Диттийн 1индаг1ехь

Сайд-Хьасан Кацаев


ДИТТИЙН ІИНДАГІЕХЬ


– Дика ду хьан цамгар хІинцца карийна. Гена яьллехь хало хир дара. Военкоматана баркалла ала ахь. Хьайна больницехь са а даьІна, дукха ца Іаш, гІоли а хилла, аравер ву хьо. ХІорш хьан пехийн суьрташ ду хьуна, хІара направлени а ю хьуна. Дала маршалла дойла.
Лоьраша дуьйцучух тешаш воцуш, амма туберкулез бохург забар йоцу дела, суна хетарг тергал цара а ца деш, БухІан-юьртарчу республикин 10 больнице кхочу со. ГІалин хи лардойла юххехь, хьуьна юккъехь ала мегар долуш, университетах тера а йолуш йоккха корпус ю хІара. ХІаваъ а цІена ду кхузахь, гІалахьчул. Май баттахь къегина а ма хуьлу сеналла! ХІинццалц цкъа а больницехь буьйса йоккхуш а Іийна вац со.
КІира даьккхира ас, хьошалгІа веъча санна, хиллачух ца кхеташ. Диспансерехь а ма элира соьга: «Билггал дерг ала хаац. Шина-кхаа кІиранна чувижа веза». Лозуш, сагатдеш меже яцара сан. Суна ца хаара, туберкулезан уггар а кхераме агІо и юйла, сагатдеш хІума а доцуш, цамгар къайлаха дебар. Дуьйлу хьацар, етта йовхарш (суна-м и билгалонаш а яцара), тергал а ца йо ахь. ДегІ худало, ницкъ оьшу. «ХІун лозу хьан?» – аьлча, ала дош а дац. Лоьраш а цецбуьйлу: «ДоІах дика ду, жаннаш а вуо дац», – бохуш. Цкъа Іуьйрана юьхь-куьг йила вахча, айхьа яьккхинчу шат юкъахь цІийн тІадам карийча кхерало хьо. ТІаккха кхета лоьраш а, хьан цамгар пехашца хиларх. Изза кхерам бара суна а, шен хеннахь военкоматехь гучу ца яьллехь.
– Кхуза кхаьчнарг ахшарахь, шарахь а дІа ца воьду. Хьайна паргІат хила хьо. Кхузара ваьлча юха курорте ваха веза, организм кхоччуш меттахІотто – элира соьга.
– Сан-м йиш яц шарахь вижина Іа. Сан сесси а ю дІаяла езаш. Арме вуьгуш вацахь, сайца деша тасаделлачу берашца чакхвала лаьа суна-м.
– ГІала ваха цхьанне а бакъо луш яц, цамгар ца яржо.
Чувижочун тІеюхург схьайоккхуш яра. ШовзткъолагІа шерашкахь конслагерера нахана санна, акхачу говран цІоканах тера, къорза духарш ло. Кад, Іайг, кружка а шениг хила еза, цІера еана. Ткъаесна шарахь дуьххьара хеза суна кху тайпа дешнаш: тубазид, паска, туберкулезан бациллаш, цамгаран йиллина хорма, минингит… Цамгарш хуьлий-м хаара суна, амма цомгаш берш вовшах ларбала а безаш, юххехь стаг волуш йовхарш, хьоршам а тоха йиш йоцуш хуьлий ца хиънера. Юьхь-куьгдуьлийла чувахча, баккхийчу наха йовхарш етташ, кийрахь мел долу хІума тІекІел долура сан. Оцу тайпана йовхарш суна цкъа а ца хезнера, кийрахь ишало «бултІ-бултІ-бултІ-бултІ» деш санна. Цхьаберш гуттар а худабелла, макхбелла, адамийн басера а бевлла, цкъа а малхе бевллий-те аьлла, массо даьІахк тІе а яьлла, я даьІахк бен хІумма а йоцуш… адамийн гІаларташ…
Оцу цхьана кІиранах, соьл тІаьхьа чувалийна ши стаг, вала а велла дІавигча, кІез-кІеззиг сайна тІехІоьттинчун ойла ян вуьйлира со. Оцу беллачийн чура гоьнаш, малхе а яьхна, кхозуш лаьттира. Иштта цхьа стаг велла хила тарло-кх, суна бухахь йолчу гоьна тІехь а. Керла чувуьжучунна ца хаа и. Маьнго, пенаша а ма дукха дуьйцур дара, шайна мотт хиъча.
И цхьаъ (молла ву бохуш дуьйцура иза), лоьрашка этІа ца войтуш, цІерачара дІавигира. ШолгІачун зуда чІогІа нисъелла стаг яра. Хьалхарчу дийнахь иза чувижош еъчахьана, кхин гуча а ца елира иза. Миска шен дегІ лоцуш а вацара. Цул а гІийла юй-те, аьлла хеташ, къена нана еара цунна тІаьхьа. И шозлагІа еъча, кІант морг чохь карийра цунна. Барам тІехь чу а валийра иза, барам тІехь ара а ваьккхира. Цуьнан кийрара ихначу цІийх гоь дика цІанъяла кхиъна а хир яцара, цунах йисина и зуда кхечуьнга маре яхана, боху хабар больницехула даьржича…
Индин, Китайн а пайхамар волчу Пхуддах лаьцна дуьйцу-кх... Паччахьан доьзалехь дуьненчу ваьлла Шакья Муни, дерриг а вочух ларвеш кхиийра, гІали чура ара а ца волуьйтуш. Воккха а хилла, наха юкъа ваьлча, адамаш къанлуш, багара цергаш охьаоьгий, тишлуш, цомгаш хуьлуш, леш а гира цунна... Амма цунна а гина хир дуй хьовха, суна тІаьххьарчу кІиранах дайнарг. Институташкахь, школехь а хьоьхург, цхьана а кепара кегийчу нахана дахарехь оьшур долу пайденна хІума Іамош, я дахарна кечбеш а дац. Уьш цкъа а баккхий хир боцуш санна. Ялхийтта-вуьрхІитта шарахь, хрусталан пхьегІа санна, лардеш кхиа а дой, базара боккху етт санна, синкъераме, ловзарга а дуьгу наноша шайн зудабераш а. Дахар къиза ду.
ИссалгІачу палати чу вуьжуш ву со. Буса, набарш кхетталц, массара шайн-шайн хабарш дуьйцу. Лор дІавахча, чиркх латабо оха. Со Чеховн дийцарш доьшуш ву. Цуьнан хаьржинчу произведенийн кхо том ю ас еана. Дуьххьарлерчу буса суна спектакль хІоттийнера хІокхара.
– Чиркх дІабайийша. ДІадийша вай? – элира ИбрахІима. Іаьржочу аматахь, гІийло стаг, палати чохь массарал а воккха ву иза. Цхьамма хьалаиккхина, серло дІаяйира.
– Дехьа палати чура бераш даханера тахана чІерий леца. Вотангар йохьуш баьхкина. Балкон тІе цхьанхьа дІахецна цара и, яхана меттиг ца карош, тІепаза яй-кха. Дийнахь мел лехарх, кара ца йи-кх суна и. Цхьанхьа хьаьрчина Іаш хир ю, – дуьйцура ИбрахІима.
– Суна ян там бара иза. Жима волуш кхерийчахьана, текхарг гича мегаш вац со, – маьнги тІехь дІасахьийза вуьйлира Іаьлви. Іаларойн-эвлара сан хеннара кІант ву иза.
Массо а текхарг йийца хІутту. Кху чохь ахшо доккхуш, шайн самукъа даккха цхьацца агІонаш лоьху цомгашчара. Араволуьйту хан герга мел кхечи а, сакъерало церан.
– Ма йийцийша и, ма йийцийша. Дукха хьехийча кхочу бах и. Чомахь наб ца кхета суна, – элира Іаьлвис.
Цкъа совца а севцца, юха а вотангар йийца буьйлира.
– Со-м книга еша араволу. Доккха хІума ду аша еш йолу гІовгІанаш – хьалагІаьттира Рамзан.
– Димидрол ца малахь – тІаьххье аравелира Іаьлви а. Воккха пелхьо ма ву иза!
Цхьа хан яьлча, аьрру ког болчохь, тІетесначу одеялан бухахь, поллано тІемаш тоьхча санна, цхьа хІума тохало. Вотангар сайна кхаьчна бохург-м суна дагахь а дац. Полла я садолу кхиерг елахь а, дІаяхийта, цкъа-шозза когаца одеяло меттахйоккху ас. Сарахь неІ, кор диллина дитча, серлонна тІегІерташ гул ма ло и хІумнаш. Юха, цара дукха хьехийна: «Суна кхача там бара и», – дагатосу суна. Сан маьнга балконна юххехь а ма бу. Делахь а, наб йогІуш хиларна, дицлуш лаьтта суна и. Оцу минотехь букъа юккъехь, нийсса суна бухахь, цхьа хІума меттаххьов. Со тІевижина волуш, нисъяла ницкъ ца тоьаш, меллаша еттало и, ша йолччохь хьерча.
– Сан меттахь ю-кх и, – олий, хьалаоьккху со.
Чиркх латабо. Сайн метта хьожу со. Яц.
– Нийсса букъа юккъехь лелаш санна ма хетара и. Оццул сиха стенга гІур ю и? – аьлла, со цецваьлча, массо а хьала а гІоттий, леха хІутту.
– Атта карор йолуш яц и. Хьаьрча и, – олу ИбрахІима.
ДІадуьйшу тхо. Вотангаран ойла йо ас. Юха а, йицлуччу хенахь, тохара санна, букъ кІелдІахула йолало цхьа хІума. «ОйхІ, хІара лаа-м ма дац» – олий, куьйгаш хьекхарх гІуллакх а ца хуьлий, лампа латайойту ас. Дикка сайн мотт кегабо ас, тІе куьйгаш детташ. Ша чохь са долуш хІума елахь, дІадала а мегар ма ду хІинца-м. Биснарш а бу суна гІо деш, лоьхуш.
– Ян-м ма яц и, – олу ас.
– Хьуна моттаделлий-те?
– Хьоьл хьалха цхьа воккхастаг вара цу меттахь. Буса и хІума хуьлуш, кхин наб ян а ца витина, шен цІера беана мотт эцна дІавахара-кх иза.
Дера, лартІехь хІума-м дац и, хІуъа делахь а, ойла а еш, наб кхетийта гІертачу сайна, юха а и хааелча:
– Хьан дена хийла наьІалт, хьо хІинца-м соьгара ялахь! – аьлла, катоьхначу сан кара… тай догІу. – ХІара хІун ю?!
– Вахь-хьа-хьа-хьа, – боьлу берриш а.
– ДІайовлийша дІа! – олу ас, дог даьттІа. – Кхунах цхьа доккха хІума а дина. Забаренна а, цхьа а вела лорий? Массо а текхарг лоьхуш, бераш санна. Мукъа ду шу?
– Хьо-м башха кхера а ца велира, – боху Іаьлвис – Со хьайна гинехь хуур дара хьуна. Дукха чІогІа кхоссавелла, кху Рамзанин кара хиънера со.
Дийно сарралц балкон тІехь, уьйтІахь а шахматех ловзуш дІайоьду хан, эшнарг дІа а волуш. Стоьлана го бина, ловзучаьрга хьоьжуш иттех стаг хуьлу. Малх тІекъегича, чу а догІий дІадуьйшу. Иштта масех де даьлча:
– Эльбрус хьо вуй? Арахь цхьа зуда ю-кх хьоьга кхойкхуш, – олу чувеанчу кІанта. – Карор волуш-м ца хилла хьо.
«Цхьа зуда» аьлча, суна дагахь сайн вежарийн зударех цхьаъ ю. Ламеш тІехь лаьтташ Нураъ ю, соьга хьоьжуш. Іалелай, ма дукха хан яьлча санна хета суна, тІаьххьара тхойшиъ къаьстина. Даьлларг цхьа шо бен дац. Ма дукха хІумнаш хийцаделла дахарехь! Ма хийцавелла со а. Уггар а оьшучу хенахь ца хилира иза. Мел лехарх университетехь а ца карайора. Гича, юса а лой, тІехйолура. Наха юкъахь корта ластабора. ХIун дара тхойшинна хилларг? Я «еза», «еза» баха дезара цуьнга? Стенна оьшу дешнаш? Хьан гIуллакхаша, гIиллакхаша, хьан леларо а ца гойту хьан безам? Гергарчара вовшашка безам буьйцуш ма ца хуьлу. Я и ца бийцарх вовшийн кIеззиг беза царна? Оццул чIогIа цунна стенна оьшура и дешнаш? Иза – йоI, зуда я езар хилла а ца Iара суна гергахь. Сан куьзга дара и. Сан деган дакъа. Иза сайн гергара хетара суна. Ткъа цунна... ХIун лаара цунна? Мила хила лаара со, уггар а хьалха? Цхьана хенахь-м со лайткъадар буьйса ларъян сатуьйсуш а вара, иза сайн хенара хилийтар деха. ТІехьа долий, гІанта тІе охьахуу тхойшиъ, диттийн ІиндагІе.
– ХІун ду цІахь? Шун нана муха Іаш ю? – олу ас.
– Дика Іаш ю иза-м. ЦІахь а кхин хІумма дац. Хьан могашалла муха ю?
– Дика ву со-м. Хьо юьртда йохуьйту бохуш, ма хезнера суна?
– Тхан девешина ца лиира. Юьртах жоп дала хала ду, боху. Зударийн болх бац и. ТІаккха нанна а ца лаьа. Нехан цІентІехь а ца хилча, луучарна дийца хІума дера ду аьлла.
– Деллахьа, кхин хІума ца хилча а, шайга богІу некъ тобойтур бара-кх ахь.
– Хьо хало хьоьгуш-м вара, тхоьга лелаш.
– Нехан дуьхьа а боху ас-м.
– И лууш-м со суо а яра.
Цуьнан карара тетрадь схьаийцира ас.
– ХІара хІун ю хьан?
– Тоххара хьоьга яздина кехат ду-кх, дІадалаза дисина.
– Деша мегаш дуй хІара?
– Со дIаяхчахьана доьшур ахь. Дика дуй? Чакхдаккхаза-м ду и. Хьуна хIун йохьур ю ца хууш яра со. ХIара пакет чухьо, хIинца дIаяха еза со.
– ХIумма а оьшуш ма яцара.
Ас новкъа йоккху Нураъ. Со тІе а ца кхийда цунна. Оба ала а ца гІерта. Хьалха ас иштта атта дІахоьцур яцара иза. Гена йоццуш трамвайн социйла ю. Боккха го боккхуш, кхузахь юха а йоьрзий, «гарт-гирт» деш, юханехьа гІали юкъа йоьду и. ТІехьарчу неІарехула хьалаяьлла, доккхачу корехула соьга хьоьжу Нураъ дІаюьгу цо. Больницана тІехьарчу, диттийн ІиндагІера оццу скамейки тІе охьа а ***й, цуьнан кехат доьшу ас.
«Маршалла ду хьоьга, сан дика Адам!
Со чІогІа вочу хьолехь ю.
Ерриг а буьйса яьккхи ас, мел бІаьргаш хьеббарх, наб ца кхеташ, мел къийларх бІаьрхиш а ца совцуш.. ХІинца, серло а ца ловш, лозу уьш. БІаьргаш-м хІун дара? Сан дог ду лозуш…
Суна къинтІера валалахь мел хиллачунна, ас хІара кехат яздарна а. Дагара дийца кхин агІо а ца карийна, яздо ас. Вайшинна юкъахь хиллачунна цхьана а хІуманна бехке ца во ас хьо. Берриг а бехк сан бу. Сан бехк бу, хьо хІинццалц сан хазахетар, сан лазам, сан синкъерам, сан сингаттам а хиларна. Сан деган дакъа дара хьо. И ерриг а хан хьан ойланашца, хьан гІайгІанашца яьккхинера ас. Хьо вевзичхьана цхьа буьйса ца яьллера, ас Деле хьо ца воьхуш. Іуьйрана бІаьргаш схьабоьллуш а, дуьххьара дагадогIург: «Муха ву-те и цигахь? – бохург дара. – Дерриг а дика дуй-те цуьнан?» Сан массо а доIана юкъахь вара хьо. Со хьоьца тIехиъначу трамвайн а, вайшиъ цхьаьна даханчу кинон билеташ а хьоме дара суна. Сан тахана а ду уьш лардеш. Хьан да-нана, йиша-ваша, хьан доттагIий, хьуна беза йоIарий а безара суна. ТIаьххьарнаш, беза мел хала делахь а, безара, хьуна уьш безарна. Сих-сиха йоьлхура со. Ма мотталахь, хьо цаьрца хила ца лууш, лан ца луш йоьлхура. Хьо хьайн доьзал а болуш (Дела ву-кх дог гуш!), ирсе хуьлийла лаара суна. Хьо кхечуьнца хилар, сайна мел хала делахь а, хьуна дика хилчахьана цунах а там хуьлура суна. Даима сайхчул а  дукха ойла йина ас хьан. Суна новкъа-м дара, бакъдерг аьлча, оцу зудаберийн метта со хила йиш йоцуш, со хьан хеннара цахилар а. Ахь ларйийр ю баьхна лайткъадаран буьйсане а дукха сатийсира ас. Амма и карийна цхьа а стаг ца хаавелла суна…
Хьо вовззалц сайн дахарехь мел хилларг гIан санна хетара суна. Хьо вовззалц со яьхна а яцара. Массо а борша стеган юьхь цхьатерра мокха хетара суна. Цу массарна а юкъахь хьан юьхь яра лепаш. Хьо цхьаьннан юьхь. Ткъа хьан… Хьан, цхьаьнаметта, дуккха а дара зудабераш. Со цецйохура, хьийза а йора оцу балхо. Сан бакъо яцара хьоьга хIумма а баха. Хьоьх хераяла, хьан кхачамбацарш леха хIуттура со, амма рогIера сакхт карийча, хьо кхин а юххера, гергара хуьлура суна.
Хьан пенах дIадиттинчу суьртех, суна уггар юххера хетарг кара бер эцна нана тIехь ерг дара. Ас дукха хIума дIалур дара, и зуда санна хьуна хьалха хилийта. Амма хьуна луучу агIор… и бохам бара, къа дара. Суна и ирс хуьлийла лиънера, бакъонехь долуш, иманехь болчу нехан ма-хиллара.
Сайн дахарехь цхьаъ бен стаг хилла вац сан. Иза сан цIийнада вара. ХIинца ойла йича, суна чIогIа къа а хета цунах. Иза дика стаг вара. Со суо яханера цуьнга маре, суо цIа а еара. Сан тIулган дог бахьанехь, кхолламо сайна декхна аьлла хета суна, хьо а вовзийтина. Вовшийн дезаш цахилар бохучун къахь хиъна суна а хIинца.
Ас гуттар а бакъдерг дийцина хьоьга. Хьо Iехо везара бохург-м, цкъа а дага а ца деана суна. ХIилланаш соьгахь дацара. ХIилла. И дош а ца деза суна. Ас сайна хетарг ма-дарра дIаолура хьоьга (суна ма ца хаара, хьо а нах санна вуйла), ахь харц жамIаш дора. Хьо воцург, массо а везаш хуьлуьйтура ахь со. Хьуна хIунда ца гора, суна хьо бен оьшуш ца хилар? ХIунда ца гора, хьо бен цхьа а ца везар?
Хьоьх къаста гIоьртира со. Мел хала дара суна и, хьайна хиъча. Хьоьга болу сайн безам бахьанехь, ас ца ловш хIун дитна? Коллективехь, накъосташна юкъахь а. Хьайна кхоалгIа дакъа мукъане а хаахьара, вониг дага оьхур дацара хьуна.
Со хера яла гIоьртича, дIа хIунда хецара ахь? Со ца езара хьуна? Цхьаберг хьан бехк а ма бара цу тIехь.
Суна-м хьо генара гича а тоьара. Хьо дийна, могуш а вуй хиъчахьана. Хьуна гучу ца йийла гIертара со, тIаьхьаяьлла леларг ца хила. Хьан хьайн дахар ма дара. Хьайна лиъча, хьо ван йиш йолуш ма вара со йолчу. Хьоьга бен, хIокху дуьнен тIехь цхьаьнгге а аьлла ма дацара ас: «Дийнахь, бусий, хьайна луъучу хенахь вола». Кхин хIун дан дезаш дара ас?
ХIора шарахь, хьо виначу дийнахь, совгIаташ оьцура ас. СовгIаташ оьцура, дIа а ца луш. Вайшиннан юкъаметтиг совгIаташца йоза ца лаара суна. Сан хьоьга болчу безаман доза дацара. ХIара дуьне а кIеззиг хетара суна, хьуна совгIат дан.
Хьан куьйгаш… Даккхий а долуш, даима а шийла долу уьш, довха хила лиънера суна. Амма хьан дог-ойла а яра шийла.
Ахь я кхечо йигаре сатуьйсуш Iаш а яцара со цIахь. ХIинццалц сайн кийрахь зудчун синхаамаш сама ца бевлла дела Iаш яра. Со маре яханчу хенахь даьлла  дог, маре хьахийначу хIора стагах а долура сан. Цу тIе, марен ойланаш ян, сан хан а ца хилла. Гергарчех цхьаъ цомгаш хьулуш, важа леш.
ХIун дара ткъа хьоьца дерг? Адамехь мел долу сирлачух, дикачух тешар. Баккхийчеран хуьлуш йолу юкъаметтиг сайн хьоьца хила йиш йоций хууш, ойланехь а дика дара суна хьоьца. Хьо соьх кхета ца хьожура. Хьо сихха воккха хила гIертара, хьайгара оьшург и ду моьттуш. Ма гIалат вара хьо!
«ЙогIуш яц. Гуш яц», – олура ахь. Со ян-м юххехь яра хьуна. Хьан вочу ойланаша со ца гойтура хьуна.
Со тохарлерниг ю-кх. Со хийца а ца елла. Со суо ю…
Хьо вуй тохарлерниг?
1985


Рецензии
Хаза дийцар ду. Гочдан мегар дуй?

Зура Итсмиолорд   26.01.2012 09:05     Заявить о нарушении
Мегар ду.
Цкъа айхьа гочдинчул т1аьхьа, жимма собар дай, йиттинчу х1уманна санна иту хьакха.

Саид-Хасан Кацаев   26.01.2012 08:19   Заявить о нарушении
Хьо "неизвестный читатель" (170) аьлла ма ю сан?

Саид-Хасан Кацаев   26.01.2012 08:25   Заявить о нарушении
Сперва переведу. Потом сделаю литературную обработку.

Зура Итсмиолорд   26.01.2012 09:07   Заявить о нарушении