аьлла. Собар де. Настроенига хьаьжжина стаг ю хьуна и. Тховса дIавижа, кхана Iуьйрана цунна дага а догIур дац хьуна. ДIа хьо мича гIур ву? Могашалла хьайниг ма ю.
– Дела реза хийла шуна, – олий, цаьрца Iодика а йой, араволу со. Учахь лаьтта йоI Зарете кхайкха йохуьйту ас. Иза сихха схьайогIу. Цунна а хууш ду, со дIавоьдуш хилар.
– Сих ма ло, Эльбрус, – доьху цо а. – Дукха ца Iаш, цхьаьний дIагIур ма ду вай. Юха цхьаьний курорте а гIур ду вай. Ца лаьа хьуна?
– Со новкъа ваккха, – олу ас цуьнга.
– Ма сийдоцуш стаг ву хьо. Хьайна луъург бен ца до-кх ахь. Ас алий цуьнга? Цо вуьтур ма ву хьо. Со ца еза хьуна? Хьажахь, вист хуьлий и? Iалелай, ма тамашийна стаг ву хьо. Охьа мукъане а хаийтахьа вайшиъ.
– Яло тIай долчу доьду вайшиъ, – олу ас.
Со дIа ца вахийта, суна юххе а хоьттина йогIу иза. Гена йоццуш, билгал яьккхина цхьа хаза меттиг ю сан. ХIоккху хенахь цхьа а ца хуьлу цигахь. Некъа тIера жимма юьстаха ваьлчахьана, юххехь жима шовда а долуш, гонаха долчу дитташа, луьста евллачу коьллаша а къайла даьккхина жима ирзу ду цигахь.
– Ахь стенга дуьгуш ду вайшиъ? Ва-а, Дела! Телхина-кх хьо кIант. Ма сацам бац хьоьгахь.
– Кхуза охьахуу вайшиъ, – олу ас. – Зарета…
– Хьоьга хIара леладайта еана ма яц со.
– Хьажа, дIо-о ши дитт…
– Царна юкъара херо гой хьуна?
– И тIехула гуш дерг ду. Орамаш вовшах хьаьрчина ма ду церан. Генаш а, гой хьуна, тIеттIа кхевдина?
– IадъIе, цхьанна гур ду вайшиъ. Хьуна хIун хилла тахана?
Жимма Iийна, елха а ийзош:
– Эльбру-ус, – олу цо. Со ца еза-кх хьуна. IадъIе…
– Суна мел дукха езий хьо, – олу ас.
Ас хIинца атта олу и.
– Хьо юха маца вогIур ву? Я кхин вогIур а вац хьо? Со кхин оьшуш юй хьуна? Со дукха ца Iаш араер ма ю. Санаторе цхьаьний дохуьйтур дуй ахь вайшиъ? – трамвайна тIе кхаччалц новкъа воккху цо со, къаста ца лууш.
Амма тхойшиъ кхин ган доьгIна дац.
КIира даьллачул тIаьхьа, больницера ара а яьлла цIайоьдуш, тIе машен туху цунна. Шина дийнахь реанимацехь Iуьллу иза, кхетамчу ца йогIуш. КхоалгIачу дийнахь, сахуьллуш, бIаьргаш боьллий, шена тIехиттина лаьттачаьрга а хьожий, доккха садоккхий, меллаша дIайолу.
1985


Рецензии